Минкаилов Эльбрус. Нохчийн иллийн поэтикехь дустарш: тайпанаш а, пайдаэцаран башхаллаш а

PDFПечатьE-mail

Иллеш – шайн сюжет а йолуш, турпалаллин гIуллакхех  дуьйцуш йолу барта кхоллараллин жанр ю.   Цуьнан ехха истори ю, масех бIешо юкъалоцуш .   Хьалха-тIаьхьа кхолладаларе хьаьжжина , церан чулацам а, турпалхойн амалш а тайп-тайпана ю, халкъо лору мехаллаш   замане хьаьжжина хуьлу дела. Масала, «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан,  Адин Сурхон  илли»  вайн халкъо кхечу къаьмнех болчу  элашца  латтийначу къийсамах ду, цуьнан  турпалхо халкъана гIуллакх деш ву  - тIехь йоцу ясакх, элан латта массарна а нийсонца декъар. Дуккха  а иллешкахь  I9-чу бIешарахь хиллачу Кавказан  тIеман хиламаш а, царна юкъахь дакъалаьцна турпалхой а гойту, масала, Таймин Бийболат. I9 –гIа бIешо чекхдолуш – 20 –гIа бIешо долалуш кхоллало обаргех лаьцна долчу иллийн цикл.

 

 

Турпалаллин иллеш талла долийна дуккха а хан ю, амма коьрта талламан белхаш  дIадаханчу бIешеран тIаьххьарчу  шовзткъа шарахь бина бу,  къаьсттина,  Вагапов Якъубий, Туркаев Хьасаний, Мунаев ИсмаьIалий, иштта дIа кхечарий  (I–7). Фольклористикехь кхечу жанрел сов уьш  теллина делахь а, хIинца а шайна леррина тидам тIебахийтанза проблемаш а ю. Царех цхьаъ –  иллийн поэтикехь   дустарша дIалоцу меттиг  къастор ю.                                  

 Дустаршкахь цхьа хIума кхечуьнца тарйо, цу шина хIуманан юкъара билгало къасторхьама, и къеггина гайтархьама.  Дукха хьолахь  дустарш хуттургаш йолуш хуьлу, масала:

 

                 Мацалла даръелла гила борз ва санна,

                                      Безам боцчу кхолламца

                  Ша яккха йоллу хьо  дуьненан марзонах?

                                                                           (5, 4I9)                                 

 

Цу тайпанчу дустарел дуккха а кIезга ду хуттургаш шайца йоцу дустарш:

 

                  Биънарг дуй бу шен,

                  Чалхал дукха  декъий шун дахка,

                  Хи санна дукха цIий шу Iанон, –

                    Аьлла, хьалха ерзийра цо ворхIвешин ва рема.

                                                                                (5, 294)            

 

Дустарех шуьйра пайдаоьцу иллешкахь  турпалхойн васташ кхуллуш – церан юьхь-сибат, амалан цхьацца агIонаш, синхаамаш гойтуш а, ткъа иштта  тIеман сурт хIоттош а, диалогашкахь а… Дукха хьолахь дустарш Iаламан хиламашций, акхарошций, кхечу дийнаташций, ораматашций доьзна хуьлу ( «дуьне дуьтуш  дIабузу можа малх санна»,  «син метта топ кхетта цIен экха  ва санна»,  «дера ча санна»,  «цIулла сара ва санна», иштта дIа кхин а).

Турпалаллин иллешкахь дустарех пайдаэцар тайп-тайпана ду. Цхьацца долу дустарш дуккха а иллешкахь  дуьхьалкхета, церан гIоьнца  вовшех тера турпалхой я         хиламаш гойтуш хиларна. Масала,  коьртачу турпалхочун ша юьхьарлаьцначу гIулкхе аравала кечвалар  цо шен дин а, герзаш а кечдар гайтарца дIадолало. «ГIебартойн Курсолтин иллехь» турпалхо юьртара валар иштта гойту:

 

                   Лекхачу попа тIе га саттош ва хуу

                  КIайн куьйра ва санна, шен дина ма хиира,

                    Дуьне  дуьтуш дIабузу можа малх санна,

                   Юьрт юьтуш, ма къаьстира

                                                     Жерочун жима кIант.

                                                                                  (5,23I)

 

              Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца,

            Гаьн тIе куьйра ва санна, ша дина хиъна,

            Бен чохь леча  ва санна, нуьйра чохь тавелла,

            Сакъера аравелира, тов, Эвтархойн Ахьмад.

                                                                            (5, 309)

   «Сиха», «атта», «каде» говра тIе турпалхо хиъна аларх тоам а ца беш, куьйра дитта тIе хаарца  дусту и иллехь; хьалха  далийначу цхьана а куцдашо гайта таро йоцучу кепара  сурт хIоттадо оцу дустаро. Нуьйра чохь и дIанисваларх ала тарлора  «нийса», «дика»,  амма  «бен чохь леча санна» бохучу дустаро кхин а  керла маьIна кхуллу, оцу дешнийн гIоьнца кхолла йиш йоцу. Ткъа  оцу дустарех хьалхий-тIаьхьий пайдаэцаро  турпалхочун  вастах  кхета аьтто  кхуллу:  и говра тIе хаарх а, нуьйра чохь дIанисваларх  дуьйцуш пайдаэцначу  исбаьхьаллин гIирсаша  и Iемина, шен гIуллакх карадирзина  къонах хилар гойту

ГIебартойн Курсолта   Жерочун кIантах тера, цуьнца вогIуш  накъост хилар  билгалдоккху изза  дустарш  юха  а  юкъадалоро:

 

            Лекхачу попа тIе кIайн куьйра ва санна,

            Ша хьаьвзаш хиира и цу дикачу ва дина.

             Цу кетIа валарах юха чу ца вогIуш,

              Цу сарахь суьйренца, бузучу малхаца,

            Шен бен чохь дIанислун кIайн куьйра ва санна,

            Цу къохкан нуьйра чохь ша нийса  нисвелла,

            Ижонна дIаоьккху кIайн куьйра  ва санна,

            Ша юьртах ма иккхира гIебартойн Курсолта.

                                                                         (5, 235)

 

Кхузахь хьалхарий, шолгIий дустар  лакхахь ва хьахийначу  хьелашкахь далийна а, изза маьIна долуш  а ду.  «Ижонна  дIаоьккху кIайн куьйра ва санна»  бохучу дустаро къеггина  дика гойту турпалхо  боккхачу лаамца, ша юьхьарлаьцначу  Iалашоне  кхочург хиларх болчу  тешамца  и новкъаволуш хилар.

  Иллешкахь турпалхойн юьхь-сибат гайтарца доьзна долу дустарш башха дукха  а дац. Масала, йоьIан васт кхуллуш  шайх пайдаоьцу   дерриге а бохург санна дустарш ду хIокху кийсагехь:

 

       Цу дечган ва пхьеро  хьоькхуш  йича ва санна,

        ГIодаюккъехь нисъелла, дегIана товш йолуш,

        Дашах йоьттича ва санна, ши белаш  ва йолуш,

         Шуьйрачу белшашкахь бора кIажарш ловзаеш,

        РегIан кока ва санна, Iаьржа бIаьргаш ва долуш.

        ЦIул сара ва санна,  сетташ цIоцкъамаш ва долуш,

       Лекхалла-лохалла дегIан кеп нисъелла,

        Маьлхан нур ва санна, ша басна хазъелла,

         Берриге махка чохь йоккхуш цIе ва йолуш,

       Хаза  йоI ма кхиира цIонтаройн  ва Дадин.

                                                                     (5, 228)

    Боьршачу стеган васт  кхуллуш а царех терра  дустарш  карадо вайна. Масала, «Бос хазачу Мусан» иллехь турпалхочун белаш «чуьртан говзанчо ерича санна» ю,  цуьнан бIаьргаш – «аьнгалин  говзанчо  боьттича санна», гIодаюкъ – «ирзохь баьлла  маргIал сараг санна». Иллешкахь турпалхойн  юьхь-сибат гайтарна

башха боккха тидам тIебохуьйташ  бац,  шайх пайдаоьцу  суртхIотторан  гIирсаш  дукха а бац.

      Турпалаллин иллешкахь  сих-сиха дуьхьалкхета тIеман  суртхIоттош йолу меттигаш:

 

       Нур дашо малхал  хьалха схьакхета

       И маьлхан зIаьнарш кхетале ва хьалха,

       Мархашца детта сирла ткъес ва санна,

       Тур лесто долийра, тов, цу Зайтан Шихмирзас,

        МостагIийн ва кортош ша лаьтта керчадеш,

        Ша лета ма велира яхь йолу и кIанат.

        Доьлла дохк ва санна, сийна даш далхадеш,

        Детта ткъес ва санна, дуткъа тур лестадеш,

        Ша цхьалха ма висира цу халчу ва тIамехь

        Доьхначу цу дийнахь  и Зайтан Шихмирза.

                                                                     (5, 38I)

Коьртачу турпалхочунах дуьйцуш  шайх пайдаоьцу дустаршший, цунна дуьхьал  болчу мостагIех дуьйцуш пайдаоьцуршший  дукха хьолахь дуьхь-дуьхьала маьIна долуш нисло:

 

        Куьйра юкъа иккхина човкарчий ва санна,

       Бохийна, хьовзийра, тов, цу ненан ва кIанта

       И салойн ва элий.

                                                               (5, 289)

 

        Хьаьттаршна  го лоцу човкарчий ва санна,

        Уьшална го лоцу коьса эрз ва санна,

        Кхалха го ма карийра  цу Дадин юьртана.

                                                                (5, 402)

 

         Уггар кIилло ва вериг барзал майра ва волуш,

        Уггар гIийла ва вериг лоьмал каде ва волуш…

                                                                 (5, 40I)

 

  Амал дика йолчу турпалхойх дуьйцуш дукха хьолах лоруш йолчу акхарошца доьзначу дустарех пайдаоьцу  («лом цIоькъалом санна», «леча санна»,  «куьйра санна» ), ткъа царна дуьхьал  лаьттачарех  дуьйцуш, уьш  сийсазбаран Iалашонца,  лоруш йоцучаьрца  доьзначех ( «дацошна хьалха  йолу бож ва санна»).

     Тайп-тайпана дустарш ду турпалхойн синхаамаш, ойланаш гойтучу хенахь шайх пайдаоьцуш. Масала,  иллешкахь нанас шен кIентан баланех, уьш дIабаха шена лаарх иштта дуьйцу:

 

         Балхабел ахь соьга коьртера ва бала,

         Къожамо цIе санна, схьаэца хьожур со,

                Ялхаел ахь суна кийрара хьайн гIайгIа,

         ГIамаро хи санна, дIахуда хьожур ю.

                                                                 (5, 229)

 

Синтем бар, дог ловзадалар «бай тIехь бекъа санна»  хуьлу  турпалхочун, цхьана хIуманна сацам а хилла, и кхочушдан и сихха гIаттар – «син метта топ  кхеттачу цIечу экханан санна»,  накъост тешаме хуьлу «Iаьржа латта санна», ткъа тешаме воцург  -«коьртана йина чов санна» , ала гIертарг нийсса схьа ца олуш, хабар дахдеш верг « ирзехь экха санна, нацкъара вуьйлу», дарвелларг  «дера ча санна» хуьлу, балано бIарзвинарг цIийза, «мацалла цIийза берзалой санна», маре ца нисделла  зудчуьнан дахар «ша хьаьхна хен санна», шийла  хуьлу, иштта дIа кхин а.

      Дахаран чолхалла, и мерза а, къаьхьа нисдалар къаьсттина дига гойту дустарийн гIоьнца:

 

       Цу серийн тускарехь

       Накхармоз ва санна,

       Дууш мерза дара хьо,

       Малх кхета ва дуьне.

      Кийрахь стим баьттIа

       ДоIаха ва санна,

       Хьо къахьлург хилла-кх

       Кийрахь дог дохарна.

                                     (5, 4I0)

 

Цхьацца долу дустарш мелла  а тIаьхьа кхолладеллачу  иллешкахь бен ца нисло. Масала:

 

                Дуьненан юккъерчу хьаьжцIийнан ва санна,

                Кху дерриге а дуьненахь йоккхуш цIе йолуш
                    Дика кIант ву хьуна гIебартойн Курсолта…

                                                                               (5, 230)

 

Турпалхо чIогIа дика цIе йоккхуш, лоруш хилар гойту оцу дустаро.  Иштта, бусулбан дин тIеэцначул тIаьхьа юкъадеана ду кхузарниг а:

 

            ГIазотан хIолламах делан нур санна,

            Вовшех хьерчаш, ловзуш, цхьаьна дIадахар, тов,

           Цхьабосса ши адам…

                                                                                (5, 420)

 

Оьрсий вайн махка баьхкинчул тIаьхьа  юкъадаьхкина ду хIара дустарш: шарбелла, дика бевзаш   некъ хилар гойтуш долу «кулубе боьду некъ эпсаро санна», «Терка тIе боьду некъ муьжгичо санна»; чевнаш луьра хилар гойтуш долу  «оьрсичо берина хин чIара санна», ва иштта дIа кхин а.

     Гуш ма хиллара, дустарех шуьйра пайдаоьцу иллешкахь.   Цара девзаш долчу  хIуманех, турпалхойх  керлачу, дагах кхетачу  кепара, йоккхачу исбаьхьаллица дийца таронаш кхуллу. Кху статья тIехь  дустарех йолу проблема хIоттош бен яц, и  кIорггера таллар хIинца а хьалха ду.

 

                                        Литература

 

I. Вагапов Я. С. Чечено-ингушские эпические песни  ХУI-ХУIII вв. Автореферат дисс. канд. фил. наук.  Грозный. I967.

2. Вагапов Я. С. Образ одинокого героя в чечено-ингушских героических песнях. Известия ЧИНИИИЯЛ, т.5, вып.3. Ли-тературоведение.

3. Вопросы поэтики и жанровой классификации чеченских                                героико-эпических песен илли.  Грозный. I984.

4. Героико-исторический эпос народов Северного Кавказа.

Грозный. I988

5. Нохчийн фольклор. – ХIоттийнарг Джамбеков  Ш. А.                        Грозный. I990.

6. Мунаев И.Б. Поэтика чечено-ингушских героических песен. Автореферат  дисс. канд. фил. наук. Грозный. I979.

7. Туркаев Х.В. Исторические судьбы литератур чеченцев и ин-

гушей. Грозный. I978.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика