АЛИЕВ Мохьмад

PDFПечатьE-mail

           Ца воьжна къонаха

(НР-н хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъах  дош)

 Дахарехь муьлхха а халонаш лайначу стагана тIе ма-хьаьжжинехь, цуьнан аматехь гуш хуьлу цунах дерг. ТIамо а Iовжош, доьзалехь дика-вон листа а дезаш, мехкан лазамаш дIабаха гIорта а везаш, шен ницкъ кхочучу барамехь ваха везаш нисло цуьнан. Доьзалан, шен а дезарш тIаьхьа а тоьттуш, мехкан дуьхьа шен са дIадала кийча а волуш хуьлуш ву мехкан воI. Дукха хилла иштта къонахий вайн махкахь. Ишттачех цхьаъ вара Ахьмад-Хьаьжа а (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).

 Мел шена халонаш тIеIиттаяларх, мел кхерамаш тийсарх, вуха ца волуш, къоман паргIатонна шен са дIаделла кIант ву иза. Цунна а ма лаьара маьршачу махках, вай санна, воккхаве а, берийн бераш хьеста а, ша Iамочу бусалба динан кIоргенаш кхин а йовза а. Мел дукха сатийсамаш бисна хир бу цуьнан! Амма, и шадерриг тIаьхьалонна а дитина, вайн маршонна, вайна паргIато яккха, цо шен са  дIаделла.

 2000-чу шарахь веара Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле. Цо шен корматалла а, шен махке болу безам а, мел шен махках дог лозу а гайтира вайна. Ахьмад-Хьаьжа декъалхиллачул тIаьхьа цкъа шен интервьюхь В. Путина элира:

«Со цхьа цуьрриг дохко ца ваьллера Ахьмад-Хьаьжа куьйгалле хIоттаварна, со даим воккхавера цо дечу куьйгаллах, цуьнан хьекъалечу къамелех а. Дуккха дуьхьалонаш а йолуш хIоттийна вара ас иза, и ишта хиларна суна боккха кхаъ а бара, сайна дуьхьал хиллачарна хьалхахь юьхькIам а бара!» 

 

 

 

   Вайна хууш ма-хиллара, Ахьмад-Хьаьжа Россина дуьхьал хилла вара цхьана хенахь. Амма ша схьалаьцна некъ цо хийцира, дериггенах ша кхетча. Къам, мохк хIаллакьхилар ца лайра цо, хIунда аьлча и кхетта хиллера гучуюьйлучу харцонех, ахчанна бечу тIамах а. Ичкерин некъаш Iадда а дитина, Россин агIорхьа а ваьлла, цо дIакхайкхийра вай Россица хила деза, цуьнца бен вайн дахар шена ца го аьлла. И цуьнан некъ Россис къобал а бина, цкъачунна иза куьйгалле хIоттийра, тIаьхьа халкъо харжамбарца чIагI а вира. Халкъ цо бохучух тийшира.

   Цунна вай теш хилира, 2003-чу шеран 23-мартехь, дерриг адам ара а даьлла, д1аяьхьначу референдумехь. Эццехь адамо къастам бира шайна хьаьнца даха лаьа, шайн куьйгаллехь мила ган лаьа а, аьлла. Халкъанна куьйгаллехь хила луург Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо и нехан тешам кхочуш а бира. Цо дIаболийра шен хьанала, амма хала а, кхераме а маршонан некъ. Юххерчу, чоьхьарчу, арахьарчу пачхьалкхашца цо тийсайолийра гергарлонан уьйраш. Цо шен къамелехь довзуьйтура царна нохчий обаргаш, жоьлгаш, террористаш а цахилар. И кхойкхура сих-сиха хьошалгIа кхечу пачхьалкхерачу векалша, Iеламнаха, куьйгалхоша, цуьнан къамеле ладогIа, цуьнца гергарлонаш тийса а.

   Ткъа Ичкерин куьйгалхой дарбелла хьийзара Ахьмад-Хьаьжа шайна дуьхьалваларна, цо схьалаьцначу некъана а.

   Масхадовс Указ даьккхира, ша Ахьмад-Хьаьжа муфти волчуьра дIавоккху аьлла. Ткъа и указ Ахьмад-Хьаьжина оьшуш дацара, цо и къобал а ца дира,  «Со дIаваккха цуьнан бакъо а яц, воккхуш хилча а, муфтиято ваккха веза со дIа!» – аьлла. Иза-м, цара дIаваккхаре а ца хьоьжуш, ша дIаваьллера, шена шаерриг хаа а харцонаш ма-евззина.

   Бахьана: Ахьмад-Хьаьжа шаьш бохучу некъара дIаваьлла шайна дуьхьалвалар, ша гIазот кхайкхор дац, хIара гIазотан тIом бац алар дара. Ткъа Ахьмад-Хьаьжел тIаьхьа Масхадовс муфтий хIоттийначо и гIазот ду аьлла, дIакхайкхийра.

   Хала мур хилла-кх Ахьмад-Хьаьжина тIехIоьттинарг. Делахь а, ша схьалаьцна бакъонан некъ дIа ца хоьцуш, Делан кхеле иза дIавирзира. (Дала декъалвойла иза!)

   Хьуьнхахь болу кIентий дукха цIа берзийра цо. Даиманна а царна амнисти яккха гIерташ, и кIентий шайн доьзалшна тIе цIаберзо гIерташ, къамелаш дара цуьнан. Нахана мел хазахетара, телевизарчохь, герзаш охьа а дохкуш, маьршабовлуш, вайн кIентий гича. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин дог-ойла муха хилла хир ю и сурт гуш?

  «Нохчийн Республикехь дерриге а халкъаш паргIат а,  дика хьелаш долуш а, цхьа а кхерам а боцуш даха хьакъ ду», – олура Ахьмад-Хьаьжас. Цо куьйгалхошна тIедохкура оьрсийн мотт буйцуш болу бахархой районан а, республикан а юкъараллин дахаран хиламашна юкъаозор, халкъалахь къестамаш цабар. Ша а вара Ахьмад-Хьаьжа чIогIа церан гIуллакхашка хьожуш. Цо тергам ца беш ца дуьтура церан цхьа а дехар. Оцо а гойту вайна, Ахьмад-Хьаьжа нийсачу некъа тIехь хилла хилар, Дала а, шариIато а бохург и дан лууш хилла хилар а.    

   Цкъа, дагадогIу суна, Мирзаев Султана шен а, Ахьмад-Хьаьжин къамел дара «Даймохк» газета тIехь зорбатоьхна. Сайна и чIогIа тайна дела, шуна а, оцу къамелан цхьа дакъа довзийта лаьа суна.

Султана, ша Ахьмад-Хьаьжас кхайкхина цIа валийча, ша хаьттира боху:

«Вай хIун дан гIерташ ду? Адамаша тайп-тайпана ма дуьйцу».

Ахьмад-Хьаьжас иштта жоп деллера.

   «Дагестанера, ГIалгIайчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра вайн лулахой санна, мехкан муьлххачу а регионера нах санна даха лаьа суна вай. Стаг Iуьйрана паргIат шен балха воьдийла, суьйрана шен цIа вогIийла лаьа суна. Вайн некъашца блокпосташ ца хуьлийла, оцу некъашкахула БТР-ш ца хехка лаьа суна. Вай маьрша дехийла, республика меттахIоттайойла лаьа суна. Вай динехь совдовлийла, вайн халкъ къеллех, балех хьалхадолийла лаьа суна. ТIом чекхбаккха лаьа суна. Иза ду-кх суна лууш дерг!»

  Ойла йича, ма баккхий лаамаш бацар-кха уьш. Ткъа кхочушбан воьлча, синош дIадала дезаш а нисдели-кх Ахьмад-Хьаьжин, цуьнан накъостийн а.       

Ахьмад-Хьаьжа, шен къомах а, шен махках а дог лозуш, вуьззина нохчийн кIант хилла хиларх юха а тоьшалла ду вайна и.   

Ахьмад-Хьаьжа вайца воцу 9-майхь 8 шо кхечи. Амма цуьнан некъаш, цо сатийсинарг кхочушдар вайца дисна. Вешан ницкъ ма-ббу, синош ца кхоош,  цуьнан лаамаш, цо сатийсинарг кхочушдан хьовса деза вай. Цо вайн дуьхьа дIаделла шен са, цо вайн дуьхьа лехна машаран некъаш, цунна вай паргIат даха лиъна. Ткъа тахана вай, цуьнан лаамаш тIаьхьа а теттина, вешан лаамаш кхочуш а беш лелча, нийса хир дуй-те? 

Цкъа шен къамелехь цо аьлла дагадогIу суна:

   «Со тахана ахчанна а, я дарж дезаш араваьлла вац, сайн доьзал соьга мичча хенахь а хене баккхалур бу, сан Iалашо – халкъ маьрша дахар, цунна паргIато хилар, вай хIаллакцадайтар а ю. Ас, нах санна, маьрша дахий вай, боху, нах санна, вешан мехкан дай хилий вай, боху. Муьлш мичара бу а ца хууш болу нах хьалха а бахий, хIаллак ма хила вай, боху!» – иштта, цо дина къамел, тахана а сан синкхетамехь дисна.

   Нехан дегнаш тIехь яккхий гIайгIанаш, баланаш бара. Буьйсана охьавуьжуш, хIун хир ду ца хууш, саготта вуьжура, тIом болалур-те, я, туьтмIаьжигаш йоьхкина, муьлш бу а ца хууш болчу наха, чу а лилхина, дIа а вигна, войур-те бохуш, ондачу балехь дара халкъ. Дикане, машаре сатесна долу халкъ ишттачу стагана тIетовжа кийча дара. Амма и саннарг вацара. Делан къинхетам хилла, шегахь ийман, яхь, оьздангалла, бакъ дин, къонахалла хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжа хьалха а велира, цунна халкъ тIаьхьа а хIоьттира, цо вайна маршо а яьккхира.

   Вайна дагадогIу некъашца хилла хьал: дIасавахар доцуш, водахь-сарале цIа вогIур ву-вац а ца хууш, тIепазабовш кегий нах, отуш ярташ, багош мохк и-дерриг гуш дара кхечарна а, амма хьалхаволуш стаг вацара. Ахьмад-Хьаьжас и дукъ шена тIелецира. Жоьпалле дукъ, бала а бара цо шена тIелаьцнарг, амма, ша мехкан вуьззина къонах хиларе терра, шен махках, халкъах дог шен лазаре терра, юкъ йихкина аравелира иза. Амма Iаьржачу тешнабехко вожийра иза. Вожийра, амма халкъан иэсера дIа ца ваккхавелира. Тахана а вайна юкъахь деха цуьнан весеташ, кхочушбо цуьнан лаамаш.

   Хала некъбина шен дахарехь Ахьмад-Хьаьжас. Доьзал, Iилма Iамо бакъо йоцуш, къайлах-къулах Iамо дезаш хилар а. Делахь а, шена и бусалба Iилма дезарна, ша цIена бусалба хиларе терра, цхьана а халонашна къарцалуш, цаьрга ша охьа ца таIавойтуш, къахьегна цо. ЦIахь дешначул тIаьхьа, цо чекхъяьккхина Бухарара «Мир-Араб» хьуьжар а, Ташкентера имам Бухарин цIарах йолу Исламан институт а, дешна Амманехь а.

   Ахьмад-Хьаьжа вогIу аьлла хезча, цуьнан къамеле ладогIа вахна со а масийттазза. Со санна, цуьнга ладогIа, цо дика кхаъ баккхаре сатосий, дукха адам гуллора. Вовшашка кхаьънаш дохуш, хабарш кхоьхьуьйтуш хуьлура нах, Ахьмад-Хьаьжа вогIуш ву тахана бохуш. Цо чIогIа нехан даг чу дижош, дегнаш кIаддеш, дикачух нах тешош, дуьйцура. Ша дендоцург а ца дуьйцура цо. И вайна цо хаа а хаийтира.

  Цунна хууш хиллера арахьара чубаьхкина къоман мостаг1ий мел кхераме бу, цара вайна хIун зулам дохьур ду а. Кхиберш и хууш хиллехь а, амма цунна юххе а хIиттина, цхьа и дIакхайкхош вацара. Цкъа дагадогIу суна цо аьлларг:

  «Варийлаш, сан вежарий, йижарий, вайна ца оьшу шуна кхечу махкара тIебаьхкинчу наха тIекхийдо некъаш, церан Iилма, цара хьехнарг а. Вайн вешан хьуьжарш хила еза, кегий нах кхетош-кхиош белхаш бан беза. Хьалхалера дешна нах бу вайн, дукха бацахь а, цара шайн синош ца кхоош бусалба Iилма Iамо деза вайн кегийрхошна, вайн Iадатехь, вайн гIиллакхашца.  Маьждигашкахь вайн махкахой хила беза имамаш. Ткъа тIебаьхкинчу нехан шайн Iадаташ ду, шайн гIиллакхаш а ду. Вай нохчий ду, дайшкара дуьйна гIиллакх-гIуллакх хIун ю а хууш, вешан Iадаташ а долуш, кхидолу къаьмнаш вай лелочу гIиллакхех цец а бовлуш. Тахана вайн йиш яц кхечу къаьмнийн амале дерза. ТIаккха вайн мотт а дIабер бу, нохчалла а дIадер ду, тIаккха вай дайна ду, доцуш ду. Ткъа мотт, гIиллакх, бух а боцу къам – и дайна ду, и къам дац, дIабахийта и нах шайн цIа, царна догIу совгIаташ, мидалш а лой, хаза баркалла а алий, цара, оьшучу хенахь, вайн накъостий а хилла, тIемаш бина, ткъа тахана цаьргара вайна кхин оьшуш хIума дац. Уьш шайн цIахь дика бу. КхидIадерг вай дерзор ду вешан махкахь. Вайна ца оьшу церан хьехамаш, цара делларг. Вайн махкахь нефть ду, кхин шортта хазнаш а ю, вай атта дахалур ду. Уьш вайна зуламе бовлуш бу, цара юкъадаржо хьийзориг шайн хIума ду, вайн Iадатца догIуш хIума дац. Ткъа цхьаболу нах, царах Iеха а белла, цара лучу кепеках бохка а белла, галбевлла лелаш бу. Уьш вайн нах бу, уьш, кхета а бина, меттабало беза. Вайн уьш дIатуьйсийла дац!»

    Цахуург дац иза массарна а, Ахьмад-Хьаьжас Масхадовга, айхьа ца бахийтина ала и вайн тIемалой Дагестане, оьрсийн эскарш чу а даьхкина, вайн махкахь цIий Iана мегаш ду, юха а тIом лан хьал дац вайгахь, ма балабе кху чу тIом аьлла, дехардича, Масхадовс ша эр дац иза аьлла. КхидIа..?

   ТIаккха нахана хиира кху чу тIом богIур буй, и доккха зулам дуй а. Адам чIогIа саготта дара. Жимма а аьттоберг, кисанахь сом-ком ерг кху чуьра араваьлла дIавахара, ткъа гIийла мисканаш, шайн махках дог лозурш бухабисира. Цул тIаьхьа кху махкахь хилларг вайна хаьа. И ца хилийта гIертара Ахьмад-Хьаьжа, амма цуьнан ницкъ ца кхечира оцу тIехь. Масхадов цуьнан накъост хилла дIахIоьттинехьара, и зулам хир дацара.

    Ахьмад-Хьаьжина луург – халкъ паргIат дахар, нах цIаберзар, блокпосташ д1аяхар, вайн махкахь маршо хилар дара-кха, доцца аьлча. Цунна лууш дерг, даима цо олург: «Къаьмнаш ма къестаде, нах ма къестабе, вирдаш ма къестаде. Нагахь вай и къестамаш бахь, вай декъалур ду, иштаниг хилийта мегар дац, тIаккха вайн мостагIийн луург долу, и дан гIерташ бу уьш». 

    Суна дагадогIу, Ахьмад-Хьаьжина тешнабехкбечу дийнахь (9-чу майхь) Соьлжа-гIалахь со нисвеллера стадионна юххехь. Лазийна адамаш дара аракхоьхьуш, дIасауьдуш нах, со, хуьлучух ца кхеташ, лаьтташ а волуш, суна юххехула, елха а йоьлхуш, коьртах охьахьоьхуш цIийш а долуш схьайогIуш цхьа зуда яра. Сихдина: «Кадыров, Дала декъалвойла хьо, Дала декъалвойла хьо!» – бохуш, йогIура и зуда. Цо дуьйцучух цецваьлла, ас цуьнга хаьттира: «Зуда, хIун ду цигахь хилларг?» – аьлла, амма Iадийна йолчух тера дара иза. Ца хезаш санна, дIайоьдура иза. Юха, тIаьхьа а хьаьдда, чIогIа мохь а тухуш, хаьттира ас цуьнга хиллачух. Кхосса а луш, цхьана хIумано меттаялийча санна, соьга схьа а хьаьжна, елхар а оьккхуш, цо элира: «Вайн Ахьмад вац, Кадыров вац!» – аьлла. Цо бохург ас бакъ ца дира, амма тIаьхьо хиира суна и бакъ хилар.

   Ахьмад-Хьаьжа бакъволу нохчо, къонах а, Iеламстаг а вара. Ахьмад-Хьаьжас кхочушдан дагалаьцна дукха дика г1уллакхаш  кхочушдеш схьавогIу цуьнан кIант, даима цунна юххехь дика накъост хилла волу НР-н Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

   РФ-н Турпалхочух, НР-н Президентах, къонахчух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех сайн дош дерзош, ала лаьа:       

Ахьмад-Хьаьжа, Дала декъалвойла хьо! Дала гIазот къобалдойла хьан! Делан веза хьаша хуьлда хьох!

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика