Осмаев Асламбек 70 шо кхачарна

PDFПечатьE-mail

 

                      Осмаев Асламбек 70 шо кхачарна   

(1942 - 2012 шш.)
  

   Поэзин тIемаш тIехь

 
«Осмаев Асламбекан кхолларалла шатайпа тIегIа ду нохчийн литература кхиорехь, – яздо вевзашволчу нохчийн поэта Шайхиев Iалвадис шен  кхелхинчу доттагIчух. – Дуккха а хан яра цуьнан цхьаннечух а тера йоцчу, шатайпанчу кхоллараллин буьззина а, хьакъ боллу а мах хадийна хила беза – поэтан говзарийн чолхечу философин, исбаьхьачу, цо шен ойланийн маьIна схьадоьллуш пайдаоьцучу вастийн, керлачу, дикачу рифмийн, башхачу, массарна юкъахь къаьсташ долчу хотIан... Амма, халахеташ делахь а, литератураталлархой сиха бац иза дан. Я Осмаев Асламбек санна болу поэзин говзанчаш оццул дукха бу-те вайн, цаьрга бен-башха доцуш хьежа?» («Лекха гене» стихийн гуларан дешхьалхе. Соьлжа-ГIала, 1992 шо).
«Къона нохчийн поэт Осмаев Асламбек къаьсташ ву кхечарна юкъахь шен шатайпа хорма а, байтийн чулацам а хиларца... Цуьнан поэзехь гучудолу поэт вайн дахаран а, заманан а ерриге а агIонаш талла, церан философски маьIна дан гIерташ хилар. Вайн заманхо – къонах а, къинхьегамхо а – ву цуьнан коьрта турпалхо... Поэтан адамийн кхолламех, дахарх, дуьненах йо ойланаш, заманан хиламашка поэтан болу хьежамаш къеггина бу цуьнан говзаршкахь...» – яздина вевзашволчу нохчийн поэта Муталибов Зайндис. (Ткъесан цинцаш» стихийн гуларан дешхьалхе. Соьлжа-ГIала, 1978 шо).
«Осмаев Асламбек... оцу башхачу адамца цхьаьнабеттабала а, цуьнца къамелаш дан а, доттагIалла лело а ирс хиллачара массара а баркаллица дагахь латтор ву иза. Цуьнах лаьцна вуон дош аьлла цхьа а ца хаавелла суна. Цунна чохь йогу баккъал а дагца цIена болу нах массарах къастош йолу башха серло. Вайн таханлерчу дуьненан къинош тIе цаоьцучарах, кIез-мезиг шен бераллехь висинчарах вара иза. Дерриге а дуьненах комаьршаллин, дикаллин туш ян гIертачарах вара» (Куни Лула. «Нана». №8, 2006 шо).
И дерриге а, вайна ма-гарра, цхьана стагах лаьцна яздина ду – поэтах Осмаев Асламбеках лаьцна. Иза ван а вара и дерриге а шех лаьцна ала хьакъ долуш, хIунда аьлча дуьненахь хуьлучу дерригенан бала болуш, адамех дог лозуш вара иза, цуо шен «Сан дагах чекхбуьйлу» бохучу байтехь ма-яздарра:
 
Сан дагах чекхбуьйлу
Заманан хиламаш,
Адамийн эшамаш,
Адамийн кхиамаш...
Цундела дог ду сан
Сайн мехкан амалехь –
Хьаьгна ду дуьне а
ДIацIандан баланех...
 
Лаа а, ларамаза олуш ма дац, вайн доккхачу дуьненахь муьлххачу маьIIехь а мохкбегийча лаьттан дотIана поэтан дагах чекхдолу, олий, дуьненахь муьлххачу меттехь иккхина бохам яздархочух хьакхалуш бу, олий. Ткъа Осмаев Асламбек бакъволу а, вуьззина а, Везачу Дала делла башха похIма долу а поэт вара – шен заманан кIант, дерригенах а дог лозуш волу хьомечу Даймехкан а, шен къоман а воI, цуо ша а ма-яздарра, вай лакхахь хьахийначу байтан шолгIачу декъехь. Ткъе пхийтта – ткъе вуьрхIитта шо хьалха язйина йоллушехь, тахана язйича санна ю иза:
Гергарчу Малхбалехь 
Лиэша цIий
Сох лиэша...
Со гIуьтту космосе,
Со оьгу цIийла,
Цхьана а юкъана
Дац сан социйла.
Кхиамаш – эшамаш,
Эшамаш – кхиамаш...
Сан дагах чекхбуьйлу
Заманан хиламаш.
Халонех кхоьруш, дахарна юьстахлатта Iемина вацара Асламбек. Цундела, 1986-чу шарахь Чернобылан атомни электростанци тIехь инзаре боккха бохам хилча, кхераме тIаьхье хила меггашехь, Даймехкан кхайкхамца шен лаамехь бохаман тIаьхье дIаяккха уггаре а хьалха вахара иза. Масех баттахь болх бира Асламбека цигахь. Цигахь лаьцна цамгар, бохам хиллачул тIаьхьа масех шо даьлча, хааелира. Цо вожа а вина, кхидIа ца хоьцуш, бакъдуьнена дIавахара чIогIа дахар дезаш, чIогIа ваха лууш хилла поэт. Вацара мух-мухха а дахар дезашший, мух-мухха а ваха луушший. Вара цIена, хьанал дахар дезаш, вара мехкан а, къоман а дуьхьа ваха лууш, цо шен «Дахар» бохучу байтехь ма-яздарра:
 
Дахар, ас къобалдо
Къобалдо хьо,
Хьакъверг бен хьайн тойне
Хийшош хьо дацахь.
Хьуо хаздеш вогIучун 
Доггах гIо лацахь,
Дахар, ас даггара
Хьо къобалдо...
Осмаев Асламбек вина 1946-чу шеран 2-чу июлехь, нохчий Даймахках баьхна цхьа шой, ах шой дузуш, Казахски ССР-н Джамбульски областан Курдайски кIоштан Ново-Александровка-юьртахь. Циггахь 1953-чу шарахь хьалхарчу классе вахара, амма юккъера школа чекхъяьккхира дашочу мидалца дай баьхначу Гермчигахь 1964-чу шарахь. Школа чекх ма-яьккхи, кхидIа деша воьдучу меттана Шеларчу цхьана совхозе балха ваха дийзира Асламбекан – гIо оьшура дена-нанна боккха доьзал когахIоттош. Цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа Советийн Эскаре воьду хан тIекхечира. Цигахь цо чекхъяьккхира бIаьхаллин зIехойн школа, спортехь кхиамаш бехира. Циггахь, олуш ма-хиллара, самаделира Асламбекан дахарехь яздаран похIма – цуо дивизин газетан агIонаш тIехь зорбатуьйхира цхьамогIа материалаш. ХIетахь дуьйна, де-дийне мел дели, чIагIлуш бара цуьнан дагахь журналист хила лаам, сатийсам.
Амма кеста кхочуш ца хилира Асламбекан лаам-сатийсам. Цуо ша соьга дийцарехь, эскарера цIа веанчул тIаьхьа, дена-нанна гIо деш, масех шарахь тайп-тайпана белхаш бан дийзира цуьнан – Шелан кIоштан кинофикацин урхаллехь, Сибрехахь мехкадаьттан промыслехь а, геологоталларехь а. Оцу муьрах лаьцна язйина байташ ю поэтан – «Триас» а, «Геологийн кхерч» а, цхьамогIа кхиерш а. Сайн «Нохчийчоьнан яздархой» бохучу шолгIачу книги тIехь Осмаев Асламбеках лаьцна очерк язъеш, уьш а, цхьамогIа кхийолу а цуьнан байташ ас дуьххьара оьрсийн матте ехира – «Дегнаш», «Даймехкан сингаттамаш», «Къонахаллин школа» (Чернобыло зерах лаьцна), «Планета –  латта», иштта дIа кхин а.
ТIаьххьара а кхочушхилира Осмаев Асламбекан журналистике болу сатийсам – 1970-чу шерашкахь Шелан кIоштарчу «Коммунизман байракх» газетан редакце литературин белхахочун дарже дIаийцира иза (тахана – «Зама» газет). Кестта республикерчу кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан редакце сехьавелира. Цигара, нохчийн мотт дика хаьа аьлла, Нохч-ГIалгIайн Республикин книгийн издательстве редакторан дарже дIавигира. Оцу шерашкахь, шен хаарш кIаргдеш, лакхадохуш, Асламбека заочно  доьшуш, чекхъяьккхира Дона-тIерачу-Ростован пачхьалкхан университетан журналистикин факультет (1977-чу шарахь.)
Вай лакхахь хьаха ма-дарра, А.Осмаевн дахаро цIеххьана хала голатуьйхира 1986-чу шарахь – Чернобылан атомни электростанцехь хиллачу бохаман тIаьхье дIаяккха вахара шен лаамехь, хIетахь шовзткъа шо кхаьчна волу Асламбек. Цигахь вайн махкахочо, ша-шен ца кхоош, дика болх бина хиларна тоьшалла ду «Украинская газета» корреспондента яздинарг: «Чернобылехь болх беш бу бIеннаш ликвидаторш, Советийн Союзан дерриге а халкъийн векалш. Уьш берриге а шайн лаамца баьхкина бу бала хьоьгуш йолчу Украинина гIо дан. Дийнахь, буса цхьана мIаьргонна соцуш бац иккхинчу йоьалгIачу энергоблока тIехь болх. И къаьсттина дика а, жоьпаллица а беш болчарна юкъахь хьакъ долуш цIе йоккхуш ву Нохчийчуьра веана нохчийн кIант Осмаев Асламбек». Чернобылах «Къонахаллин школа» элира ша поэта.
ШолгIа буьрса голатуьйхира Чернобылера цIавирзинчул тIаьхьа, юха а шен журналистан балха дIахIоьттинчу А.Осмаевн дахаро 1990-чу шерашкахь, дамар-дарц хилла юхуш йолчу ерриге а Советийн Союзехь санна, Нохчийчохь а революцин хиламаш буьйлабелча. Куьйгалле баьхкина хьаькамаш берриге а шаьш-шайх тоам бина, кура, шайх лаьцна вуон дош ала йиш йоцуш бара, кхаьънаш оьцуш, нах Iехош боллушехь. Амма даима нийсо къуьйсуш, бакъдерг, мел къаьхьа иза хиларх, юьхьа дуьххьал дIаолуш волу журналист Осмаев Асламбек ца Iара газетан агIонаш тIехь и хьаькамаш Iора ца бохуш, оцу муьрехь журналистан болх чIогIа кхераме боллушехь, цуьнан цхьа а тайпа лардар доццушехь, цунна бохамехь дала орца доццушехь. И дерриге а хуъушехь Асламбека зорбатуьйхира иштта керлачу цхьана куьйгалхочун Iаьржачу гIуллакхех лаьцна масех материал. Церан тIаьхье хала хилира журналистана: 1992-чу шарахь цунна машен тIе туьйхира. Больницехь масех бутт баьккхира цо. 1993–1994-чуй шерашкахь  бевзаш боцчу кегийчу наха шозза йиттира Асламбекана. ШолгIа чIогIа йиттича, иза велла хиларх тешна болчу бевзашбоцчара, новкъахь витира журналист. Амма, иза дийна вуйла хиъна, къинхетамечу наха больнице вигира. Иза когах1оьттира, амма, заьIапхо а хилла, кIелвисира...
Ишттачу акхаройх яздича санна ду Осмаев Асламбекан «Терза ду» бохучу байта тIера хIара могIанаш:
 
...Адам, хьох
Экха хила
ГIулч бен яц...
Хьолах шен
Дела вой, веха
Цхьаццаверг,
Ахчанна леткъаш.
Дог доцуш
Диканиг леха,
Идадо кхечо
Харц некъаш...
 
Поэзига болу безам, хIора бакъволчу поэтехь санна, дукха хьалхе гучубелира Осмаев Асламбекан дахарехь – школехь уьссалгIачу классехь доьшуш волуш, Шелан кIоштан «Коммунизман байракх» газетан агIонаш тIехь дуьххьара зорбане евлира цуьнан хьалхара байташ. Шо-шаре мел дели кхуьуш схьаеара цуьнан кхолларалла. Цундела ларамаза дацара Асламбекан байташ цул тIаьхьа республикин «Ленинан некъ» газетан а, «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йийла юьйлаялар. Кестта оьрсийн матте яха а йолийра уьш Нохчийчохь бехачу оьрсийн поэташа Богданов Виктора а, Минтяк Ивана а, Ленинградерчу Вольский Сергейс а, Шамсудинов Николайс а, кхечара а. Церан гочдаршкахь поэтан байташ евзира хIетахьлерчу ерриге а Советийн Союзехь – цуьнан говзарийн лаккхара мах а хадош, уьш зорбане евлира Москварчу «Литературная газета» а, «Литературная Россия» а газетийн а, Ростоверчу «Дон» журналан а агIонаш тIехь. Асламбекан поэзи гIеметтахIуттуш хиларан кхин а цхьа тоьшалла дара 1976-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Яздархойн союзо Москва къоначу литераторийн Ерригсоюзан VII-чу семинаре-кхеташоне иза хьажор. Цул тIаьхьа цуьнан цхьамогIа байташ зорбатуьйхира Москвахь араяьллачу ерриге а Советийн Союзан къоначу литераторийн «Къоналлин кхайкхамца» ц1е йолчу гуларехь.
Шен кхолларалле чIогIа лехаме вара поэт. Цундела цуьнан поэзин «Ткъесан цинцаш»хьалхара гулар 1979-чу шарахь бен ца елира зорбане, Асламбекан байташ зорбанехь гучуевлла пхийтта шо даьлча. Цул тIаьхьа арайийлира А.Осмаевн стихийн гуларш: «Байначу седанан серло (1980 шо), «Бераллин урам» (1982 шо, оьрсийн маттахь), «Хьалхара гIарагIулеш» (1984 шо), «Лекха гене» (1992 шо). Цуьнан байташ зорбане евлира оьрсийн маттахь 1981-чу шарахь араяьллачу «Нохч-ГIалгIайн поэзин антологехь» а, нохчийн маттахь – «Нохчийн поэзин антологехь» а (Москва-гIала, 2003 шо, хIоттийнарг Ибрагимов Лоьма), «Нохчийн поэзи» гуларехь а (Соьлжа-ГIала, 2011 шо, хIоттийнарш – Аболханов Хьаьким, Шамсудинов Бувайсар). Цуьнан дешхьалхенехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ибрагимов Кантас яздо:
«Нохчийн дуккха а поэтийн Даймахках, стеган вахаран маьIнех, ненах, нохчийн маттах лаьцна йолу тоьллачу говзаршна меттиг карийна хIокху гуларан агIонаш тIехь. Амма... гуларан барам доза тоьхна хиларна дуккха а поэташ кхунна юкъа ца боьлхуш бисина». Ца висна Осмаев Асламбек-м – иза нохчийн бакъволу поэт волу дела.
Поэтан кхоллараллин чулацам шуьйра бу – Даймохк, адаман дахар, къинхьегам, Iалам, безам. Амма вайн литератураталлархоша, халахеташ делахь а, цхьа а могIа ца язбира Асламбекан кхоллараллах а, цуьнан башхачу поэзин озах а иза дийна волуш а, 2012-чу шарахь иза кхелхинчул тIаьхьа а. Бакъдерг аьлча, суо «Вайнах» пачхьалкхан телерадиокомпанин радион шеф-редактор волуш, иза валале хьалха шиъ радиопередача яйтира ас Асламбекан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна. 
ХIара Осмаев Асламбеках йолу йоцца очерк чекхйоккхуш, цуьнан «Ас динарг» боху байт яло лаьа суна:
Ас динарг, ас дийриг,
Тайнарг, ца тайнарг,
Ас дагахь къийлинарг,
Ас дан мел лийринарг,
Ца дан со кхийринарг –
Оцарах цхьаъ шайна
Ца тайнехь, адамаш,
Ларалаш со вайна,
Хьакъбоцуш кадамаш,
Шун бIаьрхийн тIадамаш.
Ткъа нагахь
Цкъа къадахь
Цхьаннан къамелехь
Сан цхьа гIулч мелехь,
Мацца а хьаъа а 
Цхьа гIуллакх хьакъдан
Магадахь даггара,
Суна ма-маггара – 
ТIаккха а, адамаш,
Эшац тIех кадамаш,
Белхаме къадамаш
Сан дега, нене,
Къаьсттина нене.
Тхов кIелахь техкийна
Гаьнгали сан
Эрна ца техкийна
Мацца а цкъа.
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика