ДАКАЕВ СаьIидбек

PDFПечатьE-mail

 

Сан Даймохк!..

 

Сан Даймохк! –

Хьан ву со,

Хьан дегIан

Дагах схьаваьлла.

Цхьа цIий ду,

КIежтуьйсуш,

Вайшиннан

Пхенашкахь кхехкаш.

Ненан аз товжийна,

Аганан илли ахь аьлла,

Мерзачу набаро

Iехийна,

Хьан марахь техкаш.

Шелвелча, со вохвеш,

Хьайн дегIан

Йовхо а елла,

Хьаьстина,

Догъэцна,

Некъ хьоьхуш,

Ваьккхина новкъа.

Мацвелча –

Вузийна,

Хьайгара

Комаьрша делла

Куьг лаьцна,

ГIаттийна,

Валийна

Дахаран шовкъе,

Сан даймохк,

Баркалла-м

Хьан цIарах

КIезиг ду ала,

Суна и ца хетта,

Кхачаме,

Дагна ма-хетта…

ХIора хьан

ДегIан чо –

Давис-кха! –

Дешица кхала,

ДIа ца вовш,

Хьох хьерча, дIо маьлхан

Серлонах кхетта.

ХIай латта,

Даймехкан

Сийдолу,

Куцдолу латта,

Сан кого кхоамца

Хьан дегIан

ХIора цинц хьоьшу.

Дог сецна,

Вужур техь, хьан дуьхьа

Йиш йоцуш гIатта?

Дайн цIийца

Хьанделла

Хьо доцург,

ХIун дарба оьшу?

ХIун марзо

Хир яра,

Хьол ара

Кхевдина, леха?

Хьол сирла

ХIун гур ду

БIаьргашна,

Хьох хераваьлча?

Харц хир ду,

Варкъ хьаьхна,

Сан деган

Готтачу хьехахь

ДАЙМОХК! –

И доккха дош

Язделла

Карор дац, аьлча…

Нохчийн йоIе

 

Iад санна, дуьйлина

МаргIала дуткъа дегI,

Хьо йогIу, дайдина

ГIургIезан болар.

БIаьрг тилош, маьлхан нур

Даьржина хьуна тIехь –

Малхана лиъна-те

Яккха шен дола?

 Зезагал хазъелла,

Нохчичун тешамехь

Хьо кхиъна хьекъалах,

ГIиллакхах юьзна.

КIедачу хьежарехь,

Хьан деган эшарехь

Вацара хьоьгара

Шога дош хезнарг.

Дозаллех ларйина,

Амалех марзйина,

БIаьстенах тарйина,

ЛадоьгIу хьоьга.

Сатийсам хьегабеш,

Йовхонах вагавеш,

Нуьре бос багабеш,

 Хьан беснеш йогу.

Ойланех тийсалуш,

ГIенашка Iийдалуш,

КIенташа, Iехалуш,

Хьан безам муьйлу.

Ойлано ийзавеш,

Саготте хьийзавеш,

Сатийсам къийзабеш,

Хьо даг чу къуьйлу.

Дахаро ирс хьехна,

Безамо некъ лехна,

Нус хилла, юссур ю

Хьо цхьанна-м керта.

Дуьненах йоккхаеш,

Доьзалах хIоттаеш,

Къонахчун хIусамехь

Ехийла бертахь.

 

ТIаьххьара буьйса

 

Сагатдеш, дIайоьду

Декабран тIаьххьара буьйса,

Сиркхоно даздина,

Цхьажимма дегI могаш дац.

Ойланаш, гулъелла,

ДIадаьлла шо кегош, хьуьйсу,

Уьш тховса, дош аьлла,

Шайниг ца хьахийча Iац.

 

Шена чохь мел лелларг

Яьгначу марзонца оьхьуш,

Деладо, делхадо

Даьгначу шаро сан дог.

Тховса цо тIаьххьара

Керлачех некъ-гечо хьоьхуш,

Керлачу шаре ас юха а кховдабо ког.

 

Атта дац дIатаса

Хан йоккхуш чохь ваьхна пенаш –

Сан некъан хIусам, ас

Дийнна шо даьккхинарг чохь.

Цкъа маца, генара,

Цунна сайн сингаттам Iенаш,

Аз гIиттош, айвелла,

Ас цуьнга тухур бу мохь.

 

Хазделла, къонделла,

Тховса со шега дIавоьхуш,

Керла шо тIекхийда,

Самукъне шен бIаьцаш еш.

Витахьа ойла ян…

Гой хьуна, гIайгIанехь оьхьуш,

Даханчу шаро шен

ТIаьххьара суй багабеш.

 

 

«Къанъяллалц яьхна кхерч

ДIатаса атта дац», – бохуш,

Хьо еха лаьмнашкахь

Уьйрех га тесначу юьртахь.

Генара, гергара

Некъ эцна хьаша-да вогIуш,

Комаьрша, догцIена

Хьаша тIеэцначу кертахь.

 

Мел хаза хан яра! –

Дахарехь йицлойла доцуш:

Цхьатерра, хIусамехь

Барт болу доьзал а кхиъна,

(Денош-м дIауьдура,

Марзонех шайн йогIург оьцуш)

Да Iара тамхилла,

УьйтIарчу дитта кIел хиъна.

 

Шун берийн куьйгашца

Хьанала къинхьегам гора,

Яхь-гIиллакх, сий-ларам

Дехара, дегнашца лелаш.

Кханенна хьаштхиндерг

Дас-нанас берашна лора,

Хьехамийн аз гIиттош,

Олура: «Варийлаш, бераш…»

 

Вайн кертах болу некъ

Кхолламо, гаьннашка боькъуш,

Цхьаццанхьа кхийсина,

Вай хIинца цхьаццанхьа деха.

Хьо-м цигахь цхьаъ йиси,

Буйнаца юткъа гIаж лоьIуш,

ДIадевлларш, сатуьйсуш,

Ойланийн хьегамехь лиэха.

 

КIеж тесна кхехкачу

Дахаран мерза аз дезна,

Ден-миска Iожалло,

Катоьхна, вадийра шеца.

Геннара забаршца

Мохь бетташ, массарна езна

Ден йиша кхин ягIац –

Самукъне «Гу тIера Деца»

 

ГIа санна, лестина,

Со а кху сайн гаьн тIехь веха,

Кхолламан лехамаш,

Iийдалуш, белшаш тIе Iенаш.

Са огу ойланаш

Тийналлехь лестало цIехьа,

Вайн жима юрт толлуш,

ТIегулдан ширделла гIенаш…

 

Дитта тIехь гулделла

ДогцIена хьозарчий санна,

Йиш-ваша, гергарнаш,

ДIадевлларш ойланехь туьйсуш,

Вон-дика деанчохь

Гулло вай кIеззигчу ханна,

Кхуьуш я ца кхуьуш,

Вовшашца марзонаш оьцуш.

 

ХIун дер ткъа… Иштта ю

Сацаран тембоцу зама.

Массо а, сахаьдда,

Заманан кхес лаца гIерта.

Ткъа иза-м, йиъларахь

Берг туьйсуш, дIауьду пана,

Лаамийн хетаршна

ЙогIуш, я ца йогIуш берта.

 

Уьйрашца гIелвелла,

Дог цаьрга ца кхийдош цкъа а,

Цхьа де тIех ца туьлу,

Кхеталахь, сан мерза нана.

Ас сайна ца лоьху

Мах боцу, декъаза дакъа.

Диканна гIуьтту со,

Иэхьан къих ца ваггал кхана.

 

Хьан юьхь тIехь хебарша

Яздина йозанаш доьшуш,

Схьаэккхал сабIарзлой,

Сан кийрахь цIе марсаюьйлу.

Сан воккхахиларна

Хьан марзо хьалхачул оьшу,

Цундела эгIаза хьан дегI ас

Сайн мара къуьйлу.

 

…Бер санна, хьаьстина,

Доккхачу дехаре ваьлла,

Юха а ас хьоьга:

«Со волчохь Iахьара» – олу.

«Къанъяллалц яьхна кхерч

ДIатаса атта дац», – аьлла,

Сан лаам дIатоьттуш,

Хьоьгара и цхьа жоп долу.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика