Минкаилов Эльбрус.Къонахчун дахар

PDFПечатьE-mail

Мамакаев Мохьмадан  95 шо кхачарна лерина
Нохчийн Республикан халкъан яздархочо Бексултанов Мусас шен Мамакаев Мохьмадах йолчу эссехь яздора: « Муьлхха а художник: поэт, яздархо, композитор я суртдуьллург – кхаа тIегIан тIехь нисло.
Хьалхара меттиг шен ойланийл лакхарчун ю, шолгIачу меттехь – цаьрца (ойланашца) нийсса верг, кхозлагIчохь – цу ойланийл лахарверг.
Вайн махкахь тIаьххьарниш дуккха а бу.
Ткъа Мохьмад? Мохьмадан меттиг хьалхара ю шен дахарехь, вахарехь а, ша йитинчу ойланийл – поэзил а» (Бексултанов Муса. «Къонахчун Iожалла». – «Орга», 2003, №8. 57 агIо). Иштта дан а ду иза.
Мамакаев Мохьмадан 95 шо кхочу кху деношкахь. Кхечу вайн баккхийчу яздархойн санна, билггала и вина хан къасто хала ду. Цхьацца тоьшаллаш ду, Мохьмад I908 шарахь вина аьлла, амма яздархочо шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь къастош дерг I9I0 шеран I6 декабрь дара. Хетарехь, ша жима волуш, балхана а, дешарна а аьттонна, ши шо тIетоьхначух тера ду цо шен ханна, ткъа тIаьхьо, набахташкара цIавирзинчул тIаьхьа, нисдина (Хьажа: I940 шеран  7 сентябрехь язйинчу анкете). И тидаме эцна, кхин хаттарш ца хIуьттуьйтуш, яздархочун терахьаш иштта дитича нийса хир ду аьлла хета – вина I9I0 шеран I6 декабрехь, ткъа Мамакаев Мохьмадан дахарх а, кхоллараллах а язйина дуккха статьяш ю, монографически кепара болх бацахь а (Хьажа: Туркаев Х. В. В семье братских литератур. Грозный. I983. I50–I60 агIонаш; Айдаев Ю.А. Зеркало жизни. Грозный. I987. 66–79 агонаш; Яблокова Г. Песня жизни. – Мамакаев Магомет. Клятва отцов». Грозный. I980. с. 5–I4;  и дI. кх.). Амма и талламаш коммунистически идеологи коьрта йолчу хенахь бина бу, цу хенахьлерчу методологица, цундела дуккха а хIуманаш хьахо йиш йоцуш, я ма-дарра ца къастош дисна ду. Тахана чIогIа оьшуш ду яздархочун ерриге а произведенеш арахецар а, уьш юха таллар а. Цунах хьалха а дийцина оха (Хьажа: Минкаилов Э.С. Поэт и судьба народа. – «Советская литература и Кавказ». Грозный. I990; Изза. О том, как продолжали жить (О жизни и творчестве М. Мамакаева. – «Возрождение». I996, I –7 января; Изза. О некоторых проблемах издания и изучения произведений М. Мамакаева. – Тезисы докладов региональной научной конференции… Грозный. I998. 259 – 26I агIонаш; Изза. Бакъволу поэт даима а шен халкъаца  веха… – «Орга». 2003, №2, I5 агIо).
… ХIаъ, яздархочун дахаран некъ хала а, ирсе а хилла. Революцин, граждански тIеман а кегаре дIабирзинчул тIаьхьа, да, нана а делла висинчу жимчу кIантана атта хуьлийла дан а дацара. Асламбековски буоберийн цIа чохь кхиъна иза, шен сел хьалха тIеэца дезначу цхьаллица. I926 шарахь дуьйна болх бан, язъян а волавелла.
Революцин коьртачу Iалашонех цхьаъ яра «керла стаг» кхоллар. Уггаре а атта дара керлачу Iедална, Мохьмад санначарех иза кхоллар – буоберех, уьш даима а шайн векалшна хьалха хиларна, цхьана низамехь долчу вижар-гIаттарна тIера, хIора дош цаьрга шен цIарах цара дIаолуш долу дела. Шен «Комиссар» стихотворенехь, «Ненаца дина къамел», «Со вина де» а поэмашкахь поэто дуьйцу шен кхолламах, ша оцу шерашкахь лелийначух, лайначух а. «Нана – Даймохк» боху кхетам оцу шерашкахь кхоллабелла бу, бераллехь:
Тахна со Даймахко
Сийлахьа шен некъ хьо,
Мокхазе дегI доьлла –
МостагIна дуьхьло йо.
 
Со лелийн цо шеца,
Шен дагахь кхеби со;
Къийсамехь вай леташ,
Ца дити – ша сан дог.
(«Со вина де». I956 шо)
 Поэта иштта бахахь а, вайна дика хууш ду, хIетахь цунна я вайн халкъанна коммунистийн куьйгалла шена тIехь долу Даймохк нана йоцуш, десте хилла лаьттина хилар…
Мамакаев Мохьмадан некъ хьалха цкъа шера, лакхенга боьдуш а хилла. I927–I930 шерашкахь цо чекхйоккху Москвара Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университет. Иза Iедалан бусулба къаьмнаш дехачу Россин йистошкарчу регионашна куьйгалхой кечбеш йолу пхьалгIа яра. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен ткъа шо кхаьчча, Хьалха–МартантIерчу партин окружкоман секретарь хIоттаво Мохьмад. I930-чу шерашкахь цо куьйгаллин тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бо Нохчийчохь (I934 шарахь дуьйна – Нохч-ГIалгIайчохь) – «Грозненский рабочий» газетан коьртачу редакторан заместитель (I93I шо), ВКП (б)-н Нохчийн обкоман ишколийн, Iилман а декъан куьйгалхо, Нохчийн меттан, литературан, историн Iилман-талламан институтан директор (I93I–I934 шш.), ВКП (б)-н ЦК-н пропгруппан декъашхо, Нохчийн областан прокурор (I934 шо)… I934– I936 шерашкахь цо чекхйоккху ВКП (б) ЦК–хь йолу партийни белхалойн Лакхара ишкол. Цхьана хенахь «Грозхимстройн» хьаькаман гIовс лаьтта иза, юха а – ВКП (б)-н  Нохч–ГIалгIайн обкоман дешаран а, Iилман а декъан куьйгалхо, тIаьххьар а «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттаво иза. Оцу балхахь волуш дуьххьара лоцу иза I938 шарахь. I940 шеран I9–25 мартехь дов хотту цуьнан (цуьнца цхьаьна – цхьамогIа нохчийн, гIалгIайн а интеллигенцин векалийн а – Яндаров Хьамидан, Висаитов Ахьмадан, Мациев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан, Авторханов Iабдурахьманан, Льянов Мус-тафан, Мальсагов Дошлакъан, Ведзижев ГIазмохьмадан) НГIАССР-н  Лакхарчу Кхиэлехь, уьш берриге а паргIат а боху.
Мохьмад бехкевеш вара, газетехь зорбатоьхна СССР-н Конституци нохчийн матте йоккхуш гIалаташ довлийтарна, амма «… и цхьацца корректорийн а, зорбанан белхахойн а бехк болуш нисдалар а, Мамакаевс… рогIерчу газетийн номершкахь оьшшучу кепе далош хилар а…» тидаме а эцна, хан ца тухуш витира иза а… Цул тIаьхьа,I940 шарахь, Нохч–ГIалгIайн АССР-н яздархойн цхьаьнакхетараллин консультантан а, Потребсоюзан Урхаллин куьйгалхочун а болх бо цо.
Амма иштта атта тIаьхьара дер долуш дацара Iедал ­– оццу шеран 7 сентябрехь иза юха а лоцу. I5 шо доккху цо набахтешкахь, ссылкехь…
Оцу шерашкахь цо лайнарг цуьнан стихашкахь девза вайна:
 Со шелвелла,
Ша санна, шелвелла лелла:
Ша тIехь оьгуш,
Даррцаца тилвелла лелла.
ГIорийначу
Балдаш тIехь цIий соьцуш…
Со
ГIийла узам беш лелла.
(«Со шелвелла…» I949)
 ХIокху стихотворенехь аллитераци (мукъаза аьзнаш юх-юха далор) шашаха нисделла дац – Къилбаседан Шан океанан йистера ша, шийла мехаш, йистйоцу лайн аренаш хаало оцу аьзнашшца…
 Хийла, хийла вайх доьза вайна…
Бовха узам туьйсу кийра.
ХIан–хIа, валлац со вийца вийнарг,
Со воллу вай толар дийца!
 Буьрсачу буса, набарх даьхна,
Лелла вай, хьун хьоькхуш, шелах.
Амма вай, цу гIайгIанан бераш,
Майрра ихна, къар ца луш, леташ.
(«ХIумма а дац!..» I964 шо).
 Тидам бе «гIайгIанан бераш» бохучу тропан – Мамакаев Мохьмадан поэзехь наггахь бен дуьхьал ца кхета метафора ю иза. Шен а, шен заманхойн а кхолламах мел кIоргге довзийта поэто оцу шина дашца! 
Сталин веллачул тIаьхьа паргIатволу яздархо, дукха хан ялале махках даьккхина къам а цIадоьрзу. I958–I960 шерашкахь Мамакаев Мохьмада доьшу Москварчу Лакхарчу литературни курсашкахь. Литературни болх коьртаниг хуьлий дIахIутту цуьнан. Шен дахаран тIаьххьарчу итт шарахь НГIАССР-н яздархойн цхьаьнакхетараллин «Орга» альманахан редакторан болх бо цо…
 Мамакаев Мохьмадан кхолларалла поэзин, прозин а тайп-тайпанчу жанрашца билгалъяьлла – стихашца, поэмашца,  очеркашца, дийцаршца, повестца, романашца... Оцу массо а жанрехь эвсараллица болх бина яздархочо.
Цуьнан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла I926 шарахь. КIеззигчу хенахь гIарваьлла поэт хуьлий дIахIутту иза.
Оьрсийн, СССР-н кхечу къаьмнийн а литератураш керла некъаш лоьху хан яра иза. Поэзехь коьрта меттиг дIалоцуш яра граждански лирика. Нохчийн литературехь а дара изза хьал. Нохчийн поэташ Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад, Айсханов Шамсудди, ширачу кепех пайда а оьцуш, керла дахар хестош, хьехамаш, кхайкхамаш беш бара. Мамакаев Мохьмад массарел хьалха кхийтира, поэзин чулацам шуьйра хила безарх. I929-чу шарахь цо язйина «Пондар» стихотворени поэтически деклараци лара мегар ду:                                          
Ахь ала вайн илли
Керлачу дахарх,
Ирс долчу кхиамех,
Лаьттинчу къийсарх.
 
Езачун дагахь дерг
Ахь соь схьаала,
Цу мохан къайле а
Ахь сох ма яккха.
 
Кхокханан горга бIаьрг
ХIун дайна тийна?
ДIо попан сийна гIа
ХIун дуьйцуш леста?
 Нагахь санна хьалхарчу строфахь поэта дуьйцург граждански лирикех делахь, шолгIачу, кхоалгIачу строфашкахь поэзин вукху шина жанрах ду – синхаамийн (интимни), Iаламан а (пейзажни) лирикех. Кхайкхамаш бина ца Iаш, оцу массо а жанран говза произведенеш а кхоьллира поэта.
Мамакаев Мохьмад вайн поэзехь дуьххьара «со, ас» аьлла, язъян волавелларг ву. Цуьнан ерриге стихотворенеш шен кхолламах, шен синхаамех ю. ХIетте а, шех дуьйцуш, заманан васт кхоьллина цо.
Поэтан турпалхо – шен заманан стаг ву, ша вехачу мехкан а, шен къоман а векал. Шен 2I шо кхаьчначу хенахь яздина ду поэта хIара дешнаш:
 
Къонахчун некъ –
                                 къаьхьа
                                              безам бу.
Хьанала сий –
                    даккха атта дац.
Кхета со –
                  хало лан – хала ду.
Делахь а,
               стаг хила веза
                                       стаг!
 
Оцу дешнашкахь Мамакаев Мохьмада стеган дахарх шена хетарг дуьйцу. Ша иштта чекх а ваьлла иза дахарехь, кхечаьрга изза лехамаш а хилла цуьнан даима а.
 I926–I940 шераш – поэтан кхоллараллин хьалхара мур лара мегар ду. Оцу хенахь цуьнан стихашкахь гучудолу ма-дарра долу лирически турпалхочун васт. Поэзехь наггахь бен нислуш дац и васттий, поэтан шен вастттий цхьатерра. Мамакаев Мохьмадан иза иштта нисделла. Айдаев ЮшаIа яздора: «…Мамакаев Мохьмадан стихаш – цуьнан шен дахар ду, поэтически кепе дерзийна, шина дашца аьлча – иза поэзехь дахар ду…» ( Айдаев Ю. А. Зеркало жизни. Грозный. I987. с. 68). Воккхаверца, хазахетарца дахаре вар геналлехь дуьсу поэтан, цунна къизалла, баланаш, къацахетар девза:  ГIайгIанца делхар
ТIедуьйжи хьуна, дог!
Хьайн цIийла керчар
ТIедуьйжи хьуна, дог!..
……………………….....
Шен гIайгIа ша Iовшар
Стогалла хета, дог!
Къурдашца къежвалар
Дозалла хета, дог!
Ма доха, делало,
Кийрара дилха дог!
Хьан гIайгIа цалайнарг
Хьох кхетар вац, сан дог!
(«Даге». I940 шо)
 Шена, халкъана а кхолламо кечдина зераш хууш санна язйина ю оццу шарахь «Даймехкан косташ» стихотворени, ерриге нохчийн поэзехь дикачех цхьаъ хилла йисна йолу.
I94I–I955-чу шерашкахь (иза цуьнан кхоллараллин шолгIа мур бу) поэтан цхьа а стихотворени зорбане яьлла яц. Набахтешкахь, Сибрехахь даьхначу шерашкахь язъян а ца хилла башха аьттонаш. Амма бакъволу поэт бехкамашца сацо ницкъ бац цхьаннан – иштта а дукха дешнаш дезаш воцчу Мохьмада йоццачу поэтически кепашкахь ша ловш долчух, шен синхаамех язйо. Оцу хенахь кхоьллина ю цуьнан «ЧIегIардиг», «Со гIелвелча», «ХIорде», «ГIургIезан илли», дуккха а кхиерш а. Оцу стихашкахь сел буьрсачу, йоьхначу заманах долу къонахчун-поэтан тоьшалла ду, мел хала киртиг тIехIоьттича а, хьалха ша аьлла ма-хиллара, «собарах, стогаллех» ца ваьллачу («Даймехкан косташ»).
… Лайнарг лар йоцуш ца дисна, цундела яздо поэта иштта:
 Суй санна, вогуш цкъа со а хилла…
Сох хIинца, ваьгна, яьлла юкъ хилла.
ДIаэца ахь со, хIай шера аре,
ХIу санна, варжош, дIатаса бай тIе!
(«Хилийта сох латта». I949)
 I953 шарахь Сталин, ткъ еитт шарахь Iедалехь лаьттина, хийла зуламаш дина дажал, кхелха. Поэтан, нохчийн халкъан а дахарехь хийцамаш хуьлу. Дахарехь дерриге а дIадолу, амма дерриге а лан тарлуш ду, «вай вешан Даймахкахь дисчхьана» – оцу ойланна тIевогIу поэт. Цо язйо Даймахках, ойланаш йо шен некъах, къоман исторех, цуьнан хиндолчух… И ойланаш ю Мамакаев Мохьмадан поэзехь коьрта меттиг дIалоцуш цуьнан кхоллараллин кхоалгIачу муьрехь (I956 – I973 шераш).  Оцу шерашкахь поэтан аьтто хилира ша хьалха язйина а, керла а поэтически произведенеш арахеца. Иттех поэтически гулар, шина томехь хаьржина произведенеш зорбанера араевлира яздархочун. Оьрсийн, СССР-н а, дозанал арахьарчу къаьмнийн а меттанашка гочйира цуьнан стихотворенеш, поэмаш…
… Иштта кхоллам нисбелларг гIелваларх, кIелвисарх, цунна бехкбуьллийла дац, амма валлалц шен дукъ дIакхехьар – стаг волчу стеган декхар ду, ша къона волуш Мохьмада яздина ма-хиллара. Иза ма-оьшшу кхочушдира поэта – тIегIертачу Iожаллех юх–юха дийцахь а, сингаттаме аьзнаш сов хилахь а, и шен, массо а къонахчун а, коьрта декхар диц ца деш, къийсамца чекхваьлла иза дахарехула:
 Iожаллий, стогаллий – шуьшинне юккъехь,
Сихделла довха дог диълар а детташ,
Ас лехна машарца доьналла юьхь тIехь,
Доггаха Iожална дуьхьал а леташ.
(«Iожаллий, стогаллий…». I966 шо)
  Оцу муьрехь воьрзу яздархо прозина тIе. Цхьаъ вукхунна тIаьхьа арайовлу цуьнан книгаш – «Ша меттахбаьлла» (I958 шо), «Революцин мурд» (I962), «Зеламха» (I968 шо), «Октябран салтий» (I968 шо). Оцу произведенех язйина алссама статьяш хиларна, царна вай леррина тидам тIе ца бохуьйту хIокху статьяхь. Хьахо еза аьлла хета цуьнан «Чеченский тайп в период его разложения» книга (I973 шо). Нохчийн тайпанех, Iадатех дуьххьара язбина Iилманан болх бу иза, хIинца а шен мехалла янза болу.
 Мамакаев Мохьмада поэзехь, прозехь а язйина про-изведенеш, хьалха вай ма-аллара, ерриге а вайн литературан доккха, мехала дакъа ду. Шеко йоццуш, вайн поэзин классик ву иза, шен дахар, кхолларалла тIаьхьенашна масал а хилла лаьттар волуш. Луларчу къаьмнаша шайн яздархошна беш болу ларам, халахеташ делахь а, ца бина вай Мохьмадна, и дийна волуш а, кхелхинчул тIаьхьа а. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа нохчийн маттахь цуьнан произведенеш зорбанехь ара ца хецна, цундела уьш хIинца каро хала ду. Цуьнан I00 шо кхачарна лерина мукъне а, яздархочун ерриге а произведенийн гулар арахеца езара. 
Мамакаев Мохьмадан кхолларалла шех ларамбан хьакъхилар – шеко йоцуш ду. Уьш оьшуш хилар гойту халкъан цхьайолу мехаллаш аьшнаш йинчу тахана хIоьттинчу хьоло. Къоман къоначу чкъоран синна доккха совгIат хир дара сийлахьчу яздархочун произведенех.
2005 шо

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика