Бурчаев Хьаьлим

PDFПечатьE-mail


Терко юкъ йостучохь кхоллаелла ойланаш

 
Тахана Бухадиев Мусан цIе шуьйра йовза йоьлла нохчийн исбаьхьаллин дешан мах хадо а, цуьнан чам хууш а болчу ешархошна. Иштта цуьнан кхоллараллина тIе тидам бахийтина вайн иллиалархоша а, йишлакхархоша а. Кагерманова Раисин, Адамова Тамарин, Исмаилов Ризавдин а, Шарпуддин а, кхечеран а репертуарашкахь кест-кестта хезаш ду Бухадиев Мусан дешнаш тIехь даьхна иллешший, эшаршший. Культурин декъехь зеделларг долчара а, могIарера ладогIархоша а лаккхара мах хадабо церан.
Юьртбахаман декъехь къахьегаран некъ къоначу шерашкахь дуьйна хаьржина ша хиллехь а, Бухадиев Мусана ишколехь ша доьшуш волуш дуьйна дукхаезара нохчийн литература. ГIарабевлла бевзаш болчу вайн яздархоша яздина могIанаш цуьнан синхаамашна тIеIаткъам беш хуьлура. ТIаккха къоначу стеган даг чохь ша-шаха кхоллабала буьйлира шен ойланашкахь  цо цкъачунна къайлехь латтош болу шатайпа мукъамаш. Цо уьш гондхьарчарна ца бовзуьйтура, цхьана ханна дIахьулбинера, кхиъна яьлла, тIома поэзи царах хилла яллалц. Бакъду, юкъа-кара, Теркйистан кIоштан газетан агIонаш тIехь шен цхьайолу стихаш зорбатухура цо.
2004-чу шарахь арахийцира Бухадиев Мусас шен дуьххьарлера берашна лерина башха йоккха йоцу книжка. 
«Дош-доца, муш-беха» – цIе тиллира цо цунна. Хууш ду, муьлхха а авторна доккхачу маьIнехь ду ша яздина могIанаш цхьана гуларехь арахецар, иштта хазахетаран синхаамаш Мусан а билггал хилла хир бу. Амма цо берашна лерина араяьккхина и гулар дика хилам а бара нохчийн литературехь, хIунда аьлча дуккха шераш дIадевлира, баккъал а цара хазахеташ йоьшурйолу, иштта книжка арахецаза.
Цу гуларх шена хетарг олуш, гIараваьлла вевзаш волчу нохчийн мотт таллархочо, Iилманчо Джамалханов Зайндис яздора: «Стихашкахь дешнаш дагардар барамал тIехдаккхахь, царах кхетар хала а, чолхе хуьлу, цундела суна луур ду поэто шен стихашкахь цхьанатайпанара меженаш (кхузахь: цхьамогIа цIердешнаш автора дагардар – Б.Хь.) ягаръяр кIезиг хилийтар».
Шен дуьххьарлерчу гуларх тхойшиннан хиллачу къамелехь Мусас соьга элира: «Суна чIогIа мехала а, сийлахь а ду Джамалханов Зайнди санна волчу къонахчо сан могIанех хастаме а, церан ледара агIонаш билгалйохуш а мел аьлла дешнаш. Цу тIехь Зайнди бакълуьйш хилар а къобалдо ас. Амма сан Iалашо кхин яра – цу кеппара дешнаш а ловзош, вайн мотт «самсабаккхар». Вай кегий бераш долчу хенахь хуьлур-кха, дукхахьолахь дуьззина маьIна а доцуш, бес-бесарчу дешнех вовшахтесна дагардарш. Уьш атта дагахь а Iемара, берашна мотт бийца Iаморехь цара доккха гIо а дора, аьлла хеташ ву со». Цу тIехь Муса харц цахиларх кхета деза вай.
                              Тукар, тIара, тайдечиг,
                              Топ, тапча, тур, шаьлтий,
                              Ков, аьлха, тIулг, гIайракх,
                              Сахьт, мухIар, гуьлмаьндий –
                              Муьлха деза, ахь ала,
                              Сан кIорни, самадала…
ХIинца, тахана, вай берашка, дагардинчу оцу дешнийн хIун маьIна ду аьлла, хаьттича, царах нийсса ах дешнийн маьIна далур дац цаьрга, хIунда аьлча карарчу хенахь уьш дукхахдерш вай къамелехь шайх пайдаоьцуш цахиларна.
Берийн бешахь, ишколехь, кхечанхьа, берашна иштта стихаш Iамош, йовзуьйтуш, церан хаттар хIуттур ду, хIокху я вукху дашо хIун боху-те, и хIун ю-те аьлла. Цу тIе а, мацахлера, хIинца массарна а дицделлачу аганан иллин я эшаран жанр юхаденъярехь а пайдаэца мехала масал ду и.
«Со-м, нана, цецъяьллий…» цIе йолчу берийн байтехь жимачу йоIана гIенах дуьхьалтуьйсу «кхийра кхаба», «попан чийлик», «аьчкан черма», «ножан шелиг», « чуьйнан яй», «буька зайла», «можа карчолаг», иштта кхин а. Уьш дукха хан йоццуш, хьалха вай а, вайн дайша а Iер-дахарехь пайдаоьцуш лелийна гIирсаш бу. Жимачу йоьIан цIийн кхайкхамо гIена-кхоьлах церан суьрташ дуьхьалтуьйсу, царах цецъяьлла ю иза. Нанас: 
- Дала дойла дика мел дерг!...
                                  Цец ма яла, сан хазаниг,
                 Цо-м (Дала - Б.Хь.) хьуна ирс деллий! -
аларца кху дуьненахь мел дерг сийлахь – воккхачу АллахIера хиларх болу дуьххьарлера кхетам-хьехам  бо шен йоIана.
Кегийнаш жимчохь дуьйна къинхьегам безаш, Iилма Iамо лаам болуш кхетош-кхиорна лерина ю «Маьлхан зIаьнарш-седарчий» цIе йолу стих.
 Маьлхан зIаьнарш – седарчий,
                               Оьзда тайна мехкарий
                               Ламаз-марха дуьтуш бац,
                               ХIусамехь беркат хедаш дац.
Иштта Iалашо йолуш кхоллаелла Бухадиев Мусан «Дика кIентий – дика гIала» цIе ерг а. Кегийчу кIенташна хьоьху авторо, къонахчо цкъа а арз деш цахилар, хIунда аьлча иза мохк ларбеш ву, хан-замано гIел ца веш, иза веха шен сийлахьчу цIарца. «КIант, ма етта эрна йорт», - аларца, къонах цунна масаллийна вуьйцу цо.
Бухадиев Мусас шен ахзабаречу стихашкахь берашна гуттар хьоьхуш дерг ду да-нана ларар, гIиллакхе хилар, къа ца хьегча ирхо яккхалуш цахилар, эрна хан яйар къилахь хилар, къонахчун цIе уггаре сийлахь дарж хилар.
Шен мехкан илланча бакъволу илланча вац, нагахь цо ша кхиийначу ненах, хьомсарчу дайн лаьттах, сийлахь-безачу ненан маттах даггара байташ ца язйинехь. Бухадиев Мусана уггаре гергарчех бу царах болу синхаамаш. Цо уьш бовзуьйту маьрша, паргIата, дозаллийца уьш вайна бийцарца, вайн синхаамаш а меттахбохуш. Нохчийчоь –Даймохк, хьомсара нана, ненан мотт – уьш уггаре хьоме цIераш ю цунна. Нохчийчоьно мел лайна баланаш бийцарца цхьаьна Бухадиев Мусас дозаллийца, цкъацкъа доза доцчу кураллийца дIакхайкхадо массаьрга, вайн Нана-Нохчийчоьно цкъа а, горахIоьттина, шен сий цадайар, къизаллий, Iесаллий, ямартлой, хIиллий цхьана ханна кху махка хьийзинехь а, кхузахь царна толам баккха аьтто хирг цахилар, хIунда аьлча кху мехкан доладан дай даима хилла дела. Ткъа нохчийн дайн дахаран зIе генна генарчу бIешерашкара схьа ю:
Хьалхарчу Азера, Месопотамера,
Тигаран, Евфратан шеларшна юккъера,
Цу Шема-Шумеран сийначу арара
Адаман бераш ду, нохчий ду тхо!
Амма уьш бац, шайна пайденна долчохь, нохчий ду шаьш бохуш, вайн ширачу халкъан цIарах байракх йина леларш.Уьш бу шайн цIийца нохчалла ларйина нохчий, нохчаллин новкъа тIехь схьабогIурш, нохчалла Дала шайна делла совгIат хилар хууш, цо шайн мохк, къам лардан доьналла делла, дайн оьздачу гIиллакхех херцабелларш. Ишттачеран лаам бу:
Ийманца, исламца, собарца, гIиллакхца,
Ларамца, тешамца, бакъонца, марзонца
Лууш ду тхо даха дуьнен чохь массаьрца.
Адаман бераш ду, нохчий ду тхо!
Везачу Дала «Дахаран некъахь// Беллачу кхетамца, лаккхарчу декъехь// Ойланца, дегIаца, хьайн цIийца// Кхолларна бусалба, мотт а луш бийца// Турпала нохчичун ненан мотт сийца, Ахь Далла хастам бе», - аларца Бухадиев Мусас юха а карладоккху вайна Дала вайн цIийца схьабелла ненан мотт деза совгIат хилар, тахана нохчаллех хербелларш, и совгIат дуьненан хьолах хийца гIерташ, и бийцар къуьйлуш хьийзахь а.
Тукхам-тайпа нохчийн делахь,
ВорхIе да хьан нохчи хиллехь,
Нохчийчоь хьан нана елахь,
Ненан мотт синкхача белахь,
Орамера нохчи ву хьо-
Даллий бен хьан сужуд дацахь!
Нохчалла боху кхетам къаьсттана меттиг дIалоцуш бу Бухадиев Мусан кхоллараллехь. Кху лаьтта тIехь уггаре лекха а, сийлахь а дарж ду цунна нохчалла, «Нохчашна нохчалло луш бу синкхача… Нохчалла тайниг яц: эхь-ийман ду!» Ткъа шайн догIмийн лаам хьалха баьккхинарш бIаьрзе бу, дуьненан бахамах нохчалла а йоьхкина, хIара бIарлагIе дуьне шайна гуттаренна даа делла цахилар дицдина, шаьш дакъазбевлла ца Iаш, шайн луур тIедаьлча, дерриге нохчийн къам нохчаллех дохо гIерташ.
 Лоьхуш ву хьо дуьне даар,
                                    ДегIан лаам кхочушбан.
     Цуьнан лай хьо мел ву хаа –
                                    ГIийла меца ду хьан са.
  Дуьне доца ду хьан, лазам,
   Цхьаъ воцург – кхин Эла вац.
ШайтIане урх ма ло, адам.
 АллахI воцург, накъост вац!
Нохчийчоь, Даймохк, ДегIаста, туьйране Шема, вайн хьомсара дайн латта хьахочохь Бухадиев Мусас сих-сиха дIахутту царах НАНА боху сийлахь – еза цIе.
       Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь
                                Ненал хьоме хIума дац.
                                Цуьнга болу мерза безам
                                Оза цхьа а терза дац.
      Хьо - тхан маршо, хьо - тхан чIагIо,
    Хьо - тхан гIиллакх, тхан лакхе! –
Дала йиэ хьо декъал-сийлахь,
                                Тхан ирс-безам, тхан дуьне!
Хьомсара нана Бухадиев Мусан лирикин турпалхочунна ю уггаре хазаниг, дашониг, жовхIаре, маьлхан а, беттан а серло, шовданан цIеналла. Иза йолчохь ву иза ирсе, самукъане, ялсаманехь санна. Иза йолчохь ду цунна беркат, марзо, дарба, цуьнца дика хиларца Делера къинхетам шена хиларе дегайовхо а.
Сонталла, даьсса дозаллаш, Iеса куралла хийра ю Бухадиев Мусан лирикин турпалхочунна. «Е-е, гора кура кIентий!», «Iеха ма ло», «Меца са», кхийолчу а байташкахь цо емалбо гIиллакх-оьздангаллах боьхнарш.
                                 Куй лекха тилларах,
                                 Сий айлуш дац хьуна.
                                 Мекх тайна кхиорах,
                                 И дустуш дац хьуна.
                                 Герзах хьо вотталарх,
                                 Нах кхоьруш бац хьуна.
                                 Киса ахь дузарах,
                                     Хан соцуш яц хьуна…
«Дахаран биъ бIогIам», иштта кхин а цхьамогIа байташ ю Бухадиев Мусан дахаран маьIнина, тIекхиа гIерташ йиначу ойланехь язйина. Дерригенна а жоп даллал кхетам адамна Дала белла бац, дерриге хууш, гуш верг Ша бен цахиларна. Делахь а, кIорггера ойланаш еш верг цу къайленна герга-м кхочу, юьззина шега и схьа ца ясталахь а. Бералла, жималла, воккхалла, къаналла - уьш бу цуьнан лирикин турпалхочун дахаран биъ бIогIам. Бералло зазадоккху, къоналло цунах стом кхиабо, воккхалло тIелоцу ша кхиийначу стоьмах жоьпалла, ткъа:
                    Къаналла – беркат ду, бералла цуьнца ю,
             Гуо болор, и берзор вовшашна герга.
Цхьаверг  хьалххе кхета, ткъа важа шен тIаьххьарчу хенахь бен ца кхета шена зиэделла моьттуш ша диъна дуьне адам зиэн Iалашонца вайна делла цахиларх, «Хилла-кха хьошалгIа даьхкина вай…» бохучу гIайгIане, дохковаларан ойланашка воьду иза.
Лирически турпалхочун оьзда, цIена, сирла синхаамаш гойту Бухадиев Мусас шен байташкахь. «Нанас суна цайинарг» стихотворени иштта дIайолало:
                                  Марша Iойла, марша Iойла,
                                  Йовза, къаста карийнарг!
                                  Дала Ша хьо декъалйойла,
                                  Хийла ас сатийсинарг!
Кху могIанашкахь гуш ю йоI езаеллачун йоккха гIайгIа. «Йовза, къаста карийнарг» аларехь го ешархочунна цуьнан и синхаам жоьпаза хилар, цу йоIаца шен дахаран некъ боза дегайовхо яц цуьнан вайна цадевзачу бахьанина. Къастаран де тIехIоьттича, цхьана а кепара оьгIазло, дегабаам бар я бехкбиллар дац цуьнан тIаьххьарчу къамелехь, «Сан хьол хьоме хIумма ма дац// Диц ма дехьа иза, йоI…» - аьлла, цуьнан дуьненан ирс хила шена лаар дIахаийтар бен. Шен са оьзда синхаамаш бовзийтаран лакхе цо яьккхина «Даймехкан Iаламехь» цIе йолчу байташкахь. Вайн лирикан турпалхо ву «Цу Теркан гIа-бецан гарманан арахь// Аьхкенан чаккхенехь, гуьйренан юьххьехь,// Iалам шен духаршца толучу хенахь  гIаролан чардакхехь». ТIаккха гIан-набаршкахь «гIенаха гIов еъна», шен дог-ойла йийсаре лаьцна, безам лаьтташ йолу йоI схьакхачаран хан гайтар мел говза, исбаьхьа кхолладелла байтийн авторе:
                   Горгбелла, буьзна бутт къегинчу хенахь,
            Чамица Чухчахьер лепачу ловзарехь,
                      Пхуьйрахан билгалъеш, кхеттачу тачанехь,
                Терко шен юкъ, хецна, йостучу махкахь,
 Анайист хедачу эрначу арахь,
        АгIазо маша беш, буцучу хенахь…
              … Са пана доккхучу башхачу хIонехь, 
                 ГIалартийн аматаш хIуьттучу хенахь…
Ткъа оцу исбаьхьчу хIоьттинчу ирсечу бIарлагIах ша хаьдча, «Мел ваха веза-те гIенера туьйранехь?!» - бохучу хаттарца – айдарца го вайна безаман йийсаран дог-ойла мел айамехь а, лаккхарчу гIайгIанехь а хилла.
«Весет», «Iаьржа бIаьргаш», «Жималла», «Кийча ву со», кхин а ю Бухадиев Мусан безамах язйина байташ.
Ткъа «Хьо соьга ягIахь…» цIе йолчу байташкахь безаман синхаамаш лаккхарчу синайамехь бовзийтарца  нохчийн халкъан барта кхоллараллера мукъамаш карлабоху:
РегIан дукъ хадочу ГIулозан аганахь,
ЦIазамаш кхуьучу сен-кока боьрахь,
Мехашна къевлинчу къилбанан басахь,
Са пана доккхучу зезагийн майданахь,
Дарбанан хиш долчу шовданийн лулахь,
ЧIуг етташ догIучу татолан йистехь,
Детешца лепачу Башломан гIопехь…
ГIиллакхаш, амалаш кIедачу махкахь,
Терко юкъ йостучу шерачу арахь,
Бакъ кIентий бевллачу  ярташна уллохь,
Новр вехаш хиллачу Лакхарчу-Неврехь
Дехар ду вайша, хьо соьга ягIахь! 
«Терко юкъ йостучохь» - иштта цIе тиллина Бухадиев Мусас шен рогIерчу, хIинца цкъа зорбанера араялазчу гуларна. ХIокхул хьалха, 2006-чу шарахь, «Ойланийн некъаш» цIе йолчу гуларна а, шен дуьххьарлерчу книжкина а юкъаяхана цхьайолу стихаш а, ша царал тIаьхьа язйинарш а юкъаяхийтина поэто шен кестта арахеца леринчу кхоалгIачу гуларна. Иштта биъмогIанашкахь ша дIаязйина дахарх а, дуьненах а шен кхоллаелла ойланаш а йовзуьйтур ю цо нохчийн поэзи езархошна. Уьш дика а нисъелла цуьнан:



* * *
                                 Доца делларг доца лоьхуш,
                                 Доза доцург деха лоьхуш,
 Валар, вахар дIа ца тоьттуш,
                                 Даха, адам, дала хууш.

 * * * 

                      Барз лекха хIоттийна, ваьллариг буьххье,
                Ор хьанна дуьту ахь, езашверг лакхе?
           Дика-м го буьххьера, яц иза къайле,
                    Борз иэша йоллу- те, ор дуьсуш чевле?...
Бухадиев Мусас Терко юкъ йостучохь шен кхоллаелла ойланаш ешархойн кхиэле комаьрша охьайохку. И могIанаш тидамца боьшучарна бевзар бу шен даймехкан кIентан Нохчийчоьне, хьомсарчу нене, массо а адамашка болу доза доцу лерам, безамо са пана даьккхинчун лаккхарчу синхаамийн оьздалла, цIеналла, хIокху дуьненан а, дахаран а доккха зиэделларг долчу къонахчун хьекъале а, маьIне а хьехамаш. 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика