АТСАЛАМОВ Идрис

PDFПечатьE-mail

 

Яхь

 

Вайн лаьмнийн юьртара Къашин ВахIаб вахана хилла  Мержа берам олучу метте, шайн доьзалшна туьха дан. Хетарехь,  хIинцачул цхьа  бIе шо  сов  хьалха хилла иза.

 

ВахIаба ша деш  хезна  шена и къамел олий,  дуьйцура  тхан  дас  Iатсаламан Iумара.

Мержа берам тIехь  туьха  доккхуш хилла хIетахь. ВахIаб дIакхаьчча, схьадала  туьха ца хилла. Шена  оьшшучул туьха вовшахкхетталц  хан яккха  езаш хилла кIант. Къашин  ВахIаб жима  стаг хилла, ткъа шо сов  хан  елахь, кхин воккха  а  воцуш.

Делахь  а, эхь хеташ, нахана  юьстахо Iаш, шен  хенахь ламаз деш, Дела хьехош, шега  далун гIо туьха  доккхучарна  а деш, денош-буьйсанаш  йохуш  хилла ВахIаб. Ткъа Берама  тIехь  йолах белхаш  беш хилла наха – дечиг доккхуш  цхьаберш,  гулдеш кхиберш, говраш йолчара дечиг  тIекхоьхьуш, хаддаза  цIе  ягош, хи кхоьхьуш  кхихкина  хи  кхачийча, шелбалийта, яй  юьстахбоккхуш, цу  чуьра туьха схьаоьций,  цхьана метте гулдеш. Доцца аьлча, къахьоьгуш дуккха а нах хилла  Берама  тIехь. Туьха эца  баьхкинчийн  а хиллачух тера  ду  рагI. Оцу  белхаш тIехь  болчу  нахах наггахь хиллехь а,  ламаз  деш хиллачух тера дац.

 

Мухха  делахь  а,  ВахIаб  уллохь  сецаш  йолчу  къонахийн  тобано шайн къинхьегамна   мах схьабелча, ахча   вовшах  а тоьхна,  уьстагI эцна, гулбелла хилла. ТIаккха цара  ВахIабе  аьлла: «ХIокху уьстагIна  ахь урс  хьакха а  тхоьца ахь жижиг  даа а лаьа тхуна. Тхоьх цхьамма урс хьаькхча, ахь жижиг ца  даа  тарло».  ВахIабе  схьакховдийна  ирйина   шаьлта.  Эхь хетта  а, воьхна  а лаьттачу  ВахIаба, шаьлта   схьа а эцна ша  муха  олу  а ца  хууш: «Суна  нийят дан-м  ца хаьа», –  аьлла. Массо а  тап-аьлла  сецна,  вовшийн  бIаьра  а хьожуш.

Юккъера  цхьаъ  вистхили  бохура, шен кхакханан  куй хьаж тIе  а теттина:  «И бохург  хIун  къамел ду?! Яхь йоцчу нехан  воккхах а  ма хуьлда  сох, бартбоцчу доьзалан  да  а ма хуьлда  сох,  алий, шаьлта хьакхахьа  цунна».

– Бакъдолуш, хIетахь  Къашин  ВахIабца  лаьттинарш  урс хьокхуш  нийят дан  хууш  ца хиллехь а, хьекъале дешнаш-м  хилла оцу къонахчо аьлларш, – олура  тхан  дас, вела а луш.

 

ХIара   сайна  дагахь  дисина  хьекъале дийцар далош, дало  лии  суна  вайнехан амалехь  доккхачу маьIне лоруш долу – яхь – олуш  долчу дашах  сайна  девзинарг, наха  сийлахь  деш,  дуьйцуш хезнарг.

Бохург  ца хуьлучу  кху  маьлхан дуьненахь,

Адамийн дог  кийрахь  гIайгIанца  кхуллучул,

Вай дина  делара  чергазийн  кхелаша,

Дика дой  ду,  бохуш, яхь йолчу  кIенташа 

Вай  дуьйцур  ма дара, – иштта могIанаш  ду  цхьана  нохчийн  иллехь.

Кхечу иллехь ду:

Ва нанас  ма  войла  яхь йоцу и кIант

И вича  ма  кхиа  цу  дийнахь делккъалц…

Дика  вевзашволчу  нохчийн халкъан  яздархочо Бексултанов  Мусас шен  цхьана  дийцарехь яздо: наха  лоруш, юьртахь  цIе  йоккхуш  волу  цхьа  къонах,  масех дийнахь  цIахь  воцуш  лелла, цIа  вогIуш,  юьртан  пхьоьг1анахь  сацавелла  лаьтташ хилла, дуккха а нах болуш уллохь.

И къонах,  шен  майра,  юьрта  кхаьчний, пхьоьг1анахь  лаьттий  хиъча, еана,    зуда  генайоцуш   сецна. Цо элира  боху шен майрачуьнга, мохь  а тоьхна:

– «ХIей, хьо лаьтта  деха  дегI дерг!– аьлла.  Майра а, кхиболу  нах а, цуьнгахьа  хьовсуш,  севцца. – Да нелца воллийла-кх, хIокху сан  шина   куьйга бод хьакхош, кхин сискал-м ахь юур  елахь».

Къонахчо зудчуьнгахьа а воьрзуш:

– ХIун дуьйцуш  лаьтта хьо, Iовдал, яло  хьайн  чу гIо. – ТIаккха  нахехьа  а  вирзина, – эцца со  цIахь воцуш  цхьамма цхьаъ дийцина  хир  ду-кх цуьнга, – аьлла.

Ткъа хилларг  хIун  хилла?  ХIара  къонах цIахь  воцуш  лелачу  деношкахь, цхьана  къовсаме  а, девне а  дала  тарлуш долчу  нехан  гIиллакх-юкъаметтигашна  тIе  кхаьчна  хилла. МаслаIатна  юкъабевллачу  наха,  и къовсам  бакъ-харц къастош,  хадам бар  хIокхуьнга  делла  хилла. Эццахь  ша бинчу хадамехь  хIокхо: «Хьо хIокху тIехь  бакъ  вац», –  аьлла  волу   стаг кхуьнан зудчун, дукха  уллора   вацахь  а, гергарчех хилла. Иза  гергара  хилар-цахилар  хьесапе  а ца  оьцуш, нийсадерг  дIааьлла  хилла кхуо. И дерриге а  сиха  дIакхаьчна цIахь  йолчу зудчуьнга. Шен  майрачо бинчу  сацаман бакъ-харц хууш йоцуш,  схьалаьцнарг  цо  ша олу  дош стунцахошкахьа  ца узуш алар  хилла  яхь йолчу зудчунна халахеттарг.

Яхь бохучу  дашна   цу  тайпана   маьIна  луш  а бу  дуккха а нах. Шен  юьртара   ву,  тайпана   ву  олий, харцлуьйш волчу  стаге  юьхьадуьххьал  хьо  харц   ву  цаалар, яхь  йолуш  хилар-м  хIетте  а  дац, мелхо а эхь  лоруш  ду. Ткъа  эхь  ца хетачу  стагана  уггаре а хьалха  ша-шех  ца  хета  эхь.

Цул тIаьхьа кхечарах а  ца хета  иза. Ша-шех эхь  цахетар, ша  ледара  стаг  хилар  даг чохь  шена   хаа  а  хууш,  нахана   ша ледара,  пайдабоцуш хетаран  бала  а  боцуш хилар ду. Юхьадуьхьал  хьо  ледара  стаг ву  аьлча, девне   вала кийча  а хуьлу  ишта  стаг.

Адамийн  дегнаш чохь, ойланашкахь  ша  осала ца  гайтарна, гIайгIа  беш  бац  и тайпа  нах.

М.Бексултановн  дийцаран турпалхо-зуда-м хилларг ма-дарра  хиъча,  ешар а яцара ша ишта осала гайта. Цуьнгара даьлларг  цхьамма динчу къамелах  тешна  шен  гергарчу  стагана, цхьа харцо шен майрачо  тIейожийна  моттаделлачух тера ду. ХIинца кхидIа а ойлаер  вай. Лакхахь вай далийначу  къамелехь яхь бохучу дешан маьIна  кхето  гIерташ, эхь долуш-доцуш  хилар  хьахадели  вайн. Герггарчу  хьесапехь, яхь  йолуш  волу  стаг  эхь  хеташ хир ву, эли вай. Уггаре а хьалха ша-шех эхь  хеташ хир  ву яхь йолуш  волу  стаг. ТIаккха – нахах а.

 

Яхь  йолуш, вуьззина  къонах хилла цхьа  хьанех, олий,  хьахаво вай цхьаверг,  ткъа  кхин  цхьаъ хьахаво:  хало  тIехIоттарх  йохьах ца  воьхнера, олий. Цхьаверг  вуьйцуш  олу, яхь дIа  ца  луш,  веллера, олий. КхидIа, вовшехдагадовларан  кепехь хоттур вай  ваьшка:

 ХIун ду-те  цу  дешан ма-дарра  маьIна? ХIун оьшу-те  яхь  йолуш  хила?   Цунах  муха  кхета  веза?

Нохчийн  халкъо бIеннаш  шерашкахь  гулдина яхь  бохучу  дашца  гуобина  юкъалаьцначу  кIорггерчу  маьIнин   ма-барра  мах хадо  Iалашо  яц  сан   сайггара.

Делахь а, дахарехь  айса дешна  а, хезна а, гина  а долчех  масалш  дало   хьожур ву со. ТIаккха, хIара могIанаш дешначара шайна  хетарг, девзинарг  дуьйцуш  яздан  а там бу  кхин а шайна девзарг.

Суна  дагадарехь,  дIадаханчу бIешеран  70-чу  шерашкахь  яздархо, журналист  хиллачу Ясаев Мовлас  «Яхь» цIе йолуш повесть язйина. Оцу хазачу повестан  чулацамах а, оьздангаллин  агIорхьа долчу маьIнах а леррина  дийца  догIура. Делахь  а суна кхузахь гайта  лаьа,  повестан автора  турпалхочуьнгахь  яхь гучу  муха  йоккху.

Ша езаш,  шена тIехьийзаш,  гIеххьа шен  безам  а болуш  волу   цхьаъ,  хадош  дIадаьккхина   захало  а доцуш  (гIеххьа  шелделла хиллехь а  тIаьхьарчу хенахь) кхечу,  шена   везачу  кIанте  яха  хан юьллу йо1а. Оцу  йоьIан  вешина  шен зудчуьнгахула иза  хаьа. Цунна  иза Iаламат  деза ца ло, йишас хан йиллинарг  шен  доттагIа  ву  бохуш хилла хиларна. ЙоьIан ваша дагаволу  шен гергарчарех. Цара   сацам  бо:  йоI  хьалха  тIехьийзаш  хиллачуьнга   дIаяла. ЙоIа  хан  йиллина  буьйса  муьлхарниг ю а  хиъна, хабар  дохьуьйту оцу шаьш  бохучуьнга:   хьайна  езахь  йоI   дIайига,  олий. Изза буьйса  а юьллу. Амма ши-кхо сахьт  хьалха, йоIа  вукхунна йиллинчу  хенал хьалха  схьахьоьху нах. ХIумма  а дагахь  доцу  йоI  шен  несана   тIаьхьа а  хIуттий,  баьхкинчарна  тIейоьду. Уьш  дIабоьлху. Ткъа кхано, ши-кхо де даьлла, IалагIожа дIайирзинчу хенахь  шен  нускал  долчу чу веанчунна гуш  хуьлу  йоI  йилхина а, кхоьлина  а хилар. ТIаккха,  ма-дарра  хиллачух ша кхетча,   ша  далийна нускал  а оьций, йоIа  хан йиллина  хиллачун хIусаме  воьду.

Шена  езаш а  йолуш, цхьана юкъана  ша тIехьийзина  а,  шен  наха  резаболуш  схьаелла а, шен   цIартIе  яьлла  а  йолу   йоI, дийцаран турпалхочо  шен  цIартIера  а йоккхуш,  дIа а йигина, йоIана  везачуьнга   дIаялар  муьлхачу ницкъо  дайтина-те кIанте?  Цкъа-делахь, йоI  шел дукха кхин везаш  юй  хуъушехь цуьнца   вахар, ша  къоладича  санна а хеташ вахалур  вацара и. Цунна  шех а, оцу  йоIах а эхь хетар дIадер дацара. ШолгIа-делахь,  шен  безам  маьрша, цхьамма  ницкъбар  доцуш, хила луучо,  кхечунна  а бийр бац  ницкъ а, лазам а. Ткъа  хIинца  оцу  масала  тIехь  ала тарлуш  дуй:  яхь  йолчу стагана  эхь  хеташ хир ду, харцо  еш хир  вац. ХIинца  вайн  ала ду:  яхь йолчу   стага   цхьанна а гIело  йийр  яц,  харцо  йийр  яц.

И кхо  хIума кхачаме  дуй  стаг  яхь йолуш  ву  ала?  Хетарехь,  цхьа а  дуьхьал  хир  воцуш, массара а  къобалдийр долуш  долу  хIума а  тIетухур ду  вай  оцу лакхахь аьллачунна – яхь йолуш  волу   стаг  собаре  хир ву. Цо оьгIазвахханчохь я халоно  хьовззийначохь, сихвелла,  хIума  эр дац я хIума дийр дац.

 

Граждански  тIом  болуш  ша имам кхайкхийна хилла  волчу Гоцински  Нажмуддин накъост хилла  аьлла, Советан Iедало  лаьцна  хилла Зумсара  Шемалан Атаби.  1924-чу шарахь  Ростов-гIалахь  Шемалан  Атабина а, кхин  масеханна а  тоьпаш  тоьхна. И нах  бойъуш Iедало  хьовсийта  гулбина   республикин  Iедалан  хьаькамаш  а, кхиболу жигархой а хилла. Цигахь  Нохчийчоьнан  куьйгалхойх хиллачара  тIаьхь-тIаьхьа  а шайлахь  хьахош  хилла:   шена  тоьпаш  тухучу дийнахь  Шемалан Атабис гайтина  къонахалла  тоьар  яра  нохчийн  къоман  сийдан, олий.

Масех баттахь   чохь валлийна бинчу ницкъо, лайначу  мацалло гIелвина  а волуш, дихкинчу  куьйгашца, тIеерзийна  салтийн  тоьпаш а  йолуш  дIахIоттийначу къонахчо  хIун хьуьнар-доьналла  гайтина хилла-те, мостагIаша  а цхьаьна, вуьйш волчу  дийнахь,  Шемалан  Атабис  шен къоман  яхь  дIа ца елира, аллал? ХIун дара  цуьнан  карахь, Iедало  бинчу  ницкъе а  цуьнгара  дIа ца даккха  луш,  диснарг?

 Атабис ша  корта  оллийна а  ца гайтира, гора  а ца  хIоьттира, ша  бусалба  а, нохчи  а кхоьллинчу  Далла хастам  бира.  Шех  къинхетам  бар а  ца дийхира. ТIаьххьарчу  шен  дашехь шен  къоме а, махке а маршалла а дахьийтира. Иза хир ду  аьлла  хета-кх  мостагIий а цецбохуш, шен тIаьххьарчу  дийнахь  Шемалан  Атабис яхь йолуш  ша  гайтар.

ВаларгтIехь хиллачу Лулин  Джабраила ша  волчу  хьошалгIахь  сецначу паччахьан Iедало  шен  доьзалх, махках  ваьккхина, сададийна  веанчу  стагана хьошалладар а  ца  хилла ткъа   яхь  йолуш  хилар? Паччахьан хьадалчашка шен  хьаша  ца  лоцуьйтуш, дера  дуьхьалойира  Джабраила, тIаьхьенан  ойла  а ца  еш. Лулин  яхь  йолчу кIанта  тIаьхьенна  дийца  дитира  къонахчун  масал. Цу дийнахь  цуьнан  оьздачу  дегIах къаьстина са нохчийн  къоман  иэсехь  даха  дисина,  яхь йолчарна  некъ хьоьху седа а  хилла.

 

Шен къоман  сий  лардеш, шен  дахарехь  яхь  дIа ца луш, оьзда  чекхбевлла   дуккха а  нах. Ишттачех цхьаъ  хилла яздархо  Гадаев Мохьмад-Селахь. Нохчийн халкъ махках даьккхинчохь  мацалло  нах кIелбуьтучу хенахь  кхачанан сурсаташ чохь  долу Iедалан  дийнна склад гIелбеллачу нахе дIа а яхьийтина, набахтехь  ехха хан яьккхина цо.

Ткъа Айдамиров Абузар  нохчичун  сийдолу  куй шен  коьртахь  латтош, шен  къоме  болчу безамах дуьзна дог кийрахь   долуш, къоман  сий айъархьама  къахьоьгуш,  шен яхь  йолу  оьзда  дегI тишдеш, чекхвелира. Иштта яхь, оьздангалла  йолуш дукха  нах – божарий а, зударий  а – хилла  вайн  къоман. Вайнах махках бохучу дийнахь  Шуьйтан  к1оштан  Ваьрда-юьртара  а, гуонахарчу кIотаршкара а дукха  нах схьагулбина  хилла  Iуьйрана дуьйна  а  Бакъарин Межетан  йоккхачу бешахь. Ерриге а  беш а, керт-уьйтIе а, цIийнан гуо  а  дIалаьцна  лаьтташ  салтий хилла,  нахана   тIеерзийна  тоьпаш а  йолуш. ТIедогIуш ло долуш,  шийла буьйса  кху  бешахь  яккхийта шаьш  гулдиний  хиъна, адамаш гIайгIане хилла. Шелоно, мацалло  хьийзош  кегий бераш, йишйоьхна  наной, баккхий  а, цомгаш  нах а  болуш,  ирча  сурт хилла хIоьттинарг. Берийн, зударийн  белхар, гIаддайначу  нехан  узамаш. Цхьаберш, хьере   а хилла, дIасахьийзаш хилла. Цхьаберш  – яппарш  еш. И дерриге а цхьаьнаийна,  инзаре  хьал хилла  хIуттуш  лаьтташ. Собарх а воьхна,   юьстахтаьIнарг  муьлхха а  вен  кечбелла  салтий  хилла.

Оццу  хенахь: – «ХIей нах! Цкъа  ладогIал  соьга! – мохь  тоьхна   цхьамма. И аз девзина   массарна а. Юьртахь  лоруш  йолу  Бархьаштан  Абубакаран  йоI  Тоита хилла иза. Кхузткъа шарал тIехъяьллехь а,  доьналлехь  зуда хилла  иза.

– ХIей  зударий! ХIей  къонахий. ХIара  гуонахара  вайна  тIедерзийна  герзаш  бегашийна ду-м  ца  моьтту  шуна?  ХIоранна а ша-ша,  совнаха  дечиг а дагийна,   вохвелла,  балех вер  ву моттахь, бакъ дац  шуна. Яхьах, оьздангаллех ца духуш,  вовшашна   ницкъ кхочу  гIо  деш  вай  ца хилахь, хIаллакьхир ду   вай. Я хIаллак ца хилахь,  вовшашка  хьовса  юьхь  йоцуш,  осалчех хир ду…

Сарралц шело ловш  шаьш Iийча, сарахь  шайн  хIусамашка  дахийтаре  сатесна  хилла нах, буьйса  арахь  яккха  езийла  хиъча,  карзахе  хилла  хиллера. Амма яхь  йолчу  зудчо  Тоитас  и дешнаш  аьлча,  меттабаьхкина.

Бикъари Межетан  зудчо  Саас цу  дийнахь-буьйсанна шаьш  да  мел  долу   хIума,  догIа  даьккхина, бертиг яьстина, негIар  дIадаьккхина,  нахе  дIакховдийна  – ахьар, даьтта, кIалд, нехча, хIоаш – дерриге а  дIасаделла   нахана.

 

Оцу яхь йолчу зудчо –  Бархьаматан  Абубакаран йоIа  Тоитас шен  хеннахь  аьллачу  хьекъалечу  дешнаша хIораннан  а даг чохь   собар  гIаттийра.

Эццара  дуьйна  дIа  шаьш  вагонаш чохь  бинчу бехачу новкъахь  а, цул тIаьхьа  даьккхинчу  кхойтта  шарахь а оьздангаллех ца бухуш, балаза  биснарш  цIа бирзира  ваьдхой.

Деникинан эскаро  Iалхан-Юрт  йоккхучу  дийнахь  сахуьлуш  дуьйлучу  герзаша  самаваьккхира юьрта  йистехьа   вехаш  волу  цхьа  къонах. Иза бохам  хилла хиларх сиха  кхийтира. Юьрта  юккъехь  боьдуш  боккха тIом  бара. Ка ма-доллу  чехка шен  ши говр  вордана  а  йоьжна. Итт шо  кхаьчна йолу  шен  йоI  вордана а хаийна,  юьртара араболучу  шайн  ураме ши говр  яьккхина, болх  Далла  тIе а биллина, шед тоьхна,  ши говр Гихта  боьдучу  агIор  дIа а лаьллина  (йоIан  ненахой  цу  юьртахь  хилла) дукха  чехка шен    герз схьа  а  эцна,  юьртахой  мостагIчух летачу  вахара.

 

Мацах цкъа  вайн  аренца йолчу   цхьана   йоккхачу юьртара   ялта охьу  хьер   йохийна  хилла, дистина  деанчу  хино. Хьерахь  хилла  ялта хIаллакдина,  хино дIа  ца  хьош дисинарг  тIадийна  а хилла. Хьерахь  ялта  хилла  нах,  чIогIа  резабоцуш, хьаьвзина.

– Сан ялта  хьан  бехкенна  хIаллакьхилла. ДогIа  дола  ма-деллинехь,  ахь  ваха  а вахана,   хьалххехь хьорса  дIахадо  дезаш  хиллера. Ахь  лар  ца дина  тхан  ялта а, хьайн  хьер а  бохуш, хьовзийна  хилла  хьеран  да  дукха наха.

– Хьеран хьорса  хи  алсам  ма-деллинехь  ша дIахаьдда. Делахь  а ахк дукха  айделла хиларна, хьера тIе  доьду хи жимлуш  дацара.  Хьорса хадо  сан  ницкъ ца  тоьира, – бохуш,  хьеран  дас  дуьйцург  тIелоцуш ца хилла  наха. Гулбеллачу  оцу нахана  юккъехула веана хьархочунна  тIехIоьттира  боху  цхьа  беркъа  къонах.

 

– Хьенех, хьер  йоьхна  хьан. Зен  хилла  хьуна. Юьртана а оьшура   иза. Дала  диканца  меттахIоттадойла хьуна  хилла  зен. Ахь  хьер юхаметтахIоттош гIо дан а вогIур  ву хьуна  со. Хьархочо, Дела резахуьлда  хьуна аьлла,  и беркъа  духар  долу    стаг  дIа а хьажийна, ша-шега  олуш  санна, элира  бохура: «Вота етташ  лелла а,  нахана  юкъахь лелларг  тоьлаш  ву  шуна», – аьлла.

Нах бол-болчохь  вота а етташ, цара  делларг  бен  кхин  рицкъа а доцуш  лелаш  стаг  хиллера  иза. Цуьнан  а хиллера  оцу хьерахь  цхьа   гали  хьаьжкIаш.

Духарца беркъа  хиларх,  дегIехь  гIора кIезиг  хиларх яхь  йолуш   волчу стеган   сий лакхара ду.

Иштта  лакхахь вай мел дийцинчун жамI  деш, ала йиш ю:   яхь  бохучу  дешан  маьIна  кIорга а, доккха  а ду. Уггаре а хьалха  собар долуш,  эхь  хеташ, бакъдерг харцдолчух къастош, цхьанна а ницкъбар ца дезаш, шен  нах, мохк  безаш,  юьртана, халкъана эшначу  дийнахь  ша  кхоийна  Iийр а воцуш, къомо  кхоьллина  оьзда  гIиллакхаш  ша лардан   дезачохь  шен  са а кхоор  доцуш верг а, ишта  хила Iемаш а,  ишттачеран сийдеш   верг а  ву яхь  йолуш.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика