Нохчийчохь Референдум дIаяьхьна – 10 шо

PDFПечатьE-mail

Обновлено 08.05.2013 10:12 Автор: Administrator 28.03.2013 10:40

 ТкъолгIачу бIешеран 90-чу шерашкахь дуккха а бIешерашкара схьайогIучу шен исторехь уггаре а баккхий бохамаш лайра Нохчийчоьно. Сувернитет дIакхайкхор, Россин Конституцин Iедал дIадалар, инарла Дудаев Джовхар коьртехь волуш ОКЧН кхоллар, цул тIаьхьа Россица иэгIар, цул тIаьхьа тIом… (I994-I996 шш.) I996-чу шеран августехь дIабахначу хиламаша цкъачунна дIатеттира цу бохамийн чаккхе, дуьненаюкъара терроризман туш хилла лаьттира республика масех шарахь. Масхадовн Iедалан гIорасизалла бахьанехь республикехь баккхийра кегарш хилира, хIетахь хаъал чIагIбелира  вахаббитийн тIеIаткъам. Царна дуьхьал сацамболлуш шен аз айбира хIетахь республикин муфтий хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.

I999-чу шеран сентябрь бутт болалуш законехь доцуш герз лело тIеман тобанаш, шайн коьртехь Басаев Шамаллий, Iаьрбийн йолахо Хаттаббий а волуш, луларчу Дагестанна тIелетира. Масхадов Аслана цхьана а кепара дуьхьало ца йира оцу ямартлонна, террористаша лелошдерг нийса дац а ца элира. Оцу хьелашкахь дIайолаелира I999-2000 шерийн тIеман компани.

 

2013-гIа шо: хиламаш, хаамаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 06.03.2013 10:39 Автор: Administrator 06.03.2013 10:36

 

Поэташ декъалбира

 

 Кусаев Iадизан 75 шо кхачарна, цуьнан къинхьегаман некъан 55 шо билгалдоккхуш, кхоллараллин суьйре дIаяьхьира Зорбанан цIийнехь 20I3-чу шеран 29-чу январехь. И вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин яздархойн а, журналистийн а Союзаша. «Цуьнан къинхьегаман некъ – дийнна цхьана адаман дахаран оьмар ю. Делахь а, Iадиз, кIадцалуш, цу новкъа схьавогIуш ву, цо 23 книга арахецна. Уьш ю поэзин, прозин, публицистикин жанрашкахь язйина. Iадиз вайн юкъараллин дахарехь, радиохь, телевидинехь къахьоьгуш схьавогIуш ву» – аьлла, билгалдаьккхира суьйре дIахьошволчу литературин критика, яздархочо Бурчаев Хьаьлима. I959-чу шарахь деша воьду Iадиз Кирсановск гIаларчу (Тамбовски область) тIеман авиационно-технически училище. Кхиамца иза чекх а йоккхий, Соьлжа-гIаларчу  аэропортехь дIаболабо шен къинхьегаман некъ. Амма стигланийн есаллашка, ша кечдой новкъадохучу нуьцкъалчу хIаваакеманаша ца Iехадо цуьнан лехаме дог. Журналистике болчу безамо, исбаьхьаллин дешан къайленаш йовза болчу лаамо Ростовски университетан журналистикин факультетан заочни отделене валаво иза…Иштта голатуху цуьнан дахаран некъо, цунах журналист, поэт хуьлу…

 

Бурчаев Хьаьлим

PDFПечатьE-mail

Обновлено 06.03.2013 10:36 Автор: Administrator 06.03.2013 10:32

 

                                                                        «Лаьмнийн хIайкал»

 «Замано керла некъ буьллуш, лаьтта тIехь керла хебар дуьжу, исбаьхьчу юьхь тIехь къаналлин мухIаро юьтучу лорах терра, куц-кепах хуьйцуш. Оцу инзаречу хийцамийн йийсарехь нисло дуьненан мехкийн, халкъийн кхолламаш, некъаш. Цхьадолчара цецвоккху шайн дахаран некъан цIеначу хIуоца, шорталлица, токхаллица, аьрхачу беран синтемза леларца, кхечара – еххачу заманахь экама ларйина и шен сийлахь – йоккхалла цIеххьана йожайо, гуттаренна а набаран тар тосий, тийналлин IиндагIехь дIахорцу…», – ишттачу дешнашца дIайолайо Айдамирова Машара «Лаьмнийн хIайкал» цIе йолу шен повесть. Ткъа ша кху тIехь бийца дагалаьцнарг вайн исторера цхьа мур хилар хоуьйту автора дешхьалхехь. Iаьржачу хIордана а Къаспи  хIордана юккъехь болчу, шех Кавказ олуш дуккха бIешераш хьалха дуьйна дуьненахь гIарабаьлла, тахана а шена тIехь дуьненан халкъийн тидам латтош болчу махках лаьцна инзаре тамашийна, туьйране, бакъдолчунна герга болу а хаамаш бовзуьйту цкъа хьалха вайна Айдамирова Машара.

 
 

ПАВЛЕНКО Петр

PDFПечатьE-mail

Обновлено 06.03.2013 10:32 Автор: Administrator 06.03.2013 10:23

 

                                                                           Кавказан повесть

                 

                         (ТIахье. Юьхь еша 2012-чу шеран № 6-12, 2013-чу шеран №1 журналашкахь)

9-гIа корта


Шена эшар хезча, ерриге коч цIийх юьзна юнкер кхин а сихвелла хьалатасавелира, керлачу ницкъаца болхбан юьйлира цуьнан зIокберг, амма гIораиэшначу куьйгашкара хецаелира иза дукъ тIе хьалаволлучу хенахь, тIаккха, малхехь къегина, лахахь болчу салтийн кортош тIе юьйжира. Коьртакомандующийс, балдех цергаш а юхкуш, бIаьргашна хьалхара турмал дIа ца йоккхура. Юнкера, куьйгаш дIатесна, шен дегI хьалаозийра, тархан дукъ тIехь бертал охьавижира, тIаккха цхьана гола тIе хIоьттира, тIаккха халла хьалагIаттийра шен доккха дегI, юха, ши куьг дIаса а даржийна, маларо вахийна стаг санна, дIаса а техкаш, тIулган керта тIехьа хевшина Iачу иттех жIайхочунна тIеволавелира. Иза, хIаваэхь куьйгаш дIаса а лестош, вогIура, коьртера дуьйна когашка кхаччалц цIийх вуьзна, геннара а тIех буьрса вара иза. Цунна тIе герз туьйхира. ЦIеша дуьзначу куьйгаца шен бIаьргаш дIахьулбира цо, тIаккха юха а жIайхошна тIеволавелира, шен дегI лардан цхьа а дуьхьало ца еш. Герзаш шозлагIа а туьйхира, амма дехьа агIорхьара – бевдда боггIушехь тоьпаш а етташ, дукъ тIе хьалабуьйлура апшеронцаш. Карахь герз а доцуш шайна тIегIертачу юнкерна хьалхара кIегаръоьхуш, тоьпашна дуьхьал герзаш а ца тухуш, цхьанна тIаьхьа важа волуш, тIекIел Iохкучу тIулгашна юккъехь къайлабевлира жIайхой.

 

ПАВЛЕНКО Петр

PDFПечатьE-mail

Обновлено 06.03.2013 10:23 Автор: Administrator 06.03.2013 10:07

                                                                               

                                                                    Кавказан повесть

 

                     (ТIахье. Юьхь еша 2012-чу шеран № 6-12, 2013-чу шеран №1 журналашкахь)

9-гIа корта

 

Шен гIаролхой кхин схьакхача а ца кхаьчна, Гунибе дIавахара Афилон. Юьртдена хьалххе дуьйна хууш дара молхадаккхархочунна хIун кхиэл йина. Зудчуьнца цхьа сахьт хан яккха иза паргIат а витина, шен сацам дIахаийта веара иза. Дийнахь шен цIахь хила бакъо яра Афилонан, буьйсанаш ор чохь дIаяхьа езара, юьртден саьккална юххехь.

– Дика ду. ДIавогIур ву, – жоп делира Шуаната.

Афилон бертал Iуьллура саьккалан поппар хьаьхначу цIеначу цIенкъахь. Iуьллура, шен хьомечу хIусаман хьожа чууьйзуш, шен бераш динчу бенахь.

 
 

Страница 114 из 127

Яндекс.Метрика