АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь

 

Дакъалоцурш:

Арсанукаев Шайхи

Цуьнан х1усамнана

Корреспондент

Бадуев СаIид

ХIусамнана

ГIеранан тхьамда

Гадаев Мохьмад-Салахь

ГIойбетар

ГIеза-Махьма

Отарсолта

Мамакаев Мохьмад

Николай

I хехо

II хехо

III хехо

Дикаев Мохьмад

Гацаев СаIид

Кибиев Мусбек

Хасбулатов Ямлихан

Ахматова Раиса

Ошаев Халид

Къона Бексултанов Муса

Гаджиев

Студенташ

Падам

 

Хеза Арсанукаев Шайхин дешнашна тIехь яьккхина йиш:

 

Массо а Iуьйранна

Сан коре догIий,

Хьо хIунда дека,

ХIай олхазар?

Мерзачу набарха

Со самавоккхий,

ГIаттаво хьан

Хаз чу озо…

 

Йиш гIелло.

Хеза Iуьйранна декачу олхазарийн аьзнаш. Гучуйолу Арсанукаев Шайхин хIусаман чоь. Сонехь лаьтта, чохь зарзар долу, аьчкан гур а.

Арсанукаев Шайхи. ДIаелин буьйса, сан хьомсара доттагI!  Боданах  хорам ца хиллера хьуна? Сатеснерий ахь Iуьйрене, серло яржаре? И йиш евзирий хьуна? ХIан-хIа, цуьнан дешнаш ас хьуна яздина  дац. Дуккха шераш хьалха – со хIетахь юьртахь вехаш вара – сан кора уллорчу диттан ган тIе а хиъна дека доладелира цхьа олхазар… ХIетахь сан даг чу йоьжна цхьа  олхазаран йиш, гуттар а кхетамехь ека йисира… ХIетахь дуьйна цу эшарх ца къасталора со. Со гIала ваха  охьавеъча, ас цхьацца олхазар оьцура, и йиш сайна гуттар а хазийта… Йоца ю олхазарийн оьмар: хьо царах пхоьалгIаниг ду…

  ХIа-ан, буьртиг кхалла хьайна, мацделла хир ду хьо оцу ехачу буса.

(Арсанукаев Шайхис зарзарна хIума тосу.  Чухьожу х1усамнана.) 

Х1усамнана. Хезий хьуна, стаг?

Шайхи. ХIун боху ахь?

Х1усамнана. Телевиденера баьхкина хьуна.

Шайхи. Баьхкинехь, схьа  чу бахкийта…

Корреспондент. Де дика дойла, Шайхи! Бехк ма биллалахь, Шайхи, хьан хIусамнанас хьо могаш вац боххушехь, даьхкинера тхо. ТIекхочуш нохчийн меттан де а ду. Нохчийн маттах лаьцна уггаре чIогIа гIараяьлла стихотворени язйинарг хьо ву:

  Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

  Хьуо винчу ненан мотт

  ДIатесна ахь.

  Сов къен бу дешнашна,

  Бац атта кхеташ,

  Бохуш, и сийсазбан

  Ца хета эхь…

Ма хаза хета суна и стихотворени! Мел ешча а, кIорда ца йо.

Тхуна хаьа ахь дуккха а шерашкахь Нохчийн Яздархойн Союзана куьйгалла диний а.

Арсанукаев Шайхи. Баркалла, нохчийн поэзи хьуна а, хьо санна болчу кегийрхошна а, езаш, евзаш хиларх со воккхаве.  Кхуза дахкарна а Дела реза а хуьлда! Амма нохчийн маттах дуьйцуш хилча, сол хьалха кхузахь хьахо безаш дуккха а нах бу.

Корреспондент. Муьлш бу уьш, Шайхи?

Арсанукаев Шайхи. Сол хьалха дIакхелхинарш, нохчийн мотт кхиош, цу маттахь говзарш язъеш, доггаха къахьегнарш.

Нохчийн мотт… Дала вайн деллачу даккхийчу совгIатех цхьаъ. И мотт кIорггера хууш, говза буьйцуш, бусулба динан серло вайн къомана юкъа яржийра Нохчийчоьнан эвлаяаша.

Цара яздира цу маттахь жайнаш, тептарш, назманаш. Iеламнах хIаллакбеш, и къиза Iедал тIедеъча, мотт Iалашбаран, и кхиоран деза дукъ шайна тIелецира нохчийн яздархоша.

Царах уггар хьалха хьахо хьакъ ву Бадуев СаIид. Нохчийн маттахь дуьххьара исбаьхьа дийцарш, повесташ, пьесаш язйинарг. Къаьсттина доккха гергарло дара СаIидан I93I шарахь кхоллаеллачу нохчийн къоман театраца. Цхьана юкъана нохчийн театран ерриге а репертуар Бадуевн пьесаш тIехь лаьтташ яра. ЧIогIа гергарло дара цуьнан режиссерашца, актерашца. Церан амалшка хьожжий язйора цо шен пьесаш, иза гуттар а театрехь хуьлура, нагахь спектакль эцна актераш юьрта боьлхуш хилча, иза цаьрца воьдура…

 

I дакъа

 

(Бадуев СаIидан хIусам. Са1ид  чоьхьаволу.)

ХIусамнана. Хьо ву, и стаг?

Бадуев СаIид. Со ву. (Шен коьртара куй, палаш зудче дIало)

ХIусамнана. Хьо цхьа велакъежаш ма ву…

Бадуев СаIид. Вела муха ца къежа, вай, нохчий, хаза нах хилча?

ХIусамнана. ХIинццалц и ца хууш вара хьо.

Бадуев СаIид. Хаахь а, иштта хаза буйла-м ца хаьара.

(велало).

ХIусамнана. ХIун ду хилларг? Дийцахьа...

Бадуев СаIид. Тахана сан пьеси тIехь хIоттийна спектакль эцна, Хьалха- МартантIе дахнера тхо… Цу юккъехь цхьа сурт ду, цхьана пурстоьпо цхьана нохчийн зудчуьнца цхьа харцо юьйцуш. Пурстоьпан роль ловзош Зубайраев ЯрагIи вара. ЧIогIа ма ловзайой цо и… Иштта оцу зудчунна дов деш, пурстоп чуьраваьллачу хенахь, хьовсархошна юккъера схьа а иккхина, цхьана месал куй болчу ламарочо: Делан наьIалт хуьлда хьо жIаьлина, кхин оцу мискана тIе мохь ца хьоькхур белахь!» – шен белшах кхозу топ схьаэцна, ЯрагIина тIе а ерзийна, Боров аьлла ялийти.

ХIусамнана. Я АллахI-Дела, виэн-м ца вий цо иза?

Бадуев СаIид. ХIан-хIа.

ХIусамнана. Чов йина?

Бадуев СаIид. ХIумма а ца хилла. ЯрагIи хьалхара дIаэккха кхиира…

ХIусамнана. АльхьамдулиллахI, цхьа Делан сагIа тоьлла ваьлла-кх.

Бадуев СаIид. Юха и стаг кхето гIерташ даьхки тхо, и баккъал дахар дац… сурт ду хIоттош бохуш. Иштта, бераш санна, шайга аьллачух тешаш, цхьана дагара догцIена адамаш ду-кх вай нохчий.

ХIусамнана. ДогцIена велахь а, вацахь а, вуо бегаш хилла цо хьан накъостаца бинарг… ХIума кхоллур юй ахь?

Бадуев СаIид. ХIан-хIа, юьртахоша дика хьошалла дина тхуна… И вайн сирла стогар схьаба ахь суна. Ас жимма болх бийр бу.

ХIусамнана. Ва стаг, мегар вуй хьо, оццул болх бича…

Бадуев СаIид. Йозанца дерг муха ду хьуна, зуда, цхьа ойла хьуна дагаягIахь, и ахь оцу минотехь дIа ца язъяхь, тIапъолий йов… Цхьацца ойланаш ю кехат тIе яха езаш… Ахь садаIа, ас жимма болх бийр бу.

ХIусамнана. Дика ду.

(Дехьа чу йоьдий, хедар чохь гIабакхан дакъа дохьуш схьайогIу)

Бадуев СаIид. ХIара хIун ю хьан?

ХIусамнана. ГIабакх кхехкинера ас.

Бадуев СаIид. Эцца охьайилла. Мацлахь, кхоллур ас.

(ХIусамнана дехьа чу йолу.)

Бадуев СаIид. ХIун хила доллу-техьа кху дуьненах? Массо а хьере хилла, диканиг дан вицвелла, вуониг дан сихвелла хьийза. Къинхетам дIабаьлла нехан дегнашкара. 

   Ца го царна бохамо хьовзийнарш, балано бIарзбинарш. Шен цхьаъ бен воцу доьзалхочух къаьстина, и шен гIайгIа шена уллохула тIехвол – волучуьнга юьйцуш, цунах шен синна хьаам хуьлуш, догIано вашош, малхо воттуш, гуттар а шен керта уллохь Iачу Олдумна уллохь сацалахь некъахо, ладогIалахь цуьнан хабаре, хазчу дашца цуьнан дог эца хьажалахь. Хьо адам ма ду.

   Дарц долчу буьйсанна, хьайн ков дIа а къовлий паргIат ма валалахь, оцу дорцехула, когаш шершаш, лайла иэгаш, юха гIоттуш, вогIуш бIаьрзе ТIелиб хила тарло хьуна, мацалло хьовзийна, шена а, шен мискачу хIусамнанна ХIижанна а рицкъ лаха араваьлла. Ахь цунна ков делла, чувигий кхерча улло охьа а хаавай, дакъа диэ цунна хьайн долчух. Хьо адам ма ду!

  Яьлла лаьтташ бIаьсте а йолуш, бацаца сенлуш, гIаца юкълуш, амма и бIаьстенан хазалла ца гуш, балано хьере вина хьийзаш стаг хаалахь, эвла йистехь, ладогIалахь цо дуьйцучуьнга, иза цхьана дийнахь цхьаъ лан а хала долу кхо вуо тIе а кхаьчна, и ца лалуш, цара са хьаьшна Бешто ву хьуна! ЛадогIа цуьнан шабаршка, кхета гIорта цуьнан  лазамах. Хьо адам ма ду. Хьо адам ма ду! Хьо адам ма ду! Диц ма диэ хьуо адам хилар.

  (НеI етта.)  Мила ву?

  Аз: Мила ву? Мила ву? ДIаелла неI! Iедал ду.

    (СаIида неI йоьллу, чуйолу НКВД-н белхалойн гIера).

ГIеранан тхьамда. Хьо хIун деш ву, Iуьйккъехь а дIа ца вуьжуш?

Бадуев СаIид. Цхьацца хIуманаш язъеш… Иза а мегаш дац?

ГIеранан тхьамда. Мегаш дац! Iуьйкъе тхан ю, тхо санначу берзалойн… Шу, Iарж ма елли, дIатаба деза шайн баннаш чохь, котамаш  санна. Халкъан мостагIий!

Бадуев СаIид. Мила ву халкъан мостагI?

ГIеранан тхьамда. Хьо ву-кх! Гучуяьлла хьан шалха юьхь!

(Стоьла тIера схьаоьций, СаIида яздина кехат доьшу.) «Къинхетам дIабаьлла нехан дегнашкара…» ХIун ю «къинхетам?» Ширчух бухайисна буржуазни хIуьмалг! Цхьа а къинхетам бац! Тхан дегнаш болатан ду! Схьалаца халкъан мостагI! ГIоьмаш тоха! Тоха, кагве, чарха чу кхоссий, жарж биэ.

 (НКВД-н белхалоша, кхочушдо  тхьамдин омранаш).

I- гIеранча. Жарж беш йолу чарх кхузахь яц…

ГIеранан тхьамда. Яц? Яцахь, дIавига чарха тIе.

(Карахь юргIа а долуш, дехьачуьра сехьа чуйолу СаIидан хIусамнана.)

ХIусамнана. Хьаькам, ва-а хьаькам! ХIара стаг могуш вац хьуна, хIара юргIа…

ГIеранан тхьамда. Схьаэца цуьнгара юргIа! Кхунна юргIа оьшур ду моьттуш вац со. Вало! Вало! Тхуна новкъа дац.

Бадуев СаIид. Зуда, са ма гатде. ДоьгIначух вала йиш яц. Оцу яьшки чохь ас язйина хIуманаш ю хьуна, уьш яздархойн союзе я театре дIалолахь… сан накъосташка.

ГIеранан тхьамда. Накъостий тов! Хьан накъостий хьуна тIаьххье гIур бу.

Вало! Вало! Сихха! Сихха!

             (ДIабоьлху.)

ХIусамнана. Кхуьнгара даьлла хIумма а дац хьуна, ша дуьнен чохь хилар бен. ХIара стаг цхьана а хIуман бехке вац хьуна, цхьана а садолчу хIуманна халахетар дина вац шуна…

ГIеранан тхьамда. Иза а Тройкина дика хаьа.

 (ДIабоьлху.)

Арсанукаев Шайхи. Оцу буса дIавигарх, нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаIид, кхин гучу ца волуш, тIепаза вайра. Иза хилира I937 шарахь. ХIетахь цуьнан 34 шо дара. Советан Iедал духучу муьрехь, билгалделира иза дIакхелхина терахь а –I938 шарахь цунна тоьпаш тоьхна хиллера.

  Итт шарахь бен ца бахбелла  цуьнан кхоллараллин некъ. ХIетте а, цу йоццачу хенахь дуккха исбаьхьа дийцарш, повесташ, пьесаш язъян кхиира иза. ХIетахьлера  нохчийн театран репертуар ерриге а Бадуевн пьесаш тIехь лаьттара.

   Ша дIавуьгучу буса цо яздинчу кехаташна юккъехь карийнера хIара халкъан узам а:

 

Цхьа чIара бу, боху,

Хи доцуш бисина,

Шена хи ва хилча,

Болалур ша бохуш.

 

Цхьа сара бу, боху,

Га доцуш бисина,

Шена га ва хилча,

Лестар бу ша бохуш.

 

Цхьа леча ду, боху,

ТIам бойна дисина,

Шена тIам ва хилча,

ГIоттур ша ва бохуш.

 

Вай, кIентий, ду шуна

Зама йоцуш дисина,

Шайна зама ва хилча,

Дуьйлалур шаьш бохуш.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика