ДАКАЕВ Са1идбекГуьйренан суьйренаш

PDFПечатьE-mail

ДАКАЕВ Са1идбек

 

Даьгна г1ора кхачадой,

Де, сахедий, лацало.

Даг чу 1уьйду гуьйрено

Сингаттаме суьйренаш.

 

Дерзан ладарш 1ийдалуш,

Коран б1аьргех хьекхалуш,

Мохо г1одах туьйсуш ка,

Ч1анадаьлла леста га.

 

Стиглан тхевнах хьерчаеш,

Мокха тулг1еш керчаеш,

Карзахъевлла къийсалуш,

Мархаш вовшех тийсало.

 

Кертахь стоьмийн бешара

Олхазарийн эшарш а,

Тийналло пха хадийна,

Лекъна, мукъам 1адийна.

 

Сагатдинчу ойлано

Гатбина шен шалха гуо –

Даг чу 1уьйду гуьйрено

Б1аьргаш муьста суьйренаш.

Обновлено 25.04.2018 20:09 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:35


 

Ломахь гуьйре

PDFПечатьE-mail

Муртазов 1адлан

 

Ломахь гуьйре хьалхе юлу,

Дерриг хьулдан оьгу г1аш.

Хьаннаш сихха хераюьйлу,

Туьгуш яц тен къийгийн г1ар.

Мархийн юрг1анаш т1еуьйзуш,

Лаьмнаш дахкарлахь д1адов,

Цацах санна дерз ду луьйсуш,

Шеллуш хеба «т1ерлойн б1ов».

Хезаш дац кхин дека хьоза,

Иллин мукъам озабеш,

Ткъа г1арг1улийн жуттан аьзнаш

Дека г1ийла узам беш.

Дерз а 1енош, мархийн г1ера

1аьршахь некъ бан йолало,

Оццул боккха текхош кхера,

Органо 1ин декадо.

Ломахь гуьйре хьалххе юлу,

Дерриг хьулдеш, оьгу г1аш,

Дерзо дерриг, дерриг кхулу.

Туьгуш яц-кха шовдан г1ар.

Обновлено 25.04.2018 20:09 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:34

   

ЗУЦАЕВА Хадижат

PDFПечатьE-mail

 ***

Дог1анан дохк т1еязъелла

Лакхенца рег1ара дуьйна.

Кешнийн керт хьалхачул а тийна,

Х1оллам цхьа г1ароллехь сецна.

 

Говраш ю д1анехьо ежаш

Баьццарчу сеналлин арахь,

Баккъашца цинцаш а оьгуш,

Х1аваэхь тийналла йижна.

 

Дог1а ду хаддаза 1енаш-мукъамехь,

Де-буьйса лаьцна.

Ма беса хир дара сурт,

Гуьйренан мур бацахьара.

Обновлено 25.04.2018 20:11 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:33

   

ШАРИП Цуруев Гуьйре схьаеъна…

PDFПечатьE-mail

 

ШАРИП Цуруев

 

Кхоьлина 1аш хир ю хьо тховса корехь,

Хьо санна, цхьалха бутт хьан коре беъна…

Хиндерг и деригге хьуна ца гора,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Г1арг1улеш, мохк хуьйцуш, гена д1аяхна,

Дашо бос лепалуш, г1аш лаьтта эгна.

Хьан цхьалла тешаме йисина тахна,

Со нийса кхийти хьох: гуьйре схьаеъна.

 

Д1адевлларш ницкъ боцуш дага ца лаца,

Х1инца а тийжа хьо, б1аьрхиш а лекъна.

Атта ца хилла-кха дерриг т1елаца…

Бехк биллац ас хьуна: гуьйре схьаеъна.

 

Шек доцуш ирсан де хирг хиларх кхана,

Къоначу безамах дара вай тешна.

Тахна, со цецвоккхуш, къоначарна а

Кхолламан макхъелла гуьйре схьаеъна.

Обновлено 25.04.2018 20:09 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:32

   

Гуьйре

PDFПечатьE-mail

МАМАКАЕВ Мохьмад

 

Мажделла г1а доьжна,

Аренаш макхъелла.

Олхазарш маьхьарца

Къилбехьа сихделла.

Дохкаца т1едеъна,

И де а дицделла,

Датоца кхелина

Хин бердаш гатделла.

Дезарна г1аьттинарг

Шен кетар лоьхуш ву,

Хийисте х1оьттинарг

Корталех хьерчаш ю.

Обновлено 25.04.2018 20:10 | Автор: Administrator 27.11.2017 06:28

   

Страница 17 из 19

Яндекс.Метрика