КАДАМ

PDFПечатьE-mail

58382442 2348554288725315 1961899296550813696 n

 

Боккха эшам хилла нохчийн къоман журналистикина тахана. Шийлачу Ӏожалло къинхетамза катоьхна вайна юкъара хеназа яьккхи Жумалаева Лула. Нохчийн оьздачу мехкарех тоьллачарех цхьаъ яра иза. Ховха нана, муьтӀахь хӀусамнана, хьуьнаре зуда, похӀме журналист, яздархо. Доза доцуш деган комаьршалла яра цуьнца. Дерриге а дуьне маракъовллал халкъе а, махке а нуьцкъала безам бара. Лула хьанала къинхьегамхо яра. 2004-чу шарахь дуьйна цхьана дийнахь балхана юкъара ца йолуш ша кхоьллинчу "Нана" журналехь къахьоьгуш яра Лула. Зорбане баккхале журналера хӀора могӀа, хӀора хьаьрк шен экамчу сица луьттуш, цӀийца лозуш, сирлачу ойланца цӀинбеш хуьлура цуьнан. Цундела дара "Нана" журнал шатайпачу башхаллица къаьсташ, вайна массарна дукхадезаш. Нохчийн къоман журналистикехь мах боцу беркат хилла дӀахӀоьттина дара "Нана" журнал, коьртачу редакторан говзаллин лаккхарчу тӀегӀанехь йолу корматалла бахьнехь. Нохчийн къоман тешаме йоӀ, оьзда зуда яра Лула. Ша схьаяьллачу къоман зовкх деба лууш, хаарийн серло яржош йогӀура иза шен дахаран новкъахь. Амма тахана чекхдевли, белхан накъостийн дегнаш Ӏовжош, цо гездина атта доцу журналистан некъаш. ДӀабай цуьнан къеггиначу похӀмин чиркх, нохчийн къоман журналистика кхолош, иза тӀаьххьарчу новкъа ели, вай тӀаьхьа делхош. Дала декъала йойла хьо, тхан хьоме Лула! Хьайн хӀусамах Веза-Воккхачу Дала йоккхаейойла хьо! Ялсаманин хьаша хуьлда хьох а, тӀаьхьадахка дезачу тхох а!

Аза Газиева

 

Обновлено 30.04.2019 17:14 | Автор: Administrator 30.04.2019 17:11


 

КАДЫРОВ РАМЗАНА МАХКАХОЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕНЦА ДЕКЪАЛБО

PDFПечатьE-mail

Кадыров

КАДЫРОВ РАМЗАНА МАХКАХОЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕНЦА ДЕКЪАЛБО

 

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцучунна, иза Iалашбеш воцучунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду - нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийнера вайн махкахь ненан мотт кхиоран гIуллакх. Иза коьрта а лорура цо. Цундела ас даима а дозалла а дора цунах, воккха а вера со. Республикина уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь Ахьмад-Хьаьжас нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу Iилманчашна а, яздархошна а, журналисташна а гIо-накъосталла деш хилла хиларна теш хилла ву со.

ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна лерина йолу конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш, хIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.

ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.

Вайн декхар ду ненан маттаца йовха а, ховха а юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.

Лараме махкахой! Кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте боккха безам шун хуьлийла!

Ларбелаш нохчийн мотт!

Автор: Administrator 25.04.2019 12:27

   

Нохчийн мотт

PDFПечатьE-mail

Бекс

Обновлено 25.04.2019 12:26 | Автор: Administrator 25.04.2019 12:23

   

Ас жайна яздина…

PDFПечатьE-mail

Абдулаев

АБДУЛАЕВ ЛЕЧА

 

Ас жайна яздина…

 

Ас жайна яздина,

схьагарехь, бовш болчу маттахь.

Цхьайолу шеконаш, цхьадика! –

хье а лой йог1у.

Ас жайна яздина,

схьагарехь, леш болчу маттахь,

и гуттар хирг хиларх

шеквала дага ца дог1уш.

Обновлено 25.04.2019 12:21 | Автор: Administrator 25.04.2019 12:18

   

Таханлерчу хаамийн гӀирсашкахь нохчийн матах пайдаэцар

PDFПечатьE-mail

Ахмадов

АХМАДОВ МУСА

 

Таханлерчу хаамийн гӀирсашкахь нохчийн матах пайдаэцар

 

Нохчийн маттахь йоза кхолладалар, дукха хьолахь, вай дузу дӀадаханчу бӀешеран 20-чу шерашца. Бакъ а долуш, вайн маттахь йоза-дешар халкъа юкъа шуьйра даржар вай хьехош делахь, иза нийса а ду.

Цул хьалха а хилла вайн къома юккъехь лелаш йоза, Ӏаьрбийн элпийн буха тӀехь кхоьллина. Амма иза дукха хьолахь, цхьана Ӏеламнахана а, мутаӀеламашна а хууш а, цара пайдаоьцуш а йоза хилла.

Къаьсттина доккха маьӀна лелийна оцу йозано XIX бӀешеран шолгӀачу эхехь. Оцу хенахь вайн гӀарабевллачу Ӏеламнаха, эвлаяаша Ӏаьрбийн элпашца нохчийн маттахь жайнаш яздо, я уьш Ӏаьрбийн я гӀумкийн маттера вайн матте дохуш гочдо. Оцу хенахь зазадоккху динан чулацам болчу поэзино а. Тайп-тайпанчу Ӏеламнаха язйина назманаш адамаш гулделлачохь: тезетахь, сагӀа доккхучохь, мовладехь, кхечухьа – олуш хилла. Динан лехамаш буьйцуш, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар а, гӀуллакхаш а довзуьйтуш, эвлаяийн дика амалш хьехош язйина и назманаш ладоьгӀучеран дегнех кхеташ, цаьрга дахарх а, дуьненах а кӀорга ойла йойтуш хилла, тахана а ян а ю иштта. Вайн къоман синкультурин мехала дакъа хилла дӀахӀиттина уьш.

Обновлено 25.04.2019 12:18 | Автор: Administrator 25.04.2019 12:16

   

Страница 9 из 32

Яндекс.Метрика