Минкаилов Эльбрус.Талламхочун а, тешан а бІаьргашца

PDFПечатьE-mail

Ошаев Халидан а, Муталибов Зайндин а прозехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман темин хьокъехь

 Бинчу некъан исторически хьесап дайтина ца Іаш, хиндолчунна маьІна а доккхуьйту искусство. «Адам а, тІом а» проблема хила а хилла, хилла юьсуш а ю, дуьззина схьаэцча, кхузаманан дуьненахь а, кхузаманан литературин процессехь а уггаре а жоьпаллечух. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман шерашкахь литературан а, искусствон а гІуллакххоша, журналисташа шайн меттиг дІалецира Даймохк ларбархойн бІаьхаллин могІарехь. Церан кхолларалло, цхьамзанца нисйинчу, бІаьхой а, тылан къинхьегамхой а ир-кара хІиттабора мостагІчунна дуьхьал дІахьочу сийлахьчу а, нийсонан а тІамна, чІагІбора Толам хирг хиларе болу тешам.

Сийлахь-боккха Толам баьккхинчул тІаьхьа а кхузткъа сов шо даьллехь а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман исбаьхьаллин а, документальни а йозан тоьшаллаш тахана а вайн синан мах хадийна цаваллал хьал а ду, оьздангаллехь кхетош-кхиоран тешам боллу гІирс а бу. ДІадаханчу бІешеран 60–80-чуй шерашкахь оьрсийн литературехь паргІатдаккхаран тІеман оьмарехь юкъаралла тІеттІа кхиаран мехала мур санна исторически кІорггера гарца билгал яра М.Шолоховн, Ю.Бондаревн, Г.Марковн, К.Симоновн, А.Чаковскийн, М.Алексеевн, И.Стадюкан, Ф.Абрамовн, цхьамогІа кхечеран говзарш. Оьрсийн яздархоша а, СССР-н хиллачу кхечу республикийн литераторша а (В.Быков, О.Гончар, Й.Авижюс, И.Шамякин, А.Адамович, Ч.Айтматов, А.Кешоков, И.Чигринов, кхиберш), историна кІоргене хьоьжуш, диц ца дора таханлера денош а, и дарца кІаргдора оьмар (эпоха) йовзар. Цул сов, адам а, юкъаралла а йовзийтаран оцу агІоно гІодора шен заманан а, ткъа иштта тІеман генна дІадаханчу денойн а оптимистически идейш мелла а юьззина гайта. 

 

70–80-чу шерашкахь жигарделира турпалаллин хьокъехь дийцар. ТІеман хьокъехь йолчу литературехь истори таханлерчу денца цхьаьнуьйш санна хуьлура иза, цу заманан муьрехь а мехала долу гІуллакхаш яздархошна айъа хаар бахьана долуш: заманна а, юкъараллина а хьалха долу стеган жоьпалла, дахарехь цхьа агІо лацаран оьздангаллин-эхь-бехканан проблемаш, оьздангаллин агІор мела хиларца къийсам латтор. Уьш а, кхийолу а проблемаш турпалаллин тасадаларийн ханна леринчу романашкахь а, повесташкахь а, дийцаршкахь а йийцаре йина Іаш яцара. Мах хадийна цаваллал зеделларг дохьу шайца дІадаханчун а, карахьдолчун а, хиндолчун а цхьаалла шайгахь хаалучу киншкаша. ДІадаханчу бІешеран 50-чу шерашкахь дуьйна къаьсттина жигара кхолла йолийра исторически боккха мур юкъалоцуш хиларца билгал йолу говзарш. Царах ду М.Шолоховн «Судьба человека» дийцар, Ю.Бондаревн «Берег», «Выбор» романаш, А.Ивановн «Вечный зов», И.Шамякинан «Возьму твою боль» романаш, В.Быковн «Обелиск», «Волчья стая» повесташ, дуккха а кхийолу говзарш.

СССР-н халкъийн дукха  къаьмнийн литературан цхьа дакъа долчу нохчийн литературехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман тема юкъаяьлла тІом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна прозаикийн, поэтийн, драматургийн дукхахйолчу говзаршкахь, иза хІинца а гайта ма-еззара гайтина яцахь а. Тхуна хетарехь, цуьнан вайх дозуш долу а, доцу а дуккха а бахьанаш хилла. Яздархой документальни говзарш язъярна тІебирзина хилла, коьрта тидам очеркаш язъярна  тІе а бохуьйтуш. Дера, документальни жанрийн шайн тоьлла агІонаш ма ю, амма вайн хьолехь оцо тІедалийна дукхахйолу говзарш масех стагах лаьцна язъярна – Нурадилов Ханпашех а, Мазаев Маташах а, шуьйра вевзашволчу кхин а шина-кхаа тІеман дакъалацархочух а ю уьш. Дера, уьш хьакъ ма бу шайх лаьцна язъян. Хетарехь, вайн яздархой  цкъа дийцина Іийр бац царах лаьцна. Амма цара царах лаьцна дуьйцур ду кхоллаеллачу стереотипа тІера дІа а бевлла, исбаьхьаллин мелла а лакхарчу тІегІанехь. Вайн яздархой халкъана хьалха декхар бу –  халкъан хьуьнар, бІаьхойн а, тылан къинхьегамхойн а йоккха турпалалла, цхьаццаболу юьхькІаме боцу хиламаш, хІеттахь хилла болу, ала дашна, тІеман хьокъехь долу дерриге а бакъдерг, иза оьшуш хилар даима хаалуш ду, къаьсттина къоначу чкъурана – хІинца а хьакъ ма-дду гайтина дац вайн тІаьххьарчу иттаннаш шерийн исбаьхьаллин литературехь.

Нохчийн литературехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман хьокъехь йолу говзарш язйина тайп-тайпанчу чкъурах болчу яздархоша: Х.Ошаевс, М.Мусаевс, З.Муталибовс, М.Мамакаевс, М.Ахмадовс, М.Бексултановс, ткъа иштта журналисташа Б.Чалаевс, В.Матиевс, цхьамогІа кхечара. Кху статьяхь вай хьахо гІоьртина Х.Ошаевн а, З.Муталибовн а прозехь язйина коьрта говзарш (дийцарш, повесташ). Гайта гІоьртина церан башхалла, исбаьхьаллин шатайпаналла, тІеман хьокъехь йолчу литературехь цара дІалоцу меттиг а, лелошдолу маьІна а. Цу тІе билгалдаккха деза оцу яздархоша шайн говзарш тайп-тайпанчу баххашна, тоьшаллашна тІетийжаш кхоьллина хилар. Х.Ошаев, коьртачу декъана, талламхо хилла. Цо тІеман а, цуьнан дакъалацархойн а хьокъехь болу хаамаш жим-жима гулбеш къахьегна архивашкахь, ткъа иштта дІаязбина т1еман дакъалацархойн дагалецамаш. Ткъа З.Муталибов ша тІеман дакъалацархо хилла ву. Цундела шен дукхахйолчу говзаршкахь цо яздина дуьххьалдІа ша дакъа а лоцуш хиллачу хиламех лаьцна.

ХІаъ, тІаьхьарчу шерашкахь дуккха а хІума хийцаделла. Йоьхна Советийн Союз, дІаяьлла коммунистийн идеологи. Литературехь а, Іилманехь а санна, хІинца алсамбевлла тІаме болу кхин хьежамаш. Делахь  а вай тІетийжа Х.Ошаев а, З.Муталибов а цу заманашкахь ваьхна а, кхоллараллехь къахьегна а хиларна, делахь-хІета, лаахь а ца лаахь а, оцу шерийн идеологин доктринийн Іаткъамна кІел хилла а хиларна. Цундела цара динчун нийса мах хадо гІиртина тхо. ХІунда аьлча иза истори ю, ткъа иза ша хилларг ю-кх.

 

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман хьокъехь Х.Ошаевн исбаьхьаллин-документальни проза.

 

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман тематико гІодина кхузаманан литературехь документальни дийцарийн тайп-тайпана кепаш юкъаялор сихдарна. «Документальни» билгалонца йолчу киншкаша, пьесаша, сценареша»... тІехьа теттича санна хета, шеко йоццуш бакъдерг хиларан хьокъехь тоьшалла деш йолу, повесть, дневник, очерк, мемуараш, биографи, пьеса санна йолу тайп-тайпана жанраш юкъалоцуш йолу литературан керлачу кепех йолу, чІогІа эпитет йоцу кхиерш» (Янская И, Кардин В. Бакъдолчун дозанаш. М. – 1981., агІо 407). «Документальни литературан, исбаьхьаллин кхоллараллин кхин цхьаьна а кепан йоцчу тайпана йоккха таро ю информаци яла, оцу я вукху хиламах кхето, маьІна даккха, оццу хенахь фантазина а, суртхІотторна а меттиг юьсуш. Царна меттиг йисина ца Іаш, уьш юкъаозайо мехала практически декхарш кхочушдарна. Царах тІаьххьарниг дац дахар-Іерехь оьздангаллин барам чІагІбар. Бакъдолчунна, дерриге а бакъдолчарна, хьалха майрра хилар – уггаре а кІезигниг ду-кх тахана, документальни олучу литературера лоьхург. Адаме болчу цІеначу безамо лоьху стеган хьокъехь дерриге а бакъдерг дийцар. Цундела реалистически искусство бен ма-дарра ца гойту гуманистически тешар», – билгалдоккху Л.Финка (Финк Л. Лазам хийра ца хуьлу… –«Дружба народов». 1980, №5, агІо 222).

Документальни прозин амалехь ду талламбар.

Документо яздархочуннна гІодо историн хиламашца а, дІадаханчун бакъдолчаьрца а дузуш кхузаманан проблемийн хьесапдан. Цу тІе кхузаманан документальни проза мелла а алсам тІегІерташ ю Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман эпизодаш еккъа гайтина ца Іаш, заманан философи, адман а, халкъан а кхолламаш ма-хуьллу шуьйра гайтарна, тІеман суьрташ юхакхолларехь психологически анализ ярна. Исбаьхьаллин гІирс хилла лаьттачу документаша яздархочун идейно-эстетически ойланах доккха тешар ло: цуьнах пайдаоьцу суртхІотторан-дийцаран гІирсах а, юха иза говзаран бухе диллина а хуьлу. Говзаран исбаьхьаллин агІонна юкъадалийна долу документ – иза автора лоцучу идейни агІонан гайтам а бу, иза дІакхоьхьу гІирс а бу. Юкъ-кара цара гІодо маьІнаш даха, эмоциональни тІеІаткъам бан. ТІаккха ешархочо документальни киншка тІеоьцу, исбаьхьаллин говзар санна.

Сийлахь-боккхачу Даймекхан тІеман темане даима а хьашто йолуш вара нохчийн яздархо Х.Ошаев. Дуккха а шерашкахь цо хаамаш гулбира кхелхинчу а, дийначу а тІеман дакъалацархойх – вайн махкахойх. Оцу белхан жамІаш хилира цуьнан «Даймехкан къонаха», «Комиссар Имадаев», «Болатал чІогІа», «Иччархочун къонахалла», «Ламанан лечанаш», кхийолу а очеркаш. Дуккха а шераш дІаделира цо Нохч-ГІалгІайчуьра эскаре кхайкхина болчу Брест-гІап ларъярхойн хьокъехь материалаш лахарна. 1985-чу шарахь араяьлла йолу «Стойкость» киншка, ерриге а тІамна лерина йолу, дуьххьарлера киншка ю авторан. Цунах лаьцна тІаьхьуо эр ду вай. Жанрийн агІонгахьара Х.Ошаевн говзарш коьртачу декъана цхьатайпана ю – уьш очеркаш ю. Очеркехь документальность а, бакъдерг а, шуьйрачу маьІнехь кхетийча, жанран ца хилча йиш йоцу агІо ю. Очеркехь хІоттийначу суьрто галдаккха ца деза гушдерг, авторо диллина сурт ешархочо, шен бухехь документ долу бакъдерг санна, тІеэцар гал ца даккхархьама.

«Даймехкан къонах» очерк Советски Союзан Турпалхочунна, майрачу пулеметчикна, бІаьхаллин хьуьнаршца шен цІе ленйоцуш йинчу Нурадилов Ханпашина лерина ю. ТІеман шерашкахь цуьнан хьокъехь стихаш кхуллура, очеркаш язйора. Цунна лерина яра М.Сулаевн «Малх тоьлар бу», Н.Сергеевн «Солнце в крови» поэмаш. 60–80-чуй шерашкахь, лакхахь хьахийна йолчу Х.Ошаевн очеркал совнаха, цунах лаьцна «Ламанан леча» повесть язйина Б.Чалаевс, «Мокхазан дог» повесть язйина В.Матиевс, «Лийрбоцурш» турпалаллин драма язйина І-Хь.Хамидовс. Х.Ошаевн очерк 1967-чу шарахь араяьлла. Делахь-хІета, цул хьалха язйинарш а бу. Амма цуьнан очерк оцу говзарийн могІарехь къаьсттина меттиг дІалоцуш ю, тІеман темица авторан ша тайпа юкъаметтиг хиларна. Цуьнан говзарийн коьрта билггало ю бакъдолчунна тІаьхьа вазар. СуртхІотторах наггахь бен пайда ца оьцуш – къамел юкъадалош, турпалхойн ойланаш йовзуьйтуш, цхьайолу эпизодаш гойтуш. Х.Ошаевс шена хьалха проблема хІоттийра – дуьненчу ваьллачул тІаьхьа турпалаллийца кхалхаре кхаччалц болу Нурадиловн дахаран некъан хьокъехь говзар кхоллар. Цо пайдаоьцу Ханпаша вевзаш хиллачу адамийн тоьшаллех, кехатех, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман исторехула долчу хьостанех. Шен турпалхочун, билггалчу стеган васт кхуллуш яздархочо цуьнца шецца доьзначуьнгахь билгалдоккху кхечуьнца хуьлуш дерг. «Цкъа мацах Ширачу Желтойчоьнан масех гІала хилла сийлахь Гомер шайн-шайн ву ала бакъо къуьйсуш. Дагестан Нурадилов Ханпаша шен турпалхо лоруш ю: иза Дагестанерчу цхьана юьртахь вина ву. Нохч-ГІалгІайн халкъ дозалла деш ду шен кІантах. Нийса хир ду Ханпаша вайн советийн Даймехкан кІант лерича.

Доца, Іаламат доца хилла жимчу стеган – Ханпашин дахар. ХІетте  а цуьнан цІе бІешерашкахь лепар ю советски стеган хастаман а, бІаьхаллин лаккхарчу хьуьнаран а масал санна» (Ошаев Халид. Б1аьсте. Грозный, 1969, агІо 46).

Яздархочо очерк дІайолайо нохчийн тайпанан – аьккхойн хьокъехь боцца хаам барца. Оцу тайпанан векал хилла Ханпаша. Цо дуьйцу Граждански тІеман хиламех лаьцна а. Оцу тІеман дакъалацархой хилла хинволчу турпалхочун да Нурадил а, нана ГІизаргІ а. 20-чу бІешерийн чаккхенехь иза шен баккхийчу вежаршца Хункарпашица а, Мухтарпашица а цхьаьна байлахь вуьйсу.

Церан де-ненан метта дІахІитта лууш адамаш хиллехь а, кІентий сиха баккхий хилира, шайн гІуллакх шаьш деш. Х.Ошаевс Ханпаша вовзуьйту «Харцахьара, хІайтъяьлла, хІума чІогІа марзлуш волу кІант» санна. Мина-Тогайрчу деа шеран ишколехь дешар, берийн ловзарш, Граждански тІеман хьокъехь фильмаш, халкъан турпалхойх лаьцна иллеш – и бар-кха цуьнгахь а, цуьнан нийсархошкахь а Даймахке безам кхоьллина а, чІагІйина а болу эхь-бехкенан бух. Дукха хан ялале и ойланаш зиэр тІе а дуьйжира цунна а, цуьнан нийсархошна а.

ГІулчана тІаьхьа гІулч йоккхуш яздархочо тергалбо шен турпалхочун некъ: къинхьегаман некъан юьхь, дуккха а къаьмнех йолчу белхан коллективера дахар, «дайн бенахь шена готта хетча» эскаре вахар.

1940-чу шеран 10-гІа октябрь – 1942-чу шеран 1-ра сентябрь... Ерриге а ши шо гергга хан. Амма оцу хено шена чу хуьйдина цул хьалха дІадаханчу верхІийтта шаро хуьйдинчул алсам хиламаш... БІаьхаллин говзалла караерзор, эскарехь гІуллакхдарехь дуьххьара нисъелла халонаш эшор. Уьш эшоро гІодира цунна ша дийнна къоман цхьа дакъа хилар хаадалийта. Хьалхарчу кхиамех воккхавевер. Юха – тІом...

Х.Ошаев шен турпалхо (идеализировать) массарал тоьлла ван, шеца цхьа а ант доцуш ван ца гІерта. Ханпаша кура а, сонта а вац. Кхиберш санна ву. Жимма тамашийна хеталуш ву. Шен халонаш ю цуьнан а. Делахь а эскарехь долчу накъосталлин хьолехь цо уьш кхиамца эшайо. Колесников Степана а, орамца ленинградхо волчу, шеца кхуьнан «дош ца олу доттагІалла» долчо, лейтенанта Девитта а, комиссара Брикела а – цара массара а гІодира Ханпаша ша верг хилла дІахІоттарна, хІорамма а шен-шен кепара. Ханпашина даима а хаало винчу махкаца йолу цІийн зІе. Цигара кехаташ кхочу цуьнга гергарчаьргара а, цхьаьна болх бинчу накъосташкара а, тІехьийзачу йоІера Яхера а. ДІаболабеллачу тІамехь, ша миччахь а тІом беш хиларх – Украинехь, Россехь – цунна даима а ша шен Даймохк, ша вина мохк ларбеш ву аьлла хетара. Оцу мехкан дакъа лорура цо даима ша а.

Х.Ошаевс шуьйрра сурт хІоттадо тІеман юьххьехь хиллачу муьран, вуно халачу, буьрсачу тІемашца, юхадовла дезаро язйинчу ойланашца билгал хилла болчу. ЧІогІа хала ловра эшамаш Ханпашас а, кхечу бІаьхоша а санна, къизачу а, луьрачу а мостагІашка шайна луъург дайта зударийн, къаной, бераш дуьтуш, юха ца бевлча ца бовлуш болчу.

Очеркехь гайтина Захаровка, Шатилово юьртана, Шигры гІали уллехь хилла тІемаш, майрачу пулеметчикан бІаьхаллин сийлаллин муьраш хилла дІахІиттина долу.

Фронтан дахаран цхьана шаро вахчийра иза. Яздархочо Ханпашин сурт кхуллу: «ДегІехь онда, къоналлин ницкъ бара. Іаьнан дарцаша, лайша, догІанаша, донан довхачу мехаша цуьнан юьхь якъийнера. Вуьшта а Іаьржачу аматехь хилла цуьнан юьхь йоьзан бос бетталуш къиэгаш яра. ДІадевллера бераллин аматаш. Еккъачу юьхьа тІехь  ирбеллера беха мара, мочхалш а чІогІа тІедевллера. БІаьргаш чуэгнера. МостагІе болчу боккхачу цабезамца догура цу чохь йоІбІаьрган Іаьржа кІоранаш. Дукха хьолахь чуччадахийтина хуьлура дуькъа цкъоцкъамаш. Шина бІаьргана юккъехь муо лацабеллера бинчу некъан бозаллин а, гІайгІанан а лар» (Циггахь, агІо 88). Цо ешархочунна гергавалаво шен турпалхо, иза юххера гайтарца, хинболчу хиламашна иза кечвеш санна, оцу хиламашкахь цо, хазачу, ткъаесна шо къаьчна волчо, лен вацаре гІулч йоккхур ю...

Нагахь санна очеркан юьххьехь дийцар паргІатчу, официальни ала а мегар долуш, мукъамехь делахь, чаккхенехь басарш, Іаь цІеххьана хийцало. Хуьлуш долчун трагизм къаьсттина гойтучу лиризмаца юьзна ю Ханпашин тІаххаьрчу тІамах, цуьнан турпалаллица кхалхарх лаьцна дуьйцуш йолу агІонаш. «Несть любви выше той, аще кто живот свой положит за другие своя», – ширчу оьрсийн оцу дезчу дешнашца билгалдоккху яздархочо шен турпалхочун хьуьнар. И дарца цо билгалбоккху муьлххачу а оьмаран стеган хьуьнаран орам «кхечеран дуьхьа», адамийн ирсан а, маршонан а дуьхьа кхалхар уггаре а доккха хьуьнар хилар.

Чаккхенехь Х.Ошаевс даладо Донан фронтан Политурхаллин шуьйра девзаш долу листовка. Цу тІехь чІогІа дог-ойла гІаттарца, дозалладарца дуьйцура Х.Нурадиловн тІаьххьарчу хьуьнарх лаьцна, кхойкхура фашизмана тІехь толам баккхаре. Листовка арахийцира Сталинградехь боккха тІом дІаболабалале хьалха.

Вай кхул хьалха а билгалдаьккхира оцу турпалхочун васт кхоьллинарг яздархошна юккъехь веккъа цхьа Х.Ошаев цахилар. Кхийолу говзарш, шайн жанрийн башхаллашка, исбаьхьаллин говзаллин тайп-тайпанчу тІегІанашка хьаьжна ца Іаш, кху очеркана герга ю. ХІунда аьлча церан бух цхьаъ бу – Х.Нурадиловн дахар а, хьуьнар а. Царах ю, масала, В.Матиевн «Мокхазан дог» повесть, 1986-чу шарахь араяьлла йолу. Коьртачу декъана цо пайдаоьцуш дерш а ду Х.Ошаевс пайдаэцна доллу бакъдерш. Оцу говзарийн башхалла гучуйолу турпалхочун бераллин шераш гойтуш. В.Матиевс мелла а ма-дарра яздо цунах, исбаьхьаллин сурт кхолларна йоккха паргІато а луш.

«Даймехкан къонах» очерк ма-дарра аьлча документальни повесть ю. Дийцаран шоралла, хронологин гуранаш, ткъа иштта материалан маьІна даккхаран тІегІа и чІагІдан бакъо луш ду Х.Ошаевн документальни жанрийн кхийолу говзарш шайн барамца дикка кегий ю. Иштта ю, масала, Советийн Союзан турпалхочунна Идрисов Абухьаьжина лерина йолу «Майра иччархо» очерк. Цу тІехь дийцархочо дІалоцург, «Даймехкан къонах» очеркаца дуьстича, мелла а кхин меттиг ю. Очерк хІоттийна турпалхочун къамел санна, ткъа автор ладогІархо санна ву. И кеп цуьнан чІогІа дика а нисъелла. Дийцаран хатІ, яздархочо дика схьалаьцна а, тидам бина а долу, турпалхо оьзда, гІиллакхе, эхь-бехк долуш, хесторо галваккхаза хилар гойтуш ду, къамелана тІера цахилар гойтуш ду. ХІетте а Идрисовс йийцинчу бІаьхаллин биографин цхьайолчу меттигаша таро ло иччархочун талларан башхаллин хьокъехь, советийн тІемалойн доккхачу турпалаллин хьокъехь дуьззина суртхІотто. Иза ша а хилла тІехдика иччаран говзанча. Иштта, масала, муха гойту Идрисовс тІеман эпизодех цхьаъ: «Саьнгарш схьалаьцначу ши бІе бІаьхочух дийна висинарг кхойтта бен вацара. Тхо кІелхьарадаьхна эпсарш чІогІа цецбевлла бара саьнгаршкахь халла когаш тІехь лаьтташ, гІелвелла, мацвелла, хІоьттина волу кхойтта бен стаг ца гича. Царна моьттуш хиллера шайна хьалха немцошца тІом беш, мостагІаша гуолаьцна, ЦІечу Эскаран доккха тІеман дакъа ду. Уьш берриге а совгІаташца билгалбехира».

Цунна герга ю «Болатал чІогІа» очерк. Цу тІехь яздархочо юкъавалаво дийцархо (ИбрахІим), ша гайтинчу хиламийн теш хилла волу. Очеркан турпалхо ву Сапаев Билал, Нохч-ГІалгІайн дошлойн 255-чу полкан партбюрон секретарь, Сталинградана тІекхочучехь шайл дуккха а алсам  болчу мостагІашна дуьхьал луьра тІемаш бо цо. Очеркехь юьйцучу эпизодо кІезиг Іаткъам бина тІеман хиламашна. Иза кхиерг санна тІамца йина разведка яра йоккха йоцчу тобанан, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех вовшахтоьхна йолу: нохчочух Сапаевх, хІиричух Дзабаевх, оьрсичух Донцовх, кхечарах. Амма царах хІорамма а дуьззина кхочушдира шен декхар. Патармаш чекхдевлча, чевнаш хилла волчу Сапаевс тІаьххьарчу гранатица ша-шен эккхийтира. «Болат – чохь са доцу хІума ю. Ахь хедийча а, Іуьргаш даьхча а цунна ца хаало. Амма стаг лазаво, са цатоххадаллал чІогІа. Делахь а  иза сатухуш, собаре хуьлу, болатах вина волуш санна», – бохура ИбрахІима Сапаев санна долчу адамийн хьокъехь.

Иштта ву «Комиссар Имадаев» очеркан турпалхо а, оццу полкан комиссар хилла волу. Цуьнан васт кхуллуш авторо пайдаоьцу тІом балале хьалха Имадаевн хьокъехь шен хиллачу битамех, ойланех, цуьнан кехатех, ткъа иштта иза вевзаш хиллачеран, и майра стаг къиза кхелхаш гиначеран тоьшаллех. Еза чевнаш хилла а волуш мостагІийн йийсаре а кхочий, фашисташа тоьпаш туху цунна.

1985-чу шарахь араелира Х.Ошаевн «Доьналла» («Стойкость») киншка. Яздархочо еххачу хенахь болх бира Брестан гІап ларъяран дакъалацархойн – вайн махкахойн хьокъехь материалаш гулъеш. Церан буха тІехь «Брест-крепкий орешек» киншка язйира цо. Амма иза арахецар дукха дахделира. Гуларехь арадаьлла хилла «Дахчийна дегнаш» дийцар Брест ларъярхойн хьокъехь дара. Хуьлуш болу хиламаш «Бурескехь» хилла бохуш яздинехь а, кхеташ ду «Буреск» а, Брест а цхьаъ хилар. Хетарехь, иштта редакци яр тІедожийна хилла хир ду Іедалан структураша, яздархочун хІора дашна тІехь бохург санна еххачу хенахь терго латтош хиллачу...

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман турпалаллин агІонах цхьаъ ю Брестан гІап ларъяр. ГІап ларъярхоша, шайна юккъехь вайн мехкан тайп-тайпанчу халкъийн векалш болуш, тІаьххьара патарма чекхбаллалц тІемаш бира немцойн фашисташца, шайн хьуьнарш историхь гуттаренна дуьссур хилар дагахь а доцуш. Цара мостагІашца тІемаш бира шаьш дийриг къобалдаре, шайна хастамаш баре, толаме кхочург хиларе дегайовхо а йоцуш. Юьхьанца уьш къар ца луш дуьхьалбовлар, хІуъа хилла латтахь а юхацабовлар, «Брестская крепость» повестан автора С.Смирновс цунах лаьцна яздеш ма-хиллара, доьзна дара гарнизон хІинц-хІинца, тахана-кхана гІо кхачаре хьоьжуш хилла хиларца. Шайчаьрца кестта цхьаьнакхетар ду бохучу ойлано керла ницкъаш лора царна шайл дуккха а алсамчу мостагІашна дуьхьал дІахьочу къийсамехь, чІагІбора церан ницкъ, лакхадоккхура хьуьнар. Яздархочо нийса билгалдаьккхина тІеман хьалхарчу деношкахь вайн адамашкахь хилла хьал. Дукхахберш тешна бара тІом ша болабеллачу хоршахь дІагІуриг цахиларх. Дуьххьарлера эшамаш ларамаза хилла лорура, массо а тешна вара герггарчу деношкахь тІамехь орамашкара дуьйна хийцамаш хирг хиларх. Иза моьттуш бара Брестан гІап ларъярхой а. Амма хан-зама яларца шайчаьрца кестта цхьаьнакхетарг хиларх болу сатийсам дІабала болабелира. ТІеман къаьхьа, гІайгІане, къиза бакъдерг дара иза.

Чаккхе мухха хилахь а, делла дІадовллалц тІемаш бан бина сацам бацара, даррехь цу хьокъехь олуш дош дацара, цхьаьнца а бина барт а бацара, дагадевлла а дацара. Советийн бІаьхойн лаам бара иза, шайн дахар безачу мехах дІадала деган къайленехь йина чІагІонаш яра. Гуо баста гІортор кхиам боцуш дирзира. Фронт генна малхбалехьа дІахуьлуш яра. ХІун дара советийн бІаьхошна дан дисинарг, «борзморзахна» юккъе Іаьвдина йолчу гарнизонан хІун Іалашо яра? Іалашо яра мелла а еха дуьхьало яр, мостагІчун ницкъаш гІопан пенашна уллохь латтор.

Х.Ошаевн « Дахчийна дегнаш» дийцарехь изза ойланаш кхечу агІор гойтуш ю, С.Смирновс гайтинчу хиламех уьш дикка къаьсташ елахь а. Х.Ошаев гІап турпалаллийца ларъяр гайтина ца Іаш, гІопера арабовла аьтто а хилла, ЦІечу Эскаран дакъошца цхьаьнакхета боьлхучу  бІаьхойн тобанан гІуллакхаш а довзуьйту. Мел бакъду цо дуьйцург? Хетарехь, Х.Ошаевгахь цу тайпана хаамаш хилла хир бу. Дийцарехь хаало К.Симоновн «Живые и мертвые» романан кІеззиг Іаткъам. Цу тІехь а дуьйцу тІом болабеллачу хьалхарчу денойх а, беттанех а. Дийцар дІадоладо 1939-чу шеран буьрсачу хиламашна тІера. Дийцаран коьрта турпалхо ву Батаев Лом-Іела. Нохчийн Йоккха АтагІа юьртара жима стаг эскаре кхайкхина и хиламаш болабалале хьалха. Цо дакъалаьцна кІайчу финашца хиллачу тІамехь. Кестта эскарерчу некъаша Бресте кхачаво иза. Кхузахь дІадоьду Лом-Іелин амал чІагІъялар. Цунна гІодо капитана Артурьяна, политрука Смирновс, бІаьхочо Яценко Николайс, кхечу бІонакъосташа. Яздархочо ма-дарра яздо маьршачу дахаран тІаьххьарчу дийнах. «21-чу июнан йовха суьйре яра... Шоьтан суьйре хиларна, мукъа болу цІеэскархой гІап мел ю дІасабаьржинера. Цхьаберш футболах, волейболах ловзуш бара. Казармера схьахезара кехат-пондарийн аьзнаш». (циггахь, агІо 40). Гарнизонан бІаьхошна юккъехь Нохч-ГІалгІайчоьнан векалш а бара. Оцу суьйрана цхьаьнакхеттера уьш а, Магомадов Элабекан иллешка ладогІа. Вайнехан турпалаллин иллеш дика девзаш вара иза. Декара Адин Сурхон хьокъехь илли. Халкъан турпалхо вара иза. Хийрачу махкарчу элашца къовсаме а ваьлла, царна тІехь толам а баьккхина, халкъ тІехь йоцучу ясакхах паргІат а даьккхина, элаша дІалаьцна мохк халкъана юхаберзийна цо. Илланче ладугІуш бу бІаьхой. Царна цкъачунна ца хаьа кхин мехкаш дІалецархо, кхин а дуккха а нуьцкъала, къиза волу Даймахкана тІелата кечамбеш вуй, царна ца хаьа кхечу къаьмнех, амма кхоллам цхьаъ болчу шайн бІонакъосташца, цхьаьна тІаме хІитта дезар дуй. Цул тІаьхьа забаре байташ олу, шовкъе хелхарш а до...

ТІаьххьара маьрша де дара иза. Яздархочо оцу дийнан хиламаш ма-барра бовзуьйту гарнизонера бІаьхой муьлхачу синхаамашца, сатийсамашца Іаш бара гайтархьама. ТІамо массо хІума а хуьйцур ду. Хьалхарчу метте дІахІуттур бу хІара маьрша дахар дохийна волчу Даймехкан маршо а, ирс а кхерамна кІелтесна волчу, мостагІчуьнга болу цабезам. И цабезам кхуллур бу дахаре болчу безамо. Оцу безамо кхуллур ду доьналла, хьуьнар, турпалалла.

«Дуьне иккхина моьттуш Лом-Іела хьалаиккхича, цунна тІеэгаш яра казармин аьчкачу тхевнан а, стигалан а геригаш. Луларчу казарми чохь артиллерийски снаряд иккхира. Дуьне дацара...

Кхузахь дуьне эчиган цІийзар а, адамийн маьхьарш а хилла дІадаханера» – иштта гойту яздархочо тІеман юьхь (циггахь, агІо 40). Шайн дукхаллийца а, герзашца а гІап ларъярхойл дуккха а алсам болчу мостагІаша цІеххьана динчу тохаро шен гІуллакх дира. Командираша къепе а, низам а меттахІоттадо. Амма, кхийолчу дуккха а меттигашкахь а санна, иза кхачаме дацара. Кхо сахьт даьлча гІопана гуолаьцнера. Делахь а, гуонна юккъехь бисина бІаьхой къонахаллийца летара мостагІех, дерриге а дуьненна шайн турпалалла а гойтуш.

Салтий вовшах а тоьхна, ротина коьрте хІоьттинчу лейтенанта Ивановс Батаевна тІедиллира отделенина куьйгалладар. Цуьнца цхьаьна вара цуьнан доттагІа Яценко а, кхиболу бІаьхой а, МостагІчун буьрса тІелетарш дохадой дІадохуьйтура дуьхьалоечара. Амма ницкъаш эша дуьйладелира: «ЦІеэскархой тешна бара шайна хІинц-хІинца арахьара гІо кхочург хиларх, амма малхбалехьара схьахеза тІеман гІовгІа тІеттІа генайолуш яра. Малхбузерчу бастионехь бисина хилла цІенэскархой мостагІаша юхатуьйхира. Ленан кепехь йина редут йисира полкан карахь. ГІоперчу редутехь командни пункт яра. И редут а юьтуш, эскаран дакъош комсоставан цІеношка юхадевлира. Ерриге а казармаш йогуш яра» (циггахь, с.45). Вовшашца лартІехь зІе йоцуш, цхьааллин командовани йоцуш, цІенэскархой, хІора а шен-шен меттехь, тІемаш беш бара. Яздархочо эскаран дакъойн хилла йолу цІераш а, гІап ларъярхойн хилла йолу цІераш а йоху. Масала, майоран Гавриловн, тІаьхьа Советийн Союзан Турпалхочун цІе ло цунна. С.Смирновн «Брестская крепость» повестан коьрта турпалхо ву иза. Иштта кхечеран цІераш а йоху яздархочо.

Лейтенанта Смирновс куьйгалла деш хиллачу бІаьхойн тоба Добрински гІопехь йисина хилла. Царна хьалха ши некъ хилла – шайн накъостий болчу комсоставан цІеношна тІекхача гІортор, я гуонна юккъера а бевлла хьуьнхахь къайлабовла а, тІаьхьа ЦІечу Эскаран дакъойх дІакхета а гІортор. Цара  шолгІа некъ хоржу: дийна бисинарш кегийчу тобанашка дІаса а бекъалой фронтан зилехьа дІагІуртура, хІора сахьтаца генаболучу. Яценко Николай а, Батаев Лом-Iела а, сержант Иванов а, кхин масех бIаьхо а цхьаьна тобанехь хуьлу. Чов хилла Яценко барам тIехь хьош а волуш, карахь герзаш а долуш, ЦIечу Эскаран подразделенин билгалонашца долу барзакъ тIехь долуш и тоба шен декхарш кхочушдеш яра мелла а сиха ЦIечу Эскаран дакъошца цхьаьнакхета гIерташ. Масала, муха гойту иза оцу тобанера бIаьхой, юхайолуш йолчу кхечу тобанах цхьаьнакхетаран эпизодехь: «МаьI-маьIIехь хевшина а, бийшина а Iаш бара бIаьхой. Лом-Iелас бIаьрг кхарстийра кхузахь болчарна тIехула. Цхьаьнггахь а гуш герз дацара. Духарца хIора а ша-ша вара. Цхьаболчеран кочмаш тIехь петлицаш йисинера, ткъа кхечара, хетарехь, дIаяьхнера уьш…» (циггахь, агIо 71). Лакхарчу сержанта Васнецовс ша тIедуьллу: герзаш охьакхийсар, петлицаш дIаяхар, цIенэскархойн киншкаш хIаллакьяр. Иза валарна кхеравеллера, воьхнера, и дарца вуон тIеIаткъам бира цуьнан куьйга кIелахь болчарна. Амма массо а вац цуьнца хила лууш. Кхоъ Батаевн тобанах схьакхета, уьш Даймехкан салтий хилла буьсуш хилар а, кхидIа а тIом бан кийча хилар а, мостагIчун къинхетаме сатуьйсуш цахилар а, ямартлонца шайн дахар кIелхьардаккха гIерташ уьш цахилар а гуш.

Цхьаьна даьккхина масех де бIаьхойх хIоранна а чIагIаллина зиэр хилла дIахIоьттира. Оьрсий, украинхой, белорус, нохчо – тайп-тайпанчу къаьмнех адамаш дара, амма уьш цхьаъ бинера боккхачу цхьана балано. Къонахаллин, Даймахкана тешаме хиларан, адамаллин зиэрех кхиамца чекхбевлира уьш. Баккъал а шайгахь доккха адамалла хиларо дIа ца тасийтира цаьрга чевнаш хилла накъост. Оцу адамалло таро ца ло царна чевнаш хилла мостагI герзаш тоьхна вен а…

ТIемаш беш фронтехьа дIагIерта тоба. ХIонсан герз а деара кара. Тобанан хьал мелла а тоделира чевнаш йина волчу Яценкона гІоли хила йоьлча. ХІинца иза, кхечо гІо ца дича а, ша вахало шен накъосташца цхьаьна. Юха а цхьаьнакхетар хуьлу гуонна юккъера йолучу кхечу тобанца. Цунна коьртехь ву лейтенант Громов. Батаев лейтенантана доклад йо: «Накъост лейтенант! Тхан тобанехь 8 бІаьхо ву. Царах пхиъ деа дийнахь кхечу полкашца тІемаш бина ву. Массаьргахь а тоьпаш а, немцойн автоматаш а ю. Соьгахь пулемет ю Тхох цхьаъ Бурескера арадовлуш хонах чов йина ву, иза Іасанашца ву. Чов йоьрзуш ю. Тхо фронтан зила тІе кхача Іалашо йолуш доьлхуш ду. Тхан тобанехь Уставан лехамашца хила доггІу низам ду. Кхуза схьакхачале шозза немцошца тІом бина, тхуна хилла эшам бац. Лейтенант шен даржаца лакхара хиларца доьзна ас сайн тоба хьан куьйга кІел дІало» (циггахь, агІо 82). Лейтенантана а, цуьнан накъосташна а боккха тІеІаткъам бо гинчо. Ерриге а шен отряд, сийлахь караул санна дІа а хІоттайой, Громовс салтийн и жима тоба новкъайоккху. Бехха, амма сийлахь некъ Іуьллура царна хьалха...

Боцца бовзийтича, иштта бу дийцаран чулацам. Цу тІехь йоккха меттиг дІалоцу дечу гІуллакхаша, уьш вовшахкхета цхьанна тІаьххье юха хуьлучу эпизодех. Авторо шуьйра пайдаоьцу диалогах. Амма дукха хьолахь хуьлуш болу хиламаш гойту, ткъа церан вовшашца йолчу зІенех а, маьІнех а кхетадо дийцархочо. Еххачу ханна дагахь дуьсу Лом-Іелин, лейтенантийн Ивановн, Смирновн, ткъа иштта Яценкон, Матвейн, кхечеран васташ, царах цхьаберш йоццачу эпизодашкахь бен гуш бацахь а. Авторан аьтто болу церан амалшкахь долу уггаре а ладаме аматаш билгалдаха. Говзар тІеоьцу кхерамах, бохамех, къизаллех дуьзна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман денойх лаьцна дийцар долуш санна. Иза дерриге а хилла ду. Оцу дерригенах а чекхбевлла советийн бІаьхой, шайн дегнаш дахчош, керлачу тІемашна кечлуш. ТІаьххьарчу чоьтехь цара уьш шаьш дукха сатийсинчу Толаме а кхачийра. Х.Ошаевн «Брест-орешек огненный» киншка эххар а ерриге а зорбатуьйхира 1990-чу шарахь, яздархо кхелхинчул тІаьхьа. Авторо ша оцу говзаран жанр исбаьхьаллин – документальни повесть аьлла билгаляьккхина. Шен киншкан дешхьалхенехь  цо яздина: «Брестан гІап а, Брестан район а ларъеш дакъалаьцна хиллачу Нохч-ГІалгІайчуьра эскаре кхайкхина хиллачеран йицйина цІераш дагайохкуьйтуш, яздархочо С.Смирновс Брестан гІопан хьокъехь йолчу киншки тІехь болх беш бинна некъ бан дезаш нисло». И некъ – дийна бисинчу бІаьхошка, кхелхинчеран гергарчаьрга, бевза-безачаьрга леррина хаттарш дар, газетерчу хаамех пайдаэцар, тІом балаболале хьалха бІаьхоша цІа дахкийтина хилла кехаташ а, суьрташ а таллар бара. Вуьшта, адамийн иэс – дІора теша йиш йолуш хІума а ма дац, ткъе итт шо хьалха хилла хиламаш, адамаш, бакъдерш, хилларш-лелларш дагалаца дезча...» (Ошаев Халид. Брестан г1ап. Грозный, 1989, агІо 3).

«Брестан гІап гитлеран Германи тІелатале хьалха», «ГІап яккхарехьа къийсам» кортошкахь яздархочо гІопан истори йовзуьйту, доккха сурт хІоттадо 1941-чу шеран июнехь-июлехь иза турпалаллийца ларъяран. Соцу цигахь йинчу дуьхьалонан маьІнин а, тІаьхьенийн а проблемина тІехь. Яздархочо дийцарехь, Брестехь дуьххьара фашистийн дог-ойла юьйхира. Царна гира, хааделира, блицкриг –  иза туьйра хилар. Бресто гІодира Малхбален фронте хьажош волчу салтичуьнгахь бакъонца вала хьажош хиларан ойла кхоллаялийтарна.

Киншкан коьрта чулацам бу Брест ларъяран дакъалацархойн дийцарш а, дагалецамаш а. Шайн барамашца тайп-тайпана ду и кортош, амма уьш цхьаьнатухург цхьаъ ду – царна тІехь бу дийна бисина фронтовикаш. Царах хІорамма шен-шен кепара йовзуьйту гІап ларъяран цхьаццайолу эпизодаш. Дешхьалхенехь а яздархочо билгалдоккхура Брестехь тІемаш бина дукхахболу нохчий йоза-дешар хууш хилла цахилар а, эскарехь гІуллакхдечу хенахь бен оьрсийн мотт бийца Іемина хилла цахилар а. Оцу бакъдолчу бакъо ло яздархочо дагалецамаш гулбина ца Іаш, уьш цхьана кепе берзийна хилар чІагІдан. Хетарехь, цара дийцинчу бакъдолчарна тІе а тийжаш, цо фрагменташ кхоьллина, царах кхолладелла дуьхьалояран юкъара сурт.

Дуьхьалояран дакъалацархойн дийцарша дагалецамаша таро ло уьш дуьйцучеран амалийн хьокъехь сурт хІотто. Цхьадолчу хьолехь иза ма-дарра охьадийцар ду, дукха цІераш, терахьаш, ткъа наггахь, ур-атталла лирически юкъахдийларш ду. Масала «В огненной купели» коьртехь санна. Кхузахь яздархочо ша кхуллу ша-тайпана сурт, дог-ойла. Цо гойту дуьйцучун амал а, лелар а: «Дешна газет охьа а диллина, со ойланашка а ваьлла хьоьжура халла хезаш шабарш дечу хине. ЦІеххьана суна хьалха сецира юккъерчу дегІера, буто, шовзткъе пхи шо хирдолу, коьртахь шляпа а, дика тегна мокха костюм йолу стаг» (циггахь, агІо 37). Цуьнан дийцаран амалехь ду хІума билггал хилийтар, ма-дарра охьадиллар, дукха цалер.

Цунах къаьсташ ву Шабуев («Прорыв») Малаев («Двенадцать дней»), Юсаев («Побег из плена»), кхиболу могІарера нах. Цара дийцарехь, тІом чекхбаьллачул тІаьхьа а хала дуьне дууш бу уьш.

Цара шайн хабар цхьа дегаза дуьйцу, цаьргахь дегабаам бу я бехк баккхар ду ца хаьа. Амма и дерриге а адамаш, фронтан кхоллам а, тІом чекхбаьллачул тІаьхьа дахар а тайп-тайпана нисделла долу, цхьана хІуманна тІехь вовшех тера догІуш ду – уьш берриге а эхь-бехк долуш ду. Гуш ду иза Бейтемировн дешнашкахь а («В огненной купели»): «Со ванне а турпалхо вац. Турпалхой Брестехь белла» (циггахь, агІо 37). ТІамехь, уггаре чІогІа аьтто баьллачеран, гуонна юккъера бовлар а, цул тІаьхьа мостагІчух летар а нисделла, кхиберш йийсар кхаьчна, цигахь жоьжагІатан дерриге а Іазапах чекхбовла а дезна церан.

Яздархочо меттахІоттийна Брест ларъярехь дакъалаьцначу вайн 240 махкахочун цІе. Цо церан дагалецамаш а, церан хьокъехь дийцарш а вовшахтоьхна. Киншкан чаккхенехь ялош ю гІап ларъярехь дакъалаьцначу вайн махкахойн список а, ткъа иштта царах цхьаболчийн суьрташ а, уьш Іалашделла гергарчеран доьзалшкахь а, тайп-тайпанчу архивашкахь а.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман хьокъехь йолчу Х.Ошаевн говзарийн мехаллех а, маьІнех а кхеторхьама дош ала деза уьш кхуллучу хенахь хиллачу хьолах лаьцна. Дика хууш ду вайн халкъ махках даккха  кхоьллинчу бахьанех цхьаъ тІеман шерашкахь «ямарт» хилар дуй. Ур-атталла, республика меттахІоттийначул тІаьхьа а даррехь доцуш чІагІдеш дара вайн халкъ бехке хилар, цунах бинарг къинхетам бен цахилар. Ошаев Халида шен документальни говзаршца 60–70-чуй шерашкахь чІагІдо халкъ бехкедар цхьа а бух боцуш хилар. И дан цуьнан ницкъ а кхечира. ХІунда аьлча, олуш ма-хиллара, бакъдолчо дерриге а кхачадо.

Яздархочун т1амах йолу говзарш дукха хан йоццуш арахийцира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман хьокъехь йолу Х.Ошаевн дукхахйолу говзарш ешархошка яздархо кхелхинчул тІаьхьа кхаьчна («Слово о полку Чечено-Ингушском», Грозный, 2004). Эххар а халкъан хазна хилла дІахІиттина йолу уьш яха йисина, кху деношкахь а шайн маьІна лах ца луш.

Ошаев Халидан Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1амах киншкаш – иза башхачу Стеган а, Яздархочун а Х.Ошаевн граждански а, яздархочун а хьуьнар, тІаьхьа делахь а, хьакъ ма-дду къобалдар ду.

 

Муталибов Зайндин прозехь стаг а, тІом а

Нохчийн литературан исторехь З.Муталибовн (1922–1978 шш) проза къаьсттина меттиг дІалоцуш ю. Цуьнан ерриге а  кхоллараллехь коьрта а, цунна гергара а хилла тІеман тема. Яздархо оцу тІамах чекхваьлла. МогІарерчу салтичунна тІера майорана а, эскадронан штабан хьаькамна а тІекхаччалц бІаьхаллин некъ бина яздархочо.

ТІемашна юккъехь нислучу йоццачу садоІийлашкахь а, аьтто болуш хьал ма-хІоьтти а шен стихаш язйора З.Муталибовс. Царна тІехь го советийн стеган шен исторически декхар – фашизм хІаллакьяр хиларх кхеттачу бІаьхочун-интернационалистан, синмехалла, синбахам. ТІом чекхбаьллачул тІаьхьа цо дуккха а шерашкахь болх бо оцу турпалаллин шерийн хиламийн хьокъехь говзарш язъеш. Оцу белхан жамІ дара «БІаьхочун весет» (1961), «Чевнаш йоьрзуш ю» (1970), «Дарцана дуьхьал» (1972), «Ши некъ» (1982), кхийолу киншкаш. Оцу киншкаш тІехь коьрта меттиг дІалоцу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІамах долчу дийцарша а, повесташа а.

З.Муталибовн «Дарцана дуьхьал» киншкина язйинчу дешхьалхенехь Советийн Союзан Турпалхочо, инарлас П.П.Брикела яздора: «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІамехь советски халкъо гитлеран мехкаш дІалецархошна дуьхьал дІабаьхьначу къийсамах лаьцна язйина дика, бакъ киншкаш кІезиг яц. Царах дукхахъерш, шайн авторш лаккхарчу комсоставана юккъернаш болуш ерш, мемуарно-исторически литературех ларалуш ю. Царна тІехь коьрта меттиг дІалоцу хІинцале истори хилла йолчу цІеяхханчу тІеман операцех лаьцна дийцаро. Советийн бІаьхойн дагардинаверавоцу хьуьнарш гойтуш йолу и киншкаш историкашна а, Іилманчашна а хилла ца Іаш, хІинцца дахаре гІулч йоккхачу къоначу тІаьхьенна а доккха маьІна долуш ю.

Амма вайн хІинца а кІезиг ю фронтан могІарерчу бІаьхойн хьуьнарех, церан Даймехкан сий, бозуш цахилар, паргІато, маршо ларъян болчу инзаре боккхачу лаамах лаьцна, халкъан турпалаллех лаьцна доккха сурт хІоттош йолу киншкаш. Къаьсттина новкъа ду иштта киншкаш къаьмнийн республикашкахь вуно кІезиг хилар» (агІо 7).

Билггал оцу нахах язйина ю З.Муталибовн киншкаш. И ерриге а киншкаш яздархочо лерина ю шеца цхьаьна тІом бинчу доттагІашна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман шерашкахь Даймехкан дуьхьа бинчу тІемашкахь эгначарна.

Жанрийн агІонгахьара аьлча, З.Муталибовн дукхахйолу говзарш дийцарш ду, амма уьш, дерриге а бохург санна, бакъдолчунна тІехь яздина ду, оцо уьш герга до очеркан говзаршна. Дийцаршкахь мехала меттиг дІалоцу дийцархочун васто. Цхьадолчарна тІехь дуьйцург ша автор ву, ткъа вукхарна тІехь автор ладогІархо санна ву, кхоалгІачарна тІехь иза шена кхин цІе тиллина ву (масала, «Чов йина анкета» дийцарехь – Абдурахманов Зелимха). Оцу дийцаршкахь вайна хьалха хІутту авторан З.Муталибовн шен васт, цуьнан дахаран некъ. Иштта, масех дийцарехь кхоллало полкан командиран Висаитовн а, разведчикан Эдельхановн а, яздархочун тІеман кхечу накъостийн а васташ.

З.Муталибовн дерриге а бохург санна дийцарех дийцарш-эпизодаш ала мегар ду. Царах хІоранна тІехь а тІеман цхьана эпизодах лаьцна дуьйцу. Иза яздархочунна шена дагаеана, я цхьамма йийцина ю. Дукхахдолчу дийцаршкахь гойтург тІеман хьалхара мур бу, фронтехь эшамаш хиларца билгалбаьккхина болу. Цуьнан турпалхой могІарера бІаьхой, разведчикаш, водительш, санинструкторш, вуьшта аьлча, тІеман могІарера салтий бу. Царах массеран а ницкъ ца кхочу турпалалла гайта, амма уьш цхьаъ бо оьздангаллин цІеналло, хьаналло, хьуьнарна кийча хиларо, стогалло, шен Даймахкана, шен халкъана тешаме хиларо.

Ишттачарах ву, масала, Солтамурадов Желил, «Дуьхьалойоцу Желил» дийцаран турпалхо. Яздархочо дийцаран цІарца билгалдаьккхина шен турпалхочун коьрта амал – дуьхьалойоцуш хилар. Амма, Желил – иза бодане, дагахь хІума доцу ламанхо вац. Дуьхьалойоцуш хилар – иза цуьнан амалан цхь агІо бен яц, вуьшта, иза шен чІагІъелла яьлла амал йолуш, къинхьегам безаш, тІедиллинарг кхочушдеш, аьлларг аьлла а долуш, вуьззина стаг ву. Желила, оьрсийн мотт шена чІогІа ледара хуъушехь, ламанхошна юккъехь уггаре а хьалха ала мегар долуш караерзийра шоферан говзалла. ТІеетташ яккхий тоьпаш а, бомбанаш а йолуш  цо дукхазза а фронтан хьалхарчу зиле схьакхачадора кхачанан сурсаташ, патармаш, тІеман гІирсаш. Оьшуш хьал хилча, бІаьхошца цхьаьна атаке а воьдура. Накъосташна чІогІа халахетта, мостагІийн кеманаш тІелеттачу хенахь Желил вер. Иза – говзаран дуккха а болчу турпалхойх цхьаъ ву. Цара шайгара даккхий хьуьнарш ца гайтина, царна лаккхара совгІаташ а ца дина. Амма уьш белла дІабовллалц тешаме хилла бисина бІаьхаллин декхарна. ТІамехь хІора стагана уггаре а мехала ду иза. З.Муталибовн дийцарийн турпалхой «са лоцуш кхеттачу Іожаллин дІаьндарго эгочу хенахь а, мостагІ волчу агІор юьхь ерзайой оьгура уьш» (Муталибов З. «Чевнаш йирзина йог1у», агІо 15).

З.Муталибовн дийцарийн турпалхой  бу разведчикаш Магомадов Ваха («Бенара Иван»), Эделханов Ширвани («Ша-тайпа хилам», «Тхо кхоъ вара»),  кхиберш. Оцу говзаршна юккъехь коьртачу турпалхочун амал мелла а шуьйра гайтарца билгал ю «БІаьхочун весет» цІе йолу жима повесть. Цу тІехь яздархочо гайтина къоначу бІаьхочун Виситаев Сайд-Іелин тІаьххьара тІом. Цуьнан васт ду тІеман хьокъехь яздархочо язйинчу цхьамогІа кхечу говзаршкахь а. Повестан сюжет чолхе яц: къона бІаьхо Сайд-Іела тІом болабаларе хьоьжуш къамел деш ву шен командираца. Шен кехаташ а гойтуш, шен синхаамаш бовзуьйтуш. Оцу дерригено яздархочунна таро ло шен турпалхочун ойланаш йовзийта, дахаре болу цуьнан безам гайта, шен халкъ, шен мохк ларбан иза кийча хилар гайта. И дан аьтто болуш хьал хІутту кестта: сатоссуш тІом болало, жимчу стеган доцачу дахарехь тІаьххьара тІом хила яздина хиллера иза. Амма цо шен декхар дуьззина кхочушдира – чевнаш хилла воллушехь тІеман аре ца йитира цо, карара герз дІа ца хийцира, шена чохь са а долуш... Повесто ешархо инзарвоккху шен къизаллийца. Ма цхьаьна ца йогІу бІаьхочун сирла, цІена ойланаш а, тІеман къизалла а. Цигахь гучуйолу авторан турпалхочуьнца йолу кІорггера юкъаметтиг, хетарехь, и эпизод яздархочо ша лайна ю: «Нагахь санна сан, девзаш долчу бахьанашна, хІинццалц таро ца хиллехь а, амма сайн аьтто ма беллинехь ахь дина: «Хаийталахь, хаийталахь вайн халкъе... Диц... Диц ма делаш...», – весет кхочуш а деш яздина ас хьан дахаран хьокъехь а, хьо санна болчу вайн накъостийн хьокъехь а долу хІара могІанаш, шу дагахь латтор ду ас, сайгахь яздан ницкъ мел бу яздийр ду» (циггахь, агІо 133).

З.Муталибовн говзарийн персонажийн амалшкахь шена тІе тидам бохуьйтург турпалалла хилла ца Іаш, хьуьнарна кийча хилар ду. ХІаъ, тІамо гучубаьхна иттаннаш, бІеннаш, эзарнаш турпалхой, амма тІом беш миллионаш адамаш ма-хилла. Царах хІора а шен меттехь оьшуш вара. Толамна юккъе шен хазна юьллуш вара. Царах вара хІинца вайна вевзина Солтамурадов Желил («Дуьхьалойоцу Желил»), Устинова Марина («КІилло»), Дахаев Ваци («ХІонсан (трофейни») худар»), яздархочун кхечу дийцарийн турпалхой.

З.Муталибовн цхьайолу говзарш шайн чулацамца забаре ю. Уьш язйина цхьацца самукъане нисделлачу хІуманашна тІехь: «Фрицаша Юсупан маж муха ешира», «Бенара Иван», «ХІонсан («трофейни») худар». Иштта, масала, тІаьххьара дийцар лерина ду полкерчу поварна Дахаев Вацина. Накъостий буьйлу цунах цо «чаданца тІом» барна, иза кухни чохь валларна. Дахаевс ша разведке вахийтар доьху. Иза ша бакъболчу тІамехь кхечаьрца нийсса ларориг хиларх тешо лууш ву. Мел чІогІа цецбевллера цуьнан накъостий Ваци, кхечарал дуккха а тІаьхьа веанехь а, румынин повар йийсар а вина, цуьнца цхьаьна аренийн кухни а такхийна разведкера юхавеача.

Вай лакхахь хьахийна долу Муталибовн дерриге а бохург санна дийцарш а, повесташ а баккъалла а болуш болчу турпалхошна лерина ю. ТІеман арахь эгначарна хьалха дийна бисинчеран декхар кхочушдеш яздархочо дукха къахьийгира тІеман хьокъехь йолу материалаш гулъеш. И дарца цо дикка шорбира нохчаша а, гІалгІаша а мехкан тайп-тайпанчу халкъийн векалшца: оьрсашца, украинцашца, хІирашца, гІебартошца цхьаьна, белшех белшаш а тоьхна, юкъарчу мостагІчунна дуьхьал Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІамехь дакъалаьцна хиларан кхетам…

Дуккха а шерашкахь оцу говзаршна тІехь болх бечу хенахь яздархочо дуккха а материалаш гулйира тІеман хьокъехь, карлаехира цхьайолу эпизодаш. Иэсо лоьхура дерриге а цхьаьна а тоьхна, къаьсттинчу говзарехь, бакъдерг а, документ а, исбаьхьаллин сурткхоллар а цхьаьнадузуш говзар кхоллар. Иштта кхоллаелира «Дарцана дуьхьал» повесть – яздархочун уггаре а йоккха, ладаме говзар. И повесть тІеман прозин некъан психологически драматизман проза шех олучарах лара мегар ду. Цу тайпанчу прозин юьхь йолийнарг ю  Ю.Бондаревн «Батальоны просят огня», Г.Баклановн «Южнее главного удара», В.Быковн «Журавлиный крик», «Третья ракета», дІадаханчу бІешеран 50-чу шерийн чаккхенехь а, 60-чу шерийн юьххьехь арайийлина кхин говзарш а. Церан турпалхо оцу яздархойн нийсархо а, тІеман корматаллин ваша а ву. Авторний, турпалхошний юккъерчу оцу йоццачу юкъо, исбаьхьаллин ира иэс бахьанехь, дуьйцург мемуараш санна цІена а, даррехь а дора. Оцу повесташкахь коьрта турпалхо, бакъо ма-хиллара, къона салти я лейтенант ву. И повесташ цхьаьнатуху царна тІехь тІеман хьокъехь бакъдерг дийца гІертаро. И бакъдерг шена зиэделлачуьнца дуьстина дара. Дуьненан хьалхара тІом хиллачул тІаьхьарчу «яйначу тІаьхьенийн» дозанал арахьарчу романех тІехулара хьаьжча тера хеталахь а, и повесташ цаьрца къовсаме йовлуш яра. ХІунда аьлча Баклановн, Бондаревн, Быковн турпалхой шайн дахарехь дуьххьара нисделлачу зиэрех чекхбевллера синошца чІагІбелла, цуьнан хьокъехь беза хилла ца Іаш, даккхийдеран дагалецамаш иэсехь буьсуш. «ТІеман кІеззиг долчу хІуманна тІехь соьцуш, шайна юххехь хилачеран хьуьнарш дагалоьцуш авторш дешнашца дуьненан хьалхарчу тІеман хенахьлерчу Э.Хемингуэйн «Прощай, оружие» романерчу нийсархошца къовсаме бовлуш санна хетало: «Сийлалла», «Стогалла», «Хастам» санна долу абстрактни дешнаш догІуш дац яртийн билггалчу цІерашца, некъийн номершца, хин цІерашца, полкийн номершца, деношца. Халкъо шена беш болу эшамаш эрна цахиларх билггал тешна хиларо таро елира вайн прозаикашна уггаре а халчу денойх, эпизодах, уггаре а къаьхьачу бохамех лаьцна цІенна бакъдерг яздан» (Муталибов Зайнди. «Дорцана дуьхьал», агІо 13).

«Дорцана дуьхьал» повестал хьалха хуьлу кхин – «Ши некъ». З.Муталибовс цу тІехь дуьйцу 30-чу шерашкахь кхиъначу тІаьхьенех. ТІеман коьрта хало цара шайн белшаш тІехь дІакхийхьира. И повесть тІеоьцу «Дарцана дуьхьал» повестан цхьа дакъа санна. Делахь а, яздархочо дІасаекъна и шиъ. ТІаьххьарчу говзарехь цо шен тидам тІебахийтина тІеман шерийн хиламаш гайтарна. Амма турпалхой цхьаъ хиларо а, хиламийн рагІ ларъяро а, хиламаш дІабоьлху меттиг цхьаъ хиларо а бакъо ло и шиъ цхьаьнайогІу ала. Цул сов, билгалдаккха деза кхин цхьа бакъдерг а: шина а говзаран коьртачу турпалхочуьнгахь – Муртаев Зелимхехь – яздархочун Муталибов Зайндин кхолламан дуккха  агІонаш а, амалш а хаало. Нохчийн Хоттане юьртара схьаваьлла волчу Муртаев Зелимхин кхоллам, цуьнан бераллин а, къоналлин а шераш, фронтан некъаш, повестехь дуьйцуш долу, чІогІа тера ду яздархочун дахаран муьрех а, некъех а. Амма повесть – иза цхьана Муталибовн автобиографи яц, иза автор шех волчу тІаьхьенан биографи ю. Билггал иштта маьІна даккхаро исбаьхьаллин мехалла йолуш йо и говзарш.

Яздархочо бовзуьйту шен турпалхо кхиаран некъ. Вайна дуьххьара иза го оцу тІаьхьенна иэсехь дисинчу маьршачу дахаран тІаьххьарчу дийнахь. Иза хІетта ишкол чекхъяьккхина ваьлла, дахаран некъ харжарна юьххьехь лаьтташ ву. Мила хир вара? Амма  харжам замано ша бира – шен дукхахболчу нийсархойх санна, салти хилира цунах. Яздархочо гойту тІеман хьалхарчу муьрехь хиллачу дахаран хьал, халкъан патриотически харжам, ша-шен ца кхоош къийсам дІабахьа безаш хиларх иза кхетар. Шен лаамехь эскаре воьду Зелимха. Военкомате лелачу муьрехь иза теш хуьлу, къонанаш хилла ца Іаш, фронте кхача гІерташ гІеметтахІиттина нах а хиларан. Ткъа тІом дІабоьдуш бара. Нохч-ГІалгІайн дошлойн 255-чу къаьсттинчу полкера Зелимха а, цуьнан бІаьхаллин накъостий а хІинца а цкъа кечамбеш бара луьрачу тІемашна: «Уьш (фашисташ) хІинца а тешаш бара шайн тІеман ирсан седанах. Царна дисинарг кІеззиг бен дацара, сатуьйсура цара, Донах дехьа а девлла, сийлахьчу тевтонски туьраца Волга а хадийна... ТІаккха сатуьйсу толам а, герга бу. Москвана уллехь 1941-чу шеран декабрь? Декъаза ларамазалла... Уьш хІинцале эгош бара. Амма совцалуш бацара. Дог а диллина фюреран куьйгаллин похІманех тешна Іаш бара... Уьш совцо безаш бара» (циггахь, агІо 169).

Уьш совцо безаш бара. ЦІечу Эскарна хьалха лаьтта инзаре хала декхар дара иза. Кхочуш ца дича ца долуш а дара. Даймехкан кхолламах хиндерг къастош хиларх кхетарна, тайп-тайпанчу халкъийн векалша, яздархочо повестехь гайтина ма-хиллара, кхочушдора шайн бІаьхаллин декхарш.

ТІамехь даима хуьлуш ма-хиллара, турпалалла а, къизалла а вовшашца йозаелла ю. Яздархочо цу хьокъехь дуьйцу цхьамогІа эпизодашкахь. Зелимхас Іаморашкахь тІеман говзаллин къайленаш караерзайо, билгалвала гІерта, даима хьалха хила Іемина ма ву иза. Полкан командира Висариговс (доггІучуьра аьлча, цуьнан прототип ву Советийн Союзан Турпалхо Висаитов Мовлид, тІеман шерашкахь дошлойн 255-чу полкана куьйгалла деш хилла волу. Оцу полкехь гІуллакхдеш хилла хинволу яздархо) шега баьккхина бехк даиманна а дагахь бисина цунна. Амма уьш ларамаза нисъелла ледарлонаш ю. Бакъболчу тІамехь Зелимхас цхьа а юьхьІаьржахІоттор вац...

Яздархочо дуьйцу Зелимха а, цуьнан накъостий а дуьххьара тІаме хІиттарх. Иза коьртехь волу тоба Донан вукха агІорчу бердайисте разведке яхча хилира иза. Кхузахь дуьххьара бІаьхой фашисташна юьхь-дуьхьал нисбелира. Иза массаьрга а ца ладелира, кхеран тобанера Дахкаев Ахьмад йийсаре вахара: «Зелимха цкъа а тешар вацара шен къомах волу, лаьмнашкахь кхиъна волу, Ахьмад, кІилло пхьагал хилла дІахІуттур ву бохучух. Тешар вацара, нагахь санна шен лергашна ца хезнехь.

Шена гинчо а, хезначо а Іадийна волчу цунна цу мІаьргонехь дага а ца деара дан дезарг. ОьгІазлоно садукъдина, хорам бинера цунна, кхетамо схьалоцуш хІума а доцуш, шена катоха кечъелла боьха хІума гича акхарочо лоьху тІулг а, дечиг а санна, куьг ша-шах гранатана тІекхевдира» (циггахь, агІо 203).

БІаьхойн аьтто белира фашистийн штаб хІаллакьян, ямартхо юха а шен накъостий хиллачарна юккъехь нисвелира. Ахьмад валош юхабогІуш бу уьш. Иза вада гІоьртира. Вада гІоьртича Сулаймас воь иза. Амма вийначул тІаьхьа а иза вохьуш схьабогІу уьш, хІунда аьлча, Зелимхас ма-аллара веллачунна а йо кхиэл. ТІаккха цунна кхиэл а йо-кх: дайша ямартло вуьтуш ма-хиллара, дІа ца вуллуш вуьту... Амма Ахьмадчунна нийсса бІостанехьа ю кхечу бІаьхойн амалш, уьш Іаламат дукха а бу-кх. Церан кхолламашна сагатдеш волчу яздархочо боху: «Седарчий доцу буьйса. Дон, хица йолу аре. Зелимханан а, цуьнан дикачу доттагІийн а, даьІахкаш шайн ярташна генарчу лаьттахь тасий ма йиталаш. БІе, цул а дукха шераш довларх уьш бинчу ярташкарчу кешнийн баьрзнаш деса хилийталаш. Бецаш нислой дІахІитталаш, меттах ма хьелаш, и сийлахь кІентий, ЦІечу Эскаран бІаьхой гучу ма бахалаш. Кху дуьненахь кхин мичахь карор бу шуна оццул дика, инзаре, майра салтий?!» (циггахь, агІо 207). Царах ву Мухортов Федор, Магомадов Дуду, Бурков Николай, Костоев Якъуб, Тарамов Ахьмад, Иванов Ефим, дуккха а кхиберш...

Повестехь бовзуьйту Муртаев Зелимхин,  Егоров Федоран, кхечу бІаьхойн чолхе некъ. МостагІийн тылехь а, шайчарна тІекхача гІерташ бечу новкъахь а шайн дахар кІелхьарадаккха таронаш лехна ца Іаш, бІаьрга ван ца везачу мостагІчунна зен дан а гІерта уьш. Амма коьртаниг – эскарийн могІаршка юхадІахІиттар ду, шайн накъосташца цхьаьна фашистийн экха дийна дІадаккхархьама. Шега дукха сатийсина толам а – тІекхочу. Повесть чекхйолу Сталинградехь хиллачу тІом гайтарца, фашисташ аьтта дІабахарца бирзина болчу. Цигахь эшарх кхин метта а ца баьхкинера уьш. Повестехь Зелимханан антипод волчу Ганс Мюллеран а, ткъа иштта и санна болчеран а буьззина эшам, шеко йоццуш, тІекхочуш бу...

Х.Муталибовн дийцаршкахь а, повесташкахь а вайна бевзина турпалхой вайн иэсехь буьсу еххачу хенахь, царах боккхачу безамца дуьйцу яздархочо, хІунда аьлча церан амалш вайна герга, гергара а ю. Чекхбаьллачу тІеман йозалла шайн белшаш тІехь дІакхехьначу тІаьхьенан амалш ю уьш. Патриотизм а, ткъа иштта бакъонца йолу интернациональни цхьаалла а ю цаьргахь. Майралла а, къонахалла а, турпалалла а – советски бІаьхойн тоьлла дикаллаш – мелла а юьззинчу исбаьхьаллийца гайтина нохчийн литературехь, къаьсттина З.Муталибовн прозехь. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман хьокъехь йолчу говзаршна юккъехь хьокъала йоллу меттиг дІалоцу цо.

Нохчийн а, кхечу халкъийн а литературехь тІаьххьарчу хенахь «авгІанхойн» а, вайн махкахь, цу юккъехь Нохчийн Республикехь а хиллачу тІеман къийсамийн дакъалацархойн а хьокъехь йолчу говзарша шолгІачу могІаре юхататта йолийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман а, цу тІамехь турпалхоша шайгара гайтинчу хьуьнарийн а хьокъехь йолу говзарш. Яржош ерш дІора тоьлла говзарш а яц. Мехаллин коьрта бустам коммерчески кхиам бу. Луур дара церан авторш дІадаханчу шерийн тІеман говзаршна тІебоьрзийла, цаьргахь ду тІеман буьрса бакъдерг.

ТІеман хьокъехь йолу тоьлла говзарш билгал ю тІеман дерриге халкъан амал, замано айбина синъоьздангаллин проблемаш исторически нийса а, кІорггера гайтаран исбаьхьаллин некъаш лехарца. Цу тайппанчу тІедахарехь уггаре а хьалха гучуйолу яздархойн историзман ойла, кхетам, шайн говзаршкахь амалийн, Іалашонийн, историн гІирсийн, цуьнан кхетош-кхиоран маьІнин диалектика, исторически а, психологически а прогнозан маьІна достуш йолу. Цу декъехь доккха маьІна леладо иэсан категорис. Цунах дика яздина Ч.Айтматовс «Буранный полустанок» романна яздинчу дешхьалхенехь: «ДІадаханчун иэс доцу стаг, дуьненахь шен меттиг юха билгалъяккха езарна хьалха хІоттийна стаг, шен халкъан исторически зиэделлачух ваьккхина волу стаг исторически перспективана юьстах нисло, таханлерчу денца ваха бен гуьнахь ца хуьлу» (Айтматов Чингиз. «Буранный полустанок» - Роман-газета», 1982, №3).

ТІеман прозано кІоргга а, цхьанаэшшара а кхочушйо «тІеман» а, «т1амна дуьхьал» а диалектика. Цуьрриг а ца лечкъадо: тІом – инзаре къиза, адамийн дахарна дуьхьал болу хилам хилар. ТІамо бохьуш болчу бохамийн ерриге а къизалла а гуш, цо чІагІйо бакъо толоран дуьхьа, дахаран ирсан дуьхьа дІахьочу къийсаман беркате Іалашонаш, кхета оцу Іалашонийн дуьхьа дала дезаш хиларх. И диалектика юкъаялор бахьана долуш вайн литературо схьагайтина вайн эскаро гайтинчу доккхачу хьуьнаран ницкъ а, фашисташ тІелатаро динчу зенийн дукхалла а. Цо дийцина къизачу тІеман хенахь хиллачу эхь-бехкенан яккхийчу мехаллех. Ерриге а тІамах лаьцна, Эскаран бІаьхаллин къинхьегам хестош хилла йолу иза антимилитаристски а хиллера, кхалхаран ерриге а къизалла гайтарна. Оццу хенахь цуьнгахь бу хІаллакьхуьлучу адамийн дахарх болу лазам.

Шеко йоццуш, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман темано хІинца а шена тІеийзабо тайп-тайпанчу чкъурах болу яздархой. Царах хІора а шен кепара гайта гІерта цу муьрехь хилла къийсам, шина дуьненна, шина идеологина юккъехь хилла къийсам. Бакъду, хІинца акценташ иэйина, ша и тІом а, цу хьокъехь йолу дуккха а литература а тахана истори хилла дІахІоьттина. Х.Ошаевс а, З.Муталибовс а заманна декхаран цхьа дакъа дІаделла, цхьадолчу хьелашкахь цу шерийн идеологин бехкамашна тІаьхьа а возуш. Амма церан говзаршкахь коьртаниг и дац, коьртаниг ду тІекхуьучу тІаьхьенашна цара Сийлахь Толам баьккхинчу уггаре а къизачу тІеман аренашкахь эгначу а, дийна бисинчу а турпалхойн цІераш йитар...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика