Iа, хьо шийла Iа…

PDFПечатьE-mail

1аламо цецдохуш меттиг нисло вайн дахарехь, «гурахь б1аьсте а йолу», аьхкенан малхо 1овжинчу дийнахь, дагна 1аьнан шело а хаайолуьйту, даг чу ша а буьллуш. Дерриг адаман даге, цуьнан синх1оттаме хьаьжжина хуьлу. 

Арахь 1аьнан бутт бу, т1екхочуш керла шо а ду, амма 1аьнан сибтех цхьа х1ума а дац хаалуш. 1аьржаниг к1айдеш, дуьне ц1индеш к1айн диллина луо ца го, шелоно ц1евзина 1уьйренаш а, суьйренаш а яц, берийн ц1оз а дац, самукъне маьхьаршца шайн дахар санна к1айн лайн мижаргах ловзуш. Х1умма а дац 1а дагадоуьйтуш.

 

1аьнан сурт дагалаца, диц ца далийта, тхан 1алашо хилира дешархошна 1аьнах йолу вайн поэтийн стихаш йовзийта. И стихаш лоьхуш, хоржуш тхан тидам хилира, вайн поэташна башха 1аьнан зама гергара цахилар, цу 1аламан мурца кхоллараллин шовкъ к1езиг ю. Дукха хьолахь поэташа хестош йолу зама – б1аьсте а, гуьйре а юй хиира тхуна.

Цундела, оха кечйина йолу х1ара стихаш, мелла а тамашийна нисъели тхан, и башха тхайн бехк а ца лору оха, иза поэзин шатайпаналлин ницкъах ду: дуьйцуш, хьехош цхьаъ делахь а, амма маь1на кхи нислуш. 1а – иза дахарехь зеделлачух дешдолу жам1 ду, сатийсамех догдиллар, дахаран схьайоьллуш т1аьххьара не1, цул т1аьхьа чаккхе, есалла…

 

МАМАКАЕВ Мохьмад

 

        Iа 

Iа шийла дара...

Делахь а,

Халчу дийнахь,

Дарцаца къуьйсуш,

Массарел а

Буьрса вай дара.

Iаьнера

Каделла йоккхуш,

Дарцаца

Майралла къуьйсуш,

Къардина,

Iа кIел а дитна,

Каяьлла,

Вай новкъа девлла.

Ма воха,

Теша сох, накъост,

Вайн коьртахь

КIайелла месаш –

Къоьжалла яц хьуна.

Иза,

Хьийзийнчу дарцо,

Биллинчохь бисна

Лайн чим бу хьуна.

 

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

 

Календаран тIаьххьара лист

 

Гуттара а санна, керлачу шарца

Аса даггара хьо декъалайо!

Хеназа къеналло кийра ца морцуш,

БIе шовзткъе итт шарахь ехийла хьо!

 

Хьан зама лечкъаеш, дIакирчи денош…

Кхин юха а ца дерза чекхдели шо.

Азъели календарь, листаш а Iенош.

ТIаьххьара дисина цхьа лист а го…

 

ГIелвелла лаьтта со цу листе хьоьжуш,

Дог Iийжа…Кхоьру со и даккха схьа,

Бертаза я бертахь хьо даг чохь лелош,

Яьккхина мерза хан яларна дIа.

 

Кхоьру со, кхоьру со яларна бIаьсте:

Зезагаш гIовттур ду къарз а беш бай…

Хьох тера, бос богу зезагаш къестош,

Карор вац царна со – илланча шайн!

 

Нагахь со ларамза шаьшна тIекхачахь,

Эхь хеташ, бай тIе охьтеIар ду уьш.

Шаьшка ас хьо йийцахь, шайн тхишлахь

                                                           луьйчуш,

Къахеташ, эгор ду шайн бIаьргийн хиш…

 

БIаьста-м ша бешар бу шовданаш тIера…

БIе шарахь бешар бац – даг тIера сан!

Сайн ирсан беттаса дIадуьзна лоьруш,

Йоккхур ю ас гIийлла йисина хан.

 

Бертаза хьо даг чохь кхаба дац атта.

Хийрачу хьоь хьежа ницкъ а бац сан…

Маржа яI! Велар-кх со тIулг хилла

                                                лаьтташ,

Шуьйрачу новкъахь, хьо наггахьа ган!

 

Наггахь хьо гIелъелла, шена тIетовжахь,

Хьан ненал эсала хир бара и…

Хьагъелла, йохъелла ницкъ боцуш

                                                 дегIехь,

Ахь дехчи лур дара IиндагIа, хи!..

 

ГIелвелла лаьтта со цу листе хьоьжуш…

Дог Iийжа. Кхоьру со и даккха схьа,

Бертаза я бертахь хьо даг чохь лелош

Яьккхина мерза хан ели те дIа?

 

 ГАЦАЕВ Саь1ид

          ***

1а, хьо шийла 1а,

Хьо ма г1ийла 1ан,

Арахь х1оьттина,

Ло т1едоьттина…

 

АБДУЛАЕВ Леча


           *** 

Луо дог1у. К1айн  луо ду дуьллуш.

Х1ан-х1а, ца деа и – ц1иэн луо.

Б1ешераш б1ешершка дуьйлуш,

Дуьне кхин хийца ца дели.

 

Б1ешераш хьалха а санна,

Б1ешераш т1аьхьа а изза

Бакъ боху буоберан саллар

Ден ц1а схьакароза хьийза.

 

Кор тоьхча, чиркхаш чуузу.

Не1 тоьхча, зайлаш д1адухку.

Да вац и чудита, дузо,

И дижо, корта ца бухкуш…

 

Луо дог1у, к1айн луо. Догдилла:

Дуьненах дог лозург вело,

Дуьненна бакъ оьшуш хилла,

Дог1ур дац цкъа а и ц1иэн луо…

 

АХМАДОВ Муса

         *** 

Iа хиларх ло дешаш хилла-кх…

ТIадамаш меллаша тхов тIера

Кора кIел леда.

Юрт йисна дахкарлахь Iилла.

Тийналла йохаеш, дIо церан

КIеза а лета.

 

КIезанан и летар атта,

Къорачу тийналлин пенах а

Кхетий, дIадолу…

Сатийсам-ойланийн гатто…

Юха а самах а, гIенах а

Сатийса волу.

 

Ас дешийн гIаланаш ютту

Ойланехь. ДIахьаьжча, уьш хили

Йоьттина гIамарх.

Дахаран махо уьш гуттар

Херцайо… Хирци уьш хийла,

Ца йотта Iаммал.

 

КIезанан дIо летар дIадарах терра,

Сатийсам-ойланаш бакъдолчун

Пена тIехь юху.

(И ду-те дахар а дерриг?)

ХIетте а сатуьйсу… Луучун

Шовкъехь – со юхаъ.

 

Сатийсар – сан амал, гIиллакх…

Сатуьйсу айса беш кхиоре

Зазаш а даьттIа.

Iа хиларх ло дешаш хилла-кх.

ТIадамаш Iийдало тхов тIера

«Зовванехь» лаьтта.

 

                              1978

                 ЛУО

 

Дерриге: адамаш, дуьне а, даьхни,

Вайн юкъаметтигаш, ков-керташ, некъаш,

Ойланаш, къамелаш, ардаш а аьхна

Iаьржа ду. Iаржделла адамийн хьекъал.

Бода тIебазбелла, лахделла лаьмнаш…

Лаьмнаш дац, уьш долчохь цхьа кегий гунаш.

Буьйсанан бIаьхоша, детташ шайн гаьмнаш,

Дохадо вайн лаьмнаш – бехкамийн шунаш.

Анайист тIееъна куьг кхаччал уллохь.

Харц-бакъ ца къастош берш тобане гулло:

Уьш дийнах буьйса еш, буьйса тIе Iаржъеш,

Хьийзаш бу, зуламах сийлаллин дарж деш.

Хорамо садукъдеш Iевдича легаш,

Мохь боккхуш: «Биса а бисний-те кIайн бос»,

Дала би къинхетам: хьийзарехь лешаш,

ДогIуш ду хьозанан месел а кIайн ло.

Iаьржачу дитташна йохуш кIайн тираш,

Кхетамехь денъеш вайн марзонаш шира,

Йоьхначу ойланийн кийсигаш хьулъеш,

КIайн луо ду, кIайн луо ду дуьненчохь даьржаш…

Стиглахь ду лайн чимаш, лаьттахь а изза,

Лайн чимаш – массарна дIадекъча диссал.

 

                                                            1997

                               ***

 

Ло догIу цкъа мацах, цкъа мацах санна,

Ойланаш лайн кIайчу чимаша хьулйо.

Хьо-м яц-кха цкъа мацах, цкъа мацах санна,

Хьо кхин ю, со кхин ву... Xаьий те хьуна?

 

Ойланца хьо йисна яхначу хенахь,

Ойланца хьо йисна цкъа мацахлера.

Ткъа хетарг долчунна дисна сел генахь.

Сан шераш, хьан шераш лета вайх дера.

 

Яхначу заманах хьан дагахьбаллам

Вайн синош кхоамза дууш бу денна.

Нисдала йиш йоцург охкуш бен таллам

Вайн ойла, вайн синтем бохош бу цIенна.

 

Ма хетта ца хьийзи дуьненан хьераш,

Дах ца луш дIасеци лайн чимийн хелхар.

Вайн новкъа хIиттина догIуш ду бераш,

Вайн дахар – цу берийн делар я делхар.

 

Кхетамехь хьан диси ло мацахлера,

Кхетамехь сан йиси хьо хIетахьлера...

Ца ларош хьоь ала лайн чимех дешнаш,

И чимаш коьрта тIехь диси, ца дешаш.

 

                                                        2004


КУСАЕВ 1адиз

 

        1а

 

Юха а схьахеза зов –

Стиглахь а, лаьттахь а дов:

Шелоно, йовхонца хьерчаш,

Г1елдина тхан дегнаш, кхерчаш.

 

Юха а шелонан дов,

Адамаша ца дашош лов:

Багара г1иттарх 1аь шийла,

Ца хетта уьш доьхна, г1ийла.

 

Дарц хьийзош лаьттинчохь тов,

Лайн к1уьрлахь аренаш йов.

Амма дац адамаш тийна –

Уьш хийла шелоно зийна.

 

Мох ц1ийза. Лайх буьзна тхов.

Г1орийнчу гаьннаш т1ехь г1ов.

Б1арзделла олхазар хьийза –

Ма хала пхьор лаха деза!

 

1а деъча шелделла сов.

Кхазаргийн к1ажаршлахь тхов…

Амма дац дахар д1атийна,

Ло дижарх, шано д1атийна.

 

ИСМАИЛОВ Абу

 

Хьуьнхахь 1аьнан 1уьйре

 

Лаьтта охьадахна генаш

Наггахь белшах тийсало.

К1айн к1ур боккхуш, охьа1енаш,

Когаш к1елахь ц1ийза ло.

 

Ца лиъначу генах къаста,

Г1ан т1ехь 1уьллу дато г1ов.

Дахар! Хьуна бу-кха хастам!

Хьох ца къаста, х1ун ца лов?

 

        Керла шо

 

Адамо. Адамо хадош бу

Заманан барам.

Аьрхачу ойлано йоруш ю

Йистйоцу аре.

 

Керла шо. Керла шо –

Мацах цкъа г1аш лелла пекъар.

Хотталахь, ченалахь

Хийла ахь идийна некъаш.

 

Эмкалан боларца

Г1амаршкахь текхна хьо г1ийла.

Йорг1ачу говрашкахь

Идалал сехьа а дийлла.

 

Буьрсачу х1ордаца

Колумбан хин-кема хилла,

Ихна хьо Малхбузе,

Хаьржинчу некъах а тилла.

 

Аьрхачу ойлано

Аьчкачу некъа т1едаьхна,

Х1аваан кемано

Айина мархашка даьхьна…

 

… Олу вай тахана:

«шо шаре ма сиха долу».

Космосан заманан

Ду цуьнан ракетийн болар.

 

Маьлхана гонаха

Хаддаза хьийзаш ду латта,

Йиш йоцуш сихдала,

Йиш йоцуш сецна ша латта.

 

Адамо. Адамо

Ша шена сихйина зама.

Цундела теша со –

Ю иза цо кара1амор.

 

Цундела олу ас:

«Керла шо, дог1ийла марша,

Маьршачу лаьтта т1ехь

Машаран сирла аз даржош!»

 

ХАСАРОВ Ша1рани

 

             1а

Чехкачу дарцашка мааре

Яхана шера гунн аре.

Несана, шеллуш къахетта,

1аьно т1етесна к1айн верта,

 

Буьйсанийн, денойн и тирца

Ц1а, пеш а кечлуш ю х1инца.

Мел дахдарх ц1аро шеен туьйра,

Хуьлуш яц цаьршинна куьйла.

 

К1айн верта довха а хетта,

Нускал 1а мерза наб кхетта,

Кучамийн бос г1енах хоьрцуш,

Б1аьстенехь марехь ю моьттуш.

 

ХАТУЕВ 1абдул-Хьамид

 

  Керла шо…

 

Керла шо…

Юха а хьалнехьа

Дахаро баьккхина арц…

Ойлаеш совца вай

Лаамций, лаамзий

Гездинчу некъийн.

Мичахь бакъ толий ас

Я мичахь г1ирти со харц,

Дикане кхевдинчохь

Безаршна муьлхачу

Стоьмийн х1у хьекъий?

Мел ду уьш

Букъ т1ехьа

Лайн х1уро хьулдина некъаш,

Юхаверза йиш йоцуш

Сихвелла дагийна т1айш…

Йиш хилча д1аерзо,

Хийланна ца йог1уш,

Мел йина чевнаш,

Хийланна, догц1ена, тахна

Марахьарча хилча сан йиш.

Дахаро кхетаво,

Замано ерзайо чевнаш.

Дийлинчу г1алатийн

Месаш т1е охьадуьллу сир,

Делахь а, кху лаьттахь

Нийсоне кхийдар

Ирс хеташ,

Безамо, тешамо кхолу

Малхе сан кхевдина йир.

Керла шо…

Юха а дикнехьа

Дахаро яьккхина аьрша…

Х1ун оьшу адамна

Ирс долуш даха кху лаьттахь?

Хий-сискал, туьхий,

Дайн кхерчахь йогу ц1ей,

Маьрша,

Малха к1ел диканах хьаьгначу

Ойланца г1аттар.

Керла шо…

Лайначийн марзонца

Хиндолчун хьесапден мур

Доьху ас сих ма ло,

Шайн ширчу хьомсарех къаста.

Дийлинчу г1алатийн

Белш т1ера бегабеш х1ур,

Сихлолаш, адамаш,

Диканна шайн дегнаш даста.

 

 ЯШУРКАЕВ Султан

 

Полларчийн вай даьлла –

                           лайн чимаш оьгу,

ХIора а чим – гIургIезан мас.

Лепачу цIеналлехь меца дог хьоьгу,

Ший а куьг кIел лоцу ас.

 

Хетало лакхаллехь йиллина хьера,

Охьуш ву седарчий цхьаъ-м,

КIайн дама санна уьш оьгу сан кера,

Боссабеш кхолларан кхаъ.

 

Лайн чимаш – кIайн суйнаш,

                                  седарчий кIеда,

Хьаннаш а, лаьмнаш а кIайдеш,

Дуьйшу и седарчий меллаша ке тIе,

Бер санна, къинойх со цIанвеш!.

 

ЦУРУЕВ Шарип

 

                  Лайн чимаш

 

Заз санна, ловзарца серла а довлий,

Лайн чимаш дай оьгу можачу бай т1е.

Делхарца, арзаца суна т1екховдий,

Бай т1ера, ден а лой, доьрзу сан байте.

 

Йоца ю лайн чимийн оьмар кху буса,

Г1ийла ду лайн чимийн т1аьххьара делхар.

Г1ерта уьш цундела ловзарх дог дуза,

И ловзар – 1ожална хьалхара хелхар.

 

Уьш беттан серлонехь мел ирсе ловзу,

Къа доцу мел ц1ена дахар ду церан.

Дахаран ирчалла кхиале йовза,

Деларца доьлху уьш, ловзарца – кхелха.

 

Харцонца ца ларош, ца яйлуш г1айг1а,

Вайн дахар д1адолу, хуьлий цхьа г1овг1а.

Лайн чимаш дай оьгу можачу бай т1е,

Бай т1ера, ден а лой, доьрзуш сан байте.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика