ТIАУЗ Исс

PDFПечатьE-mail

 

 

Хьонка

 

   ЦIера хьонка кхечира тхуна селхана. ЧIогIа дагабоьхнера иза тхан чохь болчарна массарна а. Баийтахьара аьлла, дехнера ас цIерачаьрга. Бакъду, цигахь тхайчарех висина кхин хIара ву аьлла,  стагга а вацара ва-м, тхан ден йиший, цуьнан кIентан ши бер  доцург, кхиберш замано  дIабаьхьи, дуьне мадду дIасакхисси, вай…  

    Пасилка  дикка, чIогIа чIагIйина хиллера.  Ма-хуьллу тасавелла, тIаьххьара а  яьсти ас. Цкьа хьалха, етIи иза йистера. Цигара схьакхийтира и Iаь! ЭхI, ма чомехь  яра иза! Даймехкан Iаь… Дерриге дагадеара… Лов-в-в аьлла, дегIах зуз а доуьйтуш… Дерриге а… Оц-ц-цу мIаьргонехь… Пасилка схьаяьстина  ваьлча, кху чуьрчо  хьонка схьаийцира. Берриге а хьонка схьаэцна баьлча, бухахь латта дисира…  Иза дара Нохчийчуьра латта…   ЭхI, ма гена дара иза тахана… ма герга дара… бIаьргашна кIелахь… Цхьа цинц… Ма мерза яра цуьнан хьожа… Цуьнан шатайпа Iаь… ма мерза… Сел мерза… ванах, хIара бакъ дуй-техьа аьлла, хийтира… со кхузахь а волуш, хIара цинц бен кхин латта а доцуш… кхунна воьлхуш… нехан махкахь…  мел доккха хIума ду хьо… мел йоккха дакъазло… муха? хIунда?… хIун бахьана долуш?...     иштта вехха Iиллира…

   Дерриге а дагаоьхуш… Дагаоьхура… Буса сахиллалц бIаьргаш а биллина… Зикаран чIуг санна, коьртехь ойланаш хьийзаш…  

   Хьонка биира оха… жахар а бина… Iаббалц…лаьттан цинц аса гIовленга диллира… чIагIонца… хIара мархин бутт тIекхачале цIа ваха… цIа… хIокху долчу а дуьненна чохь цхьаъ бен доцчу цIа…

 

Сийна бай

 

   Когаш берзина…  бIаьстенан ховха баьццара поппарш а хьуьйш…  сирла мела маххашца къуьйсуш… сийначу бай тIехула уьдура  берийн тобанаш…  чIегIардигаш санна, лечкъаргех ловза… керла некъаш… тачанаш…

Цига… бераллехь биси и сийна бай… даима а хьо дIавеха…

Тахана… наггахь… ванах… бан а барий-техьа олий, хета…

 Йа-а-а… кIайн-сийна-баьццара…бес-бесара марха яра-техьа иза…

 Цкъа а  син  иэсера дIа ца яла йисина…

Я сийначу хIаваэхула лелла къорза куз… хьо а айвина…

Ма генара дуьне ду иза…

Цкъа а  даг чуьра дIа ца долу…

Цу сийначу бай тIехь кIайн уьстагIий дежа…

Царех цхьаъ, тIе а богIий, хьоьга хьоьжуш Iа…

Бехха…

 ХIара мила ву-техьа, аьлча санна..

Сийна стигал Iанаоьху сийначу бай тIе…

УьстагIий дов…

Лам баккха деза хьан…

Лома буьххьехь карадо хьайн дайна жа…

Цигара… лома буьххьера охьа чу хьаьжча…  го хьуна… маьркIажо хьулбеш  лаьтта  бай…

Седарчий чухьовду…

Цаьрца лаьтта вуссу хьо а… хьайн яйна рема а ялош…

   Гобаьккхина бошмаш… хьаннаш…  шовданаш… лекха лаьмнаш… лекха-лекха бара и бай… зезагашлахь… цIазамашлахь… марханна тIера санна, чу хьоьжура  цу  тIера дуьнене… 

  Бай лепа…  цо дIавоьху… цигара… геналлера… ирсера… синпаргIатера… Иза биси цигахь… ирзошкахь…  

ДIадай… хьулдели  дерриге а… 

 Сийна… Синан стигал….

Сийна… Синан бай…  Хьо… Царна юккъехь…  

                                                                

 Зарзар

 

    Доьлхуш-доьлуш дека долало зарзар сийначу аьрцнашкахь.   Заза эга, лай чимаш санна, хIора зарзаран декаро эгош санна. Цхьаццаммо – эзарнаш, гIийла, тийна - тийналле. Дог доьлху-доьлу, зарзарийн декаррий-делхаррий, зазах- лайх а дахана. Дуьне деса-дузарехь, кхин хIумма а дац хезаш, зарзарийн  делхар-делар бен. "За-р-р-р... ", – олий, Iена эшарийн аз... "За-р-р-р...", - олий, Iена бешара заза. Бес-бесара басарш Iена басешкахула... "Л-л-л-о--о-о-в--в-в!... ", – олий, схьакхета малх, дашо алу а етташ. Кхехка дуьне.... Эшарех, зазанах, зIаьнарех дуьзна, Iанаоьху...

   ДIогахь, IиндагIехь Iаш го воккха стаг. Цо цхьацца буьртиг боккхуш, доккху кIайн суьлхьа. Меллаша: "ЛаилахIа - иллалахIа... ЛаилахIа- иллалахIа...", - хеза.

   ЧIожах охьа бIаьстенан Орга доьду, хин горгамаш а хьерчош, тIулгаш керчош. Хьаьдда- дедда. Денна. Заманал хьалхадала гIерташ санна. Башлам къега. Геннара. Махкана.  Седарчий кхетале хьалха цхьакIеззиг белха-белам эккха, сийначу аьрцнашкара адамийн синошка кхойкхуш санна... Седарчаша юзу стигалан Iаьрчеш, абаде, дузадо дерриг дуьне...Iабадо дог. Кхана, сатассале, юха а малх боьхур бу зарзаро..  Малх бохьур бу... Малх лур бу…  

                                                           

 

Воккха  Стаг

 

   Некъашкахь… Хийцамашкахь… Ойланашкахь…  Iай-бIаьстей къаьстачу деношкахь… сайна а ца хуучу геналлера вогIуш…  сайна а ца евзачу геннале воьдуш…  Аьтта, йохийна, хаьрцина… хIинца гIоттучу гIалахь… некъа йистехь… Эрна арахь санна… Цхьаьнга хьоьжуш… цкъа а вогIу воцчуьнга… Я сайга… я карзахдаьллачу дуьнене… дарбане ладоьгIуш…цхьалха лаьттара со…

  Дуьне  хьийзара…Дахкаршлахь, мархашлахь, йочанашкахь… Делкъе кагйина, боьдура малх … бевддий-хьаьвддий, гуобаьккхина «сискална» лелара нах…  Аьчкан машенашкахь… Аьчкан амалашка бирзина… Еккъа цIена сутуралло бузийна… бевзина…берзина…

   Цхьана нехан-цигара… цу некъан кIоргера… я сан  ойланашкара гучувелира иза… шурула кIайн маж йолу Воккха Стаг…  Дуьненна орцанна вогIуш санна дара цуьнан маса болар… Иза герга мел кхечи а, гергара хеташ, хьоьжура со цуьнан чехкачу боларе…  БIешераш девлира… я цхьа масех мIаьрго… Нур лепара цуьнан цIеначу юьхь  тIехь… Иза велавелира,  юххехула тIехволуш… Цхьаъ элира цо велаваларца…  Бегашийна санна…

   Делан дуьхьа, ма тамашена хIума ду хьо аьлла, хета хIинца а…  хIета-м цецвала а ца кхиира… Кхин цо аьлла хIумма а ма дацара… бегашийна цхьа-ши дош… вела а велла…  Амма цаьрца… цу аларца… хьажарца… велаваларца… Цуьнан  Iарца… Дерриге а дара…

   Цо дIаийцира…дIабаьхьира гушбоцу… амма уггаре а хала мохь… даг тIера… синна тIера…

   Иза дIавахара, шен болар кхин лагI ца деш… Иза геннара вогIура…  гена воьдура… Дуьненна а орцахваьлла…  Сагун стаг…

  … «Вай баккхий нах…», - олура хIетахь… «вай цIадаьхкинчу хенахь…»… Цара латтош а, царех доьзна дара дерриге а… синтем… воккхавер… синпаргIато… Цара, «лаьттах Iасанаш  Iуьттуш», дIадерзадора вон-дика… Нийсонца… Бакъонца…  Дашца…

   Дин…  Ийман…  Беркат… Халкъан хьекъал-кхетам цаьргахь дара… Цара лелайора халкъан юкъаметтигаш, гергарлонаш, къастайора бакъо-харцо… И бара хаддаза цара беш болу сема болх… Халкъан Iуналлехь…  Харцо юьйцучу дажална дуьхьал…

ХIора а, лам санна, вара царех… Ткъа цхьаьна  гулбелча –  оьзда, лекха лаьмнаш… Устазан муьридаш… Зикрехь-зияртехь, сагIехь-махехь… Цара дехкина салаваташ, цара баьхна назманаш ека хIинца а лерехь, лаьмнашкахь, даг чохь… Берриге а сатийсам Делехь бара церан… Уьш  дуьнен чохь белахь а, Эхартахь бара церан сатийсам…

   Ишта схьайогIу хан-зама… керчаш… хьерчаш… хийцалуш…

   И ДIавахнарг… И Воккха Стаг… Суна цкъа  а гина а, вевзина а воцу… хIетахь, оцу  дийнахь… цкъа бен… Ма  тера вара и царех…  Заманан йохаллехь  -  ДIабаханчарах…

    Я хила мега иза таханлерчу замана чуьра… Цкъа а дIадала, доха йишйоцчу Бусулба  Динера… Ийманера… Нохчийн  Вежараллера…  ГIиллакх – гIуллакхера…

     Ма  тера вара иза царех массарех а… 

 

 

ЛадугIу йиш  

                                                             

  «ЛадугIу йиш лакхийтийша!...», – олий, вистхуьлура Воккханиг. Тап-п-п… олий, дIатуьйра нах. Пондарчо пондар  сацабора… ТIаккха, корта охьа а бохуьйтий, ладугIура пондаре, пондарче а…Тийналло тийналле…. Наха шайн-шайн дегнашка а… …… Пондарчин бос хьора… Жим-м-м-м-а Iай, пондар гIийла бетIара… нехан дегнаш датIош … Цхьанхьара… гена-геннара йолалора  ладугIу йиш… Кхечу дуьнен тIера… я нехан дегнашкара… Цхьана ялсманера… я цхьана баланера… Пондарера…

 

   Еха яра пондаран йиш… Цо дуьйцура… ша-шега а дуьйцуш… ша-шега ла а дугIуш… шегара…  шен  гIийла, ойлане  дийцар…Иза дIадоьдура… Лекхачу лаьмнашка… стигалан Iаьршешка… мокхазан бердашка… нехан синошка… Кхачо йоцуш… Синтем а, гIайгIа а, сатийсам а, синпаргIато а… дерриге цхьаьнаийна яра пондаран еха ладугIу йиш… Цо самайоккхура… гIаттайора дог-ойла…делхадора синош…

   «Маржа дуьне яI!..», – олий, массеран а дегнашкара хазадора цхьамма… Оццул карзахе, зевне, йоккха тийналла хIуттура… Дерриге а Iададора тийналло… Орца генна доьдура… Меллаша, эшаран аз лагIдеш…

    Пондаран аз лекъара… Нехан дегнаш лакъош… Дерриге а пондаро аьлла делира…

       ЛадугIу йиш хезара юй-теша карзахадаьллачу дуьнен чохь?

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика