БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

 

 

Дийцахьа, Яхьйа , дийцахьа суна…

 

Ламанца дахар хала хуьлу-кхи, лахенца санна, хьелаш а доцуш, дерриг а шен куьйга даккха дезаш: марс а, мангал а, гуота а, я шо кхаба гуьйре гуьйренна дуьхьал а ца хIуттуш – ялтин цинц ца тоьара, Йоккхачу Нохчийчу чIана вахана ца веъча, цхьацца шира мохь а, дума а эцна, кIина цинцах я мекхан пунтах хийца.

Ялта дерриг а ца охьура, дуо беттанашца бекъний бен, тIаьхьадисина беттанаш а лоьруш.

Хинхьера шеран коьртехь,  сецна йоцуш, хьийзаш хуьлура, бутт батте хьежорца наха кхоьхьучу цу цинцашца.

 Цхьанна хала дара – хьархочунна – дей-буьйсий шенна дIакхехьа.

Хьархо шиъ хуьлура, хийца-хийцалуш, рогI-рогIана: маьркIажехь а кхочура стаг, буьйса юкъал тIехъяьлча а, шайн варрийн кожмаш тIехь кенаI бохьуш, мекхан цинц я хьаьжкIийн тIоьрмиг.

Ялта шен-шенна ахьа дезара, хIоразза а хьера цIан а еш, жIаьло гуй ма-цIандарра, тIаьхьара мотт хьокхуш санна.

 Яхьйас де дайича, буьйса Висхас йоккхура – Яхьйа кхул воккхох вара.

 

Хьера-м ша а хьийзар яра, цхьа а хьархо ца хилча а, наха шайн ялтана тIера масех кана тIаьхьа а юьтуш. ХIетте а, хьер – хьер яр-кх, галъялар а, йохар а долуш, я массо а – хьера вогIург – бол буьтий а ца воьдура: болан дакъа байшна а дара, юьрто йинчу ваIдица, хIу хаьддачу къаношна а.

 

Воккха ши стаг воккха вара, шайн доьзалш а, доьзалийн доьзалш а болуш, цу шиннах дозуш дисна кертахь цхьа а дезар а доцуш, дуьххьала бIаьргаIуналла доцург.

Изза Iуналла кхузахь а дара, кху хьерахь, сингаттамна хан екъар, ялта доцуш де-буьйса деъча, хи апарера дIа а дерзош, цхьаццанхьа куьйгаш Iиттар, юха, хилларг а, лелларг а дуьйцуш, де буьйсанца Iехор а.

 

Яхьйа суьпа вуьйцура наха, даим доIанашца вехаш, Пайхамаран (С.I.В) асхьабаш хьахийначохь, бIаьргара догIу хи а ца соцуш.

Висха, ламаз-мархица, доьналла долуш стаг хьахавора, тIаьхьуо болийначу доьзалехь пхеа йоIаца цхьа кIант а волуш, иза уггар а жима а, пхийтта-ялхийтта шарера.

КIант цхьаъ бен къеначу Яхьйан а ца хиллера, кIентан кхо кIант а волуш; мехкарийн бераш Висхин а дара.

Шайн берийн бераш кху шинна дика а девзара, шаьш вовшашка дукха дийцина, церан хабарш а, амалш а цхьаьна, дегабаамаш а, хIилланаш а.

– Дала, малик санна, цIена кхуллу-кх бер, – велааьшна дуора Яхьйас.

– ЦIена, ца цIена-м ца хаьа суна, бакъду, харцахьа лелаш маликаш-м ду уьш! – Висхас шениг дуьйцура.

 

Иштта, вовшашца ечу забаршца, дагалецамашца, Iожаллин бен, кхин кхерам а боцуш, вовшашца ийна, ши ваша санна и шиъ воллуш, Яхьйан керта вон деара, хьуьнха, хен баккха вахханчохь, тIе дечиг кхетта, цхьаъ бен воцу кIант а вийна.

Тезет къаьхьа а, йоккха а яра, къоьжа къанбелла къаной а боьлхуш.

 

Дуьххьара Яхьйа хьера веъча – кIант кхелхина бутт баьллера, – хIара шиъ цхьаьна вилхира, Яхьйа шен кIантана а воьлхуш, хIара Яхьйан къинна а.

Цул тIаьхьа дуьйна, хIоразза а, Яхьйас шен кIант вуьйцура, шен кIентан хаза гIиллакхаш а дуьйцуш, цуьнан шеца хилла къинхетам а.

Висхас хIоьттина ла а дугIура, сих-сиха корта ласторца, юккъе дош а далош, Яхьйан кIентан цIе а йохуш.

– Дера вара – Яхьйас дIалоцура, – бер долуш дуьйна схьа-м вара иштта, цхьа воккха стаг санна, массо а хIуманна бала болуш, соьга тхан дай а, дендай а хоьттуш, гергарлонаш карладохуш, – дуьйцура Яхьйас, ша-шега санна, меллаша, кIант дуьхьал лаьтташ санна, хьажар цхьанхьа лаца а лой.

– Дика мел хуьлу, хала ву-кх доьзалхо, – дог оьцура Висхас, цкъа а вист а ца хуьлуш, ладегIар башха гIиллакхехь а ца хетий.

– Дика-м вара хьуна, хIета, – Яхьйас кхин а дуьйцура, – берхIиттара ваьлчахьана, шен ненахой дIаийцир-кх цо соьгара, вонна-диканна гучувалар бен, ас кхин невцалла лело а ца дезаш.

– Дера хилла хьан кIант, дика кIант, – Висха меллаша хьалаайлора, хьерахь ша хийца веанчу Яхьйан Iодикаян ца хIуттуш, цIа ваха са а хьаьвзий.

– Дика ву бохург дан а дацара…цкъа – Дела хьан аьлла – ша жима стаг волуш дуьйна схьа, эвлаюкъехь буса хьевелла, соьга цкъа сагатдайтина-м вацара, дера вацара, вацара-те, – бала балхабора Яхьйас, Висха хьоьжуш лаьтташ а хуьлуш.

 

Я сарахь, я Iуьйрана, Яхьйа хийца хIара хьера веъча, сахьт а, ши сахьт а долура дIа, цIа ваха ваьлла Яхьйа, кхунна дуьхьал воьрзуш, кIант вийца а хIуттий.

ХIара Iадда лаьттара, иза юкъахваккха а ца лууш, хьера баьхкинчу нехан яппарш хазарна кхоьруш, лерса а ирдой.

– Цхьана а буса, Висха, цхьана а буса, соьга хIума а яийтина, сан гIайба а нисбина, сан гоь а тойина, сан когаш дIахьарчош, сан буьйса декъалайиний бен, шен доьзал болчу чу вахана кIант-м вацара хьуна иза, – бIаьргаш тIунлора Яхьйан, дIаваха, аьлла, охьаволавелча, юха-юха а, юха а дуьйцуш.

ХIара меллаша тIаьхьа оьхура, цхьацца ког а боккхуш, геннара ша ладегIа сецча, кхунна кIордийна моттаделла, Яхьйас шена дегабаам барна а кхоьруш.

 

Юха сарахь я Iуьйрана, хIора а дийнахь вовшах кхетча (бутт а, кхо бутт а бен а доцуш), керла-керла хIума карадора Яхьяна шен кIантах дийца, цкъа а кхачалур дуй-те, аьлла а хоьтуьйтуш кхунна.

Цкъа а кхача-м ца луора.

Яхьйас, Дала доуьйтучу массо а дийнахь вуьйцура шен кIант кхунна, иза бер долуш дуьйна схьа – дIакхалххалц, юха хIора буса, гIенакхоьлахь, иза шена гар а дуьйцуш.

Вон-дикане дIасавахана, ша юхавеъча:

– ХIара дуьне мел лаьтта ша ваха веъна хилча санна, хьошаллаш тийсана-м хиллера цу кIанта, Висха, кху ДегIастанахь-м…со дIакхаьч-кхаьчначу тезетахь я новкъахь, воьду-вогIуш, хьенехан да вуй хьо, бохуш, соьга кадамаш беш, сан дог хьоьстуш, оцу вайн кIентан гIиллакхаш дуьйцуш, цу наха сан оьцу дог, – салам дала а вицлой, шен кIант вийца хIуттура Яхьйа.

ХIара соцура, ша беш болу болх а буьтий, нагахь цхьамма салам делла я ламазна молла кхайкхина, шаьш юкъахваккхаре сатийсарца, Яхьйан хабар дIа а ца хедаш.

Бутт, ши бутт а, ахшо даьлча а, шен кIантах дийца хIума дохьура Яхьйас кхунна, кIентан суьлхьанаш а, пес а гойтуш, цхьамма цунна делла хилла долу киснахь лелон дато сахьт а.

– Дела реза хуьлда-кх цунна, дика нах бу-кх, дика нах, дика совгIат делла а ма хилла, – олура кхуо, хьеран дуо цIанбечуьра болх юкъах а ца боккхуш, нагахь ша минотана а сацахь, белхан де дайний а хууш.

 

Иштта, Яхьйас шен кIант а вуьйцуш, хIара гIиллакхах ца вуоха гIерташ – шена цунах куьйла яьллашехь, – ладогIа а соьцуш, цхьа шо а даьлла, шолгIа шо куога дирзича, Яхьйа мелла а тийра, кIирнахь я баттахь бен, кIентан цIе а ца йоккхуш, доIанашна чу а вирзина.

Хьалха санна Iара хIара шиъ цул тIаьхьа, Яхьйан кIант кхалхале санна, цхьацца хилларш а, лелларш а дуьйцуш, жималла а хьехош, дар-дацарш карла а дохуш.

 Яхьяс кхунна, Висхина, жайни тIера хьекъале дош а дуьйцура, Нохь-пайхамара – Делера салам хуьлда цунна – шен кIантана дина весет а дуьйцуш, Лукъмана шечунна дитина хилла хаза хьехар а хьахош.

 

Цхьана суьйрана, малх бузале, ламаз  дина а ваьлла, уьйтIарчу тIулга тIехь хIара суьлхьанаш дохуш Iаш, ши-кхо стаг велира кетIа, салам делла, бисмилла а даьккхина: «АлхьамдулиллахIи раббил Iаламийн», – аьлла, доIа дан а волалуш.

Кхуо Амин элира.

– Дала гечдойла цунна, Висха, вон кхаъ бохьуш даьхкина-кх тхо, Дала декъалвойла хьан кIант… ша юхалург елла хазна, хан чекхъяьлча, дIаяхьар бен, хьоьгара хIума ца яьхьна-кх АллахIа, собаре хилалахь, – элира кхуьнга, – АллахI собаре хиллачуьнгахьа ву хьуна, – аьлла.

КIант хиллера велларг, кхуьнан цхьаъ бен воцу кIант, доттагIчун йоссийна зуда цIа ялош, замолха вахча, говр а къаьхкина, чувужуш, корта тIулгах а кхетта.

 

Тезет а дIайирзира, нах шайн-шайн чу а боьлхуш, ков тIекъевлча, арахьдерг, нехан вон хиларе терра.

 

Кхуо чохь бутт  а ца баьккхира – садуьллийла яйинера наха, доIа-кадамашца хаддаза дехьа-сехьара схьахIуьттучу.

Вуоха ца вуоха хала дара, шен чохь садетта а, доьзалх бIаьрг моссаза кхета, Iана гIерта хиш сецо а.

Кхин нахала ца волуш, ши кIира даьлча, тезет дIа а ерзийна, цхьана дийнахь, волавелла, Яхьйа волчу хьера хьалавахара хIара: хьерахь дегайовхо яра, Яхьйа вара хьерахь.

Яхьйас дог оьцур дара, дог хьостур дара Яхьйас, Iехор дара, хаза дийцина, шен кIант а вуьйцуш, кхуьнан кIант а.

Яхьйас:

– Хьалавеа хьо, хьенех, – олуш, вист а хилла, – дIабаха-кх уьш, Висха, ший а дIаваха-кх, – элира, хьалхехь дуьйна долийна хилла цхьа шира хабар дерзош санна.

Кхунна иза ца тоьира.

Иза кIезиг дара.

       Синхьаам ца хуьлура.

Дагна Iехадала лаьара, доьлхучу дагна Iехадала.

Кхунна шен кIант вийца лаьара, Яхьйас а, кхечара а шена шен кIант вуьйцийла, шен кIентан гIиллакхаш а дуьйцуш, иза цхьаъ бен цахилар а, Делах эхь хеттал, иза кхунна чIогIа дукхавезар а.

 

Яхья вист а ца хуьлура, узамаш а беш, лелара, цхьаццанхьа куьйгаш а Iуьттуш, моллала а кхойкхуш, юха кхуьнца жамIат а деш.

Кхуьнан кийра богура, кхехкара чуьра, эккха санна, гатлуш.

Кхунна шен кIант вийца лаьара, шен кийра цкъа дIабассо, дIаIано, буога санна.

Яхьйа вист ца хуьлура, Дела хьан, аьлла, бага гIаттийна, кхуьнан кIант цавийцарх, шен кIант мукъа хьахийна а.

– Дийцахь, Яхьйа, дийцахь суна, – олура кхуо кест-кеста, – хьайн кIентан гIиллакхаш дийцахь суна, – олий, шен кIант ала тар ца луш, цуьнга кIант  хьахавайта, цхьа шо хьалха Яхьйас и шен кIант дукха вийцарна шена цунах яьлла хилла куьйла дегаIийжамца дагахь а лаьтташ, хIинца-хIинца бен ша цунах боккъал а кхетта а воцуш.

Яхьйа вист а ца хуьлура, велааьшна деш – дIадоьвллера уьш-м, – бохуш санна, дайн куьг ластор бен, шен а, кхуьнан а кIант а ца вуьйцуш.

ХIара хьуьнха я Iин чу, дехьа-сехьа волуш, шенна велха а воьлхий, цунах тоам а ца хуьлуш, хьаьвззий Яхьйа волчу юхавогIура, шен бала цуьнца биэкъа лууш, кIант вийца лууш, хесто.

– Дийцахь, Яхьйа, – олура кхуо – хьайн кIентан хаза гIиллакхаш дийцахь суна, – олий, Яхьйас шен кIант вийцича а, тоам хир буй хууш шена, шен кхехкачу синна гIоле а.

Яхьйас цхьацца дош олура, Делан кхел а, зама а, олуш.

Кхунна иза ца тоьара.

Кхунна шен кIант вийца лаьара, иза шена дукхавезар дийца, иза цхьаъ бен цахилар, иза кхалхарца, шен хаьдда хIу а.

Кхунна Яхьйа дагаоьхура, шен кIант вийца шена дагадеъча, Яхьйас шена еш хилла куьйла, шен кIант цо дукха вийцар, кIорда цадар, дестор, шена цунах вада лаар, Яхьйа гича – къайлавала.

 

ТIаккха кхуо, гIийлла, синхьааме са а тосий, кхин цкъа а олура иштта, доьхуш санна, хьасталой:

– Дийцахь, Яхьйа, дийцахь суна, вайн берийн бералла йийцахь, церан хIумнаш дийцахь суна, гIиллакхаш, – олий.

 

Яхьйа вист а ца хуьлура, ша Iаччохь IаддаIар бен, гIийлла корта а лестош кхуьнга – Яхьйан чов лезна яьллера, лацаеллера, муо хьаьвзаш, шад хуьлуш, чIагIъеллера, хIара дуьне хIинцачул тIаьхьа молханах эккхарах, я лаза а, делха а доцуш…

 

Висхин чов цIийх Iенара, чов керла яра, хIинц-хIинца хилла, чов Iийжара, даI санна, сенчу цIарах йогура чов…

 

2016 шо, 17 ноябрь 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика