ДАДАШЕВ Iабдул

PDFПечатьE-mail

 

Юхадерзар 

 

                                                           (романан дакъош)

 

 

                                                                                                              VII-г1а корта

 

                                                                             Ца дуьйшу девнаш

 

Шовхалан къахьега дийзира, дех йисна керт-ков юха шайн долаяккха гIерташ. Девнаша, догъэтIош, гIелвинера. Денна бохург санна, хезаш дара девне буьйлуш, харцо ца лалуш хуьлуш долчу зуламех. Шовхала, беза мах луш, хала юхаерзийра шен дех йисна керт. «Пятиэтажкера» шен вежарий, нана, зуда а дIабигира Шовхала. Доккха са а даьккхина, ког хецна буьйса яьккхира цхьана хенахь дас йинчу хIусамехь.

ХIинца оьшург болх бара. Институте ваха кечамбан безаш Ваха а вара. Болх хьехош, сагатдеш лелаш Пацу а вара.

 

Шовхал кхузза вахнера Грозненски горкоме. Цкъа вахча, партийни учете дIахIотта, тIаккха дуьйцур ду вай балхах дерг аьлла, ваийтира. ШолгIа вахча, ладугIуш хир ду, элира. КхозлагIа вахча, «хьо виц ца велла, цкъачунна дан хIума дац», элира.

Партин обкоме вахале, цигахь аьндерг хууш, лахарчу инстанцешкахула чекхвала сацамбина вара Шовхал. Тахана гIалин да волчу кхача дагахь вара иза. Кхул хьалха а хиллера иза гIалин Советехь, амма, адамаш дукха долуш, цигахь де дайа а ца лиъна, цIа веанера. Ткъа хIинца, Буксинна тIе ца кхочуш Iийр вац ша аьлла, сацамбина вара.

Соьлжин тIех ваьлла, гIалин Совет йолчухьа вирзира Шовхал. Геннара бевзира цунна хIокху деношкахь кхузахь тосабелла нах. ОьгIазе дара цара вовшашлахь ден къамелаш. «Юха а ца дина-кх церан гIуллакх» – дагадеара Шовхална. Цара гIалин дена тIекхоьхьург, церан дехарш гина вара иза. Цхьана дийнахь цара дийцинера кхунна шаьш лелориг. Цхьаъ, прописка ца хилча балха дIа ца оьцуш, и яхьара бохуш, дехарш деш, денна бохург санна, кхуза оьхуш вара, важа, чохь Iен меттиг йоцуш, тишделла, тесна лаьттина цIа меттахIотто гIирсаца гIо дахьара бохуш, дехарш деш вара, важа, шен кертахь, схьагарехь, тIом болуш йина ДОТ дIаяккхийтахьара бохуш, дехарш деш вара. Я церан а, я кхечеран а дехарш кхузахь тергалдеш стаг вацара. Дечу хаттарна лушдолу жоп ца ваьлла дара. Иза а, корта хьала а ца таIош, луш дара адамийн хьашташ кхочушдан охьаховшийначу наха.

ГIалин Советан неIарна генадоццуш доккхачу диттан IиндагIехь лаьттара къамелаш деш нах.

Дуьххьара вевзаш Шовхал тIамехь хиллачех вуйла хиъна боцу и нах, мелла а дозаллица бIаьргтухуш, цуьнан накха буьззина кхозучу орденшка а, мидалшка а хьовсуш, севцира.

– Ассалам Iалайкум! Шу ма хьалхе арадевлла? – вистхилира иза, кхузахь бевзинчу накъосташка.

– Ва Iалайкум салам! Хьо ву иза, Шовхал? Юха Казахстане дIадахча хIун дара-техьа вай, бохуш, вовшашца дагадуьйлуш лаьтта-кх…, – велавелира цхьаъ.

– И ца дуьйцур вай. Чохь юй-техьа хIара бюрократаш? – шолгIачу гIат тIе хьалахьаьжира Шовхал. – Сайн хIун хуьлу хьажа со, – шийла велакъежира иза.

– Дала аьтто бойла! ХIинцца чувеана хьуна и Буксин эриг.

Ша ден долчу къамелан ойла а еш, меллаша ког боккхуш, сирчу мраморх бинчу ламеш тIехула, шолгIачу гIат тIе хьалавелира Шовхал. ГIалин Советан приемни чохь Iаш цхьа-ши стаг вара. Куьйгалхочун кабинетан неIарна аьтту агIор Iаш яра, луьста хьаькхначу басарша тайнигах тарйина, хьаьрса, жима йоI. Иза секретарь-машинистка яра. Маршалла а хоттуш, Шовхал чоьхьаваьлча, зорбатухучу машинки тIе бетта пIелг айъинчохь соцунгIа хилира. Хьалха вогIуш хилла хорма яцара Шовхална тIехь ерг. Шега масийтта шо хьалха, тIеман хьалхарчу позицера схьа а ваьккхина, Казахстане доьзал болчу воьдуш некъахочо лейтенанта аьлларг дага а деана, цIий Iенош бинчу тIамехь толамаш бохуш даьхна совгIаташ ас хIунда дахкадо чамди чохь, ца хуучунна хуур ду-кх со тIом бина вуй аьлла, тIеюьйхинера цо шен совгIаташ тIеоьхкина коч. Шовхале маршала а хаьттина, меллаша хьала а гIаьттина, Буксин волчу чуяхара иза. Оццу минотехь ара а яьлла, йист ца хуьлуш, шен болх бан охьахиира. Приемни чохь тийна дара. ЙоIа зорбатухуш ден тата доцург хезаш хIума дацара.

– Чохь вуй? – жимма Iийна хаьттира Шовхала секретарше, Буксинан неI йолчухьа корта а ластош.

– Ву. Амма тахана прием хир яц шен, аьлла-кх цо.

– И хIун ду? Цхьанхьа дIасаволуш-м вац иза?

– Ца хаьа. Тахана нах тIеоьцур бац ша, аьлла-кх цо, – еттачуьра машинка а ца сацош, жоп делира йоIа. – Цундела ма ду тахана тийна.

– Муха тIеоьцур бац? Соьга тахана вола ма аьлла цо! И хIун къамел ду? Чу а гIой, дIаалал цуьнга, Степанов ву цо тIеэцаре хьоьжуш Iаш алий, – карзахваьлла хьаьвзира приемни чохь Iачех цхьаъ. ШолгIаниг, хьала а гIаьттина, аравелира.

Секретаршас, чу а яхана, Степановх дерг хаийтинчух тера дара, дукха хан ялале цуьнга чукхайкхира Буксина. ХIинца приемни чохь виснарг цхьа Шовхал вара.

– ЦIе хIун ю хьан? – хаьттира оцу йоIе Шовхала.

– Ахь хIун до сан цIарах? – цец хьаьжира иза Шовхале, – Полина ю-кх.

– Полина, со чIогIа гIуллакх долуш ву, и хьайн хьаькам волчу вахийта веза ахь со, – вела а луш, дехар дира Шовхала.

– Яьхьар яц. Цо цхьа ма ваийта аьлла. Йиш яц шен, боху. Доклад кечъеш ву иза.

ХIара шиъ къамел деш Iаш хьен ца луш аравелира Буксин волчу вахана Степанов. Иза гIеххьа сакъераделла вара. Схьагарехь, цуьнан хьашташка ладоьгIначух тера дара гIалин дас. Шовхална хьалха соцунгIа а хилла, цхьаъ ала дагахь айа а велла, юха, куьг а тесна, ара а ваьлла, дIавахара иза. Цул тIаьхьа ахсахьт делира. Хьалха ма-яххара, ког байбинна, Буксин волчу яхара Полина. Iачуьра хьала а гIаьттина, чухула дIасаволавелира Шовхал. Корехь сецира иза. Соьлжан тIай, гIалин коьрта урам – Ленинан цIарах йолу проспект яра гуш. Адамаш дара шайн гIуллакхашка хьаьвдда дIай-схьай лелаш. Дукхахберш нохчий бара. Къинхетамца оцу нехан ойла йора Шовхала. ШолгIа дохор ду-кх хIара. ТIаьххьарчу хенахь массо хIуманах кхиъна, чохь долуш, тIехь долуш, цIенош дина, машенаш эцна, доьшучо доьшуш, балхахь волчо болх беш, дахар тоделла, хало дIаяьлла, охьахевшинера нохчий. Делахь а, и дерриг дIадала а, долччохь дита а резахилла, Даймахка бирзинера. Ткъа кхузахь цаьрга сатуьйсуш стагга а ца хиллера. Мелхо а, уьш бухахь болчарна новкъа бара. Ваьснаш, цатемаш, девнаш дара ког баькх-баьккхинчохь. Ма-хуьллу дов ца дезаш леларх, хаза дийцарх гIуллакх хирг цахиларх тешаш лаьттара иза…

Буксинан кабинетан неI йоьллуш хезна, юхавирзира Шовхал.

– Со ву элирий ахь? – хаьттира Шовхала.

– Иза араволуш ву – жоп делира Полинас.

– Хаза дийцарх…, – аьлла Буксинан неIаре вахара Шовхал, ша Iаьчуьра хьала а гIаьттина, цец сецира Полина.

– Иза араволуш ма ву, – йоьхна йистхилира йоI.

Шовхала неI схьайиллича, араволуш волу Буксин тIеIоттавелира. Аравала дагахь, неIаран сагIехь сехьа цо ког боккхушехь, дуьхьал ког а баьккхина, неI дIалецира Шовхала.

– Со хьоьца гIуллакх долуш веана кху чохь Iаш волу цхьа сахьт сов хан ю.

Ша ара ца волуьйтуш дуьхьал дIахIоьттинчу бIаьхочуьнга хьаьжжинчохь сецира Буксин. Шовхалан некха тIера бIаьргаш дIа а ца бохуш, Буксин юхавелира.

– Иштта сиха гIуллакх ду? – хаьттира цо, шен буйнара папка стоьл тIе охьа а кхуссуш.

– Ду. Со доьзалца цIа веана ши бутт кхаьчна. Суна балха ваха меттиг еза. Сан бераш ду, нана а, вежарий а бу.

– Муьлхачу чинехь хилла ву хьо? – хаьттира Буксина, мелла а цо динчу хаттаро Шовхал цецвоккхуш.

– Капитан.

– ЛадогIал, капитан, – ойла еш соцунгIа а хилла, дийца волавелира Буксин, – хьуна ма-гарра, дийнахь а, буса а, машенаш тIехь, кеманаш тIехь, цIерпошта тIехь схьаоьхуш ду адамаш. ЦIеххьана адам цIа хьадаро цхьамогIа проблемаш кхоьллина. Уьш дIанисбан еса хIусамаш яц, белхан меттигаш яц. ХIора а, ша бен вац моьттуш, девнаца схьакхочу. ЦIенош дассаде, прописка е, болх ло – дIахьедарш хуьлу деш. Ас дуьйцучух кхетар волун дела дуьйцу ас хьоьга. Хала мур бу хIара… Партехь вуй хьо? – къамел хуьйцуш, хаьттира Буксина.

– Ву.

– Горкомехь хиллий хьо?

– Хилла. Цара собарде боху. Сан собардан йиш яц.

– Делахь вайшимма хIун дийр дай, со бюро кхайкхина ву. Цигахь хьалхарчу секретаре хьахор ду ас хьох лаьцна, – Шовхалан белш тIе куьг диллира Буксина, – цхьаъ дийр ду вай, капитан, – ша стоьла тIе охьакхоьссина папка схьаийцира цо.

– Ткъа ас хIун дан деза? Юха маца вола со?

– Кхана итт сахьт долуш.

«Со кочара ваккха деш къамел дара-техьа цо динарг, я баккъал а гIо дан гIерташ ву-техьа?» – ойла йора гIалин исполкома чуьра араволучу Шовхала. Тахханналц массаьргара а схьахезаш дерг кхин дара…

Куьйгалхоша шайн терго цаяро дардинера адамаш. Горкомехь орготделехь хилла къамел, дуьстича, вовшахъуьйш дацара. Цара доцца хадийра. Кху сохьта бала болх бац. Дан накъосталла а дац аьлла. И хIун дара-техьа? Со коммунист хилар ма хаийтира ас. Сан къамел ца тайра-техьа, я… шен накха буьззина лепачу орденшка хьаьжира Шовхал, ас хIинццалц тIе ца юьйхина хIара коч ю-техьа «бехке». Ас кхин тIехваьлла дийцина хIума а ма дацара. «Тхо цIа даьхкина. Со кху гIалахь Iаш ву, коммунист ву. Балха ваха лууш ву» алар бен.

Партин могIаршка хIоьттичхьана, партин сацамех тешаш, уьш кхочушбар шен декхар лоруш леллачу тIемалочунна хала дара партин ЦК-н сацамца цIа дерзийначу адамашца лелочу некъах кхета. Цкъа, вулий, дагадогIура: «ЦIеххьана цIа таттабелла нах дIанисбан ца ларабо хир бу-кх», – олий. Юха дагадогIура: «Адамашна цIа дерза бакъо пачхьалкхо еллий хуъушехь, кечам ца беш хIунда Iийна-техьа меттигера Iедал?», – олий.

Цхьа де хьалха гIалин исполкоме веъча, адамаш дукха а хилла, цигара дIаваха дагахь Шовхал лаьтташ, кхунна тIенисвеллера Зияудди. Нохчийн бала эцна лелаш стаг вара иза. Цхьацца дуьйцуш хIара шиъ лаьтташ, тIевеара Зияудди вевзаш цхьа стаг.

– Ассалам Iалайкум! Зияудди, хьох бIаьргкхетта, тIех ца валавелира со.

– Ва Iалайкум салам. Хьо ву иза, Iабдулкъедар, дийцал тIаккха, хьо цхьаъ доцуш ца лела, – велакъежира Зияудди.

– Схьагарехь, массаьргахь бу моьтту суна цхьа бала – хIусам, болх. Цхьаъ-м хаьа суна – дегнаш чIогIа долуш хилла вай. Ас Казахстанехь, тхаьш Iийначу гIалахь, цIенош дина цхьа шо бен дацара. Дика цIенош ма дара уьш. Эха мехах уьш дIа а доьхкина, сайн дагахь, «цIа ма-кхеччи чуваха цIенош долуш ду, цIера дохуш дисна», – аьлла, сихвелла, схьа ма веана со…

– Изза ду хьуна массаьргахь а. Наггахь воцчунна юха ца дерзийна цIенош. Цу цIенош чохь дисна хIума дийца а ца дуьйцу вай.

– Цунах дерг хьуна а ца хаьа, Зияудди? Iедал хIун дан дагахь ду-техьа. Тхан юьртахь доккха дов хилла бохуш, дийцира, цIа баьхкинчу нехан шайн цIенош дIа а лаьцна Iачу нахаца. Ма оьшуш дацара вайна зуламаш.

– «Зулам лоьхург вонах ца ваьлла», – олу. Зулам дика дац. И бакъ ду. Кхин цхьаъ ду. Юьртахь дерг сиха къаьстар ду аьлла, хета суна. Юрт цIа йоьрзуш ю, бахамаш аш дола а баьхна Iаш берш ша-шаха дIагIур бу, церан Iойла хир ма дац. Ойлаел ахь, масала, хьан вешин кертахь Iаш ву суьлийн махкара веана охьахаийна стаг. Гуобаьккхина шайн цIеношкахь баха охьаховшур бу хьан гергара, цIийнан мел верг, Iойла хир дуй оцу хьан вешин кертахь волчуьнан? Хир дац. Цунах шун кертахь верг ша а кхетар ву, дIагIур ву. Цунна хан оьшу. Коьрта халонаш, Iабдулкъедар, стенца ю хаьий хьуна?

– Стенца ю?

– ГIалин а, республикин а куьйгалхой болчохь хилла со. Нохчийн цIаберзарца Iитталуш долу гIуллакхаш дийцаредар а нисделла. Берстина, легашка махьарш хьала а гIоьртина, леррина ла ца доьгIча, цара дуьйцучух ца кхеташ, музейш санна, кабинеташ кечйина Iаш бу и ас буьйцу куьйгалхой. Вай лелочунна кIезиг сагатдо цара.

– Селхана Оргкомитетехь хилира со. Гайрбеков Муслимца вехха къамел деш Iийра. Дерриг хууш ву иза. Цо бохург изза ду. Собар ца хилахь, юьхьIаьржахIуьттур ду, боху. Девнаш ца оьшу, къийсамаш ма лелабе боху. Хала делахь а, са ца тоьхча девр дац.

– Иштта лаьттар дац хIара. Шаьш лелочунна и харцнах дохко а бохуш, Iедало дIанисдийр ду, – Iабдулкъедаран белш тIе куьг туьйхира Зияуддис.

Сингаттаме мур бара лаьтташ. Нохчийн мохк хилла бохург дицдина дIадаккха Iалашо йолуш, нохчий махках ма-беххи, цунах Грозненски область йинера. Нохч-ГIалгIайн республика карти тIера дIаяьккхинера. Яссаеллачу ярташка Ростовски областера, ГIизларера, Дагестанера – оьрсийн, гIумкийн, суьйлийн пхи эзар гергга доьзалш баха ховшийнера. Цара шайн гергарнаш схьабалийнера. Уьш, нохчийн долахь хилла керташ, цIенош схьа а лецна, кхобуш даьхний долуш Iаш бара. Царна а, бехкбоцуш, Iедало деш зулам дара. Шайга дийцинчух тешна – нохчий кхин шайн махка цкъа а юхабоьрзур бац аьлла, баьхкина бара уьш. Цаьрга кхузара дIагIо олуш стаг вацара. ЦIа веанчу нохчичунна шен керт паргIатйоккхийла лаьара. Iедална моьттинарг ца хилира. Нохчаша Теркайистехь ярташ ца ехкира.

 

***

 

Партин обкоман цIенойн лакхарчу гIатт тIехь корах арахьоьжуш лаьттара Обкоман хьалхара секретарь Яковлев. Иза гIайгIане а, оьгIазе а вара. Цо баьхнарг тIе ца эцнера КПСС-н ЦК-хь. Нохчий шайн махка юхаберзар цкъа а къобалдина а, къобалдеш а вацара иза. ХIинца гушдолчо гIайгIане вина, вижар-гIаттар доцуш виснера иза. Ца хуьлчу даьлча, график хIоттийна, уьш масех шарахь юхаберзон безара бохучунна тIехь ойла сецна вара иза. Ткъа и генара хIума дара. ЦIаберза бакъо луш, правительствос тIеэцна сацам хууш бара нохчашна. Яковлевн графикца гIуллакх дацара вайнехан. Шайн боцчу махкахь хIинца вайнах совцо дукха хIума оьшура. Обкоман секретаран догъэтIара, реза вацара. Ткъа цIа оьху адам дебаш лаьттара. ГIовгIане дара учрежденешкахь, гIалин районан исполкомашкахь. Дукха проблемаш хIиттинера куьйгалхошна хьалха. И дерриге гуш, хIун дийр ду ца хууш, ойлане вара Яковлев.

– Оцу арахь юха а нах бу гулбелла, хьуна тIекхача лууш, дехарш деш… – хаийтира секретаран букъ тIехьа лаьттачу гIоьнчас.

– Муьлш бу уьш? – корах арахьаьжча шена уьш гушшехь, хаьттира Яковлевс.

– Нохчий бу. Царна юккъахь бакхий нах бу. Коммунисташ, тIамехь дакъалаьцнарш бу.

– Сан-м дац царна дан хIума. Со ваха дезаш ву – оьгIазе элира секретара.

– Оцу нахана хIун до вай? Оцу неIар хьалха собрани йина уьш латтар ма дац дика…

– Ас хIун дан деза царна! Ойла а ца еш, эзарнаш схьататтабеллачу. Хьан дуй царна дан хIума? – аравала дагахь хилла иза, ойлаеш саца а сецна, юхавахана, стоьла хьалха охьахиира. – Мел бехира ас, хIара хирдуйла хууш. Ахь хIун дей, – элира Яковлевс шен гIоьнче, – и нах тIеоьцу де билгалдоккхуш, сихха график хIоттае. Юха иза гучче дIатоха. И ца дахь, денна схьахIуьттуш, цара Iойла юьтур яц. Кхетий хьо?

– Кхета.

– Со юхавеъча гойтур ю ахь график. Ткъа оцу нахе дIахаийта, уьш тIеэца а, церан гIуллакхашка хьажа а хIара денош ду алий.

Сихвелла, диц ца далийта, цхьацца хIумнаш дIаяздеш воллура Яковлев. Цхьанххьа а ваха гIуллакх долуш вацара иза, обком чохь цаIархьама, доцу гIуллакх ду шен бохуш, аравала гIерташ воллура. Амма сингаттамо сецавора, ойлане вохура.

«Хьажахьа, кхин къар ца луш, кхозлагIа хIоттийр-кх цо КПСС-н Президиумна хьалха Къилбаседа Кавказера республикаш юхаметтахIиттор», – хозуьйтуш, ша-шега элира Яковлевс.

Цунна хууш дара, Хрущевс хьалха президиумехь дийцаредан и гIуллакх хьалхахIоттийча, Молотов, Маленков, Каганович дуьхьалваьлла, дисина хилар. Яковлевна нийса хетара, хIетахь КПСС-н ЦК-н Политбюрон декъашхоша Къилбан Казахстанехь Казахски ССР чу а йогIуш Нохч-ГIалгIайн область кхолла еза бохуш, ялийна предложенеш.

– Хрущевна цахуучух тера ду кхузахь долу хьал, – карзахвуьйлура Яковлев. – Ас мича бахьа беза, нохчий махках баьхча, дехарш деш, баха схьабалийна нах. Цхьа хIума галдалахь, юха а со хир ву бехке.

 

Партин обкомна хьалха лаьттачу нахе, дIа а хьаьжна, резавоцуш вистхилира сихвелла гIалин Советера вогIу Зияудди.

– Муха хета хьуна, Жунид, вайн гIуллакхаш? И нах хазахета лелаш-м бац?

– Дера бац. ХIора а цхьа бала, сингаттам бохьуш веана-кх. Цхьаьнга-шинга маршала а хаьттина, кхин ца соьцуш, обкоман неI йолчухьа сихдира Зияуддис шен болар.

– Вало, хIорш дIасабовлале, – Жуниде а аьлла, неIарехь лаьттачуьнга партин билеташ дIа а гайтина, обкома чоьхьавелира Зияудди а, Жунид а.

Зияуддина тамашийна а хеташ, обкоман хьалхарчу секретаран приемни чохь адамаш дацара. «Там бара хIара чохь ца хила».

– Яковлев чохь вуй? – хаьттира Зияуддис приемни чохь Iачу зудчуьнга.

– Цо цхьа а тIе ца оьцу тахана.

– ТIаьхьатетта йишйоцу гIуллакх дохьуш баьхкина нохчийн векалш бу, ала цуьнга.

Шега бохучух ца кхеташ санна, къаьрззина схьахьаьжира и зуда.

– Ас аьллачух ца кхийтира хьо? Тахана цхьа а тIе ца оьцу цо, – дахдеш элира цо.

– Ванах, тIевах-ваханчохь кхара лелориг хIун ду? Жунид валол, – аьлла, ша Iачуьра хьалаиккхинчохь и зуда а юьтуш, неIарх чутилира Зияуддий, цунна тIаьхьа Жуниддий.

Шега хаийтина а, я ша тIеоьцур ву аьлла а доцуш, кабинета чоьхьавоьллачу шиммо цецваьккхина, кхаьрга хьаьжжинчохь сецира Яковлев а, цуьнан гIоьнча а.

– ХIорш муьлш бу? – оьгIазе хаьттира цо шен гIоьнче.

– Ца хаьа. – КIезиг цецваьлла вацара секретарца долу къамел сацийна схьавирзинарг. – Шу хьан бакъо елла даьхкина кху чу? – хаьттира секретаран гIоьнчас. – ХIара хIун ду аш лелориг?

– Бакъо партис елла… Охашимма деана гIуллакх тIаьхьатетта йишйолуш дац.

– Сан йиш яц шуьга ладоьгIуш Iен. Юхадуьйла, дуьйцур ду вай. Шу тIеоьцу де билгалдеш, график хир ю.

– Тхаьшна хIумма а деха веана вац тхойша, нехан дехарца веана. Ахь ладоггIалц, кху чуьра ара а вер вац. Тхо кхеташ хIуманаш дац хIорш. Лергаш таIIийна Iаш ма ду шу?

– Хьо тхуна хьехар дан-м ца веана, хьо ван мукъана мила ву?

– Со нохчо ву! Нехан бала эцна веана хьуна тIе, хьо коммунист ву аьлла. Гушдолчо инзар-акъдаьхна тхо! Доцца аьлча, гуш ду, уггар хьалха хьо а волуш, шу дерриш тхо цIадахкарна дуьхьал хилар.

– Уьш даьсса хабарш ду.

– Хабарш делахь, муха кхета веза, балха дIа ца оьцу, прописка ца йо бохучух. И хIун политика ю аш лелориг? «Прописка ма е, и ца хилча, балха дIа ма ца оьцу»! И хIун ду, цунах муха кхета веза? Муха кхета веза, хIара оьрсийн гIала ю бохучух. И мичара даьлла?

– Хьан боху иза?

– ГIалин Советехь боху-кх. Цигара вогIуш ву-кх тхойша.

– Хьажахьа, цо дуьйцурш, – цец шен гIоьнче хьаьжира, стоьла хьалха охьа ца хууш, сехьа а ваьлла сецира Яковлев. – Шу арадовлу я ас милицига дIахоуьйту?

– Милиций, комендатурашший гина ду тхо кхойтта шарахь. ЦIадирзина адамаш хIунда хьийзадойту ахь? – оьгIазе хаьттира Зияуддис.

– Царна стагга а бехке вац. Гушболчу барамехь уьш тIеэца меттиг бац…

– Аш тIеэцнарг мила ву? Цхьа а вац-кх. Адамаш хIинца а цIерпоштан некъа йистехь буьйсанаш йохуш Iаш ду-кх, – тIетуьйхира Жунида.

– Партин Ооком иза ца хууш ю?

– И хIун допрос ю? ХIахI? Шайга дуьйцучух ца кхета шу? Меттиг яц. Царна яла хIусамаш яц. ГIала тIехъюьзна ю, – дIакхевдина, стоьла тIехь лаьтта стака схьа а эцна, оцу чу тIехдаллалц хи а доьттина, Зияуддига схьауьйхьира Яковлевс, – кху чу кхин тарлур дуй? ХIахI?

– Ду! – аьлла, стака схьа а эцна, дIаIанийра Зияуддис, –хIинца тарлур дуй?

– Хьан дена а, нанна а… зуд ду-кх хьо! – маьттаза дешнаш олуш, тIекхохкавелира Яковлев.

Цуьнан багара и дешнаш довларца, тIара тоьхна, кхоьссина хьалхара дIавахийтира Зияуддис секретарь. Шена тоха стаг дуьнен чохь вац аьлла хеташ волу Яковлев, тентакваьлла, сецира. Юха, тIекхетта, стоьлан гIутакх схьа а диллина, тапча схьаийцира. Цуьнан гIоьнчас телефонах катуьйхира.

– Ца оьшу, – аьлла, телефон тIе куьг диллира меттавеанчу Яковлевс, «обкоман секретарь леташ вара» бохург муха чекхдер ду хууш вара иза.

Зияуддис динчо холчахIоттийна Жунид ма-хуьллу хIара сецош вара.

– Ас ЦК дIахоуьйтур ду! Хьо кхузахь нохчашка цхьаъ дайта гIерташ ву! ДIа ког баькх-баьккхинчохь хезаш провокационни къамелаш ду. Цхьана а куьйгалхочо тIе ца оьцу. Тергал ца бо юха а дахарх боьхна нах!

– Аравала хIокху чуьра! Ас дохковоккхур ву хьо!

– Хуур ду вайна, дохко хьан, мила воккху!

– Хаа ду хьуна, шуна моьттург хир дац! Шун меттиг бурунни аренаш ю!

– Иза а вай къастор ду. Хьенан меттиг мичахь ю!

– Къастаде. ДIадовла суна гучуьра!

– Хьалхара секретарь хуьлу иштта? ХIахI? Хьо ву секретарь?

– Араваккха иза кху чуьра! Ас тапча тохале! Ас хоуьйтур ду хьуна, со секретарь ву я вац! Ахь динарг а иштта дуьтур ду-м ца моьтту хьуна?!. Шуна-м дера моьтту хIуъу а мегар ду! Тохарлерра бандиташ! Яхийта кху чуьра!

Зияудди, тоьттуш, дехарш деш, араваьккхира Яковлевн кабинета чуьра. Шен накъоста динчо цецваьккхина Жунид ма-хуьллу сиха обком чуьра Зияудди араваккха гIерташ воллура. Ламеш тIехула охьавуссуш дуьхьалвогIуш мел нислург шаьшшиъ лаца вогIу-кх олий вуьсура Жунид.

– Деллахьа де хьайга бохург! Деллахьа вала хIокху чуьра ара, – дехарш дора Жунида, схьалаьцначуьра Зияуддин пхьарс дIа а ца хоьцуш.

– Цо дуьйцург хезирий хьуна! Республикин уггар воккхачу куьйгалхочо и дуьйцуш хилча, кхунах хIун хир ду аьлла хета хьуна, хIа-хI? – лами тIехь сецира Зияудди. – Хьо дIагIо, сан къамел чекх ца даьлла.

– Хьераваьллачо дуьйцур дац хIинца ахь дуьйцург! Со дIа а гIур вац, хьо кхин и волчу а гIур вац! Юха а чуволлийта гIерта хьо? Кхин некъ карор бу вайна. «Ойла ца еш динарг гIайгIа йоцуш ца дирзина», – олу.

Жунид къар ца велла, обкома чуьра аравелира хIара шиъ. Обкома хьалха лаьтташ дара шайн сингаттам бохьуш даьхкина адамаш. Царна юкъахь хиллера Зияудди вевзашберш. ХIара обкома чу вахчахьана Казахстанехь долуш дуьйна нохчий махкахбахар нийса цахилар айина КПСС-н ЦК кехаташ яздеш, юха, аьрзнаш хIунда яздина бохуш, меттигера Iедал коча оьхуш, чувуьхкуш, къар ца луш, цIа кхаьчна вара иза. Гулбеллачарна цо лелийнарш дуьйцуш лаьтта Гаки тIеволавелира, обкома чуьра араваьлла, шеца волчу накъосте оьгIазе къамел деш, схьавогIучу Зияуддина.

– Царах иэхь дац шуна! Ийзадала а ца оьшу. Шайн гIуллакх майрра аш ца дийцахь, оцу чохь Iийраш буй, – обкоман лакхарчу гIат тIе пIелг хьажийра Зияуддис, – цара тергал дийр дац шу. Хаа ду шуна!

ВогIуш лаьттачохь, ца соцуш, нахе вистхуьлуш дIавахара холчахIоьттина Зияудди шен накъостца.

– Хьажахьа, кхара лелориг. Сталиний, цуьнан гуоной халкъашна дина зуламаш нисдан гIерташ, леррина партис, правительствос тIеэцна сацам бу. ГIо а деш, адам цIа дерзош ду, ткъа цIахь даррехь гуш дуьхьало ю.

– Чекхдер дац!..

– И-м суна а хаьа. И гуш ду, цара юьхьарлаьцна некъ хIинца чекхбер бац. Хьалха магош хилларш Iедало а могуьйтур дац. Ла ца ло-кх гуш лаьтташехь бешболу ницкъ!

ЦIа веана Зияудди холчохь вара. Ша обкомехь динарг нийса ца хетара. Сатоха дезаш хиллера. Тухур дара, маьттаза мел дерг цо ца аьллехьара. Я хIумма а йоцург хилла Iен везара? Ца везара со-м! Ирхъуллур велахь а, ас дена а, нанна а цхьаьнгге бахийтина а дац я бохуьйтур а дац! Обкоман секретарь хилча, дерриг магийта дезаш-м дац?! ТIара тохар-м ца хаьа, оцу шина бIаьрга юккъе тапча етта езар-кх и санна болчу халкъан мостагIашна. Ойланаш еш: нехан хьийзабар, ког баькх-баьккхинчохь гушйолу харцо, коьртачу мел оьхьучо карзахвохуш, вехха Iиллира иза дивана тIехь.

Иза цхьана хIумано холчахIоттийна вуйла хууш, тIехъяьлла цуьнга хеттарш ца деш:

– Юург стоьла тIехь ю хьуна, – аьлла, дехьа чу яхара хIусамнана.

Чайнан стака а мелла, КПСС-н ЦК кехат яздан охьахиира Зияудди. Яздеш, этIа а дой, яздинарг дIакхуссуш, вехха ваьллира иза. Эххар, яздинарг ша резаволуш нисделча, юха а, юха а деша а дешна, конверт чу диллира. Кханенга ца тоьттуш, хьаьдда почте вахара иза.

 

                                                                                 VIII-гIа корта

 

Питана

 

– Заводехь болх беш тхо маса эзар ву хаьий хьуна?

– Ца хаьа. Я гIуллакх а дац

– Оха цхьана сохьтехь лохкур ду шу!

– ПIуппIа бу! Шуна моьтту хан дIаяьлла. Цкъа бира тхуна и тешнабехк. Кхин-м бийр бац. Тхо тхешан цIахь ду.. Лахкахь, оха шу лохкур ду. Нахана шуьга дехарш деш лела кIордош лаьтта.

– КIорда хьаха дина шу. Оцу Казахстанехь Iийна делара шу, сел бале девлла долу. Собарде аш. Оха хоуьйтур ду шуна, шун мохк мичахь бу. Оха дохкодохур ду шу…

– Сайн цIа веана аьлла, воккхуш ву ахь со дохко? – тоха тамехь хIума лохуш, дIасахьаьжира догдаьттIа Зака, – шу кхуза далийначу дена хила неIалт! Ас хьуна хIун дийр ду хаьий хьуна, хьакха! – Кузьмин кучан кач схьалецира Закас. Кузьма онда вара. Цо ластийна, тайниг санна, кхоьссина дIавахийтира Зака. Юха а шена чугIерта Зака дIа а теттина, ков тIе а тухуш, кех чоьхьавелира. ЦIийнан неIаре кхаьчча сецира Кузьма.

– Со ца кхоьру хьоьх, хьан накъостех а. Со генахь Iаш вац шуна. Амма ас дIахоуьйту хьоьга, хьо хуьлда иза, я кхин хуьлда и хьан йолу ойла йолуш сан керта веънарг ас дийна вуьтург цахилар. Шу-м хила а хилла, наха ма юьйццу, боьха хIуманаш.

– Акхаро со ю-яц-м ас хоуьйтур ду хьуна, хьакха! – аьлла, цIехьа хьаьдира Зака.

Хорша еана стаг санна, эга а веш чуиккхинчу майрачуьнга хьаьжжинчохь лаьттара Люба. «Хьажахьа цаьрга, дош оллушехь, лата кийчча беца. Собарде ахь, оха царна-м дан деззарг дийр ду хьуна! ЖIаьлеш!»

– Ма хьаштдоцург ду-кх аш лелориг. Селхана кху чу веанчу Борисий, ахьий дечу къамеле ладоьгIуш Iийра со. Уьш бехке ма бац, шайн хIусамаш схьаехарна…

– Со вуй бехке? Сайна Iедало елча бен веаний со кху керта?

УьйтIахь бетта мохь хезна, корах арахьаьжира Люба. Кертахь неIарна генавоццуш лаьтташ вара топ буйнахь Зака.

– Кузьма! Ва Кузьма! Гучуваьл цкъа… – мохь беттара Закас.

– Ма валалахь ара! Варе, ма валалахь, цо вуьйр ву хьо, – дехарш деш, аравала гIертачу майрачунна тIекхийтира Люба.

– ДIаяла новкъара, – дIатеттира зуда Кузьмас. – Аравалийта, со ца кхоьру цунах.

– Со ен а йийна бен-м вер вац, гIодаюккъера схьа а лоцуш, сацийра Любас Кузьма.

Кузьма ара ца волуьйтуш, елха а йоьлхуш, неIарехь лаьттачу Любас мохь хьоькхура.

– Ва нах! Тхо дойуш ду, орцахдовлийша! ДIавалахьа тхан кертара, ахь тхоьга хIун де боху?!

– Шуна хIун моьтту, тхан керташ дIа а лаьцна, тхуна кхерамаш туьйсуш…

– Хьайн Делан дуьхьа гIуо дIа. Къастор ду вай, дов ца деш. ДIагIохьа… – Заке дехардеш, хьастаелира Люба.

Ца хаьа, я оцу зудчух къахетта делахь, я ша дан гIертачун ойла йинехь а, ша бинчу сацамна тIера велира Зака. Кхин вист ца хуьлуш, меллаша кехъваьлла, цIехьа волавелира иза.

– Ой, топ буйнахь, хьо лаа вуй? – цецваьлла дIахIоьттира Закина тIекхаьчна Исрапил.

– ВаллахI, оцу сан вешин керт дIалаьцна Iачо дукха догдатIийна, хирг-хир-кх аьлла, и вен дагахь ма хиллера со… – юьхь тIера бос байна, эгош вара Зака.

– ДIавала, ахь хIун дуьйцу. Сатоха сацамбина Iаш дац вай? Иштта лаьттар ма дац хIара, – оьгIазваханчу Закин дог-ойла яйъян вуьйлира Исрапил. – Дицделла хьуна, шен кертахь Iачунна са а ца тохаделла кочаваханчу Идрисина динарг? Кхин ма гIорталахь цу керта. Сахьт дац хьуна цара зулам дан.

– Ва Исрапил, вай хIун дан деза, Iедало деш хIумма а ца хилча? ТIе догIанаш оьхуш, мел Iен деза вай? Дош ма дац хIара… Оцу Идрисна динчо майрабаьхна хIорш.

– И-м бакъ ду.

– Цхьа дош аьлла меттиг яц Iедало вай бакъ деш. Схьахезаг-дIахезнаг – «вон даьхкина шу цIа, Казахстанехь Iа дезаш хиллера, юха цига дIадаха деза». И хабарш лан дог стенах дина хила деза?

– Ца лайча-м ца довлу. Дага ца догIу хьуна, казахца дош-дашера даьлча, оьгIазваханчу казаха «гетта, эта мой старана» олура. Цо и аларх, вай девне ца довлура. Бан а бара иза церан мохк. Ткъа, гучура дIавала, бандит, аьлча, и ца лалуш хуьлура дов, зулам. ХIинца вешан махкахь ду вай. Делахь а, хIара тхан дайх дисина тхан латта ду, тхан мохк бу аьлча, реза бац. Мелхо бандиташ вай ду, акхарой вай ю. И ган а гуш, хаа а хууш, корта таIIийна Iаш Iедалехь берш бу. Хала ду, Зака, уьш лан, амма ца лайча, сацатоьхча девр дац. Варий, и топ кхин ма эцалахь схьа!

– Са кхачийна-кх.

– Инзарвер ву хьо заводехь доллург хьай         на гича. Цхьана цехехь вовшахкхеташ, юха вукху цехехь къамелаш деш. Нохчи юххе веъча, дуьйцург сацош, схьагарехь, цхьа питана дан гIерташ лелаш бу цхьаберш.

– И хIун ду? Куьйгалхоша хIунда леладойту и?

– Куьйгалхошна ца хууш дац иза. Ахь-м и бах, тIебаьхкинчарна вайх лаьцна харц мел дерг дуьйцуш, вайга цабезам кхуллуш, Iийна хилла хьалха дуьйна кхузахь вайца Iийнарш.

– Цхьа зулам дан гIерташ лела-кх уьш.

– Тера ду. Цундела бах ас, лардала деза вай, оцу шайн керт дIалаьцна Iачунна хьо коча вахнехь, масала, иза а тоьар дара-кх царна гIовгIа яккха. Лалуш бац и цхьаберш вай цIадерзар…

– Арахь ма латта вайша, – элира Закас, топ буйнахь кхин дIа арахь латта ца лууш.

– ХIан-хIа. Тхан вешин кIант ву дехьа урамехь Iаш, сагатделла, уьш хIун деш бу хьажа вогIура со. Iодика йолда. – СоцунгIа а хилла, юха а тоьпа тIехь бIаьрг сацийра Исрапила, – и топ оьшучу кхаьчна хIумма а дац хьуна, Зака, собаре хила…

ШолгIачу дийнахь, хIинццалцчул хьалха балха веана дIасахьийзаш лелара Кузьма. Сийсара вижна а вацара иза. Закас динарг дара дестош дIаIетто дезаш. Ткъа и къамелаш тIаьххьарчу хенахь кIордийнера. Заводашкахь дуккха а бара, цIабирзинчу нохчашкахь долчу хьолах кхеташ, царах къахетарш. Амма уьш ца буьтура карзахбуьйлучара. Кузьма стаг вийна чохьваьллина вара. Иза а, цунах тера болу цуьнан накъостий цхьабарт болуш бара. И тоба, заводера спирт лечкъош, сарахь цхьаьна а бетталуш, и дIа а муьйлуш, лелаш харцтоба яра. Куьйгалхой озалора цунах. Шайна ма-луъу лелачу царна новкъа бара, «керташ яссае» бохуш, девне буьйлу нохчий.

ШолгIа цигаьрка латийра Кузьмас, генавоццуш цхьана операторца цхьаъ дуьйцуш лаьтта Бегунок валаре хьоьжуш.

– Балха даха йиш яц, сарахь аравала йиш яц, садоIийла яц… дахан-Iен ца дуьту ала, – бохуш, лере теIаш, сихвелла операторе Воробьевга питане къамелдеш воллура Бегунок.

– Соьга-м ца боху цхьаммо хIумма а, – цецвуьйлура оператор, – стенна дуьйцуш ду харцдерг.

– Хьо вацара, хьайн лулахочуьнга цIенош дассаде аьлла, нохчи веанера бохуш? ХIахI?

– Вара. Шен цIенош паргIатдаха, доьзал бахьа меттиг яц аьлла, веанера-кх иза. ТIаккха?

– Изза эр ду-кх кхана хьоьга а, соьга а. Уьш Казахстанехь бакъахьа бу. Я вайн дезар ду церан мета цига дIадаха. – Воробьев шена тIе ца воьрзуш хьийзара Бегунок.

– ДIаваьллахь, кхийти со ахь лелочух. Кхин и къамел дохьуш суна тIе ма воьллахь. Хьуьлла схьахьоьжуш лаьтта Кузьма ву хьуна и къамел дезаш. Схьагарехь, хьо валлалц бохуш, лаьттачух тера ду иза.

– Кузьма витал ахь, со хьоьца къамел деш ву…

– Со вац. Хьо зулам дан араваьлла ву. Суна ца деза зулам. Кхетий хьо! – Бегунок ша волччохь витина, дIавахара Воробьев.

– Цара дайахьара шу! Эххар цара дийр ду-кх иза.

ОьгIазе вара Кузьмина тIевеана Бегунок.

– Бартбоцчу нахана юкъахь болх ца беш, хIуъу а дан мегар дара. Сан бала, сан гIуллакх дац… Сан хила безаш хилла-кх массо хIуманна бала.

Кузьмас дIайийцира сийсара шена хIоттийна кеп.

– Чехка заявлени язделахь, – элира, ладоьгIуш лаьттина, Бегунока, – хан ца йолуьйтуш. ХIинцца.

– Хьаьнга?

– Профкоме яздан а мегар ду хьуна. ТIаьхьа а ца тоьттуш. Кхетий хьо?

– Кхета.

– Цхьа йист ца яккхахь, хIара генадолуш лаьтта. Вай самадевр долуш дац, – ойлане волуш, яппарш еш, сихха дIахьаьдира иза. Коьртера дIа ца долура цIеххьана дагадеънарг. «Топ», «вер» боху дешнаш хьийзара коьрте…

 

Балхара цIа веана Рашид сингаттаме вара.

– Эккха-м ца вина хьо? – бегашбеш хаьттира хIинццалцчул хьалхе цIа веанчу вешига Iадлана.

– Эккха-м дера ца винера со. Балха тIехь оцу цхьана тобано дуьйцучу хабарша сагатдина, шуна хууш, хезна а хIумма дуй-техьа бохуш, вогIура со-м.

– ХIун ду иза? Заводехь долчух тхуна хIун хуур ду, – элира дас.

– Вай Казахстане юха дIадохуьйтур ду шаьш бохуш, хьийзаш бу-кх заводера белхалой.

– А-а, и ду иза. Суна хезна цу хабарех лаьцна дуьйцуш. И хуьлийла лууш берш бу. Цу хабаршна резабоцурш бу…

– Сталина лелийна харцо Iорайоккхуш, правительствос сацам тIе а эцна, цIа дирзина вай. Дерриг бахьана вайн цIенош юхацадерзорца ду. Цунна гонаха ца лелош хIума дан а дац, прописка ца йо, и ца йича балха дIа ца оьцу, нехан керташ дIалецна ю, лаахь-ца лаахь Теркйисте дIагIо, цигахь ярташ йохкуш, охьаховша, боху… Дукха ду уьш. Цунна са а ца гатдеш, хьайн болх бе ахь. Дерриг шен хорша доьрзур ду, – аьлла, дехьа чу вахара Тата.

– Студенташна юкъахь хирг ма хир дац и хабарш? – хаьттира Iадлана.

– Дац. Студенташна юкъахь дац заводехь долу и гIугI, вовшашка баганаш лееш, чугIерташ. Бакъду, бехна а лелаш, кхузахь Iийна а боцуш тIебаьхкина нах бу царна юкъахь дукхахберш…

ЦIавеанчу вашас цхьацца хIумнаш дуьйцуш сакъераделла бехха Iийра вежарий. ШолгIачу Iуьйрана химзаводехь гIаьттинарг хууш дацара кхузахь.

Заводан профсоюзни организацин куьйгалхо Бегунок Степан, сера дайна котам санна, хьаьдда лела цхьа кIира сов дара. Цо ша олуш ма-хиллара, легашкахь лаьттара цунна нохчий цIабахкийтар. Цуьнга хаьттича, оцул доккха гIалат даьлла а дацара Iедалера.

– Сацабе болх, митинге арадовла! – сиха доьIуш са долуш, механически цеха чу иккхира иза, – довла лелий!

– Мичхьа ю митинг? – хаьттира куьйгах бехчалг хьоькхуш тIевеанчу слесарийн бригадира Панковс. – Атта-м ца йи аш иза.

Шен дагахь дерг кхайкхош вацахь а, Бегунока лелориг къобалдеш вара Панков. Черноречьехь, нохчичун хилла керт дола а яьккхина, Iашволчу цуьнга а аьллера кертан дас, цIенош дассаде. Ши кибирчиг тIекIелйиллина а дина хIума доцуш, дикчу цIенош чохь Iашволчу цунна новкъадара кертан да валар.

– Контора хьалха гуллуш бу. Массаьрга а дIахаийта! Цига дIагIо! – кхечаьрга хаам бан дIахьаьдира Степан.

Степан цхьаъ хилла ца Iара ямарт ойла йолуш. Заводехь болчу белхалошна юкъахь и саннарш дукха бара. Оцу нахана нохчаша бина вон болх бацара. Царех дукхахберш нохчий махках баьхначул тIаьхьа бен кхуза баьхкина а бацара. Гушдерг Iедалан коьртехь лаьттинчара бахархошна юкъахь бинчу белхан тIаьхьало яра.

– Нийса дац аш лелориг, – Iен ца вела, вистхилира Жамал митинге ваха кечлуш воллучу Скворцовга.

– ХIунда дац иза нийса?

– Нохчий-м шайн махка, шайн цIа баьхкиний. Аш дуьйцург хIун ду?

– Кхета. Шу, схьакхаьчна а довлале, тхан кочаэха дуьйладелла. Уьш шуна ма моьтту чекхдевр дац. Оха могуьйтур дац иза. Шу шаьш схьадаьхккинчу юхадаха деза…

– ХIара гой хьуна! – нажа гайтира Жамала, – хьой, хьан Бегуноккий йоккхачу тоьпан хIоьънаш хилла ирхъихча а, хир дац-кх иза! Тхо тхешан махкахь ду.

– Мохк-м Сталина, дага ма-деъа, бицбалийтира шуна. ХIинца Хрущевс а бицбойтур бу, – Жамала дуьйцучух ца вешаш, вела а воьлуш, дIавахара Скворцов.

– ЦIогана кIел чемхалг йоьллича, моза муха боьду хаьий хьуна? Кхин дан хIума ца хилахь, оха иштта дохуьйтур ду шу! – Скворцовна тIаьхьа мохь бетташ, кхийсарш йира оьгIазваханчу Жамала. – Сталински кепаш дIаевлла!

– Цо хIун хилла боху? – Жамална тIевеара токарь волу Ширвани.

– Цо дера боху, вай Казахстане юха дIадаха деза. Муха хета хьуна цара лелориш?

– ВаллахI, со шек-м вара, цхьанна лере воьдуш, вукхуьнца тийна, дIаса а хьоьжуш, къамелаш деш лелаш и Бегунок гичхьана а, цхьа эладита эцна лелий-техьа бохуш. Цкъа-шозза тIе ма кхаьчна со тебаш къамел деш иза лаьтташ. ХIоразза а со тIекхоччушехь, деш долу къамел сацадора.

– Оцу хIумнашка ла а доьгIуш, сингаттаме вай Iахь, дакъаздевр ду. Тергал ца деш, хIораммо шен гIуллакх дан деза. Вайн чудаха хIусамаш юхаерзарх, массаьргахь дац хьал цхьатера.

– Бакъду иза, Жамал. Ян йолийна керла юрт. Мел къахьега дезар ду. Сийсара веана, къа-бала балхийна вахара Сайпи. Царна гIо ца дича дер ма дац.

– Дала мукъалахь, вовшашна ваьшка далург дийр ду вай. Цхьа дика, Iедало ссуданаш луш, гIо дан долийна бохуш, дийцира.

– Гур ду хьуна, вайша валаза висахь, кхо-диъ шо далале, керла юрт дIахIуттуш. ЦIенош деш кайолуш ма ду вай, – велавелира Ширвани.

– Дийнна ярташ ца ехкира вай Казахстанехь? Цигахь даьккхинчу кхойтта шарахь гIишлошъяран говзалла дика карайирзина вайнахана.

Амма Ширванина а, Джамална а, ма моьтту ца хиллера гIуллакх. Массо цехашкара тобанаш йина дIаоьхуш бара контора йолчухьа белхалой. Сахьт далале еана нахана хьалха яьшка дIахIоттийра чохь дакъа а долуш. Маьхьарий хьекхар алсамделира. Конторин ламеш тIе а хIоьттина мохь бетташ къамел дира Бегунока а, цхьамма-шимма белхалоша а.

– Вай, гулделла, партин Обкома хьалха дIа а дахана, дIахьедар дан деза. Кхин дIа лан йишйолуш дац вайгахь нохчаша даллориг.

– ГIур ду! ГIур ду!

Зуламхоша дечу къамелаша ира-карахIиттош долу адам дIахьаьдира гIала.

Белхалоша лелочунна резавацара заводан директор а, коьрта инженер Литвинов а. Амма царна хетарг, моьттург тергалдеш цхьа а вацара. Кабинета чуьра корах арахьоьжуш лаьттачу директора:

– Хьаштдоцург ду цара лелориг, – элира. Иза кхоьрура зулам хиларна. Кабинета чу а кхайкхина, хоттуш стаг хилахь, ша вац аьллахь, секретаре аьлла, лакхарчу Iедале хаам бира директора.

БIаьргашна гучурабовллалц, царна тIаьхьахьоьжуш лаьттина, стоьла хьалха охьахиира иза. Сингаттамо дуьзира дог.

Цу Iуьйрана Черноречьера хьаьдда веана Сайпи вара ТатагIеран кетIахь лаьтташ.

– Къаьхьа де ду оцу заводера, сеца а соьцуш, маьхьарий хьоькхуш, охьадогIу адам! – бохуш, дуьйцура Сайпис. – Яьшки чохь, ма-хуьллу лакха хьала а уьйуш, дакъа а ду цара дохьуш.

– ХIун дакъа? Мича хьош ду цара иза? – сихвелла, шена тIе хIума а юхуш, хаьттира Татас.

– Нохчаша вийна боху. Заводан уггаре тоьлла белхало ву, боху, вийнарг.

– Лениногорскехь лелийнарг ду-кх. Билггал цхьа провокаци ю-кх иза. Шу ара ма девллаш, – аьлла, сацийра Татас, тIе хIуманаш юхуш воллу кхо кIант. – Оьшуш хилахь, ас эр ду шуьга. Валол, Сайпи, хьажа вайша цигахь хIун ду. Хьанна хаьа, нах гIовтто безий…

Адамийн тоба, гIали тIе мел кхочу, стамлуш яра. Оцу митингца гIуллакх доцурш бара дукха. ГIовгIанаш еш вовшахкхеттачу наха дечуьнга хьоьжуш, хIун хуьлу техьа бохуш, тIаьхьахIиттинарш а бара. Митинган Iалашо кхочушъян арабевлларш, киснашкахь дохкуш спиртан шишанаш долуш, маларо гIеххьа кеп йина а болуш, вон ойланаш ерш бара. Цара юьйцучух дика кхета а ца кхетара. Маьхьарий беттара, нохчий хьехабора, Хрущевн цIе а йохура. Оцу адамийн тобане хьаьжча, ерриг гIала гIаьттина моьттур дара.

Ленинан памятникна хьалха дIахIиттира уьш. Митинган куьйгалхоша, шайлахь билгалбохуш, Iедалан куьйгалхошка митинге кхойкхуш хаамаш бан бахийтира цхьаберш. Цхьаъ хийцалушшехь, важа хьала а волуш, оьгIазе къамелаш дора заводера баьхкинчара.

– Схьавалаве обкоман секретарь! ХIара ца гуш ву иза? Цуьнга ладогIа лаьа тхуна!

Хьалха хилларг дIа а ваьккхина, керла ваийтина вара секретарь Игнатьев.

Корах арахьоьжуш, сингаттамо корта дIалаьцна, ойлаеш лаьттара иза. Ленинан цIарах йолчу майданахь гулделла адам тIеттIа дебаш лаьттара. Хьалхабевлла, маьхьарий хьоькхуш, куьйгаш дIасалестош къамелаш дечара дуьйцург хезаш дацахь а, диканиг доцийла хаьара цунна.

– Цхьа сацам тIе ца эцча довлий вай, уьш-м хIинцца схьахьолхур ма беца, – секретарь ойланех юкъахваьккхира цунна уллохь лаьттачу милицин полковника.

– Милицига уьш совцалур бу аьлла-м ца хета хьуна?

– ХIунда ца совцало. Цара сахьт далале дIасалохкур бу-кх уьш.

– Цунах гIуллакх хир дац, – элира Гайрбековс, – милицис царна хIумма а дийр дац, цIий Iано мегаш, кхераме хьал ду хIара.

– Хьуна хIун дича бакъахьа хета? Дийцал хьайна бегIийла хетарг.

– Сихха Москва хIара хьал дIа а хаийтина, луларчу республикашкара гIоьнна салтий бало беза. Цара дийр ду дахь, цхьаьнггеахьа озабезам ца беш, аш боххург, – элира Гайрбековс.

Игнатьев резавацара Гайрбековс бохучунна, амма дан хIума дацара. Вист ца хуьлуш, телефон тIе вахара секретарь, биргIа схьа а эцна, ойлаеш лаьттина, дIахаийтира кхолладелла хьал. Цул тIаьхьа дукха хан ялале йийкира телефон. Беш хаам бара Осетера полк цхьа сахьт далале Нохч-ГIалгIайчу кхочуш хиларх.

– ХIа! ХIинца кхуза схьайирзи-кх церан юьхь, – хаам бира корах арахьоьжуш лаьттачу полковника.  – ХIун до вай? Герзаца дуй шу?

– И ма дийца. Вайна оьшуш дац герз. Я хьо тIом бан кечлуш-м вац? ХIара кху тIе а ца долуьйтуш, сацо дезаш верг хьо ма вара, – оьгIазе вистхилира Игнатьев.

– Ас-м, оьшуш меттиг хилахь а аьлла, бохура… Хулиганаш ма ю цаьрца дукхахъерш.

– Массаьрга а, сихха тIехьарчу неIарехула ара а довлий, обкома чуьра дIагIо боху, ала. – Юха а корах арахьаьжира Игнатьев. Сатуьйсура, шаьш лелочунна дохкобевлла, юхабевр бац-техьа бохуш. Хаьара, шех ца кхеташ хIара дуьсур доцийла, амма гушдерг гена даьллера. Шен кабинета чохь ша санна гIайгIане лаьттачу накъосташка а хьаьжна, – Дуьло. Вай кху чуьра арадовла деза, – элира Игнатьевс.

Хьоькху маьхьарий, туьйсу кхерамаш хIинца хезаш бара обкоман неIарехь. Чу ца буьтуш, дуьхьалоян гIоьртина милцой кхийссина дIабахийтира неIарера, дIакъовла аьтто баьлла неI кагъеш, охьалахкаделира аьнгалеш. Лакхарчу гIатт тIе хьалахьаьвдира митинган дакъалацархой. Кабинеташ яьсса яра. Наггахь шаьш тIенисвелларг, тухий, вожавора.

– Игнатьев мичахь ву? Мичахь дIалечкъина иза! – кабинетийн неIарш дIасаетташ, хьаьлхина лелара карзахбевлларш. Кабинеташ яьсса яра. Балкон тIе а буьйлуш, кехаташ чукхуьйсура. Генара хьаьжча, кхайкхам тIеязбина кехаташ ду а моьттур долуш. Ткъа уьш дара обкоман белхахойн кабинеташ чохь лаьттачу стоьлаш тIера календараш, кхидолу кехаташ.

– ДIабаха кху махкара нохчий! КIордийна шун даьсса хабарш! – ГIугI доллура обкомна хьалха. Адамаш тIеоьхуш дара. Ленинан цIарах йолу майда сийсош яра. Кхузахь нохчий, гIалгIай, эрмалой, жуьгтий а бара. Дукхахберш хьовса баьхкина, хIун хуьлу техьа бохуш лелара.

– Партин обком йохош лаьтта! Мичахь ду шун эскар? – мохь бетташ йоллу секретаран гIоьнча, месаш лаьцна, пенах туьйхира чулилхинчу зуламхоша. Маьхьарца, неIалташ кхийкхош, бетах оьхуш цIий долуш, ламеш тIехула охьахьаьдира и зуда. – Акхарой! Зуламхой! – йоьлхура иза.

ЦIийх юьзна, йоьлхуш неIарх араяьллачу цунна гушбара обкоман неIар тIехьа лаьтта салтий. Полк схьакхаьчнера.

– Мичхьа бу уьш? – хаьттира, схьагарехь, церан командира, къоначу эпсара.

– Лакхарчу гIатташ тIехь. Уьш дукха бу.

ХIинца салтийн караяхара обком. Шайна каравеъ-веънарг Iункар-бертал ламеш тIехула чуоьхуьйтура цара. Сахьт далале Обком цIанйира царех. Амма къарбала дагахь бацара митингхой. Кхин тIе а дарбелла уьш, юха а гулбелира Ленинан хIолламна хьалха. Хьаьдда яханчу цхьана тобано схьавалийра Горкоман секретарь. Цара, дIасаветташ, муствина схьавалийна иза вистхила де долуш вацара.

– ДIахаийта нахе Хрущевс динарг нийса цахилар! Нохчий юха дIа ца бахийтахь, Соьлжа- гIалахь барт хир бац ала. ХIун деш лаьтта хьо, мунда санна, цига дIа а хIоьттина! Ца го хьуна цара вийнарг!

– Почта схьалаца еза вай! – мохь туьйхира цхьамма.  – Дуьло! Почте доьлху вай!

Адамийн тулгIе оццу минотехь почте кхечира. Амма цигахь дуьхьало карийра. Салтий бара могIа бинна лаьтташ. Хьаьвдда богIурш чугIоьртира. Ирх автоматаш туьйхира салташа. Цхьанна чов йира.

– ДIахоуьйту шуьга, кху чу гIоьртинчунна герз тухург хилар! Юхадовла! – мохь туьйхира салташна юкъахь лакхарчо.

Адам кхин тIегIорта ца хIоьттира. Юхабевлира. Бартбина, цара шайн тоба яхийтира цIерпоштан станце. Москва баха новкъабовлуш болчу пассажирийн вагонаш тIе яздира: «Тхо нохчаша дойуш ду. ГIо дахьара тхуна» боху дешнаш. Гушдолчо хоуьйтура, хIара массо а хIума тидаме оьцуш, кечамбина вовшахтоьхна провокаци хилар.

Зуламхоша лелочунна резабоцурш юххе ца гIуртура, цхьаверг геннахь, цара лелориг тергалдеш, лаьттара, важаверг, куьг ластадой, «Iовдалш» олий, дIавоьдура. Цхьа митинган куьйгалхой бара холчохь. Царна ма-моьтту ца нислора билгалдинарг. Ткъа цу хьола тIе иза ца далийта дезарш лерг таIIийна Iаш бара.

Нохчий бара IадIаш. ГIалахь нохчашна тIелеташ бу аьлла, хабар кхаьчначу ярташкара схьаоьхуш яра нехан тобанаш. Уьш бара шайн вежаршна гIо дан баьхкина. Харцонна дуьхьалбовла кийчча. Карзахбевллачарна юкъахь питане дерг дуьйцуш леларш бара, адамаш кхин тIе а карзахдохуш. Зуламна тIетоьттуш. Чохьбаьхкинчу рецедивисташна дагабаьхкира лецна нах.

– Лецна, чохьбохку вежарий кIелхьарбаха беза вай, – мохь бетташ лелара Кузьма. – Уьш вайга арахецалахь, цара дер дуьллуьйтур ду кхаьрга. Дуьло! Дуьло, набахте доьлху вай! – хьалхавелира Кузьма, цунна тIаьхьахIоьттира Панков, цуьнан бригадехь болх беш болу слесарш, хьалхабевллачарна тIаьхьахIитта кийчаберш а хилира. Набахте баха новкъабевллачийн тоба стамъелира. Амма маьхьаршца дIакхаьчна хIорш тергал ца бира. Набахти ларъеш лаьтташ салтий бара. Дан билгалдинарг чекх ца долуш, тIеттIа холчахIуьттура КузьмагIар. Бегунокан, цуьнан накъостийн план юьйхира. Зулам дан гIоьртина Бегунок а, цуьнан накъостий а чубоьхкира. Адамаша доккха садаьккхира.

Низам нисдан еанчу полко дIасалехка болийра гулбелларш. Жимма а шайна дуьхьалойинарг, машен чу а тухий, дIахьора. Нилхаяла йолаелира майда дIаюьзна лаьттинчу адамийн тоба…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика