ПАВЛЕНКО Петр. 8-гIа корта

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 11:59 Автор: Administrator 21.02.2013 11:55

                                            Кавказан повесть

                          (ТIаьхье. Юьхь еша 2012-чу шеран № 6-12 журналашкахь)


                                                    8-гIа корта

 

Гуьржийн эластунех кIант Джамалдин хийца а, цхьа миллион дети ахча даккха а Шемала дагалаьцнарг кхочушхилладаьлла ала мегар дара. КIант оьрсаша схьалора, миллионан меттана ткъе итт эзарна резахила дийзира.

Дийцаршдар чекхдовларе хьоьжуш, дуьххьара Соьлжа-ГIалахь Iийра Джамалдин, цул тIаьхьа Темир-Хан Шурехь а. Оьрсаша схьавалийнарг билггал шен кIант хилар талла баккхий нах бахийтира цо масийттазза, Ахульго йохийначул тIаьхьа дукха хан дIаяхнехь а, къона, товш эпсар ма-гиннехь, царна атта вевзира инарла Граббега дIавелла кIант.

И даздаран хьолехь хийцаран гIуллакх кхочушхила дезара Нохчийчуьра Мичик-хи тIехь. Воккха стаг Сурхай а, Ахульгохь хиллачу тIеман дакъалацархо, вахара имама даздаран маьIнехь лоручу оцу хиламе бIаьргтоха.

Хьаьжа-Мурда тешнабехкбинчул тIаьхьа дошлойн лакхара куьйгалхо хIоттийначу балаханойн Мусан эзарнаш береш, берриге наибаш, орденаш яьхна бIаьхой а бара Джамалдин лаьмнашка юхаверзаран даздарехь хила безаш.

 

ПАВЛЕНКО Петр. 6,7-гIа кортош

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 11:55 Автор: Administrator 21.02.2013 11:45

Кавказан повесть

(ТIаьхье. Юьхь еша 2012-чу шеран № 6-12 журналашкахь)

 

                                                                    6-гIа корта

 

Афилон ГIеза-Махьмица вара. Цинандали дIалацаре хьоьжура уьш, тIаккха берриге дошлошца Телавина тохардан а, Тифлисна тIебаха а.

ГIеза-Махьмин штабехь болх тIетаьIIина дIабоьдуш бара: имама ТIехьа Кавказера бусалбанашка яздина кехат дара бIеннашкахь схьаяздеш, ГIеза-Махьмас дандеза къамелаш дара кечдеш, адамашна а, говрашна а оьшуш мел долчун хаттарш дара дийцаре деш, Кахетера элийн ков-керташкара хинболчу пайдан хьесапаш а дора.

Синтем боьхна, шеконца хьоьжура Афилон кхин ойла а ца еш вовшахтоьхначу оцу IалагIожане. Иза резавацара дIахьочу кху экспедицина, амма, имам шех кхето ницкъ а ца кхаьчна, хIинца цо шен ницкъ мел кхочург дора, шайн тобанаш мелла а кIезиг дараш долуш, мелла а кIезиг иэхь тIе а лоцуш, юханехьа дIадигарна тIехь.

 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:48 Автор: Administrator 21.02.2013 10:44


Со сайн даьхнин лай ву…

 

Дакъалоцурш:

 

Маьхьтин Идарз

I эла

II эла

III эла

 
 

МАТАГОВ Исхан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:44 Автор: Administrator 21.02.2013 10:40

               Даймохк

 

Сагатлуш, тийналлехь висча суо цхьалха,

Даймохк, хьан сурт хIуьтту бIаьргашна хьалха.

Ойлане волу со, суьрте а хьоьжуш,

Маьршачу хазаллех воккхавеш, воьлуш.

 

ШАМСАДОВ Муса. Стихаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:39 Автор: Administrator 21.02.2013 10:27

 

             ***

Серладаьхна Нохчийн лаьмнаш,

Дашо цинцаш Iена маьлхан.

Деган мерзаш

Хьедеш мерза,

Зарзар ека зевне.

 
 

Страница 111 из 122

Яндекс.Метрика