СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

PDFПечатьE-mail


Календаран тIаьххьара лист

 

Гуттара а санна, керлачу шарца

Аса даггара хьо декъалайо!

Хеназа къеналло кийра ца морцуш,

БIе шовзткъе итт шарахь ехийла хьо!

 

 

Хьан зама лечкъаеш, дIакирчи денош…

Кхин юха а ца дерза чекхдели шо.

Азъели календарь, листаш а Iенош.

ТIаьххьара дисина цхьа лист а го…

 

ГIелвелла лаьтта со цу листе хьоьжуш,

Дог Iийжа…Кхоьру со и даккха схьа,

Бертаза я бертахь хьо даг чохь лелош,

Яьккхина мерза хан яларна дIа.

 

Кхоьру со, кхоьру со яларна бIаьсте:

Зезагаш гIовттур ду къарз а беш бай…

Хьох тера, бос богу зезагаш къестош,

Карор вац царна со – илланча шайн!

 

Нагахь со ларамза шаьшна тIекхачахь,

Эхь хеташ, бай тIе охьтеIар ду уьш.

Шаьшка ас хьо йийцахь, шайн тхишлахь

                                                     луьйчуш,

Къахеташ, эгор ду шайн бIаьргийн хиш…

 

БIаьста-м ша бешар бу шовданаш тIера…

БIе шарахь бешар бац – даг тIера сан!

Сайн ирсан беттаса дIадуьзна лоьруш,

Йоккхур ю ас гIийлла йисина хан.

 

Бертаза хьо даг чохь кхаба дац атта.

Хийрачу хьоь хьежа ницкъ а бац сан…

Маржа яI! Велар-кх со тIулг хилла

                                                лаьтташ,

Шуьйрачу новкъахь, хьо наггахьа ган!

 

Наггахь хьо гIелъелла, шена тIетовжахь,

Хьан ненал эсала хир бара и…

Хьагъелла, йохъелла ницкъ боцуш

                                                 дегIехь,

Ахь дехчи лур дара IиндагIа, хи!..

 

ГIелвелла лаьтта со цу листе хьоьжуш…

Дог Iийжа. Кхоьру со и даккха схьа,

Бертаза я бертахь хьо даг чохь лелош

Яьккхина мерза хан ели те дIа?

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика