ДЖУНАИДОВ Аюб

PDFПечатьE-mail

 

Умалхьатан кхоллам

 

                                                 

ДегIастанарчу бусалба нехан малх дIабуьзи.

Умалхьатан тезета, мела догIа хилла воьлхуш,

веанчу  Ялхой-Махкарчу Iеламстеган Бициев Яхьъян къамелера

 

 

Эрна олуш дац: « Хьо возучуьнга хьаьжжина ду цуьнгара схьаоьцург» (кица). Умалхьат лаьтта тIехула лела малик дара. Делан Iилманехь кхиамийн бохь баьккхинчу цуьнан шатайпачу хьекъалан цхьабашхачу хьуьнарех лаьцна дийца со хIуттур вац ( цу декъехь сайн сонталлина айкхвийр ву со). Луларчу яртийн а, кIоштийн а-м хьовха, йоллучу  ДегIастанара  адамаш шаьш даккхийдуьйра иза вехачу стигла кIел цуьнца цхьаьна даха шайга ирс кхачарна. Иза бIаьрга гуш хилар, цуьнца къамеле вийлар; ма-дарра аьлча, цунна гергахь вахар, цо чууьйззу хIаваъ чу а уьйзуш, цуьнан бIаьрга гуш долуI алам а гуш, цо доьшшу деза йозанаш а доьшуш, ваха хьаьгна вара хIора а. Виллина цунна гергахь, уллора цуьнан садеIар а, цуьнах  еттало маликан йовхо,  да-й-йн дегош, дека цуьнан кIеда аз – дерриге и девзинчу 1али Батиевичана (Т1урти-к1отарчу школан директор - Д.А.) таро хиллера цуьнан нур-серло худа. Яйн йовхар ярца аз а тодеш, сиха ца луш, амма вуно дог тешош, доцца, кхетуьйтуш, буха тIера делил далош, охьадуьллура цо йоллучу а Къилбаседа-Кавказера шена тIеоьхучу бусалба нехан хаттаршна ша луш долу жоьпаш.Цхьаьнцца а къийсаршка ца вуьйлура иза, иза цунна оьшуш дацара. «Сийлахь йозанаш – уьш АллахIера диссина ду. Бакъдерг ган хьажа веза, – олура Умалхьата. – Кхечу маьIне уьш ийзо гIертар – иза бакъдерг ца девзаш волчун амал ю». Умалхьатан хьокъехь дукха къамелаш хезна суна, гIеххьа къамелаш сан а хилла цуьнца. Дуьйцуш хезна суна, цкъа цуьнца къамеле ваьлла хиллера нахана вевзашволу цхьа Iеламстаг. Шен цхьана гергарчу стага мовладе гулдинера шаьш, масех вевзаш, цIе йоккхуш  волу Iеламстаг юкъахь волуш, хестамаш бан велира иза. ШарIехь хIинца а къовсаме долу цхьа гIуллакх юкъаделира шайн, тIаккха къийсамаш болийра бохуш, дуьйцура цо.  «Бода къовлабаллалц къийсира оха », – хестамаш бора цо, шен къамел мелла а лакхарчу маьIне дало гIерташ. « Къуьйсур дера дацара, кIадда а шайна цу хьокъехь хууш хиллехьара», – доцца хадийна хиллера Умалхьата.

Умалхьат дезаш вацара кIеззиг хууш хилар а, бухбоцуш долу хьесапаш а, сийлалла езаш, воцург хила гIертар а. Иза нийсса дIа вара, Делан Iилманан бухенгахь Iуьллуш долчу, кхуллушехь кхоьллина долчу шариIатан некъаш  тIехь. Дехаршца эцалуш а, хIилланашца къарвеш а вацара. Иза исламан Iилманехь  вуста шех тераниг кхин воцу 1елам вара. Хаарш гулдарехь, ша-шен ца кхоош, къахьоьгура цо. Цу хьокъехь хIинца а дуьйцу наха.

Iилманна иза тIера хиларх а, хааршна тIаьхьаваьлла хиларх а лаьцна цхьана заманахь дийцина цуьнца хьуьжарехь  доьшуш хиллачу мутаIеламаша а. Цуьнан собарххий, лааман ницкъаххий, инзарбуьйлуш, дуьйцуш хилла массанхьа а. Башхачу Iеламах хабар вуно чехка даьржинера махкахь. Цуьнца цхьаьна доьшуш хиллачу накъосташа хийла а зийна хиллера иза. Суьйрана, хьуьжарехь дешар чекхдаьллачул тIаьхьа, кхарста баха кечбеллачу мутаIеламаша шайца цхьаьна цига вар дехна хиллера Умалхьате. ЦIахь Iамо еллачунна тIехь къахьега лууш волу иза цIахь сецна хиллера. Когаш чучча а боьхкина, букар а таьIна, чIогIа тIевоьлла жайна доьшуш воллучу Умалхьатана шен букъа тIе цара  чемхалг юьллуш хаа а ца деллера бохуш, дуьйцу. Масийтта сохьтехь кхерсташ а лелла, шаьш чудаьхкича,  чемхалг цуьнан букъа тIехь ша хиллачохь Iуьллуш яра бохуш, тешаллаш дора мутаIеламаша.

Умалхьат чIогIа Делан ницкъах тешаш хилар чIагIдеш  ду хьуьжарехь дешначу цуьнан накъостийн кхин цхьа дийцар а. Сарахь напгIа гулдан арабовла кечбелла хиллера мутаIеламаш. ЦIахь Iамо т1едиллинарг 1амош, юха а цIахь саца дагахь хилира Умалхьат. Накъосташа аьллера цуьнга: «ХIинца тхаьш гулйинарг,  цIа даьхкича, юур ю оха. Умалхьат, пхьуьйрехь хIун яа дагахь ву хьо? Хьан юург ян а ма яц». – «Суна сан Дала лур ю, хастам бу цунна!» –жоп делира цо. МутаIеламаш дIабахара, ткъа хIара тIевирззина Къуръан доьшуш, хиъна висира. Цхьа хан яьллачу хенахь неI еллаелира, тIаккха  зудчун аз хезира кхунна: «Ватта-а! Кху чохь-м цхьаьллиг- цхьаъ ма вац! Хьажахьа, аса-х кхарна цхьа барз чIепалгаш деана». НеIар тIехьа Умалхьат гуш ца хилла куц ду. Хуьлуш долчух кхетта,  неIар тIехьа доьшуш ша хиъна  Iар хоуьйтуш, яй-йн йовхарш йина цо. ЧIепалгех доьттина долу шун охьа а диллина, зуда дIаяхана. Деша долийнарг чекх а даьккхина, вуззалц чIепалгаш диъна цо. Цхьа зама яьллачу хенахь цIа баьхкина, шаьш гулдинчу рицкъанах баккхийбечу мутаIеламаша хаьттина хиллера, боху, цуьнга: «ТIаккха?! Умалхьат, елин, ткъа, хьуна  Дала юург?» – «Дера, ели! –жоп делира цо. –Амма, бакъду, йовхарш тоьхна а, бахьана ца лелийча луш - м вац иза». Самукъане бийларца пхьор даа хевшира уьш.

…Даима а даржийначу жайнаш юккъехь хуий каравора иза. Юкъа билгалонаш ехкина долу, дукха дешарна тишделла, цхьаццадерш тIех дашаделла долу жайнаш дехк-дехкинчохь Iохкура, гобаьккхина. Дечиган маьнги тIехь, стаг чувеача а ца хууш, царна чувулий Iара иза. Хийла сахьт дIадолура, царна тIера айа а велла, чувеанчун цо эс ца деш. Цо доьшура. Цо лоьхура. КIеззигчу хенан лехар дацара иза, бIаьрнегIар тухучу муьран лехар дацара. Заманца дусталуш доцу лехар дара иза, цунна шена хетарехь, цкъа а чаккхе хирйоцуш долу. Леха кхоьллина стаг вара иза. Кхачалурйоцу, чекхъерйоцу хазна, хьекъалан бухбоцу тIорказ. Царна чохь ца лоьхура цо шена рицкъанан токхо, шен доьзална токхо а ца лоьхура. ГIугI-даьлла вевзаш хилар дагадоьхна вацара, сийлалла йоккхуш ца воллура, дуьненнаа вевзаш хилар дагадоьхна хьийзаш вацара. Делера доьссина бакъдерг лоьхура цо цу жайнашкахь, шарIан чолхечу хаттаршна нийса а, бакъ а долу жоьпаш лоьхура цо царна чохь, ша а, шена дезна уммат а, ялсаманин неIаре кхачондолу некъаш лоьхура цо. Дуьненан а, эхартан а бакъдерг гулдора цо, озабезам боцу кхиэл кхайкхо шена оьшун долу хаарш гулдора, IаIадора, токхонца шен хьекъал тIедузуш. Дийнначу цхьана мехкан маьIне стаг вара иза. Ерриге а Къилбаседа-Кавказера бусалбанаш тIегулло исламан Iилманан баххех цхьа бух бара иза. Бусалба-динан дахарера дийнна цхьа мур бара иза, халкъалахь, Умалхьат волу зама аьлла, шен цIе йоккхуш хилла болу.

Умалхьатаца ца тарлуш болу нах а нислора. Кхуьнгара гIалат дожо гIерташ, питанаш леладора цара, цул тIаьхьа, «мозанах пийл таръеш», шайна ма-хетта эладитанаш дуса лаам болуш. Оцу питанашка ла ца дуьйгIура цо.

Энганарчу цхьана вахархочо дуьйцура, эвла юккъехь пхьоьг1анахь шаьш лаьтташ, Къуръанан цхьана аятан маьIна дахьара аьлла, дехар дина хиллера Умалхьате. Кхетам а болуш, наха юкъахь лела хуучу стагана товш долчу кепехь аьлла хиллера цо:

–  Аша бехк ма билла, юххехь тафсир а доцуш Къуръанан маьIнаш дан хIоттац со.

– Умалхьат, ишттаниг ахь лелийча, хьоьгахь доккха Iилма ду  бохучух шеко ма кхоллало нехан, – аьлла, Iоттар хезира.

– Соьгарчу Iилманан ницккъий, цуьнан хазаллий  ерзинчу стигла кIел мич-миччахь а, муьлххачу хенахь а хьаьнг-хьаьнга а  кегадойтуш цахиларехь доллу, – ладамболлуш жоп делира Умалхьата.

Умалхьатан жимахйолчу йоIа Хьаьлимата дуьйцура, цкъа цхьа нах баьхкинера цхьана гIуллакхан хьукма дайта, бохуш. Дехьачуьра цхьа жайна схьада аьлла, хьажийра иза Умалхьата. Чоь юьззина долчу жайнаш юкъахь муьлхачу терхи тIехь, мичхьа меттехь Iуьллуш ду и жайна дийцира цо. Схьадеана жайна шен дега дIаделира Хьаьлимата. Цул тIаьхьа цо и жайна хьеше дIакховдийра, цхьабилггалчу агIон тIера дIаделла, аьлла. И жайна схьа ца деача а, ша вуно атта ден долу хьукма (мелла а хьешан дог тешийта дира цо иза) Умалхьата охьадиллира. Жоп дезаш веанчунна оьшучу кепара доцуш! Цу гIуллакхана чамбайна волу хьаша сихонца кхуьнан кертара дIавахара, цул тIаьхьа шена ма-хетта сонта хабарш хезо хIоьттира:

– Схьагарехь, нахана ма-моьтту нуьцкъала Iелам ца хиллера иза. Жайнаш кегийча бен, суна жоп дала а ца хиира цунна, – бохуш.

Вай ваьшна цхьа хаттар хIоттор ду:

– Цуьнан шен хIусамаш а, кертахь мел йолу гIишло а юьзна,  миллионашкахь дагардалла долчу Делан йозанашна юккъехь, мискъалан зарратал таса а ца луш, шена оьшшу могIа каро хууш хилча – и бац ткъа цуьнгарчу Iилманан ницкъ?

Дуьззина долу нийса  хьукма дан шена эшна могIа, некъан  къилбано гайтича санна, мичча хенахь а,тIе а воьдий, схьаоьцура цо.

Кхин цхьаъ а дара наха дуьйцуш. Цхьана мовладехь гулбеллачу нехан дог ирахIоттошший, церан дегайовхонаш тоешший долу къамел дина хиллера Джалкхерачу Хьомдуллас (гIараваьлла Iеламстаг а, Умалхьатан тайпанан ваша а волчу). Цу метте сихха схьакхаьчначу Умалхьата ца магийна, куц ду, Хьомдуллас нахе дина хилла долу къамел. Цу гIуллакхана чамбайначу наха: «Тхо цигахь мел верг массо а Хьомдуллас ялсамани чу вигира, мичара вели а ца хууш, схьакхечира КIункIин Умалхьат, цо юханехьа хьаьккхина ялсамани чуьра арадехира тхо», – бохуш, забаре а даьккхина деха дуьйцура и гIуллакх.

ГIарабевлла болчу цу Iеламнахана юкъахь царалахь бен, мегаш а, йогIуш йоцу забарш хилла. Цхьа зама яьллачу хенахь, цу гIуллакхан хьокъехь Хьомдуллас а дуьхьал шен забар йинера: «И ялсамани-м Умалхьатан дас КIункIассий, Тимарсолтин дас Таймасхассий, ножан хьокха а тухуш, пхонан сара а буцуш, йина яцара. Цу ялсаманичу-м вай а, хьаха, ду даха йиш йолуш», –аьлла.Вовшех уьш вуно дика кхетара.

Амма кхуззахь билгалда дезаш ду: Умалхьатан декхар ялсамани чуьра нах арабахар доцуш, ткъа, мелхо а, Далла тIе боьду нийса некъ харжа царна гIодар хилар. Харцхьехамийн бIарлагIашна тIаьхьабозуш, къиношца болу Делан леш,  шеко йоццуш ялсамани яьккхина девлла шаьш бохучу эрначу дегайовхонах тешна ца бисийтар – иза Умалхьатан сийлахьчу доьналлех цхьаъ ду.

Лакхахь дийцинчунна тоьшаллийна цуьнан дахарера цхьа гIуллакх довзуьйтур ду ас.

…Масийтта шо хьалха луларчу ДегIастанахь вехачу цхьана нохчочун (аьккхи) карах нохчо кхелхина хилла. Суьйлийн махкарчу Iеламнаха куьгбехкечунна тIедожийнера кхелхинчуьнан доьзална бIе эмкал дIатакхар. Кхеташ ма-хиллара, лурвоьлларг а, цуьнан гергарнаш а цу кхиэлана резабоцуш нисделла. Цу гIуллакхан кхечу кепара хьукма дан стаг лоьху уьш Умалхьатана тIенисбелла. Дукха лерана цаьрга ла а дийгIина, юх-юха хоьттуш, мел долчух хеттарш а дина, суьйлаша диначу хьукмана  дуьхьал нисло хьукма дина Умалхьата. Махкахь гIугI-даьлла, айъина хилла и гIуллакх, къуьйсуш, хьехо даьккхина. Шайн стаг кхелхинчара Туркойн махкара вевзашволу цхьа Iеламстаг валийна Хасай-Юьрта. Цига вагIахьара аьлла, дехар дина, КIункIин кIант Умалхьат а вигна. ТIуртIи-КIотарара Межди вахана хилла цуьнца юххе ваьлла бохуш, дуьйцура баккхийчара. Халахеташ делахь а, уьш хIинца боцуш бу (Дала гечдойла царна).

ГIуллакх дийцаредан охьахевшира уьш. Туркойн махкара веанчунна  хьалхо дуьйна гIуллакх довзийтинера. Хьалхара дош цуьнга кховдийра, боху. ГIеххьа нохчийн маттах кхеташ хилла и турко, делахь а, цига балийна талмажаш а хилла. Туркойн махкарчу хьешан къамелан жамI дича, куьгбехкениг, кхи дIа дийца ца оьшуш, дакъазабаьллачу доьзална пайденна цIеяьккхина долу даьхни дIатакха декхарвина, аьлча а, аьккхи бехке ву стаг кхалхарна бохург чIагIдина.

Хьалха заманахь зуламна бехкениг – кхин стаг вийна стаг (виновная рука – куьг бехкениг) – зулам хиллачу агIонна цхьабилггалчу барамехь бахам дIатакха декхархуьлуш хилла. ШариIато цIеяьккхина болу бахам дIабала безаш хилла. Ишттачу такхамах «маьрша маха» олу, оьрсийн матте даьккхича – «цена за свободу». Ламанхойн Iедалехь, аьлча а Iадатехь, лурвоьлларг цул тIаьхьа, ца лоьхуш, маьрша вуьтуш хилла. Безачу мехах оьцуш хилла  и маршо. Цу кеппара кхолладелла «маьрша маха а белла» боху алар а. Тахана а безачу мехах ваьш цхьа хIума эцнехь,  олу-кх вай иштта. Амма стаг бехке хилар къастор – иза шариIатан гIуллакх ду…

Умалхьате делира дош. Къуръанан бух хилла лаьттачу аяташ тIера дIаволавелла, гIуллакх шена луучунна тIе ца ийзош, доллучу исламан Iилманан хIора агIор хьесапдеш, шен некъ бовзийта  вуьйлира Умалхьат. Дукха хьукманан жайнаш дара, боху, цу чохь.

– ХIокху гIуллакхах доглозуш болчу верасашна бIе эмкал, вайна ма-моьтту, дукха яц, шуна; амма бакъду, сел чолхечу хIокху гIуллакха тIехь вай кIеззиг гIалатдовлахь, къемат-дийнахь вай дагардина цадовллал  хьакъ хьаьрчар ду вайх, –элира Умалхьата. – Цундела, сих а ца луш, хьалха-тIаьхьалла а ларъеш, дийца хьожур ву со.

Цхьабилггалчу жайнин цIе йоккхура Умалхьата, тIаккха цо аьллачуьра и схьа а доьллий, лерина тидам бечу нахана дIадоьшура. ТIаккха гIоьналлийна кхечу жайнаш тIера бакъдерш далош, нийсачу тафсираца делил далош, бух а нисбина, хьукма дарна гергавахара иза. ТIаккха цхьаъ дагадеана, Туркойн махкара хьаша меттахвелира: гуш ма-хиллара, цунна хьалха хIинца кхин сурт дара.

– Умалхьат, со кхетта – ас даредо сайн гIалатана! – дIакхайкхийра хьешо.

Шен некъ массо а кхетачу кепехь бовзийтира Умалхьата: аьккхи массо а такхамех хьалхавелира.

Синош ирдинна  ладугIуш бара гулбелларш: садеIар а сацийна, хьешо хIун олу-те бохуш, хьуьйсура.

– Лераменаш, кхул тIаьхьа я Туркойх а, я СаIуде а, нийса кхиэл яйта бохуш, лелар шуна оьшуш дац. Нийса кхиэл ян хьакъволу Iилманан-да Умалхьат ву-кх шун, – элира Туркойн махкара веанчу хьешо.

Кхин  цхьаъ дуьйцур ду ас. Къилбаседа-Кавказан Бусалбанийн Динан Урхаллин  (оьрсийн маттахь – ДУМСК, Духовное Управление Мусульман Северного Кавказа) гуламан (съездан) декъашхо хаьржина хиллера Умалхьат. Гулам Махачкалахь (ХIаьнжехь, я ХIинжа-гIалахь) дIахьуш бара, дукха хан йоццуш Буйнакскера (Шура-гIалара) цига дIаяьхьнера  бусалба нехан урхалла. Сесанарчу Гужулов Iелас ма-дуьйццу (хIокху сохьта Нохчийн Республикин Шелковски кIоштарчу Гребенскойхь вехаш ву иза), цу гуламе воьдучу  Умалхьатана юххе ваьлла иза а ваханера. Цу заманчохь Сесанарчу некъаш дохкучу декъан хьаькаман болх беш волчу Нурмохьмада, Iелин девашас, шен белхан машен тIехь (Газ-51) вигийтинера  Умалхьат  Махачкала. Новкъахь хьадал-вадална оьшучунна аьлла, шен вешин ши кIант ЭзарIела а, Iела а хьажийнера Нурмохьмада (дуьненан а кийрахь, цунна улло вала воккханиг воцуш дацара иза: киранаш кхоьхьучу машенан яьшки чохь ваха везаш вара, цундела кегийраш  бахийтинера  цо).Iелин хIетахь 13 шо дара…

 Сатоссуш новкъабевлла хIорш вохI сахьт доллуш дIакхечира. Машенца верг цхьанхьа юьстах а витина, хIорш кхоъ маьждиг чу вахара. Ламазаш а дина, нахе ладугIуш охьахевшира хIорш. БархI сахьт долуш тIанк-аьлла дуьзира маьждиг. Куьйгалла дечу тобанан коьртачо къамел дIадолийра:

      – Гуламан массо а декъашхо схьакхаьчна, Нажин-Юьртара Кункуев Умалхьат воцург, – иштта дуьйцу Iелас. – Гулам дIаболоран хьокъехь хьанна хIун хета? (Схьагарехь, Умалхьат дIаязваза хилла, цундела иза, кху чохь воцуш санна, лерина). Шайна-шайна хетарг элира. Умалхьат схьакхачаре ладогIа деза – сацамбира гуламхоша.

Шина вешех воккхахволчу ЭзарIелас, коьртехь болчарна иза кху чохь хилар хIинца а хууш дац аьлла, дIахаийтира Умалхьате.

– Сихдала хьашт дац. Хуур дара и-м, – жоп делира Умалхьата.

Цхьа хан яьллачу хенахь, цу гуламан низамехь догIучу кепара, коьртехь верг юха а изза аьлла маьждиг чохь болчаьрга вистхилира. Цуьнан цIе яьккхина иза валале,  доккхачу маьждиг чохь оьрсийн маттахь гIийла хезира Умалхьатан аз:

– Тут я!

Маьждиг чуьра масех стаг цунна тIехьаьдира, цара иза карахь хьуш ву моьттур долуш, куьйгаш а лаьцна, вадийна баьрчче дIавигира. Гулам дIахьошверг, г1аьттина, цунна дуьхьалвелира, тIаккха, иза хьалха а валийтина, куьйгаэшара цунна некъ гойтучу кепара гуламан куьйгаллийн тобанна тIевигира…

Гуламо шен болх дIаболийра. Хьалха-тIаьхьа роггIана къамелаш дора декъашхоша. Къамелаш оьрсийн матте гочдеш дара. Къийсарш хуьлура, наггахь вуно генадовлура уьш. Нийса дерг къаста ца луш буьсура наггахь. Ишттачу хьолахь Умалхьата гIо дора юха новкъахIитта. Цо Iаьрбийн маттахь дора къамел, тIаккха иза гочдархоша оьрсийн матте доккхура. Дукхахболчара резахиларца Умалхьата кховдийна некъ къобалбира. Цу некъа тIехь болх кхидIа хьора гуламо.

Исламан Iилманан хаарш шегахь хилар довзуьйтуш, гуламан коьрта долу хаттаршдийцаре дарехь жигара дакъалецира. Терзанца оза йиш йоцу шен хаарш довзуьйтуш инзарбехира Умалхьата чугулбелларш, шех гуламан коьрта декъашхо а хуьлуш.Цунах дуьйцурш дукха хезна белахь а, цхьаболчарна хIинца дуьххьара бIаьрга гуш вара иза. Гуламан болх чекхбаьллачул тIаьхьа а, сел безаме а, сел оьзда а волчу цуьнах къаста ца луш, бехха цунна гонаха хьийзара нах. Диканца дуккха а вехийла, могуш а лелийла бохуш, Деле воьхура. Iаьндара веанчу цхьана декъашхочо, гIеххьа нохчийн мотт а хууш волчу, машенна герга кхаччалц Умалхьатана тIаьхьа а веана, тIаккха лерина цунна тIаьхьа а вогIавелла, бIаьргех хиш а ледаш, элира:

– БогIуш, ма жима бара хьо, Умалхьат; дIабоьдуш Башломал боккха бу хьо!

«ТIерачу духаре хьожжий тIеоьцу, хьекъале хьожжий новкъа воккху» – боху халкъан кица доккхачу маьIне хилира.

Стеннах хилла а цуьнга хеттарш дан гIертара нах, цуьнга бистхиларца цуьнца тIекерабовла бехказло лоьхуш. ХIора хаттарна  хьакъдоллу жоп а лора цо. Бухбоцуш диначу хаттарна, вела а къежий, цхьа ладам боццу жоп лора. Цкъа хаьттина хиллера цуьнга:

– Умалхьат, кхуран дечиг дагийча къа дуй? –аьлла.

– Суна цхьа хIума хаьа-кх – дечиг довха-м хуьлу цуьнан, – жоп делира цо.

Умалхьат ша цхьа башха стаг вара. Цуьнан схьаийна цахиларний, ладам болуш хиларний юккъехула кест-кеста забар а йолура гучу. Цуьнан забар а яра цхьа шатайпа, цуьнан хила ма-йоггIу. Цхьа шегахь товш забар – цIеххьашха а, доккхачу маьIне а йолуш.

Цуьнан йоьIан кIанта Салмана дуьйцу. Дада хьуьжарехь доьшуш волчу хенахь цуьнца доьшуш цхьа кIант хиллера, бах, харцахьара а волуш. Массерах летта чекхваьллера иза, Умалхьат воцчух. Умалхьатана тIе а рагI кхечира. Вовшийн дIасаийзош, тасавеллера и шиъ. ЦIеххьана, цхьа ларамаза а долуш, и кIант охьакхийтира, орамаш тедча санна. Умалхьат тIехула нисвелира. Умалхьат тоьлларг а лоруш, чекхделира тасадалар.

Резавацарца вусавеллачу «довхочо» эккхийтира:

– Хьуна дIахаалахь, хьо воцчо, цхьаммо а охьатоьхна вац, хьуна, со.

Умалхьата элира:

– ТIаккха, вайшиъ цхьанийсса ву-кх. Хьо воцург, цхьаьллиг цхьаъ аса а ца тоьхна-кх охьа.

МутаIеламаш, буьйлуш, дIасабевлира.

Дикка тIаьхьа хиллачех цхьа забаре хIума а дуьйцу ас.

Цкъа нийсархошца хиъна Iаш хиллера Умалхьат. КетIахь Iуьллучу хена тIе а хевшина, олуш ма-хиллара, даьIахкаш йохъеш Iаш хиллера. Де-дийне мел дели, догIмашкара гIора а эшна догIу, цамгарш тола гIерта бохуш, къамелаш долийра. «Текъамашбечаьрга» хIоранга а ладугIуш а Iийна, Умалхьат волавелира:

– Шуьга ладоьгIча, аса тергалдинарг хIун ду аьлча, сан дегIера гIора  гIел-м муххале а ца делла, мелхо а алсам ду иза, эр вай, шовзткъа шо хьалха хиллачул хIинца а ду-кх.

– Ма дика ду иза! Тхан гIораш – уьш-м цхьана а чоьтан дацара. Коьртаниг  –  хьо резаволчу хьолахь хьо хилар ду, – цунна томана дийца хIиттира вуьйш. –ТIевирззина ахьа шена гIуллакхдо дела, АллахI-Дала шегара хьуна деш совгIат ду иза. Ма хаза ду и! Ткъа, алахьа, лерамениг, стенгахь гучудолу иза? Шовзткъа шо хьалха хьайгахь хилла долу гIора хIинца а эшаза хилар хьуна муха хиира?

–  Муха хиира, хоьтту ахьа? И дIо-о Iуьллу тIулг гой шуна? Уьна-шарахь дуьйна Iуьллу и цигахь. И тIулг суна хIинца а хьала ца айъало, я хIетахь а ца айъалора, – жоп делира Умалхьата.

Накъостий а бийлош, ша а вара иза гIадвахана воьлуш.

…Бусалба нехан уггар чIогIа аьтто боьхначу муьрехь нисделла Умалхьатан вахар а, гIуллакхдар а. Туьйранахь санна, цхьа тамашийна нисделира цуьнан, хIетахьлера Iедал  тIаьхьадаьлча, кIелхьаравалар. Цхьаболчу Iеламнехан а санна, Умалхьатан цIе а яккха йихкина яра хIетахь. Доккхачу ирсана, хIетахь лелхийна лелийначу нахана керла зама еана, бусалба дино зазадаьккхина зама. Кху заманахь Далла гIуллакхдарх бехкаш-м муххале а ца доху, мелхо а Iедало догъойъу. Маьждигаш доьгIна, хьафизийн хьуьжарш ехкина, буьйлалуш болчу мутаIеламашна хьуьжарш ехкина. Лаккхара Iилманаш долу динан говзанчаш кечбо Соьлжа-гIалахь йиллинчу Кишин кIентан Кунта-Хьаьжин цIарахчу Российски Исламски университето. Цу гIуллакхан керла тулгIе хIинца ТIуртIи-КIотара а кхаьчна. Ша цу юьрта а веана, Кадыров Хожа-Ахьмада дIакхайкхийра губеллачарна хьалха:

– Лераме вежарий! Лекха-Воккхачу АллахIан лаамца тахана шу долчохь хьошалгIахь ву со. Шуьга самукъане кхаъбаккха  веана ву со. Вайн республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана шуьца цхьаьнакхетар тIедиллина суна. Кху юьртахь тоьлла маьждиг догIа дагахь ду тхо. Делах кхоьруш долчу шун дегнашна хаза совгIат хир ду цуьнах.

Цул сов, билгалдоккхуш ала лаьа суна, ТIуртIи-КIотар – иза муьлхханиг санна йолу могIарера юрт хилла Iаш яц, Далла гIуллакхдина волу, «исламан жовхIар» шех аьлла волу Сийлахь Умалхьат шена чохь ваьхна юрт ю хIара. Везачу Дала гечдойла цунна! Сийлахьчу цуьнан цIарна вайгара болчу лераман деза совгIат хилла хIуттур ду и маьждиг! ТIуртIи-КIотархой! Иза шайн дегнашкахь кхаба хьакъдолчех хилалаш! Хастаме волчу Делан дуьхьа цо бина некъ хьакъдоллуш дIакхоьхьунболу нах шуна юкъахь ган лууш ву со. Диканца, гIоза дехийла шу!

 

Шен дешан да хиллачу Хожа-Ахьмада масех бутт балале юьртахь маьждиг догIийтира. Иза дIадоьллучохь дакъа а лецира цо.

И де тIуртIи-кIотархошна гуттар а дагахь лаьттар ду.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика