Кибиев Мусбек

PDFПечатьE-mail

8

МЕТТАН СИЙ

 

Цинцашка декъалой, бердах

Хецалу Чахчара санна,

Даочу цинцех бу   тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна. 

Обновлено 25.05.2019 09:12 | Автор: Administrator 25.05.2019 09:11


 

Джунаидов Аюб

PDFПечатьE-mail

7 

ХIОЬЪНАШ

(дийцар)

 

Дукъахь дара ДадагIеран гIоли долу кхаш. Попа-лаьтта тIехь къаьсттина картол, хох, жIонк – муьлхха а орамат дика кхуьура. Уьрдан йистошкахь кхоь-хьаьжкIа юьйра. Варша йистехь боккха кхор бара, оцу куьпахь а уггаре а зоьртала дитт ду ала мегар долуш. Кхаш тIе баьхкинчех дукхахболчара молуш генадоццуш шовда а дара. Цхьана заманахь Дадин дендас, Мадага, баьккхина мохк бу иза.

Обновлено 25.05.2019 09:11 | Автор: Administrator 25.05.2019 09:08

   

Тимбулатов Мовсар

PDFПечатьE-mail

6

 

НОХЧИЙН МОТТ

 

Нохчийн мотт – вайн къоман орам,

Нохчийн мотт – и къоман са!

ХӀоттор бац и цкъа а гора,

Вайн догӀмашкахь мел ду са…

Обновлено 25.05.2019 09:08 | Автор: Administrator 25.05.2019 09:04

   

СУЛЕЙМАНОВ АХЬМАД

PDFПечатьE-mail

5

 

Сулейманов Ахьмад дуьненчу ваьлла 1922 шеран май беттан 1 дийнахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-хь Олхазар-КӀотарахь. Нохчийн Ӏилманча, кавказйовзархо, хьехархо, поэт, художник, музыкант. ДӀакхелхина 1995 шеран июнь беттан 20 Вевзаш ву цо язйина Нохчийн а, ГӀалгӀайн а мехкан топонимех а, тайпанех а лаьцна книгаш бахьнехь. Нохч-ГӀалгӀайн Республикин Халкъан поэтан. Иза вара Нохчийчоьнан пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Нохчийчоьнан а, СССР а яздархойн Союзийн декъашхо.

Обновлено 16.05.2019 10:44 | Автор: Administrator 16.05.2019 10:43

   

АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005)

PDFПечатьE-mail

4

 

Айдамиров Абузар дуьненчу ваьлла 1929 шеран октябрь беттан 29 дийнахь (цхьадолу хьостанашкахь 1933 шо ду билгалдаьккхина). ДӀакхелхина 2005 шеран май беттан 27 дийнахь. Нохчийн яздархо, поэт, классик. Нохчийн литературехь йоккха лар йитина, къаьсттина шен историн романаш бахьана долуш. Нохч-ГӀалгаӀайн АССР-н халкъан яхдархо (1977), Нохчийн Республикин яздархойн цхьаьнакхетараллин коьртехь лаьттина 2004-2005 шерашкахь.

 

Обновлено 16.05.2019 10:43 | Автор: Administrator 16.05.2019 10:39

   

Страница 10 из 35

Яндекс.Метрика