ШАРИП Цуруев Гуьйре схьаеъна…

PDFПечатьE-mail

 

ШАРИП Цуруев

 

Кхоьлина 1аш хир ю хьо тховса корехь,

Хьо санна, цхьалха бутт хьан коре беъна…

Хиндерг и деригге хьуна ца гора,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Г1арг1улеш, мохк хуьйцуш, гена д1аяхна,

Дашо бос лепалуш, г1аш лаьтта эгна.

Хьан цхьалла тешаме йисина тахна,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Д1адевлларш ницкъ боцуш дага ца лаца,

Х1инца а тийжа хьо, б1аьрхиш а лекъна.

Атта ца хилла-кха дерриг т1елаца…

Бехк биллац ас хьуна: гуьйре схьаеъна.

 

Шек доцуш ирсан де хирг хиларх кхана,

Къоначу безамах дара вай тешна.

Тахна, со цецвоккхуш, къоначарна а

Кхолламан макхъелла гуьйре схьаеъна.

Обновлено 25.04.2018 20:09 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:32


 

Гуьйре

PDFПечатьE-mail

МАМАКАЕВ Мохьмад

 

Мажделла г1а доьжна,

Аренаш макхъелла.

Олхазарш маьхьарца

Къилбехьа сихделла.

Дохкаца т1едеъна,

И де а дицделла,

Датоца кхелина

Хин бердаш гатделла.

Дезарна г1аьттинарг

Шен кетар лоьхуш ву,

Хийисте х1оьттинарг

Корталех хьерчаш ю.

Обновлено 25.04.2018 20:10 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:28

   

Международный форум "Российский Кавказ"

PDFПечатьE-mail

Соьлжа-Гӏаларчу М.Лермонтовн цӏарахчу Оьрсийн драматически театрехь шен болх дӏаболийна Политологин дуьненаюкъарчу "Россин Кавказ" юбилейн V-чу форумо.
Цигахь йийцаре еш ю "Россин Кавказан социальни-экономикин аьттонех пайдаэцар а, регионашна а, мехкашна а юкъарчу зӏенийн коьрта дакъош а" цӏе йолу тема.
Форуман спикер республикин къоман политикин, арахьарчу зӏенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а, Къилбаседа Хӏирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн гӏуллакхашкахула волу министр А.Цуциев а, Дагестанан къоман политикин министр Т.Гамалей а, Гӏалгӏайчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӏенийн, зорбанан, хаамийн министр ӏ.Евлоев а, Гӏебартойн-Балкхаройчоьнан Махкахойн юкъараллица зӏенаш латторан а, къаьмнийн гӏуллакхашкахула а йолчу урхаллин куьйгалхо А.Курашинов а ву.
Пленарни кхеташо чекхъяьлча цара жоьпаш лур ду республикин а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гӏирсийн векалшна.

Обновлено 12.10.2017 09:18 | Автор: Administrator 12.10.2017 09:14

   

Международный форум "Всероссийский Кавказ"

PDFПечатьE-mail

Кхана, эсаран (октябрь) беттан 10-чохь, Соьлжа-ГIалахь шен болх дӏаболор бу Политологин дуьненаюкъарчу "Россин Кавказ" юбилейн V-чу форумо.
Цигахь дакъалоцур ду Россин Федерацин Правительствон вице-премьера А.Хлопонинс, Къилбаседа Кавказан гӏуллакхашкахула волчу федеральни министра Л.Кузнецовс, Къаьмнийн гӏуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо И.Бариновс, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъектийн а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан органийн а векалша.

forum

Обновлено 12.10.2017 09:14 | Автор: Administrator 12.10.2017 09:04

   

Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо кхачарна

PDFПечатьE-mail

 
 

ГIопа тIера – гIали тIе 

 
 Хууш ма-хиллара, цхьа шо даьлча, 2018-чу шеран 22-чу июнехь ши бIе шо кхочу Соьлжа-ГIала йиллина. Россин Федерацин Президентан В.В. Путинан Указаца нийса а догIуш и юбилей шуьйра билгалйоккхур ю Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а, ерриге а Россехь а. Вевзашволчу яздархочун, публицистан Кусаев Iадизан Соьлжа-ГIала йилларх йолчу очеркан дакъа дуьллу оха шун тидаме. 
… Паччахьан эскарша, Соьлжа-хи тIе а кхаьчна, цуьнан уггаре а дуткъачу, готтачу логан бердашца туп туьйхира бIешерийн луьстачу хьуьна юккъехь. Цигахь гIап хIотто сацам бира инарло Ермолов Алексей Петровича. Иза йиллар дIадоладелира инзаре чолхечу хьелашкахь. Хеталора, нохчий хилла ца Iаш, ша дерриге а Делан Iалам дара иза йилларна дуьхьал. Цуьнах лаьцна дийцира тIахьуо шен дагалецамашкахь хIетахь хиллачу Кавказан корпусан, иштта шех олуш хиллачу, Кавказан проконсула инфантерин (гIашсалтийн эскаран) инарло А.С.Ермоловс: 

Обновлено 15.06.2017 20:52 | Автор: Administrator 12.04.2017 12:12

   

Страница 31 из 32

Яндекс.Метрика