Минкаилов Эльбрус. "Мамакаев Iаьрбин поэзин строфика"

PDFПечатьE-mail

Нохчийн  поэзин йозанан истори дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь  йолало. Строфа фольклорехь а йолуш ю, масала, турпалалин иллешкахь. Хууш ма хиллара, иллийн строфа могIанийн билггала цхьана могIанех лаьтташ яц, хIунда аьлча, иллешкахь рифма йоцу дела.  Иллеш олучо соцунгIа йо са даIархьама, и соцунгIа пондаран мукъамца юзу. Мелла а кхин хьал гучудолу вайна мехкарийн эшаршкахь – церан строфа даима а бохург санна беа могIанах лаьтташ ю. Беа могIанах лаьтташ ю назманийн строфа а, рифма а аааб а йолуш.

 

 

Нохчийн йозанан поэзи кхоллалуш, хууш ма хиллара, барта кхоллараллин зеделлачух пайдаэцна вайн дьуххьарлерачу яздархоша. Церан стихаш я билггала цхьана кепара строфа йоцуш (астрофични), я беа могIанах латташ йолу строфах лаьтташ ю. И къеггина гучудолу Бадуев СаьIидан, Нажаев Ахьмадан, Айсханов Шамсуддин кхоллараллехь. Амма 20-гIа шераш  чекхдовлуш – 30-гIа шераш дуьйлалуш нохчийн литературана  юкъабаьхкинчу поэташна тоам ца хуьлу оцу кепех, цара керланиш лоьху, кара а ерзайо. Къаьсттина и гучудолу Мамакаев Iаьрбин (I9I8-I958шш.) поэзехь. И язъян  волало 30-чу шерийн шолгIачу эхенгахь, поэзи мелла а когахIоьттинчу хенахь. Фольклоран литературана болу теIаткъам мелла а алсам бара оцу шерашкахь,  амма оьрсийн литературан зеделлачух а шуьйра пайда оьцура. Масала, хьовсур вай хIокху стихотворенига:

 

I) Иэхь ма хета, хазчу бешахь

2) Iийча хIну ду вайша цхьа?

 

 3) Иштта оьзда хиъна Iечохь

4) Даго дерриг дуьйцу схьа.

                         («Цхьана йоIе», I939 шо)

 

Шеко йоццуш ду, и кеп оьрсийн литературера  схьаэцна  хилар. Дагаяийта А. Пушкинан «Iаьнан суьре» цIе йолу стихотворени:

 

I) Буря мглою небо кроет,

2) Вихри снежные крутя,

3) То, как зверь, она завоет,

4) То заплачет, как дитя.

 

И строфа беа могIанах лаьтташ ю, абаб рифма а йолуш. I-чуй, 3-чуй могIанашкахь 8 дешдакъа ду, 2-чуй. 4-чуй могIанашкахь  – 7.

Тохарш массо дешнашкахь а I-3-5-7 дешдакъошна тIехь  нисло. Гуш ма хиллара, изза хьесапаш ду вай лакхахь ялийначу Мамакаев Iаьрбин  стихотворенехь а (еастопан хорей).

Беа могIанах лаьтташ йолу строфа  цуьнан стихотворенешкахь  сих-сиха дуьхьалкхета:

 

I)        БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,

2)       Iуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,

3)       Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна

4)       Там хилла маьлхан де го суна тахна.

(«Даймохк»)

 

Амма  II-I2 дешдекъах лаьттащ болу могIанаш цо тIаьхьа-тIаьхьа  мелла а кегийрачу дакъошка доькъу, ма дарра аьлча, 4-7 могIанах лаьтта строфа 8-I7 могIанца дIаязйо. И бахьанехь  строфан масех керла кеп кхоллало цуьнан поэзехь. Масала, хьовсур вай «Суьйренан ойланаш» цIе йолчу стихотворенига:

 

I)        Хиллачийн,

2)       Хиндолчийн

3)       Генарчу дийнахь,

4)       Суьренца ойлаеш,

5)       Лела со бешахь,

6)       Цхьадолчу сурташа

7)       Дог Iийжош,

8)       Вукхара

9)       Къежадо

I0)     Сан бIаьрган диэла.

 

ХIинца изза стихотворени беа могIанца дIаязъер вай:

 

I) Хиллачийн, хиндолчийн генарчу дийнахь,

2) Суьйренца ойлаеш, лела со бешахь,

3) Цхьадолчу сурташа дог Iийжош,

4) Вукхара къежадо сан бIаьргаш дела.

 

Вайна ма-гарра, оцу строфан керла кеп ю поэта йозанехь пайдаэцнарг. Керлачу яздарехь соцунгIанаш ян еза меттигаш мелла а шера гуш ю, йоьшучунна къасто хала а яц уьш. Хьалхара ши могIа цхьацца дашах лаьтташ бу (хиллачийн. хиндолчийн). И ши дош цхьана къамелан дакъош а ду (цIердешнаш), вовшашца рифма йолуш а ду. Цу тайпанчу рифманах чоьхьара рифма олу, и ца хилча а мегаш ду, амма и хиларо кхин а тодо стихан екар, цуьнан ритмика. Кхин цхьа стихотворенига а хьовсур вай («Кавказе маршалла»):

 

I) Лаамзий

2) Лаамций

3)  Со лелла некъаш,

4)  Заманан йохалла

5)  Шу марша Iойла!

6)  Дагарий

    7)  Дегазий

8)  Дезнехь а техкаш

9) Ваха, сан вахаран

I0) Цхьайолчу хенахь –

II) (КIант велахь яхь йоцуш,

I2)   хан йоцуш лойла) –

I3) Кавказ, со хьан вара,

I4) Хиларх мел генахь!

I5) Сан лекхий,

I6) Я лохий

I7) Хила ца деза.

 

Изза стихотворени дIаязъер вай I2 дешдекъах лаьттачу могIанашца:

 

I) Лаамзий, лаамций со лелла некъаш.

2) Заманан йохалла шу марша Iойла!

3) Дагарий, дегазий дезнехь а техкаш

4) Ваха сан, вахаран цхьайолчу хенахь –

5) (КIант велахь яхь йоцуш, хан йоцуш лойла) –

6) Кавказ, со хьан вара, хиларх мел генахь!

7) Сан лекхий, я лохий хила ца деза.

 

И строфа чолхе рифмийн кеп а йолуш, 7 могIанах лаьтташ ю. I7 могIане екъна и поэта. Хьалха вай хьахийна чоьхьара рифма кхин а шуьйра юкъаялийна кхузахь (лаамзий – лаамций, дагарий – дегазий, сан лекхий – я лохий).

Беа могIанах лаьтта строфа нийсса шозза йоккха нисйо Мамакаев Iаьрбис шен шуьйра евзаш йолчу «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолчу поэмехь:

 

I) Кхолламо дай, дедай

2) ХIетахь ца хьистина,

3) Вон хьоьгуш, диканна

4) Цара дог ца диллина.

5) Маьршачу нохчочо,

6) Къиза ницкъ тIетеIарх,

7) Иэхье къурд аьлла дац,

8) ГIорасиз ша висарх!

 

Йозанехь иштта дIаязйина елахь а, ша строфа беа могIанах лаьтташ ю, шалха рифма а йолуш (I-2, 3-4, 5-6, 7-8 могIанаш цхьаьна ду). Цу тайпа строфа чIогIа яьржина ю вайн поэзехь, массо а поэто бохург санна пайда оьцу цунах. Къаьсттина поэзин яккхийрачу жанрийн произведенеш кхуллуш.

Мамакаев Iаьрбин поэзехь строфан кхечу тайпана варианташ а карайо вайна. Масала, беа могIанан строфа «Суьйренан ойланаш» стихотворенехь I0 могIанца язйина ю, «ХIумма а дац...» – II-ца, ткъа «Даге» стихотворенин 6 могIнах лаьтга строфа I3 могIанца язйина ю, иштта дIа кхин а.

Гуш ма хиллара, нохчийн поэзи когахIуттучу хенахь а, йолчу кепех тоам бина ца Iаш, лехамийн новкъахь хилла вайн поэташ. Кхечу литературашкахь йолу строфа юкъаялийна ца Iаш, оцу хенахь шайн лехамашца керлачунна тIекхача таро а хилла церан. Мамакаев Iаьрбин  кхолларалла – цуьнан  къеггина  масал а ду.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика