АРСАЛИЕВА Люба

PDFПечатьE-mail

 

Халбатехь беха сан безам…

 

Халбатехь беха сан безам,

Дуьненан марзонаш ахь цунна къахьйичахьана.

Безамах бисина тешам,

Тускар чохь цо шеца дIабаьхьчахьана.

Тешаман тIаьххьара тIемаш,

Паналла йовзале, кхоамза ахь кегдичхьана.

ТIемашна ницкъ белла пхенаш,

Аьртачу уьрсаца  хедийчахьана.

 

Халбатехь тийна сан безам,

Лен лазар кхетта, цхьалхачу дархочух терра.

Безамах бисина хьегам,

Шен къинош санна, шеха дIахербан.

Хьегамаш баьгначу шовкъехь

Лозучу шен деган синхаам тебан…

Цу шовкъан тIаьххьарчу зовкхехь

Хьоь хьежа бисина сатийсам лебан…

 

     Леррина хьуна

 

Дуьнен чохь дерриг а сан хьоьца доьзна ду,

Буьйсанан шело а, цу хьаннийн тийналла,

Стигал а, даима цхьа сийна сийналла,

ДогIа а, стиглара и лаьтта Iенаш ду.

 

Самукъне татол а, цIенна тIебогIу некъ,

КIех юьзна аренаш, зарзаран декар а,

Хьо волчу агIор схьа аьрха мох хьекхар а

Хетало шатайпа …и дагах буьйлу  чекх.

 

Хьо ву сан хIаваъца, лазамца, забарца,

Сан долчу массо а хIуманца гуш ву хьо…

Дерриг а дицдина, ойлане яьлча со,

Хьо суна схьагар а доьзна дац набарца…

 

Гуш ду-кха самах а, со хьоьга хьоьжуш ю,

Меллаша неI тоьхна, хьо веъча, гIелвелла,

Дерриге сайн дезарш дIатосуш, хазъелла,

Еларца, со хьуна дуьхьала йог1ур ю.

 

Хьо вогIур вац аьлла, дог дуьллуш сийсара,

Сайн хилла ойланаш ас эццахь хуьйцур ю,

Ирсечу, ас хьоьга, ца лечкъош, дуьйцур ду,

Мел чIогIа, мел чIогIа ас хьоьга тийси са…

 

        Ма елха, нана…

 

Сан ненан еларца денло сан туьйра,

Сан ненан бIаьрхишца йоьлху сан гуьйре.

Хьо соьца хиларна ирсе гуш кхане,

Вайн Далла хастам беш еха со, нана.

 

Ма елха, нана, ма елха цкъа а,

Хьол хьоме хIумма дац дуьненчохь цхьа а.

Ницкъ болуш ю нана доьхна дог тиэда, 

Ма виса цхьа а хьан безамах хьега.

 

Iуьйренаш декъалъеш гIотту малх санна,

Хьан  серло соьца ю массо а ханна.

Карадо хьуна дош муьлха чов ерзо,

Цундела бу хьуна ненан мотт мерза.

 

 Ирсе денош дегира

 

Суна хьо ца вицвелла,

Хьан ойланехь къайлаяларх со.

Хьоьца къастар дазделла,

Сингаттамо хьийзайо.

 

Хьоьца доьлуш, соьца доьлхуш,

Ирсе денош дегира.

Ахь со хьайца дIа ца йоьхуш,

Хьуна кхин малх къегира.

 

Некъаш цхьаьна ца деъна,

Къаьстина вай лелар ду.

Амма хьуна ирс дехнарг,

Хаалахь, со цхьаъ ма ю.

           Дагара дийца…

 

Хьоьга  йийца сайн безаман къайле,

ХIора денна хьо гаре сатийсар,

Йисна хьоьца сайн ойланийн гIайрехь,

Хьаьгна ю со хьоь дагара дийца.

 

Деган доттагI, хьо ма генаваьлла,

Хьох ас йина ойла акхаяьлла,

Амма тешна ю, хьо цкъа кхочур ву,

Дийца соьга хьайн дагара аьлла.

 

Сан тешаман аренашкахь кхиъна,

Дегайовхо ас кховдор ю хьоьга,

Ас цадийцарх, сан дагара хиъна,

Безаман некъ ахь кховдор бу соьга.

 

Кхочур ю, нана, со хьан бIаьргаш хьаста!

 

Дахаран некъаша хьо йолчу йоьхуш,

Сан нана, геналлехь вай вовшех хьоьгу.

Сема ду, нана, хьан къежделла гIенаш,

Со яре сатуьйсуш, хьан бIаьрхиш Iена.

 

 Ма елха, нана, ас доьху хьоьга,

Хьайн гIайгIа геннара схьакхочу соьга.

Хьо йоцчохь ца лаьа суна ирс леха,

Сан некъаш доьрзур ду хьо йолчу цIехьа.

 

Дуьненчохь хьо мел ю, сирла ду дахар.

Сан нана, даима хьо суна яха…

Замано тахана вай вовшех къасторх,

Кхочур ю, нана, со хьан бIаьргаш хьаста.

 

 Вайнехан йоІ

 

Нохчийн амалехь,

Оьздачу аматех

Ю хьо кхоьллина, вайнехан йоI.

ГIиллакх хаздина,

Шен сий лардина,

Тешаме хилла вайнехан йоI.

 

Вайнехан йоI, хьо сийлахь ю,

Къонахша даима хьо лоруш ю.

Хьежар ду эхь-бехках дуьзна,

ЦIена ду дахаран куьзга.

 

Болатан ницкъаца,

Дуьненан рицкъаца

Эцаелла яц вайнехан йоI.

Собар оьшучохь,

Дуьне доьлхучохь,

Йоьхна ца гина вайнехан йоI.

 

Вайнехан йоI, хьо сийлахь ю,

Къонахша даима хьо лоруш ю.

Хьежар ду эхь-бехках дуьзна,

ЦIена ду дахаран куьзга.

 

ЦIергах юьйлуш чекх,

Ларбеш цIийнан кхерч,

Хьуьнар долуш ю вайнехан йоI.

Некъ хьан маьрша бу,

Мехкан беркат ду,

Хьох сан илли ду, вайнехан йоI.

 

   Дагахь а доцуш…

 

Iуьйренца, набарх йоккхуш со,

Хьан хаам соьга кхечира.

Хьо кху дуьненчохь хиларо,

Сан дахар хаздина.

Сан Iуьйренаш ахь декъалйо

Кехатан хIора могIанца,

Хьайн соьга болчу ларамца.

 

Ма ирсе йина Дала со,

Дагахь а доцуш, вовзарна хьо.

Сингаттамо со гIелйича,

Ахь дог деладо.

Ма мерза ю хьох ойланаш,

Хьо гича, йицло сан гIайгIанаш,

Мел дукха хиларх Іехорш хьо,

Вай къаста ца ло.

 

Ас хIинццалц лайнарг дицдина,

Хьо суна вовзар эрна дац.

Хьайн дикаллех со тешийна,

Хьо саннарг, цхьа а вац.

Суна мел дезнарг хьоьца ду,

Хьан хIора дикчу амалца,

Даггара соьца хиларца…

 

 

 

       Ца доьгIна туьйра…

 

Вайн гIала къагийна, чиркхаш ду догуш,

Дуккха а кIентий бу соь йола бохуш,

Амма хьо цхьаъ ву ас кхолламе воьхуш,

Кхечунна воьгIнариг ойланца лоьхуш.

 

Хийла хьуна сайн бIаьрхиш къайлаха Iенош,

Тийна-тийна чекхдуьйлу и хаза денош…

Хьуна ю сан деган эшар,

Хьо воцург суна ца оьшу.

 

Кхечуьнца чIагIйи ахь доьзалан уьйраш,

Чекхдели вайшинна ца доьгIна туьйра…

Амма ас ловр ю и безаман гIайгIа,

Хьо соьца хиларах, хир яц и яйн а.

 

Хийла хьуна сайн бIаьрхиш къайлаха Iенош,

Тийна-тийна чекхдуьйлу и хаза денош…

Хьуна ю сан деган эшар,

Хьо воцург суна ца оьшу.

 

Цхьа а вац бехке вай дисарна тIаьхьа,

Хьо везар – хилла и цхьа мерза-къаьхьа…

Хьуна со езар а эрна дуй, кхета.

Безаман гIайри тIехь вай некъаш хиэда.

 

Хийла хьуна сайн бIаьрхиш къайлаха Iенош,

Тийна-тийна чекхдуьйлу и хаза денош…

Хьуна ю сан деган эшар,

Хьо воцург суна ца оьшу.

 

          Цкъа мацца а…

 

Сайн кхолламан новкъахь ирсах тешаш йогIу со,

Вайн дахаран шовкъах ийна дог сан деттало.

Цатешамца къийса ницкъ ло суна тешамо,

Цабезамех ларъеш маьрша юьту безамо.

 

Кхочур ю цкъа маццаъ со, сайн Iалашонна тIе,

Ларйийр ю ца йойтуш дIа, сатийсаман ас цIе.

Лоьхур ду ас дегнашкахь сайн дагна герга дерг,

Цкъа а холча хIоттор вац, цкъа сайха тешна верг.

 

Вайх хIора а санна, харцоно со ма Iовжайо,

Ткъа хораман бIаьрхиш лечкъадеш, со елало.

Ас нехан лар хьоьшуш, сайна некъ ца баьккхина,

Цхьаъ воцчунна, деган къайле ас ца яьстина.

 

Сайн ойланийн тIемаш стиглахь аса даржийна,

Сайн дахаран къилба – адмалла ас хаьржина.

Сан безаман гIенаш –  маццаъ декъалур ма ду,

Со тешамах Iемаш – ирсе хилла ехар ю.

 

Ас хьох дог диллина даьллачул тIаьхьа…

 

Ас хьох дог диллина даьллачул тIаьхьа,

Масане-масане хино берд баьхьна.

Ас даг тIехь бохбинарг хиллера-кх лаьхьа,

Цунна-м хьа ца хийти сан йовхо аьхна.

 

Цо даг тIехь биначу бена чохь хIинца-м

Цкъа мацах хиллачун лар бен ца йисна,

Цу лорах Iийдалун хIора а цинцан

Шело ю-кх хаалуш, ахь суна йитнарг.

 

Цкъа мацах цхьана ши пIераска даллалц

Хьежначун хиллариг хили-кха суна.

Серло цаевзинарг цкъа бода баллалц –

Ду иза эххар а кхочудерг хьуна.

 

Гуттар а текхор яц сан хино чалхаш…

Суна а хир дац те цкъа маццаъ атта?

Хьан дагна тIехьа дIабуьзна сан малх а

Магац те цкъа цхьаннан малхбалехь гIатта?

 

          Со самаелира...

 

Со  самаелира...

Хьан  хенан  хIоттамехь  сан  сахьт  ца  делира.

Бахьана  делира,

И даларх ца тешаш, хьо къайлавелира.

 

Со самаелира...

Цул тIаьхьа цхьа  ши  шо, аьлча  а, цхьа  пхи шо делира.

Хьо  дохковелира,

Вай цхьана заманахь  лехнадерг карла а делира...

 

...Юха  а  элира,

Цкъа а  ца хиллачух со тешо, дуьхьала велира...

Со самаелира...

Сан сецна лаьттинчу сахьта тIехь хьан хан чекхъелира…

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика