БОРХАДЖИЕВ Хожбаудди

PDFПечатьE-mail

                                            Пен


Карагандара хьеший цIевзинчу шелонца тIеийцира Акмолинск-гIалано. ХьасангIар доьзалшна леринчу юкъараIойле дIатарбира Серика.
Сих-сиха Гуля а йогIура кхаьрга хьошалгIа, ша мел йогIу юургаш чохь йолу боккха тIоьрмиг а бохьуш. ДIайоьдуш, кIез-мезиг сом-ком дитаза а ца йоьдура.
Цу тIехь дIа ца доьрзура Серика кхеран ден дола: Хьасанна балха тасавала а гIо дира цо. Контора гIалина йисттехь яра. Ваха-ван аьтто бацаре ца хьоьжуш, денна 5-6 чаккхарма некъ дIаса а беш, балха лелара Хьасан.


КIиранах цкъа кехаташ а яздора цIа. Кехат чудиллинчу конверта тIе даим а «ДIадеххалц» олий, яздора.
Ткъа цигахь, Карагандахь, Бауди ша паспорт а дохьуш вогIура почте кехаташ схьаэца. КIанта лелочунна реза-м вацара иза, амма деган кIоргехь и дика дIадерзаре догдохура. Делахь а… теша хала-м дара цунах, къаьсттина БашаевгIара тIаьххьара нах бахкийтинчул тIаьхьа. ЧIогIа гIиллакхе доцуш а, маьттаза а дара церан лелар. Ерриг куп а кхардош гIовгIа йора, Элиса схьа ца лахь, доь дойур ду шаьш шун бохуш.
Атта собарх ца вухучу Баудин а урх хецаелира…
– ХIай нах, дIайохаел хIара базар! Шу мила кхеро гIерта?! Шуна моьттарш дац тхо а, дукха гина, дукха лайна кхул халаниг а. Суна а везара сайн кIант сайн куьг кхочехь, амма суна а ца хаьа-кх, иза мичахь ву. Гучувалахь – цхьаъ дийр ду. Цу тIе даьлча, шун йоI а яц цхьамма а бертаза текхош йигна. Шен везачу стагаца, шен беран деца шена яха лаьа дера едда и шух. Ас ца аьлла олу даций шун, нагахь сан хьашто йолчу стагах шу бахьанех цхьа сингаттам Iотталахь, жоп луьра дала дезар ма ду шун…
ХIусамден и оьгIазло ган кийча ца хилла хьеший дIабаха сихбелира.
Цул тIаьхьа дуьйна кхин хабар а дацара цаьргара.
Шен кехаташкахь Хьасана яздора дахарехь шен меттиг шена карорах лаьцна: болх беш ву, накъостийн а, доттагIийн а ларам а, терго а ю.
Баудина хаара, шен кIант кхана-лама гучувервуйла, хетарехь, доьзалан да а хир ву и цу хенахь. Баудина теша лаара, кеста дуьненчу вала везачу оцу доьзалхочо БашаевгIеран оьгIазло яшор хиларх.
Хьасана ша волу меттиг хIинца а къайлехь латтайора. Шен кIант ган мел лаахь а, хIинца а хьалхе хиларна къера вара Бауди…
Ткъа цу хенахь шайн Даймахка юхаберза бакъо елла нохчий цIаберза кечамаш беш бара. Уггар собар доцурш Даймехкан хIаваах кийра Iабо кхиънера. Амма цигара схьахеза хаамаш а дог хьостур долуш бацара. Шайн дай баьхначу меттигашка дIагIертачу нохчашна дуьхьалойора меттигерчу Iедало а, кхеран керташкахь бехачу наха а. Амма дукха шайн Даймахках хьегна нах, белла а, бисна а, шайн цIахь биса лууш бара.
Шен кхузара ков-керт дIа а доьхкина, шен йийбарх шад а бина, генарчу, амма дагна гергарчу Хьалха-МартантIе восса сацам болуш вара Бауди а.
Февраль бутт бовш БашаевгIаьргара хаам кхечира, Элиса цIахь ю, амма нахана юкъайолуш яц аьлла. Ткъа лулахоша кеп-кепара дуьйцура: цхьаболчара йитина еана ю олура, вукхара – могуш йоцчу нене хьажа еана ю бохуш дуьйцура.
Йоьхначу ойланца почте вахара Бауди, цунна хаара цигахь кIантера деана кехат хир дуй. Ишта дан а дара. Хьасана яздора Элисас Белитица зIе латтор, цо язйинера йоIе нана цомгаш хилла, дийно-дийно кIелъюьсуш хилар…
Шен уггар а гергара адам – нана йолчу ца йогIуш ца Iаелира Элиса а. И шиъ даим а кхета ма кхетара вовшех, амма цаьршинна лааме ладугIуш цхьа а вацар-кха…
Бауди а вахара, Табарк а юьгуш, цомгашчунна тIехIотта, амма и шиъ кел чоьхьа а ца далийтира… Элиса гар а ца хилира, ненан коьртехь Iаш йолчу цунна тIе хIара шиъ кхочийла дацара. Март бутт юккъе боьдуш кхечира Хьасан. Шайн кхидIа долу дахар къаноша листаре дегайовхо йолуш вара иза. Элиса а яра йожжа йоллуш. Цунах а цхьа маслаIат хиларе сатуьйсура.
Цомгашниг кхин метта ца йогIуш, кIиранах кхетамчуьра яьлла а лаьттина, март беттан тIаьххьарчу дийнахь кхелхира. Йиситина доьгIна ца хиллера, кхойтта шо хьалха ша къастийначу Даймахка юхаерза. Казахийн лаьттахь бусалба кешнашка дIайоьллира иза.
Амма СаIидан дагах бина буто ша хIусамнана кхалхаро а ца башийра. Кхи а тIе даргIавуьйлура иза, бахьана долуш-доцуш йоьIан кочагIертара. Элиса кхетара, ша больницера ядар дега шена геч ца далой.
Къасттина СаIид чуьравуьйлура несаца Белитица къамел хиллачул тIаьхьа.
– Мел хан ю цуьнан йисина? – хаьттира цо.
– Цхьа бутт, ахбутт.
– Сан баьрчехь Iабдуллин тIаьхье кхиор ю бохург бакъ дац! И хила йиш яц! Иштта дIаэр ду ахь и цуьнга!
– Шен маре дIайохуьйтур юй ахь и? – кхоьруш, хаьттира Белитас.
– ХIун маре?! Со сайн хIусамнанна тIаьххье эхарта хьажо дохку шу?
– Дада (иштта йоккхура Белитас марден цIе), кхетош алахьа, хьуна хIун лаьа, ас Элисе дIаэр ду ахь бохург.
– Бер дуьненчу ма-делли, шен долчаьрга дIалур ду ала, шайна луъург дер цара цунах.
– Дада, и… Далла хьалха а къилахь ма ду, – Белита цецъяьллера шен майраллех.
– Со Iамо гIерта хьо? Нахана беламе дерг дац ткъа къилахь? Сох белам бан арадевлла ду шу! Ас аьлларг хир ду, цул тIех аша цхьаммо а ког а боккхур бац!
– Дика ду… дика… со дIаяха мегий? – кхоьруш, хаьттира Белитас.
– Хьажа хьайн гIуллакхе, тахханехь йоIах и хабар дIа а тоха! Кхийтин хьо?
– Кхийти.
Марда волчуьра арайолу Белита учахь Элисина тIеIоттаелира. ТIехь бос бацара йоIана: дерриг а хезнера цунна…
Цу буса набаран суй ца бира Элисас. Коьрте ца догIуш хIума ца дисира: ирхъоллаяларна тIера, оцу доьзалхочух хьалхаяларна тIекхаччалц… Амма эрна олуш ма дац: Iуьйрана йина ойла суьйрана йинчу ойланал тоьлаш ю. Маьлхан хьалхарчу зIаьнаршца уьйтIа яьлла Элиса ехха Iийра, хьажар стигла а доьгIна, ойланаш еш. Дикка хан яьллачул тIаьхьа цхьана коьртачу сацамна тIееара иза: «ХIуъу хилча а дийр дац ас Далла гергахь къилахь долу хIума. Шен рогIехь дIадахийта хIара дахар а, амма ойла ца еш, гIалаташ дийр дац. Хьасана а гечдийр дацара кхунна, шех дага а ца йолуш, цхьа галдаьлларг дича…»
Кхин а бутт гергга хан елира Элиса шайн беа пенан тутмакх хилла Iаш. Ков-кертахь дечу дезарех шен ма-хуьллу хIара ларъян гIертара Белита. Цкъа ишттачех цхьана суьйрана кхунна вон хилира. ЧIогIа вон… Амма СаIидан больницашка болу цабезам хууш, и хьахо цхьа а ца хIоьттира… Лулара зуда а кхайкхина, схьаийцира кIант. БархI бутт кхочуш дуьненчу даьлла бер дийна хиларан цхьа а билгало хаалуш дацара… Йисита дIайоьллина бутт кхочуш, цуьнан коша барза уллохь кхин а жима барз хIоьттира, улло гIаж йоьгIна а йина билгало а йоцуш…
Дуьненчу дала а кхиале кхелхинчу беро ойла йожийнера массеран а, амма СаIид кIадвала гена дара. Дала шех бина къинхетам бу аьлла, тIелецира цо и.
Шен дахар кхидIа Казахстанан лаьтта тIехь дIадахьа дагахь вацара СаIид. Дикка хан яра цо шен ков-керт луларчу Микаэл цIе йолчу немцочунна дIадохка бартбеш болу. Мелла а сиха кехаташ а кечдина, шен йийбар тIе а гулйина, Москва йоьдучу цIерпоштаца апрелан тIаьххьарчу деношкахь Караганда-гIала дIатесира БашаевгIеран доьзало. КхидIа цаьрга хьоьжура генара Кавказ. СаIид шеквара цIаверзар мелла а халонашца доьзна хирг хиларх, къаьсттина Соьлжа-ГIалин бахархойн. Амма хIетте а, АбдуллаевгIарна гена хилчахьана хIуъу хало а лан резавара и…
Суьйре яра, цIерпошт Акмолинске кхочуш. Шаьш цига кхочу аьллачу хаамо йовхо хьадийтира Элисин даге. Корах арахьаьжча гург евза вокзал яра… евза яххьаш а гира… Дог чехкка деттадала доладелира. Кхунна ца хаара, Хьасан стенгахь ву. Шена тIаьххье Караганда дIавеана аьлла хаза-м хезнера кхунна и. Амма и цIахь ца хилча а, кхузахь кхеран дика накъостий бара. Цара гIо доцуш юьтур яцара… Амма… Дехьара гучуваьлла да, схьа а веана, улло охьахиира. Цхьа буьрса и шега схьахьаьжча, дегIе зуз хьаьдира Элисина…
Репродуктор чухула схьакхайкхийра: «Алма-Ата – Москва» поезд дIайоьду», – аьлла… Вагон меллаша тоха а луш, дIайолаелира цIерпошт…
Элиса, бIаьрхиш саца а ца делла, елха йолаелира. Дуккха а йилхира иза. И теян гIертачу Белитега а ца совцалора бIаьрхиш. И шиъ цхьаьнахенара яра, дош аьлла а ялале вовшех кхета а кхетара. Цкъацкъа Белитина хетара, Элисин доьхначу дахаран некъ шен даг чухула а чекхболуш санна, цуьнан даг тIехь санна, кхуьнан даг тIехь а чевнаш а юьтуш. Амма ма генахь вар-кха кхеран сингаттамна СаIид, ма кIеззиг гIайгIа йора цо кхеран! ХIинца а, доккха са а даьккхина, толамхочун хьажарца кхаьрга бIаьрг а кхарстийна, дехьавелира иза…

***
Хьасанна БашаевгIара лелош дерг хууш хиллехь а, амма хIумма а дан йиш йоцуш, гIорасиз вара.
Элиса дIаяханчул тIаьхьа цхьа тамашийна дассаделла хийтира цунна шен са а, дуьне а, цуьнца цхьаьна даиманна а шен Даймахка юхаверза лаам а гIаьттира. Карагандахь а, Акмолинскехь а шен дика накъостий белахь а, балха тIехь лакхавала аьтто а, лерам а шен белахь а, и дерриг дицлора шен ирсечу бераллин суьрташ дуьхьал ма-хIитти. Къаьсттина дуьхьал лаьттара ша дийнахь сарралц доттагIашца ловзуш лелла Марта-хин бердаш.
Хьасанна хаара, Элиса цIахь каро хала хир дуй. Амма шен лехамаш Соьлжа-ГIалара дIаболо безаш хиларх чIогIа тешара, цIера арадахале уьш цигахь Iийна дела.
БашаевгIар дIабаханчу шолгIачу дийнахь церан керта хIоьттира Хьасан. Кхузахь хIинца Украинера схьакхалхийна немцой бехара. Цу дог цIенчу доьзалехь кхуьуш пхийтта шо хирдолуш йоI яра, махках даьхначул тIаьхьа дуьненчу яьлла. Нохчаша юьхьанца дуьйна гергарло леладора немцошца. Кхолламаш цхьатера хилар хир дар-кха иза. Церан матте ладугIуш хазахетара Хьасанна. Шаьш Iачу меттехь чIогIа цIано а латтайора цара…
Хьасанан керта ма-велли тидам хилира: цхьа масех де хьалха нехан хиллачу кху кертахь зезагаш дуьйш йоллура Инга цIе йолу немцойн тIах-аьлла зуда...
Хьасан Микаэлца чай молуш Iара, амма дог сингаттамо дуьзнера: кхузара массо а хIума Элисица доьзна дара. ТIаьхьарчу хенахь цуьнан дахар хала хиллий, кхузахь и ирсе ца хиллий хаара кхунна, яла йоллучу нанна а, кхаьрца цкъа а хьасене ца хиллачу дена а уллохь декъаза денош текхнера йоIа. Ткъа хIара хийла и хиъна Iийначу стоьла йистехь Iара, кху тIехь яздина хир цо кхуьнга кехаташ а, кхуо дезчу хIайкалел а лардеш, жимачу чамди чохь Iалашдеш долу. Хьасанан ницкъ ца кхечира уьш даго я этIо. Микаэлна гора хьаша шен ойланийн йийсарехь хилар, новкъарло ян ца хIуттуш, тийна Iара иза…
Эххар а, Iодика а йина, аравелира Хьасан. Цунна хаара, ша кхуза кхин цкъа а вогIур воций… Цу дийнахь кешнашка а вахара иза, жимачу борзан коьрте уьнан коржам юьйгIира, «Абдуллаев Мохьмад», аьлла цIе а язъеш…Хьасанна чIогIа лиънера шен кIантана тIаьххьарчу пайхамаран цIе тилла. ХIинца тиллир-кха… Ткъа вина а, кхелхина а терахь цхьаъ дара «I957-чу шеран 27-гIа апрель»…
Хьасанан дукха сатийсамаш бара оцу кIантаца боьзна. И тешна вара, цо шайна юкъахь маша бузур хиларх. Амма…

***
Колхозехь сий-ларамца тIеийцира Хьасан. Дукхахболчарна бевзара кIентан декъаза кхоллам. Къахетара кхунах. ХIара дIакхаьчначу шолгIачу дийнахь Серик кхечира конторе. Маракхетта, дIаса а хьовзийна, вистхила дIакхайкхира цо Хьасан. Къамел забаре хирдоцчух кхета хала дацара.
– Вайшин къамелан чулацам преседательна бевзаш бу, цхьадолу хIума цуьнца къастийна а ду. Амма ахь цхьа хIума алахьа соьга: хьо хIара меттигаш дIатаса дагахь-м вац?
– Цунах лаьцна къамел деца хилаза ду сан, амма дог тешна ала ваьхьар ву со, цIа ваха сацам хиллачух тера ду цуьнан, со а ву-кх и дагахь…
– Кхузахь хьо сецош хIумма а дац?
– Муха дац? Ду дера… амма цIа ваха лаам сов бу-кх…
– Сан доттагI, со кхета хьоьх: амма хьан хьолехь хьалхарчу рогIехь цхьалхадаккха дезарг хьайн дахаран галморзахаллаш дIанисъяр ду. Хьуна хаа ма хаьа сан хьоьга болу ларам, сайга далучу кепара хьуна гIо-накъосталла дан со гIертар а. КхидIа а лаьа суна иштта хила, – Серика сих а ца луш, шега ладугIучун хьажар лаца а гIерташ дора шен къамел. – Хьуна хаа деза, Даймахкахь хьо тIелаца бух а кечбина, хьуна мор а баржийна Iаш цхьа а цахилар: шайн мискачу хIусамийн дай хила гIерташ бухахь Iачаьрца дов лело дезар ду шун. Болх каро а хала хир ду цигахь, ткъа коьртаниг…
Серик, хьала а гIаьттина, кабинет чухула волавелира. Кху карзахечу ламанхочун дог кхоордолу дешнаш лоьхура цо.
– Ткъа хIун ду коьртаниг? – хаьттира Хьасана, кхидIа цо эрдолчух са а кхуьуш.
– Суна хала ду цунах лаьцна дийца, хьан чевнаш даръя ца лаьа суна. Амма хьо стаг ву, ламанхо ву хьо, шун яхь а, юхь а чIогIа хуьлу… Хьасан, суна хьо цIа ваха сихвала веза аьлла ца хета: хьан бераллин туьйрано а, дайн кешнаша собардийр ду, уьш хIинца хьоьгара цхьаммо а дIадохур дац. Элиса а хьоьжур ю хьоьга. Цкъачунна цуьнан дас чIогIа ларйийр ю и хьоьх…
– Серик, хаа дезара хьуна, ахь мел хьахийначу оцу хIуманийн мел ницкъ бу, цара со мел тIевоьху!
– Со дерригенах а кхета. Амма уьш цхьанхьа а гIур дац, хьоьх девр дац. Хьо хьайн са дохка я Элисина тешнабехк бан воллуш ма вац. Ткъа Элисех лаьцна аьлча… Нагахь цунна хьо боккъал а везахь, и хьоьжур ю хьоьга. Ткъа хьо цIа вахча а, сихха хьайн гIуллакхаш листалур ма дац хьоьга. Хьайн Iалашоне кхача кхузахь аьтто сихох хила там бу хьан, цигахьчул а.
– Масех эзар чаккхарма генахь ас муха луьстур ду и гIуллакхаш?
– Ахь айхьа ма олура хьан стунда ахчанца я даржаца бен эцалур вац.
– Олура. Иштта дан а ду иза-м.
– Ткъа иза а, я важа а цIахь хир ма дац хьуна, кхузахь, Акмолинскехь, аьтто хир бу-кх хьан, и кхочушда.
– Ткъа муха?
– Цунна ду со хьо волчу вар а. Цкъа-хьалха, со декъалве керлачу даржаца: селхана дуьйна со комсомолан обкоман шолгIа секретарь ву, ткъа обком, хьуна ма-хаъара, кадрийн пхьалгIа ю. Ас хьоьга кхойкху комсомолийн балха юкъа, айса хьайна мукъаяьккхина белхан меттиг дIалаца.
– Со магор вуй-те цу балхана? Нохчо ма ву со…
– Магор ву. Жим-жимма хьан махкахой куьйгаллин даржашка тоьттур бу вай. Цхьанхьа вузе деша тасалур ву хьо. Хьо кхетам болуш ву, кхоллараллин ю ойланаш а. Колхозехь комсомолийн жигархо а ву. Хьан оьрсийн маттахь йолу байташ зорбане йийлина, хIинцале дуккхаъчу нахана еза а елла.
– Муха? И суна хууш ма а дацара. Хьой, Гулий доцчунна, уьш ас гайтина а ма яцара.
Серикан самукъаделира. Къамел шена оьшучу хорша доьрзуш хийтира цунна.
Кисанара газет схьа а даьккхина, стоьла тIе диллира цо. Хьасана яздора областера «комсомолка», амма тIаьхьара лоьмарш кхачаза яра цуьнга. «Комсомолец байн-лаьттахь» цIе йолчу газетан тIаьххьарчу агIон тIехь кхуьнан стихаш яра. Цара дуьйцура безамах, доттагIаллех.
– Баркалла, Серик. Суна доккха совгIат ду хIара. Сайн кхолламехь ахь дикачу агIор дакъалацарна ас баркалла боху хьуна, – Хьасанна тайнаре доттагIчун терго, цо дуьйцург тIелаца кийча а вара хIара.
– Дика ду, вайн бартхилла лорур вай. Кхана Iуьйрана сайн кабинетехь хьоьжуш хир ву со хьоьга. Дика дуй? – аьлла, куьг кховдийра Серика.
Хьасана ондда къевлира доттагIчун куьг, колхозан председателе вистхила везар а къадош.
– И вай хIокху сохьта дийр ду, – тохавелира Серик, учахь шайга хьоьжучу председательна дуьхьал а волалуш.
– Сергей Леонидович, бехк цабиллар доьху хьоьга, амма хьан пурбанца хIара къона говзанча дIавоккху ас хьоьгара. ХIара комсомолана оьшу, кхуьнгара пурба а ас даьккхина.
– ХIун дийр ду тIаккха, болх бан а, коллектива юкъахь барт латто а хуучу стагах къаста даим а хуьлу-кх хала. Оха Хьасан лорура, тхуна эша а оьшура хIара, амма вайн юкъарчу гIуллакх дуьхьа дIало-кх оха шуна... Керлачу меттехь тхаьш кхунна дицлур ду аьлла ца хета суна…
Комсомолан обкомехь Хьасан тIеэцар мелла а сакхе дара, амма уллохь Серик вара. Дуьххьарчу кхеташонехь вовзийтира цо Хьасан «обкомхошна». Массара а декъалвира Хьасан керлачу балхаца. Шен рогIехь, кхуо а хаийтира ша хьанала къахьега кийча хилар. Белхан декхарша воха а ца вира хIара: колхозашкара комсомолийн ячейкаш тIехь тергам латто дезаш вара Хьасан. Ишттачу цхьана ячейкин комсорг вара Хьасан ша колхозехь болх бечу хенахь, кегийрхошлахь дикачу цIарца а вуьйцуш.
Кабинетехь йолчу белхан телефонехула деца къамел дира кIанта. КIентан кхиамех Бауди воккхаверан доза дан а дацара. ЦIа дахар а хьахийра, гурралц собардан а сацийра. КIентан безам шелбаларе а, БашаевгIаьрца долу гергарло ширдаларе а догдохура Баудис. Цунна дицдала ца туьгура , цара ша Табаракца цомгашчу Йисите хьажа вахча керта цавитар.
Ткъа оцу къамелехь уггар коьртаниг дара дас аьлларг: «Кху шарахь гIуллакх ца хилахь, тIедогIучу шарахь даха а мегар ду цIа. Хьайн белхан меттиг ларъе ахь. Накъостийн агIор а аьтто хилла хьан…»
Хьасан шен керлачу балхах сиха вуьйлира. Сих-сиха колхозашка дIасавахар нислора, кегийрхой схьа а гулбой, цаьрца дехха къамелаш дора. Къаьсттина там хуьлура шен махкахошца къамел деш, цара а ца лечкъадора кхунах шаьш дозалладар, хIара шайн хетар…
Цхьана дийнахь почталелочо кехат деара. Шен бIаьрг ма кхийтти девзира Хьасанна Элисин йозан хатI. Сихха даьстира Хьасана конверт. «Маршалла, Хьасан, сан хьомениг…». – Элисас шаьш стенгахь, муха дIанисделла дIадаханчу юьххьехь шайх Iиттаеллачу халонех яздора.
Цо дийцарехь, хIорш бехачу Соьлжехь хIинца кIеззиг бен нах цIа бирзина ца хиларна, кхара дIа мел долийна хIума дуьхьалдоккхура кхарна. Дас, хала а, атта а, шен кертан цхьа дакъа схьа а даьккхина, дIанисбеллера хIорш. Дисина декъа юхадерзаре дог а дохура.
«ГIаддайча, мах белча схьаэцадала там бу иза…», – яздора Элисас. Кехатан чаккхенехь дара уггар а коьрта, маьIне могIанаш, ша хьоьжур ю, юха а цхьаьнакхетаре са а туьйсу, бохура цо…
Цул тIаьхьа Хьасане сих-сиха кехаташ кхочура Соьлжа-ГIалара, амма дуьхьал дохьуьйту кехат «ДIадеххалц» аьлла, билгалонца хила дезара. КIиранах цкъа почте йоьдура Элиса, ткъа цул тIаьхьа, ца Iебаш, юх-юха доьшура везачун кехаташ. Цкъацкъа кехаташца цхьаьна газет тIера схьахедийна агIонаш а карайора, тIехь Абдуллаев Хьасан автор волу байташ а йолуш…

***
Август беттан цхьана суьйрана Хьасан шайга кхайкхира Серика. Чай молуш Iаш, къамеле велира.
– Шун «фронтехь» хийцам болуш хIумма а дуй? ЦIа даха-м ца гIерта шу?
– Кху шарахь-м доьлху куц дац.
– ХIусамнана хIун деш ю? Къар-м ца елла хIара?
– Кехаташ яздо. Хьоьжуш ю…
– Цуьнан да дийна мел ву хала хир ду хьуна, цуьнца ваха хаа. Шозза некъ хадийна ахь цуьнан. Хала амал йолуш волчу цо хIуъу а дийр ду, и кхозлагIа ца хилийта.
– Хаьа суна. Цул сов, Баудига кехат кхаьчна СаьIидера. Элисех дог дилла бохуш яздо цо. Долчул а коьрта ду, соьга и шарIан Iедалехь и юьтуш кехат язде бахар.
– Ткъа хьо? – серлавелира Серик.
– Дагахь а-м вац, – хаддам боллуш элира Хьасана.
– Хьажал хьо, сан доттагI, хьо къона ву, сиха ву, хьан ламанхойн аьрха амал даим а яц нийсачу сацамца йогIуш. Айхьа Элисина ирс лур цахиларх кхета мукъне а кхетий хьо? Шун уггар а ирсе денош аша Акмолинскехь даьхнарш ду моьттуш ву со, иза а истори а хилла дисина. КхидIа? Юха а дов кIамдан воллу хьо?
– ХIан, дика ду, ца язди ас цуьнга кехаташ, херди гергарло. И некъ буй тIаккха кIелхьаравала? Ткъа иза-х соьга хьоьжуш ю, дегайовхонца ехаш ю. Ткъа ас и дIакхосса еза? – Хьасан хаттаре ваьлла ца Iаш, доттагIчун хьехаре ладоьгIуш а вара…
Серик кхетара хьолан экамаллех, ишта а догъIаьвжинчу доттагIчунна бохам бан а кхоьрура.
– Ваха дезаш верг а хьо ву, нийса некъ а хьуна каро беза. Амма ахь цуьнан I8 шо бен цахилар ма дицде, хьо везар, хьо ларар доцург, хьох бала а ма хилла цунна. Цкъа мацца а, халонаша гIел а йина, къаръя а ма тарло иза… Кхин а… Суна хаьа, хьан дега СаьIидера кехат деаний, цуьнан чулацам а бевза…
– Царах муьлхачо хаийтина хьоьга и, хIун гIо дехна хьоьгара?
– Хьуна ца хаьа, сан номер хьаьнгахь ю? СаьIидаца сан къамел доца хир дара, амма хьан деца дикка Iийра тхойша къамелаш деш…
Кхара дийцинчух шекволчу Хьасана элира: «Цо хьоьга суна тIеIаткъам бар дехна…»
– ХIаъ, иштта дан а дара. Бауди кхета хьан цу нахаца барт хирг цахиларх, цаьрца доьзна ирс хирг цахиларх.
– ХIа-а-а, – дахдира Хьасана, – дерриг а дуьхьал ду-кх шу суна.
– Соьга боху ахь и? – бехк баккхарца хаьттира Серика.
– Гечдехьа, ваша, ца хууш делира… Хьан белшан йовхо а, тешам а суна даим хаабелла. Амма кху хьолехь коьрто дика болх ца бо-кх сан…
– Суна хетарехь, цкъа хьалха жимма самалхадаккха деза. Хьан, со гал ца ваьллехь, кестта вина де ма ду?
– ХIаъ, кху деношкахь ткъа шо кхочу. ХIунда бохура ахь?
– Вай кхана Iуьйрана Караганда доьлху. Мукъа денош цигахь дохур ду вай. КIирандийнахь ресторанехь хевшина Iийр ду – бахьана вайн долуш ду…
– ХIун бахьана?
– Розин йина де ду. Ойла ехьа, цуьнан а ткъа шо кхочу! Ший а юбилей цхьаьна дазда мегар ду.
– Со-м хIун дара…Амма хьан йиша хьакъ ю и де мелла а хаза билгалдаккха.
– Дика хир ду. Iуьйрана схьавогIур ву со, кийча хила. Кханнехь хьан деца а къамел дийр ду ас…
Баудица къамел доца хилира.
– Серик, сан кIанта лору хьо, ахь шена мел динчуьн хама а бо. Сайн лаам ахь дIабовзийта лаьа суна. Хьасан хIинца а шен безаман йийсарехь ву. Элисина ала хIума а дац сан-м, тайна стаг ю иза, тхуна чIогIа дукха а еза. Амма цуьнан да… Дешахьа хIара цуьнан кехат… Муха лелор ду хIокху стагаца гергарло?! – ца кхетара Бауди.
Серика сихха бIаьрг кхарстийра тетрадан цхьана агIон тIе яздинчу кехат тIехула.
«Суна шу ган а, хаза а ца лаьа. Вайна юкъахь цхьана а кепара гергарло хила тарлуш дац! Сан йоI шуьга со дийна мел ву юхайогIур яц. Тоьлаш хир ду, шун кIанта шарIан Iедалехь сан йоI йитича…», – яздора СаьIида. Даррехь кхеран яхь меттахъяккха гIертара иза.
– ХIун олу ахь, Серик? Оцу стагаца цхьана а кепара уьйр лелайойла дуй? Суна хетарехь, вай цхьаьний тIедирзича кхетаме валалур вара вайга и кIант. ХIара кехат гайтахьа цунна, шегга дешийтахьа, цхьана сацам тIе вогIур вацара те…
– Хьожур ву со, хIун дало. Со хьайн накъост лара мегар ду хьуна…
Серика, Хьасан дехьа чу дIа а кхайкхина, кехат дIаделира. КIентан сихвелла чухула дIасахьийзарх а, юхь хийцаяларх хаалора, и цхьа сацам тIеэца кийча хилар. Кехат кисана а диллина, парггIат, сих а ца луш, элира цо:
– Вай сихдеш цхьа а ма вац, схьахетарехь? Цхьана-шина кIиранчохь, Элисица кехаташ а дIаса а дахьийтина, жоп лур ду ас шуна… – ТIаккха жимма соцунгIа а йина, тIетуьйхира, – тIаккха ас сайн тIаьххьара дош эр ду. Кхиэлахочунна хьалха санна…
Баудис кевне кхаччалц новкъабехира хьеший. ЦIахь ша ши де доккхур дуй хаийтира Хьасана, тIаккха, машена хаале, дегахьа вирзира:
– Бади (иштта йоккхура кIанта ден цIе), хIуъу хилахь а, БашаевгIара хьан дог этIор дац хьуна. Цунна ас дош ло хьуна. Со бахьанехь юьхьIаьржа а хир вац хьо, суна массо хIуманал а деза вайн сий ду.
Баудис корта охьабахийтира, амма Хьасанна гира цуьнан бIаьргаш тIунлуш…
Шоьтан де Хьасана гергарчаьрца а, доттагIашца а даьккхира. Кешнашка а веана, жимачу борза уллохь вехха хиъна Iийра иза. Кхузахь Iуьллура хIара Элисица возуш хилла долу кхуьнан уггар а деза адам. Кхуьнан кIант… Йоккха цIе а тиллина, ша дIакхехьа рицкъа ца хилла эхьан томмагIа доцу дайн цIе а йолуш…
«Кеста тхо гуттаренна а дIагIур ду кхузара, амма кху хийрачу махкахь сих девлла догIмаш Iохкур ду… Кешнийн Iуналла деш цхьа а хир вац… Къух даьлла лаьттина баьрзнаш хенан йохалла лаьттаца дIашарлур ду… И дерриг а сан къомо лайначу кхойтта шеран Iазапан тIаьхье хир ю…», – ойланаш йора Хьасана. Ойланаша генарчу Нохч-ГIалгIайчу витира кIант…
«Миска Элиса, муха йоллу-те хьо цигахь?», – шена дуьхьал лаьттачу хьомсарчу гIаларте хаттарш дора Хьасана.
«Хаа дезара хьуна, вайшинна кхолламо хIун кечдина… Хаа дезара хьуна…», – гIайгIанечу ойланашца кешнийн кертара аравелира Хьасан. Цунна хIинцале хаара, ша ши-кхо кIира даьлча дега хIун эр ду…
Суьйрана Серик тIаьхьа а веана, цуьнца больнице вахара кIант. Хьасан учахула меллаша волавелла № I8 йолчу палати неIаре вахара. Процедурийн кабинетан неIарх пIелг туьйхира. «Чудуьйла!» – хезира чуьра схьа. Цхьана а озаца хийцалур дацара и аз… Роза ша яра. Цунна Хьасан вевзира, мохь тохазза йисира иза: «Хьо вац и, нохчийн Ромео?!»
Наггахь телефонехула дистхуьлура хIара шиъ вовшашка, цундела Розина кхуьнан гIуллакхаш дика девзара. Серика а дуьйцура хьал-де…
– Иштта вон ду хьал? ХIун гIо дийр дара-те вай хьуна? – хаьттира Розас. Гуш дара, и далархьамма делла хаттар цахилар.
– Баркалла. Хьан гIиллакхан доза дац. Амма Соьлжа-ГIала гена ю. Вайна мел лиъча а, хIума далур дац вайга. Элисин да бертавагIахьара-м, вайн довдар карладаккха мегар дара вай… СаIидера кехат кхаьчна тхоьга, аьшнаш до цо тхо… Суна-м ца хаьа, цунна къурд а бина, муха Iийр ву а…
– Аша хIун жоп делла цунна?
– Сих ца дала сацам бина. Жоп дала хан йолуш ю.
– ТIаккха, вай цкъачунна мукъа ду-кх? Сан цхьа хIума ду, со хIинца балхара йолуш ю, оршотан де кхаччалц мукъа ю. Кино гIо вай?
– Мегаш ду. ХIун фильм ю?
– ЧIогIа хаза фильм ю, «Заречни урамехь бIаьсте» цIе йолуш. Романтикашна йогIуш ю. Суна цкъа гина и, тхан коьртачу кинотеатрехь дийнна кIиранах гайтира. Ткъа тахана а, кхана а кхузахь, Михайловкехь, гойтуш ю. Доьлхий вай?
– Хазахетарца!
ХIорш машен тIе боьлхура, Серик кевнехь лаьттара. Тохара санна… Хьасан цIеххьана сецира: «Со муха воьду хазалла яла йоллу къона казахийн йоI улло а яьккхина клубе, цигахь хIора шолгIаниг лулахо я гергарниг ма хуьлу? Ткъа сан, Элисин а юкъаметтигаш массарна а евзара… Нахана дийцар дер ма ду: хIинцца-хIинцца кIант дIа а воьллина, зуда Нохчийчу дIа а хьажийна…»
– Роза, Серик, Гулий дигий вайшимма, кино хаза а хилча?
– Мегар ду…
Серик Гуля а ялош веара, тIаккха хIорш диъ цхьаьний Михайловке дахара. Кинотеатр хьалха йоккха гIовгIа айъеллера – дукханна а билеташ ца кхаьчнера…
– Клубан доладархочунна тIе ца вахча гIуллакх хир дац, суна собарделаш, – охьавоьссира Серик…
Хье а ца луш юхавеара иза, цхьана хIуманна реза а воцуш…
– ГIуллакх муха ду аьлча... соьгахь ши билет бен дац, кхин ца хили. Кино даха дагадеънарг Хьасан, Розий ду. Цундела кино и шиъ гIур ду. Ткъа сой, Гулий ресторанехь хьоьжур ду шуьга. Кхузара гена яц и. Кино чекхъяьлча, гIаш дIадогIур шуьша. Вай кханалерчу денна кечдала деза. Шадерг дика ду шуна…
ХIара ерриг суьйре дIаяллалц ша Розица висийта Серика дерриг дича санна хийтира Хьасанна… Амма дан хIума дацара, резахилла тIетайра Хьасан. Цунна цкъа а ца гинера безамах лаьцна иштта хаза фильм. Кхаьршин билеташ тIаьххьарчу могIарехь нисделлера, уллохь а, жимма генахь а шишша цхьаьна хевшина нах а бара…
«Гора Серик яI!», – бохуш, ойла йора Хьасана. Бакъду, башха дуьхьал-м вацара хIара ишта нисдаларна. Хьасан дуьххьара вара йоIаца кинохь, и шиъ цхьаьний экран тIе догIаделлера. Шена уллорчу йоIе а хьоьжуш, и Элиса цахиларна хала а хеташ Iара кIант. Розина хаалора кIант шега хьоьжуш, амма цуьнан хьажарх ца кхетара. Цунна-м хаза ма хетара ша иштта хазачу кIантаца хиина Iаш хилар.
«Суна кIант карош ирсан кхаж баьлла моьттийла шайна», – масийтазза дагатесира йоIана шайга хьегарца хьоьжуш бIаьргаш хааделча, и ойланаш къахко сих а ца лора иза…
Са духа а ца озалуш, ишта лерина хьажулуш яра кино. Цуьнан турпалхой цхьа башха, актераш а боцуш, боккъал а адмаш долуш санна хеталора, цундела экранаца йолу зIе зала чохь хаа а луш яра.
Лерина экрана тIехьоьжучу кIантана, шен белшах йоьIан йогу бесни хьакхалуш хааделира. Ток туьйхи моттаделира кIантана, амма ша Iачуьра гал ца велира – Розин хазачу беснин йовхо худуш Iара…
Ткъа цул тIаьхьа буьйсенан Карагандахула доладелла ресторане дахара хIара шиъ. ХIора а шен-шен ойланаш еш вара, шаьшшинна хетарг ала сиха дацара ший.
– ЧIогIа дика фильм яра, – эххар а ала дешнаш карийра Хьасанна.
¬– Вуно дика, – тIетайра Роза а…
ТIаккха болар а лахдина, Хьасанан хьажар а лаьцна, хаьттира:
– Хьо суна оьгIаз-м ца вахана, ас хьайн белша тIе корта билларна? Ас кхин дийр дац хьуна и…
– Дера ца вахана. Со-суо а вара экран тIерачу турпалхойх масал эца лууш…
– Муха дара и нохчийн маттахь: «мегар дац»? ХIаъ, мегар дац! – шена Хьасанан ненан маттахь дешнаш хаарх гIадъяхана елаелира Роза.
– Иза наггахь бен ма ца хуьлу: сайн белша тIехь йоьIан бесни хааелча бен…
– ДIавалахьа! Хазахетар тIехдаьллера сан…
– Стенна?
– Стенний? Йина де ду аьлла преми еллера суна, тIаккха тахана со йина де хиларна а дара сан хазахетар. Со хIинца йоккха ма ю: ткъа шо ма кхаьчна сан!
Роза самукъадолуш яра, и самукъадалар товра цуьнгахь.
– Собардехьа… Хьан йина де тахана ду я кхана? – хаьттира Хьасана, меллаша Розин куьг схьа а лоцуш.
– Тахана. Даз кхана деш ду, вайшиннан а – цхьаьна.
– ТIаккха ала хIунда ца олу ахь и? Ма ю-кх хьо…
– Соьга-м Серика ша хьоьга хаийтина аьллера… Со-м декъалъяран дешнаш лардеш яра – хаза-м ца хези… Декъалъе со. Хьасана декъалйира Роза…
– Нийсса итт шо даьлча, хьан ткъе итт шо кхочуш, цхьанакхетар ду вай, тIаккха ас царел а хазачу дешнашца декъалйийр ю хьо. Оццул хьо ца гуш Iийр ю со?
– Ца хаьа. Шадерг а хила тарло…
– Хьо кеста дIагIур ма вац, ваций?
– Кеста-м билггал гIур вац!
ШолгIачу дийнахь доккха той хIоттийнера, Роза а, Хьасан а дина де билгалдоккхуш. Кхайкхина дуккха а хьеший бара: комсомолан а, больницан а белхахой.
Тойнан тхьамда Серик вара, цо наггахь шегара рагI Геннадий Николаевиче, хенаро волчу, «Карагандин лоьраллин малх» аьлла ша вовзийнтинчу стаге, лора. Хьасанна бIаьрг ма-кхийтти вевзира иза: больницан коьрта лор…
Ишттачу меттехь дика мотт луьйшволчу Серика сагатдала ца буьтура хьеший. ХIинца а вара иза къамелан шовкъеваьлла.
– Суна хетарехь, кху чохь мел болчарна ца хаьа, таханлера юбиляр Абдуллаев Хьасан нохчо хилар, – долийра цо. – Амма вайна массарна а хаьа махках даьккхина схьадалийначу оцу къомо лайна баланаш. Сталина а, цуьнан гоно а шайн ницкъ кхочург дира, кхаьрга вайн вон хьежам кхоллабалийта. Амма церан хьесап гал хилира: тIе ца летира нохчашна шайна тIехь кхоьллина харцдерг. Суна хазахета, оцу къоман эххар а шайн Даймахка юхаберза бакъо йолуш. Къастам цаьргахь бу: Кавказе юхабаха а, кхузахь биса а. Далла хастам бу, и харжам бан церан йиш йолуш…
– Ткъа хIинца коьртаниг, – Серика ша аьлларг хьажопIелг ирх а ойуш, чIагIдира, – коьртаниг, суна хIара сайн накъост Хьасан кхузара дIаваха цалаар ду. ХIара дика адам а, тешаме накъост а, жоьпалле белхало а ву. ХIара вайн комсомолана деккъа совгIат ду. Тахана Нохч-ГIалгIайчохь хIорш мел чIогIа оьшуш белахь а, тхуна а ца лаьа хIорш дIахеца. Ткъа хIара шуьнехь дош, Хьасан, хьо кхолламо мичча кхоссарх а, юха кхуза схьава лаам хиларца олу ас. Хаалахь, казахийн лаьтта тIехь хьо даим хазахетарца тIеоьцур ву оха даим а, цкъа Розас ма-дарра, оьшучу хенахь накъосталла а дийр ду…
Хьасанна тайнера доттагIчун дешнаш, дог кIаддинера цара цуьнан. Шега дош делча, цо элира:
– Баркалла, тхьамда, довха дешнаш аларна! Массарна а баркалла шуна. ХIаъ, когахIуттучу хенахь Даймахках ваьккхина со. Тхан халкъанна хала киртиг яра и. И къиза кхоллам цхьа нохчийн-гIалгIайн хилла ца Iа-кх – кхечу къаьмнашка а кхаьчна цу лазаман дакъа. Амма коьртаниг, кхузахь кхойтта шо даьккхинчул тIаьхьа, суна накъостех, доттагIех къаьстина дIаваха атта цахилар ду. Кху шарахь ца водахь – тIедогIучу шарахь дIаваха дезар ду сан кхузара, амма юха а, юха а кхуза юхава бакъо юьту ас сайгахь. Шу доцуш сан йиш яц…
Шуна хууш ду, хIара шо долалуш со больнице кхачар. Сан дегIана эхь дара, могуш вац бохуш Iиллар… амма хIокху экамчу, жимачу йоIа когаш тIе хIоттийра со. Сайн могашаллина а, цо сайна динчу доккхачу гIо-накъосталлина а цунна а, шуна а хьалха даиманна декхарийлахь ву со. Сайн ткъе итт шо кхочу де Нохч-ГIалгIайчоьнан лаьмнашкахь билгалдаккха лаьа суна, сайна гонаха шу, сан хьомсара накъостий долуш…
Ас шуьнехь дош вайн доттагIаллах а, вошаллах а олу…
Хьасанна чIогIа лаара, Розас хIун олу хьажа. Сийсара кино хьоьжуш Iийначул тIаьхьа кхечу кепара гора цунна иза, шайн юкъаметтигашкахь цхьа тамашийна, цхьа керла агIонаш а хаалора…
Хьасан кхетара, йоIа сихъелла шен даге некъ лоьхуш хиларх, амма мел кIорга бу цуьнан лаам ца хаара. Цунна, шеко йоццуш, цхьа хIума-м хаара – шегара дIа а цхьа хIума хирдоций. Иза ямартло хир яра кхуьнан Элисина а, доттагIаллин уьйраш кхуьнца йолчу Розина а…
Геннадий Николаевича тIетуьйхира, шен чIогIа аьтто хилла Роза шеца балха нисъелла: куьйгашца дарба дина ца Iаш, дашца а гIоли йо цо, цкъацкъа и шолгIаниг хьалхарчул а дарбане хуьлуш меттиг а йогIу. «Иштта дуй и, Хьасан?», – кхунна дагахь а доцург хаьттира тхьамдин гIоьнчо.
– ЦIена бакъ ду-кх и, – сихха тIетайра Хьасан.
Розас массарна а баркалла элира шен лерам барна, къаьсттина Геннадий Николаевична – шен терго ярна.
– Тхо нехан могашаллин гIароллехь лаьтташ ду, массеран а аьтто бу шаьш долчул а дика хила, къилахь хир дара цунах пайда ца эцча. Ас даим сайгахь лоьхур дерг иза ду. Ткъа Хьасанан цIахь сихха гIуллакхаш тодала лаьа суна. Ас тIелоцу цуьнан кхайкхар – рогIера тхан дина де Кавказехь билгалдаккха, нагахь санна кхийолчу хенахь кхузахь ган цо тIелацахь, амма … больницал арахь…
– ТIаккха, муха хета шуна сан лорйиша? – дозаллица хаьттира Геннадий Николаевича.
– ТIаккха, муха хета шуна сан йиша? – элира Гуляс…
Резахиллачара деттачу куьйгийн йовгIа елира…
Цул тIаьхьа дара хелхарш. Хьасана уьш ша дакъа а ца лоцуш дIадерзаре дог дохура. Амма «кIайн хелхар» схьакхайкхошшехь дукха лерина болар дина, аз кач а дина, Розас хаьттира:
– Жима къонах, хелхаре кхайкха мегий хьо?
– Суна ца хаьа хелхавала…
– Суна а ца хаьа, – элира Розас, – амма вай девр дац бохург-м дац и…
Куьйгаш муха хила деза а гойтуш, бегаш бира цо:
– Кхузахь коьртаниг ахь сан когаш цахьешар ду. Иза ца лардахь, больницехь вовшахкхета дезар ду вайн…
– ТIаккха со цхьана меттехь лаьттича дика хир ду.
– Башха-м хир дара хьан марахь дIатер, амма нах кхетар бац вайх…
– Нагахь нах бацахьара? – Хьасанна чIогIа хаа лиира оцу хазачу йоьIан дагара.
– ТIаккха ас... хьан белша тIе… корта товжор бара… Хьан деган аз хаза…
Лоькху йиш сецча, хIара шиъ цхьана меттехь лаьтташ дара…
– ХIун дийр ду, – элира Хьасана, – суна хазахийтира хIара хелхар. Юха ас хьо кхойкхур ю… къамел дийр ду вай.
Кхайкха а кхайкхира…Шен дахарехь дуьххьара. Нохчийн хелхар ца лерича. Къамел кхидIа доьдура.
– Цхьаъ вар-кха сан белша тIе корта товжо лууш, – дагадаийтира Розас.
Хьасана цуьнан белшах хьакхадалийтира шен аьрру лерг.
– Суна хьо веза! – хезира цунна… юьхь вукху агIор ерзийра.
– Су-на хьо чIо-гIа ве-за! – хIора дешдакъа а къастош, элира Розас.
– Со зуда ялийна ма ву, хьуна и хаа ма хаьа…
– Со а яц хьоьга маре ян гIерташ. Хьуна сан дагахь дерг довза лиира, ас хазийти-кх и хьуна…Ткъа цул тIехъяла со гена ю. Безаман кхаасаберган цхьа са дIалаца ца лаьа суна-м. Суна ца лаьа шуна юккъе хIотта. Ас сайн даго хьоьхург хазийти-кх хьуна, ткъа даго, вайна ма-хаъара, цхьаьнгга а ла ца дугIу-кх. Иштта дуй и?
– Цунна дуьхьалдаккха хIума дац. Амма … хIун де вай цунна? Ас хьо лору, хама бо хьан. Хьо сан тешаме доттагI ю, ас сайн къайленаш а тешайо хьох. Цкъа а хьох шек а ца хилла со. Ас лечкъа ца до, суна хаза а хийтира хьоьгара и дешнаш хезча, амма сан бакъо яц-кха шина безамна юккъехь дIасахьийза... Сайн харжам бина-кх ас…
– Хьасан…Сан хьоменаг. Ца оьшу холчухIитта. Суна дерриг хаьа, ган а го. Шайн безам цхьанна лерина болу нах лара а лору ас, суо а иштта йолу дела. Сан дакъазалла зуда йолу стаг везавалар хилла-кх… Амма и сан сайн лазам бу, сайн Iийжам. Хьо кхета веза сан хьоьга болчу безамо хьо цхьана а хIуманна декхарийла цавар. ХIара безаман кхосаберг яц, хIара цхьа кхин хIума ду, ши зIаьнар цхьана меттехь вовшаххьакхалуш…
Кхара тидам а ца бира, ансамбль йиш локхучура сецча, хелхаран майданахь шаьшшиъ бен цахиларан…
Суьйре дIайоьрзуш Серика дехха къамел дира «керлачу хенахь ехачу юкъараллех» лаьцна…
– Вай сталинизм а эшийна, – ша дуьйцучух тешарца бохура цо, – и мехкан куьйгаллин коьрта кхиам бу. Махках даьхна халкъашна цIадерза бакъо елла. И республикаш юхаметтахIиттийна. Бакъо тоьлла. ТIамо йохийна йолу пачхьалкх херцаршлара гIаьттина, еш гIишлош ю. Москвахь хиллачо чIагIдийр ду и. Ткъа байн-латтанаш дуьйш-дерзоран программа хьехо а ца оьшу! Акха, дIатесна хиллачу латтанаша а ялта ло вайна. ТIаккха вайн спортсменийн дуьненаюкъарчу чемпионатехь а, Олимпийски ловзаршкахь а болу кхиамаш а тоха аша цу тIе. Дагабаийта вайн футболисташа дIадаханчу шарахь Мельбурнерчу Олимпиадехь баьккхина толам. Кхин а цхьа керла масал а ду, хIара той долалуш кху тойнан куьгбехкечарна хелхабовла а ца хаара, ткъа той чекхдалале уьш музыка а йоцуш хелхабовла а Iемина, хелхаран майда а тIаьххьара тосу цара дIа. Прогресс гуш ю-кх…
Оцу забарца дерзийра тхьамдано шен къамел. Массо а дIасавахара. Хьасан Роза новкъаяккха вахара. Церан вовшашка ала дуккха а дара… Ул-улло а хIоьттина догIура и шиъ, тойнехь хиллачу синхаамех паргIат а далаза. Розас долийра къамел…
– Хьасан, хьан тIаьххьара дешнаш хезначул тIаьхьа, айса хьуна дог даста дезаш ца хиллера бохучу ойланна тIееана со. Сайн безам сайгахь хьулбан безаш хиллера ас, цхьана а кепара Iора а ца боккхуш. Амма ас сайн гIорасизалла гайти… ХIинца вайшиннан вовшийх къайленаш яц.
– Роза, суна суо хьуна хьалха бехке хета. Суна хьо дика евза. Хьан безам кIорггера, цIена бу, цундела ца лаьа суна хьо леян, хьуна сатийсам бала. КъинтIераяла, хьайн безамна дуьхьал безамца жоп дала ницкъ ца кхачарна. Безам чIогIа жоьпалле синхаам бу, цундела ду суна кхузахь шалхонаш цаезар. Генахь елахь а, сайга хьоьжуш, со ларвеш, довха кехаташ кхоьхьуьйтуш со ларвечунна а тешнабехк бан ца лаьа суна. Царах цхьа кехат хIинца а ду сан кисанахь. Цуьнан чулацам хьуна бовзийта ца воллу со, амма цхьаъ эр ду ас: Караганда – Соьлжа-ГIала долу и тIай дозуш мел ду, цо тхо вовшех дузуш мел ду я сайна а, я кхечарна а ямарт хила ца лаьа суна, я хир а вац.
– Цхьа хаттар дала мегий ас?
– Ас тешаме жоп лур ду хьуна.
– Нагахь шун дIасакъаста дезахь, хIун дог дохийла ю сан? – Розас болар гIелдира, кхуьнан бIаьра хьажа кхоьруш, когаш кIел хьоьжура иза…
– Ас ма-дарра эр ду хьоьга: нагахь кхидIа дуьхьал латта а ца елла Элиса маре йодахь, ас хьо юьгур ю… Аьлча а, нагах ас зуда ялаяхь, ас хьо бен ялор яц…
– Баркалла цу тIехь а…
– Роза, хьо суна уллохь ю, вайна цхьаьна дика ду, вайшиъ хаза къамелаш а деш схьадогIуш ду, и дерриг а вайн синош хIуттуш цхьа зIе йолу дела ду. Ас чIагIо йо хьуна и зIе вайн даиманна а лаьттар хиларх, кхолламо со мичча кхоссарх а. Сайн Даймахкахь а тIехь.
– ЧIогIа лаьий хьуна цIа ваха?
– Хаьий хьуна, ден цхьа деза хIайкал ду – цхьа жима тIоьрмиг, чохь тхан ден вашас оцу луьрачу Iуьйрана шеца новкъадаккхина дайн кертара латта а долуш. Ойлаехьа цу суьртан: кечамбан делларг ахсахьт бен дац, гобаьккхина зударийн, берийн белхар, айхьа хIун дийр ду ца хууш, стенна тIе куьг хьур ду ца хууш, воьхна хьийзар. Юьйлина автоматаш а карахь хадеш лаьтта салтий. Цу юккъехула ден вашас шена уггар а дезаниг даьккхина новкъа – дайн лаьттан цинц. И беша а ваьлла, ло дIасатеттина, цо лаьттах бел Iуттушехь салти хIоьттина тIе, хIун до хьоьжуш, хIара ларвеш хилла и…
– Ахка, ахка, – буьйр дина цо.
– Со вели, – аьлла ден вашас, – суна кхин ца оьшу…
– ХIун деш вара хьо?
– Сайца жимма латта схьаэца лиънера суна… Даймехкан, сайн юьртан, сайн ков-кертан безамна…
Салтичунна хIара лаьттах йоьллина хазна схьаахка волу моьттинера. Гинчо цецваьккхинера и, дог кIаддинера. «Алссам юург яккха аша новкъа. Некъ хала хир бу, дуккха а Iен дезар ду шун…», – элира цо.
Ден ваша цомгаш а хилла валарчу вирзича, сан нана тIе а кхайкхина, аьллера цо: «Со дIавоьду… Сан кIентий бац. Кестта схьакарор ву сан ваша. Цуьнга хIара дIалолахь…», – аьлла… гIайби кIелара и жима тIоьрмиг схьаэцнера. Нанас Iалашбира иза. И бу тхан бахам, тхан дети а, деши а, ерриг хазна а…
Суна тахана Iуьйрана а гира и тIоьрмиг, тховх хьалатоьхначу хьостам тIехь кхозу и. Тхан Даймахкаца уггар а еза зIе ю и, Дала тхуна совгIатна беллачу оцу ялсаманечу махкаца йолу зIе. «Стенгара болало Даймохк?», – олуш хаттар ду-кх. Суна Даймохк оцу тIоьрмиг чуьрчу лаьтта тIера болало-кх…
Хьасан дIатийра, тийналла йохо лууш Роза а яцара. Дистцахиларо цхьа ша-тайпа айам латтабора кхеран дегнашкахь. Цхьа чIогIа мехала дешнаш лоьхуш санна, хьоьжура уьш вовшашка. Эххар а, Розина карийра уьш.
– Хьасан, суна сайн дерриг а дахарехь оьшур ву хьо… Амма хIетте а, суна даггара лаьа хьо Элисица цхьаьнакхета, шайн Даймахкахь шуна ирс каро а…
– Ма дика ду-кх хьо сан дахарехь йолуш. Хьо сан даиманна а лор хир ю. Хьоьх болу дагалецам синна а, дегIанна а дарбане хир бу суна. Амма цхьаъ алахьа соьга: Серикна вайшиъ цхьанакхета лаьий?
– Хьуна ца го и? ЧIогIа лаьа. Цо мел чIогIа лору хьо…
– Кхеташ ду…
– Стенах кхета хьо?
– Цуьнан соьга болу ларам, хьуна гIо дан болчу лаамца ийна хилар…
Къамел оцу хорша дерзар даррехь товш дацара Розина. Ойла йоьхна хилар гуш дара цуьнан юьхь-сибатехь.
– Вон эли ахь и. Ца аьлча а мегар ма дара, тахана мукъне а. Амма, олуш ма-хиллара, дош – хьоза дац, карардаьлча, схьа ца лацало. Вай тIех дукха къамелаш дина хир ду тховса, цундела гIалаташ доцуш ца дирзи…
– Дегабаамбина ахь? Дела ву-кх гуш, суна лаа ма ца лаара и, – хIинца Хьасанан озехь а хаалора ойла йохар.
– Ца дуьйцур вай и… нислуш хуьлу… Вай схьакхечи. Кхузахь Iаш ю со. Хетарехь, вай кеста гур дац, дикка хьаьжча, вукху кIиранах ган мега. Шу кхана дукха Iуьйре дIадоьлху…
– ДIасакъастале дагна тамехь хIумма а ца олу ахь?
– Хьалахьажахьа стигала, поэт… И хаза седарчий… Кхоллараллин стагана дийнна кха ду-кх! Ткъа суна-м хIумма а яз а ца йи ахь… Буьйса маьрша йогIийла, синайам а хуьлийла!
– Iодикайойла!

***
Цхьаьний кхечира БашаевгIаьрга ши кехат: цхьаъ – СаIиде – цIа схьатесна, шолгIаниг – Элисас почтера схьаийцира.
Баудис яздора, зуда йитаран гIуллакх кIант цIа веъча луьстур ду бохуш, белхан гIуллакхашца сиха воллуш, ларош вац и. Цхьаъ лерина яздина дара Хьасан комсомолан обкомехь жоьпаллин балхахь хилар а, Караганда-ГIаларчу институте заочно деша вахана хилар а… Оцу хабарца СаьIидан оьгIазалла шелъян гIертара Бауди. Цунна ца хаара цигахь, Соьлжа-ГIалахь, Элиса къеначу, амма таро йолчу стаге мареяла маша бузуш хилар. СаIидан гергарчу нахах а цхьамма багах а ца даьккхира йоI мареяла сихдала оьшуш дац, Йисита дIайоьллина ахшо бен ца даьлла бохург. Гуш дара, Карагандара кехат даре а ца хьоьжуш, шайн захало чекхдаккха уьш кийча хилар, шаьш йоI мареяха пурба делла дацара бохург буха а диллина. СаIида, хан ца йолуьйтуш, жоп делира.
«Суна бен а дац, шун кIанта миччахь а, муьлххачу а даржехь а болх бича, яздора цо Баудига, – и хьан сингаттам бу. Со Соьлжа-ГIалахь Iаш ву, шу – Казахстанехь. И ю вайна юкъахь йолу геналла, шу цIа а даьхкина охьахевшича а жим а лур йоцуш. Ас шуьгара лардийриг цхьа кехат ду – сан йоI шарIан Iедалехь юьтуш долу кехат. Ца даийтахь, шайна хала хир ду: аша сан йоI нус ю аьлла тIелаьцнера, ткъа ас шун кIант цкъа а нуц ву аьлла къобал ца винера, тхайга цхьамма а, цкъа а, хIумма а ца хаьттина дела…Тхо тхайна луъург дан маьрша ду, цхьаъ хилахь а, эхь шуна тIедогIу… Оха и, хIуъу хилла латтахь а, маре лур ю, аша соьга ладогIахь а, ца догIахь а, бен а доцуш».
Ткъа Хьасана шен кехатехь Элисега дуьйцура СаIида хIиттабо луьра бехкамаш, шаьш цхьанакхетар хиларх дуьххьара шеконаш а къадийра…
«Вайна хетачул а чолхе ду хьал, – яздора Хьасана хIусамнене, – хьан дас шен кехатехь гергарло тIецалацарал а сов, сийсаздо тхо, сихделлачохь тхоьгара шена луург даккха. Соьга хьо вайн Iедалехь ма-доггIу йита а йитий, шайга хаам бе боху. Хьан нахана цхьа а кехат хир дац, амма царна и башха оьшучух тера а дац: хьан кхоллам цара шаьш билгалбина, вайшиннан юкъаметтигаш хьесапе а ца оьцуш…».
Дуьхьал яздинчу кехатехь Элисас дуьйцура, шен гIора кхачийна, лаьллинчу экханах таръелла ша бохуш. «Йоккха а еш, айса-со юьйр яра ас, Делах ца кхерахьара», – къаьхьа дара цуьнан дагарадийцар.
«Цхьа а хьехар дала стаг вац сан. Айса хIун дан деза, хIун дийр ду ца хаьа суна. Амма даго хьоьху вай кхин цхьана хир цахилар…», – кехатан тIаьххьара могIанаш дара уьш…

***
ТIаьххьара тIадам гурахь биллира. Хьасане военкоматера повестка кхечира: эскаре кхойкхура иза. Жимма тIаьхьасаца йиш яра кхуьнан, обкомехь гIо дийр дара, амма кхунна ца лиира эскаран декхарх дIасахьийза. Цуьнан доттагI ГIапур хIинцале вара Советски Эскаран могIаршкахь, Приволжски тIеман округан цхьана декъехь. Кхуьнан кхиболу нийсархой а бара эскарехь. Дай-наной баккхийбеш бара шайн бераш цига кхийкхина, махках баьхчахьана дуьххьара эскаре кхайкхинчу нохчех бара уьш.
7-чу ноябрехь Iедало а, юкъаралло гуттар а чIогIа даздира Сийлахь-йоккхачу Октябрски революцин 40 шо кхачар. Цул тIаьхьа кхо де даьлча Михайловкерчу шен накъосташца военкоматан уьйтIахь лаьттара Хьасан. Цунна хIинца билгалла хаара, ша цIавоьрзуш Караганда а ца вогIуш, Нохч-ГIалгIайчу вуссур вуй. Дас хадам боллуш схьахаийтинера хIинца Казахстанехь ша сецош хIумма а цахилар, ноябрь бутт юккъе балале Даймахка воьрзур ву ша, гуьйре хилале а ца хьоьжуш, аьлла.
Хьасан новкъаваккха Акмолинскера доттагIий а баьхкинера. Амма къаьсттина дагах кхеташ Розица къастар дара, оцу тайначу, догцIеначу йоIаца… Иза шен бIаьрхих эхь хеташ яцара, цо уьш лечкъа а ца дора.
– Даго хьоьху-кх суна, кхин гур дац-кха вай, – элира цо, – амма хьуна хаалахь, суна хьо везий, и безам соьца даим а бехар буйла. Амма суна чIогIа лаьа гIалатъяла: эскарера хьо ваьлча, вай гаре сатуьйсур ду ас…
Хьасана сих-сиха кехаташ язда дош делира, шен дош кхочуш а дира.
Забайкальехь вара и гIуллакхдеш, десантник. Дикачарна юкъахь билгалвоккхуш а вара. Цхьа шо далале сержантан дарже а ваьккхира. Цул хьалха дара цуьнга Элисин кехат деъча. Ша маре луш хилар хаийтира йоIа, шена къинтIеравалар а доьхура, кхин дуьхьало ян шен ницкъ ца тоарна…
И цуьнан тIаьххьара кехат дара…
КхолагIачу шарахь дара цуьнга Серикан кехат кхочуш. Цо яздора, Розин дахарехь ирсе хийцам хилла, шеца цхьана больницехь болх беш волчу лоьре яхана иза, ловзар а хилла бохуш…
И хилале Хьасана Розига сих-сиха кехаташ яздора, цу кехаташкахула хаара йоIана Элиса нуьцкъашха маре еллий а. Шен тIаьххьарлерачех цхьана кехатехь Розас дийхира кхуьнга эскарера ваьлча, хIун дагахь ву, хьайн дахар муха го хьуна яздахьара аьлла. Хьасана жоп делира, цIера хезначу тIаьххьарчу хабаро вохийначуьра хIинца а метта а ваза ву ша, кхидIа хIун хир аьлла хIотталуш сурт а дац шега…
Схьагарехь, цул тIаьхьа бинера Розас шен харжам…

***
I987-гIа шо. Соьлжа-ГIалара республикански больница. Суьйре яра терапин декъан неIарехь голаш тIе а лахвелла цхьа стаг Iаш. Вон дара цунна. ЧIогIа вон.
Цуьнан хенаро хила тарлуш йолу цхьа зуда еара цунна тIе.
– Хьуна вон ду? – хоьтту цо.
– ХIинцца гIоли хир ю, – элира вукхо, амма кхин тIе а лазар совдаларна чIечкъира.
– Ас хIун гIо дийр дара-те хьуна? – хаьттира зудчо.
Халла хьалагIатта гIоьртира стаг… цецвалар соцу цуьнан бIаьргаш чохь…
– Элиса! Хьо яц иза?!
– Хьасан… Хьо муха кхаьчна кхуза? – ша йолччохь дIасахьаьвзира зуда…
– Со кхузахь Iуьллуш ву – итталгIачу палатехь.
– Со а ю кхузахь дарбанаш дойтуш.
– Эххар а ги-кх вай…Ткъе итт шо ду-кх ас хIара де лардо… Амма иштта ца гора суна хIара сайн ойланехь… иштта суьрташ ца дохкура ас… Муха еха хьо?
– Цавезачу стагаца беса дахар текхира ас. Берийн дуьхьа хене йийли, са а, пха а хаддалц. ХIинца лазаро лаьцна… Хьан дахар мукъне а ца нисделла-те ирсе?
– Кхин ирсе а ца хилла… Аьлча а, данне а ирсе ца хилла… Эскарера ваьлча цIа вирзина. Зуда а ца ялийна…Бераш а дац…Могашалла а…
Хьасан Элисега хьаьжира… Бер санна, йоьлхура иза.
– Доьху хьоьга, къинтIеравала суна. Хьан ца нисделлачу дахарна бехк сан а хила тарло, – халла аладелира Элисега.
– Хьоьх болчу дагалецамашца ирсе вара со… Амма иза хIинца гIан хилла дисина… Чувоьду со. Дика ца хета суна…
Элисас гIо дира Хьасанна № I0 йолчу палате дIаваха. Маьнги тIе охьа а хиъна, халла са а доьIуш, хаьттира Хьасана:
– Хьо муьлхачу палатехь ю?
– Хьуна луларчу иссалгIачу палатехь… Цхьа пен бен бац вайшинна юккъехь…
– ХIаъ, вайшинна юккъехь даим а бара и пен… Буьйса маьрша йогIийла… Дала догIийтахь, гур ду вай…
Iуьйрана самаяьлча, шеца палати чохь йолчуьнга арз дира Элисас:
– Вон дара суна. Наб яйнера. Набкхоьтуьйту молханаш а мелла, дIакхеттера со.
– Ахь-м, елча санна, набйира. Буьйса юкъал тIехъяьлча, учахь гIовгIанаш еш а сама ца елира хьо-м.
– ХIун хиллера?
– Луларчу палатера цомгашниг велла. Гергарчара, тIаьхьа а баьхкина, дIавигира…
Элиса, хьала а гIаьттина, араелира. Хезначо Iадийна, меллаша № I0 йолчу палатин неIаре яхара… Цу чохь шена вуно хьоме долу адам гаре сатуьйсуш, чухьаьжира…
Амма маьнга баьсса бара…
Лоьраша лелочу дарбанех гIоли ца хилира Элисина, лоьрийн дан хIума а дацара – вон лазар.
ЦIахь а дийно-дийно кхачалуш яра иза.
Цкъа цхьана дийнахь шен йоккхахйолу йоI чу а кхайкхина, неIарна догIа тохахьа, элира Элисас.
– Ткъа хIинца соьга ладогIахьа, ас хьайга дуьйцучуьнга, – долийра цо…
Дерриг а дийцира…
– ХIара байташ ас безамна юьту хьуна. Церан автор Хьасан ву. ХIара сайн тептар а, газетийн агIонаш яго ницкъ ца кхечира сан. ХIара биъмогIа бешахьа суна…
Луизас меллаша, дегочу озаца йийшира:

Вай даим дехаш дац, доца ду вайн той,
Тезетца дерзор ду муьлхха а дахар…
Нагахь ахь сол хьалха хIара дуьне дитахь,
Хилийта сан каш а хьан кошанна лулахь…

– Тамашийна адам дара иза, – халла хезаш элира Элисас. – Дерриг а бохург санна, хьалххе гуш хиллера цунна. Амма кху дуьненчуьра дIа-м соьл а жимма хьалха ваха. Кешнаш а хир дац-кха тхан лулахь…
ШолгIачу дийнахь дIакхелхира Элиса… Тезет схьаоьцуш цуьнан да – СаIид вара, массо а дIа а воьллина, тIаьхьависина волу: шен хIусамнана Йисита а, Бауди а, Табарк, Хьасан а, Элиса а…

Гочйинарг Петирова Петимат

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика