ИБАЕВ Руслан. Ирсе кхевдина тача

PDFПечатьE-mail


                                                                                              Безаман а, дахаран а ирс 
                                                                                              Iаьвшинчу шина адамна лерина

ХIаваакеманан трап тIе хьалаволучу юкъана стиглан тидамбан ларийра Салман.
Стигал цIена-сийначу басаршкахь яра. Бамба санна юькъа-кIайн мархаш лаьттара цхьана меттехь, сийса а сийсаш. Цхьаерш яжа-кажа кхийдаш санна хетара, ткъа кхиерш, йийшина Iохкуш, IиндагIехь нох а дохуш. ГIаргIулех тера ерг а гира, юха, жимма хIокху кеманах а тарлуш, дIасаяржарца.

 


Кеманна чу ког баккхале, юхавирзина, тIехьа юьсучу мегаполис-гIалин панораме бIаьрг-эшарца схьалаца кхиира хIара. Цхьатерра ши хIума деара дага: «позади Москва, отступать некуда…», юха, дас даима шен хьехаршкахь олуш хилла долу: «ТIехьа хьажий бен дош ма ала…».
Салман ша-шена велакъежира, цу хьехаман хьалхара дакъа-м ас кхочушдина: хьалха хьаьжна ког а баьккхина, цул сов, сийначу стигал-экъан тидам бан а ларош.
Хиндерг Дела ша воцчунна бен ца хаьа. Цундела, тIехьа хьаьжна хIумма а цаалар сацийра кхо. Хьанна хаьа? – аьлла.
Гур ду. Хено, замано гойтур ду. Хила хьаьхнарг хир ду. Ца хьаьхнарш тайп-тайпанчу бахьанашца а дуьсуш, я цаьрца доьзна.

Кхуьнца накъост вара, иштта, дешна ваьлла цIа вогIуш. Шаьшшиннан метте охьахиъна дIанисвелча, стюардессе шахматаш а яийтина, уьш дIасахIиттийра кхаьршимма.
Ловза волавала жимма хьалхе дара, кема стиглан лакхе а яьккхина, дIа ца нисделча. Иллюминаторчухулу арахьаьжча, лаьттахь долу хьелаш жимлуш, генна тIаьхьадуьсуш, къайладуьйлура.
ГIоьрттина цхьатерра доьдура аьчкан олхазар стиглан лакхене, шуьйрра тIемаш а даржийна.
Шайоллу гIайгIанаш лаьттахь йисира, латта къайла а долуш, наг-наггахь кеманна бухахула яьржина, еса марха а хаалуш.
Забар ечух «шах» а олуш, хьалхара гIулч ян пешки тIе Салмана куьг хьочу мIаьргонехь, мохк бегош санна, кема дегаделира, тохадаларца, маторийн аз хийца а луш. Кема чудужуш дара, цкъа аьтту агIор тIаьIаш, юха аьрру агIор. Кийрара шадоллу хIума хьалагIоьртинера. Зударийн маьхьарий девлира, тIаьхьа берийн белхарш а.
Кема чухьаьдда доьдура. ТIеман хиламашкарниг эпизод дагатуьйсура, герз кхетта Iункар чу хьаьдда доьду штурмовик, Iаьржа кIур а туьйсуш.
Чуэгна шахматаш когаш кIелхула дIасахехкалора. Пассажирийн бIаьргаш къаьрзина гора, куьйгаш а, дуккха а дIасатуьйсу куьйгаш.
Воха-м ца воьхнера со бохуш дийцира Салмана, сайна дагадогIу массо а доIа деша ларийра. Ойланаш, бакъдерг дийцича, чIогIа чолхе яра, муьлхачу хорша ерзо еза а ца хууш.
Чаккхе-м цхьаъ гора, хьалхавервоцу чаккхе, наха эр долу дешнаш а:
– Хьажахьа, хьенехагIеран минехан кIант дешна а ваьлла цIа вогIуш… Кема… ДегIе «зуз» хьаьдира.
Иллюминатор тIера бIаьрг дIа ца боккхура аса, кема дIакхетар долу хан ларйора, со хиъна Iаччохь чIагIвала дагахь вара, миндарна аркъала дIа тIе а таьIаш. КIелхьарвервоцу Iожалла тIеийцира сино а, дегIо а, дуьненах дог дуьллуш. Оццул Iовдалвалар, дуьхьалоян амал а доцуш.
Мел хала гулдинарг, мел атта кхачадо. ХIетте а адамаш… ТIемаш а беш дуьнен тIехь, бахамаш гулбеш, лаамаш толо гIерташ… ХIуммаъ дац-кх хIара дуьне, харцо лелаяллал… ХIоранна а тIехIотта дезар-кх хIара, хIораниг а кхетийта – дуьне хIумма а йоцийла я хIораъ кху дуьнен тIехь.
ХIун ду дагатуьйсург кху юккъехула?..
Иллюминатор… Латта аркъалдолу, стигал – бертал, юха, ший а цхьаьна.
ХIун до хIинца ас цIечу дипломца чекхъяьккхинчу институтах? Экономикан факультет, карьеран хьалхара гIулч лаккхарчу тIегIан тIехь – директор уггаре йоккхачу оптови базехь Владимир-гIалахь, дIасахьовсош билгалъяьккхина йолу.
Кхул хьалха Соьлжа-гIалахь чекхъяьккхина кооперативни техкникум, Советски армина кхачам боллуш дIаделла ши шо. Масне ду уьш, юкъараллин белхаш цхьаьна…
Диплом… Диплом тIехь а бисира цхьа деган Iовжам. Ас теллина, араяьккхинчу формулица сан дипломни болх кандидатски диссертацин тIегIанна тIе кхочуш бара. Иштта ца хилча, со реза а воцуш. Цунна йоккха комисси кхоьллира. Юкъахь лаккхара хьаькамаш а болуш. Масийтта хьалхара министрийн а, центросоюзан председателан а заместиталш а болуш.
Цара сан болх къобалбира, амма, хIинца, кху сохьтехь тIеэца ца лиира. Яккхийчу харжашца доьзна дара и гIуллакх. Учебникаш, лаккхарчу дешаран заведенешна лерина йолу, араевлла дукха хан яцара.
Цара соьга «альтернативни вариант» кховдийра. Со кху институтан экономикан кафедрехь а вуьсуш, шо далале Москва-гIали юккъехь еззарг квартира, иштта кандидатски диссертаци тIе а чIагIйойтуш.
Оцу комиссехь гулбелчу баккхийчу хьаькамашца юкъаметтиг а ца йохош, царна доккха баркалла а аьлла, со вухавелира. Сайн кхин Iалашо ю элира ас цаьрга.
Со ЦК КПСС-н хьаьрмехь аспирантура чекхъяккха дагахьвара. Цига ваха, ас лакхахь хьахийначу Владимирски оптови базехь директоран даржехь кхаа шарахь болх а беш, цу гIалин обкоман декъашхо хила везара. Со резахилира оцу балхана и харжам нийса а хетта…
Кема чухьаьдда доьдура, лаьттара токан бIогIамаш а къаьсташ, токан серий а… ХIахI! ХIара ю-кх хIара Iожалла… Со миндар чу дIалетира, миндаран тIетевжийлаш куьйгийн даьIахкаш тIеяха санна, къовла а къовлуш.
Кема дIа ца кхетара… ЧIогIа къовлаваларна дегIах, сих-пхах еккъа цхьа гуьйриг хиллера. Хан яхъеллера, хенан хIоттаман зил-сиз тIера дIаса а яьржаш. Я велла со? Кема тоххарехь дIа а кхетта, я висина, иштта къовлавеллачохь дегI тхьуз а делла, ойланаш а лацаелла…
Со лацавеллачуьра меттах а воккхуш, моторийн аьзнаш хийцаделира, я хийтира а ца хаьа, иштта.
Меллаша ши бIаьрг схьабиллича, кема дIанисделлера; латта бухахь дара, стигал тIехула, иллюминатор чухула схьагуш хьаннийн а, доккхачу хинан а асанаш гуш.
Кеман чохь болчара, шайн-шайн меттанашкахь маьхьарий хьоькхура; сацаде кема, охьахааде, тхуна ца лаьа кху тIелхаг тIехь цхьанхьа даха, тхуна дала ца лаьа… бераш а доьлхура.
Аьчкан олхазар дIанисделла, юха а стигалан лакхене Iалашо лаьцна доьдура, маьлхан зIаьнаршлахь детталучу тIоман буьххьера серло а къегаш.
ХIуммаъ ца хилча санна, пилотийн кабини чуьра араделира стюардесса а, стюард а. Цара парггIата схьакхайкхира шайна иштта а маттаца шарделла долу дешнаш: кеман рейсан лоьмар, пилотийн фамилеш, цIераш, хенан хIоттам, ишттIа дIа кхин а.
Суна суо хьалха санна миндаран тIетевжийлаш куьйгашца къевллинчахь карийра.
Лацаделла долу куьйгаш, аьрзуно санна дIаса а даржош:
– Могуш-маьрша со хIинца дIакхачахь, кхин сан ког кеманах хьакхабаларна ца кхоьру-кх хьуна со… Кхечеран а хила магара иштта ойла. Цхьанна а билла бехк бацара. Валарний, висарний юкъахь йиснарг йоккха меттиг яцара, бIе, ши бIе метр хила мегара.
Кхин карахь хIума дац-кх адамийн, бахьанаш леладар бен. Далла тIетевжина ойла хилар а. Цуо динчунна реза а волуш. Иштта даима а хила догIур-кх адам, шайна деллачу хьекъалца. Кхин цхьа хIума а-м ду Дала делла. Дицдар. Мел хала лайна долу вуониг дицдаларца дIашардалар.
Кема Соьлжа-гIалин аэропортехь охьахиира. Синхаам шина декъе бекъабелира.
Хьалха, кеман тIера охьа ма воьссина, сихха дIахьада лаьара, тIаьхьавуьсуш санна, цхьанхьа кхин вуха а ца хьожуш.
ХIинца, лаьтта веълара охьа а воьжна, латта мара а къуьйлуш, велха лаьара, юха, вела, лаьттана обнаш а йохуш.
Иштта, дегайовхонца тIеийцира тхо хьомечу даймехкан лаьтто.
Хилларг ирча гIан санна, тIаьхьа дисира. ХIинца йисина йолу ойланаш тIегулъян езара, я лахка, цхьа а ца юьтуш, цхьа ойла а. Вицвала…
Суна со юьрта йоьдучу автобус тIехь хиъна Iаш карийра. Аэропортера автостанце кхаччалц бина некъ тидамехь а боцуш. Карахь «В горах Чечни» брощюра яра, иза ас автостанцехь ийцира, киоска чуьра, иштта, Iеминарг сайна.
Меллаша, лахара дуьйна хьалахьаьжча, юткъа-яйн IатIаран архь а етталуш, суна уллохь лаьттарг йоI яра, стомма еха чIаба а кхозуш.
Цхьа дийцалурдоцчу къайленца сан синхаам къовзийра цо. Даима а гинчех тера а доцуш.
Со хьалагIаьттира, иза охьахаийтар коьртаниг дацахь а, цуьнга хьажархьама. ГIулч, нацкъара, дехьо а йоккхуш, со цунна дуьхьала схьавирзича…
Эзар шо! БIе эзар шо! И суна евза, евзаш хилла, уллора цхьа…
– Охьахаа, – олу ас, аз а ца хезаш сайн.
– ХIан-хIа, лаьттар ю со…
Кхин ала хIума дага ца догIуш, со цIийло, юьхь йогуш хетта, цIе а летта. ТIаккха цхьаъ охьахаийта, – хьалха дагадеънарг олу ас, гондIарниш сайна гушбоццушехь. Автобус чохь тхойшиъ ду. Уьш, адамаш, Iаьржачу басаршца, тхойша – бес-бесарчу. Суна хетта иштта.
Цо а беш хета суна сан тидам, юьртарчарех тера а ца хеташ.
Йоккхачу гIалахь даьккхинчу деа шаро цхьана дийнахь дIашарлурйоцу лар йитина суна тIехь; еха кIужал-никIапа, джинсови, цу хенахь модни хеча-мача, батник, цIена, малхо багоза бос-амат…
Тхойшиъ вовшашка хьожу, леррина, суо алссам цIийвелла а хаалуш суна. Кхин дист ца хуьлуш хан дIасаозаелча, йоIана карадо ала дешнаш:
– ХIара меттиг ас хIинца цхьанне а дIа ца ло, сайна юьту, – елало, шурула кIайн цергаш гучу а йохуш.
Со тIехьа волу, уллохь латта бIегIийла а ца хетий. И йо бен кхин гуш хIума дац суна. Хьалха хьаьжча, цуьнан чIабанаш го суна, иза корехула арахьаьжча, ло санна кIайн юьхь-сибат. Малхехула лела а ца лела-те хIара, – ойла хьоду
«…Буса асар ца дойтуш…» – эшаран кийсаг а.
Ларамаза сайна хьалха нисвелларг а хета суна новкъа. Жимма ойла тиларчу яхана со сецча, иза охьаюссуш го суна, юха ца хьожуш.
Охьайоьссича а яц иза-м схьахьажа дагахь. Со цунна тIаьхьа хьаьжжинчахь вуьсу, аракхевддинчохь.
Автобус дIайолаелча, жим-жимма ойланашка а волий, кхачам боллуш йицло суна йоI.
ЦIакхаьчча, цIахь дерг, боккхачу яйх тера хуьлу, кхехкаш болу. Юха, бухахь йогучу цIеран сийна кIур а, яйна тIера гIуьтту юькъа Iаь цхьана а етталуш. Да-наний, йижарий-вежарий, гергарнаш… Цхьаберш хазахетаран белхарца марабеттало… хаттарш, хаттарш, хаттарш…
– ХIинца хIун дан дагахь ву? ХIун лело? Стенга, мичхьа?..
– Собарде, хIей, собар. Шу ма сихделла, цIакхаьчна валийта, садаIийта…
– ХIинца со хIумма а дан дагахь вац, къайлавала воллу, цхьа а ца гуш, вицвала, суо виса…

– Эсс-сай. ДIавалахьа, жима кIант, гучувервара хьо-м. тхох ваьлла стенга ваха воллу… вукхара а бехира иштта…
– Со иштта ма вац, кхечарех тера, – велало хIара.
Ойланаш хIорангахь шег-шеггахь юьсу. Массарна а шайн хьажамех терра хIуьтту суьрташ хьалха. Амма доккхачу ловзаргахь басарш цхьана-м уьйр ду.
Иштта, доккхачу ловзаргахь Iаш а хуьлу хIорш, хIинца-м луларчу гIалахь. Ловзар тоделла дIадоьдучу хенахь, Салманна юххехь хиъна Iаш кхуьнан ден шичин кIант а волуш, тIейогIу цуьнан нана (десте).
– Шуьшшиъ соьца цхьана метте ван веза, гIаттал ши кIант, ший а…
– Уой! Ловзар тоделлачу хенахь…
– ХIумма а дац, хIумма а… Шуьшиъ ца веъча ца волу, суна чIогIа оьшу….
– Дика ду делахь, гIур ду-кх, ахьа бохург ца дича волий тхойша.
ХIорш машен тIехь юханехьабогIу, цIехьа боьдучу новкъа. Шайн юьртах тIех бовлу, кхечу юьрта кхочу. Цигарчу ловзаргахь цхьацца хаттарш а дой, схьаеанчу ден шичин кIентан нанас шопаре кхин а дIадаха деза олу. Цу юьртахь ток яц. Iаьржачу бодано дIалаьцна хуьлу юрт. Машенан стогарша серлабоккху некъ, цхьадолу цIенош, керташ, наггахь ира серло стигала хьала а кхета.
Доккхачу кевна хьалха сацайо машен. Мохьбетта зудчо, хIара шиъ куьйга-эшарца тIехьатоьтту. Дуьхьалбевлачара хIорш чубуьгу. ХIара шиъ хьешан цIа чу, зуда рагIу кIеларчу зударий болчу.
Хуьлург, лелориг хIун ду ца хууш, тIаьхьа ца кхуьуш, цхьацца юкъ-кара дага деъ-деънарг олуш хIара шиъ Iачу хенахь, карахь цхьацца шун а долуш чоьхьайолу ши зуда, аьлча а, хьалха зуда, тIаьхьа йоI.
Цхьа бен а доцуш Салмана бIаьргаш хьалахьажийча… Иза… И йоI… Автобус тIехь гинарг. Юха а ца хьожуш дIаях…
ХIара ший а цецдолу. Цамоьттург, цатешшал цамоьттург… Боккъалла а…
Даима а евзаш, евзина хилла… БIе шарахь, бIе эзар шарахь…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика