Минкаилов Эльбрус. "Иза бакъволу нохчийн Халкъан поэт вара..."

PDFПечатьE-mail

Сулейманов Ахьмадан 85 шо кхачарна

 

 Карарчу шеран I-чу майхь 85 шо кхаьчна Сулейманов Ахьмад вина. Нохчийн поэзехь бIаьрла лар йитина, бакъволу Халкъан поэт ву иза, и сийлахь цIе шен дахаран тIаьххарчу шерашкахь бен ца еллехь а (I99I).

Дуьххьара шен поэзин говзарш цо язйина дIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь. Цул тIаьхьа шовзткъе итт шарахь сов эвсаре болх бина цо литературехь. Нохчийн поэзин  лакхенех цхьаъ хилла дIахIоьттина цуьнан кхоллараллин тIаьхье. 

Сулейманов Ахьмада масех поэзин книга арахецна – «Безаммий, шаьлтий» (I967), «Дог дохден цIе» (I968), «Ламанан хьостанаш» (I97I), «Даймехкан некъаш» (I982), «Цхьа-ши дош» (I988), «Симфония гор» (I978; оьрсийн маттахь).

 

Гуш ма-хиллара, хьалхара книга шен 45 шо кхаьчначу хенахь яьккхина цо зорбане. Оцу жимачу гуларна юкъаяхнера иттех стихотворений, «Безаммий, шаьлтий» поэмий. Амма хьовса оцу стихашка – хIора а бохург санна, поэзин жовхIар! – «Даймахках илли», «Машаран кхокха», «КIант винчу тойнехь», «Дог дохден цIе», «Календаран тIаьххьара лист»… Оцу кIеззигчу стихотворениша а йовзуьйту поэтан кхоллараллин ша-тайпалла, кIорггера исбаьхьалла. Нохчийн мотт кIорггера хууш а, цундела оцу меттан таронех мо-оьшшу пайдаоьцуш а и хилар гучудолу оцу стихотворенешкахь. Ахьмад халкъан барта кхоллараллий, нохчийн а, оьрсийн а классика  дика евзаш хиларо таро хуьлуьйта цуьнан еша а, кхета а атта, исбаьхьа говзарш кхолла:

 

Батто, стиглахь гIийла текхаш,

Оьхьу суна дато лан.

Седарчаша дохку некъаш –

Самах дуьхьалтуьйсу гIан…

 

Гуш ма-хиллара, кхузахь хила ма-еззара йолу еастопан хорей ю. Цхьаболчара иштта дац бахахь а, Ахьмада гойту, силлабо-тонически принципца нохчийн стих кхолла таро хилар. ХIокху стихотворенин хьалхарий, кхоалгIий могIанаш вовшашца, ткъа шолгIий, боьалгIий – вовшашца рифма йолуш бу. Шишша дош ду хIокху строфахь цхьана дешдекъаххий, деа дешдекъаххий лаьтташ, амма цуо стихан барам боха ца бо – цхьана дешдекъах лаьтта дешнашца чекхболуш бу вовшашца рифма йолу шолгIий, боьалгIий могIанаш (хадийна рифма), ткъа «седарчаша», «дуьхьалтуьйсу» бохучу дешнех шишша стопа кхоллало (седар/чаша, дуьхьал/туьйсуш).

Вай хьахийнарг стихотворенин кепах ду. Шех милла а Iама мегар долуш, говза ю Ахмадан поэзин кеп.

Сулейманов Ахьмадан поэзи билггала къоман ю ала мегар ду. Цуьнан коьрта турпалхо – шен орамаш а хууш, шен къам, цуьнан гIиллакх-оьздангалла а евзаш волу турпалхо ву, дуьненахь хуьлуш долчу массо а хIуманан бала а кхочуш, диканах дог а ца дуьллуш, къахьоьгуш схьавогIу.

Ахьмадан кхоллараллех язйина тайп-тайпана статьяш ю, хьалха къастийнарг юха а дуьйцур дац вай (Хьажа: Гайтукаев К. Б. Традиции А.С. Пушкина и М. Ю. Лермонтова в лирике А. Сулейманова. – Вопросы литературных связей. Грозный, I978, с. I2I-I37;  Сулаев М. Винчу лаьмнийн илланча. – Ахьмад Сулейманов. Даймехкан некъаш. Грозный, I982, 5-I0 агI.; Арсанукаев Шайхи. Поэтан дог. – «Орга», 2002, № 4, I9-20 агI.; Сумбулатов Дени. «Со иллин паччахь хила веъна дуьнен чу…» – «Орга», 2004, № I, 56-60 агI.; Ахмадов Муса. Сулейманов Ахьмадан некъаш а, марзонаш а. – «Орга», 2007, 29-33 агI.)

 

***tc "***"

Мелла а хьахо догIу поэзин йоккхачу жанрехь Сулейманов Ахьмада язйинчу говзарех – поэмех.

Дуьненан литературехь а уггаре а ширачех ю поэмин жанр. Малхбузен а, Малхбален а литературашкахь бIешераш хьалха кхоьллина поэмаш ю хIинца а ехаш, шаьш йолчу къаьмнийн а, дуьненан литературан а классика а хилла. Уьш ю Фирдоусин «Шах-намэ», Руставелин «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал», Низамин «Хамсэ» («Пхи поэма»), Дантен «Божественни комеди», дуккха а кхиерш а. I9-20-чу бIешерашкахьлерачу литературашкахь коьртачех цхьаъ хилла схьайогIу и жанр. А. Пушкинан, М. Лермонтовн, Д. Байронан, В. Маяковскийн, А. Твардовскийн, П. Нерудан, иттаннаш кхечу гIарабевллачу поэташа кхоьллинчу исбаьхьаллин произведенеша керл-керла таронаш гучуйохуш, кхиош схьаялийна а, схьаялош а ю и жанр.

Нохчийн литературехь поэташа дуьххьара оцу жанран произведенеш кхоьллина дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь. Царех хIинца а шен мехалла янза ю Мамакаев Мохьмадан «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэма, паччахьан заманахь вайн халкъо шен паргIатонехьа латтийначу къийсамах дуьйцуш йолу. ТIаьхьо кхин а масех поэма кхоьллина поэта («Непсин безам», «Ненаца дина къамел», «Майрачех илли», и. дI. кх.), цуьнан цIарца доьзна а ду нохчийн поэма кхиар а.

30-чу шерашкахь шайн поэмаш кхуллу А. Нажаевс, Н. Музаевс, I. Мамакаевс. ТIаьххьарчун «АслагIий, Селахьаттий» (шолгIачу редакцехь – «Нохчийн лаьмнашкахь») оцу жанран шатайпа классически произведени а хилла дIахIоьттина. ТIеман шерашкахь М. Сулаевс язйина шен «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма.

20-40-чу шерашкахь, гуш ма-хиллара, нохчийн поэзехь коьртачех цхьаъ хуьлий дIахIутту поэмин жанр. Вайн халкъ махках даьккхинчу шерашкахь, хууш ма-хиллара, литературин кхиар цхьана ханна соцу, амма 50-чу шерийн шолгIачу эхехь, дуьхьало дIаяьккхича чухьоду хи санна, нуьцкъалчу татолца шен некъ дIаболабо вайн литературо. Хьалхий-тIаьхьий арайовлу нохчийн поэтийн книгаш, хьалха дуьйна кхоллараллин болх беш хилла а, къона а авторш язъян буьйлало. Цул тIаьхьа дIадаханчу шовзткъе ворхI шарахь иттанаш керла поэмаш кхуллу вайн поэташа – М. Мамакаевс, Н. Музаевс, А. Сулеймановс, М.Сулаевс, Р. Ахматовас, Р. Супаевс, кхечара а. Поэмин тематика а, жанран кепаш а шорло. Вайн истори, шайн заманахьлера хиламаш, тайп-тайпана синхаамаш бовзуьйту поэташа оцу шайн произведенешкахь. Чулацам бовзийтаран Iалашонца кхуллу керла исбаьхьаллин кепаш. Хьалха кхоллаеллачу эпически а, лиро-эпически а поэмашна тIекхета лирически а, драматически а поэмаш, кхоллало стихийн циклах лаьтташ йолу поэма…

Къаьсттина билгалъяха хьакъдолуш ю оцу жанрехь гIарваьллачу нохчийн поэта Сулейманов Ахьмада язйина говзарш – «Безаммий, шаьлтий», «Безаман шовда», «Ламанийн сурташ», «Дахаран генаш», «Беттан тIулг», «Iесаллех поэма я «ЦIен книга». Шайн жанран билгалонашца вовшех къаьсташ, цхьаъ вукхунах тера йоцуш ю и ерриге а поэмаш. Царех уггаре йоккха а, чолхе а ю тIаьхьарлераниг.

«Iесаллех поэма я «ЦIен книга» араьялла I988-чу шарахь «Цхьа-ши дош» гуларехь. Литература хIун ю а ца хуучу наха къамелаш долийра, и поэма емалъеш, иза тIехь йолу книга яго еза бохуш.

Амма литературоведаша а, яздархоша лаккхара мах хадийра оцу говзаран. Сулейманов Ахьмадан 80 шо кхачарна лерина йолчу «Орга» журналан редакционни статьяхь иштта яздора: «Цуьнан поэтически кхолларалла шен орамаш барта кхоллараллехь долуш яра. Амма фольклорана тIетийжаш хиллехь а, цуьнан гурашкахь ца висира поэт. Иза къаьсттина билгалделира «Цхьа-ши дош» цIе йолчу книгехь. Кхузахь, уггаре хьалха, «Iесаллех поэма…»  йоьшуш, вайна хьалха хIутту таханлера дахар, Iилма, философи, политика, истории а, дуккха кхин девзаш волу цхьаннех возушвоцу ойланча-поэт» («Орга», 2002, № 4, I7 агIо).

И поэма араяьлла хан а, оцу хенахьлера хиламаш а дика бевзаш  волчу Сумбулатов Денис шен Сулейманов Ахьмадах  йолчу статьяхь яздора (оцу поэмех дерг дерриге а даладо вай): «ТкъолгIачу бIешеран 90-гIа шераш вайн къоман кхолламехь сихаллин, собаран, эхь-бехкан, оьздангаллин, гIиллакхан, маьттазаллин гураш, бехкамаш, дозанаш цхьаболчу наха дохош даьхкира. Гуш лаьтташехьа, синамал хийцаелла адамийн тобанаш, къинхетаман метта къизалла дегнаш чу еъна, карзахъевллера. Шайна хетарг, шайна моьттург бен кху Дуьненахь кхин хIумма дан а дац, кхин хIума хила а ца деза моьттучийн тоба елира Соьлжа-гIаларчу майдана. Цкъа а нохчийн маттаца, литературица, историца бала а ца хиллачу цара сийсаз а, маьттаза а доккхура къомо хIинццалц сийлахь мел лийринарг, мел лорург. Де-дийне мел долу алсамъюьйлуш яра бехдинчийн а, бехдечийн а адамийн цIераш. Иштта цхьана дийнахь майданарчу адамашлахь волчу цхьамма, шимма... тIаккха тобано мохь бетта болийра: «Сулейманов Ахьмада поэма язйина... «ЦIен книга» я Iеса поэма». Цо шен поэмехь бехдо дин, нохчийн халкъ... Цуьнан книга яго еза, Ахьмадна таIзар дан деза!», – бохуш. Дуьххьара мохь тоьхначуьнга хаьттинера, цунна уллохь лаьттачо:

– Бехк ма биллалахь, ахь ешний, хьо кхеттий оцу поэман чулацамах, авторан Iалашонах? – аьлла.  И хаттар шена хезча, шен цецвалар а лачкъо хьекъал доцчо сихха, амма оьгIазе жоп деллера:

– Еша-м ца ешна ас, делахь а дуьйцуш хезна-кх суна: и поэма вайна дуьхьал язйина ю, – бохуш.

Оцу хенахь, керла маьIна шайна чу а дуьллуш, шийлачу маьхьарца мел баьхна «вай», «уьш», «оха», «цара» бахар бале дирзина деха вай. Бакъду, оцу хенахь жоп деллачо, «вайна» ца олуш, «тхуна» аьллехь, и поэма цо ца ешнехь а, бакъдолчунна герга догIура цуьнан жоп. Ян а ю Ахьмадан поэма шаьш-шайна магийна мехаллаш йолчу, шаьш-шайна кхоьллинчу къилбанашна суждане оьхучу адамийн тобанах. Дуьненна, Iаламна дола шаьш до, ницкъ шайгахь бу моьттучу тобанах... Делан Дашах, цуьнан кхиэлах цакхоьручех. И тоба, я ша къаьстина цхьа адам, долуш дуйла хаьара дукханна а. Амма даррехь дIахьедан, дIакхайкхо, уьш емалбан ца ваьхьара цхьа а. Я хьекъал, кхетам, я дуьнене болу хьежамаш шайн миска хиларна. Цхьана а стеган, метгиган, мехкан, пачхьалкхан цIе а ца йоккхуш, поэто шен поэмехь аьлла:

 

Ва Везан Дела! Ва Воккха Дела!

Ша вуьзча цамегаверг меца кхабалахь!

Ша коьрте ваьлча цамегаверг

Когашкахь латтавелахь!

ГIайвелча цамегаверг

ГIелвай латтавелахь!

Ша тоьлча цамегаверг

Эшавай латтавелахь!

Ша лакхаваьккхича

Цамегаверг

Лахахь латтавелахь!

Шех эла вича, нах бале эгийна,

Нах Iазапе эгийна,

Шен леш бан гIоьрта верг

Лен когашкахь латтавелахь! –

 

и дешнаш, хIума довзарца, генна хьалха а кхевдина аьлларг, шайх ледаш цIийца ийна

бIаьрхиш долу Iалашонаш гучуяхар хиллера царна цатайнарг, цадезаделларг а.

Поэта шена Iаьткъинарг, ша шен сица лайнарг, кхин садетта собар а ца тоьъна, кехат тIе охьадиллинера. Поэтан цIийх ийна бIаьрхиш хаало хIора а могIанехь, Дашехь. Поэтан цIий, бIаьрхиш. Шен хьомсарчу, шена дукхадезачу, йоIбIаьрг санна, ша лардечу халкъан бIаьрхиш, цIий ца Iенийта орцахваларна бехкевора поэт. Цуьнан орцахвалар цадезнарш, цадезаделларш бара «меттан охIланаш», «халкъан дешан, мехкан а дай» хилла, мохь-цIогIанехь хьийзарш...

Поэта муьлххачу а хенахь, муьлххачу а бIешарахь адамашка хатта хьакъдерг хоьтту юьхьдуьххьал, майрра:

 

– ХIей къонах!

Хьо стенна веана

ХIокху дуьнен чу? –

 

бохуш.

ХIара дуьне хаздар, беркат, зовкхе дахар дебор, Безам, Барт, Тешам чIагIбар шен дахаран Iалашо йолчуьнга жоп долуьйту поэто:

 

– Суо меца Iийна а, нах бузо!

Суо верзина Iийна а, нах буха!

Суо хьогах Iийна а, нах

Чам мерзачу муттанех, хих Iабо!

Суо дакъазаваьлла а,

Нах декъала хилийта,

Нах ирсе а бина, нехан ирсах воккхаве,

Суо ирсе хила!

Суо велла а, нах бахийта!

Дуьне, дахар хаздан, даздан! –  олий.

Иштга ваха нигат динчуьнга, иза декъал а веш, боху поэта:

 

– Декъала хуьлда хьо!

Хьох хьоьгурш, хьо хьоьгурш декъала хуьлда!

Декъала хуьлда хьан суьйренаш, хьан Iуьйренаш!

Хьан буьйсанаш, хьан денош декъала хуьлда!

 Хьан ламазаш, хьан доIанаш декъала хуьлда!

Декъала хуьлда хьо лела некъаш!

 

Ша ког мел биллинчохь, ша дош мел аьллачохь цIийн, бIаьрхийн тачанаш дуьтучуьнга; маслаIат мотт сацийна, дов, тIом баржочуьнга; бIаьрмецигалла, сутаралла сов а яьлла, къизаллин таж шен коьрта тиллинчуьнга а хоьтгу поэто:

 

– ХIей стаг,

Хьо стенна веана хIокху дуьнен чу?

 

Шен дахаран нигатна тешаме висинчо, къизаллин, Iожаллин а байракх адамийн декъешна тIехь лестийча сапаргIат хуьлучо, самукъадолучо жоп ло:

 

Нах меца битина а, суо вуза!

Нах берзина битина а, суо вухавала!

Нах хьогах битина а, суо хих,

Маларх, синкъерамех Iаба!

Нах гIелбина а, суо гIайвала, туола!

Нах охьатаIийна а, суо лакхавала!

Нах бале эгийна а, суо зовкхехь ваха!

Берриг нах хIаллакбина а, суо ваха!

 

И нигат а дина, хIокху Дуьнен чу веанчуьнга, къиза дог долчуьнга, озавелла, кхеравелла юха ца волуш, майрра, стогаллица неIалт а кхайкхош, вистхуьлу поэт:

.

НеIалт  хьуна!

Хьан суьйренашна,

Хьан Iуьйренашна – неIалт!

Хьох хьоьгучунна,

Хьо хьогучунна – неIалт!

Хьан буьйсанашна,

Хьан деношна – неIалт!

НеIалт хьан Iаьржачу синкъерамашна!

Ахь дуучунна, ахь молучунна неIалт!

Ахь Iамочунна, хьох Iемачунна – неIалт!

НеIалт ахь гулдинчу а, гулдечу а хьарам рицкъана!

НеIалт хьан рицкъах кхетачунна!

Хьан ламазашна, хьан доIанашна –

Кхузза неIалт!

НеIалт хьуна тIехьарчо долчу марчонна!

Хьо вуьжу волчу лахьтина – неIалт!

НеIалт хьан хиндолчу кошана, упханашна,

Чуьртана!

НеIалт хьо гIон волчу жоьжахатана!

 

Ахьмада шен поэмехь аьлларг майрра, Iалашо а лаьцна аьлла дош дара. Цуьнан Дош, дахкарлахь кхоьссина топ санна, Iалашоне ца кхочуш дайна дIа-м муххале а ца делира, мелхо а цхьаболчийн дегнаш Iорадехира, яххьаш ма-ярра гучуехира, кирхьанна тIехьа а, туьтмIаьжигашца а къайлаяьхна хилла йолу.

Иза дара цхьаболчарна Iаьткъинарг, цара еза чов йина тIелаьцнарг, чIире а дерзийна кхайкхориг: «Хьан хьекъал хIунда кхаьчна, хьан кхетам хIунда бу?» – бехк а боккхуш, хоьттура поэте. Стеган хьекъал, кхетам, сий хилар цуьнан бехк лору, бартхаттар а доцуш, дага мел деанчо кхиэл йо мур бара дIаболалуш…

Хьо стенна веана хокху дуьнен чу? – аьлла шега хаьттича:

 

– Со иллин паччахь хила веана дуьнен чу!

Со пондаран паччахь хила веана дуьнен чу! –

 

аьлла жоп делларг, кхечу дарже са ца туьйсург вара «халкъан, мехкан, Делан а мостагI» вина кхайкхош. Эхь-бехкан, Iадатийн, ламастийн, кхетаман, иэсан, меттан а Iу-дай сийсазбича духу халкъ, лард иккхича охьахаьрца бIов санна. Иштта къоман синан бIаьвнаш, меттан жовхIарш, хазнаш, къоман иэс лардинарш бара хьалхарчу рогIехь бехбан Iалашоне лецнарш» («Орга», 2004, № I, 59 агIо).

 

Халкъан яздархочо Ахмадов Мусас иштта билгалйоккху поэмин башхалла: «ЦIен книга» Iесаллех поэма цIе йолчу произведенехь го поэтан боккъал маьрша аз. Цо мохьбетташ а, кIорга а дуьйцу Адам Iесадаларх, Дала шена тIедехкина декхарш цо дицдарх лаьцна. Чулацамца хилла ца Iаш, и поэма шен куц-кепаца а ю маьрша. Ахьмада шен кхоллараллехь дуьххьара пайдаоьцу «верлибр» олучу стихкхолларан барамах. Цо таро ло цунна маьIнийн, ойланийн, синхаамийн, иштта мукъамийн а тайп-тайпаналла гайта, шен синкарзахалла ма ярра йовзийта» («Орга», 2007, № 2, 33 агIо). 

 

…Хетарехь, поэма йоьшург уггар хьалха «лирически турпалхо» бохучу терминах кхеташ хила веза.

Поэзехь дукха хьолахь къамел язъечун цIарах нисло, «со, ас…» олий, амма ша поэттий, цуьнан лирически турпалхой бохучу кхетамашна юккъе и шиъ цхьатерра хилар гойту хьаьрк юьллийла ца нисло даим а. Цхьаццайолчу лирически байташкахь «автор, поэт» бохурггий, «лирически турпалхо» бохурггий цхьана маьIнехь нисло, масала, и байташ шен цхьанна кхоллабеллачу синхаамех (безамах, цабезамах, халахетарх, хазахетарх…) язйина елахь а, амма дукха хьолахь «лирически турпалхо» боху кхетам  шуьйра бу «автор, поэт» бохучарел а. Поэта «со, ас…» аьлла язъеш, цо я шен хенарчеран, я къомах, махкара болчу, ткъа цхьайолчу говзаршкахь – дерриге а дуьненахь бехачеран цIарах дуьйцу. И тидаме а эцна, шеко йоццуш билгалдаккха мегар ду, Сулейманов Ахьмадан «Iесаллех поэма я «ЦIен книга» говзаран лирически турпалхо – ХХ-гIа бIешо чекхдолуш вехаш волу стаг ву аьлла, дерриге дуьненан истории евзаш а, оцу дуьненах хуьлуш дерг а гуш, хиндолчух дог а лозуш. Оцу стеган («лирически турпалхочун») монологах кхоллалуш ю поэмин сюжет.

Поэмин берриге чулацам схьабуьйцийла яц, и бовза ерриге поэма еша еза, дуьххьара дуьйна йолийна, чекхъяллалц. ТIаккха гучудолу цуьнан маьIна. ХХ-гIа бIешо чекхдолуш вехачу стага, шен ойланашкахь ерриге а дуьненан истори карла а йоккхий, дуьненахь хIоьттина хьал гойту:

 

 

«Дуьххьара хилла Дош,

И Дош Делехь Хилла,

Дела Дош хилла.

Иза Хилла дуьххьара Делехь,

Дерриг а Цуьнгахула схьадоладелла,

Цуьнан лаам боцуш долчу хIуманах

ХIумма а хилла дац…»

 

«Дела шен стиглан паччахьалкхах вохийна,

Дерриг а шен караэцна,

Ша Дела а хилла,

Дела шех а хилла,

«Iаламера комаршо вай хьуьйсур дац!

Ваьшна оьшург вай схьадоккхур ду Iаламера!

И ю вайн Iалашо!» – аьлла,

Iаламан лаг а лаьцна,

Iаламера ваьшна оьшшург схьа а даьккхина,

Вай «ЦIен книга» кхоьлли…»

 

Оцу шина кийсигехь гучудолу поэмин коьрта маьIна: лирически турпалхо – вайзаманхо орца дохуш ву, дуьне, оцу дуьненахь мел долу хIума, Адам а тIехь, ларде, бохуш. Галъевлла адамийн Делаца йолу юкъаметтигаш, галъевлла адамайн а, Iаламан а юкъаметтигаш а, адамийн вовшашца йолу юкъаметтигаш а…

Ала деза, и поэма коммунистически идеологи, мелла а гIелъеллехь а, дийна йолчу хенахь язйина хилар. Ткъа вайна дика хууш ду, и идеологи Далла дуьхьал хиллий…

Поэма дуьненахь болчу коьртачу лазамех ю, Адаман дахар тодарехьа, хаздарехьа, ирсе дарехьа кхойкхуш. Массо а воккхачу ойланчин санна, и иштта хиларх поэтан тешар гучудолу поэмехь, хIунда аьлча и иштта хилийта Къонахий болу дела:

 

Соьгахь бехделла синош цIандан рецепт ю,

Ахь а, оцо а, дIогарчо а дIаэцахь:

Безам – дог дуьззина,

Къинхетам – дог дуьззина, тIех а туьйсуш,

Оьздалла – иштта,

Тешам, комаршо...

ДоттагIалла, Вошалла, Къонахалла – кхачалур   а   доцуш…

Оцу кхачано хьан са даиманна а

ЦIена, сирла, маьрша, тешаме, къинхетаме,

Могуш

Латтор ду.

ДIаоьций аш синна кхача кечбан рецепт?

ТIаккха

Ахь а,

Ас а,

Оцо а кхиийнчарах хир бац

Наркоманаш,

Питанчаш,

Малончаш,

Дазадуурш,

Дезадуурш,

Дазадухурш,

Дезадухурш –

Веччалгаш.

ДIаоьций аш, нах, сан рецепт?

Вайн синошна оьшуш болчу кхачанан рецепт?

 – Оьцу.

 

–  Баркалла...

Вай цIанлур ду...

Вай цIена а, цIина а хир ду...

Вай доьлхучу Iалашоне дIакхочур ду...

Вай даккхийчу гIуллакхашна

Дуьненан къонахий кхуллур бу!

 

… Сулейманов Ахьмада шен кхетамехь, ойланашкахь, хааршкахь, даг чохь гулделларг схьакхайкхийна вайга оцу поэмехь, вайн къам дуьненахь лар йоцуш дан ца дайта.. Иза Поэтан весет лара мегар ду, тIаьхьенашна цо дитина. 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика