АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь
(Шолг1а гайтам) 

Дакъалоцурш:

Аспирант Мансур

Библиотекарь Зайнаъ

 

I сурт

 

Библиотека. Чохь Iаш йоI-библиотекарь. Чуволу аспирант.

 

АСПИРАНТ. Де дика дойла хьан, йоI!

ЗАЙНАЪ. Далла везийла!

АСПИРАНТ. Муха Iаш ду? Могуш дуй? Да-нана хIун деш ду? Муха бу церан болх?

ЗАЙНАЪ.  Дика Iаш бу. Бехк ма билалахь, вайшиъ девзаш дуй?

АСПИРАНТ. ХIунда боху ахь?

ЗАЙНАЪ. Ахь сел тIекереваьлла, могуш-паргIат хоьтту дела…

АСПИРАНТ. Девзаш ду дера. Массийтазза суна гина хьо.

ЗАЙНАЪ. Мичахь?

АСПИРАНТ. Сайн гIенашкахь.

ЗАЙНАЪ. ХIинца суна хьайн бегаш дIа ма болабелахь, хьо

 библиотеке  соьца къамелаш дан  веъна хир ма вац?

АСПИРАНТ. Сих ма ло , йоI, со стенна веъна а дуьйцур ду. Со аспирант ву, нохчийн литературех а, цхьаболчу вайн яздархойх а диссертаци язъян дагахь а волуш. Царах цхьаъ ю - Исаева Марем. ХIумма а ешний ахь цуьнан?

ЗАЙНАЪ. Цуо язйинчу цхьана-шина книгах бIаьрг -м кхетта сан , бакъду, ешна- м яц ас царех цхьа а.

АСПИРАНТ. Еша еза-кх.

ЗАЙНАЪ . Ишколехь нохчийн мотт ца Iамийна ас.

АСПИРАНТ. Iамо беза. ХIинцца шортта хан ма ю хьан нохчийн мотт хьовха, китайский мотт Iамо а. Шун кху чувогIуш наггахь бен стаг а вац.

ЗАЙНАЪ . Цхьаъ дийр ду ас. Хьайна оьшург алий валахьа.

АСПИРАНТ. Суна уггар хьалха Исаева Марьяма мел язйина киншка еза, цул тIехь цунах язйина статьяш, рецензеш, доцца аьлча, и мел хьахош долу йозанаш: газеташ, журналаш, Iаматаш.

ЗАЙНАЪ . Жимма собарде, хIокху минотехь схьайохьур ю тхайн кху чохь ерг.

 

Зайнаъ дIайоьду. Аспирант охьахуу шен тептар схьа а доьллий, цхьацца йозанаш деш. Дукха хан ялале, киншкаш, газеташ, журналаш дохьуш схьайогIу йоI.

 

ЗАЙНАЪ. ХIорш ю-кх Исаева Марьямах кху библиотекехь мел йолу материал.

АСПИРАНТ. Баркалла .

ЗАЙНАЪ. Хьайн цхьа хаза хIума карадахь, суна а дийцалахь.

АСПИРАНТ. Уггар хьалха-м дуьйцур ду, сайн Iилман куьйгалхо Iадда а витина.

ЗАЙНАЪ. Беркате болх хуьлда хьан!

АСПИРАНТ. Дела реза хуьлда!

 

 

2 сурт (Исаева Марьям)

 

       ДАКЪАЛОЦУРШ:

Марьям Исаева

Хасаев

А.Авторханов

З.Джамалханов

А.Мамакаев

М. Висаитов

Ш.Айсханов

Комендант 

Павло –

Кхин а дешархой….

Класс. Бераш ду деша даьхкина. Чуйолу Марем.

 

Марем. Маршалла ду шуьга, дешархой!

Дешархой . (хьала а гIовттуш) Маршала хуьлда хьуна!

Марем. Тахана рогIера «нохчийн литература» аьлла урок ю. Ас  цIахь бан хIун болх беллера шуна? Джамалханов Зайнди , ахь алал.

Зайнди. Нохчийн халкъан иллеш, эшарш, я кицанаш, хIетал-металш дIаязъяр.

Марем. Нийса ду...Зайнди, ахь кхочушбиний и болх?

Зайнди. Бина… Ас, «Сай» боху илли дIаяздина. Деша мегар дуй?

Марем. Дешал.

Зайнди:

 

             Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш

             Шен бекъачу кийранна Iаббалца ца молуш,

             Варша йисте ва йолу маргIала сийна буц

             Шен оьздачу зорханна буззалац ца юуш,

             Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,

             Iинан кIорге ва буьйлуш, сема ла ва дуьйгIуш,

             Иччархочун ва тоьпо лацарна ша кхоьруш,

             Мокхазар цу бердах куьран га ва хьоькхуш,

             Цу попан орамах торгIал тIа ва детташ,

             Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,

             Орцал лакха ва буьйлуш, гIелашна ва гIергIаш,

             Масане сай лела гIелашца ва боцуш...

             Вай бен дац, кIенатий, бохуриг ца хуьлуш?!.

 

Марем. Баркалла, Зайнди. Хьовсал, дешархой, Зайндис илли дIаяздина ца Iаш, дагахь а Iамийна.

Iабдурахьман. Марем Султановна, вайн нохчийн маттахь хIунда яц иштта  литература, оьрсийн маттахь санна?..

Марем. Авторханов, вай хIинццалц язъян аьтто болуш а ца хилла, тIемаш беш а, сискал яккха къахьоьгуш, дIайоьдуш хилла вайн ерриге а хан. ХIинца Iемаш бу вай яздархой хила а, сурташ дахка а.

Iабдурахьман. ЧIогIа тIаьхьдаьлла-м хилла и паччахьан Iедал вайна…вайн дайн деша аьтто ца хилла дела, кху дуьненан политикина тIаьхьакхуьуш ца хилла вайнах, дерриге а юьхь-дуьхьал дIатухуш хилла. Ткъа политика –иза лела хаар ду… ткъа иза Iамо деза дешарца.

Марем. Iабдурахьман, хьан къамел хIинцале а бакъволчу политикан къамел ду. Там бара хьох Обкоман секретарь хила.

Мовлид. Хабарш дийцича хуьлуш хилахь, цунах хир ву-кх хьуна Обкоман секретарь хьовха, ЦК секретарь а!

Марем.  Висаитов ? Хьо хIун деш ву кху класса чохь, хьо кхарал кхо шо жима ву?

Iаьрби. Ша жима велахь а, дог-м доккха ду кхуьнан.

МАРЕМ. Ткъа хьо хIун Iамош ву, Мовлид, дийцахьа? Тхуна гайтахьа хьайна Iеминарг.

Мовлид. Кхузахь и гайта йиш ма яц, Марем Султановна.

Марем. ХIунда?

Мовлид. Говра хахка Iамош ма ву со.

(Массо а велало)

Марем. Говра хахкий, хелхадовлий ца Iемаш дуьсур дацара шу-м, шайн хьекъал ирде аша Iилманан гIайракх тIехь.

Шамсутдин. Лермонтов санна, цхьа поэт велара вайн! Ма дика язйина цо Кавказах  «Еза Кавказ», «Валерик», Мцыри», «Измаил-бей».

Марем. Хила гIорта  хьо, Айсханов. Цхьа а говзалла яц хьуна нохчочуьнга караярзалур йоцуш.

Iабдурахьман. Ас хIун дийр дуй, Марем Султановна? Лермонтовн стихаш   нохчийн матте йохур ю-кх!.

Марем. Стихаш нохчийн матте яха ша поэт хила веза, Абдурахьман.

Iабдурахьман. Со а ву-кх поэт!

Марем. Поэт велахь, хIинццалц хIун язйина ахь?

Iабдурахьман. ХIумма а цкъадолчуна.

 

(Дешархой бийлало).

 

Марем. Стенна дуьйлу шу? ХIинццалц  цаяздарх, тIаьхьа язийр ма ю цо. Ткъа гочдарш  Iаламат чIогIа оьшуш ду вайна. Шайн хенахь оьрсийн поэташ а Iемина кхечу къаьмнийн говзарш, къаьсттина французийн говзарш, шайн матте а йохуш . Лермонтовн цхьа  стихотворени ю-кх «Парус». И дагахь цхьанна а хаьий шуна?

 

(Куьг ойъу Iаьрбис)

 

Iаьрби. Суна хаьа.

Марем.  Мамакаев  Iаьрби. Ешал…

Iаьрби.     Белеет парус одинокий

                В тумане моря голубом!..

                Что ищет он в стране далекой?

                Что кинул он в краю родном?..

 

МАРЕМ: КIайн гуш ду гата-кема цхьалха

                 Сийначу хIордан дахкарлахь,

                 ХIун лоьху цо сел гена арахь?

                 ХIун тесна цуо шен  даймахкахь?

 

               Ловзуш ю тулгIеш, мох тIелетта,

               Гатанан машшаш цIийзаш сетта,

               Маржа-яI, цо ца лоьху ирс,

               Я ирсах дедда додац и!

 

               Iуьйренан сирла хи ду лахахь,

               Ткъа  маьлхан серло Iена лакхахь,

               Кемалго юхаъ  лоьху мох,

               Мохаца синтем боццушехь.

 

IАЬРБИ. Марьям Султановна, ахь гочйина иза?

 

Марем. И масех могIа нохчийн матте баккха гIерташ къа-м хьийги ас, хила хIуъа а хиллехь…

 

 

Мовлид. Марем Султановна, хьуна французийн мотт хаьа бохург бакъ дуй?

Марем. Бакъ ду, Висаитов.  Суна хIунда ца хаьа французий мотт, иза сан ненан мотт ма бу?

Мовлид. Французийн маттахь цхьа хIума дийцахьа тхуна.

Марем. Ас дийцича, хIун  пайда бу шуна, Мовлид, шу ас дуьйцучух кхетар ца хилча?

Iаьрби. Церан поэзи евзий хьуна?

Марем. Жимма евза. Цхьа французийн байт еша ас шуна…

Iаьрби. Ешахьа.

Марем:         СугIи, СугIи, утёкяштю?

                       СугIи, СугIи о мюзопуэнтю.

                       Вуасилёша  Мусташ,

                       Иль нёфо па киль саш.

                       ЖёлиСугIисэт,

                       У э та кяшет?

 

Iабдурахьман. Ма кIеда-мерза мотт бу иза.

Зайнди. Вайн нохчийн маттахь долу цхьадолу аьзнаш а ду цу маттахь-м; гI, уь, оь.

Марем. Иза французийн берийн байт ю, дехках лаьцна. Ас нохчийн матте яьккхина иза.

Дахка  хьанна лечкъаш гира?

Дахка, дахка, муцIар ира,

ДогIу хьуна мекхаш-мирза,

ДIалачкъалахь, цIехьа берзий.

 

Дахка, дахка соьга  ала,

Мичахь ю хьо деха  хара,

Корсам юккъехь, долчохь дитташ,

Уллохь лаьтташ  элан литта.

 

Ма хаза и цицигана!

Жима дахка, бала гена,

Бижалахь хьо жимчу бенахь,

Цициг догIуш долчу хенахь.

 

Iаьрби. Французийн маттахь мухха елахь а, Нохчийн маттахь-м хаза екаш ю уьш.

Марем. Французийн наноша берашна олуш байт ю. Вайн къоман а ма ю иштта, бер дижош локхуш эшар. Юха вай вовшахкхетале, аша шайн цIахь наношка, я денаношка, я ненаношка хаттий, дIаязъе уьш…

Дешархой. Дика ду.

Марем. Ткъа хIинца, вайн урок  чекхъяла мелла а хан йисна…  Ас кхин цхьа  задани а еллер-кха шуна, байт язъе аьлла. Хьан кхочушйина и задани?

 

(Цхьа а вист ца хуьлуш хан йолу. Шамсуддис  куьг ойъу).

 

Шамсуддин. Ас язйина байт. Мегар делахь, йоьшур яра ас.

Марем. Мегар ду, Айсханов…  Ешал,  Шамсутдин.

.

Шамсутдин : (йоьшу)

 

Iуьйренца юьрта чохь хьаша ву лаьтташ,

КIайн месала куй коьртахь корах чухьоьжуш,

Можа малх лачкъорца кхоьлинчу дийнахь

Хьаша ву урамца шен сирчу динахь.

КIайн дарин юргIа ду кIашна тIе туьйсуш…

РаьгIнаш ю кечъелла, кIайн гIовтал юхуш…

 

(Дешархоша тIараш детта)

 

Марем. Дика язйина ахь, Шамсудди.  Къегина хIоттадо ахь Iаьнан Iуьйренан сурт… Хьох боккъал а  яздархо  хир ву хьуна. Нагахь ахь ши хIума диц ца дахь.

Шамсудди. ХIун ши хIума ду и шиъ, Марем Султановна?

Марем. Гуттар а киншкаш ешар а, иштта гуттар къахьегар а.

Шамсудди. Со кийча ву-кх цу шина а гIуллакхна.

Марем. И дика ду.

Iаьрби.  Ас хьоьхур ду кхунна муха язъян еза, Марем Султановна!

Зайнди. Нохчийн халкъан иллеш деша ахь дуккха а, тIаккха хир ву хьох поэт.

Абдурахьман. Марем Султановна, со историк хир ву, поэташ дукха гулбелла кху чохь…

Марем. Авторханов, хьо массо а хила гIерташ ма ву?

Iабдурахьман. Поэт историк хила йиш йолуш ма ву, исторически романаш язъеш…

Марем. Мовлид, хьо вистхуьлуш ма вац, хьо хIун дан дагахь ву?

Мовлид. Со шун поэзи ларъян эскаре гIур ву!

( Массо а велало)

Марем. Дала аьтто бойла шун. Iодика йойла.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика