Берзинчу когийн лар

PDFПечатьE-mail

 

Бексултанов

Бексултанов Муса                                        

 

Сайн денанна Хантотин безамна

 

– Даба, во-о Даба! – кхойкху нани кху чуьрчу кӀанте, – хьада, дӀавада, дукхаваха иза, эса мичахь ду хьажий вола, – олуш.

Дуьхьал аз ца хеза.

– Ва, хӀокху сохьтта кхузахь вацара и кӀант, иза стенга ваха? – гондхьа хьоьжу нани.

Со велало, кӀентан хӀилланаш а девзаш.

– Оцу кӀантана эхь ца хета, – олу нанис тӀаккха, рагӀу кӀелахь, машенах шура чекхйоккхуш Ӏаш йолчу, – жӀаьлел тергал ца йо-кх цо со, – олий.

Суна кӀентан берзинчу когийн баххьаш го, цӀийна маьӀӀехь тебна лаьттачу.

– Во-о, Харц-Мирциг! – нани юха а кхойкху, ша оьгӀазъяхча йоккхуш йолу цӀе а йоккхуш кӀентан.

КӀант меттах а ца хьов.

– Хьуна ма яла Дала жоьжагӀати, ва харцахь ирбина хьокха! Нелан мел велларг хьакхийца воллийла сан, со кхузара цкъа хьалагӀаттахь, ас хьуна хӀара гӀаж…, – шегара Ӏаса лаьттах туху нанис.

ДӀогара кӀант, кхин гучу а ца волуш, воду.

Обновлено 12.04.2018 17:39 | Автор: Administrator 12.04.2018 17:36


 

Ненан узам (Поэма)

PDFПечатьE-mail

Дакаев

 ДАКАЕВ Са1идбек

Ненан узам

Ненан безамна

 

(Поэма)

Генара цхьа узам,

Ойланийн тезетахь тийжаш,

Г1айг1ане лекхалуш,

Лерера ца болу сан.

Дорцан къахь г1иттаеш,

Шелоно аренаш къуьйлуш,

Цо хийла хьийзийна,

Лай вина сингаттаман.

 

Обновлено 24.04.2018 21:06 | Автор: Administrator 01.04.2018 16:57

   

Истори

PDFПечатьE-mail

1679

Абдулаев Леча

Истори

 

Истори еш бохку нах.

Нах бохку истори юттуш.

Историх дIалуш бу мах, –

Эхартах бала цахIуттург.

 

Дуьненан терза ду узуш,

Тоьллачун кеда мел буьллуш,

Эшначун кад къинойх бузуш,

Историн кхел кхочушхуьлу.

 

Обновлено 24.04.2018 21:07 | Автор: Administrator 28.03.2018 06:03

   

Стиглара къам

PDFПечатьE-mail

WhatsApp Image 2018-04-02 at 10.43.52

                Баталова Хеда

 Ойланаш, ойланаш… Муьлххачу а даг чу бижначу баланах ваккхало шуьга, боцу бала кхолла а ло шуьга. Дукха ханна дацахь а, тIе куьг ца Iотталахь а, ког ца баккхалахь а, пIелгашна юккъехула мох чекхболуш ца хаалахь а, мерана хьожа ца кхетахь а – хьуна и дерриге го, бакъ а долуш, хьо цигахь лаьтташ санна. Вайн коьрта чохь ду-кха иза, цхьана дечиган яьшки чохь д1акъевлина, доккха догIа а тоьхна. И догIа схьадаьккхича, аракхета цу чуьра серло, бIаьргаш а Iийжош, сирла серло. БIаьргаш меллаша схьаделлалой, дIайоьдучу цу серлонна тIаьхьахьовсу – оццу минотехь хьо вайна, хьо дIаваьхьна, хьо вац…

 

Обновлено 02.04.2018 19:21 | Автор: Administrator 21.03.2018 17:24

   

Россин Федерацин президентан харжамаш

PDFПечатьE-mail

1

Тахана, 2018 шеран кхолламан беттан 18 дийнахь, Россин президентан харжамаш бу дӏабоьлхуш. "Орга" редакцин белхахой а, йоллу Нохчийн Республикин бахархой санна, жигара дакъалоцуш бу цу жоьпаллечу гӏуллакхехь.
Дала вайн харжам беркате бойла! Кхин цкъа а тӏом ца гуш, денна толуш, хазлуш яхайойла вайн Нохчийчоь!
Харжамашка мел вогӏучу нохчичун изза ойла яра-кх, вайн тӏаьхьенна ма гойла вай лайна тӏеман баланаш! Ӏилманца, дешарца, лаккхара культурица совдохийла вай!

 

Обновлено 01.04.2018 16:55 | Автор: Administrator 18.03.2018 20:18

   

Страница 2 из 7

Яндекс.Метрика