МАЛАКОВ Ваха

PDFПечатьE-mail

 

Хуур ду хьуна...

 

Хьайн дегӀан гиба

                          салийца яьлча,       

Дуьненца эхарт хьо къийсадаьлча,

ГӀелделла бӀаьргаш хьайн

                                   кийра хьийсош,

ТӀехь дисна декхарш

                           синкӀоргехь цӀийзош,

Ойланехь кегош хьайн

                              къинойн баьрзнаш,

Кхетамо лехьош эхартан аьзнаш,

БIаьргаш чохь соьцуш абаден мIаьрго,

Каш-лахьти оьхьуш кхетаман бӀаьрго,

Ӏожаллех хьаггал лазар дазделча,

Хьуо хьайх цавашшал

                                  ойла юткъаелча,

Хьомсарчу ненах синтем ца къахко,

ТӀаьххьарчу некъах бӀаьрхиш

                                            ца кхардо,

Веларан аьшна дан гӀора лоьхуш,

Кхерамо хьаьшна са Деле доьхуш,

СинкӀоргехь къуьйлуш лазаран хало,

ХӀаваэхь луьйцуш валаран къахьло,

Доьзало йинчу тӀаьххьарчу харжо,

Хьайн дегӀе кхачош деккъа

                                         цхьа марчо,

Хьайна тӀехь Делан кхел сецна яьлча,

Дуьненан декхар хьо текхна ваьлча,

Хьо йовза хьаьгна Ӏаламан къайле,

Туьран дитт хилла, дагах чекхъяьлча,

Ахь лолла дина мекаре дуьне

Ямартло йина дIа юьстах даьлча,

Доьвзар ду хьуна дуьненан хӀилла,

Чоьвнах хьу санна, хьайх

                                     доьлла хилла,

Бекхаман суьртахь

                             къиношка доьрзуш,

ДаьӀахкийн тӀум а кхерамца моьрцуш,

Са далар той тарлун Ӏазапан гатто

Кхолла а йиш йоцург адамийн матто,

ТӀаьххьарчу хьайн кхерчахь

                                       васхала яьлча,

Дуьненан моттаргӀех хьуо

                                     паргӀат ваьлча,

Хуур ду хьуна хьуо мила хилла,

Мел доккха хилла дуьненан хӀилла,

Токхамах базбелча упханийн тхов,

Мичахь ду дуьненна ахь баьхна бӀов?!

           

 

     ***

УгӀуш ду латта мецачу барзах,

Декъаза нохчо къасталац махках…

Адамаш догу хӀудиначунна?

Нохчийчоь йогу, геч дойла цунна!

 

Вăда хьакъ воцург – шен

                                   цӀийла керчаш,

Вăла ирс доцург – бекхамна хьерчаш;

Азаллех хьерча аганаш, чарташ,

Абаде керча гӀаланаш, ярташ.

 

Куьг кхочче лаха стигланаш Ӏаьржа,

Дехаршна къора чалтачаш хьаьрса,

Яхь-бехках воххал хIоьттина холчу,

ЦӀарах цӏе яллал декъаза нохчо.

 

Догуш ду латта, сан мохк а хьоме,

Еттало варзап, барт хоьттуш къоме;

Сан илли дуьтуш малх баггалц делха,

МостагIчо долий декъеш тӏехь хелхар.

 

       Эрна хилла-кх…

 

Ах дерзинчу декъийн

                          шийла баьрзнаш,

Къинош дебон йоьгӀна кӀарлагӀа.

Ойла Ӏехош дуьхьалхӀуьтту лаьмнаш,

Маьрша йисна еккъа бӏарлагӏа.

 

ТангӀалкх, кхел я гӀант

                           даьккхина чалтач!

Вай-м тӀетоттур луъучунна бехк,

Лазарх коьрте хӀутту эзар хаттар,

ХӀетахь хӀазарш динарг къонахех.

 

Уьрсан дитто-м кхачийна

                                   хир гӀайракх,

Хьекхнарг шовзтъе

                          доьалгӀачу шарахь,

Хӏетахь цӀен ца хилла-техьа байракх,

Хийла нохчо кхелхинарг марахь?

 

ХӀетахь доцуш дара-техьа лаьмнийн

Аренашца долу гергарло...

ХӀетахь воцуш вара-техьа къаьмнийн

Барт цхьаъ бинарг – баьчча-хьехархо.

 

Эрна хили-кх дийнна халкъо лайнарг,

Кешнаш хьекъош дина гӀалаташ.

Нанас хӀетахь, дакъа доцуш вайнарг

Деле воьхуш, дешна аяташ...

 

Ах дерзинчу синойн шийла бӀаьргаш,

ДогӀмех хьерча екха мацалла.

Ойла Ӏехош, дуьхьал хӀуьтту лаьмнаш,

 Ирсах йисна еккъа хазалла.

 

 

***

Етт а хилла, эзар шарахь

Бай тӀе важа оьхучул,

Дин а хилла – халчу тӀамехь

Валар тоьлу хьуна цул.

 

Вуочу батто шаьлта санна,

Эхьо Ӏуьйдуш вехачул,

Дош къевсинчохь валар хилла,

Кошо Ӏийдар тоьлу цул.

 

Шен даймахках, халкъах ваьлла,

Дика хьега вуьсучул,

Винчу махкахь ялхо хилла,

Къелла Ӏийшар тоьлу цул.

 

Нехан махкахь, дагна езна,

Мерза езар хьоьстучул,

Шен даймахкахь жоьра-баба

Марахь къийлар тоьлу цул.

 

Даго шена хьарам йина

Стихаш язъян гӀертачул,

Шена бабас дуьйцуш хезна,

Туьйра дийцар тоьлу цул.

 

Тутмакхан илли

Мамакаев Мохьмадана

 

Ницкъ болуш велар-кх со, зама,

                                        хьан харцо,

ДегӀ даккха кхиале, лахьти чу карчо,

Сайн шерех азаллин некъаш

                                              ца кхардо,

Кхолламан кхелан сайх гӀуда

                                              ца хьарчо,

Къоман сих хьерчачу лазамийн дарцо,

Сан кийрахь кагйина

                                къонахийн маршо,

Шега сатуьйсучийн яххьаш

                                            тӀехь латто,

Бекхамах дуьзна цхьа кура са гӀатто,

Къийсамехь маршонна сутарчу барзо

Цергаш тӀехь ловзийна

                                    бекхаман марзо,

Сайн кӀентан бӀаьргаш чохь

                                  къилбанах къаго

Кура са осалчу дегӀах ца хьаго,

ДегӀ ма ду шен синна набахтин гатто

ДегӀо шен са Ӏуьйду,

                               ткъа дакъа – лаьтто.

Тӏулган а, дилхан а хӀун бен ду марчо?

СагӀийна еллачух ца хуьлу маршо…

Шен сих шен эла вар

                               лоьхийла-кх дегӀо,

ХӀорранаъ са хуьлда-кх шен

                                           дегӀан хехо,

Цкъа байтал ваьккхинарг шен

                                         иэхьан кхело,

Хьакъ хуьлда-кх маршонах кура

                                                   са Ӏехо!

 

 

 

   Байтамалле доIа

 

Ницкъ кхочург, ас хьаьнга гӀо деха?

Со тесна вити ахь хӀун леха?

Тоьур хир дацара сайн эхьан цӀарах

                                                 со вагар,

Ойлано хьеран тӀулг санна, сан

                                    дилхан дог агар,

Суо-сайха вада ахь гӀо дехьа.

ШайтӀано со чӀогӀа ма лаьцна,

Со цунна гӀуллакх деш ма ваьцна,

Ийманан мокханца сайн

                    къинойн корта ца бошуш,

Иблисан мукъамца сайн

                        къоман иллеш а бохуш,

Со цуьнан текха тӀехь ма ваьжна.

Васхала яьккхина хьасарте,

Шеконе хьежна со къудрате,

Варшашкахь сай санна эргӀала

                             кур аркъал туьйсуш,

Къоналлин дозалла зударийн

                                когашка кхуьйсуш,

Байракхна ихна со суждане,

Ницъ кхочург, со хӀунда кхоьлли ахь,

Сайн сица кӀеззиг а доцуш эхь?

Ийманах хервина, я дин а я

                                           ирс а доцуш,

Оьздачу бух тӀера велахь а, сица

                                             суй боцуш,

Ас хӀун дер, хьо а сох ца кхетахь,

Iесачу Iамало хьастале,

Хьан новкъа богӀучех къастале,

Цкъа со а ма ваьжна,

              ойланийн цӀаналло хьоьстуш,

Валар бен лаьттахь кхин малх

                 кхуоло хӀумма дац моьттуш,

Дог хьоьга кховдийна хастаме,

Хьо везар амале дирзина,

Хьуна тӀе хьошалла диллина,

Дуьненна дазделча тхан

                                 къинойн маххьаш,

ДогӀанах елхаеш шайн нуьре яххьаш,

Тхо кхиош баьхначу устазийн дуьхьа,

Мехаза тезетийн Ӏуй хилла,

Буоберийн комаьрша дай хилла,

Хьо хьехо даг чуьра дешнаш а лехьош,

ДегӀан син мацалла хьан цӀарца Ӏехош,

ЧӀагаре хьийзинчу муридийн дуьхьа

Хьан дуьхьа динна юкъ йихкина,

Ша-шена дуьне а дихкина,

Шен мехкан къоман дукъ

                           белшаш тӀехь сецош,

Чот йоцчу майраллех берзан

                                       пхьуй хьегош,

ГIазотехь воьжначу

                              къонахчуьн дуьхьа,

3аь1апчу сан синна гечдехьа,

Дуьненан марзонех шелвехьа,

Ас динехь, диканиг хьайн

                                      дуьхьа ларий,

Харц бинчу некъан бехк

                                 шайтӀанан ларий,

Эхартан хьаша ван кечвехьа,

Ницкъ кхочург, со хьайх ма хервехьа!

1991шо.

 

   ЧIирхо ву со…

(Байн Идрисан хила

тарлучу  ойланех ойла хIуттуш…)

 

ЧIирхо ву со, иэхьан кхиэло

Векал вина цIийца Iехо.

Сица лезна къоман гIело,

Ма гIертийша анташ лехьо.

БIон новкъара хIонс кхехьаро

Ца виний сох-м хилдехьаро.

Со-м шу ирсан цIарца ваьхний,

Шун сий лоьруш мехкан даьхний.

Дой варрех ца къесталучохь,

Пхьуй заддашна хьесталучохь,

Мохк лоьцучохь шаьлтанаша,

Мохк цоьстучохь чалтачаша,

Ведда вала хьакъ а воцуш,

Летта вала ирс а доцуш,

Шун орцанна мохь а хилла,

Шун къиношна геч а хилла,

Куьзга хилла шун амалийн,

ДоIа хилла шун ламазийн,

Шун ойланаш юьлуш, юьттуш,

Иэхьан цецах синош луьттуш,

Къам кхолламах тийсалучохь

Я оьмарах литталучохь,

Буса-дийнахь малхах гIуьттуш,

Шу гIелонна кIел а хIуьттуш,

Iилма доцу еса Iамал,

Къилба доцу Iеса Iамал

Йоруш йилла шун когашка,

Кхин ца хьежа шун вонашка.

Малхо лучу нуьрах хьага

Бутт-м хилийтахь декхарийлахь.

Дайн хьуьнарийн цIарца къагар

Къонахчунна дуй-те сийлахь!

Со-м шун ирсан дуьхьа ваьхний,

Шун сий лоруш сайн ден даьхни,

БIон новкъара хIонс кхехьаро

Ца виний со-м хилдехьаро.

 

 

   ***

Стаг цӀуьхӀар хилар – и-м лазар дай.

Къонаха ца хилар – и-м валар дай.

И ший а – дуьненан лазам бай…

ХӀай уммат, дӀаэца кадам!

           

               Нана

 

Нана, ахь ма дукха баланаш лай,

Стиглане белхабеш къа-бала хьайн,

Соьгара хилла вас хьан дагна тай,

Со бахьнехь бицбина лаамаш хьайн.

 

Бераллин темаш а, цатемаш сайн,

Ас хьоьга балхийна заманаш йай,

Хададеш сан деган марзонийн тай,

Кху лаьттан букъ тӀера хьо ма дӀаяй.

 

Ас стиглан Ӏаьршашка хихкина дой,

Со лаьтта кхоьссина паналлехь дай,

Сан цӀийца левзина ламанийн кой,

Хьоьх къастар ца лайна,

                                   тӀап-аьлла, дай.

 

Сан нана, хьох къастар ас муха лай,

Дуьне а ца дуьйхи, малх а ца бай,

Со вуьтуш сатийса чаккхене сайн,

Кху лаьттан букъ тӀера хьо ма дӀа яй.                                                                                                                     

 

Вайнах

 

Нохчийчоь, цхьа дош ду сан хьоьга хатта:

Ахь хӀунда ца ларди хьайн

                                    къам а, латта а?

Мичахь ду курачу ламанийн баххьаш,

Аьрхачу къонахийн бос цӀена яххьаш?

 

Баьччанаш цхьана а миллатехь боцу,

Чалтачаш я къам а, я дин а доцу,

Каш довза хӀиттийна агаза тӀулгаш,

Шайн цӀийла кирчина

                                 гӀазотан мурдаш.

 

Хьан берийн синхаам –

                                    болатан лелхар,

Хьан кӀентийн синхьаам –

                                  Ӏожаллин хелхар,

Массо а тезетахь воI, ваша вийна,

Массо а къизалло доьналла зийна.

 

Нохчийчоь, дуьнене дехахьа орца,

XIун дайна лакъале хьайн

                                    къоман хьоста;

Мохк боцу къам хилла ахь

                                   хӀун до яьхна?

Оьмаро ладоьгӀу хьан бӀаьра хьаьжна.

 

Хьан дала доцу жоп деха дац атта,

ХӀун къинош хьирчина хилла

                                          хьох хатта;

Хьан беллачу кӀентийн

                               кхолламах хьеггал,

Къонахий шен къоман даг тӀера эггал.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика