Нохчийн меттан Денна

PDFПечатьE-mail

 

Нохчийн меттан Денна

 

 

Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай...

 

Айдамиров Абузар

 

***

 

Воккхаве со хьуна хуъчу

Кхечу къаьмнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш, Iамо дезна

Уьш хьуна ца моьттинехь.

        

Сулейманов Ахьмад

                                                            

***

                

Ненан маттана аьхна боцчу махкахь кхерчан йовхо гIийла хаало.

 

 

***

 

Сан мотт цIера баккха амал хилча,

Арахь иза хаза хилла да,

Вайн нохчийн мотт,

                         кху дуьненна хиъча,

Вайн нохчийн мотт  –

                            и вайн ворхIе да!..

        

***

 

Дуьнено, хьаьрк йоцург,

                                 хIума ца лоьру.

Чурта тIехь хилла а,

                             йоза ду тIаьхьало.

Хьан ала хилийта:

                         и сан ду, и схьало, –

Кехатах урд дина, оху,  ва ору.

 

Ларма а, чардакх а

                                маттах дан деза,

Доша тIе дош дуьллуш,

                           олуш: ас доьттина!

Дошах дош дIахIуттуш,

                            олуш: ас хоьттина!

ХIума дац – Даймохк (!) а –

                              хьан маттал деза.

 

 

***

Нохчийн мотт, хьо биц а бина, хаа безаш белахь, со цхьа а мотт ца хууш вуьсийла; Нохчийчоь, хьо кIезга а, лоха а хетта кхочуш делахь, со дуьне дааза вуьсийла.

 

Абдулаев Леча

 

 

***

       

Шен чоица, гIовталца, маьхьсешца, сурам-куйнаца, кIалд-даьттий-берамца, логгера вета къевлинчу кучаца, хьонкица, хьаьжкIашца Махьшаре хIотта деза къам, Дала шена еллачу амалца, шен хотIаца, маттаца. Ша мила ву хууш, ваха веза стаг Далла дуьхьал, ша цо ма-кхоллара, нохчо а волуш, ингалсхо, гIазкхи, немцо хила а ца гIерташ.

                                                              ***

 

Къам ца кхиъча – мотт ца кхуьу, матто кхуллу Даймохк а.

 

***                                    

Абаден хеннара бу мотт. Мотт ша а абаде.

                                                                                              

Бексултанов Муса

 

                                                            

   ***

Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу хIусамашкара дIадаккхарца, дIадаларца дIадевлла дуккха а хаза гIиллакхаш, бIеннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. ХIора ненан а шен илли, мукъам ма бу, цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац нохчийн доьзалехь мукъам, ага а, гаьнгали а нанас техкош хезаш хилла болу.

… Нахе вахча, гонах хьожий,

Хадабо ас цIийнан мах:

Чохь бер техкош ага долчу

ХIусаман мах бан ма бац.

                     (А. Сулейманов)

 

Кхечу къаьмнех тардала гIертачу я цхьаннах а тера ца хила гIертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а хIума цхьана барамехь, низамехь а хилча ларло къам, цуьнан мотт, гIиллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, тахана нохчийн маттах пайдаэцаран, бийцаран а (хаамийн гIирсашкахь, юкъараллехь а) хьал дог хьостуш, бIаьрг белош а дац.

Ага – къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа ю. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а.

ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь дехира вай: «Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...», – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчий, нохчийн гIиллакхаш дан а дац; бусалба, керста –  ши дин ду» – аьлла; кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу

 

Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард хилла дIахIотта еза. Хьехархой шайн хааршца, говзаллийца, лаамца, юкъ йихкина, кийча хила беза халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио а, дIало а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен къоман маттаца, гIиллакхашца зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш хьуна тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттана аьхнабоцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохддал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк».

 

 

Сумбулатов Дени

 

… Бакъ Дош, Нийса Дош, ЦIена Дош талхо дуьйлира адам…тIераниг дIадоккхуш, тIехьдоцург тIетухуш… Бахбеш, хийца болийра мотт. Диканна цIармата цIерш тахка йолийра адамо, вуонна хаза цIерш тахка йолийра… Карчийна, хьарчийна, аьзнаш вовшийн чуччаоьхуьйтуш, шийла мохь хьоькхуьйтуш, бIарзбира мотт… Харцо токх яьллачарна ца ийшира цIена мотт, тентакдаьлла хьийза адам, лай а хилла, саца ца туьгура, цIена мотт мел бу. Цундела харцонан верасаша чехо баьккхира мотт. Шахьаршкара ша арабаьккхича ярташка бирзира мотт, ярташкара ша эккхийча, кIотаршка бирзира, кIотаршкара ша къахкийча, бала меттиг а боцуш бIарзбелла хьаьвзира…

Гулбелира къонахий. Къамелашка бевлира… Ламанан гатталле хьовзийна ЦIена мотт дуьненара дIаболийла ца лаьара къонахашна… «Дуьненахь къонаха мел ву лаьттар бу бакъ-мотт, – элира цара. – Къонахий кхачийча, эхарте боьрзур бу. Къонахаша доладеш доцчу дуьненна хьарам бу бакъ-мотт!»

                                                                                                      Юсупов Iусман

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика