Минкаилов Эльбрус. "Сий делахь, Латта!"

PDFПечатьE-mail

(Нохчийн литературехь Сийлахь-Боккхачу тIеман теманах)

 

 Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом. ТIеман исторехь иза къаьсташ бу кхузткъа миллион сов адамийн дахар дIадаьхьна, шех тераниг хилла боцуш, дийнна хIорд хиллал цIий Iанийна тIом санна. Хийла ярташ, гIаланаш ягийна, хIаллакйина оцу тIеман шерашкахь, хьесап дина ца валлал дукха адамийн кхолламаш бохийна. Оцу тIеман бохамех лаьцна дуьненан массо а яздархочо яздинарг шен чот ялур доцуш ду. Тахана а яздо цунах лаьцна, хIокхул тIаьхьа а яздийр ду, хIунда аьлча и тайпа хилларг шен иэрчаллица, къизаллица ша ма-дарра гайта деза, юха ишттаниг ца хилийта тIаьхьарчу тIаьхьенашна тIе а дуьллуш. ГIиргIазойн яздархочо Айтматов Чингиза аьлла: «ДIадаханчух иэс дицдина стаг, нагахь санна иза кху дуьненахь шен меттиг къасторна тIе юха а хIоттавахь, шен халкъан исторера зеделларг хууш ца хиларна, кхечаьрга терра кхиар доцуш, таханлерчу денца бен ваха йиш йоцуш вуьсу».

 

Цу дешнашна тIе а доьгIна, ала деза, Сийлахь-Боккха Даймехкан тIеман шерашкахь дуьйна хIокху деношка схьакхаччалц цхьацца болчу яздархоша нохчаша оцу тIамехь дакъалацар бехдеш, харцдерш тIекхуллуш яздеш хилар цхьа а бух боцуш хиларх. ХIетахьлерчу Iедалан дайшна оьшура тIеман дуьххьарлерчу шерашкахь советски эскарийн хилла иэшамаш шайн бехкана а доцуш, кхечу цхьанна кочататта. Иштта кхоьллира нохчашний, кхечу къаьмнашний тIехь ямартхойн цIе. ТIаккха дагна а, куьйгана а цIена боцчу яздархойх цхьаболчара язъян йолийра вайн къоман цIе бехъеш йолу хIумнаш…

Оцу яздархойн харцкъамелашна дуьхьалъяккха вайн вешан а ю бакъдолчун буха тIехь оцу шерашкахь а, цул тIаьхьа а язйина исбаьхьаллин а, документашка тIе тийжаш а кхоьллина произведенеш.

Иттаннаш эзарнаш нохчийн яхь йолу кIентий лиэтта мостагIчух оцу тIеман шерашкахь. Дукха бу царна юкъахь шайх турпалхо алар нийса хир долу къонахий. Ткъе иттаннал сов вайн махкахо Советски Союзан турпалхочун цIе яла хьалхатеттина а хилла, амма, нохчий хилар бахьна долуш, ца луш битина. ТIеман шерашкахь а, цул тIаьхьа а цIеяххана вевзаш вара Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлад, Идрисов Абухьаьжа, Магомед-Мирзоев Хаважи, Бейбулатов Ирбайхан – уьш Советски Союзан турпалхой бара. Царах лаьцна яздинера дукхамма а: стихаш, дийцарш, очеркаш, повесташ. Уьш бийца бакъо яра хIетахь, амма хIетахьлерчу Iедална ца лаьара уьш санна тIеман арахь турпала лиэтачу кхин а кIентех лаьцна ала, халкъ-ямартхо боху цIе нохчашна тIера дIаяккха.

Амма дIахьулдан ницкъ бацара нохчийн яздархоша оцу шерашкахь яздина могIанаш, документийн тоьшаллаш. Нохчийн литературех тIеман темина язйинчу произведенех лаьцна дуьйцуш билгалдаккха дезаш масех хIума ду: 30-чу шерашкахь нохчийн яздархойн цхьаьнакхетаралла хIаллакйина хиларна, вайн яздархоша тIеман шерашкахь кхоьллина произведенеш кIезиг хилар; вайн халкъ махках даьккхинчу кхойтта сов шарахь нохчийн маттахь хIумма а арахоьцуш цахилар; цул тIаьхьа а тIамах лаьцна язъечарна тайп-тайпана дуьхьалонаш еш хилар.

ХIетте а кIезиг яц тIеман темина язйина произведенеш нохчийн литературехь. Уьш вайна оьшу тIекхуьучу тIаьхьенашна бакъдерг дитарна, церан, «ванах, нохчех масех стаг бен хила а хилли-те оцу тIамехь?» – боху хаттар – ойла ца кхоллаялийтарна а. Дукха ду нохчийн бIаьхойн доьналлех а, майраллех а, шен даймахкана уьш тешаме хиларх а лаьцна яздина йозанаш. Кхечу къаьмнех болчу яздархойн произведенешкахь а нохчийн къоман стогаллех лаьцна яздинарг кIезиг дац. Масала, П. Брикелан «ТIаьххьарчу рейдах лаьцна повесть», Н. Сергеевн «ЦIийлахь малх» поэма, В. Белорецкийн «Захаран дуй» партизанийн отрядан командир хиллачу Ахматханов Зяудих лаьцна повесть, В. Ковальковскийн «Соьлжа-ГIалин тIехуле – стиглахь» документальни повесть. Белевитневн «Танкистан куй коьртахь Пхьармат» цIе йолу Мазаев Маташах лаьцна повесть, иштта кхечара а.

ТIеман дуьххьарлерчу деношкахь нохчийн яздархоша а, кхечу къаьмнийн яздархоша санна, шайн произведенешкахь кхайкхамаш бора мостагIчунна тIехь толам баккхаре. Дуьххьарлерчех ю Эдилов Х., Мамакаев I., Муталибов З., Сулаев М., иштта кхечеран стихаш.

 

Сан илли! Весет ду хьоьга:

Дошан дарц деттачу арахь

Яхь дохуш кхайкхалахь тхоьга,

ГIо делахь мостагIий бара.

 

Иштта яздора Муталибов Зайндис шен «Сайн деган иллига» цIе йолчу стихотворенехь. Вукху шен «ЧIир екха гIовтта» стихотворенехь цо кхойкху даймехкан сий дайъа баьхкинчийн, гIаланаш, ярташ отуш, зударий, бераш дойъуш, къиза хьийзачу мостагIчунна цхьа а хIума бекхам боцуш цадитаре.

 

Къа доцу, иэхь доцу фашистин йовсарш,

Вайх леш дан, вайн мехкан сий дайъа гIерта.

Латта ду термито, цIерца деш кховсарш,

Бомбанийн къекъарца мархашкахь лелхаш.

 

Эзарнаш, эзарнаш доьзалаш бу арахь…

ХIинцале уьш бохо кхиъна тIом богIу.

Нагахь вон динчунна вонца жоп дагIахь,

Цу берийн, зударийн чIир йиэкха йоьду.

 

Сийлахь Боккха Даймехкан тIеман темина язйинчу стихотворенешна юкъахь тоьллачех ю Эдилов Хасмохь-мадан Сий делахь, Латта!» стихотворени. ХIара буьрса тIом болабелла мехкашдIалецархойн бехкенна. Церан Iалашо хилла дерриге дуьне шайн кара а дерзийна, цу тIехь дехаш долу халкъаш а, къаьмнаш шайн олалле дерзо, уьш лайн хьоле дерзо. Къуьйсуш дерг латта – мохк бу. Цуьнан дуьхьа иэгна хийла дика кIентий эзарнаш шераш хьалха а, массо хенахь а. ХIинца тIехIоьттинарг а изза тIом бу: боккха, къиза, шен латта лардечунна сийлахь, хIунда аьлча тIемалойх хIор а шен доьзалан, юьртан, мехкан, дерриге дуьненан ирс къуьйсуш лета.

 

Чов йоцуш, цIий доцуш

ТIом хилла бац-кха

Ирсан стом ларба а

Дац цуьрриг атта.

Ас дегI ца кхоийна

Сайн дуй чекхбаккха:

«Кхехка цIий саццалца

Хьо лардан, Латта!»

 

Лайн деза, иэхье дукъ дIа ца кхехьа, хийла дика кIант тIеман арахь воьжначу нохчочун дешнаш ду хIорш:

 

Хийламмо къийсамна

ДIаделла догIмаш,

Массара шайгара герз

Майра детта.

Хьийзошший, дагошший,

Дойушший, тхох лайш

Дан гIертарш ата ахь

ГIо делахь, Латта!

 

Уггаре деза дарж, сийлалла ю мохк Iалашбечеран, цуьнан дуьхьа Iожаллина дуьхьал хIуьттучийн шен махкахь, лаьттахь каш хилар, шен махкахоша шайна гечдойла аьндолчохь:

 

Гечдойла аьн долччохь,

Турпалхойн могIарехь, –

Кху арахь каш хилар

Ирс хета, Латта.

 

Яздархоша кхойкхура хIоранга а – хуьлда иза бIаьхо, ахархо, белхало, жимха, – ша волччохь шен ницкъ ца кхоош, толамна къахьегаре:

 

Дозал дан мегар ду, нана, ахь тахна,

Махкана майра кIант кхиийна аьлла.

Тешалахь: де дарах тIамехь сов доьхна,

КIант воьхна хир вацарх стогаллех ваьлла.

 

ВогIур вац со алий, дагна беш эшам,

БIаьргех хиш ледада пурба дац хьуна.

Тылехь болх кхехкорца,мостагIий эшо,

Фронтана гIо делахь, вай гур ду хьуна!

(Муталибов Зайнди. «Винчу  нене»)

 

Оцу юкъарчу балийна, гIайгIанца юьстах ваьлла, шен са а, дегI а кхоийначу стешхачарна аьлла ду Мамакаев Мохьмада «КIиллочуьнга» стихотворенехь хIара дешнаш:

 

Къам, хIусам я Даймохк мичахь бу хьан?

Йиш-вешин, доттагIчун цIе яккха ахь.

Даймохк бац, къам а дац, уосала са,

Хьуо дийна хилчхьана тоьинчу хьан!

 

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз

Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу…

Кхоссалаш. Кхоссалаш кIарлагIе бIал!

И хьан барз наьIалтца хьиэкъабеш бу.

 

Безачу, халачу механ бу Толам. Цунна тIекхача некъ деа шаре гергга дIабахара. Оцу бехачу некъан йистошца шайна каш карийна эзарнаш-эзарнаш вайн Даймахкана тешамечу кIенташна. Уьш Iохку шайн мехкан лаьттахь а, арахьарчу пачхьалкхийн лаьттахь а вежараллин кешнашкахь, ша-ша дIавоьллина. Уьш бу цхьаберш  шайн цIе евзарш а, цIе ца евзаш дIабоьхкинарш а. Амма  церан массеран а цхьа цIе ю:  Даймохк ларбархой, къизачу мостагIчунна тIехь толамхой. Хийла нохчийн кIант а воьжна тIеман арахь турпаллица, доьналлица, майраллица, Даймахкана тешаме хиларца.  Уьш а бу цхьаннан кIентий, дай, вежарий, юьртахой. Толаман баккхийберца  цхьаьна вайн дегнаш Iийжадо уьш юхабогIург цахиларо. ХIетте а  церан нанойн дегнаш кураллица деттало: церан кIентий кIиллой ца хилла, цара юьхьIаьржа ца хIиттий шайн дай, къам, иэрна иэхьна ца шайн накха наноша шайн турпалчу кIенташна. «Схьаала соь, кIайн дакх…» стихотворенехь Мамакаев Мохьмада кIант тIамехь вийначу ненан васт кхуллу:

 

Даймехкан сийлохуш,

ВоI вайна  нана,

Хеназа къеж а луш,

ГIайгIанца ягIахь,

 

Детица  кхелина

Гиччош тов, ала,

Махкана кIант валар –

Сийлахь ду ала.

 

Мамакаев Мохьмада стихотворенех лаьцна дуьйцучу хенахь билгалдаккха дезаш ду уьш цу хенахь зорбанехь араевлла цахилар. Амма цара гойту, ша лаьцна а воллушехь, халкъаца цхьаьна, цуьнан  санна ойланаш поэтан хIетте а хилар.

«Месийн кIайн моха» цIе йолчу шен дийцарехь Мамакаев Мохьмада яздо тIамехь летачеран могIаршкахь бацахь а, цаьрца цхьатерра кхерам а, хало а ловш, доьналлех а, къонахаллех а буьзна болчу зударех лаьцна. Санитарни цIерпошта тIехь дархой иэцна боьлхучу санитарийн аьтту бара шайн догIмаш тIеетачу кеманийн бомбанийн гаьргех лардан, дIаловчкъа. Амма и зударий чевнаш хиллачеран йижарий, наной хилла, оцу кхаа дийнахь-буса царна юххера дIа ца бовлуш севццера.

«…Амма муха гIуртур ву, куьг айбина шен дегIан дола дан таро йоцу дархо кIел а витина, шен са кIелхьара даккха? – боху дийцаран турпалхочо Лидия Андреевнас. Оцу турпалчу зудчун а, цуьнан накостийн-зударийн а къонахалло цецвоккху. «…Хьоме сан вежарий, шу духа а кога хIуьттур ду, шу дуккха а дехар ду, аш царна чIир юьтур яц, дерриге а доькхур ду», – боху цо шен дагахь, дархошка а хьоьжуш. И денош дагадаьхкича: «Суна лаац кхин тIом хуьлийла! Дийначарна машар оьшу!» – мохь тоьххина ала лаьа шена, олу Лидия Андреевнас.

ТIеман шерашна леринчу произведенеш язйинчу яздархошна юкъахь шен къаьсттина меттиг дIалоцуш ю Муталибов Зайндин кхолларалла. Иза доьзна ша яздархо оцу тIеман декъашхо хиларца. Цуьнан кхоллараллехь коьрта хилла йолу тIеман тема евзаш а, гергара а хилла цунна. тасадаларийн соцунгIашкахь кхолладелла цуьнан стихотворенийн могIанаш, дийцарш. Цуьнан турпалхой цо шеггара кхоьллина бац, уьш цуьнан накъостий хилла, вайн иэсехь уьш бисийта – тIеман арахь иэгнарш а,  дийна цIа бирзинарш а – язйина ю цуьнан произведенеш. Царах дукхах дерш дийцаран жанрехь яздина, боккъал а хиллачун бух тIехь яздина долу, цундела уьш очеркан жанрана юххера а ду. Цхьадолчу  дийцаршкахь автора шегара долуш санна яздо, кхечунхьа иза ладогIархо ву, ткъа  вукхунхьа кхечуьнан, шеггара кхоьллинчу цIарах дуьйцу (масала, Абдурахманов Зелимхан «Чов хилла  анкета» дийцарехь). Оцу дийцаршкахь Муталибов Зайндис шен дахаран а, бIаьхаллин а некъ тайп-тайпанчу турпалхойн  цIарах буьйцу.

Муталибов Зайндин дийцарех дийцарш-эпизодаш ала мегар ду. Церан бухе диллинарг – тIеман цхьа кегий хиламаш бу, берриге а цхьаьна вовшахтоьхча боккхачу хиламе, дуккха а халкъийн цхьана кхолламе боьрзуш. Цуьнан турпалхой могIарера тIемалой бу. ХIумма а дац царах хIораммо а тIех турпалла ца гайтарх. Уьш берриге а цхьаъ бу шайн оьздангаллица, цIена хиларца, къонахаллица, Даймахкана а, шен халкъана а тешаме хиларца. Масала, Солтамурадов Желил, тIедеттачу герзашна кIелхула тIемалошна юург-мерг а, тIеман герзаш а  бIаьхошна тIедохьуш хилла волу, оьшучохь мостагIчунна тIелатарехь дакъа а лоцуш («Дуьхьало йоцу Желил» дийцар). Догдика, къинхетаме, амма шен мохк а, хIара ша а сийсазван веанчуьнца дера, майра Ваха («Бенара Иван» дийцар). Я Талаев Iела – кхерам хIун ю ца хуу разведчик. «Полкех Iела тоьлла разведчик лорура, мостагIчун тылехь цуьнан майралла а, каде хилар а доза доцуш ду. Амма тIом боцчохь иза кхечарах къаста ца луш, тийна стаг вара», – дуьйцу автора шен оцу турпалхочух лаьцна.

Шена тIе тидам бохуьйтуш «Шатайпа хилларг»  дийцар: Кхо разведчик – Эдельханов Ширвани, Зелинский Николай, Джаниев Георгий мостагIчун тыле йийсар вало воьду. Хьуьнан хотехь жима ши кIант караво царна. И шиъ велла хуьлу. Ширванис дуьйцу: «Церан яххьаш  дийна йолуш санна хетар. Цхьаннан бIаьргаш  схьабиллина бара. Оцу бIаьргашчохь  суна ца карийра я кхеравалар я лазам, царна чохь суна гира беккъа цхьа гIайгIане бехкбиллар…» ХIокху дийцарехь автора гойту оцу кегийчарна хьалха мел бехке бу баккхийнаш  и къиза тIом балийтарна.

Муталибов Зайндин «БIаьхочун весет» цIе йолчу йоккха йоцчу повестах лаьцна шакъаьстина ала догIу, хIунда аьлча оцу повестехь кхечу шен произведеншкахьчулла  кIорга гайтина автора жимчу стеган-бIаьхочун синхаамаш, цуьнан дахаре болу безам, и лардан иза кийча хилар. ХIокху  повестехь кхечахьчул чIогIа гайтина къоначу бIаьхочун сирлачу ойланийн-синхаамийн а, тIеман  къизаллин а бIостаналла.

Шен турпалхой цхьацца долчу дийцаршкахь беламечу агIор а гайтина Муталибов Зайндис («Фрицаша Юсупан мекхаш муха дешира», «Иван-элефант», «ХIонс хилла худар»). ХIетте а оцу юккъехула автора ца хьулдо тIеман къиза а, ирча а бакъдерг. Шатайпа башхачу хиламашкахь оцу дийцарийн турпалалла гучуялар ларамаза дац, и къонахалла церан хьалххе дуьйна хилла  ца хилча, хIокху я вукху хьелашкахь цIеххьана уьш гучу а евр яцара.

«Дорцана дуьхьал», «Ши некъ» повесташ, иштта вай цIе ца яьхна кхин дийцарш а, стихотворенеш  нохчийн литературехь Муталибов Зайндис йитина мехала кхолларалла ю тIамах лаьцна язйинчу произведенешна юкъахь.  Цуьнан турпалхой ешархойн иэсехь дуккха а ханна буьсу, хIунда аьлча уьш яздархочун фантази а йоцуш билггал хIокху лаьттахь баьхна а, оцу хиламашкахь  дакъалаьцна адамаш хиларна.

Юьйцучу темехь ала догIу Ошаев Халидан тIеман прозех лаьцна. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом гуттар а шен тидамехь латтийна цо. Цо мало йоцуш гулбора беллачех а, дийнабисинчех  болчу тIеман  декъашхойх лаьцна хаамаш. Оцу лехамийн  жамI ду «Даймехкан рыцарь», «Комиссар Имадаев», «Аьчгал а чIогIа», «Иччархочун доьналла», иштта кхин а очеркаш. Дуккха а шерашкахь гулбира  цо Брест-гIан  ларъерхойх вайн махкахойх лаьцна хаамаш. Цуьнан очеркашкахь коьрта го документийн тоьшалла, деккъа бакъдерг бен ца яздар. Цуьнан турпалхой Нурадилов Ханпаша, Идрисов Абухьаьжа, комиссар Имадаев, Висаитов Сакка иштта кхиберш а нохчийн  къоман сий дуьненна а хьалха айбина, вайн тоьлла, оьзда кIентий бу.

Ошаев Халидан дахаран хьунар лара мегар ду цуьнан «Брест-цIеран бIар» цIе  йолу книга (I989 шо), авторна  доьзна ца хиллера и книга зорбане яьлла ган. Эзарнаш документаш, адамийн тоьшаллаш-дагалецамаш, Iедалан урхалчийн дуьхьалонаш, дуьхьалонаш, хиллачу СССР-н дуккха а архивашка гездина некъаш, юх-юха а яздеш, тIедузуш гулйина материалаш, дIаелла могашалла – и дара юьйцучу книгин кхоллаялар.

Виъ бIе гергга вайн махкахо хиллера дуьненан  тIеман исторехь даиманна юьсу йолу Брест-гIан ларъеш. И дерриге а вайна довзийтинарг Ошаев Халид а ву.  Цо юхаметта хIоттийна ши бIе шовзткъа  нохчочун-Брестан турпалхойн цIераш. И книга  бахьанехь елира Россин Турпалхочун цIераш вайн шина махкахочунна.

«Доьналла» цIе йолу книга лакхахь вай хьахийначул диъ шо хьалха зорбатоьхна. Цу тIехь а Ошаев Халида дийцира нохчийн бIаьхойн доьналлех, къонахаллех лаьцна.

ТIеман  темина лерина язйина массо а ала мегар долуш нохчийн яздархоша а, оцу тIеман  цхьаболчу декъашхоша а. Масала, Висаитов Мовлида «Терка тIера Эльби тIе кхаччалц» цIе йолчу документальни повесть тIехь гайтина шен куьйгалли кIел хиллачу бIаьхойн турпалалла. Доккхачу баркаллица,  йовхонца буьйцу цо шеца хиллачу вайн махкахой, Терка тIера Германе кхаччалц бечу тIеман халачу новкъахь  цара гайтина хьуьнарш а.

Сулаев Мохьмадан кIезиг яц тIеман темина язйинарш. Царлахь къаьсттина ала лаьа цуьнан  поэмех «Малх тоьлур бу», «Нохчийн кIант Волги йистехь». Нурадилов Ханпашин васт шайн произведенешкахь гайтина  Матиев Вахас «Мокхазан дог» повестехь, Арсанукаев Шайхи «Кхолламан сизаш» поэмехь, Хамидов Iабдуллас «Лийрбоцурш» драмехь. Вай юьйцучу темина язйина Сулейманов Ахьмада «ДоттагIчуьнга кехат» цIе йолу стихотворени а.

И къиза тIом дIабаьлла кхузткъа гергга шо даьллехь а, Iинца а яздо цунах лаьцна вайн яздархоша. Къаьсттина  ала лаьа цара тIемах лаьцна язйинчех тоьллачех лаьцна.

Ахмадов Мусан цхьамогIа произведенеш: «Кхаа вешех туьйра», «Хьер-м сатесча а хьийзаш яра», «Мохк бегийча», «Сатоссуш, седарчий бовш». Царна юкъахь  къаьсташ ду «Кхаа вешех туьйра» цIе йолу дийцар шен дIахIоттамца а, буьйцучу хиламашца а. Автора ца дуьйцу тIеман буьрса тасадаларш, герзийн лелхарш. Цо еккъа цхьана зудчун ойланашца гайтина тIеман къизалла, бохаме тIаьхье, цо кегбина адамийн кхолламаш.

Яшуркаев Султанан «ЦIен майор» дийцарехь гойту нохчийн кIентийн хала а, декъаза а некъ. Майра а, тешаме а хилла болу уьш, нохчийн халкъана тIехь харц цIе кхолларна, хIаллакьхуьлу хIинццалц шаьш дог дIаделла гIуллакх динчу цIеэскархойн карах. Уьш кхетац и иштта хIунда, стенна ду.

ЦIераш яха лаьа хIокху произведенийн а: Бексултанов М. «Iаьржа бIаьрг», Шайхиев I. «КIадвелла хир ву и салти…», Арсанукаев Ш. «Захар», Сулейманова З. «Хаважи», Амаев В. «Цхьа де», Бисултанов А. «ЙогIу и, къежъелла месаш», Минкаилов Э. «Дагахьбаллам», иштта дIа кхин а…

Нохчийн литературехь оцу  тIеман темина язйина произведенеш кхин яц бохург дац, кхечу яздархойн  произведенеш а ца йийцар. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом нохчийн массо а бохург санна хIусаме  кхаьчна. Нохчаша  цу тIаме дIахьовсийна шайн тоьлла кIентий, цара вайн къоман цIе бех ца йина, мелхо а дуьненна а, йовзийтина Бейбулатов Ирбайханан, Висаитов Мовлдин, Идрисов Абухьаьжин, Нурадилов Ханпашин, иштта кхечеран цIераш… Вайн республикан бахархоша шайн къинхьегамца гIо дора  фронтана бедарш тоьгуш, ялташ кхиош, герзаш арахоьцуш белхаш беш, тIеман  гIишлош югIуш.

СССР-ехь даьхначу къаьмнийн юкъара толам бу фашизмана тIехь баьккхинарг. Цу къаьмнашна юкъахь шайн синош,  догIмаш ца кхоош, мостагIех  летта нохчийн бIаьхьой а. ХIетахь а, хIинца а цу юкъахь нохчаша лаьцна дакъа дIахьулдан гIерташ, къоман  цIе а, сий а дайа  гIиртина цхьа нах. Амма Ошаев Халида, Муталибов Зайндис, Сулаев Мохьмада, Хамидов Iабдуллас, иштта кхечу яздархоша шайн кхоллараллехь  гайтина нохчийн къоман бIаьхоша Даймохк ларбеш даьхна хьуьнарш. ХIинца а, хIокхул тIаьхьа вайн тIейогIучу  тIаьхьенашна хаа деза бийцинчу хиламех лаьцна бакъдерг, цара масал иэца деза вайн къоман турпалхойн.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIамехь леттачийн, иэгначийн цIераш бIаьхаллин гIуллакхаш дицдан ца деза вай. Уьш даим а бехар бу вайн дегнашкахь, церан сий цкъа а довр дац. Царах лаьцна олу хIара дош дерзо лаьа Эдилов Хасмохьмадан  могIанашца:

 

Ирс къуьйсуш веллачун

Сий делахь, Латта!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика