ДАКАЕВ СаIидбек

PDFПечатьE-mail

             Нене

«Къанъяллалц яьхна кхерч
ДIатаса атта дац», – бохуш,
Хьо еха лаьмнашкахь
Уьйрех га тесначу юьртахь.
Генара, гергара
Некъ эцна хьаша-да вогIуш,
Комаьрша, догцIена
Хьаша тIеэцначу кертахь.



Мел хаза хан яра! –
Дахарехь йицлойла доцуш:
Цхьатерра, хIусамехь
Барт болу доьзал а кхиъна,
(Денош-м дIауьдура,
Марзонех шайн йогIург оьцуш)
Да Iара тамхилла,
УьйтIарчу дитта кIел хиъна.

Шун берийн куьйгашца
Хьанала къинхьегам гора,
Яхь-гIиллакх, сий-ларам
Дехара дегнашца лелаш.
Кханенна хьаштхиндерг
Дас-нанас берашна лора,
Хьехамийн аз гIиттош,
Олура: «Варийлаш, бераш…»


Вайн кертах болу некъ
Кхолламо, гаьннашка боькъуш,
Цхьаццанхьа кхийсина,
Вай хIинца цхьаццанхьа деха.
Хьо-м цигахь цхьаъ йиси,
Буйнаца юткъа гIаж лоьIуш.
ДIадевлларш, сатуьйсуш,
Ойланийн хьегамехь лиэха.

КIежтесна кхехкачу
Дахаран мерза аз дезна,
Ден-миска Iожалло
Катоьхна вадийра шеца.
Геннара забаршца
Мохь бетташ, массарна езна
Ден йиша кхин ягIац –
Самукъне «Гу тIера Деца»

ГIа санна, лестина,
Со а кху сайн гаьн тIехь веха,
Кхолламан лехамаш,
Iийдалуш, белшаш тIе Iенаш.
Са огу ойланаш
Тийналлехь лестало цIехьа,
Вайн жима юрт толлуш,
ТIегулдан ширделла гIенаш…

Дитта тIехь гулделла
ДогцIена хьозарчий санна,
Йиш-ваша, гергарнаш,
ДIадевлларш ойланехь туьйсуш,
Вон-дика деанчохь
Гулло вай кIеззигчу ханна,
Кхуьуш я ца кхуьуш,
Вовшашца марзонаш оьцуш.

ХIун дер ткъа… Иштта ю
Сацаран тембоцу зама.
Массо а, сахаьдда,
Заманан кхес лаца гIерта.
Ткъа иза-м йиъларахь,
Берг туьйсуш, дIауьду пана
Лаамийн хетаршна
ЙогIуш, я ца йогIуш берта.

Уьйрашца гIелвелла,
Дог цаьрга ца кхийдош цкъа а,
Цхьа де тIех ца туьлу,
Кхеталахь, сан мерза нана,
Ас сайна ца лоьху
Мох боцу, декъаза дакъа
Диканна гIуьтту со
Иэхьан къих ца ваггал кхана.

Хьан юьхь тIехь хебарша
Яздина йозанаш доьшуш,
Схьаэккхал сабIарзлой,
Сан кийрахь цIе марсаюьйлу.
Сан воккхахиларна
Хьан марзо хьалхачул оьшу,
Цундела эгIаза хьан дегI ас
Сайн мара къуьйлу.

… Бер санна, хьаьстина,
Доккхачу дехаре ваьлла,
Юха а ас хьоьга:
«Со волчохь Iахьара», – олу.
Къанъяллалц яьхна кхерч
ДIатаса атта дац», – аьлла,
Сан лаам дIатоьттуш,
Хьоьгара и цхьа жоп долу.

***
Кху сан деган
Шен бу лаам,
Шен ю ойла.
Шен ду цуьнан
Декхна, сирла
Дуьне гойла.
Шен ду цуьнан
Хазахетар –
Халахетар,
Мотт Iоьттина,
Мерза-муьста
Чомах кхетар.
Шен ду цуьнан
ДуьхьалхIуьттуш
Гергахь – генахь.
Доьлуш – доьлхуш,
Ойланашца
Кхерста гIенаш…

ХIай илланча…
Нохчийн халкъан артистна –
Ясаев Мохьмадна

ХIай илланча, аз ца кхоош,
Ломах дуьйлу шовда хьаош,
Декадехьа хьайн цхьа илли,
Деган мукъам цуьнга биллий.

Къонахийн дош дашах дузуш,
ДоттагIаллин тешам узуш,
Цкъа, гIаттабай, хазийтахьа
Иллин мукъам вайна ахьа.

Шалхо йоцу безам буьйцуш,
Цуьнах кхетта марзо юьйцуш,
Сан ойланийн кхоьле диллий,
Хазийтахьа хьайн цхьа илли.

Вайн Даймехкан марзо муьйлуш,
Хецаделла дош ца къуьйлуш,
Цкъа ладогIа, мукъам тайна
Илли гIаттадехьа вайна.

Нохчийн лаьмнаш инзардохуш,
Деган мерзех зевнаш дохуш,
Вацар-кха хьо иллеш доцуш,
Мел ладегIарх Iебар воцу…

***
Юьхьдуьхьал ца олуш,
ТIаьхьашха тоьхна,
Леш велахь, валийта
Воллурий хьо?
Горга шай ца даллал
Механа воьжна,
Тахана суна хьох
Чекх серло го.
Меженаш юьйлина,
Сан дегIехь кхехка
Дош доцчу дашо сан
Iанийна цIий.
Ца дужу, ца духу
ТIехь боцчу бехкан
КIиллочо тIаьхьашха
Дожийна сий…

Хьомечу бешахь
Ден безамна

Юха а, сатийсам эцна,
Кхечи со хьомечу беша,
Массо а дитта тIехь сецна
Дех йисна куьйган лараш…

Ойланаш, гена ладоьгIна,
Шерех чекх Iийдалуш тийна.
Синтаран маргIал дIадоьгIна,
И кхузахь, воккхавеш, Iийна.

Лорура къахьегар парза,
Сатуьйсуш, лиънера хийла,
Кху бешан стоьмийн мутт мерза
Чам тайна кханено мийла.

Ца вогIу, тохара санна,
Кху беша бIаьргтухуш, хьовза.
Рицкъанан хьанонах Iаьнна,
Ша лаьттахь дитинарг довза.

Гаьннаша, вовшех ка хьоькхуш,
Сан лерехь шайн хабарш дуьйцу:
Сенделла гIа-маргIал лоькхуш,
И ву те цIе йохуш вуьйцург?

Хьацаран дуралла кхетта
Къинхьегам, денбелла, беха.
Сий-пусар латтадо меттахь
Дахаро хьаналчу нехан.

Хилийта дуьненахь воцуш–
Ас иза ирсан да лору.
Кханенна кхиъна стом боцуш,
Сайн дахар хадарна кхоьру.

Сайн къоме

Хьо – дорцехь шелделла,
ГIайгIанехь – гIелделла,
Пхьор доцуш – мацделла,
Хи доцуш – хьагделла.
Дуьненан къа доцуш,
ТIекховда гIо доцуш,
ШелгIано Iовжийна,
Саготта хьовзийна.
Бехк гайта кхиэл йоцуш,
Шеретан шай доцуш,
Iаршмайда гатйина,
Хьан бакъо харцйина.
Ца дала, кадетташ,
Къурд бина, садетташ,
Эзарза ца делла!
Эзарза денделла!..

***
Гиний шуна, бегаш боцуш,
Цкъа а тидам биний аш,
Лаьттан цIенкъахь сиз-лар йоцуш,
Когаш текхо IиндагIаш?

Мохо, цIийзош, яьсса лоькху
ГIа-буц йоцу аренаш.
Еккъа куйнан бакъо йоькъу –
Ша тIехь шийла маренаш?..

Халахета верас воцуш
Тезет – баьсса кадамаш,
Кешнийн кертахь лахьта доцуш,
Са чохь делла адамаш.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика