Воккха Дада

PDFПечатьE-mail

Хабаев

ХАБАЕВ ИСМАӀИЛ

 

Воккха Дада

 

Стаг дукхох шен дагалецамашкахь веха. Хьуна безнарш, хьо везнарш, хьан марзонаш, хIинцца хьан бIаьрахьалха хьийзинарг, хьан юьхь тIера бос хено дIахьо. Ахь дукха хьолахь тидам ца бо хIуман. «Нисса цхьана эхасахьтана юхаерзо йиш елара и хан...» Иштта ойла дуьххьара йинарг ас со ву аьлча, дуккхачу нехан сох дог кхаьрдар дара. Цундела, «хIума дицдича бен, леш дац», – ала бакъо ю сан.

Дикка хан ю Воккха Дада дуьненах дIакъаьстина. Амма Воккха Дада сох дIа ца къаьста, хан мел йолу а со цунах дикох кхета дела, суна иза дикох вевза дела. Воккха Дада со велла дIаваллалц соьца ваха везаш ву.

 

«Къу таьIча, охьатаIа хьо, къу айвелча, айло хьо, къу хир ву хьо», – олуш Iедал дара цуьнан кест-кеста, хьуна цкъа а диц ца далийта санна. Дош меттара, дош хьекъале долуш, хьуна цкъа а кIордорвоцуш, эрна дош эр доцуш, шен маттаца дерг дегIаца а долуш, хьуна цкъа а вицлурвоцуш, хIумнаш хаза долуш стаг вара Воккха Дада. Цуьнан амал а, цуьнан куьг хьадар а, ког ловзар а, цуьнан лелар а дара доккха хьехар.

Сан модех юьзна бедарш а, даим сан харцхьаюьйхина хуьлуш хилла йолу ши мача а, ас хихкина ког-салазаш эцна дIаяхана хан Воккха Дадин туьйранашкахь йисна.

«Ламанан басе дIа а лаьцна, цхьа буьрса, бахбелла бижина Iуьллуш хилла кхо корта болу саьрмак..,»– олий, доладора Воккха Дадас даим шен туьйра. Юха, цхьана турпалхочо, тур детташ, и саьрмак бен а боьй, цо нахана дихкина некъаш достура. И саьрмак ша бийча санна, дуьйцура Дадас. Юха, и бийча, ас доккха садоккхуш хаалой, «нахана лерина зулам шега кхочу стаге. Хьекъал доцу корта дегIан мостагI бу.» – олура. Юха дерзадора, вела а лой, «ладоьгIначунна – мезан Iайг, цадоьгIначунна туьханан Iайг», – олий.

Воккха Дадин хIора туьйра а хуьлура дикано вуон эшош, къинхетамо къизалла эшош. Туьйра дIа а доладалале хаьара хьуна цуьнан дерзар муха хир ду. Турпалхо догдика, эсала стаг хила везаш вара, зуламна бен зулам ца деш...махкана хьалхара махина шен сих-дегIах сагIа дина а, гIийлачуьнан дог эшош, нах бацош, нах балехь бахкош, эла тIехIоьттича элана гIатта а ца веша кура эла, къиза эла шен олаллах а вохийна, паргIато яккха араваьлла....

Дала чу са кхоьллина долчу цхьана а маьршачу дегIана зуламна куьг айа хьо ца вахьийта, хьуна и турпалхой дагахь бисийта, цаьргара ма дер дацара хIара хIума бохуш, цаьрга а дуьллуш, царах эхь хеташ, хьайн дегI ца къарлахь, хьоьга мила къарлур ву бохуш, айхьа-хьайх бехкаш дохуш, хьо осалчух ларвалийта, беран хенахь дуьйна хьоьца синцIеналла, дегадикалла, доьналла, къинхетам кхиош хиллера Воккха Дада. Хан-зама дIа мел йолу, кхета хьо цунах...

 

P.S. Ницкъ болчо ницкъ эшначунна гIело еш яйча, сайн хуьлуш йолу дог-ойла сайн ваша вийначу мостагIчуьнан а хуьлуьйтур яцара ас.

Суо кху дуьненчу сайн дегI эшо веана вуйла хиъначу дийнахь дуьйна кхетта со,  «беро мача нийса юьйхича, дуьне духур ду», – хIунда олуш хилла.

Дуьненан кийрахь адамо дуьххьара дийна адам – вашас вийна ваша вуйла хиъначу дийнахь дуьйна кху дуьненах а кхоьру со.

Воккха Дада баккъал а Делах кхоьруш, дуьненан гIиллакхаш дика девзаш къонах хиллера.

Воккха Дадин туьйранаш – туьйранаш а ца хиллера.

2013 шо

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика