Минкаилов Эльбрус. "Стаг стогаллех цаваларх"

PDFПечатьE-mail

(Мамакаев Мохьмадан цхьана стихотворених)

 

Поэташ х1инца дукха бу, инзаре дукха: т1ек1ел-т1етт1а гуллуш ю араевлла книгаш, оьшу я ца оьшу х1умнаш, турпалхой буьйцуш, тайп-тайпана дахаран хаттарех, рифма йолуш а, йоцуш а долчу мог1анех юьзна. Хаттар х1утту: «поэт» бохучу дешан маь1на пайдабоцчу-м ца даьккхина-техьа вайн заманахь? – аьлла? Деккъа цхьа дешнех ловзар ду-те, поэт вийриг? И хаттар жоп ца луш дуьтур вай, билггалйолу цхьа поэзин жовх1ар талла а теллина, цуьнан чулацаме а, кепе а хьаьвсина, х1оранга а шега ойлаяйтархьама…

 

Ас юьйцург Мамакаев Мохьмадан 1964-чу шарахь язйина «Х1умма а дац!» стихотворени ю. Ма-дарра аьлча, цуьнан ц1е ян а яц, оцу дешнашца д1айолалуш ю иза, эпиграф ца лерича. «Накъостийн безамна» аьлла ю эпиграф, билггала цхьанне ц1е а ца йоккхуш. Муьлш хилла поэтан накъостий, хьанна лерина ю иза? Иза довза, стихотворенин чулацаме хьовсур вай:

 

Х1уммаъ дац! Д1адахна 1аьржа шераш

Лайна вай стогаллех хьерчаш.

1аьвши вай и ирча т1едеънарг,

Вона доьхна к1ел ца соьцуш.

 

Уггар хьалха, поэт ваьхна шерашка хьовсур ду вай. Х1унда ду уьш «1аьржа шераш», х1ун ду  «стогаллех хьерчаш» лан дезашхилларг?

Поэтан кхоллам бовза беза, оцу хаттарна жоп дала.

 Мамакаев Мохьмад вина 1910-чу шарахь, хьалххе байлахь висна, да-нана а делла. Амма оцу чолхечу хенахь ца вайна иза, цуьнан деша, лаккхара корматалла караерзо а аьтто баьлла. Москвахь йолу Я.М. Свердловн ц1арах йолу КУТВ (Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университет) чекхъяьккхина Мохьмада, цул т1аьхьа Нохчийчохь а (т1аьхьо – Нохч-Г1алг1айчохь) тайп-тайпана белхаш дина – ВКП (б) окружкоман секретарь, «Грозненский рабочий» газетан коьртачу редакторан заместитель, Нохчийн областан обкоман ишколийн, 1илманан декъан куьйгалхо, Нохчийн меттан а, литературин, историн 1илман-талламан институтан директор, Нохчийн областан прокурор, «Грознефтехим» хьаькиман заместитель, Нохч-Г1алг1айн обкоман дешаран а, 1илманан а куьйгалхо, «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор. Жима стаг волуш дуьйна вайн областан (т1аьхьо – республикин) куьйгалхойх цхьаъ вара иза. Амма дерриг а чекхделира 1938-чу шарахь, иза лаьцча. УК 58 статьян 2, 7; ІІ пункташца бехкево иза, амма 1940-чу шеран мартехь парг1атвоккху, бехк цахиларна. Оцу заманахь Мохьмадца хилларш нохчийн, г1алг1айн интеллигенцех нах бу: Яндаров Хьамид, Висаитов Ахьмад, Мациев Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Льянов Мустафа, Мальсагов Дошлако, Ведзижев Г1азмохьмад, Авторханов 1абдурахьман, оццу статьяца бехке бу аьлла, лецна а, цуьнца цхьаьна парг1атбаьхна а болу.

Оццу 1940-чу шеран 7-чу сентябрехь юха а лоцу иза. Д1адолало набахтешкахь, ссылкехь даьхна, поэта ма-аллара, «стогаллех хьерчаш» даьхна долу шераш. Оцу шерашкахь Мохьмадца цхьаьна хилла накъостий бу цо буьйцурш, и «ирча т1едеънарг» 1аьвшинарш, «вона доьхна к1ел ца соьцуш».

Шолг1ачу строфахь поэта яздо:

 

Зазах терра даьржина оьгуш,

Салт санна, вай ирахь делла.

Ц1е йоцчу лакхехь ваьш цаэгар

Дуьтур вай 1аьржачу денна.

 

«Зазах терра, даьржина оьгуш, Салт санна, вай ирахь дела»… Оцу шина мог1анехь эзарнийн, миллионийн адамийн бохаме кхоллам бу, сталински репрессин хьеро хьаьшна. Уьш эгна, амма гора ца х1иттина; цара 1ожалла т1еэцна, къар ца луш. Шаьш лецна долуш, набахташкахь, ссылкехь хан йоккхуш, шайн Даймехкан ойлаеш, цунна г1одан таро цахиларх лозуш хилла церан дегнаш. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман шерашкахь «ц1е йоцчу лакхехь» цаэгар Даймахке безам цахиларна дац, иза «1аьржа де» бахьнехь ду, хийла стаг, бехк-гуьнахь а доцуш, халкъан мостаг1 ву аьлла, бехкевар… Таро хиллехь, шаьш оцу т1амна юьстах лаьттар дацара, боху поэта…

 

Хийла, хийла вайх доьзна вайна…

Бовха узам туьйсу кийра.

Х1ан-х1а, валлац со вийца вайнарг,

Со воллу вай толар дийца!

 

«Хийла, хийла вайх доьзна вайна…» Оцу мог1анца шена бевзаш а, ца бевзаш а хиллачу лаьцначех дуьйцу поэта, ГУЛАГ-ан йистйоцчу махкахь беллачу, д1авоьллина меттиг мичхьа ю а ца хууш. Амма поэт – оцу бохамийн теш, ша дийна висарх, т1аьххьар а Бакъ толарх яздеш ву, шен адмаллин декхар кхочушдеш.

 

Буьрсачу буса, набарх даьхна,

Лелла вай, хьун хьокхуш, шеллах.

        Амма вай, цу г1айг1анан бераш,

Майрра ихна, къар ца луш, леташ.

 

Ойлае, хьалхарчу шина мог1анехь бохучуьнан: маса стеган кхолламах аьлла ду иза, оцу х1уманех чекхваьллачу, «г1айг1анан берех» цхьаммо, латкъамаш а ца беш, собарца, амма доцца, 1аддол бакъ… Къарцбелларш бу поэта буьйцурш, ши куьг охьацахецнарш, сел къизачу хьелашкахь а, адаман сибтера цабевлларш.

 

Дахар а, шераш а вайн д1ахедош,

Ницкъ боцуш, г1ийла лелла вай.

Делахь а, бохам шийла хьежарх,

Бакъдолчух тешна даьхна вай.

 

Бохам баккъал а шийла хьежна цаьрга, ницкъ а ца хилла, г1ело лан, амма Бакъдолчунах тешам ца байна церан. Х1ун дара и Бакъдерг? Миллионаш нах бехке цахилар, царна мацца а цкъа парг1ато ериг хиларх тешар. Халкъ бехке цахилар, даймахках и къастор дахдала йишйоцуш хилар… Дерриге а галдаьккхинарг юха а нислур хиларх тешар…

 

Хийла хало собарца лайна,

Даьхки вай цу халчу новкъа.

Ткъа суна цкъа а вицлурвац-кх

И, бехк боцуш, вийна стаг а.

 

И дерриге д1адаьлла, х1инца «даьхки» аьлла, хандешан яханчу хенан кеп ялоро а гойту иза. Некъ хала бара, массо а ца кхаьчна таханлерачу дийне… Ша дийна виснехь а, цкъа а дагаравер вац бехкбоцуш вийнарг. Ткъа маса хилла уьш, «зазах терра» эгначарна юкъахь?

 

Иштта цкъа а дицлур дац вайна,

Стаг стогаллех цавалар а;

1аьржа денош собарца лайна,

Бакъдерг тоьлла ваьшка дар а.

 

Коьртаниг – «стаг стогаллах цавалар» ду, муьлххачу а хьелашкахь дог цадиллар, бакъдерг тоьлур хиларх тешар. Ткъа мел эшна собар – иза хуур дац, цу заманахь ца ваьхначунна, иза дерриге а ша ца лайначунна. Бакъдерг тоьлла, дийна виснарг парг1атваьлла, дохийна халкъаш шайн махка юхадирзина…

 

Иштта ю и стихотворени. Берриге 28 мог1анах лаьтташ ю иза, наг-наггахь дустар я эпитет юкъа а ялош («1аьржа денош», «салт санна», «зазах терра», «буьрсачу буса», «г1айг1ане бераш» и д1. кх). Сов дош дан а дац, коьртаниг ма-дарра къастош, деккъа цхьа ца хилча ца довлучу дешнашца язйина ю иза ерриг а. Хорей а, дактиль а ю поэта пайдаоьцурш, амма билггала цхьа барам бац. Оцу тайпана стих х1отторо парг1ата дуьйцучу къамелана герга ялайо иза.

Иштта хат1 долу и стихотворени шен чулацам ч1ог1а шуьйра болуш, поэто шен дахарх дийцинарг, дийнна махках, шен заманхойх долу тоьшалла а хуьлий д1ах1утту,

Дахаран, Поэзин Бакъдерг а хуьлий. Бакъйолчу Поэзин масал.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика