Минкаилов Эльбрус. Иза даима а вуьсур ву халкъан иэсехь…

PDFПечатьE-mail

(Ошаев Халидан 110 шо кхачарна)

 

 

…Ошаев Халид вайн халкъан исторехь, литературехь, Iилманехь, культурехь, юкъараллин дахарехь дIадаханчу бIешарахь уггаре а сирла лар йитинчарех цхьаъ ву. Цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъ хала хилла, хIетте а баккъал а ирс долуш стаг а, яздархо а хилла иза, и ший а цIе шен дехачу дахарехула чекхъяккха доьналла хиларна.

 

Халид вайн къоман интеллигенцин хьалхарчу чкъурах ву. Иза вина I898-чу шеран I-чу январехь, Чехкара-гIопан уллерчу слободкехь. ОшаевгIеран доьзал мелла а таройолуш хилла, цундела хинволчу яздархочун аьтто белира, Соьлжа-гIалара реальни училище чекх а яьккхина, I9I6-чу шарахь Петарбухе Хьуьнан институте деша ваха, амма I9I7-чу шеран революцино юкъахвоккху иза дешарна. Нохчийчу юха а воьрзий, хIетахьлерачу революцин хиламашна юкъавоьду иза. I9I8-чу шарахь дуьйна вайн махкахь Советан Iедал дIахIотталц (I920-чу шеран март) ГIаттаман ницкъийн штабо тIедилларца эскарерчу салташний, бахархошний юкъахь кхетош-кхиоран болх дIахьо цо, дакъалоцу Iалхан-юьртаххьий, Чечанаххьий деникинцашна дуьхьал хиллачу тIемашкахь а, цул тIаьхьа Теркал дехьа йисначу Iедална духьал йолу тобанаш хIаллакьеш а, имам Нажмуддин гIаттам бохош а.

I920-чу шарахь БуритIахь хьалхарчу совпартшколехь доьшу Ошаев Халида. I92I-I922-чу шерашкахь цо болхбо Нохчийчоьнан ревкоман председателан а, исполкоман председателан заместителан а даржашкахь. Оцу хенахь дуьххьара бехкево иза, жоьпе а озаво (хьовса архиверчу кехате).

I923-чу шарахь арахеца доладо «Советски автономни Нохчийчоь» газета (оьрсийн маттахь). Оцу газетан секретарь хIоттаво иза. I925-I930-чу шерашкахь Нохчийчоьнан ОблОНО-н куьйгалхочун даржехь лаьтта иза.

20-чу шерашкахь дIаболабо цо шен кхоллараллин болх. ХIетахь язйина ю цуьнан дуьххьарлера пьеса – «Дайн Iедал». И драма нохчийн Iадатех дуьйцуш ю. Хууш ма-хиллара, хIетахьлерачу вайн литературехь коьртачех цхьаъ яра и тема. 30-чу шерашкахь цо язйо кхин а масех пьеса, царех цхьаъ – «Некъ жIараболуш» – шен «Заманан лараш» гуларехь тIаьхьуо арахоьцу яздархочо.

I924-чу шарахь Шерипов Денилбекаца цхьаьна Ошаев Халида хIоттийна латинийн йозанан буха тIехь нохчийн алфавит. Нохчийчохь керла йоза даржош, историн а, фольклористикин а, меттаIилманан а хаттаршна лерина тайп-тайпана статьяш, очеркаш язъеш, шен ницкъ ца кхоош болх бо цо оцу шерашкахь. Уьш арайовлу Нохчийчоьнан газеташкахь а, ткъа иштта Ростохарчу «Революций, ламанхой» журналехь а.

I930-I936-чу шерашкахь БуритIарчу 2-гIачу Къилбаседан-Кавказан пединститутан ректоран а, цул тIаьхьа Пятигорскехь кхоьллинчу Iилманан-талламан институтан директоран а белхаш бира Ошаев Халида. Цигара вохийначул тIаьхьа кIеззигчу хенахь гIишлошъяран урхаллехь десятникан (!) даржехь къахьегна цо (хьовса архиверчу кехате).

Яздархо лецира I937-чу шеран октябрехь, дуккха а шераш шина а гуларехь вовшахтоьхна яра Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамах йолу произведенеш.

Вай хьалха а хьахийра, нохчийн халкъ бехдан, цунна тIе доцург кхолла гIертачарна  дуьхьал Ошаев Халида латтийначу къийсамах. Къаьсттина дукха болх бира яздархочо вайн махкахоша Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалацаран ма-дарра сурт гайтар шен дахаран Iалашо а лаьцна. Яздархочун кхоллараллехь коьртачарех цхьа меттиг дIалоцуш яра тIеман тематикана лерина йолу произведенеш. Газетийн а, «Орга» альманахан а, цуьнан шен книгийн а агIонаш тIехь яра уьш, ткъа цхьаерш зорбане евлла а яцара.

Хууш ма-хиллара, вайн махкахоша Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалацарх тайп-тайпана дуьйцуш ду хIинца а. Нохчий I944-чу шарахь махкахбахаран бахьанех цхьаъ ду олий, билгалдоккхуш дара, вайнах тIамах уьдуш, Iедална дуьхьалбовлуш хилла, бохург. Иза цхьаболчу историкаша а, яздархоша а, политикаша а тахна а сих-сиха юхакарладоккхуш, вайна тIехдетташ а ду. Ошаев Халидан «Нохч-ГIалгIайн полках дош» (2004) цIе йолчу книго санна, и тайпанчу наха дуьйцург дош доций хоуьйтуш, вайн халкъо оцу тIамехь лаьцна дакъа ма-дарра гойтуш кхин доккха тоьшалла дац.

«Нохч-ГIалгIайн полках дош» книгехь дуьххьара цхьаьнатоьхна уьш а, нохчийн халкъ махках даккхарх долу дийцар а –  «Цуьнан лаамна дуьхьал хилларшший», ткъа иштта «255 Нохч-ГIалгIайн…» повесттий.

И книга вовшахтоьхнера Ошаев Майрбека – яздархочун кIанта, Iилманчас. ТIаьххьарчу шерашкахь Халидан архив ларъеш а, оцу юкъара произведенеш зорбане кечъеш а болхбеш схьавогIуш вара иза. Къаьсттина мехала ду Майрбека шен дагалецамашкахь Халида и произведенеш муьлхачу хьелашкахь язйина довзийтар. «Ас и ца дахь, хьан дийр ду иза?» – оцу дешнашкахь ша ма-варра Ошаев Халид ву, шен берриге а кхолламца, шен ерриге а кхоллараллийца.

Книгехь коьрта меттиг дIалоцу «Брест – цIеран бIар» повесто а, цуьнца йоьзна йолчу материалаша а. Ошаев Халида шен хьалхарчу дашехь а («Авторера»), юкъавалорехь а  («Дицдийр дац вай») вайн махкахоша Даймехкан тIамехь лаьцначу декъах юкъара хаамаш ло, къаьсттина шуьйра –  Брест-гIап ларъеш дакъалаьцначарах.

255-чу нохч-гIалгIайн дошлойн полках ю Ошаев Халида  исбаьхьаллин-документальни жанрехь язйина повесть. Яздархочо дуьйцу и полк кхолларх а, цуьнан тIеман некъах а.

«Вага, амма юха ма вала» циклехь масех очерк хьалха дуьйна книгашъерхошна евзаш ю (Нурадилов Ханпашех, Идрисов Абухьаьжех), кхиерш дуьххьара зорбане евлла.

Яздархочун Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман темин произведенийн мехалла совйоккху уьш ерриге а документийн буха тIехь язйина хиларо. ТIамехула чекхбевллачаьрца, хIаллакьхиллачеран гергарчаьрца, накъосташца цхьаьнакхеташ, архиваш толлуш инзаре дукха болх бина яздархочо, вайн махкахойх-тIемалойх дерг лоьхуш. И болх бахьанехь йисна тIаьхьешна оцу уггаре а луьрачу тIеман декъашхойн цIераш.  

«Чайра», «Цуьнан лаамна дуьхьала хилларш» дийцарш вайн халкъ махках даккхарх яздина ду.   Ошаев Халида уьш язъечу хенахь иза кхераме а, атта яздархочо дийр доцуш а хIума дара. Дагах кхеташ, говза яздина дийцарш ду уьш.

Музаев Мохьмад куьйгаллехь волчу Нохчийн Правительствон архивийн урхалло арахецна «Нохч-ГIалгIайн полках дош» книга – дуккха а тIаьхьадисна делахь а, яздархочун болх ларар, цуьнан сийдаран билгало хилла дIахIоьттира. Иза хазахетарца тIеийцира махкахоша, кхечу къаьмнийн векалшна вайх деша а, довза а дуккха а мехала хIумнаш ду цу тIехь.

… Шераш дIаоьху, амма Ошаев Халид санна болу нах – Iилманчаш, яздархой – халкъан иэсехь буьсу, шайн дерриг дахар цара оцу халкъанна дIаделла дела. Оцу сийлахьчийн могIарехь иза хилар цхьа а шеко йоцуш ду.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика