АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

    ДоттагIий…  


Дакъалоцурш:

Альбика Нана

Элмирза Бексолта

Бере Iамарбек

Айза ГIеза-Махьма


 


I сурт
Хийист.
ЭЛМИРЗА. Аьлбика, суна лаьара ахьа оцу охьаоьхучу хин тидам бойла….
АЬЛБИКА. Тидам би-кх ас…
ЭЛМИРЗА. ХIун го хьуна?
АЛЬБИКА. Хаддаза дIаоьхуш хи го-кх…
ЭЛМИРЗА. Хаддаза дIаоьхуш хи хилла ма ца Iан. Хаддаза дIаоьхуш вайн денош ма ду.
АЛЬБИКА. Цунна вайн дан хIума дац.
ЭЛМИРЗА. Цунна вайн дан хIума дацахь, вайна тIехь лаьтта декхар цхьа де хьалха кхочушдича бакъахь дара вай.
АЛЬБИКА. Сиха дахана шовда хIордах ца кхетта олу-кх баккхийчара.
ЭЛМИРЗА. Сиха доьдуш дац хьуна вайшиннан шовда-м. ХIокху кхаа шарахь меттах даьлла а дац… амма иштта латта йиш яц. Дукха лаьттича, хи а телха…Альбика, тIекхаьчна ахь къастам бан беза хан…. ХIара хаза еъна гуьйренан Iуьйре теш а йолуш, хан йилла суна…
АЛЬБИКА: Ненах дагаяла еза сан.
ЭЛМИРЗА: Дика ду…Дагаяла ненах а…Суьйранна вайша кхузахь вовшахкхетча, цхьа дош дала деза хьуна…
АЛЬБИКА: Дика ду, Элмирза, дика ду…
(Альбика дIайоьду)

2 сурт
Чохь.
НАНА. Хан йиллийтина ахь?
ЭЛМИРЗА. Ненах дагаяла еза боху…
НАНА. ХIара хIун деш Iийна хIокху кхаа шарахь, ненах дага ца йолуш.
ЭЛМИРЗА. Ца хаьа суна-м …
НАНА. Суна-м хаьа ….Суьйрана хьайн хан ца йиллахь,Iадда йита…дукха бу мехкарий.
(арахь ков детта)
ЭЛМИРЗА. Дика ду, нана. Ахь боххург дийр ду ас… хьажа со…. Мила ву техьа и ков деттарг?

