Get Adobe Flash player

postheadericon БЕКСУЛТАНОВ Муса. Хьанна, муьлха я мичахь



Юрт хуьлу, урам а, нана а хьан, лоха цIа а.
ТIаккха дуккха а кегий бераш, кIайн ишкол, хьехархо а.
Юха кхано, цхьа цIеххьана (шо а, шераш а, зама а тилча) набарха самаиккхича санна, хьо дIахьаьжча, – хьан лулара кIайн, лекха йоI, горга даккхийчу Iаьржа бIаьргашца, месаш а Iаьржа, дуткъа горга лаг а, меттабуьххьехь дуу дешнаш, йист кагъелла хьалхара церг а, юткъа озаелла, яхъелча санна, ирзехь цхьалха сериг
санна.......................................................

 


….хьан цхьалла а – буьйсанан цхьалла, – сахиллалц диттан генашца, лечкъаш, уьду беттан серло а, диттан генашца кеглуш санна, цкъа аталуш, юха хотталуш, мохо дIасасеттачу генаша шайца дIасакхоьхь-уш…………………………………………………………………............................
…. деса къуьрдаш, акха ойла, цуьнан бIаьргаш, къиза дуьне а………………
Юрт цхьанхьа-м жимлуш, яйра; и жима бер а, шена дицделла; сурт санна, сецна, ненан амат а; йочанах лозу шира чов санна, шерашца зуьйзу кIайн лулахо а…………………….
………. хьанна, муьлха я мичахь гуш ду-кх тхо вовшийн гIенах: я уьш сан дагалецамехь, я церан иэсехь со….
2009 шо, ноябрь

Iожаллин тIаьххьара гIан

Сагучунна гушдерг, бIаьрзечунна ца гуш диснарг бен, кхин хIумма а дуй-те, шина а дена – гучунна а, цагучунна а – гушдерг цхьаъ доллушехь: мархех гIуьйтту гIаланаш санна, долуш хета моьтту дуьне…
Вайна гуш а, долуш а хета кIайн дуьне бIаьрзечу стеган гIенийн дагалецаман васт дуй-те, вайн къиноша дестош хета эхартан таIзар санна…
Муха хир дар-кх бIаьрзечу стага – вешшехь бIаьрзе винчу – дуьллуш долу диттан IиндагIа, мича басахь хIурдан гIовгIа а…
Кхолларций, кхалхорций дуьней, эхарт а декъна (вовшах хада йиш йоцуш долу), аба-абадехь даха кхоьллинчу син дуьне хIун бIарлагIа го-кх, хIун моттаргIа я гIенан хIун IиндагI…
Сагучунна го моьттург а, бIаьрзечо довза лоьхург а цхьаъ дуй-те – азаллера шен беркъа са, хIара ду моьтту хеташдерг цхьа а хIумма а доций а хиъна…
Цхьа а вац-кх вайх бIаьрзе воцуш, я хIора а сагуш а ву: шен хилар – иэсан абадехь, шен кхалхар, юхакхоллар а…
Суна хаьа, суо а лийр вуйла, цу хааро юхаденвийр вуй а хууш – мацца а сайн вала везаро, – цкъа ган бен ца деллачу Iожаллин гIенах воккхуш; иза уггар аттачех а хир-кх гIенийн зIен чIагарехь, – цкъа бен ган делла доцу Iожаллин тIаьххьара гIан.

2009 шо, ноябрь

Сизан амал суьртан

Мархаш ала мархаш а я лаьмнаш а – хIан-хIа! – са некхехь лоьцург вайн дукхалла яц-кх, терахь а: хотIан кеп, кепан сиз, сизан шехалла йоцург – дукхаллехь цIеххьана го дуьххьарлера гушдерг: хатI, кеп, сиз, сизан амал цIеххьана гучу суьртан.

22 август, 2010 шо

Синтем

Аьхкенан де, дайн хIаваъ; кхура кIелахь, IиндагIехь лахуо уьду жима хи.
Хи чохь луьйчу бедан кIорнеш. Стиглахь, готан бIаьлнаш санна, магIаршца кхозу кIайн мархаш.
Цхьа а гIайгIа а, сатийсам а, синтем бен, тийна синтем…

11 июнь, 2010 шо

ХIун ницкъ бу-кх вай Iехорг...

Хилам а я хийцам а боцуш, юьхь а, сибат а ца хаалуш, цхьанаэшшара соьцу, туьлу, Iена моьттучу хенан хьегIарехь вай Iехорг хIун ду-те, хIун тешнабехк – вай сецорг: гIамаран сахьт, маьлхан некъ, беттан къайле; дIо-о мархийн ловзу васташ? Я гуттар а – чаккхе йоцуш, – даим иштта доьду хи? Некхан готтехь деган-хIума санна, шен хIазарехь – маццалц! – хаддаза хьийза хета хан а?
ХIун тешнабехк кху дуьненан, хIун хIилла я бозбуанчалла, цкъа диллина долу бIаьргаш юха Iожалца тIедахккалц кху денойх иштта чекхдаха, иштта тешо, цецдаха…
Юьхь а, сибат а, амат а доцчу, цхьанаэшшара соьцу, туьлу, Iена хетачу хенан хIазарехь вай тешорг хIун ницкъ бу-кх, хIун собар, сатийсам а!

Вайна Дела гур вуй техь-кх, вай Далла а – къинхетамца!

21.05.2010 шо
Мацца а – маржа! – мацца а цкъа…

Я денош а – де кхоьлина, – я Iа а шийла, хIан-хIа – я бацах техка баьрзнаш а,
– цхьа хIума а ца хета-кх кешнашкахь иштта гIайгIане, гIа-бацах чIанаяьллачу гуьйренан догIанехь Iийдалуш лаьтта чарташ санна, мохь-цIогIа а, орца а тийна, горга хиэбаш охкаделла хиэта беллачийн дайх-нанойх терра, мотт боцу къора тешаш хилла, некъахочунна геннара гIайгIанца тIаьхьа кхийда чарташ, хенаша куц-кеп а диъна, букар а даьхьна, тиш а дина…
…мацца а – маржа! – мацца а, сайн денойн зIе хаьдча – сан юьртахь, эвла йистехь, сан Олхазар-кIотарахь, – сох а дуьсур-кх иштта цхьа чурт, кошан борза тIе бертал а дахна, корсам а летта, бос а тилла, некъахочунна геннара доIа-дехарца гIийлла тIаьхьа хьежа…
…. Мацца а – маржа! – мацца а сох а…

5.05.2012 шо

Со-м вац хьо, хIей воьдург!?

И анайист а, стигал а сийна, и чубуза цIийбелла малх а – дуьххьарлера хIоразза а маццах цкъа хилларг бу-кх, Адамна (Д.с.м.) цкъа гиннарг, Хьавас дина некъаш а цуьнца, къастар а церан, безам а, зуьреташ а царех девлла….
…схьа а вогIу стаг, дIа а воьду юха, малх а го цунна, стигал а…
… юха кхин вогIу, цхьанна кхин хиэта, кхунна иза а ма-хеттара…
…. цул тIаьхьа важа, иза а кхин я и цхьаъ дукхазза а, я дуккха а хиэташ санна, даим вогIу цхьа Адам, цхьа Хьава а, цхьа малх а иштта – хIоразза а дуьххьарлера, цхьа стигал а, анайист а цхьаъ – кхин гуш ша хилларг йолу…
…дукхе-дукха дуккхехаза дуккхаза а карладуьйлуш, вайна иштта дукха мел хетарг цхьа адам дац-те я цхьа са – цхьана сих дозуш, цхьа малх а санна, анайист а, цхьа Хьава а, Адам а цхьаъ, хIоразза а вогIу-вогIучуьнца даим юха керла вогIуш: хьоьца, я соьца, я вукхуьнца гуттарлера цхьа Адам, хьо а, со а я иза а воцуш, дерриш а вай, вай – цхьаъ, хьо – со а волуш я со – хьо…
… хьо кхетий, хIей воьдург: со-м вац хьо я хьо – со…
…вайша мичахь тилла, алахь, мича некъехь, динехь мича…

8.05. 2012 шо

Хьан вий-кх хьо, хан хадош!

Кху адамаша лаьтта тIехь мел кхоьллинчу хIуманал – ас ца дуьйцу тоьпан молха а, я вилспед а, тилпо а, – со Iадорг, цецвохург я тIаьхьа-тIаьхьа цакхетарг хенагуой, сахьт, куьзгий ду-кх, Дала елла хан хийца санна, адамо екъна Делан хенаш: тахана, кхана, селхана аьлла, минот, сахьт, секонд а кхуллуш, Делан абаде юста гIертар, дIасайоькъуш, сацо а, шаьш гуттар а хир мотта санна, хан Iехо, Iожалла яйа…
… хIетахь дуьйна, кху адамо сахьт кхоьллича дуьйна схьа – сахьт а, куьзга а, хенагуо а, – хIора шарахь, минотехь, секондехь, кIирнахь, доьIучу сица, ечу ойланца – уьрса кIела дуьгу бежана санна, – Iожална тIе вуьгуш ву-кх со, мелла а гена хила там болу сайн Iожалла тахана, хIинцца, кху сохьтехь, кхуззахь гуш…
… хьан вий-кх хьо – хоьтту ас сайга, – цу хIумнах цIеххьана кхетта – хан хадош, хьан вий-кх хьо, абадехь веха волу хьо денна хIунда воь-кха кху адамаша, хIора денна вуьйш, секондехь, доьIучу сица, ойланца а… хIунда!

13.05.2012 шо.
ХIун хилла-те, хIун ца хилла!

Со я хьо, вай дерриш а – уьш боцурш, берриш а, – хилча а хIун тамаша бар-кх, хета-кх суна, тахненах ца тешаш, кханенга сел сатесна хила, бIешерашка даха санна, рицкъа Iаош, деши уоза… сел хьере хьийзарх вайх тамаша бан мила вар-кх: вайна хаза бен ма ца хезна, дуьйцуш бен, олуш а…
… уьш-х гинарш бацара тIаккха, ладегIнарш, хьежнарш цаьрга, церан некъийн лар хьоьшуш, биллина царна тIаьхьа лелларш, церан куьг лецна, яххьаш гина, церан аз хезна, къамелаш?!…
… царна муха мегна техь-кх – хета-кх суна юха а, – шайн къаьмнех Делан пайхамарш бевлла хиллачу нахана хIунда мегна-кх – рицкъа латторг Ша ма ву, бохучу Делан дош а дицдина, – сел хьере кхане лиэха, дийнна мехкаш, пачхьалкхаш кхаббала долу рицкъанаш коьртан цIарах дIа а хьулдеш, Далла доIанна куьйгаш леца муха тарло-кх цу нахана и пайхамарш бевллачу махкахь, уьш леллачу лаьтта тIехь… ХIун ду-кх вайга кхана хьоьжург, хIун хилла-те, хIун ца хилла!
17.05 2012 шо

Марзонашна – дIаяханчу

Цхьана хенахь-м – хенаш а яр-кх цхьана хенахь, маржа! – накха эккхал, гатлора-кх гIаргIулийн мохь схьахезча, и «къаркъ-кIиркъ» церан Iийжаме, и тийжам а, аьзнаш а церан, къастаран балхам санна, ноташкахь хиэда ноташ, Iодикаярца я кхайкхарца дIавоьхучу цу маьхьаро дуьне ма гатдора-кх, когашца хьуьйшу хIара бай-кIажа, цхьана кхечу махка, кхечу мехкашка, кIайчу хIордашка, стигланашка, сих къасттал сих вуьйлуш, сахьийзош, синбIарзлуш…
… тиэ а-тика а, я меттаван а, я сацар а, собар а доцуш, царна тIаьхьа иштта, цу маьхьарна, цу мукъамна, къайленна тIаьхьа, ладарх санна, сих Iеначу цу гIайгIанна тIаьхьа дIаваха, цIа а, цIе а, мохк а, юрт а йитина, хьайн урам а, шовданайист а, акха кхойкхучу жималлийца анайисте кхаччалц дIа, гIаргIулийн некъашна тIаьхьа, цигара дIа а – малх бузучу, малх бешачу, лечу, буьжучу, цу аьзнашна – аз хиэдачу, – ирс дайначу мукъамна тIаьхьа…
… ткъа хIинца-м, эхI, хIинца-м цхьа гIийла, миска сатийсам, кхин цкъа а иштта, юха гурахь, кхечу шарахь, кхин шо дузуш и аьзнаш схаьхаза хьо хир вуй-те, бохуш, шаьлтан бохь санна, гатлуш, къилбехьа йовчу гIаргIулешка, тIаьххьара санна, хьан хьежар, хьан латтар, вицвелча санна, хьан кийрахь хьайна велхар, марзонашна – дIаоьхучу, дуьненна а – дуьсур долчу………

17.I0.2011 шо

Хаттар

МостагIчунна шен мостагI цавезарх-м кхетара со (кхин бахьана ца хилча, хьан бахам я хьан зуда цхьана кхечунна езаялар а бу-кх хьан бехк), амма со цакхетарг – сан къам а дийна, сан мохк а хьаьшна, сан лаьттан дегаюккъе I8I8-чу шеран 22 июнехь «Грозная» аьлла тIеман гIап югIучу паччахьан инарлас Алексей Петровича Ермоловс цу гIопан кеп ялх маьIиг йолчу жуьгтийн седанан хьесапца нисъяр ду-кх со цецвохург я тIаьхь-тIаьхьа цакхетарг…
…Инарла гIазкхи ву, паччахь а ву гIазкхи, Нохчийчоьнах леташъерг гIазкхийн пачхьалкх а йолуш…
… цу гIазкхийн паччахьан а, пачхьалкхан а, цу гIазкхийн къоман а цIарах лиэташ волчу гIазкхийн паччахьан инарлас-гIазкхичо ша югIу тIеман гIап жуьгтийн седанан кепехь ялх маьIигца йогIар мича Iалашонца хилла техь-кх, я мичара-хьанна дагадеъна, я стенга кхача лерина…
… Петербух а мичахь ю-кх, Нохчийчоь а хьанна гина, цIа-цIе а я мохк а боцу жуьгти а мила ву-кх хIетахь сан махка иштта орам таса, лар йита гIорта, лорах ваза…
Цунах ца кхета-кх со я цкъа а кхетар а вац, букъе а я некхе а воцчу, вийца хезна а, гина а воцчу, цIа-цIе а я мохк а боцчу пана лелачу цхьана стага нехан махкахь лар тийсарх, мичара-муха, хьанна-маца гина ала дийца а доцуш…Мила ву техьа-кх вайх лиэттарг я хIинццалц лиэтарг а вайх?

1.06. 20I2шо


Дехье оьхьу хьажар а цхьа

И хIоттам я сингIайгIа, дагабан хьиэгIа дагалецам – ца ваьхначу дахарх болу, сино ша лоьхуш санна, – цIарца хаало-кх хьуна гуттар а, буьйсанан къораллехь, хьо хьуо хьайца цхьаь висча, йоккха йогучу цIарна уллохь, тийналлий, буьйсий бен, кхайкха хазе са доцчохь, цIарал дехьа, цIеран меттанашца цхьа къайле гуш санна хеташ, хIинц-хIинца ясталуйолу сингIайгIан хьегаме ойла…
… юха, сарахь, малх бузуш, суьйре генна лацаелча – гуьйренан еха суьйре, анайистаца цIеран асанаш татолашца юткъа яхъелча – лакхахь бода, Iаьржа мархаш, куьг кхочче йистина стигал, ткъа дехьа, анайисте, сирла къоьжа го гена гене…
… хIорд а бу-кх иштта синкарзахе, са Iадош, даржош, доькъуш…
… зIе ца хеда лаьмнаш а лекха; сесаган хьажар а цхьа, аьхна, меллаша, горга керчаш, гIайгIанна декъа воьхуш санна…
… дуьххьара дерг, дукхазза санна, хIоразза а керла хIуттуш: хIорд, цIе, лам, анайист а, дехье оьхьу хьажар а цхьа…

Ша хуучунна хуур-кх иза…

Деза йозанаш диссале хьалха, жехIелан заманашкахь – вай дуьйцурш Забур а, Товрат а, Инжил а, Къоръан а ду, – нехан дукхе-дукха – хIора тайпан, гаран, доьзалан шен-шен а волуш – Деланаш болчу шираллехь, мел тасло дов-бекхам цу Деланашца боьзна хилла-кх: тхан Дала тхоьга аьлла, тхан Дела оьгIазвахна, бохуш, цабезаман хьаьгIнашца цу адамаша вовшийн дойуш, кортош дохуш, цIий муьйлуш.
Дукха заманаш, шераш, эз-эзар хенаш евлча, Дела кхоъ вуьсу, Бакъволчуьнца харц шиъ а волуш: АллахI, Кришна, Иисус; дин а дуьсу кхоъ, кхаа Делан кхо дин, ткъех гергга гаране а доьрзуш.
БIе эзар, ткъа эзар, виъ эзар пайхамар-Iу хIоттош, шена бен хаа йиш йоцчу шен абадехь АллахIа тIаьххьара пайхамар ваийтина цхьа эзар диъ бIе ткъе кхойтталгIачу шеран аьхкенан хьалхарчу беттан шоллагIчу рузбан дийнахь ас сайга хоьтту: маса бIе шо, эзарнаш шераш-зама ера ю-те кху лаьтта тIехь, кхаа Деланах цхьаъ виссалц, эзарнах кхоъ хила аб-абаде яьлла хилча?
Ша хуучунна хуур-кх иза, хилла а, хир а волуш а волчу гуттарлерчу Цхьана АллахIана.
15.06.2012 шо


Кху дахарна ваха Iама

Патарна хьалха IиндагI додуш, IиндагIна тIаьхьа – патар, дIо-о стиглан сийналлехь гуьйре дIа новкъа яьлча, хиншабарш а, лагIдала доьлла, малх а, цIанлуш, жимбелча, хьайн шерийн денош луьстуш, къоналле хьаьдча ойла, накъостий ца го-кх хьуна, оццул хилла нийсархой, берриш а цига дIабахча санна, дукхахберш – цигахь, хьан шераш а, денош а эцна, синкъерам а, гIайгIа а……………………………………………………………………… …………………………хьуо гIайрехь караво-кх хьуна, хин юккъерчу гIайри тIехь (дуьненан хи хьаьддачохь, Нохь пайхамаран кIант санна), де-дийне гатлуш йолчу, жимлуш йолчу, кхачалучу, мел догIу де тIаьххьара хеташ, мел йогIу буьйса – циггара, Iуьйренах совгIат хилча, суьйренах бала хуьлуш, гIан-набаро Iехийнарг уггар а маьрша хан а лоьруш, дагалеца дагалецамашка ваьлча, ойла ерриг а цаьрца хьодуш, маццах цкъа хьоьца хиллачаьрца, хьоьца боцчаьрца, беллачаьрца………………………………………… ………………………………………………………… ………………...............
гуьйренца гIа эга доладелча, догIа дахделча, йочана, са ша-шен сих лиэтталла, гIайгIа язлуш, юткъаелча, кийрара мохь гIоттий-ц хьан, мохь болий-ц, узар: «Йа АллахI, АллахI! – бохуш, хьайн Деле орцадаха – хIора а де дуьххьара луохьа, дуьххьара санна, цецвала, бераллехь боккху ког санна, кху дахарна ваха Iама, кхин цкъа Iама, кхин цкъа а, дуьххьара санна, тIаьххьара…»

 

Обновлено (27.07.2012 08:00)

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Наши авторы
joomla
ГСПИ
Баннер
Сердце Чечни
Баннер
Победа в ВОВ
Баннер
Vinaora Visitors Counter

mod_vvisit_countermod_vvisit_countermod_vvisit_countermod_vvisit_countermod_vvisit_countermod_vvisit_counter
mod_vvisit_counterСегодня107
mod_vvisit_counterВчера355
mod_vvisit_counterНа этой неделе1086
mod_vvisit_counterНа прошлой неделе1765
mod_vvisit_counterВ этот месяц462
mod_vvisit_counterВ прошлом месяце7992
mod_vvisit_counterВсего99242

Online (20 minutes ago): 5
Your IP: 54.242.204.141
,
Now is: 2014-10-02 06:22