Даймехкан сий лардеш эгначу кIенташна

PDFПечатьE-mail

Лулуев

ЛУЛУЕВ Майрбек

 

Назма

Даймехкан сий лардеш эгначу кIенташна

ПаргIато ларъечохь Даймехкан сийнна

Къонахий ма гIевтти, шаьш эга хийла.

Къаьхьа кад царна бу даима мела.

Ма боккха болх бу хьо, йо Везан Дела!

 

 

Дуьненан хазаллаш ца лери меха,

Ца лии царна кхин рицкъанаш леха.

Шайн яккъаш йихкина, уьш новкъа бевли.

Ма боккха болх бу хьо, йо Везан Дела!

 

Турпалан дегнашна – Делера лерам.

Делера боцург бац цхьаъа а кхерам.

Йовсаршца тIом латтор кIенташна – белар.

Ма боккха болх бу хьо, йо Везан Дела!

 

Махкана шайн синош дезарах тешна,

Белла дIабевли уьш, ца хила эшна.

Шайн синош ца кхоий, мел чIогIа дезарх.

Ма боккха болх бу хьо, йо Везан Делан!

 

Къонахий кхиийна, сий долу латта,

И саннарш кхиор ахь, доццушехь атта.

Яхь йолу кIант кхиор – и ма ду мелехь.

Ма боккха болх бу хьо, йо Везан Дела!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика