Кусаев Iадиз. Джамалханов Зайндин – 90 шо

PDFПечатьE-mail

                                                      Нохчийн меттан Iилманчийн тхьамда


Туьйранашкахь а, нохчийн турпалаллин иллешкахь дуьйцуш долу ГIулозан лаьмнаш а, боьранаш а шен дозанашкахь йолчу Теркйистера дукха бевлла къоман сий, яхь, дозалла хилла дIахIиттина, шайх массара тахана доьнналлийн а, гIуллакхаллийн а, хьекъалан а масал оьцуш, халкъан исторехь а, дахарехь а йоврйоцу лар йитина болу гIарабевлла къонахий, Сулейманов Ахьмада ма–аллара, хIара дуьне шайн белшаш тIехь лаьтташ долу кIентий. Тоьар долуш хета, сийлахь воккхачу политологан а, яздархочун а Авторханов Iабдурахьманан, Советски Союзан Турпалхочун, Iамиркан цхьаьнакхеттачу штатийн уггар а езачу «Легион чести» орденан кавалеран Висаитов Мовлидан, инзар похIма долчу яздархочун Мамакаев Iаьрбин, вевзаш хиллачу журналистан Чалаев Билалан, кхечеран цIераш яьхча а. 


Церан могIарехь, вазван хьакъ а долуш, шен меттиг дIалоцуш ву Iилманча а, яздархо а, «Нохчийн грамматикан бухбиллархо» боху сийлахь цIе бакъонца шена тиллина а волу Джамалханов Зайнди. Цуьнан цIе яьккхича, уггар а хьалха дагабогIу нохчийн мотт, поэзи, Iилма, барта кхолларалла. Цуьнан шен бахьана а ду. Нохчийн мотт, литература а, Зайнди а, вовшахдахалурдоцуш, вовшашца доьзна ду тахана: нохчийн мотт аьлча, хьалха дагавогIург Зайнди ву, ткъа Зайнди аьлча, дуьххьара дагабогIург мотт бу. Ткъа нохчийн меттан историца а, иза кхиарца а, Iаморца а бала болчарна хууш ма ду, цунна тIехь болх бан кхузткъе пхийтта шо хьалха I937–чу шарахь З. Джамалханов волавеллийла. Цхьана стеган оьмар хилла ца Iа иза.
Муха хилира иза? Цунах лаьцна суна дийцира журналист а, яздархо а хиллачу Чалаев Билала, Зайндих лаьцна дагалецамаш киншкина язбахьара, аьлла, ас шега дехар дича.
– Иза дара I937–чу шарахь, – яздира Б.Чалаевс. – Цхьана дийнахь со болх беш волчу Теркан кIоштан «Социализмехь некъ» цIе йолчу газетан редакцин рогIерчу кхеташоне кхайкхина вара вевзашвоцу жима стаг. Цхьаммо дIора аьлла, тидам ца беш, массарах а ийзалуш, редакторан кабинетан неIарехь хиъна Iаш вара иза. Ткъа редактор волчохь берриг а белхалой схьагулбелча, даима санна ца йолош, редакце деана кехат дIадешарна тIера дIайолайира цо. Кехатехь къеггина долчу а, нийсачу а масалшна тIехь гойтуш цхьана баттахь редакцино зорбайиттинчу материалашкахь девлла гIалаташ, дуьйцуш дара уьш муха нисдан деза. Массо а цецваьккхира авторан цIенчу нохчийн матто, иза кIоргге хааро, цо далийнчу бакъдолчара а, тоьшаллаша а. Царна дуьхьал ала хIума дацара. Массарна а хаа лаьара, тхайна дерриге хаьа бохуш, кура лелаш долу тхо, журналисташ, Iамо ваьхьна и меттан говзанча мила ву.
– Муха хийти шуна кехат? – хаьттира редактора, чохь хIоьттина тийналла йохош.
– ЧIогIа нийса теллина ду дерриг а, лаккхарчу корматаллийца, меттан а, грамматикан а декъехула ала хIума доццуш дика ду авторан хаарш. Хетарехь, дукха дешна воккха стаг, нохчийн мотт толлуш дукха белхаш бина Iилманча, похIма долу говзанча ву иза,– шайна–шайна хетарг элира цхьаболчу белхахоша.
– Воккха стаг ву, бах аша? Iилманча ву, бах аша? – велавелира редактор.
– Схьавоьлла, Зайнди,– аьлла, неIарехь ийзалуш, жимма воьхна хиъна Iаш волу жима стаг, схьа а кхайкхина, шена улле дIахIоттийра цо. – ХIара ву–кх шуна и «воккха» стаг, и «зиэделларг долу» Iилманча – вайн юьртара вархIшеран ишкол чекхъяьккхина Джамалханов Зайнди…
ТIаккха бен тидам ца бира массара а оцу жимчу кIентан, хIетахь дейтта–пхийтта шо бен хирдоцчу. «Ванах, цо яздина–м хир ма–дац и хьекъале кехат?! Оццул жима волчу цунна мичара хуур бу иштта дика нохчийн мотт, шел баккхийчарна а хьеххал? – ойланаш–хеттарш кхолладелира массеран а. –Ткъа яздаран хатI, чулацам, хьехамаш, нисдарш?»– гIеххьачул шеконаш кхоллаелира.
И дерриге а шена хиъча санна:
– ХIан, накъостий, шу дуьхьал дацахь, хIара кехат яздинарг баккъала а вайн къона хьаша хилар чIагIдайта, Зайндига дош лур ду–кх вай, – элира редактора.
Цхьа а вацара дуьхьал. Хаза, чулацаме къамел дира Зайндис. Массо а цец–акъ ваьккхира цуьнан хаарша. ДIаевлира шеконаш, кIантана баккъала, олуш ма–хиллара, ша кхоьллича санна, дика, кIорггера а хаьара нохчийн мотт. Иштта вевзира суна дуьххьара сайн къона юьртахо Джамалханов Зайнди.
ХIетахь дуьйна нохчийн мотт таллар а, кхиор а, хIоранна а шуьйра бовзийтар а дерриг а дахаран гIуллакх хилла дIахIоьттира Джамалханов Зайндин кхолламехь. Тахана а, шен шерашка хьаьжна ца Iаш, къар ца луш, кIад ца луш, и мехала гIуллакх дIакхоьхьу цо.
Шен доккхачу похIмин дуккха а агIонаш йолу – иза цхьатерра дика Iилманча, яздархо, публицист, хьехархо, халкъан кхолларалла таллархо ву.
– З.Джамалханов вевзира суна дуьххьара шовзткъа шо сов хьалха, со республикин «Ленинан некъ» газетан культурин а, дахар–Iеран а декъан куьйгалхо волуш, I970–чу шарахь. ХIетахь зорбанеяккха редакце еанера нохчийн меттан грамматикан башхаллех язйина шен статья къоначу Iилманчо, Нохч–ГIалгIайн пачхьалкхан университетан хьехархочо Тимаев Вахас. Иза соьга схьа а луш:
– ХIара материал зорбане кечъялла говза мотт хууш со а вац, хьо а хир ву, аьлла, ца хета суна. Цундела меттан Iилманча кхайкха кхуьнга хьажа. Суна хетарехь, «ХIинцалера нохчийн мотт», аьлла йолу, вузашна а, юккъерчу лерринчу дешаран заведенешна дуьххьарлера дешаран киншка язйинчу Джамалханов Зайндил воккха говзанча вац хьуна. Иза кхайкха ахь, ас дехна, алий,– хьийхира суна хIетахь газетан коьрта редактор хиллачу Габисов Бисолтас. Суна карийра Зайнди. Редакце валийра ас иза. Материал зорбане кечйира цо. ХIетахь доттагIалла а кхолладелира тхойшиннан.
Иза кхин а чIогIа чIагIделира цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь, со Нохч–ГIалгIайн телерадиовещанин комитете, телевиденин исбаьхьаллин программийн декъан лакхарчу редакторан балха вахча, цигахь ас «Халкъан кхолларалла» боху передачаш кечъян йолийча. Оцу программашкахь ас хIора баттахь пайдаоьцура халкъан хьекъалах долчу З.Джамалхановн хаарех. Ткъа нохчийн къоман бартан кхолларалла цунна нохчийн маттал а дика а, кIорге а хаьий–те, аьлла чIогIа хаара, хIунда аьлча, иза талла а, халкъан турпаллин иллеш, эшарш, туьйранаш дIаяздан а мотт талларца цхьаьна волавеллера иза. Цунна дагахь хаьа нохчийн дукхахдолу турпалаллин иллеш, эшарш, туьйранаш.
Нохчийн халкъ махках даьккхина, хийрчу, кхойтта шарахь пенаш доцу набахти хиллачу Казахстанан а, юккъерчу Азин а аренашкахь къизалла а, бала а хьегна, таIзарш лайна, дайн махка юхадирзинчу шолгIачу шарахь дуьххьара нохчийн турпалаллин иллеш тIехь долу киншка арахийцира З.Джамалхановс вевзашволчу бартан кхолларалла таллархочуьнца Эльмурзаев Сираждица цхьаьна. Цунах лаьцна иштта яздо «Нохчийн фольклоран» ялхалгIачу томан дешхьалхенехь вевзашволчу бартан кхолларалла таллархочо, филологин Iилманийн кандидата Мунаев ИсмаIала:
«Вай нохчий бохийнчуьра, Сибрехара, цIабаьхкича, I959–чу шарахь Джамалханов Зайндис а, Эльмурзаев Сираждис а Соьлжа–гIалахь арахийцира «Нохчийн иллеш а, эшарш а» цIе йолу нохчийн фольклоран хьалхара гулар. Вайн къоман синкхетам а, халкъан культура а кхиорехь лаккхара болх бина ду и жайна». (Соьлжа–гIала, 2007 – 9 агIо)
Бан а бара З.Джамалхановс а, С.Эльмурзаевс а бина болх чIогIа мехала оцу нохчийн къам юхадендала доладеллачу хенахь, нохчийн мотт, истори, бартан кхолларалла, культура юхаметтахIуттучу муьрехь, нохчийн амалш йовзар а, цаьрга хьежар а хийцалучу заманахь, хIунда аьлча «Нохчийн иллешкахь турпалхочун кхайкхош йолу коьрта Iалашонаш ю: доьналла долуш собаре хилар, тешаме волуш майра хилар, яхь йолуш къинхетаме хилар, ларам болуш синтеме хилар, шен юьртахошна, мискачарна, гIийлачу байшна доладар, Iуналладар, царна рицкъа латтор. Юьртана, махкана тIебеана бала я сингаттам юхатоха безаш ву иллийн коьрта турпалхо». (Циггахь, I0 агIо).
Тахана З.Джамалхановн бакъо ю шех лаьцна, ша сийлахь–воккхачу оьрсийн поэтана А.С. Пушкинна лерина язйинчу стихотворени тIерачу хIокху дешнашца ала («Ирсан некъаца» стихийн гулар, I98I шо):

Ма чIогIа халкъан дош
Ахь толлура,
Керлачу дешнаш тIе
ДIадоьллуш некъаш.
Къомера хьекъал ахь
Схьаоьцура,
Поэзи цунах йой,
И юхаъ декош.
Даим а ехар ю
ТIаьхье поэтан,
Дуьненахь мел деха,
Дахлахь а дахар.
Оьмаршкахь бехар бу
Поэтан кхетам,
Бисина хIора даг чохь,
Доьзалехь баха!
Хала а, беха а, даима а къинхьегамо хазбина а дахаран, кхоллараллин некъ бина а ву, тахана беш а ву Джамалханов Зайнди. Иза вина I922–чу шеран 9–чу майхь Теркан кIоштерчу Лаха–Неврехь ахархочун доьзалехь. Винчу юьртара ишкол чекхъяьккхинчул тIаьхьа Теркан кIоштан «Социализман некъ» цIе йолчу газетан редакце балха дIаийцира иза I939–чу шарахь. Цигахь I944–чу шеран 23–чу феврале кхаччалц болх а бира. Махках ваьккхира дерриг а халкъаца цхьаьна. Казахстанерчу белхалойн Джезда поселкехь тайп–тайпана белхаш бира: Джездински марганец–эчиг доккхачу заводехь– откатчикан, бадейшикан, бухгалтеран, тIаьхьо– поселкан ишколехь хьехархочун, Каргандински областан Четски кIоштан «Четский» совхозан клубан а, библиотекан а доладархочун, иштта дIа кхин а.
I955–чу шарахь «дуьненан пролетариатан баьчча» И.В. Сталин велла ши шо кхочуш гIеххьачул аттачеделира махках даьхначу къаьмнийн дахар, малделира Iедал, алсамъевлира паргIатонаш, жимбелира бехкамаш. Казахстанехь юхаметтахIоттийра Нохч–ГIалгIайн хелхаран а, эшарийн ансамбль, кечъян йолийра нохчийн маттахь радиопередачаш, арадала доладелира нохчийн маттахь газета – «Къинхьегаман байракх». Ткъа редакцехь болх бан нохчийн меттан говзанчаш оьшура. Цундела кхечаьрца цхьаьна Алма–Ата гIала дIакхайкхира Джамалханов Зайнди а. Цигахь цо болх бира I957–чу шарахь Даймахка цIаверззалц. Ткъа цIавирзинчул тIаьхьа кIеззигчу хенахь болх бира «Ленинан некъ» газетан редакцехь, цул тIаьхьа литературан а, меттан а, историн а Нохч–ГIалгIайн Iилманан–талламан институтехь; винчу юьртахь ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьийхира цхьана хенахь, тIаьххьара изза болх бира Нохч–ГIалгIайн хьехархойн училищехь, хIинца а шен винчу юьртахь йолчу цуьнан филиалехь хьоьхуш ву.
Нохчийн мотт талла ша ишколехь доьшуш дуьйна волавелла Зайнди. Ткъа ойла тIеяхийттина болх бан волавелира ишкол чекхъяьккхича. Нохчийн меттан морфологин талламан белхаш цо дIабаьхьира СССР–н Iилманийн Академин меттан институтан профессоран Яковлев Николай Феофановичан куьйгаллица. Нохчийчуьрчу къоначу талламхочунна Iаламат доккха гIо–накъосталла дира оцу воккхачу Iилманчо. Н.Ф. Яковлевн гIоьнца язйира Джамалханов Зайндис I939–чу шарахь шен хьалхара Iамат «Нохчийн меттан синтаксис», ткъа кхечу Iилманчица, меттан говзанчица А.Хумпаровца цхьаьна– «Iилманан морфологи» I940–чу шарахь.
Мотт Iаморан а, талларан а болх ца хадийра Зайндис махках ваьккхина волуш. Цундела цIа веана шо а далале, I958–чу шарахь, цо вевзашхиллачу мотт таллархочуьнца, Iилманчица Мациев Ахьмадца цхьаьна арахийцира «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта бакъонаш» аьлла йолу Iамат, цул тIаьхьа– нохчийн мотт хьехаран коьрта киншка хилла дIахIоьттина йолу Iамат– «ХIинцалера нохчийн мотт», кхиерш а.
Дикка белхаш бина З.Джамалхановс лугIаташ (дошамаш) хIиттош а. Цо I966–чу шарахь Iилманчашца Мациев Ахьмадций, Оздоев ИбрахIимций цхьаьна арахецна «Оьрсийн–нохчийн–гIалгIайн лугIат», ткъа I992–чу шарахь профессорца Алироев ИбрахIимца цхьаьна– «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам».
Дукха болх бина Джамалхановс нохчийн бартан кхолларалла талларна, иза шуьйра йовзийтарна тIехь а. Вай лаккхахь билгалдаьккхина ма–хиллара, цо дIаяздина цхьамогIа нохчийн турпалаллин иллеш, халкъан эшарш, туьйранаш. Вайн турпалаллин иллеш дерриш а ца хаахь, царах дукхахдерш дагахь хаьа цунна. Цундела I959–чу шарахь цо а, Эльмурзаев Сираждис а арахийцира нохчийн фольклоран хьалхара том «Турпаллин иллеш а, эшарш а», цул тIаьхьа I96I–I963–чу шерашкахь–шолгIа а, кхоалгIа а томаш «Нохчийн халкъан туьйранаш, кицанаш, хIетал–металш». Суна дагайогIу и хьалхара том. Иза библиотекехь хилар дозалла дара хIораннан а. Сан а яра иза. ЧIогIа ларйира ас и киншка ткъе пхийтта шарахь. Хьалхара тIом балале, еша яхьийтахьара, аьлла, цхьана лулахочо яхьа а яьхьна, яйира сан и том.
Зайндих–фольклористах, мотт–талламхочух иштта яздора гоьваьллачу нохчийн Iилманчас, филологин Iилманийн доктора, СССР Iилманийн Академин меттан институтан куьйгалхочо Дешериев Юнус Дешериевича: «Дукха хан ю суна Джамалханов Зайнди вевза. Амма суна цкъа а ца вевзина, цунна санна, нохчийн мотт а, фольклор а дика а, кIорггера а хууш волу стаг. Со даима а гIадвахарца хьоьжу цо къинхьегамехь а, талламаш барехь гойтучу ша–шен ца кхооран хьуьнаре. Иза баккъала, ша санна кхин йоцу хазна ю нохчийн лингвистка Iилманан а, фольклоран а».
Джамалханов Зайнди, вай лакхахь ма–аллара, Iилманча–моттталламхо, фольклорист, публицист, цхьамогIа Iаматийн а, лугIатийн а автор, хьехархо (иза Российски Федерации халкъан серлонан хьакъволчу хьехархочун а, Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахьчу профессоран, НР–н халкъан хьехархо а цIерш лелош ву) хилла ца Iа, иза похIма долу поэт а, гочдархо а ву.
Стихаш язъян З.Джамалханов волавелира ишколехь доьшуш волуш. Цуьнан ирс хилира шен хьалхара стихаш шен юьртахочуьнга, хIетахь республикехь дика вевзашволчу поэте Нохч–ГIалгIайн радиокомитетехь дикторан болх беш волчу Мамакаев Iаьрбига ешийта. Лехаме а, буьрса а кхиэлахо хиллехь а, цо лаккхара мах хадийра къоначу поэтан байтийн. Цо радиочухула дIа а йийшира уьш, газета тIехь зорбатоха гIо а дира Зайндина.
Сибрехара цIа веанчул тIаьхьа З.Джамалханов стихаш дуьххьара зорбане евлира оьрсийн маттахь I957–чу шарахь Соьлжа–гIалахь араяьллачу «Теркан тулгIенаш» аьлла йолчу Нохчийчуьрчу нохчийн а, гIалгIайн а поэтин гуларехь, I959–чу шарахь Москвахь арахецначу «Нохч–ГIалгIайчоьнан поэзи» цIе йолчу антологехь. Цул тIаьхьа оьрсийн маттахь юкъаяхара Москвахь арахецначу СССР–н халкъийн безамах йолчу «Безамах йиш» бохучу антологин шолгIачу томехь а, I98I–чу шарахь Соьлжа–ГIалахь зорбатоьхначу «Нохч–ГIалгIайн поэзин антологехь» а.
Масех шен поэтически гулар арахецна Джамалханов Зайндис. Иштта, I959–чу шарахь зорбанера елира цуьнан «Сирла некъ» киншка, I964–чу шарахь– «Тешам», I98I–чу шарахь– «Ирсан некъаца». Цул совнаха, З. Джамалхановс дукха болх бина оьрсийн поэтийн говзарш нохчийн матте гочъеш а. Цо гочйиначарах ю М.Ю. Лермонтовн «Измаил–бей» поэма а, Б. Евгеньевн «Пулеметчик Ханпаша Нурадилов» поэма а, кхиерш а.
Кхечаьрца цхьаьна сийлахь–воккхачу оьрсийн поэтан М.Ю. Лермонтовн говзарш З. Джамалхановс нохчийн матте гочъяр ларамаза дацара. Филологин Iилманийн доктора, профессора Туркаев Хьасана шен «Нохчийн а, гIалгIайн а литературийн исторически кхолламаш» киншки тIехь иштта яздо цу хьокъехь: «Нохчийн а, гIалгIайн а матте гочйинчу оьрсийн классикийн говзаршна юкъахь хьакъйоллу йоккха а, бIаьрла гуш йолу а меттиг дIалоцу М.Ю Лермонтовн произведенеша. Дицлурдоцу М. Лермонтовн могIанаш нохчийн матте гочдан лаар, цуьнан дахарх шаьш даккхийдедойла дIахаийта гIертар хьехна дац юбилейни терахьаша, иза дегнийн хьашт хилар ду, «воккхачу стеган–нохчочун, кавказан лаьмнийн гIийлачу вахархочун» шен безамца поэтан безамна жоп дала лаар ду, сийлахь–воккхачу поэтаца шен син гергарло хилар дIахаийта гIертар ду». (Соьлжа–гIала, I978 – 2I7 агIо).
Джамалханов Зайндин поэтически кхоллараллин коьрта чулацам а, васташ а Даймахкаца а, цуьнан цIеяхханчу адмашца, цIенчу безамца а, Iаламца а доьзна ду. Цуо шен поэзехь хестайо нохчийн къонахалла, къинхетам, адамалла, халкъана ваца а, дика гIуллакхаш деш а ваха лаар, гIийлачунна гIо дан кийча хилар. Лаа ма ца яздора поэта шен цхьана байтахь:

Илли! Хьо хIор даг тIе,
Маьлхана тIе
Маьрша гIуо, Даймахках
Зевне дош олуш.
Хьайн озаца дуза ахь
Дерриг дуьне,
Ир–кара нах хIиттош,
Хазахетар доькъуш.

Со дукхазза а хилла Зайндин цIахь. Цхьана хенахь, Нохчийчохь хьалхара тIом хилале хьалха тхойша лулахь, цхьа куп бен юкъахь йоцуш, Соьлжа–гIалахь Первомайски урамехь вехаш вара, цхьа суьйре ца йолура со иза волчохь, я иза сан хIусамехь ца хуьлуш, охашимма къамелаш ца деш. ХIинца и чохь Iийначу цIийнах цхьа тIулг а ца бисна. Ша винчу а, кхиъначу а Лаха–Невре дIакхелхина Зайнди. Цигахь а хилла со дуккхазза иза волчохь. ХIинца а хуьлу. Суна даима а болх беш го и башха стаг: я язъеш, я хьоьхуш, я кегийрхошца цхьаьнаветталуш. Иттанаш шерашкахь ша–шен ца кхоош, болх а беш, З.Джамалхановс язйина иттанаш киншкаш: Iаматаш, Iилманан талламаш, поэзин гуларш, иштта дIа кхин а.
Джамалханов Зайнди шех нохчийн меттан верас ала догIучех цхьаъ ву. 90 шо кхечи цуьнан хIокху шарахь. Везачу Дала могашалла а, ницкъ а лойла цунна тIаьхьайогIучу ханна а! Шен доьзалан, гергарчийн, доттагIийн вуон ца гуш, ирсе вахар хуьлда цуьнан!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика