Лазам

PDFПечатьE-mail

Кхуо тилпо кисана йиллира, пIелг таIийна, машен хьала а латош – накъосташа кхайкхинера кхуьнга, хIума а кхоллуш, жимма цхьаьна Iийр дара вай, биллиард а тухуш, волахь, аьлла.

Уьш кхуьнан хьалха хиллачу хьешеш бисина бара, цхьаберш кхунна товш а боцуш, хIетте а, цхьаьна хьерчаш ханъяйарна, гIалаташ а ца хьехош, куьг а тесина, Iадда битина.

Кхуьнан уьш чIогIа дукха а бара цхьана хенахь, хиллачех хIинца – ган лууш – цхьа-шиъ бен а ца вуьсуш.

Хьо жима а, къона а волуш, дог даьстина лелачу хенахь, цIара тIе сагалматаш санна, шортта гуллора хьан уьш, хьоьгара цхьацца гIо оьшурш я ала дош, кхин я важа. ТIаьхьо юха дIа а бовра, жимма а шайна чу са деъча, ахь шайна динчу диканех мотт-эладита а даржош.

Цул хала хIума а ца хиллера – цу мотт-эладитанал хала, – хьо харц-бакъ къасто воьлча, бехкениг хьо а хуьлуш.

 

Машен йохлуш а йитина, – лаьхьан бутт бара, шийла а къаьсташ, – цхьайолу бедар хийца дагахь хIара чувахча, йоI Iара, буйнахь цхьа кехат а хьерчош, билхина гуш ши бIаьрг а болуш.

Цхьаъ хир ду-кх кхуьнан дахарехь а, хийтира кхунна, дейтта-пхийтта шо долчу йоьIан, шен безамаш а, халахетарш а, массеран а санна хIетахь, хьуна езачунна хьо а ца везаш.

ХIара йоьIан ненаца къаьстина кхо шо дара, кхин дIа иза лан а ца елла, цуьнан саьхьаралла, писала а, нехан бахамаш кхунна тIехбоьттуш, хIара мел ца вешачу нехан.

 

Коьртах куьг хьокхуш, йоI жимма те а йина, ша стенга воьду а аьлла, аравелира хIара, маьркIажан шийла хIо а хаалуш.

Минутке охьакхочуш, машенаш яра сецна гуш, тIаьхь-тIаьхьа тIеоьхучара хьо юкъе а вуллуш. И хьал иштта лаьтташ а дара, кIирнах шозза-кхузза нислуш.

– Хьо ма хьело? – зIе туьйхира Iарбис, ахсахьт гергга ханъяьлча.

– Хьаькимаш тIехбовллалц, Минуткехь совцийна, – элира кхуо.

– Вай, эцца автовокзалехула, Заводской, Карпинке хьала а ваьлла…

– Тидам а боцуш, – хадийра кхуо.

Машенаш дIаюьйлаелира, «пIапI-пIийпI» дарца, кIайн Iаь а гIуьттуш биргIанашкахула.

 

– КIант, хIорш-м хьо схьакхаччалц ца Iаш, шун дассо гIерташ бара хьуна, – элира Iарбин зудчо, – ас бIар дIа-м ца белира! – аьлла.

– ХIорш-м, хьаха, бу сийдоцуш нах, – забар йира кхуо, накъосташна мара а кхеташ.

Юург охьахIоттаяллалц, цхьацца дуьйцуш а Iийна, стоьла гонаха охьаховшуш, Iарбига цхьамма зIе туьйхира.

– ВаIалайкум салам… ву, чохь ву… ши-кхо стаг… Iалви, а, Лема а, Хаважи а… вола тIаккха хьо а, – Iарби охьахиира.

– Мила ву иза? – хаьттира Лемас.

– И вара иза-м… мила вара иза… Нурди, – элира Iарбис, кхуьнга схьа а хьаьжна, – схьадал, зуда, оцу чуьра кхин цхьа гIант, Нурди а ву вогIуш, – аьлла.

Кхунна ца тайра Нурдин цIе яьккхича, хьалагIаьттина дIавахча, нийса а хир доцуш.

Ледара боьрша яра иза чIогIа, кхеран юьртара а йолуш, сагIадоьхург санна, цхьаццанна тIаьхьа а тийсалуш, юха цуьнан аьтто боьхча, Iодикаяр а доцуш, кхин хьаьвда а лохуш шена, иза хесторца, важа вуьйцуш, шен гуй доцу йовсар санна, массарна а хьесталуш лелаш.

Кхуо чIогIа гIо а дира цунна, шоллагIа тIом дIабирзина дика ханъяьлча, кху Iарбис дехар а дина, ша волчу дIавуьгуш, машен а елла – наха ахчанах бен луш йоцу, – квартира эца аьтто а беш. КIант деша а вахийтира, цхьа кепек а ца йоккхуьйтуш, бархI эзар Iаьмеркан ахча доьхучохь.

ХIара дIаваккха хьовзийча юха – кхуьнан меттиг шайчунна езаш, – кхин бахьана а ца карийна, харжамаш байтира лакхара охьа, шайх волу цхьаъ кхуьнца хIоттош.

– Накъостий, – элира кхуо, белхалой схьагулбина, кхунна уллехь важа кандидат а волуш, – накъостий, вай цхьана хаза къа а хьийги, хала хан а яра, хIинца-м мелла а аттачу даьлла гIуллакх… сан массо а хIума нисделла а хир дац, со мел дан гIиртинехь а, сайн дан аьтто берг дан-м гIиртира со шуна… шен рицкъ дерг хоржур ву-кх аша, – аьлла.

Уггар а хьалха дош доьхуш, Нурди хьалагIаьттира, деллахь хIинца со хасто волу-кх хIара, ма ца оьшура-кх иза кхузахь, аьлла, кхунна дага а доуьйтуш.

– Ахь дина кхин гIо а ма ца хаьа суна-м, белхалошна дIало, аьлла, Iедало предприятина схьаеллачу машена тIе шопар-м вахийтира ахь со… квартира оьцуш, ахь юхалург елла и кепекаш ас, кредит а эцна, банкана проценташ а токхуш, хьуна юха дIа а елла. Оцу чуьрчу кIантах лаьцна хьо цхьаъ ала гIерташ велахь, сан кIант цхьа а кхоъ доцуш, ишкол яьккхина а вара…

 – Со ректор-м вацара хьуна цигахь! – элира кхуо, вела а луш.

Зала чухула белар дахара.

 

Вукхунна кхаж тесира, ца таса а ца баьхьаш.

Харжарца декъал а вина, хьалха белхаш мичахь бина ву хьо, хаьттира кхуо, иза шена цхьанхьа а цкъа а гина воций а хууш: жима стаг вара, гIеметта а хIоттаза.

– Белхаш шорта а, дукха а бина, – элира вукхо, цIе яккха шен цхьа меттиг а йоццушехь, шек дIа а ца хуьлуш.

 

Нурди, керла хаьржинчо, кхо бутт баьлча, эккхийна хиллера, миска, цо шена кхарна тIехь айкхалла дан валийначунна хIара айкхалла эцна а вахна.

Юха Iарби веара кхунна, хIара гIеххьа болчу балха хIоьттича, хьо къинтIера ваккха шена, бохуш, дийнахь а, буса а зIе етташ, гIад-амал дайина-кх сан оцу Нурдис, бехке со а вара, хьоьга цунна гIо де, аьлла, веъна хилла волу, олуш.

– Со къинтIера ваьлла алахь цуьнга, Iарби, иза суна тIе а ца валош, кхин балха оьцур вац а ала, – элира кхуо Iарбига, иза Iарбин ненахойх геннара цхьаъ вуй а, хIара шен нанас хьийзош вуй а хууш.

Юха иза муха – и Нурди – шайх иза схьа муха кхийтира а-м ца хиира кхунна, цул тIаьхьа, дIакхаьччохь иза бухахь каравар бен, я, хьожа кхетча санна, миччахь а шуна тIе а кхочуш.

Кхуо цуьнга хIумма а ца элира, иза цул тIаьхьа шена гича, хьо ду-дац, аьлла я кхин цо а ца хьахийра, хьалхачул чIогIа гIовгIане хуьлуш, синкъераме хилар бен.

 

ХIара юха, цу балхара дIаваьккхича, цхьа кIеззиг кхечу балхахь а сецна, шозза-кхузза балха ваха гIоьртира – зам бен ца оьцура, ткъе ши-кхо шо долчу бератIорзан зам бен, «мама», аьлла, дош яздан ца хуучу цунна дерриг а моз а дуьсуш, кхунна – алапал совдаьлла –малхехь якъо жирг а ца кхочуш.

Машенан биста кхаччалц, дерриг а хIума дIа а доьхкина – ши чоь йолу квартира-м йитира кхуо чохь Iен, – мебель а, куз а, пхьегIаш а, юьртара шен дакъа а, – йохка-эцар лелочу шен доттагIчуьнга и ахча юкъадуьллуьйтуш, сецира хIара тIаккха, цо шена лучу ткъе итт эзар соьмах кхачам беш, цхьа аьтто баллалц, аьлла.

 

Нурди чоьхьавелира, воккха велавелла, массарна а маракхеташ, лакхахь ваьлла, охьа а хиъна.

Кхунна иза цкъа а иштта гина а вацара хьалха, хIинца санна, иштта эвхьаза сакъераделла я лакха волуш, охьахиъна а.

Цхьа хIума-м ду хьуна кхуо лелорг, хийтира кхунна.

ХIума а йиъна, парггIата чай а молуш, хIорш цхьацца дуьйцуш Iаш:

– И тхан хилла нус сийсара сан хьаькиме Байхане маре ма еъна! – элира цо, бIаьрг тIе бIаьрг хIоттош, кхуьнан юьхь тIе а вогIавелла.

– И мила тхан… хьан… шун нус? – хаьттира Хаважис.

– ХIокху хьенехан хилла зуда Нурседа ю-кх! – кхунна тIера бIаьрг а ца боккхуш, хьалхачул а чIогIа къежира.

Вуьйш кхиале, оцу сохьта кхеттачу кхуо:

– Йитина зуда маре йоьдуш ца хуьлу? Хьо ма чIогIа цецваьлла, сте хIума маре яхча… хьан нана маре а яхна вина вац хьо! – элира, алу кхаьллича санна, кийрахь сийна цIе а леташ.

ТIаккха юха, кхин къамел юкъадалале, цхьа эвхьазо-о – цкъа а ша шена магийтина ца хилла долу – анекдот дийцира кхуо, массарел гIадвахана, «кIахь-кIахь» дарца, вела а луш.

 Нурдин юьхь кхуьйлира, къайллаха хIара лар а веш; кхуо кхин а, кхин а дийцира и эвхьаза анекдоташ, воьлучуьра ца соцуш, ши тIара вовшах а детташ.

Хаважис а дийцира кхин. Iарби: «Армянское радио спрашивает», – аьлла, дийца волалушшехь, Нурди хьалаиккхира, ша тIаьхьавуьсуш ву, ваха везаш ву ша, аьлла, чуьра ара а тасалуш.

ХIара кхийтира, иза шена веъна хиллийла, шега «кхаъ» баккха, дог датIо, юха шегара цхьаъ далахь, ша нахе вийца а.

 

Масех парти биллиардах а левзина, йоI ша ю – бахьана доккхуш, – дIаваха аравелира хIара.

Арахь дерз догIура.

Кхуо кучан логера нуьйда яьстира машена чу хаале, хIаваъ ца тоьаш санна хетта.

Легаш дакъалора.

Юха цигаьрка дагаеара, ши шо хьалха йитина йолу.

 Кхунна вевзара Нурседа хIинца маре яхнарг. Вовзарал совнаха, иза кхуьнан нуц лаьттина а вара пхи-ялх шарахь, шегахь хилла кхуьнан шичин йоI яллалц, хIара волчу балхахь а волуш.

Кхуо балхара эккхийра иза, хIора Iуьйранна шен белхан машена чуьра – иза кхуьнан шопар вара – зударийн месаш, шпилькеш, ахкарш лехьо кIорда а дина: шеца и тайпа эвхьазло ца езара кхунна цхьаннан а, невцан цIарах йолчу хIуманан, муххале а.

 

Ненашича кхуьнца ийгIира, нуц балхара дIаваьккхина, шен аьлла.

 Кхуо бахьанаш а ца дийцира ша иза эккхоран, стаг вацахь а, боьршачу цIарах ю-кх иза, аьлла, хиэташ, мотт бинарг ца хила.

 

ХIара машена чу хиира, кор охьа а дохуьйтуш.

Жимма Iийра, букъ дIа а тоьхна, цигаьрка лохуш санна, шен дегIах куьйгаш а детташ.

Цигаьрка яцара, да велла йисарг, хIинца чIогIа оьшуш йолу, цхьа тамашийна кхетам бара я кхетамах кхиа гIертар, хIинц-хIинца шена довза доладеллачу кху адамийн дахарх цец-эргIал а волуш, кхеран хьаьгIнех, Iасаллех, хьо шайх тера хIунда вац, бохуш, хьо шайца охьанисван гIерташ, шайх къаьсташ ца хилийта, хьо писа ваккха, лай ван хьох: «тхан хилла нус сийсара маре ма еъна», – бохуш, хьо юьхьIаьржа хIотто, хьо гIелван, эшо, хоттала хьакха, цIунала…

 

Маржа, хьо оьшуш бен доьрзург ца хилла-кх кху дуьненан цхьа хIума а, мел чIогIа хьо тийсавелча а… хIумма а хьашт ма дацара, долчух Далла хастам а беш, марзонашца дахаделча… ца Iийра-кх, саца бахарх, ша аьлларг толо гIерташ, бага лееш, дуьхьал луьйш, кху нахах таръяла лууш, кхеран бахаме, дарже кхача, кху тIаьхьарчу шерашкахь хьолана хьерабевллачу нехан хьарамчу дарже кхача.

 Таронца ца хилча, – сица, ойланца, дагца хилла а – цхьа шорто я кхачо, цхьа ийман доцчу доьзалера зуда яло мегарг ца хиллера-кх, шена ваха зуда, шеца яхо а… и писалла – сица, дегIаца дIайоьлла хилла и писалла – дIа ца йолуш, дуьне кхана духуш санна, садууш, меца каетташ… цIена зуда а ма яра ша, мохк балош хьо варах, юьхьIаьржа а хIоттор воцуш… амма цIийнадена шел хала зуда Дала кхуллур а яцар-кх кхин, тIеетташ лаьтташехь, шен бетаIуьрг ца сацош, дуьхьал луьйш, къийсалуш хьоьца, хьан дашал а, хьол а тола гIерташ…

Цхьана дийнахь иштта, иза луьйчуьра кхин ца соцуш, цо ша холчу хIоттийча, кхуо туьйхира цунна чIогIа, оьгIазалло бIарз а вина.

– Со хьоьга, хьан ахча а ду, хьо хьаьким а ву, аьлла, еъна яра, шийтта шо сайл воккха волчу къанвеллачу стаге, хьо оьшуш а ца еънера! – элира цо, цергаш тIеттIа таIийна, мостагIчуьнга санна, цабезамца схьа а хьаьжна.

Кхуо дог а даьттIа, сихаллехь цIе тесира, хьайна хьаштъерг кху чуьра дIаяхьа ши де хан ю хьуна, олуш, чуьра дIа ара а ваьлла.

Ши де а даьлла, хIара юхавеъча, ша санна, цIена чоьнаш а цIанйина, мел йолу хIума юьттуш, ито а хьаькхна, дуьххьала шен хIумнаш а эцна, дIаяхана хиллера, кхуо шена иййинчех цхьа хIума а ца хьош. КIант а вигнера шеца дIа, кхо шо долу кIант, ворхI шо кхаччалц шеца кIант ма къийса аьллахь хьайн дега, олуш, йоIе.

Цуьнца цхьа хийцам хилла хилча санна хийтира кхунна, цо дитинчу дешан ойлайича, хIусамца цо лаьцна хиллачу гIиллакхан а…

Цуьнан иштта дIаяхарх хорам хилла хIара ша а лийлира тIаккха, шена ду-дац ца хиъначу цуьнан тIаьххьарчу гIиллакхо дог кIаддина, ойла хьаьшна.

 

Ткъа хIинца юха, эхI, хIинца цу цIерга хьан кхоьсси-те иза я иза ша хьенан хIуьттаренна, мича бекхамна, шен хиллачу мершича йоьIан – елла елахь а – эмгар хила, шен шина беран маьхчийн хьомсара дензуда а… мила ву-те цунна и хьехнарг, иза цу новкъа яьккхинарг мила… кхуо хIун дан деза-те кхузахь, хIун ца дан, мила вен-ваккха…

 

ХIара кхунна цхьа юьхь хийтира, дерриг а схьагушдерг – кху дахаран чаккхенан юьхь, сел инзаречу, цакхетачу кху дахарх ведда гена вала, кху нахах цIенна дIахада, дIахьулвала, дIалачкъа: «Суна иштта хала, иштта Iовжаме, хIара гIело суна иштта хала хир юй хьайна хиъна хиллехь, ца дан там бар-кх ахь иза – хьайн чон меха доцу марел, мIеран меха доцу, хьайн мачин айрин меха…», – шен шабарш хезира кхунна.

Юха ша-шех меттавогIуш, машен а латийна – цхьанхьа-м ваха везий а хууш, мича воьду а вицвелла – меллаша новкъавелира, ца тешаш, бакъ ца деш я даго тIе а ца оьцуш.

 

ЙоI, голаш бете а оьзна, ши куьг коьрта кIела дуьллуш, йижина Iуьллура дивана тIехь, цхьа а тIетесна хIума а йоцуш.

Хьешан цIа чуьра одеял эца кхуо стогар хьалалатийча, цIенкъахь кехатцуьргаш гира кхунна, йоIа буйнахь хьерчийначу кехатан дакъош. Схьаэца дагахь куьг кховдийча, этIийна хилла сурт дара, йоьIан ненан бIаьрг а, бат а гуш.

 «Цунах йоьлхуш хилла-кх хIара – дагатесира – нана маре яхний а хиъна, шен маьхчийн дензуда хила».

ТIе одеяла таса, аьлла, хIара йоIанна охьа тIе лахвелча, йоI цIеххьана самаиккхира, дада, аьлла, кхуьнан вортанах схьа а хьерчаш.

ЙоI йилхира, саца ца луш, кхуьнан кучан кач а тIадош, «хиъ-хиъ» дарца, дегI а кхийсалуш: «со ишколе… ас муха, дада… хаттахь, ас хIун эр ду…»

Кхунна йоIах къахийтира, дуьне довза кхиале сел хьалхе гIайгIа евзинчу…

 

ЙоI йоьлхура, буьйса а яра, догIа а дара корах лиэташ…

 

29.II.20I7 шо

Обновлено 01.02.2018 11:56 | Автор: Administrator 01.02.2018 11:55


 

Малхбаленан поэзи

PDFПечатьE-mail

«БУСТАН» жайни тIера

Нийсонаххий, хьикматаххий, кхетамаххий

Ануширвана2, ша вала вижча дIа,

Хормуз чукхойкху, цуьнга весет дан:

 

«Йита, воI, хьо веха аьхна петарш,

Халкъан халчу кхожа-декъах кхета.

 

Муха Iийр ву тоамбина хьайх,

Эзарнашкахь гуш и миска нах?

 

Мобедашна3 бехказло яц хьийзо,

Iу тхьевсина, жашлахь бертий4 хьийзахь.

 

Хьайн тIома кIел лаца миска нах,

Халкъан гIайгIа бе, хIай хьикме шах!

 

Шах – и дитт ду, халкъ бу цуьнан орам,

Орамехь делахь, ду диттехь гIора.

 

Ткъа халкъ къизан-готтан хьовзадахь,

И хьайн орам бухабоккху ахь.

 

Делах кхоьруш, гIуо хьайн новкъа хьалха,

Некъа тIера чан хилла, ца кхалха.

 

Дика дезар, гома хилар вуо

Дала ша, вай кхуллуш, делла ду.

 

Шахан хьукма мел ду бакъон тIера, ̶

Ахриман5 а хIума дац, халкъ кхеро.

Халонгахь верг хьалхавоккхучо –

Къинхетаман дош тIедоккху цо.

 

Шахо дитахь халкъ самалхадала.

Iалашвийр ву ша и Везчу Дала.

 

Ткъа халкъана шахо тиллахь кож,

Цо махканий, шений туху хIож.

 

Хьо иштачу махкахь ма соьцийла,

ХIай ийманан охIла! Ма лоьхийла

 

Нах богучохь дийна боллушехь

Цхьа а дика, ̶  къа хьарчадо ахь.

 

Iадбиталахь сонта, Iехабелла,

Делан кхоьлах кхоьруш боцу элий.

 

ЖоьжагIати йоккхуш воллу ша

Адам балехь латтош волу шах.

 

ЧIагIо йохар, Iовра-схьовра, эхь а –

И ю халкъо Iазап ла̒̒ран тIаьхье.

 

Ахь бехк боцу стаг ма воьйла, шах!

Хьан Iедалан бIогIий ду и нах.

 

Букъ саттийна къахьоьгучу наха

ХIун лов хьажа, уьш ахь атчабаха.

 

Эхь ма ду, ахь царна йинехь вас  ̶

Церан хьокъой бен, хьо кхобуш вац».

 

Тажах6 вухуш, дуьненах дог дуьллуш,

Шуруйэга Хасровс7 а аьлла хуьлу:

 

«Сийлахьчух де синна къилба ахь,

Хьожуш хила,  хьайн халкъ муха Iа.

 

Хьайн пачхьалкхехь бакъ хилийта тоьлла,

Я вуьтур хьо халкъо букъ а тоьхна.

 

ЦIарах санна, уьдур бу хьох нах,

Хьан вуо цIе дIаяржош дуьненахь.

 

Паччахь, адам балехь латтош волу, ̶

Бакъдолуш, шен орам бакъош воллу.

 

Эзар балех хьалхаваларх и,

Вер вац нанойн, берийн бIаьрхийн къих.

 

Бай кхобучу нанас пхьуьйран хенахь,

Байн хьашташна гIийла бIаьрхиш Iенош,

 

Латийначу къуьданан цхьа суй

Сийлахь пачхье8 яго тоьур бу.

 

Ша боккъал а ирсе ву цхьа паччахь –

Нийсо Iийриг шен олаллин баьрчехь.

 

Шен хастаме некъ бина, дIавоьдуш,

Дерриг халкъ хир ду и Деле воьхуш.

 

Дикниг, вуониг – вала ший а ле,

Тоьлург ду шех йитар дика цIе».

 

***

Даржийн дай ахь хьаналчарех бе –

ТIаьхьало яц, цара йийриг бен.

 

Къахьоьгучийн ял ма эшаяйта,

Мехкан беркат дебар дац, и яйтахь.

 

Хьаькамо ден зиэ ду бIозза зиэ –

Ч1огIачех ахь цунна таIзар де!

 

Дикачунна дика ган а деза,

Вочо эшорг хилийта шен доьзал.

 

Нахана ницкъ бечаьрга, бакъ ле

Бохуш, ма-ттов ахь кхайкхамаш-м бе –

 

 

Цхьаъ бен бац некъ уьш бакъонна тIе берзо,  ̶̶

Шайн орамца уьш бухабаха беза.

 

Нийсо йоцчу къедийн кортош даха,

Хьарам дуург – къахьде царна дахар.

 

Талоршна ахь бертийн ехка ка,

ХIаллакьхиларх хьалхадаккха жа.

 

***

Талорхоша юкъаверзош ша,

Совдегаро дика аьлла цкъа:

 

«Къанбеллачу зударийн сур тоьлу

Шахан бIонал махкахь талорш тоьллехь.

 

Декъаза бу талорш тоьлла мохк,

ХIума хир дац цигахь санехь, токх.

 

Талорш совцо Iедал доцчу махках, ̶

Дала бицбой! – вогIу-воьдург къаьхка».

 

Нахалахь хьайн йита сийлахь цIе,

Махкана тIевуссург Iалашве.

 

Пхьор хIоттаде, массо хьаште хьажа, ̶

Хастаме дерг хьешехула даьржа.

 

Ларам боцчо беш шен хьаша-ден

Мехкан хазна, мохк а бо шен къиэн.

 

Iадат, дин а  ̶  ший а ларош хила,

ВогIу-воьдучунна ков ма къийла.

 

Хьешийн, совдегарийн, дарвийшийн

Сий де, некъаш талорхойх цIанде.

 

Амма лерг а, бIаьрг а сема дита,

МостагIийн цхьа айкх хьайн чу ца вита.

 

***

Питна уьйъурш байъа сих ма ло,

Хьайн куьг кхочехь баха мукъ ма ло.

 

Хьикма долу паччахь даим хир ву

Дикниг лоруш, ткъа вочаьрца – чIире.

 

 Оьзда, хьикме, махкахь нийсо, чIана

Латтош хила, Дала – хьайна санна.

 

ГIаьпнаш эга, ялхо, шах а ле,

Гуттар еха дика яхна цIе.

 

БIешерашкахь адмийн иэсехь лаьтта

Маьждигаш, тIеш,

            цIенош дуьтург лаьттахь.

 

Шех цхьаъ дуьтуш воцург – и вицво,

Стом ца латон дитт шех хуьлий вов.

 

ДIа ма-ваьлла, вицво иза наха,

Кхин диканца хьаха ца во цкъа а.

 

***

Хьайн олаллин хенахь хьайн сий даккха,

Цхьа а сий дерг сийдоцчу ма ваккха.

 

Хьан тIулг-йоза нуьре латтон ерш

Абдел-аббделц – церанаш ю цIерш.

 

Хьол хьалха а кхузахь шахаш хилла,

Цхьа йозанаш дисна, уьш дIабийлла.

 

Цхьаннан сий хир хIотталц Къемат-де,

НеIалтаца йохуш вукхун цIе.

 

***

Моттлелочех дог теший ма Iе,

Цхьа мотт беънехь, хьал ахь айхьа зиэ.

 

Дикчух даржон хабарш ма де къобал,

Бехках вита доггах деш верг тоба.

 

Йоьхучунна тхов-кхалу а ло,

Ялхо ма ве, я́ларх гIалатло.

 

Ткъа юх-юха къинош лето волахь,

Буржалш туохий, набахти чу волла.

 

Буржалех а гIуллакх ца хилахь,

ДIаьвше зIийдиг – бухаяккха ахь.

 

Амма, кхел еш айхьа зуламдена,

Вен маголе цхьа хьесап а делахь:

 

Бадахшанан лал9, цкъа аталахь, ̶

Юха вовшахлатор дац и ахь. 

Обновлено 01.02.2018 11:54 | Автор: Administrator 01.02.2018 11:54

   

Дийцар

PDFПечатьE-mail

 

Дарвиш вац я юуш, я набъеш,

Iамалъяр бен, вац кхин хIума деш.

 

Эххар цхьа аз кхочу цуьнан лере:

«ХIай воккха стаг, Iамалш ю хьан эрна!

 

Аравалий, дуьне лаха, хIай,

Нах а санна, ваха хьажа хьайн.

 

Хьуна хьакъ бац Iаьршаш тIера безам!

Лаьттан дахарх де хьайн гIуллакх-дезар».

 

Ткъа дарвиша кхидIа а наб ца йо,

Яар-малар доцуш, Iамал йо.

 

Цуьнан балхах уллех10 цхьаъ шекволу,

Цу муридо цу дарвише олу:

 

«И хьан Iамалш цу Iорша тIехь та́ц,

Джаннате11 ков хьуна доьллуш дац!»

 

«ХIай сонта лай, ̶  цу дарвийша олу, ̶

Кевне веънарг, и ков тоьхча, волу.

 

ДIакъахкийнчун некъ а сирла бо

Къинхетамах догцадилларо.

 

ХIара дитна, кхин ков дац ас леха,

ХIара боцург некъ а бац дIакхехьа.

 

Тойнах тилча, воьхна хьовзарх хьо,

Делан шуьнах дог ца диллало.

 

СагIадоьхург воьду оцу сохьтта,

Цхьаъ ца деллахь, кхечу кевне хIотта.

 

ДIакъахкийнчун кхаж хилийта сан –

Iамалъярехь вер ву кхин а са.

 

Кхоьллинчуьнга безам бу сан шорта,

Ийман ду сан чIагIо йолу гIортор!»

 

Дуьллуш юха цо суджуде хьаж,

Лере догIу тоххарлера аз:

 

«ГIорза некъ хьайн би ахь доьналлица,

Кхузахь тIеван меттиг бу хьан хIинца». 

Обновлено 01.02.2018 11:53 | Автор: Administrator 01.02.2018 11:53

   

ОМАР Хайям

PDFПечатьE-mail

Омар Хайям

 

***

Вайн дахарх ойланаш ас дукха йи.

Доллучух кхии со, дерриг а зий.

Дуьненахь со кхиъна цхьа а хьакъ дацар! –

ТIаьххьара со кхиъна хьакъ12 ду сан и.

 

***

Дуьненех тоьллачу кху дуьненахь

Со, Iемаш, къанвели пхьеран пхьалгIахь.

Iаба ца воллу сох пхьалгIан да – дахар.

Пхьеран дарж сох тешо вац и дагахь.

 

***

Аганахь бер Iуьллу, велларг – кошахь.

Кхин хууш хIума дац кху дахарах.

Къурдъалий, дIамала кхолламан кад хьайн:

Лай кхетар вац хьуна Элан хьокъах.

 

***

Хьесапах болх бина чекхваьлла со,

Хьесапца зийна бакъ, зийна харцо.

Хьесапца дахаран эзар шад баьсти,

Iожалло бен цхьаъ – и ца бастало.

 

***

Схьагинччух тешачун некъ нислур бац.

Хьесап дерг некъех шеквийлаза Iац.

Моттало, хIинцца схьа мохь туху цхьамма:

«ХIай джахIилш! Некъ цигахь,

                                   кхузахь а бац!»

 

***

Къелла ла́н, пхьоьранна ле-т́алу харжа,

Хуьйшучул нахана тIаьхьара ва́жа.

Нехан хьакъ дуучу Iедалан дайшца

Пулош ца даа, ахь даьIахкаш я́жа.

 

***

Моза Iац те́кхана тIекхийдаш бен,

Пхьоьран дас магарх ша лазо я биэн.

Мацалла лахьара, хIетте а, Хайям,

Дуьненан цхьана лайно вусточул, ─ виэн!

 

***

Го суна латта вайн – баланийн хьарм,

ОхIланаш кешнаш тIе кхоьхьу го ларш,

Сийдолу паччахьаш, исбаьхьа сту́наш

Го хилла цу кошан нIаьнийн даар.

 

***

Дош доцца, амма шен меттара ала.

Цу дешан дозалла девзаш, и ала.

Лерг шиъ луш, мотт эрна белла

                                   бац цхьаъ –

Ла шозза догIа ахь, ткъа дош цкъа ала.

 

***

Олхазар Iа гIопан гIевнан цхар тIехь,

Цо коьрта-туьтане бах шен маттахь:

«Мичахь ю зурманаш, хIай шах,

                                   хьан бIаьнан?

Ватанийн дур а дац хьан схьахезехь!»

 

***

Хезира, куьпчичо шех тоьхча ка,

Поппаро бехкбоккхуш: «Собарде цкъа,

Ма хьиэ сел!» Цо цуьнга йийцира къайле:

«Селхана ду-кх, со а хилла инса13».

 

***

Адам а, зезаг а, ̶  цхьа хан йоккхий,

Лаьтта тIехь, чан хуьлий, – дIадолу-кхи.

Чан хилча, хи санна, Iаьнаре йоьрзуш,

ТIедоьлху догIанаш хир дара цIийх!

 

***

Бераллехь хьакъ14 довза устазех15 Iема,

Ткъа тIаьхьа хьакъ лоьхурш вайна тIе лела.

Ткъа хьакъ? Вай дуьнен чу тIадамах довлу,

Мох хилла дIадевр ду –

                        и хьакъ ду-кх цIенна.

 

***

ХIай джахIилш! Вайн догIмийн

                                   куьцаш хIун ю!

Дерриге дуьне а, цу тIе, хIун ю!

Сакъера аш шайна, мIаьргонан йийсарш!

МIаьргонан синкъерам, алал, – хIун ю!

 

***

Дуьненахь вайн бIаьрг

                        мел хьоьстург – хIун ю!

Дог кхийда лаамаш, къуьйсурш – хIун ю!

Кху Лаьттан берриг бохь, аренаш – цаьрца,

Ков-керт хьан даьккхина бахам – хIун ю!

 

***

Хьо хила хьикматчех воккханиг… ТIаккха?!

Дуьне а хьох дагадийлийта… ТIаккха?!

БIешарахь вехар ву хьо иштта? Ваха!

Ши бIе шо даккха ахь иштта. Ткъа тIаккха?!

 

***

Малх хилла, вайн дуьне

            нуьре дан ницкъ бац сан,

Долучун къайленан неI елла ницкъ бац сан.

Ойла – хIорд. Цу чохь ги

                        маьIнин цхьа жовхIар.

Къайлено кхерош,

            и схьадаккха ницкъ бац сан.

 

***

Ас дуьту хIара вайн баланийн цIа,

ТIаьхьало йоцу шен цхьаьллиг а цхьа.

Сан лорах кхарда-кх ша гуттар а хин верг,

Доккхун дерг эзар шо мукъне шен цIахь.

 

***

Хьоста цхьаъ долуш ду дика а, вуо а,

Замзам хи санна ду, ю цIунан16 гIу а;

Iаламехь яккха цIе мел ерг хьайх долу –

Сийлахьниг, сийзаниг, адам, хьо-хьуо ду.

 

***

Дуьненан тIаьхьало яцар ахь ла́н.

Хьайн карахь до́ллучун хила хьо да.

Хилларг ма далхаде – и хилла даьлла.

Ткъа хиндерг?! Дита цкъа  ̶  да́н я… ца да́н!

 

***

Шен валар дIакъахкор дац цхьана дас:

Iарша тIехь яздинарг хилаза Iац.

Балозах ца дало гуттар а хин дерг,

Ханна дерг вай далхо мах кхочуш дац.

 

***

Нийса некъ кхехьначех велара со.

Джаннатехь хир, ала делара, со –

Ца ловш кху дуьненан набахтин гатто,

Iа меттиг хийца сихлур вара со.

 

***

Дуьнено Iехади адмех цхьа дакъа,

Эхарте сатесна Iа важа дакъа.

Iожалла – и пен бу. Цул дехьа дерг –

И къайле хиъна вац дийначех цхьа а.

 

***

Мел веха вахарх со я хIинцца валарх,

Дуьненан эша дац я дац тодала.

Цхьажимма Iийна, со дIагIур ву ваьлла,

Кху дахарх хаьттинчух жоп доцуш дала.

 

***

Дикачийн ницкъ тулуш,

                        вуочийн довш гIора

Нисделча, хьаьжъюккъехь шеддех

                                   хIун дора.

Нийсонгахь хилча вайн Iедалийн мукъ,

Кхолламна латкъамаш вай хIунда бора.

 

***

И къоьжа къано я бос хаза жимха –

Эххар а хин дериг цхьаъ ду цу шиннах.

Валарах вер вац кху дуьненахь цхьа а, –

Iожалло берех, дайх цхьаъ кхоавина.

 

***

ЖовхIарна, тодала, и бода санна,

Баланаш оьшуш ду вайн хьекъал, са а.

Доллучух хеди хьо, кийра басбели?

Ша-шаха бузур бу и кад хьан, сан а.

 

***

Дуьнен чу дахкале хIун ду вайн хьашт!

Даьхкина схьакхаьчча,

                        хIун дац вайн хьашт!

Сутарчу дегIан и мохь охьатесна,

Цкъа маршадевр ду вай, ца девзаш хьашт.

 

***

Кхуза сайн лаамехь ца веъна со.

Я дIа а гIур вац сайн лаамехь со.

Соь хоьттуш хиллехь, сан ва̒р, ваха̒р а ̶

Веъна а хуьлуьйтур вацара суо.

 

***

Кхоьллинчо, ваьш кхуллуш, яздина рицкъ

Са́даккха я эшо вайгахь бац ницкъ.

Нехачух ца хьоьгуш, дIалург ца доьхуш,

Вай дай дерг дуур вай, ларбеш хIор цинц.

 

***

БоргIало кхайкхарехь хIун боху те?

Белларш кхин денлур бац-м, ца боху те?

Буьйса дIаели, кхин юхахир йоцуш,

Дийнанаш-м набъеш бу, ̶ хан юьйлу тIех.

 

***

Корта кIел баххьал хьан цхьа кхало юй

Ямартчу кху хенахь? Баьпкан юьхк юй?

Цхьанна а ваций хьо ялхо я эла? –

Хьо маьрша веца. Цул доккха ирс дуй!

 

***

Дуьненца къовса ахь, цабевзарг кхерам,

Де дацахь, хила хьайн кхожана къера,

Мелла а хьо хиларх, бакъ де ахь цхьаъ, –

Сацкъаре йоьрзур юй сацкъаран пхьегIа.

 

***

Баланаш балхабеш, холча ма хIитта,

ДоттагIийн баьрзнашка

                        бIаьрг бекхна, хIитта.

ХIинцца тIехъяьнйолу мIаьрго ган Iама,

Дахначу, догIучу денойн чот йита.

 

***

Хьекъало кхуьйлу, вай декъала дан:

«ХIора мIаьргонан шайн Iама сийдан!

Шу буц яц, – кесаре цкъа дIахьакхахь, ̶

Лаьтто, хIух дендина,

                               кхин гIовттор дац».

 

***

Массо пачхьалкхана ахь теси урх,

Ченашла эгий уьш, алийти къурд.

Ницкъ тоьлла паччахь,

            хьан ницкъ буй ца вала?!

Хьоь кхочудерг а ду – кхо аьрша «урд».

 

***

Хьакъ довза гIорасиз хилча вайн дог,

Сел эрна цо вайн са стенна гатдо?

Дита вай ца хезчу кхолламна леткъар, –

Вай леткъарх, цалеткъарх, цо шениг до.

 

***

Хьикматчо сутара ца гулдо даьхни,

Бакъду, хьал доцу де ца дуу аьхна:

Керта кIел къелла лей дIадолу тобалкх,

Хьал долу роза, – товш, комаьрша даьхна.

 

***

Дукха ю ойланаш кху сан коьртехь,

Уьш яйча, буьтур а бацара тIехь.

КIайн бамбин кехат ду, уьш тешо маьрша.

Кхин цхьа а да вац, сан доттагIий а тIехь.

 

***

Бакъдолчо дуьненахь боккхур бац кан,

Олаллехь нийсонан ца йолу ка.

Дахар шен хоршара доккхур ду моьттург,

Хьо тасавелларг ду кагделла га.

 

***

Ма хьега нуьцкъалчех я хьолан дайх,

Сахилла далале юха а садай.

Цхьа доккха садаккхал бен доцу дахар

Юхалург делла дуй, ца дицдер вай.

 

***

Хастамийн моз дезар хьекъал дуй те?

Кхолламо тур оьхьу хьан коьрта тIе.

ЦIе езар мазала хьакхийна дIовш ду.

Моз дезарг дIовш даларх ларлурий те!

 

***

Дала мел деллачу ниIматех цхьа

Баьпкан юьхккий, тоьлий эцна ас схьа.

Сайн синна маршонна мискалла хаьржи,

Холадайн ца йолу са́ яьлла Iа.

 

***

Жималлехь хеттарг ша хьекъална тIех,

Хьокъо дIаидавой, кIевсиг йой шех,

Ша кхиъна моьттинчу дахаро худу,

Кемс хила кхиале кишма еш шех.

 

***

Дешица жовхIарш ахь Iаддадитал.

Ду хьуна дуьненахь цул доккха хьал:

Дездареш охьатасий, баргалш тIеохка,

Амма хьайн сица хьо паччахь висал.

 

***

Сийдолчийн сий хуьлуш дуьне дац хIара.

Ас-м коьртах сайн сагIа дийр дара царна.

Цу жоьжагIатин и халой? Хир яц и

Яхь йоцчу нахаца вахарал хала!

 

***

Сан хьекъал, кхетам а тIаьхьало яц –

АллахIан къайлене кхиалур вац.

Кхиа а ца гIерта, Iамал йо гIийлла –

АллахIан хьакъ хуург АллахI бен вац.

 

***

Шовкъийн лай – гIайгIане ву со, ва маржа!

Сайн дохковийларша хьаьшна ву, маржа!

Гечдина, хIоттахь а, АллахIна хьалха,

Эхьо вуьйш, юьхьIаьржа

                        лаьттар ву-кх, маржа!

 

***

Накъостийн тевжийлаш нах болчех е,

Нах боцурш бита, хьайн ца дойъуш сий.

Стаг воцчо доьттинехь, молха дIакхосса,

Стаг волчо дIовш доттахь, дIамала и.

 

***

ЦIейолчех хезар ду вайна: «Сонта элий».

Суьпачух хезар ду: «МоттаргIа лелорг!»

Цхьанна а ца вовза елара йиш,

Цхьа а ца вовза а. И дара-кх мелехь.

 

***

Со дагахьбалламех воьттина Iа.

Хууш ву хьакъ доций сайна гечдан.

Делан дош хаза сан ца кхечи хьекъал,

Кхии со Цо хьарам мел динарг дан.

 

***

Хьикматча! Хьуо волчохь Iовдалчу наха

Iуьйкъенан боданах сатасар бахахь,

Хьуо Iовдал хетийта, къийса ма ло.

Хьекъал дерг Iовдалшна мостагI вуй, хаа.

 

***

Iовдалшна хьекъалда тарвелла сох,

Хьекъалда со воций, АллахIна го-кх, ̶

Сох Iемаш болчу цу Iовдалел башха,

Суо-сайх со ца кхиъний, дуьненах хьовх.

 

Гочйинарг Абдулаев Леча

Обновлено 01.02.2018 11:53 | Автор: Administrator 01.02.2018 11:52

   

Лаьмнийн хIайкал

PDFПечатьE-mail

Суьйра-Корта

II- корта

(Т1аьхье. Юьхь еша №9-11 журналашкахь)

 

БIаьстенна хьастаделла, бодделлачу лаьттах буса сахиллалц декхна хIуо, тIуналлах тIанк-аьлла дуьзна, дистина, дахкарлахь гIаьттина, юха мархашка дирзира.

Лаьмнашкара ловзабаьлла схьакерчинчу махо, хIуп аьлча санна, генна малхбузехьа агIор лаьхкира парталъевлла мархаш, комаьршша лаьтта тIе йовха зIаьнарш яржо рагI лаьцначу малхана маршо а йоккхуш.

Кирхьанна тIехьа лачкъийна латтийна, хIинцца гучудаьккхинчу нускалх терра, туй тесна бен хьожур воцуш, Iаламан исбаьхьа сурт, серладолуш, дIахIоьттира.

Хан-гIале – нахийн дуьненан дега юккъе боьдучу некъан ков.

Юькъачу хьаннаша корсбина*(9) лекха ши лам, чIапломана чарташ санна, богIабелла лаьтта. Суьйра-Корта олу цаьршиннах.

Басеш, тогIеш, Iаннаш.

Iаламо шен исбаьхьчу бустамех маша бузуш кхелина къилбаседе тулгIенах сеттачу Теркан-дукъа тIе кхаччалц схьаеллало. Къилбехьа буьрса бода хилла лаьмнаш ду – Iаламо доьттина тIулган пенаш. Уьш иэшийна, царна тIехула ваьлла бен, тIедахьалур дац мостагIчунна шен къиза куьг оцу лаьмнийн хьомсарчу берашна – нахашна.

Хан-гIала, Суьйра-Корта…

Историн дукха агIонаш листаелла кхузахь.

Уггаре а дуьне дезачу хенахь хийла къонахчунна Iожалла карийна хIокху арен тIехь, буьрсачу гIопан пенашкахь. ПIелг биллал меттиг яц цIий Iаноза, цхьа а тIулг, тарх, дитт дац бIаьхойн шовкъе кхайкхар, луьрачу чевно Iовжийна шийла мохь, Iожаллин тIаьххьара шабар-шибар шеца дIахудаза.

Хан-гIалин да хила кадаьллачо, шеко йоццуш, ала тарлора – хIокху исбаьхьчу, къармазечу мехкан да ша хилар.

Суьйра-Коьртан мокхаза ши корта туьраца дIатесначун – оцу къармазечу мехкан къармазечу берашка корта таIабайтар дара, горахIоттор.

Амма иза а, я важа а кхочушдаделла цхьа а вац.

Кхин да ца оьшу хIокху лаьмнашна а, ненан майра ца оьшу оцу берашна а. ХIара мохк буьрса бу мостагIчунна, кхайкхаза веанчу хьешана. Амма шен акхачу маршонехь ша аьрха кхиийначу берашна – комаьрша, токхе, беркате.

Тахана дахарца кхехкаш ю гIап.

Хеназа а дац хIинца-м, дукха лаьттина набаран тар тесна а.

ХIокху мехкан массо а къаьмнийн меттанашкахь хезачу къамелаша аьзнийн уьйриг кхоьллина хIаваэхь. Шайн дайшца къийсалуш санна, говрийн терсар а дац хIумма тIаьхьадисна. Маьлхан зIаьнарш болатан герзашца юха серлонаш етташ, ловзу. Массо а маьIIехь летийначу цIерийн кIур бIаьргаш чу оьху. Даккхийчу цIеста еш чуьра хьалагIуьтту Iаь, гобаьккхина чомехь хьожа а яржош – бIаьхошна кхача бу кечбеш.

Базарахь санна, гIугI ду кхузахь гIаьттина. Цхьа тамашийна къоналлин шовкъ ю яьржина, дог-ойла гIаттош. ХIинц-хIинцца тIомадовла кечделлачу олхазарех, тIах-аьлла, хIокху денна дахчийна, тIеман барзакъо къевлинчу куьцечу догIмашна цхьана а тайпана новкъарло ца хуьлу-кх аьлла, хета и аьчках дина герзаш – гIоьмукъаш, тарраш, жамболаташ, чхьонкарш, секхаIодмаш.

Аьстмар, юьхьа тIехь ца гайтахь а, дагахь саготта ву тахана.

– Тархан гучувалаза ву хIинца а? – тIевеанчу Лечега юх-юха а ло цо изза хаттар.

– ХIаъ, – доцца жоп ло вукхо а.

– Лаа висаний-те? Новкъахь бохам хили-те?

– Са ма гаттадехьа, Аьстмар, гIорасиз бер даций-х иза. Цо дикка некътоха безаш нисделла. БIов йоттар генуохь ду церан. Вайн хабар а тIаьхьуо кхаьчна хир ду, цундела хьевелла. ХIинцца схьакхочур ву, вайн низам хууш ма ву иза.

– Хьан доттагI Коьра ма кхоьлина го суна, цIахь сингаттаме хIумма-м ца хилла? – Аьстмаран тидамера ца долу хIора бIаьхочун, ур-атталла, оьзга*(20) озаялар а.

Леча доттагIчуьнга дIахьаьжира. Коьра самукъадолуш вацара, ойланца геннахь вара иза.

– Ца хилла, – велакъежира Леча. – Деган чевнаш ю Iийжарш, кхераме лазар дац кхеттарг…

Суьйра-Коьрте схьагулло аьлла, Аьстмаран кост схьакхаьчча, Леча а, Аьрзу а Коьра волчу вахча, иза цIахь ца карийра царна. И вахана меттиг хууш деваша а вацара. Амма доттагIашна цхьа хIума хаьара – хIокхарах дагавалар а доцуш, Iодика а ца еш, вогIу-воьду а доцуш, иза къайлавалар - цхьа доккха бахьана хила дезара, боккха цатам. Девешица йолу юкъаметтиг кIант шен доттагIех мел лечкъо гIертарх а, хIокхарна евзаш яра, делахь а цахуучуха лелара. Хаьара, Коьрин иза цхьаьнцца бекъа йишйоцу, базбелла гIайгIа-бала буй. КIентан а ма яра шен деган доттагIашца яхь.

Новкъахь тIенисбелира хIорш воьхначу Коьрина. Цо дийцира шена ПетIамат йовзар а, цуьнан цIеххьана яр а. Ткъа Лечина а, Аьрзуна а цо йийцарехь евзира цхьа сахьт хьалха шайна новкъахь дуьхьалкхетта герзах йоттаеллачу гIеранца гина йоI. Коьра кхийтира – йоI юха а йийсарехь нисъеллера. Цуьнах хилларг ца хууш, иза коьртера дIа ца йолуш, гIайгIанехь вара жимха. Делахь а, дог ца дуьллура диканах. ДоттагIаша а дош деллера, кхузара юхадирзича, оцу йоIах хIун хилла хьовсур ду аьлла.

– Тархан схьакхечи! – кхаъ баьккхира Аьрзус, шен ирачу бIаьрсица геннара иза гина.

ДоттагIийн сапаргIатделира.

Цхьа сахьт даьлча дIадолор ду тIеман хьуьнарш. Хьурмате хьеший схьабаьхкичхьана, берриге а кечам болуш бу.

Уьш, сиха а боцуш, паргIатчу боларца бахана, лекхочу гу тIехь шайна кечйинчу меттехь дIатарбелира. Царна юкъахь духарца а, леларца а къаьсташ алссам хьеший бара.

– Аьстмар, дIо тамашийна чалба коьртахь ерг мичара ву? – хаттар ца дича ца Iавелира Коьра.

– Мисарера веана хьаша ву.

– Ма буьрса хьажар ду цуьнан.

– Мамлюкийн баьчча ву иза – Айбак, шен махкахь гIараваьлла тIемало. Иэшам хIун ю ца хаьа цунна. Церан шайн паччахь а цуьнах озалуш ву бохуш, дуьйцу хезна суна.

 – Цунна юххехь лаьтта элдарчу дегIера къона стаг а цуьнца ву?

 – ХIаъ, цуьнан цIе Биберд ю. Iаламат боккха ницкъ болуш ву, боху, иза. Иза, чIара санна, некадан хууш а, хIорда чохь ша цхьамма нана-доккха мара*(2I) такхадо бохуш а дуьйцу …

– Иза-м вайнахах хила а тарло хьуна. Дуьненан массо а маьIIера лечкъийначу божаберех вовшахтоьхна ду мамлюкийн эскар бохуш, хезна… Вайн махкара мел дукха дIакхийлина иштта бераш.

– Иштта хир дац олийла а дац…

– Цунна юххерниг Аланин паччахь ву, Роксалан-БахIадур. Иза-м суна МаIасехь, церан коьртачу шахьарахь гина – гIеххьачу кураллийца дIахьедира Коьрас.

ТIеман хьуьнарш гайтар дIадоладелира.

Кхуза гулбелларш кIиллой бацара. Массеран а дара дIагайта хьуьнарш, лаккхара говзалла. Тайп-тайпа хьуьнарш гойтура цара: говраш тIехь чуччахьодий, леташ, таррашца, охьатохаран латарш, ницкъ къовсар. Юха, шина декъе бекъалой, тIеман говзалла талларехь зуьйш. Амма цхьа а вац оьгIазлонца чугIерташ.

Дависа, тIемаш юкъара дIа а бевлла, шех иштта еккъа къовсаман кеп хилахьара хIокху хьуьнарш гайтарх! ЦIий ца Iанош, кIадделча, вовшийн мара а кхеташ, забаршца дIаса а къаьсташ.

ХIинца а гена ду-кх дуьненахь, иштта машаре дахар дIахIотта!

Аьстмар реза ву шен бIонна. Массо а къийсаршкахь бIаьргбузош чекхбевлла уьш. Тархана а, цуьнан керлачу накъосто а цецъяьккхина ерриге а тIеман аре. Пиэлагаш санна, дIасалестабора цаьршимма шайца ницкъ къуьйсурш.

– Уьш муьлхачу къомах бу? – Айбакан къона накъост Биберд боккхачу ларамца хьоьжура толамхошка.

– Нохчий! – жоп делира юххехь лаьттачу паччахьан везиро.

– Муьлхачу махкара? – Айбак а вац царна тIера бIаьрг боккхуш..

– Хьан хаттаро цхьа зама дагаяийти суна.

– ХIун ду иза?

– Персин паччахьо Дарийс шен заманчохь омра дина хилла, махкана къилбаседехьа ондда тIеман гIап йогIа, иза ларъян оцу махкахь мел дехачу хIора къомах цхьацца гIера кечъе аьлла. Цуьнан омра сихонца кхочушдина. Дарий шен сакашца оцу тIемалойн кечаме хьажа, церан собар, доьналла зен лиъна, оцу гIопе вахана, хIинца тахана, вай санна. Паччахьо дихкина оцу эскарна юург яла, церан говраш юзо, хийца а. Кхо де далале эскарна юкъахь низам телхина, доьналлин, оьздангаллин гурара бевлла, гондхьарчу ярташна талораш деш, цхьаболчара шайн герз, говраш а бепигах, чагIарх хуьйцуш хилла, кхиберш, бевдда, шайн-шайн цIехьа бирзина.

Амма, царах массарах а къаьсташ, низамах ца юхуш, гIелдалар хIун ду ца хууш, де-дийне шовкъе юьйлуш, цхьа гIера хилла, кхин садаIар доцуш, берриге ницкъ а, гIора а тIедахийтина, тIеман кечамбар ца сацош, шайн дой хьийзош, тIаккха, дIатохалой, хелхарш деш, чан эккхийтина бохкуш. Паччахьан инзарваларан доза ца хилла. Иштта ворхI дей, ворхI буьйсий дIаяьлла, оцу тамашенчу гIеранан кхин шовкъ ца йовш.

Шен туртекхаш тIекхайкхина, Дарийс хаьттина цаьрга:

– И хIун эчиган нах бу, и хIун тIулган нах бу, ворхI дийнахь-буса мацалло а, хьагалло а къар ца бина, дерриге а эскар гIелделча а шекбоцурш ? – аьлла.

– Къилбаседа Къапказера нохчий бу уьш! – аьлла, жоп делла царах цхьамма.

– Нахчи жаххIан! – мохь белира, боху, паччахьан. – Мехкан сийлалла!

– Нахчи жаххIан! – тIетевжира, боху, хьалдолу сакаш а. – Нахчи жаххIан!

– Турпала нохчий! – аьлла, Дарийс тиллина цIе хIинца а йисина цаьргахь. – Везир дийцина велира.

– Дарий харцлуьйш ца хилла. Бан а бу уьш турпала нохчий! – резахилира Айбак.

ХIинццалц вист а ца хуьлуш, дуьйцучуьнга лерина ладоьгIуш лаьтта дуьненна гуотаса кхиъна волу Iилманча Юстиан паччахьна тIевирзира.

– Хьан пачхьалкхана юкъабогIуш буй и къам деха мохк? Муьлхачу агIор беха уьш?

– Бу-те. Аланин малхбалера цхьа дакъа ду иза. Цара шаьш йоккху цIе – Нашха мохк. Дуккхачу а тукхамех кхоллабелла барт*(22) бу иза, масийтта олаллех лаьтташ, – доггах жоп делира Роксалан-БахIадура. - Лаьмнийн бахархой бу уьш, и шайн мохк санна, комаьрша, хаза къам а ду. 

– И къам юххера довза лаьар-кха суна, - шен лаам бовзийтира Юстиана.

Изза лаам болуш Айбак а вара.

– Тахана вайца ву церан воккхачу элан кIант Шамшукъа. Шу цунна довзуьйтур ду ас.

– И чIогIа бакъахьа хир ду.

Аренца хIинца а ловзарш дIагIуш дара. ЦIеххьана, цхьана омрица санна, дойшкахь болу береш, низамехь хаьхккина, юьстахо дIанисбелира, боккхачу ларамца геннахь гучуяьллачу керлачу гIеранна некъ а бостуш. Шайна оццул тидам тIебахийтанарш баккъал инзаре хаза а, куьце а бIаьхой бара.

– Мехкарий схьакхаьчна!

– ЭхI, ма товш а бу!

– Лаьмнийн хIайкалш ду уьш!

Мехкаршкахь Iаламат товш дара леррина царна тегна тIеман барзакъ. Герз а дара, куьцанна санна, царна … шатайпана дина. Ткъесах тарлора уьш тIеман кIуркIаманехь. Схьагучу эсалчу мехкарийн экамаллах махкана орца эшначохь хIумма а ца дуьсура. Царах иллешка декара къоьжачу лаьмнашкахь.

Аьстмар дуьхьалвахара турпалчу мехкаршна. КIант тIекхаччалц хьалха йогIург сецира. Иза церан эла яра.

– Иштар, тахане хьуна кхераме хета суна, - лохха вистхилира кIант йоIе. – Маьлха-Аьзни а ларор ма яра…

– Аьстмар, суна са мА гатде, Ламхон пурбанца лелаш ю со, – дуьхьал паргIат йистхилира йоI. Цуьнан юьхь гуш яцара, и дIахьулйинера варзакъан цхаро*(23).

– И мила ю? Хьуна евзаш ю иза? – хаттарца тIевирзира Дауд, Аьстмар юхавирзича.

- Мехкарийн баьчча ю.

- Цуьнан юьхь лачкъийна хIунда ю?

- Ирча ю иза, - велавелира кIант. – Дауд, цкъа-м вагор ву-кхий хьо хьан дукха хаа лааро.

- Дала хьеханза…

Мехкарша шайн хаарш гойтуш, юкъа-кара тIемалойн резахиларан гIугI гIоттура аренца. Тарханна а, Алмазна а геннара евзинера Дика. ЙоIа къайллах бIаьцаш йира доттагIашка. Шиммо а доккхачу дозаллийца тергамбора къоначу йоIа йохучу хьалхарчу гIулчийн – Дикин дуьххьарлера толамаш бара уьш. Тархан инзарвуьйлура оцу экамчу йоIа гойтучу хьуьнарех. Са а айбина Iара кIант, Дика галъяларна, лазаярна кхоьруш, хьаьжа тIе хьацар а тоьхна. Ткъа Алмазна дуьххьара гушдоцчух тера дара мехкарийн тасадаларш – иза паргIат хьоьжура цаьрга.

Суьйра-Коьртехь тийналла хIоьттина, цхьа а адам кхузахь доцуш санна. Ша мел долу эскар, цхьа а вист ца хуьлуш, догIа а делла лаьтта арахь. Сурхой лерина ладугIуш бу Аланин паччахьо дечу къамеле.

– Мехкан баьччанаш, сурхой! Тахана кхуза гулдалар а, тIеман кечам зиэр а хIинццалц хиллачул ладаме ду, хIунда аьлча арахьара кхерам алссам тIегIоьртина вайна. И кхерам массарна а бу. ДIадаханчу шерашкахь, ткъаесна шо хьалха, мостагIчо шен ницкъ а, хIилла а гайтира, вайн барт цахиларо вайн гIорасизалла а гайтира. Дукха зенаш а хили, адамаш хIаллак а хили. ХIетахь вай кийча дацара мостагIчух лата ма деззара лата.   

Хилларг, хиллачун бахьанаш а дуьйцуш, карлаяьккхира паччахьо зама. Дуьйцура хIокху мехкийн къаьмнийн шатайпаналлах, церан цхьаьнадоьзначу дахарх, кхиарх а.

Леча, Аьрзу, Коьра а дуьххьара хезаш вац оцу алун шерийн хиламаш. Солтас кхин а дика юьйцура кегийрхошна и зама. И кхоъ хилла ца Iара ойлане воьжна. Дуьйцучо хIинца а ерза ца туьгу деган чевнаш меттахъяьхна. Массеран а юкъара лазам бара буьйцург. Дукха хан яц дIаяьлларг, цундела иэсо хIинца а дукха лерина ларъеш ю оцу шерийн къизалла.

– Сан дехар дара массаьрга а: кхераман киртиг вайна тIехIоьттича, къаьмнаш а, дин а, ца къестош, вовшийн гIортораш хилалаш. ТIаккха вайна кхераме вац мел луьра мостагI а, иэшалур ю муьлхха халонаш а, – чIагIдарца дерзийра Роксалан-БахIадура шен къамел.

– Вай цхьаъ ду!

– Дела вайца ву!

– МостагIашна некъ бац кху махка!

– Тхо тахана а кийча ду тIамна!

Суьйра-Корта Iадийра бIаьхойн шовкъечу маьхьарша.

Цхьана боккхачу сингаттамна санна, цIеххьана кхоьлира хIинццалц екхна хилла стигал, диэIанхих*(24) юьзна схьалахкаеллачу мархаша шийла догIа тохарца яйира шовкъийн цIе а, тIаьххье тоьхначу ткъесан гIовгIано къардира эзарнаш тIемалойн кийрара даьлла «Орс-тох!» а.

Автор: Administrator 01.02.2018 11:50

   

Страница 1 из 4

Яндекс.Метрика