МИНКАИЛОВ Эльбрус

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 09:27 Автор: Administrator 21.02.2013 09:24

 


ЦIакхачар

(«Ма беха бара и некъ» повестан кийсиг)

 

БIаьсте яра, I957-чу шеран бIаьсте…

Соьлжа-гIалин вокзалехь, цIерпошта тIера охьавоьссина, жима чамда а кара а лаьцна, дIасахьоьжуш лаьттара цхьа стаг.

Нах дукха бара. ХIетта Iедало бакъо а елла, Казахстанерий, Киргизерий цIабоьрзуш бара нохчий, керт-ков луччух дIалой я кхиссина юьтий, карахь кIеззиг ларчанаш а йохьуш. Бехачу новкъахь гIелбеллехь а, массо а самукъне вара, дог иракарахIоьттина, воккхавеш – кхойтта шарахь сатийсинчу, гIенашкахь дуьхьалтийсинчу ДегIастанахь бара уьш, цуьнан исбаьхьа хIаваъ дара, ца Iебаш, цара чууьйзуш дерг, генна дIахьаьжча гуш долу дай баьхна лаьмнаш дара, маьлхан зIаьнаршлахь шайн кIайн баххьаш а къегош, хIорш юхаберзарх даккхийдеш…

 

ДАДАШЕВ Iабдул

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 09:30 Автор: Administrator 21.02.2013 09:12

 

Юхадерзар 

 

                                                           (романан дакъош)

 

 

                                                                                                              VII-г1а корта

 

                                                                             Ца дуьйшу девнаш

 

Шовхалан къахьега дийзира, дех йисна керт-ков юха шайн долаяккха гIерташ. Девнаша, догъэтIош, гIелвинера. Денна бохург санна, хезаш дара девне буьйлуш, харцо ца лалуш хуьлуш долчу зуламех. Шовхала, беза мах луш, хала юхаерзийра шен дех йисна керт. «Пятиэтажкера» шен вежарий, нана, зуда а дIабигира Шовхала. Доккха са а даьккхина, ког хецна буьйса яьккхира цхьана хенахь дас йинчу хIусамехь.

ХIинца оьшург болх бара. Институте ваха кечамбан безаш Ваха а вара. Болх хьехош, сагатдеш лелаш Пацу а вара.

 

Iа, хьо шийла Iа…

PDFПечатьE-mail

Обновлено 23.01.2013 09:48 Автор: Administrator 23.01.2013 09:34

1аламо цецдохуш меттиг нисло вайн дахарехь, «гурахь б1аьсте а йолу», аьхкенан малхо 1овжинчу дийнахь, дагна 1аьнан шело а хаайолуьйту, даг чу ша а буьллуш. Дерриг адаман даге, цуьнан синх1оттаме хьаьжжина хуьлу. 

Арахь 1аьнан бутт бу, т1екхочуш керла шо а ду, амма 1аьнан сибтех цхьа х1ума а дац хаалуш. 1аьржаниг к1айдеш, дуьне ц1индеш к1айн диллина луо ца го, шелоно ц1евзина 1уьйренаш а, суьйренаш а яц, берийн ц1оз а дац, самукъне маьхьаршца шайн дахар санна к1айн лайн мижаргах ловзуш. Х1умма а дац 1а дагадоуьйтуш.

 
 

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

PDFПечатьE-mail

Обновлено 18.01.2013 09:53 Автор: Administrator 18.01.2013 09:48


Календаран тIаьххьара лист

 

Гуттара а санна, керлачу шарца

Аса даггара хьо декъалайо!

Хеназа къеналло кийра ца морцуш,

БIе шовзткъе итт шарахь ехийла хьо!

 

Иэшам

PDFПечатьE-mail

Обновлено 23.05.2017 15:17 Автор: Administrator 17.01.2013 09:43

Гацаев СаьIид

Боккха иэшам хилла нохчийн литературина а, къоман культурина а – шен 75 шо кхочуш бакъдуьнена вирзина поэт, драматург Гацаев СаьIид.ХIХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь нохчийн литературе баьхкинчу яздархойх вара Гацаев Саь1ид. Иза вина Веданан районан Дишни-Веданахь I938-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь ахархочун доьзалехь. 6 шо кхачаза волу жима СаьIид дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна Юккъерчу Азе кхалхаво. Генарчу махкахь, Казахстанехь, дIадахна цуьнан бераллин а, кхиаран а шераш.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетехь оцу шарахь дуьххьара схьайиллинчу къоман отделене деша воьду. 1969–1973-чуй шерашкахь Москвахь М.Горькийн цIарахчу дуьненан литературин институтан аспирантурехь доьшу СаьIида. Белхаш бина Веданан районерчу школашкахь, «Колхозан дахар» районан газетехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь, кхечу меттигашкахь а.Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 50-гIа шераш чекхдовлуш. ХIетахь дуьйна цуьнан говзарш зорбане йийлина меттигерачу зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь.

 
 

Страница 113 из 122

Яндекс.Метрика