3 сурт
(КетIе. Араваьлча, Элмирзин го Аьлбикин накъост Айза.)
АЙЗА. Суьйре дика йойла хьан, Элмирза.
ЭЛМИРЗА. Далла езийла, Айза. Хьо лаа лелий-техьа кху сарахь суьйренца?
АЙЗА. Лаа ма ю со-м… Аьлбикас аьллера соьга…
ЭЛМИРЗА. ХIун аьллера хьоьга Аьлбикас? Дийцал, дийцал…
АЙЗА. Ша хийисте йогIур яц бохура…
ЭЛМИРЗА. Муха? Ахь хIун дуьйцу?
АЙЗА. Шен чамда кечъян еза бохура, хьайн замой дIабахкийта бохура…
ЭЛМИРЗА. Боккъал… и ду хьуна дош. Дела реза хуьлда хьуна… Ас цхьа совгIат доцуш юьтур яц хьо…Баркалла!
АЙЗА. Iодика йойла. Дала аьтто бойла.
(Айза дIайоьду)
ЭЛМИРЗА. Дела реза хуьлда… ХIара ду хьуна дош! Нана ма йоккхаеш хир ю.
( Ойлаеш жимма сацало. Оцу хенахь цхьа стаг кхочу, цига башлакхца дIакъевлина юьхь а йолуш.)
ВЕВЗАШВОЦУРГ. Ассаламу Iалайкум, Элмирза!
ЭЛМИРЗА. Ва Iалайкум салам!
ВЕВЗАШВОЦУРГ. Бехк ма биллалахь, хьуна юьхь гайта йиш йолуш яц сан. РагIу кIел вера вара вайша, хьо дуьхьала вацахь.
ЭЛМИРЗА. Схьавало, схьавало…схьа чоьхьа вала… марша а вогIийла… чугIур ву вайша….
ВЕВЗАШВОЦУРГ. Маршала хуьлда… чуван йиш яц… хьан цхьана гергарчу стага ваийтина со, хьох дог лозуш волчу… хьан да вийначун кIант…хьан чIирхо ву боху Даьгначу дукъахула кху юьрта вогIуш…цунна кIело ян гIуо боху хьоьга Муж-хи долчу….иза цигахула тIехвер волуш ву.Сан декхар цу тIехь чекхдели. Хьан Iодика йойла.
ЭЛМИРЗА. Iодика Дала йойла. Некъ дика хуьлда. Дела реза хуьлда!
(Стаг дIавоьду)
Иштта делахь, зуда ялочохь дац сан гIуллакх…Цкъа чIир боху дукъ тIера даккха деза…. Хьеран дукъ сана деза ду и сан кочахь кхозуш.
( Ойланаш еш дIасахьийза. Оцу хенахь говран бергийн тата хеза. ЦIенна улло кхочуш, говрара вуссий, рагIун ков туху)
БЕРЕ. Элмирза! ЦIахь вуй хьо, Элмирза?
ЭЛМИРЗА. ЦIахь ву, схьанехьа вала!
БЕРЕ. Ассаламу Iалайкум!
ЭЛМИРЗА. Ва Iалайкум салам!
БЕРЕ. Со шун лулара Ирзу-юьртара Хасболат ву. Хьан доттагIаша: Бексолтас, Iамарбека, ГIезамахьмас цхьа чIогIа доккха гIуллакх дийца вовшахкхетта шаьш, хьоьга катоххий дIакхача боху.
ЭЛМИРЗА. Схьачувола, тхан кхачанах кхетта, гIур ву хьо…
БЕРЕ. ХIан-хIа, Элмирза, гIоза юийла, со сих ву.
(Бере дIавоьду)
4 сурт
(Чохь. Чуволу Элмирза)
НАНА. Хьо ма хьевели, кIант. Мила вара иза?
ЭЛМИРЗА. Цхьаъ вацара, нана, кхоъ вара… массо а шайн-шайн кост дохьуш веънера.
НАНА. ХIун косташ дара уьш, дийцахьа, кIант.
ЭЛМИРЗА. Аьлбикин накъост Айза еънера, ша тховса дIайига замой бахкийта аьлла.
НАНА. Иза катоьхна чекхдаккха деза!
ЭЛМИРЗА. И дIаяхна ялале, цхьа дошло кхечи, чалбанца юьхь дIа а лачкъийна. Сан чIирхо ву боху цо кху юьрта вогIуш…
НАНА. Ткъа кхоалгIаниг?
ЭЛМИРЗА. КхоалгIачу соьга хьоьжуш, гулбелла Ирзу-юьртахь сан доттагIий бу боху, цхьа доккха гIуллакх дийцаре дан гулбелла, соьга сихха дIакхача бохуш… Суна-м ца хаьа айса царех муьлха хьалхадаккха деза…
НАНА. Хьалхий? Аьлбика, боккъал а хьоьца доьзал кхолла лууш елахь, тховса хIара цхьа буьйса галъяларх, хьоьга хьоьжуш Iийр ю…ЧIирхо а кху дуьненчохь хир ву, цуьнан лаьттах чувола а, я стигал хьалвала а йиш яц, тIаьхьа а карор ву… Хьайн доттагIаша кхойкхучу гIуохьа, сан кIант…
ЭЛМИРЗА. Дика ду нана. Дика ду. И дийр ду ас.

5 сурт
(ДоттагIий, Элмирзий)
БЕКСОЛТА. ДагадогIий хьуна, ва Iамарбек, вай Теркал дехьа рема лалла доьлхуш, Терка тIекхаьчча, кху ГIезамахьмас аьлларг…
IАМАРБЕК. ДогIу дера: «Суна нека ца хаьа шуна»
ГIЕЗА-МАХЬМА. Шуна сайх бала ца бан хьалххехь дIаэлира-кх ас.
Бексолта: Нека хьуна ца хиъча а мега, хьан динна, хьан говранна хиъчахьана…
ГIЕЗА-МАХЬМА. Иштта хиллера-кх иза…
IАМАРБЕК. Дуьххьара вогIуш вара хIара цига, цундела дукха хьийзо мегар дац хIара….ха-ха-ха.
ЭЛМИРЗА. Бехк ма билла суна, сан дика доттагIий….ас къасто дезаш цхьа доккха хIума дара, аьлча …шиъ гIуллакх… деган езар сайн хIусаме ялор… чIирхочуьнгара чIир эца кIело ян вахар кIел а дитина, кхуза схьавеънера со, аш вола аьлча. Амма вай Iан дикка хан а ели, аш схьадуьйцуш хIумма а дац…
БЕКСОЛТА. Дикка сатуьйхи ахьа-м , Элмирза, со-м ахь и хаттар кхин а хьалххехь дийр ду моьттуш вара… Тхан дика доттагIа Элмарза,ахь тхо иштта ларарна, Лекхаволу Дела реза хуьлда хьуна…
IАМАРБЕК. Хьан деган езар оха хьуна йоссийна, дехьа чохь ю хьуна…
ГIЕЗА-МАХЬМА. Хьан чIирхо оха схьавалийна, дуьхьал оти чохь ву…
БЕКСОЛТА. Амма иза оха хьоьга чIир эцийта валийна вац. Хьоьга цхьа дехар дан валийна ву.
IАМАРБЕК. Хьуна ма-хаара хьан да Элболт, хьо дукха жима волуш, оцу Къасиман ден Къахьармийн карах доьвнехь шаьлта а кхетта велла. Оцу хенахь Къасиман а хилла ,хьан санна цхьа шо.
БЕКСОЛТА. Дукха хан ялале, шен са дадийна лела Къахьарма а, цхьана ломахь бердах вахана, бакъ дуьненчу вирзина. Цуьнан кIентан цхьа а тайпа бехк бац. Цундела оха доьху хьоьга веза хила волчу Делан дуьхьа и кIант чIирах хьалха витар.
(Элмирза ойлаеш лаьтта)
ГIЕЗА-МАХЬМА. Ойлаехьа, Элмирза, бусалбан динехь чIирана вогIуш вац иза, куьг бехке воцу дела. ШолгIа делахь, мел доккха хазахетар хир ду цунна а, цуьнан нанна а, ахь иза маьрша витахь
IАМАРБЕК. Делера йоккха ял а хир ю-кх хьуна а, Iеламнаха дийцарехь…
ЭЛМИРЗА. Нанас дена вина ваша а, девежаршна бина шичой а боцуш, цхьалха стаг ву со. Вежарий а, шичой а санна сан гергара нах ду шу, сан дика доттагIий. Цундела, аш бохург ца дина, сан ваха меттиг яц…
БЕКСОЛТА. Дела реза хуьлда хьуна, тхан хьомсара доттагI. Схьа чу валаве чIирхо.
(ЧIирхо чувалаво)
ЭЛМИРЗА. ХIокху сайн дикчу доттагIийн дехарна жоп луш, Веза хиллачу АллахIан дуьхьа ас Элболатан Элмирзас чIирах хьалха вуьту хьо – Къахьармин Къасим.
БЕКСОЛТА. Дела реза хуьлда хьуна.
IАМАРБЕК. Дала сий де хьан!
ГIЕЗА-МАХЬМА. Дала ял лойла хьуна!
(ЧIирхо дош ца алалуш, бIаьрхиш Iенош лаьтта)
БЕКСОЛТА. Ахь хIара вайн юьртара валлалц новкъа ваккха. Дала тIаьхье беркате йойла кху гIуллакхан!
IАМАРБЕК. Амин!
ГIЕЗА-МАХЬМА. Амин!
(ГIезамахьмий,чIирхой араволу).
БЕКСОЛТА. Ткъа хIинца! Яхь йолу кIентий, хьомсара доттагIий. ДIахIоттаде кху кертахь гIовгIане ловзар. Вайн деган доттагI, Элмирза, хIусамнана а ялийна чуверзар гIарадаккха! Дазде!
IАМАРБЕК. ДIатоха вота! ДIалакха пондар!
(Хеза вота, пондар. Ловзар хIутту.)

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика