АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь (2-г1а дакъа)

3 сурт

 

Зайнаъ . Кхин  дIа цунна тIехь латтийна къизаллаш ма йийцалахь, соьга лалур дац хьуна иза.

АСПИРАНТ. Мухха а делахь а, вайна хаа дезаш ду-кх иза…Иштта таIзар латтош, цхьана набахти чуьра кхечу воккхуш, цкъа Москох дIавуьгуш, юха цигара цIа валош, (цкъа тоьпаш тоха дIа а хIоттийра  Авторханов Iабдурохьман), боцу бехк тIелаца бохуш, ницкъ бира дехачу пхеа шарахь. ТIаккха къизачу Iазапхойн тхьамда Ежов лаьцна  чувоьллича,  шолгIа суд йира цунна.

ХIинцалц цунна тIетеIийна бехкаш: контрреволюцин Союзехь дакъалацар, тешам цаларбар, кхиберш дIа а баьхна , цунна тIехь битира цхьа бехк: Авторхановс язбина белхаш Советан Iедална дуьхьал, цунна зен деш бу, аьлла.

 

 

4 сурт

 

Суьдхо. Гражданин Авторханов! Айхьа Советан Iедална дуьхьал, цунна зен деш йолу  киншкаш язъеш, болх бина хилар даре дой ахь?

Авторханов. Даре ца до. Сан книгаш марксизман-ленинизман лехамашна жоп луш ю.

Прокурор. Ткъа эксперто, Iилманийн доктаро Сафоновас хьо бакъ вац боху. Дийцал ахь, Сафонова…

Сафонова. «Революция и контрреволюция  в Чечне» боху болх вредительски бу, хIунда аьлча, гражданин Авторхановс цу тIехь хестабо хIинца, халкъан мостагIий бу аьлла, «Iорабаьхна болу : Шляпников,Фигатнер, Гикало, Костерин, кхиберш»…

Авторханов. Алахьа, I930 шарахь и киншка айса язъеш, суна  мичара хуур дара и хIетахь  цу лоручу, лаккхарчу даржашкахь болчу нахах I937 шарахь «халкъан мостагIий» хирг хилар?

Прокурор. И бу-кхий хьан бехк. Хьуо а «халкъан  мостагI» хиларе терра, хьуна хIетахь ца лиъна и «классан мостагIий» ма-барра гучубохуш, Сталина вайна ма-хьеххара, сема хила.

Прокурор. Кхин хIумма дуй хьан ала, Сафонова?

Сафонова. Ас сайн экспертни заключени тIехь билгалдаьккхина  гражданин Авторхановс шен накъосташца Яндаровца, Мациевца цхьаьна язйина «Нохчийн меттан грамматика» а зене хилар.

Авторханов. Бехк ма биллахь, хьуна нохчийн маттахь деша хаьий?

Сафонова. Ца хаьа.

Авторханов. Хьуна муха хаьа, нохчийн маттахь язйина йолу и грамматика  ямарт  юйла, хьуна нохчийн маттахь деша хууш а ца хилча?

Сафонова. Ас деша оьшуш а дац, цуьнан авторш «халкъан мостагIий» хилча, церан киншка а ямарт  хир юй хаьа суна.

Суьдхо. ГIовгIанаш! ГIовгIанаш ма е! Дерриге а кхеташ ду. Авторханов,  хьуна тIаьххьара дош ду.

Авторханов. Ас дIахьедо, со цхьана а хIуманна тIехь бехке цахилар. Цундела дехар ду суьде, со маршаваккхар!

Суьдхо. Суьдо кхиэл йо уголовни кодексан 58 статья ворхIалгIачу пунктаца билгалбаьккхина бехк, Авторхановн тIехь хилар тIечIагIдан, цунна чохь яккха кхо шо хан тоха а. Амма цо хIинцале чохь даьккхина диъ шо сов, цундела Суьдо сацам бо иза маршаваккха.

 

5 сурт

 

АСПИРАНТ. Авторханов Iабдурахьман шен доьзалца Соьлжа-гIалахь кхин мехах хIусам а лаьцна, ваха хиира. Хьалхалераниг и чувоьллича , Iедало дIаяьккхира…цуьнга кховдош болх бацара, амма НКВД-н тидамера ваьлла вацара иза…

 

 

6 сурт

 

Авторханов волчу вогIу цхьа стаг – Айкх.

 

Айкх. Ассаламу Iалайкум, Iабдурахьман.

Авторханов. ВаIалайкум Ассалам, вало чоьхьавер ву вайша.

Айкх. Чоьхьа а вер ву. Ас деана къамел чохь дийцар гIоле ду.

Авторханов. Вало ткъа.

Айкх. Со вевзий хьуна?

Авторханов. Цхьанхьа гича санна-м хета суна хьо.

Айкх. Гина хьуна, гина хьуна… Со хьоьца мацах гимназехь доьшуш хилла ву-кх…

Авторханов. А-а, ван а ма ву… Маашев…

Айкх. Нийса боху… Маашев Махьма.

Авторханов. Хьо лаа лелий?..

Айкх. Лаа лела… Цхьанхьа болх ца бича ма ца довлий вай.

Авторханов. Мичахь ву хьо балхахь?

Айкх.  Рабфакехь ву бохуш ву. Амма Iедало тIедехкина кхин декхарш а ду сан.

Авторханов. ХIун  декхарш ду уьш?

Айкх. Тайп-тайпана. Масала, хIинца тIедиллина декхар ду: хьо гуттар а тергамехь латтор. Мича воьду, маца араволу, маца чувогIу,  хьаьнга вистхуьлу… Цул сов, хьоьца денна къамелаш дар а тIе диллина  суна, хIора кIиранна чохь шозза  оцу къамелийн хьокъехь  отчет яла еза, кехат тIе дIа а язйина…

Авторханов. Даккхий декхарш ду хьуна тIедехкинарш-м.

 

(велакъежа)

 

Айкх. Хьо сох кхарда ма кхарда, Iабдурохьман. Кеша  го ас лелош дерг. Хьо сох кхетахьа. Сайн лаамехь  лелаш ма вац со. Дан хIума дац-кха…

Авторханов. Со кхетта хьох. Хьайн болх биэ ахь.

Айкх. Ас хьуна цхьа хьехар дийр ду… Ас цIенчу даггара боху хьуна. Суна дика евза хьуна и НКВД-е. Цара цкъа юьхьарлаьцна стаг вуьтуш вац хьуна. Цара хьо а вуьтур вац. Цундела кхузара дIаваха везара хьо. Кхузара гена мел вели а дика дара хьуна.

Авторханов. Сан доттагI Маашев! Со ведда Колыма  водахь а, со лаьцна схьавалор цхьа цуьрриг хала дац кху Iедална. Нагахь, ас маьрша а волуш йоккху хан яхъялийта хьуна лаахь, ахь цхьа хIума дан деза.

Айкх. ХIун ду иза?

Авторханов. Сайх лаьцна НКВД-е дIаала дезарг ас айсса яздийр ду хьуна. Ахь цу тIера хьайн куьйгаца схьа а яздай, дIалуо хьайн хьаькамашка. Реза вуй хьо?

Айкх. Дукха чIогIа реза ву, суна гIазкхийн маттахь лартIехь язъян а ма ца хаьа.

Авторханов. Резавелахь, хIора кхо де моссазза долу, хьайн отчет дIаяхьа схьавола… Вайшиннан барт цхьаьнга а багах ма баккха. Нагахь и Iедална  тосалахь, со-а, хьо а – ший а хIаллаквийр ву цара.

Айкх. Кхетта со.

Авторханов. Кхеттехь ларлуш хила!

Айкх.  ЧIогIа хир ву. Со воьду. Кестта схьакхетар ву. Iодика йойла!

 

(ДIавоьду)

7 сурт

 

Буьйса. Авторхановн чохь. НеI туху.

 

Авторханов. (НеI йоьллуш). Мила вара неI йиттинарг, схьа гучувала.

Халид. Со вара иза, Iабдурахьман.

Авторханов. Халид, хьо ву и?

Халид. Со ву.

Авторханов. Хьо лаа вуй? Хан йоцучу хенахь?..

Халид. Хенаш къесточохь дац гIуллакхаш, Iабдурахьман.

Авторханов. ХIун хилла вайна цу бесса… Аьлча а, хIун ду вайна тIекхачаза…

Халид. Вай сихха ца хьийзахь, кхин а доккханиг ду вайна тIекхача мегаш.

Авторханов. ХIун ду-техьа иза?..

Халид. Соьлжа-гIалин набахтин хьаькаман гIоьнча ву суна вевзаш… Цхьа жуьгти. Даим нохчашна юккъехь Iийна, нохчийн мотт а хууш. Цо хабар тоьхна: тховса хьо, Iабдурахьман, лоцурволуш а ву, набахти дIа ма кхаьччи, хьуна тоьпаш тухурйолуш а ю…

Авторханов. Цара иза сихха дийрдуйла хиъча, караваха а мегар дара.

Халид. Ахь хIун дуьйцу, акхарошна кара муха воьду?

Авторханов. Делахь, кхин дан хIумма а дац, лам чу а вахана, обаргех дIа ца кхетахь.

Халид. Иза некъ бац. Уьш  НКВД-с тахана- кхана хIаллакбийр болуш бу.

Авторханов. Ткъа хIун де ас? Ахь алахьа…

Халид. Вайшимма, жима волуш биъна  дуй биц-м ца бина ахь?

Авторханов. Ца бицбина. «Ас, Авторханов Iабдурахьмана…

Халид. «… Ас, Ошаев Халида дуй буу….

Авторханов. …Халкъан ирсан дуьхьа ваха, цунна тIебогIучу бохамашна дуьхьало а хилла латта.

Халид…. ДегIа чохь са мел ду оцу Iалашонна къахьега.

Авторханов. …Гуттар а къийсам латто вайн къоман ирсехьа!

Халид.  И къийсам дIабахьа хьуна битина некъ бац, хьо тховса дIа а лаьцна, вуьйр ву боху набахтин хьаькамо… Ткъа… фронт Теркайисте схьакхаьчна. Хьо цул дехьавала веза, кхечу махка дIаваха.

Авторханов.  Дехьавала… ХIокху Iедало а, наха а ямартхо вийр ву-кх сох.

Халид.  Ямартхо  хьох Iедало  хIинцале а вина … Цига дехьавала, дуьнене а вайгара бала дIабийца… И бу хьуна хьан къийсам.

Авторханов.  Бакъду, и ца дахь, кхин суна битина некъ бац… Ши сахьт хан еза суна… гергарчаьрга вистхила…

Халид. Дика ду, ши сахьт хан ю хьуна. Ши сахьт даьлча, тешаме  накъост хир ву хьуна машенца кхузахь лаьтташ.

Авторханов. Дела реза хуьлда хьуна. Халид, со виц ма велахь.

Халид. Дала Iалашвойла хьо… ДIагIо… Орца даккха вайн къомана.

 

(Мар-мара кхета. Халид дIавоьду)

 

Авторханов. Маржа дуьне яI, со муха къаста веза-техьа сайн дай баьхначу лаьттаца! Ма хала дуьйцу-кха дIакъастар дегIах са, и санна хала ду, мохк а буьтуш, дIавахар…

 

МухIажарийн илли хеза

 

8 сурт

 

АСПИРАНТ: Иштта махках вала дийзира  яздархочун, Iилманчин Авторханов Iабдурахьманан. Амма шен къам дицдина, цуьнан ойла ца еш, цо цхьа де а ца даьккхира.

Шен хьекъалца а, меттан говзаллийца а  цо къийсира нохчийн къоман  бакъонехьа.

ЗАЙНАЪ. Къийсам? Муха дIабаьхьна цуо и къийсам?

АСПИРАНТ. I948 шарахь цо ООН-е елира нохчийн  къам, цхьацца бахьанаш хIиттош, Сталинан Iедало хIаллакдарх, ткъа I944 шарахь, баккхий нах а, зударий а, бераш а ца къестош, дерриге  цIера а даьккхина,  шелонна, мацалла далийта Казахстанан, ГIиргIазийн есачу аренашка охьакхоссарх.

Цул тIаьхьа тайп-тайпанчу шерашкахь, Сталинан зуламечу Iедалан адамаш а, къаьмнаш а хIаллакдеш хилла  къиза чарх йовзуьйтуш цуо дуккха а киншкаш язйира: «Происхождение партократии», «Империя Кремля», «Убийство Чечено-Ингушского народа», «Загадка смерти Сталина», кхиерш.

ЗАЙНАЪ. Аса а ешна Авторхановн цхьа киншка «Мемуараш». Хала йийшира ас иза…дагна чIогIа Iаткъам бо цуо…

 

АСПИРАНТ. I953 шарахь Сталин дIакъежча, Авторханов Iабдурахьман немцойн цхьана газета тIе зорба туьйхира цунна доггах неIалт олуш шатайпа «кадам»: «ДIаваха хIокху ткъе итт шарахь , цхьа а бекхам а боцуш, вайн дайн а, вежарийн а цIийн хIорда чохь, вайн нанойн, йижарийн бIаьрхийн Iовраш чохь лийчинарг. ДIаваха хIокху лаьтта букъ тIехь леллачу, неIалт хиллачу наха уггаре а доккха неIалт хилларг. Мах дечиган хьокха цуьнан каш чу! Гуттар а неIалт доьлхийла цунна тIе! Къиза тIом дIакхайкхабе цунах дисинчу зуламна!».

Авторханов Iабдурахьман шен дерриге а дахарехь Сталинан къизачу Iедалан дуьхьал къийсам латтийнехь а, цунна дика хаьара мел оьшуш ду нохчийн къомана Россица долу гергарло.

I992 шарахь Нохчийчохь Дудаев Джахар Iедале веъча, Авторханов Iабдурахьмана ша Iачу Германера цуьнга кехат яздира, цу тIехь иштта дешнаш дара: « ГIазот ма хьехаделахь, Россица машар лахалахь». Амма цуьнга а ла ца дуьйгIира хIетахь Iедална  нуьйр тиллинчара…

 

ЗАЙНАЪ. Мансур, хьо кху чу валлац, нохчийн яздархоша оццул халонаш лайна аьлла дагахь а дацар-кх суна. Ма оьшуш бу и хьан Iилманан болх. Суна а, со санначарна а вайн литература а, и язйинарш бовза аьтто бийр бу цуо…

АСПИРАНТ. Сан болх хIинца бен бола а ца белла…амма ас дечунна иштта мах хадо хьо тайпа дешархой хилча, кхин дIа а Iилманехь къахьега хала дац…

ЗАЙНАЪ. ХIокху хьан тептар тIехь Мамакаев Iаьрби цIе го суна. Цуьнан «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма ас оьрсийн маттахь ешна…

 

АСПИРАНТ. И чIогIа дика ду.  Исаева Марема хьоьхучу ишколехь доьшуш волчу хенахь дуьйна литературехь къахьега волавеллера Мамакаев Iаьрби. Дукха хан ялале цуьнан цIе гIараелира Нохч-ГIалгIайчохь. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, кест-кеста радиочухула екара цо Советски къам къийсаме кхойкхуш язйина  исбаьхьа байташ.

I942 шарахь кхуьуш вогIучу поэтан шен кхоллараллин планаш юкъахйита дийзира. Цу шарахь Соьлжа-гIала веара Л.П. Берия. Партин жигархой а гулбина, кхеташо йира цо. Цигахь цо къамел а дира.

 

 

IАЬРБИ  МАМАКАЕВ

 

ДАКЪАЛОЦУРШ:

 

Къона Iаьрби Мамакаев

Iаьрби Мамакаев воккха хилча

Л.П.Берия

А. Солженицын

I тутмакх

2 тутмакх

3 тутмакх

Къона Абузар

Шима Окуев

Лулахо

Салтий 

Нах

 

I сурт

 

Л.П. Берия. Накъостий, партин жигархой! Шуьга, нохчийн, гIалгIайн коммунисташка, ас кхайкхина партин, правительствон цIарах хIара дIахьедар дан, иза шуьга шайн шина а къоме дIакхачадайта.

Шуна ма хаъара, тIом бу дIабоьдуш, фашисташа дIаболийна къиза тIом. Цундела деха къамелаш дан йиш а яц. Доцца аьлча, ламчохь Советан Iедална дуьхьал болийна гIаттам аша шайн ницкъашца дIа а баьккхина, Советан Iедал метта ца хIоттадахь, шу лаьмнашка чудалор ду ЦIечу эскарийн дакъош, цара хилла меттиг а ца юьтуш, дIахьокхур бу и гIаттамхой а, ламчохь мел йолу юрт а, кIотар а…Цхьа а ца кхоош… Ткъа шун къаьмнаш Кавказан лаьтта тIера дIадохур ду гуттаренна а.

 

(Тийналла)

 

Кхеташ дуй ас аьлларг?

 

(тийналла лаьтта)

 

Маьхьарий. Кхеташ ду, кхеташ ду…

Берия. Хаттарш дуй?

(тийналла лаьтта)

 

I. Мамакаев. Сан дара цхьа хаттар…

Берия. Хьо мила ву?

I. Мамакаев. Со – нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби ву-кх!

Берия. ХIун ду хьан хаттар?

I. Мамакаев. Лераме накъост Берия! Оцу ламанца йолчу ярташкахь, кIотаршкахь бехачу мискачу нехан хIун бехк бу, цигахь бандиташ гучубовларна? Милицис шен болх бан беза-кх, бан ма-беззара…

Берия. Схьалаца и бандит! Ас хоуьйтур ду  хьуна, болх хьан бан беза!

 

(Чекисташ чухьовду Iаьрби дIалаца…)

 

I. Мамакаев. И хьаха дара шуна цахиндерг. Цхьаъ тIе ма гIорталаш! (Тапча а йоккхий, тапча кхуссу)

 

( ТIаккха, корах ара а оьккхий, воду. Чекисташа тIаьхьа герзаш кхуьссу).

 

Берия.  Цхьанхьа а гIур вац. Чекистийн бойнаш ю массанхьа а тийсина…

ТIаккха, нохчий, гIалгIай, кхин дуй цхьаннан хаттар?

 

(Цхьа а вист ца хуьлу)

 

Дацахь, вайн цхьаьнакхетар дIадирзи. Шух тхуна везарг оха д1акхойкхур ву вагон чу. Iодикайойла.

 

2 сурт

 

АПСПИРАНТ. И лер-алар хиллачул тIаьхьа, Iаьрби Мамакаев масех баттахь лийлира Iедална пебетташ. Амма, эххар а, НКВД-н айкхаш тIаьхьа а кхиъна, иза чувоьллира.

Цигахь, чувоьллинчохь, вевзира цунна оьрсийн  яздархо Александр Солженицын.

ЗАЙНАЪ. Солженицын?! «Архипелаг Гулаг» язйина волу Александр Исаевич Солженицын вуьйцу ахь?

АСПИРАНТ. Вуьйцу.

ЗАЙНАЪ. Суна иза цкъа а хезна а дацара хьуна. И ду-кх, дуьне кхин башха доккха а дац бохург.

АСПИРАНТ. Дуьне- м доккха дара, Сталина гатдина хилла-кх иза хьекъал долчу нахана…

 

3 сурт

 

Набахтин камери чувалаво Iаьрби. Чохь болчара леррина тергалво иза. Iаьрбис шена лакхара меттиг схьалоцу.

 

I тутмакх. ХIей, чагIалкх, ахь хIун леладо?. Хьан меттиг, дIогахь неIарна уллехь ю!

Iаьрби. Иза хьан меттиг ю!

 

(Iаьрбис цуьнан мотт дIакхуссу. Леташ чуччавоьду, Iаьрбис, тухий, вожаво).

 

I тутмакх . Хьо мила ву?

Iаьрби. ХIун бен ду хьуна, со милла хилча а, со уггар хьалха адам ду!

I тутмакх. Нохчо вуй хьо?

Iаьрби. Ву. ХIунда бохура ахь. Хье тIехь яздина-м дац суна, нохчо ву аьлла?

I тутмакх. Амал… амалца вевзар ву муьлхха а нохчо… Делахь, сан хьоьца меттиг къийса йиш яц.

 

(Шен мотт а оьций, дехьа волу)

 

Солженицын. ЦIе хIун ю хьан?

Iаьрби. ЦIе Iаьрби ю. Iаьрби Мамакаев, нохчийн поэт.

2тутмакх. ХIан, кхин цхьаъ яздархо тIекхийти шуна.

I тутмакх. Кестта яздархойн Союз схьайоьллур ю вай кху чохь. ХIа-ха-ха

Iаьрби. Кхин мила ву кху чохь яздархо?

Солженицын. Со ву - А.И. Солженицын. Ешний ахь, ас язйина хIумма а?

Iаьрби. Ца ешна. Стихаш язйо ахь?

Солженицын. ХIан-хIа, проза язйо, романаш, повесташ. Ахь хIун язйо?

Iаьрби. Ас стихаш язйо, прозехь болх бан дагахь-м ву со.

Солженицын. Хьайна цхьа стихотворени ешахьа.

Iаьрби. Ас нохчийн маттахь язйо.

Солженицын. Нохчийн маттахь йолу стихаш гуттар чIогIа хаза лаьа суна, хIунда аьлча, суна хIинццалц  цкъа а хезна яц уьш.

Iаьрби. Шуна царах хIумма а кхетар ма дац, стенах язйина а хуур дац.

Солженицын. ХIумма а дац. ДIаолуш долу илли санна ма ю стих. Шен мукъам а, шен ритм а йолуш. Ешахьа, доьху хьоьга.

Iаьрби:

Аренаш аьрцанех

Кхеттачу асанца,

Аьхкенан хьаннаша

Боьра чохь хьулйина,

Хьаьрччина Iуьллучу

Ламаройн юьртахь мох

Суьйренца меллаша

ГIаш дего боьллера.

 

Малх лаххахь цIийбелла

Чарранал гуш бара,

Суьйренца хьаелла,

Юьртахь гIapа хезара.

Цхьана лохчу лапгIанан

КетIахь, шайн даггара

Къамел деш, гIайгIане

Ши къонах лаьттара.

 

 

(Iаьрби ешна ваьлча, тийналла лаьтта)

 

Солженицын. Мукъаме, ритмични стихаш ю. Нохчийн мотт хаза бекаш бу, цхьа шатайпа кIеда- мерза мотт болчух тера ду шун мотт. Ткъа стенах лаьцна яра хьан уьш?

Iаьрби. Иза сан «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэмин хьалхарчу декъан юьхь яра. Оцу могIанашца ас гойту ламанан юрт, цуьнан Iалам, суьйренца хьаькхна мох, чубузу малх, юьртан гIовгIанаш.

Солженицын. Баркалла, Iаьрби, нохчийн меттан урок яларна. Эрна хестийна ца хилла иза Лев Толстойс.

Iаьрби. Баркалла, Александр Исаевич.

 

 

4 сурт

 

Набахтин камера. Самаваьлла Солженицин цхьаъ лоьхуш, кара ца деш.

 

Солженицын. Уой, мича даха уьш? ХIа-а ахча а дац карош. Ахча-м лачкъийча а ловр дара… Куьзганаш, куьзганаш доцуш ас хIун дийр ду?

Iаьрби. Александр, хьан хIун яйна?

Солженицын. Куьзганаш  дайна… Дайна аьлча а, лачкъийна-кх. Куьзганаш доцуш сан а деша а, я яздан а йиш ма яц.

Iаьрби. (II тутмакх тIекхойкхуш).  ХIей лаьттарг!

I тутмакх. ХIун боху ахь?

Iаьрби. Схьавоьл суна тIе.

I тутмакх. ТIевеа, тIаккха.

Iаьрби. И Iаш верг вевзий хьуна.

I тутмакх. Профессор! Хи-хи-хи.

 

(Iаьрбис хIума туху)

 

Iарби. Яздархо ву иза!

I тутмакх. Дика ду, дика ду, яздархо ву иза, яздархо!

Iарби. Иштта, ас Iамор ду шу яздархо лара.

I тутмакх. Лоруш ву, яздархо. Кхин хIумма дуй, нохчо?

Iаьрби. Ду. Нохчочуьнца  дов латто лаьий хьуна а, хьан накъосташна а…

I тутмакх. Суна-м ца лаьа.

Iаьрби. Ца лаьахь, нийсса цхьа сахьт хан ю хьуна, оцу Александр  Исаевичан куьзганаш а, ахча а схьадан.

I тутмак. Ас мичара дохьу уьш?

Iаьрби. Хьайна луъучуьра! Я куьзгнаш ахчий, я дов! Айхьа биэ къастам. Кхеттий хьо?

I тутмак. Кхетта. (дIавоьду)

Солженицын. Баркалла хьуна, Iаьрби. Дика ду-кх хьо кху  чу  нисвелла.

Iаьрби. Ахь баркаллаш баххал, доккха хIума дацара хIара-м.

(ЮхавогIуш II тутмакх а гой)

 

Хьо юха ма вирзи, лергаш?

I тутмакх. Ахча – тю-тю-тю… доьхкина.

Iаьрби. Ас дийр ду хьуна тю…тю

I тутмакх. Куьзганаш хIорш ду… Бегаш беш схьаэцнера боху. Вехачо!

 

(Iаьрбис, схьа  оьций, дIало Солженицын куьзганаш)

 

Iаьрби. ХIан, хIорш ду хьуна куьзганаш… Ткъа ахча…

Солженицын. Ахча дитахьа, цунна  тIаьхьа-м кхуьура вацара…

ХIара куьзганаш ахь схьадахар ду-кх доккха хIума.

Iаьрби. Уьш кхин хьан хIуманна тIекховдарна со ца кхоьру-кх хьуна.

Солженицын. Баркалла. Ас Казахстанехь тергалбинера нохчий. Уьш нийсо лохуш, харцонна къар ца луш нах бара…иштта хьо а ву…

 

5 сурт

 

АСПИРАНТ. Шен маршо йихкинчу оцу дехачу I4 шарахь нохчийн цIе лекха латтош, хаддаза къийсам дIабаьхьира Мамакаев Iаьрбис . Цуьнца чохь хиллачу дукха  наха дуьйцура, гIийлачеран гIо лоцуш, гуттар кийча вара иза орцахвала бохуш. Бехк  боцуш чубоьхкинчу  нехан  дахар аттачудаккхийта гIерташ, цо дукха а кехаташ яздора лакхарчу Iедале. Наггахь и бахьан а хIуттий, стаг маьршавоккхуш меттигаш а нислора.

 

ЗАЙНАЪ. Цхьа Iилманан къайле суна а гучуели хьуна, хьоьга ладоьгIуш Iашшехь…

АСПИРАНТ. ХIун къайле ю иза?

ЗАЙНАЪ. «Архипелаг-Гулаг» киншки тIера нохчех лаьцна дешнаш Солженицына Iаьрби вевзинчул тIехь язйина хилла-кх, суна схьахетарехь…

(Зайнаъ книшка схьаоьцу , йоьшу)

«…Цхьа къам дара, ницкъ баран психологина къар ца луш – къаьсттина адамаш я къийсамхой а боцуш, дийнна къам. Уьш нохчий бара. Цхьа а нохчо цхьанхьа а, цхьана а хенахь а хьаькамна товриг дан а, я цунна ша дукхавезийта гIерташ вацара. Амма массо а хенахь цуьнга шен болу цабезам гойтуш вара кураллийца.»

 

АСПИРАНТ. I956-чу шарахь шарахь Магаданехь …. маьршаваьккхина Мамакаев Iаьрби. Иза  шен гергарнаш лоьхуш  Казахстане вахара, шен халкъ долчу.  Цигахь шийлачу гуьйренан суьйрана цхьана юьртахула нохчий лоьхуш схьавогIа иза, цIеххьана сецира, шена бевзаш боцу хаза мукъам а хезна, цхьана корехула охьаIенаш. Цу  коре а хIоьттина, ладоьгIуш лаьтташ, поэтана дицделлера массо а хIума, цунна дуьхьалхIуьттура генарчу даймехкан суьрташ: лаьмнаш, аренаш, раьгIнаш, шовданаш, Терк, Орга…

Иштта и лаьтташ дукха хан яьллера, цуо шен гIорош болу когаш тергал а ца беш. Иза  хаавеллачу оцу цIийнан хIусамдас чувигнера Iаьрби, шелбеллачу когашна дан деза дарба а деш.

Ткъа поэто дехнера, кхин цкъа а лакхийтахьа и мукъам аьлла … Цунна хезнарг яра Огинскийн полонез.

 

(Ека Огинскийн полонез)

 

6 сурт

 

АСПИРАНТ. I956 Алма-Атахь арадала доладелира «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газет. Цу редакцехь гуллора нохчийн яздархой. Дуьххьара цигахь гира  Мамакаев Iаьрби къона яздархочунна Айдамиров Абузарна. Цу шиннан гергарло тасаделира. Даймахка цIадирзича, кхин а чIогIа чIагIделира иза.

 

Iаьрби. Чохь дуй шу? Хьаша тIеоьций аша?

Абузар. Дера оьцу, марша вогIийла хьо, Iаьрби!

Iаьрби. Делера маршал хуьлда.

Абузар. Муха кхечи хьо? Некъ хала-м бацара?

Iаьрби. ХIинццалц вай динчаьрга хьаьжча, ма хала дац шен махкахь дешдолу некъаш.

Абузар. «Лаамзий, лаамций ас дина некъаш, заманан йохалла, шу марша Iойла…» иштта язйина ахь .

Iаьрби. Уьш марша а Iойла, даймехкан некъаш марша а догIийла. Схьа ца кхаьчна вайшиннан Шуьйтара хьаша?

Абузар. ХIинца а кхачаза ву.

Iаьрби. Бехк бац, цуьнан ши некъ бан беза: Шуьйтара гIала а, цигара – Мескета кхаччалц.

( оцу хенахь хеза Шимин аз)

Шима  ( илли а олуш) : «Лакхарчу ломара лахенга лар йохьуш, сирлачу седанал сайн цIена дог дохьуш, мехкарийн эшаршка, доттагIийн иллешка, ладегIа веъна со, Абузар, хьо волчу…»

Iаьрби. ЭйтI, горалера ламаро яI! Ламаро волчохь гIар-гIовгIа йоцуш хир дац.

Шима. Ассалом Iалейкум, де дика дойла шун!

Iарби. Ва Iалайкум салам, Далла везийла!

Абузар. Марша вогIийла, Шима! Ва Шима, кхузахь меца хан ю-м ца моьтту хьуна, ма хьашт доцуш беъна ахь …

Iьрби. ХIун ю цуо еанарг?

Абузар. УьстагIан чарх.

Iаьрби. Ламаро Iийр вацара цхьаъ ца лелош.

Шима. Тхан ламарой Iедал ду ша цхьанхьа хьошалгIа вахале, талла а воьдий, экха дуьйш. Тахана са ма-тессий, лома хьала а ваьлла, баца тIера тхи дожош, дажа арадаьлла лерг сема лу дожийнера ас секх-Iад тоьхна, иза кхуза схьадеъна-кх ас.

Iаьрби. Маржа Шима, дуьненан синкъерамаша аренга дIаийзош, яздархо хила лааро хIусаме чуийзош, ма боккха къийсам бу-кх хьан даг чохь дIабоьдуш.

Шима. ВаллахI, хьо бакъ луьйш ву-кх , Iаьрби. Ма дика хии хьуна соьгара хьал.

Iаьрби. Иштта хIумнаш хууш стаг ма ву шун  воккха доттагI . Схьавола, охьахаал суна юххе ший а. Шайн амалех вовшашна жим-жима дакъа дича, дика ши яздархо хир вара шуьшиннах.

Шима. И муха хир ду?

Iаьрби. Абузара шен синтемах жимма дакъа хьоьга кховдийча. Ткъа ахь, Шима, хьайн каде хиларх жимма дакъа Абузаран дича…

Абузар. Цунах гIуллакх хир ду моьттуш вац хьуна со, Iаьрби. Соьга синтеме валалур вац хьуна хIара карзахе ламаро.

Шима.

Маржа кIентий, нохчийн кIентий!

Хан хеназа гIур юй-те?

Вовшийн дегнаш доггах дезаш

Вай оьцуш хан хир юй-те?

Сайн доттагIий, сайн мостагIий

Мерзий-къаьхьий буьйцу ас.

Уллерчунах дог сан Iабац,

Генарчунна доьлху аз.

Кху дуьнено соьга боху: «доттагI атта нис ца ло»,

Амма дог сан къар ма лолахь,

Тахна санна деттало!

 

IАЬРБИ. Горалера , Шима, яI, доттагIий ца безаш-м вац хьо. Дош дан а дацара, нохчийн хIора юьртахь синкъерам а бойтуш, вайн махках чекх ца ваьлча!

АБУЗАР. Шаьшшинна тарлахь, со цIахь виталаш, йолийна повесть ю сан чекхъяккха езаш…

ШИМА. ЦIахь Iе хьо,  айхьа ялошъерг ялийна ваьлла хьо.

 

( Бийлало. Арахь лулахо кхойкху)

 

Лулахо. Абузар! Во, Абузар, ЦIахь вуй хьо?

Абузар . ЦIахь ву. Чувола, Хьамид.

Лулахо. Ассаламу Iалайкум! Хьеший, шу марша а догIийла.

Iаьрби. Делан маршалла хуьлда.

Лулахо. ГIалара воггIушшехь, чухьоьвзинера со. ХIара морс ду шуна чIогIа чам болуш.

Абузар. Баркал, Хьамид, хIун дара гIалахь?

Лулахо. Со кхин юкъаваха а ца гIоьртира, Минуткехь мангалш а эцна , юхавирзира… майданахь гIаличуьра нах гулбелла бохура.

Iаьрби. Уьш стенна гулбелла?

Лулахо. Нохчий юхаъ Казахстане дIабахийта беза бохуш…цхьа дакъа дара боху майдана деъна , айина лелош, нохчаша вийна хIара , бохуш…

Шима. Хьажахьа, вайх Iаба а ца бохку хIорша-м… нохчийн кIенташа хIума тоха еза-кх цу жIаьлешна.

Iаьрби. Iаба а ца бохку…уьш вайх Iаба ца бохку ….

Суьйренга лестина

Сан шерийн йорта,

Дог, шек ма далалахь

Хьалхе ду алий;

Йисинчу хьайн ханна

ГIоза а далий,

ЙогIучу суьйренан

Беркат а ларий,

Iуьйренна ца динарг

Дан кхиа гIорта,

Кхетаммий,

Безаммий

Хилийта шорта.

Мох болуш хIорда тIехь

ТулгIенаш санна,

ДIаиди,

ДIаихи

Вахаран денош.

 

( Iаьрби дог лоций, охьавоьду)

 

Абузар. Iаьрби, Iаьрби, ахь хIун до?

Шима . Хьуна хIун хилла, Iаьрби..? Лор валаве, лор!

Абузар. ДIавели Iаьрби…Дала гечдойла хьуна…

Шима. Iаьрби! Iаьрбииии!

 

АСПИРАНТ. Иштта Айдамиров Абузар волчу хьошалгIа вахханчохь дIакхелхира нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби. Дукха баланаш лайначу цуьнан дагна чIогIа Iаьткъина хиллера и хаам.

 

ЗАЙНАЪ. ( йоьлху)

 

Илли «Даймохк» Мамакаев Iаьрби дешнаш тIехь дIаолу Дагаев Валида.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика