САРАЛИЕВА Табарик

PDFПечатьE-mail

 

Йовха пазаташ я ненан йовхо…

 

 

–  Сан нанас юцар сацийчхьана йовха пазаташ ца хилла-кх сан, – боху, пеша уллерчу паднара тIехь Iачу воккхачу стага, шен зудчо юьйцина керла йовха пазаташ кога а юхуш. Пазаташ шатайпа кIайчу басахь ю, бертигаш леккха хьалайовлуш, кIажий, бертиггий можа бос бетталучу тIергIах а йолуш. Пазатийн юцар а цхьа шатайпанчу бустамца ду – цкъа шуьйра лолам, тIаккха готта лолам бохуьйтуш. Леррина, тIебаьлла морса чо куьйгаца дIабижош, бертигаш хьалаозош, цкъа аьтту кога тIехь, тIаккха аьрру кога тIехь дIанисйо воккхачу стага пазаташ. 

– Тхан нанас Тахлас йора-кх тIергIан пазаташ хьовха, каранаш, мангалан куйнаш, пхьуьйшашдоцургаш, бIегIаган чоэш, вертанаш. Кхечу ярташкара а нах лаьттара тхоьгахь. Суна йийриг хIуъа елахь а шатайпана хуьлура. Суна тIехь иза мел гинчо а, «Дуогална санна яхьара суна а», – олура. Тхан нана елакъежара, амма «Дуогална санна» ца нислора цхьанна а, цкъа а.Тахлин пазаташа сан когаш бохбина ца Iара, сан са дохдора цара. Бакъду, Казахстанехь Тахла дIайирзинчул тIаьхьа-м ца хилла ишттанаш. Пазаташ-м дера хилла, хIорш а ма ю, амма сан нанас  еш хилларш санна-м, ца хилла… 

Леррина цхьаьнга деш доцу шайн ден къамел доладелчахьана а стоьлана гонаха Iаш долу кхеран  кIант, йоI дIатийнера. Церан бист ца хуьлуш, вовшашка хьаьжначу бIаьргаш чохь дешалора: «Дадинаш шалха даьIначу эхангах йина ма ю, лекха бертигаш а йолуш! Бос а бу шекаран санна, дукха кIайн хиларна, сийно хеталуш! Ткъа бертигаш а, кIажош а нелхан басахь. Хетарехь, шарахь ца хуьйцуш, мачаш чохь лелийча а, нужур хьоврдоцуш, шатайпана юьйцина – тIаккха а пазаташ яц! Ткъа тхайнаш, дадас лелийнарш схьа а яьстина, жимма карла а яьхна, басардина, бамбин эхангаш а тоьхна ю, хIетте а мел аьхна ю!».

Цхьабарт хилча санна, шайн пазаташка хьаьжира ши бер, тIаккха шайн дега-нене, юха а вовшашка.

Пешахь догучу дечиган бен гIовгIа йоцуш, тийналла хIоьттира чохь. Пеша хьалха, лохачу гIантахь Iачу зудчо, кхерча дечиг тилла схьайиллинчу неIарехула схьаетталучу йовхонна а, серлонна а дуьхьал шен даима а тIаргIа лелийна шарделла, чекх са гуш долу куьг лоций, тIетадо воккхачу стеган дешнаш: «Деллахь, ма бакълоь хьо, стаг!».

 Ши бер юха а вовшашка хьожу, цIоцкъамаш хьаж тIе хьаладовду цу шиннан, бIаьргаш чуьра цецдовлар лачкъа ца ло цаьрга. Хезаш а, гуш а долчух ца тешаш, доьIу са а сацийна, къайла ца яккхалучу шеконца шайн дега-нене леррина хьоьжу ши бер.

 Пеша хьалха эккха кечъелла тийналла. Мискъазарратал йоьхна ца го зуда. Цо, дог а даьтт1а, дечиг пеша а кхоьссина, неI тIе ца туьйхира. Мел лерина кхушимма ладоьгIча а, ца хезира ненан дегабаамца дегадо аз а: «Аса йинарш ца мега хьуна? ХIун оьшуш ю уьш, хьан уьнашарахь хиллачарал? Ца вашахь, эцца базарара схьаэца хьайн пенсех, мах белларш, са дохдеш, дика хир ю хьуна!».

Ножан дечигах бохь боккхуш, кхерчахь гIала а йина, гIара ца хозуьйтуш, пешан неI тIе а чIаьгIна, воккхачу стагехьа схьайирзира зуда.

 И шиъ, минотана вовшашка а хьаьжна, сецира, шиммо а цхьана даггара доккха са а даьккхира… .

– Къахьштун дечиг кхачийна вайгара, – боху зудчо, – цхьа мадар ца яхь ер яц, буха тилла и ца хилахь, цIе дIа ца юлу ножах.

Стоьлана гонаха Iийраш, вовшех бIаьргаш а лечкъош, бендоцчуха, маьркIажан бодано кхолийначу корехьа дIабирзира.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика