АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь (3-г1а дакъа)

АБУЗАР АЙДАМИРОВ

 

                                       ДАКЬАЛОЦУРШ:

Абузар Айдамиров

МухIажар

Машар

Хадишт

А. В. Власов

          Харсаев  Леча

 

1 сурт

 

АСПИРАНТ . Ткъа хIинца…

ЗАЙНАЪ. Ткъа хIинца ахь хIун эр ду хаьа суна…

АСПИРАНТ. ХIун эр ду?

ЗАЙНАЪ….Айдамиров Абузар…

АСПИРАНТ. …цунах лаьцна йозанаш дуккха а хир ду шун?

ЗАЙНАЪ. Муха ца хуьлу? Айдамиров Абузар цIарах яц хIара библиотека? Абузарах дийца сан ду хьуна дуккха а хIума…

АСПИРАНТ. Суна ца хуург хIун дуьйцур дара ахь цунах лаьцна?

ЗАЙНАЪ. Абузар Айдамиров вина I933 шарахь. Бакъдерг дийцича, цуо ша 4 шо хьалха вина олуш хилла…Иза болх беш хилла Мескетарчу юккъерчу ишколан директор волуш, цигахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш хилла иза…

2 сурт

 

Партин обкоман хьалхарчу секретаран кабинет.

 

Харсанов. (НеI йоьллуш). Чуван мегар дуй, Александр Владимирович?

Власов. Мегар ду.

Харсанов. Хьаша а ву соьца – Айдамиров Абузар.

Власов. ХIара  хьаша хилла ца Iа, хIара Iаламат веза хьаша ву. Марша вогIийла хьо, Абузар Абдул-Хакимович!

Абузар. Маршалла хуьлда хьуна а, Александр Владимирович!

Власов. Лечи Мусалович, кестта-м ца валий ахь хIара со волчу.

Харсанов. Ас вола ца олуш-м вацара хьуна хIара. Цхьацца ца нислуш лийли…

Абузар. Со-м республикин уггар а лакхара хьаькам балхах юкъахваккха ца лууш Iара.

Власов. Иштта мегар дац, Абузар Абдул-Хакимович… Тхуна а ма лаьа наггахь гина а халкъан яздархо ган а, цуьнца чайнан стака мала а… Бакъдерг дийцича,  хIинца-м кхин бахьана а дара ас хьо кхайкхар. Ахь яздина кехат дешнера ас, лераме Абузар. Ишколе, класса чу а баьхкина, берийн учебникаш юкъара хьан «Еха буьйсанаш»  произведени тIехь йолу  кехаташ схьахедор иза варварство ю! Ас Леча Мусаловиче  дIа а  аьлла иза. ХIун  дира ахь, Леча Мусалович цу хьокъехь?

Харсанов. Абузара хьоьхучу ишколе и иэхье гIуллакх эцна  вахана хилла ши белхало балхара дIаваьккхина, партийни агIор  выговорш а луш.

Власов. Хьакъдоллу таIзар ду.

Харсанов. Цул сов, царна и диэ аьлла тIе диллина волу КГБ-н районан декъан куьйгалхо дIаваккха  аьлла  яздина республикан КГБ-е.

Власов. Нийсса яздина. Вай бегаш бойтур бац халкъан яздархочуьнца. Вела стенна къежа хьо, Абузар? Боккъал а ас ларам беш стаг ву хьо.

Харсанов. Иза-м бакъ ду хьуна, Абузар, хийла хьо дикачу агIор хьахаво кхуо соьга.

Абузар. И иштта делахь, сан «Еха буьйсанаш» роман ишколан программехь меттахIоттае. Ас язйина керла роман «Лаьмнашкахь ткъес» ара а хецийта.

Власов. Лераме Абузар, хьан «Лаьмнашкахь ткъес»  роман издательствон  коьртачу редактора Ламаркаевс, редакторша Эпиевс, Хайдаровс ца магийна.

Абузар. И магош язйина 2I рецензи  ю-кх сан романна. Церан  авторшна юккъехь Iилманийн докторш а, Iилманийн кандидаташ а бу.

Власов. Кхаьчна  соьга уьш, и рецензеш.

Абузар. Делахь, Iилманчийн ткъе цхьаъ рецензел еза  ю-кх кхаа редакторан мах хадор.

Власов. Яц, суна-м яц уьш еза.. ХIетте а, Абузар тахана партин ондда лаам бу  дIадевлларш дукха а ца дуьйцуш, халкъийн барт чIагIбар, уггаре а хьалха нохчийн, оьрсийн шина къома  юкъара барт чIагIбар. Вай кечам беш ду вайн шина къоман барт бина 200 шо кхачар билгалдаккха

Абузар. Ас яздийриг исторически  бакъдерг ду.

Власов. Ахь яздийриг бакъдерг дуйла а хаьа, ахь архивашкахь дуккха белхаш бинийла а хаьа… Ахь язйина кхин хIуманаш а ма ю… Забаре дийцарш, таханлерачу дахарх лаьцна говзарш…

Абузар. Исторически произведенеш коьртанаш ю сан. Со уггар хьалха историк ву, цул тIаьхьа ву со яздархо.

Власов. КIорда ца дина хьуна, лераме Абузар, и тIемаш, гIаттамаш, вер-ваккхарш,… Цул машаречу дахарх язъехьа.  Хьо-м говза лирик а хилла. Хьан дешнаш тIехь язйина цхьа йиш еъна суна, аса-м кест-кеста локхуьйту иза сайна…

 

(Магнитофон тIе пIелг таIабой локхуьйту «Хьох дуьххьара бIаьрг кхетча»…боху йиш) 

 

Абузар. Дика ду. Со кхетта ахь бохучух .

 

(НеIарехьа волу)

 

Власов. Собарде, сих ма ло, Абузар. Сан хьуна баккха кхаъ бу.

Абузар. ХIун кхаъ бу иза?

Власов. Партин обкомо хьо хьалхатеттина  хьуна «Дружба народов» орден ялийта.  Хьан кехаташ Москва дIадахьийтина.

Абузар. (велало) «Дружба народов» орден муха ло, цунна дуьхьал романаш язъечу яздархочунна?

Власов. И дитахьа, тхуна хаьа хьуна совгIаташ хьанна дала деза. Бакъдуй иза, Леча?

Харсанов. Дукха чIогIа бакъ ду.

Абузар. Дика ду, Александр Владимирович, со кхетта ахь бохучух. Со дIавоьду.

Власов. Дера ца воьду чай ца молуш-м.

Абузар. Чай мала хьогах а вац со, нохчийн илли тIехь ма-аллара.

Харсанов. Охьахаахьа, Абузар, хIокху Александр Владимировичан чай чIогIа дика хуьлу хьуна. МухIажара доккхучу чайне-м кхочур дац иза… ХIетте а, дозанал арахьара деъна ша - тайпа чам болуш чай хуьлу кхуьнан.

Абузар. Делахь, хьуна иштта чIогIа лаарна, чай а мер ду-кх вай.

 

 

3 сурт

 

Абузаран хIусам.

 

МухIажар. ЦIа веан хьо, Абузар?

Абузар. ЦIа веа, МухIажар.

МухIажар. Леча чу ца веа?

Абузар. ХIан-хIа, МухIажар. Балха хIотта веза шен, аьлла, дIаваха, хьоьга бехк ма билла ала, каяьлча, вогIур ву ша бохура.

МухIажар. Бузар, ас хьуна дукхаеза далланаш йина хьуна, къона нитташ хьакхийна, кIалд тухуш, уьш чу а боьхкина, хьормакийн чай даьккхина.

Абузар. Баркалла, МухIажар, хьаькам волчохь чай мелла ас, тIаьхьо кхоллур ю ас.

МухIажар. ХIун хили ахь даьхьначу гIуллакхах?

Абузар. ХIумма а. Хаза къамел а дина, схьаваийтина. Орден ялийта хьалха а теттина боху со шаьш.

МухIажар. Бузар, иза-м хаза кхаъ ма бу.

Абузар. Орденаш шайна а йитина, и сан киншкаш арахецна елара цара.

МухIажар. Уьш а хоьцур ю, Дала мукъалахь. Iедал дикчу агIор хийцалур ду хьуна, Бузар, хьуна орден яла дагадеанехь,  Дала мукъалахь.

Абузар. Дала мукъалахь.

 

(Арахь машенийн гIовгIа хеза)

 

МухIажар. Цхьа машенаш ма севци вайн кебертехь…

Абузар. Уьш книготорган директора Хьажбекара яхкийтина машенаш ю. Вайн киншкаш цунна дIайоьхкина ас. Дика стаг ву Хьажбекар, ас доьхучул а сов дели цо ахча…

МухIажар. ДIайоьхкина… киншкашший… ахь хIун дуьйцу?

Абузар. Цхьана кепара хене довла дезаш дац вай а?

 

(МухIажар елха озало)

 

Ахь хIун до, МухIажар, кхин вуо ма догIийла вайга… Киншкаш бен ярий хIорш.

МухIажар. Ахь ма хала вовшахтоьхнера хIорш… Казахстанехь долуш дуьйна гулъеш…

Абузар. ХIумма дац, МухIажар. Къеста дезаш дуьне ду-кх хIара… ( киншка схьа а оьций) .Тахна кху киншкех, кхана кхечух, тIаккха вовшех, тIаьххьара дуьненах къаста деза. Ас хийла ойланаш еш, дIасалистина-м яра хIорш…

ХIора а суна евзина, сан куьйгийн йовхо шена тIехь йисина ю. Марша гIойла шу, сан доттагIий.

 

(Музыка)

 

4 сурт

 

ЗАЙНАЪ. Кеста хила а хилира хийцамаш. Абузаран историн романийн хан тIекхечира. Уьш массо а араелира. Халкъан аьтто хилира шен яздархочуьнга болу безам ма-барра гучубаккха. I988 шарахь Айдамиров Абузар СССР-ан депутат харжа хьалхатеттира нохчийн халкъо.

 

АСПИРАНТ.  Депутаташ хила луурш дукха бара…Бакъ а долуш ,къовсам чIогIа бара. Амма, Абузар тулуш, дIабирзира иза.

Ша халкъан векал  хаьржича, мискачу нахана орцахвуьйлуш, нийсонехьа къуьйсуш, шен йозанан болх тесна а битина, халкъан юкъара гIуллакхаш доггах шена  тIе а лаьцна, къахьийгира Абузара.

ТIаьхьа, иттех сов шо даьлча,  вайн махка карзахалла йоьссича, ондда дош олуш юкъавелира  иза, шен накъосташца цхьаьна халкъ бохамах лардан гIерташ. ТIаьхьа къизачу бохамо, тIамо юкъахьарчийна,  вайн  къам бIаьрзе хьовзийча, и кIелхьарадаккхаран деза дукъ шена тIе а лаьцна Ахьмад-Хьаьжа хьалха ваьлча, цо доггах гIо лецира цуьнан, и нийса некъ буйла шена  хуу дела.

 

 

5 сурт

 

(Абузаран хIусам. ЦIа вогIу Абузар. Дуьхьалйолу Машар)

 

Машар. Марша вогIийла, Ваша, ма дика ду хьо цIа веъна. Сагатделлера сан.

Абузар. Са стенна гатдора ахь, ва Машар.

Машар. Хала хан ма ю вайна. ТIом меггарг дIабирзина а бац. ХIун хаьа…

Абузар. Дала ца динарг хIумма а хир дац.

Машар. ТIекхечин хьо Ахьмад-Хьаьжина?

Абузар. Со веънийла ма хиънехь, чукхайкхира цуо со. ЧIогIа хазахета Ахьмад-Хьаьжина со веъча. Маржа яI, жимма къона велхьара, цунна дан ма-деззара гIо дан…

Машар. Болх муха бу цуьнан, Ваша?

Абузар. Дукха хьаькамаш бевзина суна Нохчийчохь Совет Iедал долуш а, цул тIаьхьа а. Амма , иштта вайн къомах дог лозуш , боккъал иза бохамах кIелхьардаккха гIерташ къахьоьгуш стаг ца хаавелла суна царна юккъехь.

МАШАР. Дала аьтто бойла  цуьнан!

Абузар. Амин. Мичахь ю Хадишт?

Машар. ХIинцца араели-кх иза…туькана яхана, моьтту суна…

Абузар. Туьканахь ду-кх цуьнан массо а гIуллакх, и туька вайн кертахь схьайиллича хIун дара-техь?

Хадишт (гучу а йолуш). ХIинца-м туькана ца яханера хьуна со. Эвла йистехь хинхьерахь дина Iахьар ду духкуш , аьлла , хезнера суна. Iахьаран хIума хьуна тов дела, и эца яхнера со.

Абузар. Маржа , Хадишт, со меца вуьтур волуш-м яц хьо.

Хадишт. Айхьа даьхьна гIуллакх хилин хьан, Абузар?

Абузар. Ас даьхьна дуккха а гIуллакхаш дара, ахь муьлханиг дуьйцу?

Хадишт. Вайна газ ялор хьахаде бохуш бара-кх хьоьга юьртахой.

Абузар. Дера ас иза Ахьмад-Хьаже дIа а ма хьахий, цуо и гIуллакх шина-кхаа дийнахь дIадоладойтур ду аьлла, тIе а ма леций. Суо дикка реза а воццушшехь а ма хьахий ас и цуьнга…

Хадишт. Иштта хIунда боху ахь, ва Абузар?

Абузар. ХIокху тIама юккъехула вайна газ ца ялаяйтича, кхин дан хIума доцуш ву иза? ЦIадерзо дезаш къам ду, совцо безаш зуламхой бу, лоьхуш, тIепаза байна нах бу… Iалелай, ма дукха ду-кх Ахьмад-Хьаьжин декхарш! Ткъа вай юккъехула газ юьйцуш ду. ХIинццалц санна, дечиг а дагош Iен ца мегара вай, хIара хала хан дIаерззалц? Маца хилла кхузахь газ? Советан Iедал чIагIделлачу хенахь а, вайн колхоз миллионер йолчу хенахь а ца хилла.

(Абузара шен киснара диск схьадоккху)

 

Машар. И хIун диск ду хьан, Ваши? ГIалахь артисташа-м ца делла хьуна иза?

Абузар. Ца делла. Вайн кертана уллехь Iуьллуш дар-кх хIара.

Хадишт. Хьажийтахь со кхуьнга…дехьа чу дIавогIий хьо, ас тIедуьллу хьуна хIара?

Абузар. ДIавогIу. Машар, ахь чекхдаьккхирий айхьа долийна дийцар?

Машар. ХIан-хIа , Ваша, ларийна-м яц. Тахана-кхана чекхдоккхур ду ас.

Абузар . Хьо яздархо хила гIерташ елахь, Машар, литературехь болх хаддаза бан беза.

(дехьа чу волу)

Машар. Ас мел чIогIа яздича а, соьга Вашига санна яз а лур дац. Ткъа наха гуттар а дустур ду сан йозанаш Вашичаьрца. ТIаккха хабарш дуьйцур ду, « ца язйинехь хIумма а дацара» бохуш…делахь а, Вашина лаьа ас ша лелийна шена деза хеташ долу гIуллакх дIакхоьхьийла. Иза теша сох. Вашина деза Iаждар бецан чай даккха деза ас…

(чайниг схьа оьций , чай даккха хIутту. Оцу хенахь дехьачохь Хадиштан мохь болу )

ХАДИШТ. Ва, Дела!

 

( Бос баьхьна Абузар сехьачу волу. )

Машар . Ваша, хьуна вуо-м ца хилла? Хьо ма кIайвелла?

Абузар. ХIумма а ца хилла , мохе волу со..( араволу)

( карахь диск долуш сехьа чу йолу Хадишт)

Хадишт. Ма доккха хIума ду хIара, ма доккха хIума ду…

Машар. ХIун ду доккха хIума? ХIун хилла?

Хадишт. Кху тIехь дерг…

Машар. ХIун ду цу тIехь?

Хадишт. … хьан «Еха буьйсанаш» ешна, арадевлера тхо тIом бан, боху цара…  хьо ямарт хилла,  боху, халкъана, Ахьмад-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина. Шаьш хьуна виэ кхиэл йина, боху, Ахьмад-Хьаьжин некъ нийса бац , аьлла , дIа ца кхайкхадахь…

Машар. Иза муха яздина  цара Вашига? Делан неIалт хиларш!

(Абузар чувогIу…)

Абузар. Кхуьнга дIадийца кхиъна хьо? Хьаштадоцуш дийцина…схьаял и экъа .

( Хадиштера диск схьа а оьций, кагдо)

Абузар. ХIан, нехаш тIе дIакхосса хIара. Цхьаьнгга а кху тIехь дерг дийца а ма дийца. Машар, хьуна санна массарна а дика стаг ма ца хета хьан да.

Машар. Ваша, вай кхузара дIадаха деза.

Абузар. Вай цхьанхьа а гIур дац. Вай лурдола вай, вийна стаг вац.

Хадишт. Ахьмад-Хьаьжига а аьлла, ха хIоттадайта   деза вайн цIенна.

Абузар. Ца оьшу. Со лар ца вича, кхин дан хIума доцуш ву хьуна Ахьмад-Хьаьжа. ХIара дерриге а дуьне тIаьхьадалахь а , Дала ца дайтахь, хIумма а дийр дац. Цундела, болх Далла тIе а биллина , Iийр ду вай.

 

6 сурт

 

АСПИРАНТ. Цул тIаьхьа Абузар кест-кеста гIайгIане гора чуьрчарна. Цунна уггаре а чIогIа Iаткъинера ша халкъ дезаш, доггах язйинчу «Ехачу буьйсанийн» маьIна зуламхоша галдаккхарна. « Царна хIун бехк буьллур бу, цу галбевллачара КъурIанан аятийн харц маьIнаш деш хилча» олура цуо… цул тIахь Айдамиров Абузар дукха ца вехира. ЧIогIа цамгар а кхетта , иза дIакхелхира 2005 шарахь, бIаьсте аьхкене йоьрзучу дийнахь.

ЗАЙНАЪ. Амма Айдамиров Абузаре болу халкъан безам лахлуш бац. Мелхо а, алсамболуш бу. Кеста-кеста арахоьцу цуо язйина говзарш, дIахьо и дагалоцуш суьйренаш. Цуьнан цIарах ю: ишколаш, урамаш, тхан библиотека, майданаш.

 

АСПИРАНТ. ХIаъ, бакъ ду иза. Нохчийн Республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Омрица вайн уггаре а йоккхачу коьртан библиотекина а тиллина Айдамиров Абузаран цIе. Иза тахна а вайца ву шен говзачу дашца, хьекъалечу хьехамца.

 

«БУЬЙСА, БУЬЙСА, IАЬРЖА БУЬЙСА» Айдамиров Абузаран дешнаш тIехь илли дIаолу…

 

 

7 сурт

 

АСПИРАНТ. Тахана чекхбели ас кандидатски диссертацина беш хилла кечам.

ЗАЙНАЪ. Цуьнца ас декъалво-кх хьо. Хьан балхах суна а пайдабели: нохчийн яздархой а бевзи герггара, церан дахар а, кхолларалла а.

 

АСПИРАНТ. Иза дика ду. Со дIавоьду.

ЗАЙНАЪ. Тхан библиотеке богIу некъ биц ма белахь…

АСПИРАНТ. Бицбан йиш яц. Кестта докторски язъян волавала везаш ву со. Iодикайойла хьан, Зайнаъ.

 

(библиотека чуьра араволу)

 

АСПИРАНТ. Мохк дIабаькхна а дисна къам. Маршо дIаяькхна а дисна. Амма цуьнгара цхьана а къизачу мостагIчуьнга дIа ца баккхалуш биснарг – нохчийн мотт бу! Дакъошка декъаделла дIа ца дохуьйтуш, цхьа дегI дина латтийна вайн къам нохчийн матто. Тахана вайн карахь ду-кх и мотт Iалашбар а, оцу маттахь къахьегначеран дан ма-деззара сийдар а.

 

Чаккхенан илли «Нохчийн мотт»

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика