Шен могIа…

PDFПечатьE-mail

 

Шен могIа…

 

Ас, мукъамца

Ломан белшах туьйсуш,

Маьрша аьрзу

Кхузахь хелхадаьхна…

 

Цхьа могIа я цхьа васт, цхьа суртхIоттор тоьа поэт вовза я иза художник ву-вац хаа:

 

Озае вайн пондар – левси,

Тоха куьйгаш, богIа бохь!

Кху дуьненан кхехка кхевси

Юьсур ю вай деллачохь! –

 

цо дуьйцучух кхета а. Цхьа бIе я эзар агIо йолчу киншкехь поэзин ши-кхо жовхIар карийча а, тохало дог синкъерамна, ткъа Дакаев СаIидбекан поэзехь дог хаддаза хелхадуьйлу цу зовкхана доккхадерца.

Хазалла я синкъерамаш – деган гилгаш дуьйцу вай – бIаьргашна гуш я дагна иэхьалуш хуьлу.

Кхузахь и ший а цхьаьна ду: кхузахь поэзи а ю, сингаттамаш а, къестарш а…

 

Хьан суьйренаш!..

Хьан хазаллех тардала

Гергахь, генахь

Сан хIун дара, ГIоьрдала?!

Лаьмнаш лоькхуш,

Мерзах дека юьртан зов

Малх а, техкий,

Беснеш ягош, орцах бов…

 

Экамалла – маццах хьегначу безаман экамалла – бIаьрла хаало кхузахь чIогIа:

 

Байттамал! – БIаьргашна

Ган йиш ю шарахь я баттахь;

Тоуьйту къайллаха

Хьо еза дог хилар меттахь.

 

Сан бакъо кхачош ду

Хьо хилар кхечунан долахь…

Нахалахь ца кхайкхарх,

Цхьа наггахь сан безам голахь –

 

цхьа а тийжар а я деза-даьсса дешнаш а доцуш, бакъйолу гIайгIа къинхетамца дагалецар а.

Художникаш тайп-тайпана, бен-бен хуьлу, цхьаверг – цхьана некъан, цхьана мукъамна, цхьана иллина а нислуш, кхиверг – дерригечу дахарна, цуьнан вон-дика а, къаьхьа-мерза а шен даг чохь тардеш.

СаIидбекан поэзехь суна дерриг а го кхузара – Нохчийчуьра, вайн махкара, сайн юьртара, урамера, бераллера дуьйна схьа суо хене валлалц.

Сан бIаьрхиш ду кхузахь, сан воккхавераш а цхьаьна, дагалецамаш а бераллин:

 

БIаьстено кхайкхина,

Генара далийна,

Маршалла хаьттина соьга,

Бертахь ши чIегIардиг,

Iаьржа мас къагийна,

ХьошалгIа доьссина тхоьга… –

 

я кхидолу денош а вайн шайн аматашца:

 

Де дIадели,

Сирник санна, даьгна.

Серло ешна,

Кхийдаш маьркIаже:

 

Вайн мехкан лазамаш а шайн моьнашца, доьналлица бала лайначу кху къоман шехалла а:

 

Хьо – дорцехь шелделла,

ГIайгIанехь – гIелделла,

Пхьор доцуш – мацделла,

Хи доцуш – хьагделла,

Дуьненан къа доцуш,

ТIекховда гIо доцуш,

ШелгIано Iовжийна,

Саготта хьовзийна.

Бехк гайта кхиэл йоцуш,

Шеретан шай доцуш,

Iаршмайда гайтина,

Хьан бакъо харцийна.

Ца дала, кадетташ,

Къурд бина, садетташ,

Эзарза ца делла!

Эзарза денделла!..

 

Декхна деанчу цхьана дийно эз-эзар хазалла йохьу кху лаьттахь а, стиглахь а, бецан патаршца, диттан гIашца, дIо-о мархийн цинцашца а…

Поэзи – и цинцаш, и къиэдарш, Iай коран бIаьрга тIе гIурано дехкина детин кIайн суьрташ а ду, гина ялале йовш йолу цхьа генара мIаьргонаш я моттарш, хиэтарш вайна – мотт боцчу дагна хазалло доху гилгаш.

Поэзи – екъаелла ю, цхьанхьа цкъа а сецна а йоцуш, массаьрца а кIез-кIеззиг; цуьнан шорто иза а ю – массаьрца а я массо а меттехь даима иза хилар, Iай-бIаьста я гурахь-аьхка бен а доцуш…

 

Гиний шуна, бегаш боцуш,

Цкъа а тидам биний аш,

Лаьттан цIенкъахь сиз-лар йоцуш,

Когаш текхош IиндагIаш?

 

Поэзи – бералла а ю, бераллица лар яйначу вайн шерийн байттамалла а…

 

Сан бералла

Ловзуш лелла хIетахьлера.

ТIаьхьакхойкхуш:

«Марша гIойла!» – соьга аьлла,

Новкъавоккхуш,

Иза-м генахь хераяьлла.

 

Жолам яI шу! –

Эвла йистехь ловзу бераш.

Са ца Iебаш,

Яъал мерза бIаьсте церан.

СакIамделла, самаяьлла ойла хьаьий,

Куьлланех а,

Лечкъаргех а ловза лаьа.

 

Хьовсур дар-кха,

ГIора мел ду лаьттах тоьхна,

Тата доккхуш,

Хьенан тахьтарг муха йоьхна.

МогIа нисбан

Билгалдинчу сизе довлуш,

Хохкур яр-кха

Хьалхайовла серийн говраш.

 

ХьаьжкIаш ятта

Алу кегош, мацах децас

Дуьйцурш хезна

Туьйранаш а дара дийца.

Маьлхан товнехь

Йовхо хьаьхна, Iалам тийча,

Шух дIаийна,

ВогIур вар-кха хи тIехь лийча.

 

Нохчийчохь хилла а, болуш а болу бакъболу поэташ шайн лар йолуш хилар тов суна чIогIа, церан шайн-шайн могIа хилар, хазалла а шайн-шайн.

Царех цхьаъ Дакаев СаIидбек а ву шен лазамца, дагалецамашца, ДегIаста бен, кхин мохк а боцуш, шен къам бен – гIортор  а, доIанаш а цу маттахь а долуш – шен къоман маттахь, Нохчийчоьнна аьлла бен, кхин бахам а, вахар а доцуш, шен «гуьйренан тIомах тесна, има-беркат декъа  а веъна».

 

Иштта дац и…

 

Делан дуйнах чIагIо йина,

Дийца сецна бакъдерг ду сан:

Иштта дац и… Со ца вина

Барзо кIезий динчу буса.

 

Жирга берзан буьйса эцна,

Со ца веъна дахар цеста.

Ас кху лаьтта Iуьйре хецна,

Маьлхан динахь дахар хьеста.

 

Со ца веъна кху дуьнена,

Пусар доцуш бакъо хьеша,

Зоьртал хиларх, цхьана дена,

ГорахIуьттуш, велакъежа.

 

Со ца веъна, ши куьг лаьцна,

Карахь-куьйгахь доцуш, тиэкъа.

Сан гуьйрено, тIемах тесна,

Ийман-беркат деъна диэкъа.

 

Оьшучунна, чIагIо йина,

ХIитта дийна тешаш бу сан:

Бакъ ма дац и – со ца вина

Барзо кIезий динчу буса!

 

Дакаев СаIидбек нохчийн поэзехь, нохчийн дешан искусствехь шен дош а, шен дешан мах а болуш, дикачу поэтех цхьаъ ву кху Нохчийчохь, шен хатI а, шен могIа а къаьсташ.

 

                                                                  Бексултанов Муса, яздархо

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика