ПАВЛЕНКО Петр

PDFПечатьE-mail

                                                                               

                                                                    Кавказан повесть

 

                     (ТIахье. Юьхь еша 2012-чу шеран № 6-12, 2013-чу шеран №1 журналашкахь)

9-гIа корта

 

Шен гIаролхой кхин схьакхача а ца кхаьчна, Гунибе дIавахара Афилон. Юьртдена хьалххе дуьйна хууш дара молхадаккхархочунна хIун кхиэл йина. Зудчуьнца цхьа сахьт хан яккха иза паргIат а витина, шен сацам дIахаийта веара иза. Дийнахь шен цIахь хила бакъо яра Афилонан, буьйсанаш ор чохь дIаяхьа езара, юьртден саьккална юххехь.

– Дика ду. ДIавогIур ву, – жоп делира Шуаната.

Афилон бертал Iуьллура саьккалан поппар хьаьхначу цIеначу цIенкъахь. Iуьллура, шен хьомечу хIусаман хьожа чууьйзуш, шен бераш динчу бенахь.

 

ХIинцца хиънера цунна Шуанатан шолгIа кIант а кхалхар. Кхоьруш дуьйцура цо оцу бохамах, и ирча иэшам ша лайна дуккха хан дIаяьллашехьа. Дуьххьарлера кIант цуьнан шен къиношна дина таIзар дара, шолгIаниг – ден къиношна тоьхна гIуда, кхоалгIаниг дуьнен тIе вер ву – иза вехар ву, ирсе а хир ву. Цуьнан кхерам кхоьллинера кхечу синхаамо – цIаьххьана Афилонна ша кхин ца иэшахь, дIататтахь, дIаэккхаяхь, кхоалгIа кIант хиларх яккхахь.

Ткъа иза хIинца ша цхьаъ муха вуьсур вара?

– Э-э, Афилон, Афилон! Со хIинца а онда ма ю, хьажал… ХIара когаш. ХIара накха, хIан? Схьалол хьайн куьг кхуза, хIан-хIа, кхуза, юххе… ХIан? Вешан юьхь яйа ца оьшу. Бер хир ду, АллахIа кхиэлйойла сан. Шиъ дийр ду. Диъ бер а дийр ду.

– ХIаъ. И кIант-м дIалур вац хьуна вайша.

– Ас юьртдега дийхира – зулам дийр дац оха. Молха де, боху. Молха – шуна орца ду. Сурхай веанера кхуза, цо а совгIат делира цунна.

Афилон цIенкъара хьалагIаьттира.

– ДIаяло, ас ойлайийр ю, вай кхидIа муха дехар ду.

– Сан-м яц яха меттиг.

– ХIа-а, бакълоь, улле охьахаа, йист ма хила.

Дуккха ярташкахула чекх а ваьлла, халкъ кхобушйолу бIеннаш корматаллаш евзинчул тIаьхьа, хIинцца кхета воьллера Афилон – ламанхойн кхоллам хIаллакьхиларе боьдуш бара. Цхьа а хIума дацара и кIелхьарбаккха. Мохк тIамо чIанабаьккхинера, беккъа цо – тIамо – кхобуш а бара и. Шен гай юьзна хилла цхьа а де дага ца догIу къиэн ДегIаста хIинца а халла лаьтташ яра, амма Нохчийчоь, шен ирзуш а, аренаш а ялташ дIадеза гуш, машарна тIегIертара. Наибаша шаьш дол-долчуьра схьа хаамаш бора къоьллах, мацаллах, адамаш кIаддаларх а лаьцна, наной бераш дуьнентIе даха цакхиабарх, гIумкаша сардална тIе векалш бахийтарх, оьрсийн Iедална кIел долчу самукъанечу дахарх кегийрхой хьегарх а дуьйцура.

Шемал шенчунна тIера юх ца волура. Тайп-тайпанчу тукхамех цхьа халкъ, цхьа къам кхолларан тIех шовкъечу лаамехь къармаза волу иза хIинца а тешаш вара хиндолчух. Амма цунах ца тешара хIинца уггаре дог чIогIа дерш а. Шен къийсамах чIогIа тешаро а, и толамца дIабахаро а синтемехь латтавора Шемал. Томкаозархойн мераIуьргех чекх хьостамаш дохура. Маларчашна къинхетамза гIожмаш еттара. Латта схьадоккхура цунах пайдаэца цалуучаьргара. Жоьра зударий, къамел дIа а ца дойтуш, маре дIалора, нагахь санна царна жоьра бисинчул тIаьхьа кхо бутт хан ялале шайна майранаш ца карабахь.

Гунибехь, СогIратлахь, Унцукулехь а молханан зовташ йора.

 

Халкъана самукъадаккха лаьара – имама бакъо елира ДаьргIахь, шен бIаьргашна хьалхха, говраш хахка. Толамхочунна дато сом я шинар лора. Цхьаммо а ца хаьхкира дин имамна гучохь. Халкъана иллеш дезара – бакъо елира зуькарш ала, маьждигашкахь зуькаран шовкъехь гонаш тийса а магийра, амма имам волчохь мукъамбан цхьа а ца хIуттура. Шемала шен геланчаш хьийсабора гIебартошна, шапсугашна, балкхарошна, абадзехашна а тIе, шегахьа даха хьийзийра ногIийн тукхамаш, машаре къамелаш дора ГIоба  а, Лаба а хийн йистошца йолчу маьршачу ярташца. Керстанийн ширачу динехь болчу гIалагIазкхаша килсаш хьалаюгIура ДаьргIана дехьарчу хьаннашкахь. Шемала дош деллера гIалагIазкхийн шира дин кхузахь лардан, цуьнан доладан.

Амма хIинца тешам байнера массеран а, уггаре чIогIа тешамболчийн а. Кибит-Махьма шена юххера дIатеттинера имама. Инженер Юсуп-Хьаьжа ведда оьрсашна тIевахара. Дукхавеза кIант Джамалдин, лаьмнийн дегайовхо, ден сискалх ша кхетта а валале, цуьнга оьрсашца машарбан беза бохуш вара.

– Церан пачхьалкх йоккха ю. Темир-Хан – Шурера Петербурге дIакхаччалц говрахь цхьана баттахь некъбан беза.

– Ма береш а бу! – Iоттарца олура имама, машарх долу хаттар дийцаредар тIелоцуш, Крымехь кхиамбоцуш дIабахначу тIамо ницкъаш иэшийначу паччахьца машаран бартбаро дуккха а гIоленаш кхолла мегара цунна.

Генахь болчу Карата – эвлахь ваха дIавахийтинера Джамалдин, зуда а къастийнера – доккха сий а, лаккхара тешаш а болчу наибан ТIелхиган йоI.

– Со хьайн гIоьнча хила ца лаьа хьуна? – хаьттира кIанта.

– ХIан-хIа. СадаIа. Могашалла вуон ю хьан…

ХIетте а, цкъа-шозза тIелатарехь куьйгалдан дIакхайкхира Джамалдин, дуьххьара стунден тергонехь волуш, тIаккха шен деца цхьаьна. Сийлахь цIе яккхал хIума ца дира.

– СадаIа! – цул тIаьхьа Iа чекхдаллалц тIе ца кхайкхира.

Iа юккъе дахча, ГIеза-Махьмина тIевигира Афилон гIаролхоша.

– Хьуна сан ваша Джамалдин хIинца а гина вац? – хаьттира вукхо гIиллакхе, амма цуьнца цхьаьна цхьа бендацарца, маршалла а хоттуш, кхуьнан кхолламах хаттарш а доцуш, ткъа Афилонан кхоллам шегахь долу хьал ма-дарра гойтуш схьахьоьжура азъелла, баьццара бос кхеттачу

цуьнан юьхь тIера, дерриг дакъаделлачу дегIаца, цкъа мацах хьийзина хиллачу можа юккъера схьакъиэдачу къоьжаллийца.

– Иза волчу воьду вайшиъ, хьо хоьттура цо, имама бакъо елла.

Афилона мел бехказлонаш хьийзорах, оццу сарахь новкъа ца ваьлча ца витира.

Ларамечу йийсархочун хьелашкахь вехара Джамалдин. Цуьнан къона зуда, дейтта шо кхаьчна йоI, яра цуьнан цхьаллин хехо.

Ярташкахула кхерсташ ша лелачу хенахь имаман воккхахволчу кIантах дукха эладитанаш хезначу Афилонна хетара, шена гунверг шен дех кхаьрдаш, цо кхочушдечу историн маьIнехь даккхийчу гIуллакхех воьлуш волу кура эпсар хир ву аьлла, хIара воьхнера, гIайгIане, балахьоьгу юьхь йолу, яаяллалц дукха ешначу оьрсийн киншкаша гуобина, цомгаш жима стаг шена гича.

Госпиталехь хуьлучу кепара аьчкан маьнгина уллерчу терхи тIехь лаьттара мужалташ йолуш а, йоцуш а ахбIе гергга киншкаш, дукхахъерш дуьнен тIера пачхьалкхех а йолуш. «Кавказ» цIе йолу газеташ а дуккха дара Iохкуш, къоламца билгалонаш йина статьяш а тIехь. Маьнгин коьрттехь кхозура Кавказан оьрсаша хIоттийна карта, и совгIат деш яздина йоза а дара цу тIехь: «Корнетна Шамилан Джамалдина хIара хIоттийначо доттагIаллин совгIатца».

ЦIа чохь аптекин хьожа яра. Лаьмнашкахь хIинцца бен гина доцу аьнгали тоьхначу лохачу, жимачу корана юххехь шакъаьстина терхи лаьттара шена тIехь кегий банканаш, молханаш а долуш.

Чен цIоканах тера месала юргIа тIе а тесна Iуьллура цомгашниг.

– Хьаша валийна ас хьуна, хабарш дийца воккха говзанча ву, – элира ГIеза-Махьмас, охьа а таьIна Джамалдин хIусам чу а волуш. – Афилон…Хьуна хезна хIара вуьйцуш.

– ХIаъа, хIаъа! – самукъадаьлла, элира цомгашчо тIехдикачу оьрсийн маттахь, цуьнца цхьаьна бохийна буьйцучу жIайн маттахь веше маршалла а хоттуш, ший а чукхойкхуш, куьйган ишар а еш. – Дукха хан яра суна хьо ган лаьа, амма хьо лацалуш вацара тIаьххьарчу хенахь.

Дуткъа, тайначу дегIахь волчу вешица вуьстича, партал гушволу ГIеза-Махьма догдикаллин цавашарца бIаьргбетташ вара хIусаме, куьйгаш Iуьттура шена цаевзачу хIуманех, балдаш беламе тIеттIа а таIийна, берийн цхьа атта йина, шайх кхета хала йолчу ловзаргашка хьоьжучу воккхачо санна.

– Схьадийцахьа, мичахь вара хьо, хIун гира хьуна? – Джамалдина Афилонна тIехула бIаьрг кхарстийра, тIаккха, мел дукха хIуманаш лайна цо шен дахарехь кхетта, кхин цуьнга дIа а ца хьожура.

Новкъахь ГIеза-Молле кIадинаш, кхабанаш, герзаш а дарх лаьцна ша дийцинарг кхунна а дийца волавелира Афилон догцадогIучу озаца. Джамалдин ша а вара къамелдан лууш, тIаккха, шена меттиг ма-белли, Афилонан къамелна юкъаиккхира.

– Хьо масон-м вац? – хаьттира цо, вац боху жоп шена хезча, цецвелира. – Ма-дарра аьлча, суна дика евза хьан истори. И оццул башха а хир яцара, хьекъална а, кхетамна а башха кIорге йоцчу стагца нисъеллехь. Дукха хан юй хьо кхузахь волу?

– Со цIахь волу итт шо кхаьчна, – жоп делира Афилона.

– Со дика кхеташ ву, и бохург хIун ду. Цундела вар-кха со хьо ган лууш. Лаьмнашкахь итт шо! Цхьана хIуманна тIехь сайна синтембо ас, суо оццул вехар вац аьлла. Лаьмнаш – и ирча хIума ма ду, хьуна иштта ца хета?

– Суна дукхадеза уьш.

– Со а ма ву уьш дезаш. Амма кхузара дуьнене араволу неIарш къевлина хилча – сан садукъло.

– Цигахь, Россехь, вай долчохь, а ма дац паргIат садоккхийла.

– Сан дас дIахьочу гIуллакхах теший хьо? – цIаьххьана тийна а, эсала а хаьттира Джамалдина.

– ХIаъ.

– ХIинца а иштта ойланаш ю хьан?

– ХIаъ.

– И гIалат ду. Хьуна ма хаьа, Росси хIун ю.

– Хаьа суна.

– ТIаккха…

– ХIетте а, хьан дас дIадолийна гIуллакх иэшамца доьрзур ду аьлла, ца хета суна. Бакъду, цунна шена ма-хеттара, нийсса дIа долчу маьIнехь-м ца боху-кхий ас.

– Ткъа муьлхачу маьIнехь?

– Хьан дас кхоьллина нуьцкъала тIеман цхьаьнакхетаралла, цунна шена лиъча а, цуьнан болх-гIуллакх сацалур дац. Цо турпалхойн дийнна цхьа чкъор кхиийна, онда лаам болуш къонахий а. Цо Iаламат боккха тIеIаткъам бора, хIинца а бо оьрсийн законодательствона, цундела, Кавказан баьчча хила цуьнан кхолламехь яздина дацахь а, цунах хIинцале а Россин сийлахьчу гIуллакххойх цхьаъ хилла, Болотников санна, Пугачев санна, кхин…

Афилон кхин а цхьа цIе яккха лууш вара. Джамалдина юкъахваьккхира иза.

– ХIаъ, хIаъ, со кхета…

– Шемал – Европин хилам бу, цо кхоьллина. Оьрсийн эскарехь тоьллачу тIеман куьйгалхочун цIе яккха алал, салташа Шемалан цIе йоккхур ю. Иза легенда ю, цундела цуьнан гIуллакх иэшаме хир дац.

– Амма, Росси охьатоха…

– ХIаъ, цо охьатухур яц. Итали цхьанатохарехьа Гарибальдис динарг кIезиг ду-кха, Россера кегий халкъаш, къаьсттина бусалбанаш, вовшахтохарехь Шемала диначул а. Дика тохар, олу-кха бильярдах ловзучара, цкъа а эрна довр дац.

– И иштта делахь, шена тIаьхьа дерриге дуьне хьалагIатто деза-кх, хIан?

– ТIетахьа, Наполеон III-чун Франци ма яц цо хьалагIаттош ерг. Ткъа феодализман дуьне цо меттахдаьккхина.

– Хьо утопист ву.

– Вац.

Джамалдина цхьана минотна бIаьргаш дIахьаббира.

– Суна тIе нах оьху, соьга яздо: «Хьайн дега тхо кIадделла алахьа». Ас элира. Цо: «Оьрсий а, билггал, кIадбелла, ткъе пхи шо ду ас царна хIума туху». Ткъа мегар ма дара, сан дена лиъча, баккъал а тIехдика хьелаш ламанхошна кхуллуш, машар бан, цунна, тIаккха вайна а, цуьнан тIаьхьенна, урхалладан бакъо а юьтуш.

– Паччахьан ницкъ бац шен долахь доцург Шемална дIадала.

– И бохург хIун ду?

– Цуьнан ницкъ бац, я Шемална а, я хьуна а ца беза элий махкахбаха а, хIаллакбан а, ткъа и шена ма луъу дан ницкъ бу Шемалан. Паччахьан ницкъ бац Шемалан махкахь муьлхха а динан ларамбайта, хIунда аьлча шегахь цхьа а дин доцу дела. Паччахьан ницкъ бац шен салташна Кавказан юьззина бакъонаш йолу гражданаш хила бакъо яла. Паччахьан йиш яц, Россера кхидолу халкъаш шех хьоьгуш, нийсо лелош Iедал кхузахь хилийта, шайн кхиаран тIегIа мелла а лакхара долуш и халкъ хиларх. Паччахьан ницкъ бу Шемална цхьа бакъо яла – эла хила. Амма иштта совгIат схьаэцар – ша-шега ахь дуьне диъна а дац алар.

– Суна гуш ду, сан дас, шех санна, утопист а, фанатик а вина хьох, – хьалха санна эсала виэла а къиэжаш, элира Джамалдина, тIаккха, шена тIера юргIа дIа а тесна, маьнги тIера дIакхевдира, чохь молханаш долу банка схьаэца.

Цуьнан куьг сенделла дара, гIорийна долуш санна.

– Вай долчу ломахь капитан Оленин ца гина хьуна? – хаьттира цо вистцахуьлуш дуккха Iийначул тIаьхьа. – Цигахь йисинчу суна чIогIа гергарчу цхьана зудчун ваша ву иза.

– Суна хетарехь, хийцина дIавелла.

– А-а, дика ду.

Цомгашниг кIадвеллера, хоршано эгавора иза.

Резавоцуш юьхь йина, масийттазза цIа чу хьаьжира Раджаб, Афилоне къамел чекхдаккха бохучу маьIнехь ишар а еш.

– Кхин кIад ца во ас хьо, дIавоьду со.

– Цхьана минотна! Со кхета, хьо тIера вац ламасталлин хинкIална, амма, хьанна хаьа, киншкаш елла а, хьошалладан а ма мега ас. Ийза ма ло, майрра схьаэца хьайна тайннарг.

Афилон терхи тIе вахара.

Гогольн повесташ, барон Брамбеус, Пушкин, Лермонтовн стихийн куьйгайозанан тетрадь.

– ХIан-хIа, баркалла хьуна. Ас… – чувогIучу ГIеза-Махьмин аз хезна, неIарехьа вирзира, – хIаъ, хIаъ, хIинцца. Со волчохь оьшу хьелаш дац йоза деша, сан хIусам бодане ю оцу дерригенна а.

Цхьа а дош ца олуш, гIайгIанечу бIаьргашца хьоьжура Джамалдин Афилоне.

I856-чу шарахь дуьйна имаман гIуллакхаш сиха талхадуьйлира. Оцу шарахь Кавказан сардалан дарж эла Барятинскийна делира, паччахьан доттагIчунна, кхолламо хьаьстинчу инарлина, иштта волчу тIеман куьйгалхочуьнга сатуьйсура Кавказан тIамехь болчу къоначара, – тIаьхьалонан ойлацаярхо а, дозалла дезархо а, амма къиза стаг.

Шен сийлалла лакхаяккха гIертар къеггина гуш, цу тIера юхавервоцуш, цхьана а кхерамна бIо ца къажош вара иза. Ша схьа ма-кхеччи, ша санна болу хIумма а биэндоцу майра, къармаза нах хьалхатеттира цо.

Эла Агутинский кхелхинчул тIаьхьа салтийн гIайгIа-бала кхочушволчу инарлех яьхна легендаш тIетовжа бух боцуш йисира, цундела Барятинскийс хьалхатеттира инарлин Евдокимовн, салтин могIаршкара хьалаваьллачу, дозадоцуш майрачу стеган цIе, къиза, адамалла йоцу лаам, шен амалца дерриге а аьтта-дохийна дIадаккхар нийса некъ хетачу стеган цIе.

Дика командир ву аьлла, гуттар а цIейоккхуш волу Евдокимов дуккха Iийра лакхара даржашка хьала ца волуш, цунна бехкениг дара иза элийн хIух цахилар. ХIинца иза, кхин хьемцабеш, шен сийлалле хьалатасавелира. ЦIеххьана дIалецира Мичикан тогIи, Гуьмсена тохар дира. Шен кхуьй а кIант дIахьажийра Шемала цунна дуьхьал – цомгаш, Iожалла гергагIоьртина Джамалдинний, ГIеза-Махьмий, къона Мохьмад-Шепий.

Евдокимовс аьтта дIабахийтира уьш, йийсаре лецарх халла кIелхьарбевлира.

Ламанхоша цIе тиллира цунна: Учгоьз – КхобIаьргберг.

I857-чу шарахь дуьйна, Ермоловс динарг юха карладоккхуш, Евдокимовс дIадолийра хьаннаш, бошмаш, коьллаш дIахьакхар, тIайш тохкура, некъаш дохкура. Органан чIож дIалецира, Нохчийчоьнан наиб ТIелхаг лаьмнийн кIоргене юха а лоллуш. Шеца кхо мурд а волуш оьрсашна йийсаре веара Мичикан наиб Эска. Мичик-хица йолу ярташ лаьмнашка хьалакхалхае оьрсашна генна аьлла, омра дира Шемала, – цунна жоп луш, хьаннех цIе тесира Евдокимовс. ХIинца цо дагарца дIа ца хьокхура, ткъа цIе юьллура. ЦIе дIауьдучу бахархошна тIаьхьакхуьура, машаре нах машаре боцчаьрца цхьаьна хIаллакбора. Иштта къизалла кхелхинчу ДонгIуз-АргIута а, (цкъа а синтем ма хуьлийла цуьнан докъана) лелайора.

Драгунел а, гIалагIазкхел а маса тIеуьдура цIерш, дагийна латта, кхин цхьа а къамелаш ца деш, оьрсийн паччахьна муьтIахьалле далош.

Дерриге а карарадолуш дара ломахь. Нохчийчоь – имаман хьаьтта,  цуьнан эскаран бепиг, – Нохчийчоь оьрсийн караяхнера.

Керла бепиг лаха дезара, тIом дIабахьа керла некъаш а Шемална юххехь ткъе пхеа шарахь девзашдолу цавохар а оьшура цуьнца цхьаьна, тIаккха Шемала шен нах хьовсийра гIалгIашна а, Несарехь бехашболчарна тIе, БуритIе юххе, тIаккха уьш гIовттийра эрначу, цхьа а кхиам хила ницкъбоцчу тIамна. Цхьа а тешар вацара, иэшамаш хуьлуш схьадогIучу оцу деношкахь цхьа стаг хилла а керла бIаьхой карор бу аьлча. Шемална карийра уьш.

БархI эзар жIайхой а, нохчий а чухахкабелира гIевттинчу гIалгIашна гIоьнна. Оьрсийн кхоллам хада доллачу тай тIехь кхозура. ХIинца массо а кхеташ вара Шемала сел майра кхочушдан дагалаьцначух.

Афилон, оцу дагалаьцначух цхьакIеззиг дерг бен шена ца хаахь а, шовкъе хилла, воккхавеш воьлхура. Лаьмнийн сийлахьчу къаночо тIеттIа синтем карзахбохура цуьнан даг чохь дIадаханчу шерашкахьчул а нуьцкъала.

Амма вохийна Iаьржачу хIорда йистехь Мохьмад-Эмин, Нохчийчоь йогуш ю. ХIинца имамна уллехь вац я Ахьвердин Махьма, я ШоIип, я Хьаьжа-Мурд а, ткъа оьрсашна хьалхадаьлла ду оццул нуьцкъала, оццул къиза са – инарла Евдокимов.

ГIалгIайн бIоно гуобинчу БуритIа кхача сихха лаьмнашкахула новкъавелира Шемал. Евдокимов цунна тIаьхьара ца волу, агIонашкахула тIелиэта, генна некъбина гIелделла имаман эскар дийнахь пхоьазза-ялхазза тIомбан хIоттадо, ярташ йохайо, лаьттаца дIашардо кешнаш, бошмаш дагаршца дIахьокху, хьаннаш ягайо, тIаккха, эххар а, БуритIа юххехь ламанхой дIасабаржабо. Оцу меттигашкахь хийра, хууш бийца мотт а боцу, тIетовжа доттагIий боцу нохчий а, жIай а массо агIорхьа дIасауьду, уьш хIаллакбо тоьпийн баххаш детташ, буьйса яккха севццачохь царна шаьлтанаш хьоькху меттигера бахархоша, цIийх дуьзначу галеш чохь церан кортош дIатекхадо оьрсийн хьаькамашна тIе. ЧIаьнтий-Органца бехашболу ламарой шайн наибна Хьамзатна тIелиэта. Шайна тIехь цкъа а цхьана а кепара Iедал ца хилла кистинаш а охьабогIу ломара, шаьш паччахьна муьтIахь хилар дIаала. Оьрсашкахьа дехьаволу Сайдулла, гиххойн наиб, пехийн цамгарх кхелха Джамалдин.

Iай, декабрехь, дагахь а доцуш Йоккхачу Нохчийчохь гучуволу Шемал. Аьхка тийсинчу цIерийн кIуьрлахь садоьIуш дара хIинца а лайш. Евдокимовски гIопана кхерамаш туьйсуш, имам малхбузехьа дIагIоьрта, Кавказан дегаюккъе, амма дукха ца Iаш имаман эскар юханехьа доьрзу, ДегIастана, шайн лорах тIаьхьавогIуш Евдокимов а волуш. Уьш дIабоьлхура къорачу лаьмнийн кIоргалле. Учгоьз царна тIаьххье вогIура, я шелонна, я лаьмнашна, я цамгаршна а бIо ца къажош.

ХIора а роташкахь ткъе иттех стаг бен ца виснера.

– Цхьацца бен ца висахь а – тIаккха а хьалхахьа дIагIертар ву со, – дIакхайкхийра Евдокимовс.

– Шемална тIе а кхачале, тIом бан аддам воцуш дуьсур ду вай.

– Со цхьаъ бен ца висахь а – тIаккха а вухавоьрзур вац.

Нохчмахкан кIоргене чубахкийта оьрсий аьлла, омра дира Шемала, Iаьнан хенахь юха цу чуьра арабовлийла хир дацара церан.

Амма хIетахь оьрсашна тIевахара Даниэль-бек боху жIаьла, ГIеза-Махьмин стунда, элийн тIаьхьенах верг. Оьрсашна тIевахара наиб ТIелхаг а, кхелхинчу Джамалдинан стунда.

Евдокимовс, кхин хьем ца беш, имаман коьрта шахьарна Веданна гуолецира, гуонна юкъахь бисира ворхI эзар тоьлла бIаьхой. Нохчмахка дIа а тесна, Iаьндойн ярташкахьа дIагIоьртира Шемал, Гуниб чIагIъе бохуш, омранаш дIа а дохуьйтуш. Цо а сацамбинера тIаьххьара стагана тIехIотталц лата.

ТIом чекхбала гергабахар хааделла Барятинский ша а сихха Кавказан тIеман дозане схьавеара, дегIан хуттарш лазаран цамгаро говра хиъча шена мел ницкъбеш белахь а, дуккха ханна метта охьавуьллуш. Цунна юххе бевллачаьрца вогIура ТIелхаг, Жимачу Нохчийчоьнан наиб Дуба, мичикхойн Эска, нохчмахкахойн Умалт, ГIеза-Махьмин стунда Даниэль-бек – имаман тIеман ерриге а сийлалла, доьналла а. Къойсу-хин аьтту агIорхьара берд, цхьана а кепара тIеваха аьтто боцу, тархашлахь къайлаяьхначу тIулгийн саьлнашца чIагIбе аьлла, тIедиллира имама. ХIеттахь дагадеара Гунибехь вехаш Афилон хилар, Гунибехь тIом хилча, нагахь и цигахь мацца а хирболуш белахь, къинхетам бина, маьршавоккхур ву аьллера  цуьнга. ХIинца тIом Гунибехьа дIахахкабеллера. Афилон имаман туьша дIакхайкхира.

– Со набкхетта волчу хенахь, тIаккха а сан карахь бу-кх хьан корта, – схьакъадийра цуьнга Шемала.

– ХIаъ, имам.

– Хьайна мел гушдерг чIагIдел.

ЧIагIбора КIилитIлинан лам. ИчIичIалахь чIагIо яра дIахIоттош. Амма инарла Врангела цхьана буса ша ма-воггIура тохардина дIалецира СогIратлохан гечо. Хунзаххоша а, къайсабулахоша а оцу сохьта шаьш оьрсашна муьтIахь хилар дIаэлира. Йина йовлаза чIагIонаш дIа а туьйсуш, ИчIичIалахь цхьайтта йоккха топ а юьтуш, Карате дIавахара имам. Каратхоша цунна тIе нах бахкийтира, шайна лата ца лаьа аьлла. ТIаккха имам Гунибехьа вахара, новкъахь цуьнга хаам кхечира, шен вешица Муртуз-Iелица а, шина мурдаца а, (царах цхьаъ Раджаб вара, Сурхайн кIант), Кибит-Махьма оьрсашкахьа ваьлла аьлла.

И дерригенан а чаккхе яра. Кибит-Махьма, воьалгIа имам, бакъдинан мурд – оьрсашца ву!

– Мегар ду, Гунибехь летар ду вай! – элира Шемала. – Афилон, хьан доIанаш къобалдина АллахIа. Схьагарехь, ас хьоьца лелийнарг нийсо ца хилла.

Буса Гунибна юххехь, готтачу некъа тIехь, бакъдинан охIланчин Кибит-Махьмин наха имаман къепална  юкъара ткъе итт мохь талийра – дерриге дети, дерриге жайнаш, имаман ерриге хазна.

Шемалца Iедалан дарж къуьйсучу стага, Далла Iамалшъярхочо, бакъдинан Iеламстага Кибит-Махьмас оьрсашна муьтIахь хилар тIеэцна. Машарбар а, герз охьадиллар а тIеэца кийчча Iашболчийн тобанна нуьцкъала баьчча хилира, Шемалан цIарца нийсса шен цIе а йолуш.

Амма Шемала, къарцалуш, тIегулбора Гунибе тIаьххьара бисина шен нах. ЧIагIонан куьйгалхо вара цуьнан кIант ГIеза-Махьма. ТIеоьхура тIаьххьарлера тешамениш. Нохчийчуьра схьакхечира цхьа бIаьрг, цхьа куьг, цхьа ког боцу бенойн БойсагIар, Къилбехьара – наиб Хосро, Хунзахера – наиб Доного-Махьма, Хиндалаьлера – Закари, Идрис вийначул тIаьхьа цигахь наиб волу.

Оьрсаша дIалаьцначу Кегер-Ломан баххьаш тIера дIахьаьжча, Гунибан тIулган терхи цхьана йистера вукху йисте дIакхаччалц шера гуш ю. Цхьаллехь лаьтта – гондхьарчу лаьмнийн тобанна юкъахь, царна тIехь олалла деш, и ДегIастанан тIулган имам. Цуьнан басеш нийсса охьа ю, цхьа чаккхарма, цул а сов, хьалагIерта уьш, шен бохь тIехь шуьйра шун кхуллуш. Тийна Iуьллу цу тIехь эвла. Афилона, набаран суй ца беш, чIожара хьаладогIу некъаш лекхачу саьлнашца дIакъовлуш, тархашна юккъехула дехьавуьйлийлаш молханца лоьлхуьйтура, атабеллачу тIулгашца дIакъовлура чIаж. Ши эзар бIаьхочуьнгара схьабаккхалур бацара лам. Амма Шемалца верг виъ бIе бIаьхой, кхоъ йоккха топпий бен яцара. ДагадогIура Гергебилехь хиллачу тIеман денош, амма хIетахьлера нах бацара. Вийна согIратIлахойн Халил, вийна чохойн Iумар, ткъа БойсагIар къежвелла, тишвелла. Хьархочуьнгахь Сурхайгахь тур хьалаайъа а ницкъ бацара – ялта кечдар тIедиллира цунна. ЦIенош чуьра тIаьххьара дисина дама, ялтин тIаьххьарлера буьртигаш схьалахьадора цо. Цуьнан цIарна неIалт кхайкхадора массанхьа а, амма, гергагIоьртина Iожалла санна, имаман чаккхе гергагIоьртина хиларо иза кIоршаме а, синхаамашна аьрта а вора. Имамцхьаьна шен амал хийцича санна хеталора иза. Шемал дагна кIадвеллера, хIуманна тIехь собарх воьхнера, цхьана меттехь сацарх а воьхнера, ткъа хьархочо шен декхарш язбинчу кхолламо санна кхочушдора – вистцахуьлуш а, оьгIазаллица а,

Наб ца кхеташ дуккха дIадаханчу деноша цомгаш вина, иэшамаша къанвина Шемал паргIат а, тидамца а хьоьжура Гунибе схьагуллушболчу шен тIаьххьарчу бIаьхойн мецачу, цIийша юьзначу тобанашка.

Мацах цкъа церан цIейоккхуш хазаро а шовккъий, кхераммий адамийн дегнаш чохь гIаттош хиллачу сийлахьчу къонахех цхьа а вацара царна юкъахь.

Шайн-шайн цIа дIасабовда ца кхиийна генарчу меттигашкара иттех обарг, Гунибера бахархой, шайн инарлашна карабаха ца баьхьа бевдда сехьабевллачу оьрсийн ши бIе салтий а – уьш бен бацара чIагIо ларъярхой. ТIаьххьара йисинчу кхаа йоккхачу тоьпашна тIехь урхалла деш вара Исмил. Некъаш дIакъевлинчу саьлнийн дуьххьарлерчу могIанехь вара наиб Закари, Хосро –шолгIачохь, Афилон – кхоалгIачохь. Имаман кIентий ГIеза-Махьмий, Мохьмад-Шепий массанхьа а лиэташ вара. Имаман стиглан басахь йолу хаьлжаг айбина лелара, доIа санна, массарна а вевзашволу къоьжа БойсагIар.

Оцу хенахь дуккха а эзарнаш оьрсийн эскаро сихцалуш гуобуьллура Гунибна.

ХIора Iуьйрана дIахIуттура Шемал шен таьIна-цIен гIебартойн динахь Кегеран баххьашна хьалхарчу бердаш тIе, дуккха а лаьттара оьрсийн туьпа хьоьжуш. Кхара-Къойсун чIажаша Гунибах дIакъастийначу Кегер-лома тIе сирачу динахь, цIузанчаша, эпсарша, Кибит-Махьма коьртехь волчу ларамечу йийсархойн тобано а гуобина, гучуволура Барятынский. Махо хьаьрса-къоьжа маж ловзош хиъна Iара Шемал шен динахь – Iинал дехьахь – цхьаллин сийлаллехь, тIулгашний стигланний юккъехь ша цхьаъ.

– Лаьмнийн сийлахь къано. Сийлахь къано! – ойлане вахна олура Барятынский, шен кура элан корта дIасатехкош.

КхоалгIачу дийнахь императора а, тIеман министро а яздина кехаташ кхечира. Шиммо а яздора, нагахь Шемалца машарбан меттиг балахь, и машар бан беза аьлла. Иза хIаллакваран дегайовхонаш оьрсийн даг чохь ехаш йолу ткъе пхи шо хан ю, и дегайовхонаш кхочушъялур а яц, цхьа инзаре Iаламат санна. Ткъа оцу юккъехула Европехь хIоьттинчу хьоло а машарбар тIедуьллу. Хонкарахь волчу оьрсийн векало яздо, султана цу гIуллакх тIехь юкъаралладаран некъаш лоьхуш ву Шемал, иза машарбаран сацам ондда тIеэцна а ву бохуш.

Амма Барятынский – дахаро хьоьстург, цхьана а кхераман тIаьхьалонан ойлацаярхо ву, цундела, хьаьрса-къоьжа маж, кIайн чалба а йолчу воккхачу стаге дIахьоьжуш ша лаьтташ, иза реза вац цуьнца машарбан. Иза дийна каравало лаьа цунна. ХIара истори ю. Кавказан инарлина хаа дезачул а сов хаьа Барятынскийна, цунна хаьа къовсаман ловзар муха хуьлу, искусствох а кхета иза, иза ша а вара цкъа мацах башха ледара йоцу стихаш язйина. Имаман къармазалло синтем бохабо цуьнан, таллархочун санна, машарбар, баккъал а, кхерамза хиларх иза кхеташ велахь а.

Оьрсийн эскарийн куьйгалхой дуьхьал бу Гунибна тIелатардарна. И иблис-лам схьабоккхуш эзарнаш адамийн дахарийн мах бала беза, цу тIе а цхьаьнгге а алалур дац, тIелатарехь Шемал церан каравало аьттобер бу аьлла. Инарлашна Ахульго дагайогIу, хIетахь Шемал йогучу гIопа чуьра къайлавелира, муьшах тийсалуш чIожа чу а воьссина, тIаккха юха а гIаьттира керлачу сийлаллин лиэпарехь, массарна а иза вийна аьлла хетачу хенахь.

Эскарийн куьйгалхоша дуккха а ханна гуолаьцна Iар хьоьхура. Барятынскийс, кхин хьем ца беш, тIелата бохура. ТIаккха цунна хьехардира, куьйгалладар кхечу инарле дIало аьлла, аьтто цабаларан иэхь цуьнан хазачу а, аьрхачу а коьртана ца хилийта. Иза реза ца хилира.

Цо цул совдерг а дира. Шен ахчанах итт эзар дато сом лур ду ша, дийна а, чов хилаза а Шемал шена тIе валийначунна аьлла, дош делира цо. Итт туьма дIакхайкхийра Гунибера саьлнаш тIе массарел хьалха хьалаваьллачунна, тIелетарехь чов хиллачу хIоранна а – кхоккха сом. Иза ловзуш вара. Цхьана-шина бIе эзар соьмах Шемал иэцар пайдехь дара.

Августан ткъе доьалгIачу дийнахь ширванхойн а, апшеронхойн а батальонаша тIелатар дIадолийра. Иччархошна хьалха дIатекхира ламешца, машшашца, аьчкан кожалшца а шайн лаамехь эскаре баьхкинарш. ТIулгех а тийсалуш, хьалагIоьртира гIашсалтий, лакхара охьа, догIа санна, тIулгаш тIедеттара царна. Юнкер Луговской массарел хьалха хьалавелира дуьххьарлерчу тархашна тIе, тIулгаш тIедетташ, кхузза царна тIера юханехьа чу а кхоьссира, хIетте а, цIийх вуьзна, буйнара тур дайна, дерзинчу куьйгашца воьазлагIа а хьалатийсалора иза бердах, Кавказан эскаран тIаьххьарчу хьуьнаре кхачархьама.

Барятынский турмал чухула хьоьжура цуьнга, цергашца балда а лоцуш.

Юнкера, лекхачу дегIахь, нуьцкъалчу болатан юьхь-бос болчу къоначу стага, зIокберг еттара торхан дотIунна юкъа, схьакхевдинчу тIулгех тийсалора, юха а зIокберг тIулгашна юкъахь чIагIйора, цунах тасалой, хьалагIоьртура, чIожа тIехула кхозуш а волуш. Ламанхошна гуш вацара иза, амма лакха тIера чукерчочу тIулгаша юкъа-кара чов йора Луговскойна. Ченийн мархаша буьзира бIаьргаш, иза нийсса охьа болчу торхан пенах дIалетира, цунах пIелгаш а тесна, кхозура, наггахь ларлуш хьала а текхаш. ХIинца дукъ тIера охьа мел богIу тIулг кхетара цунна, дукха хан ялале юнкеран кIайн коч букъ тIехь а, куьйгаш тIехь а цIегIачу басе йирзира.

Экханчух тера цуьнан къарцаваларе хьуьйсуш, гIашсалтий а, апшеронцаш а къиза тIедеттачу герза кIелхула гIашлойн некъаца хьалагIертара. Хьалхарчу цхьа бIе майрачу салташна чехка гIулчаш йохуш тIейогIура, тIаккха тIеедира, шайн могIарш а ца дохош, апшеронцийн керла батальон. Шайн гIулчийн мукъамехь цара лоькху эшар а яра хезаш:

 

ЭхI, со вина нана, геч-де, геч-де, геч-де,

АхI, ахь а, куц хаза йоI, воьжначун ма е гIай-гIа!

ЭхI, йилбазаш, месалнаш, тхуна некъ биэ-хка!

И-ий, салтичун дог-ойла, кхи-а, кхи-а, кхи-а!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика