Минкаилов Эльбрус. "Сел сийлахь «юккъера стаг»"

PDFПечатьE-mail

(Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах а ойланаш)

 

 ХIара могIанаш Мамакаев Iаьрбин дахаран а, кхоллараллин а  некъ леррина таллархьама яздина дац ас. Сан Iалашо – цуьнан кхоллараллах, дахарх сайна герга дерг а, мехала  хетарг а къастор ю.

 

Мамакаев Iаьрби, шеко йоццуш, нохчийн  литературехь сирла, цкъа а йоврйоцу лар йитинчу поэтех ву. Иза  кхоллараллин болх бан волавелла  хан – дIадаханчу бIешеран 30–гIа шераш –  вайн литература когаметтахIотта  йолаелла зама  ю. Дуьхьарлерачу вайн поэтийн –  Бадуев СаьIидан, Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Айсханов Шамсуддин, Мамакаев Мохьмадан – зеделлачух пайда а оьцуш, язъян волалуш дуьйна, шен, керла поэзехь некъ лоьхуш хилла Iаьрби, оцу тIехь цуьнан аьтто а хилла. Хьехамийн, кхайкхамийн хилла вайн къона поэзи кIорггера адамийн синхаамаш гайта йолаялар Мамакаев Мохьмадан цIарца доьзна ду. Оцу новкъа – шен шатайпалла  даима алар а еш, схьавеъна Iаьрби. И бахьна ду цунах  бакъволу Поэт винарг а.

Нохчийн  поэзин масех   Лакхе ю,  иштта  ала мегар делахь:                                                                                                                                                                                                         церан цIераш – Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Сулейманов Ахьмад,  Арсанукаев Шайхи ю аьлла тешна ву со. ХIораннан а – шен зама, цуьнца доьзна –  хIораннан поэзин шен–шен башхаллаш…

Мамакаев Мохьмад а, Мамакаев Iаьрби а  вовшашна чIогIа герга хета суна шайн поэзин коьртачу билгалонашца. Хетарехь,  нохчийн поэзехь и шиъ бен вац, шайн произведенешкахь шаьшшиннан кхолламах дуьйцуш, дерриге а вайн халкъан кхолламах  дерг гайтина. Иза уьш бакъ Къонахий хиларца, шаьш баьхначу заманахьлерачу коьртачу хиламашна юкъахь а болуш, оцу хиламийн деза дукъ шайна тIе а эцна, мел хала киртиг тIехIоттарх,  узарш ца деш, яхь дIа ца луш,  шайн сий ца дойуш, дахарехула и шийа чекхваьлла хиларца доьзна ду. Иштта нисделла–кх, кхолламо зиэраш цу шинна сов дукха тIехIиттор, уьш беха зама сел буьрса  хилар …

Мамакаев Мохьмад а, Мамакаев Iаьрби а вовза луучарна хаа дезаш  цхьа хIума бен дац-кха –  оцу  Iалашоне  кхачархьама церан произведенеш леррина еша езар бен…

 

…Мамакаев Iаьрбин поэзи къаьсттина герга ю суна. Цуьнан масех  бахьна ду. Цкъа делахь, кхечарел хьалха евзина суна цуьнан произведенеш. Иттех шо кхаьчна вара со, «Теркан тогIе» цIе йолу поэтан книга сан каракхьачча. ШолгIа делахь, суна хIора дийнахь гуш долу Терк, цуьнан тогIенаш, Теркан рагI яра поэта юьйцуш ерш – поэтан хьоме Лаха–Невре Теркаца хьала иттех километр бен гена яц со кхиъначу Галненна.  Накъосташца цхьаьна лийча я ловза, деций, вежаршций чIерий леца воьдура Терка тIе… РогIехь хилча, жа дажо а воьдура…Хетарехь, ког биллал меттиг ца йисна  оцу тогIенашкахь, со кхачанза. Суна и дерриге Iалам Iаьрбин бIаьргашца гора хIетахь; хIинца а, наггахь бен цига кхочийла ца хуьлу дела, кхузахь, гIалахь, я генарчу меттигашкахь – кхолламо кхоьс–кхоьссинчохь – хьоме юрт дагаеъча, цуьнан васт  даима а тIедузу  сан кхетамехь Iаьрбин стихаша:

 

Ма хаза ю–кха хьо, шера тогIе,

Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча,

Ма хаза ю–кха хьо, Теркан гIайре,

Хьайна тIе баьццара къаж яьлча.

 

ДIо варшахь къоркхокха бека,                                                                                                                               

Мархашлахь кIайн куьйра техка,

Суьйренца чудерза кечлуш…

                     («Сарахь Теркан тогIехь»)

 

Чолхе хIумма а дац хIокху стихашкахь: цкъа бIаьргашна гина сурт, хаздархьама  тIетоьхна цхьа  дош а доцуш, ма–дарра  гайтина цо. Поэт дуьнена тIе валале а, и вехачу заманахь а, хIинца а иштта  ду и сурт. Амма Iаьрбис санна доггаха а, къеггина хIоттийна дац и цхьаммо а…

Iаьрбис  дукхаха йолу шен поэтически произведенеш   къоначу шерашкахь язйина – иштта нисделла–кх. I942 шарахь,  поэтан 24 шо кхаьчначу хенахь, иза лаьцна. Деха дейтта шо даьлла,  кхоллараллин болх бан цуьнан аьтто ца хуьлуш. Юха, паргIато яьлча, цIа а вирзина, шен болх дIаболийнера цо. Амма ницкъ ца биснера – I958 шеран  26 августехь кхелхина иза – поэтан шовзткъа шо  а ца кхаьчнера хIетахь. Амма стеган  – къаьсттина, поэтан – дуьненахь яьккхинчу хенаца ца къастайо мехалла, и дан кхиъначу гIуллакхашца…

Къоналла  тайп–тайпачу сирлачу синхаамийн, къаьсттина, безаман хан ю, ткъа кIорггерачу ойланийн хан тIаьхьо йогIу. ХIораммо а шен безамах, езаеллачуьнга  сатийсарх  ала тарлуш хета хIара поэтан дешнаш:

 

Буьйса ю башха,

Цхьаьна лаьтта вайша.

Терк лепош, беттан

И сурт гой хьуна?

 

Иштта хьо, хазниг,

Сан даг чу хьаьжча,

Куьзган чохь санна,

Хьуо гур яра хьуна!

          («Буьйса ю башха…»)

 

ХIокху стихотворенехь безамах цхьа кIеда–мерза дуьйцу поэта. Безам цхьа сирла бу, ломах ша бухдолучохь шовда санна,  хетарехь, хIеттахь кхоллабелла, зиэрашкахула чекхбаланза… Безам цабезаме а боьрзу атта –  дахарехь иштта а нисло–кх:

 

Нагахь сан амалца

Дог шийла хьо хилахь,

Езначу суна хьо

Ца еза а хуур ду!

           («Ч. М.–не»)

 

… Шен  безамах йолчу стихашкахь  коьртачу  декъехь дIасакъастарех   дуьйцу  Iаьрбис – иза го вайна «Баркалла хьуна», «ХIумма а дац, и цатам…», «ХIинццалц лечкъийнарг нахах…», «Майе» цIераш йолчу а, цхьацца кхечарна тIехь а. Чекхъяланза йисинчу «Лар ца дина ирс» поэмехь ю изза тема. Лаамца а, лаамза а алсам хиллачух тера ду–кх уьш поэтан дахарехь…

Иштта ду адамийн дахар, вовшехкхетареххий, дIасакъастареххий лаьтташ. Коьртаниг – тешам цабар, ирсах дог ца диллар ду–кх. I957 шарахь яздина  ду поэта хIара могIанаш:

 

Стаг кхолург – и стаг бакъ

Хилар ду хьуна,

Бакъ хила Iамалахь,

Йоккхаеш, йоьлуш.

Сайга а харц цалер

Луур ду суна –

Ша–шех дог ца кхаьрдарг

Даим ву тоьлаш.

 

IиндагIаш дахделла

Акхтаргийн диттийн,

Сайний бен, кхечунна

Хьо гарна кхоьруш,

Лаьтта со тогIи чохь,

Теркан хийистехь,

Хьо йогIур ю моьттуш,

Миноташ лоьруш.

                     («ЙоIе»)

 

…Нохчийн лирика Iаьрбин поэзи тIера йолалуш ю аьлла, тешна ву со даима а. Дуьххьара оцу тайпана произведенеш цо язйина я ца язйина – и бен–башха а дац. Юкъахь алархьама аьлла  цхьа дош а доцуш, дуккхаза а хIораммо а дийцинчу дешнашца буьйцу цо безам. Хеталу аттала кхузахь поэтан кIорггера говзалла ю…

 

… Ас хьалха, волалуш, къастийра  Мамакаев Iаьрбин Iаламах йолу стихаш. Цу хенахь, тешна–а,  даима  хилла а, хир ду а  моьттура цунна и исбаьхьа Iалам шен  бIаьргашна хьалха. Амма кхолламо кхин кховдийра – махках валар, вайн дерриге а халкъал хьалха, геналлехь хан такхар. Ткъа ишттачу хьолехь гуттар а ирло, чIагIло  кхетаме хилча дуьйна даг чохь болу Даймахке безам:

 

Ирхенаш,

Охьаненаш,

Шера некъ нислуш,

Яьккхинчу заманан

Моьнаш ду дегIехь, –

Доьддушехь, олхазар

ГIорочу шелехь,

ГIамар тIехь хIоаш а

Доттучу йовхехь

Лелаш со, экханна

Толлучохь вицлуш,

Адамо хьаязчу

Хьаннашкахь сирлуш,

Дог дара, Кавказ, хьо

Ган даим сихлуш!

                    («Кавказан латта»)

 

Стаг шен Даймахкахь ваха веза, цхьанне а бакъо яц иза цунах ваккха,  хераллехь иза ирсе хуьлийла дац – и маьIна ду оцу а, ткъа  иштта «Кавказе маршалла» цIе йолчу а вай цIадирзинчул тIаьхьа язйинчу  стихотворенийн. Оцу тайпана произведенеш  Iаьрбин а, кхечу нохчийн поэтийн (масала, Мамакаев Мохьмадан) хилла ца Iа – вайн халкъ санна, махках даьхна хиллачу кхечу къаьмнийн  поэзехь а ю уьш – балкхархочун Кулиев Кайсынан, гIалмакхочун Кугультинов Давидан, кхечеран а… 

 

Ерриге а нохчийн поэзехь дикачех цхьаъ хеташ ю суна I957 шарахь Iаьрбис язйина «Даге» стихотворени. Цу тIехь поэтан кхоллам, цуьнан дахаран некъ бевза йоьшучунна – иза цхьа чкъор ду, ткъа шолгIаниг – поэзех а, поэтан балхах а йолу авторан ойланаш. Шен дахаран а, кхоллараллин а жамI до  поэта, шатайпа весет до тIаьхьа буьсучаьрга. Хетарехь, хIинццалц поэтан дахарх а, кхоллараллех а язбинчу массо  Iилманан белхийн чулацам, уьш дерриге  вовшахтоьхча а, хIокху кIоргалле ца кхочу:

 

Яздан ницкъ боллушехь,

Ца яздеш дисна,

Дагахь  дерг дIаяздан

Таро ца хилла,

Безаман алонна

Хьо юьстах тилла,

Лаамца,

Лаамза

Некъаш тIе дийлла.

Кхолламо гамдинарг

Ницкъ боцуш нисдан,

Хиллачу гIелонна

Хьо кIел ма дислахь!

 

Ткъа поэзех дерг аьлча, хIара дешнаш ду–кх массо а поэт ву ша бохучо дагахь латто дезарш:

 

Цкъа ца леш висна вац

Цхьа а стаг лаьттахь,

Сохьтан сий ца лоьхуш,

Халкъана язде.

Иллица ирсехьа

Къахьегар дазде.

Хилийта безаман

Беркат хьайн хьаьттахь –

Хи  гIур ду,

ТIулгаш ду

Дуьсу дерш меттахь.

 

ХIорш а ду, ткъа иштта Мамакаев Мохьмада вайн литература когахIуттучу шерашкахь шен «Пондар» стихотворенехь яздинарш а ду…

 

… Мамакаев Iаьрбин стихаш йоьшуш, таханлерачу дийнаца ца догIуш,  коммунистически идеологин  цхьацца  тIечIагIдарш нисло, граждански лирикехь хьовха, безамах йолчарна а юкъахь. Шен цхьана стихотворенехь поэта ма–аллара, «зезагашна юккъе а баI болу аьлча, и бакъ ца моьттура – баккъа-м хиллера». Делахь а, цу хIуманах нийса кхета веза, и зама мелла а йовза еза – тIаккха дерриге а шен–шен меттиге дIахIутту.

Поэт ваьхна зама – адмашна тIехь дуьненан исторехь уггаре а доккха  зиэр хIоттош хилла зама ю. Керла юкъаралла, керла стаг кхолла, массо а ирсе ван Iалашо ю шайн бохучу коммунистийн идеологино бIаьрзе вора стаг. Iаьрби санна, оцу идеологих тешна нах, шайна тIехь таIзарш дича а, юха ца бовлура. Царна шаьш билггала тиладелла олий а хеталора, парти  бехкеян ойла а ца кхоллалора – цхьацца бехке хир ву, амма Бакъдерг мацца кхаьчна а, тIекхочур ду бохучу дегайовхонца  бахара уьш.

Оцу хIуманах кхета  дуьххьара  дас дира суна гIо –  I939  шеран  I–чу майхь Ростоверчу набахтин массо а камершкара схьахезаш «Интернационал» яра,  аьлла дийцира  цо. Иза ша а хиллера  оцу хенахь цу чохь… 

 

Дуккха а шерашкахь университетехь нохчийн литература хьоьхуш ву со. Деша дIахIуьттучу хенахь школашкара схьадаьхкинчу бераша Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах а дуьйцуш, хIинца дашна бохуш а доцуш, дог лаза долура, ма гена ду–кх кхарна хьехнарг а, бакъдерг а олий, ойла кхоллалора. Амма школашкахь Iамош дерг  дахарехь долчунна гена хилар хьехархойн а, учебникийн авторийн а болх ледара хилар хилла ца Iара. Дийца мега долчуьнан барам Iедало къастош бара, ткъа Iедалца къийса ницкъ цхьаннен а бацара хIетахь… 

ХIинца, и Iедал а, цуьнан идеологи а йоьхна итт шо а сов хан яьлла, ткъа  керла Iилманан белхаш чIогIа кIезиг бу, Мамакаев Iаьрбех хьовха, массо нохчийн яздархойх а. ХIора яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъ талларна тIера вайн литературин истори кхолларна тIекхача дезаш ду вай…                                                                                                                                                       Леррина юха талла езаш дукхах йолу  Мамакаев Iаьрбин произведенеш а, къаьсттина, «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. Паччахьан заманахьлерчу халчу дахарх, Iадаташна дуьхьал и язйина ю бохучунна тIера дIа а девлла, Шота Руставелин «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал»,

Низамин «Хосров и Ширин», Навоин «Фархад и Ширин» поэмийн, Европан къаьмнийн литературашкахь йолчу Ромеон, Джульеттин, кхечу царех терачу безамах йолчу сюжеташца юстуш талла хьакъ ю  аьлла хета суна АслагIин, Селехьатан безамах йолу сюжет…                

 Иштта,  керлачу хьажарца талла езаш ю цуьнан «Винчу юьрта» повесть а.

 

Мамакаев Iаьрби, шеко йоццуш, доккха похIма долуш, говза яздархо хилла, лакхахь ас къаста ма дарра, бакъ Къонах а. Шех–м цо иштта деза а ца аьлла:

 

Сан лекхий,

Я лохий

Хила ца деза.

Юккъера стаг ву со,

Хьан Iинчохь кхиъна…

 

Ма сийлахь ву–кх иштта «юккъера стаг»!

                                                                                                         

                                                       2003 шо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика