ОСМАЕВ Асламбек

PDFПечатьE-mail

 

 Дахар

 
Дахар,
 Ас къобалдо,
Къобалдо хьо,
Хьакъверг бен
Хьайн тойне
Хийшош хьо дацахь.
Хьуо хаздеш вогIучун
Доггах гIо лацахь, –
Дахар,
Ас даггара
Хьо къобалдо,
Дорах хьо дезаш вац,
ХIай дахар, со
Лууш ву,
Мел веха
Хьан дуьхьа вага,
Сайн белхан буьртиг а
Хьан кенахь къага, –
Иштий бен хьо сайна
Мага-м ца до.
 
      Мукъам 
 
Ламанан лакхенгахь
Кхоллалой
Чухьоду
Са сирла
Са сема шовда, –
Сан коьртехь гIаьттина
Цхьа мукъам
Гулбелла,
Iенира
Маршоне кховда.
Iенира,
Керчира,
ТIулгIбуьйлуш,
Дагна тIе апари доккхуш,
ХIорда тIе сихделла
Ламанан аьрха хи санна,
Карзахе амал а, 
Лакхенан маршо а
Йовзуьйтуш
Хьогахчу дагна.
Даге а бирзина,
И мукъам
Сан деган
Шорттачу маршонах ийра,
Амма шен лакхенца
Кхин цкъа а
И тен ца тийра,
Цуьнга ладоьгIначохь
Сан къоман тир суна гира,
Массо а къаьмнаша
Юьйцинчу
Мукъамийн тирах.
 
    ***
Ас динарг, 
Ас дийриг,
Тийнарг,
Цатийриг,
Ас дагахь кхийлинарг,
Ас дан мел лийринарг,
Ца дан со кхийринарг –
Оцарах цхьаъ шайна
Цу тийнехь, адамаш,
Ларалаш со вайна,
Хьакъ боцуш кадамаш,
Шун бIаьрхийн тIадамаш.
Ткъа нагахь
Цкъа къадахь
Цхьаннан къамелехь
Сан цхьа гIулч мелехь,
Мацца а, хьаьа
Цхьа гIуллакх хьакъ дан
Магадахь даггара, –
ТIаккха а, адамаш,
Эшац тIех кадамаш,
Белхаме къадамаш
Сан дега, нене,
Къаьсттина нене:
Тхов кIелахь техкийна
Мацца а цкъа.
 
   
 
 
Цхьаллех дош
 
Цхьаллица
                цкъеллиг цкъа берта ма гIолаш:
Лардазчун къахьо ю,
                лазам бу цуьнца,
Син цIогIа цуьнца ду,
                 ю къора буьйса.
Цхьаллица
                  цкъеллиг цкъа маршо ма голаш,
Сардамца
                   човха а ма елаш цхьалла:
МоттаргIий, бакъдерггий
                  доькъуш ю иза,
ГIо деш ю дIахерван
                  цалуург виса, –
Цхьалханиг шен цхьалле
                  цаваьлла ваьлла.
ХIетте а
                  цхьаллех вай ида а эшац:
Цо санна, къастор дац
                            мила ву мила,
Iамор вац цIанвала,
                            дог-ойла йила –
Хастам бу цхьаллина…
                             Амма  – ма езац!
 
         ЧIагIо
 
«Далур ду дерриг а!...»  –
Маржа и чIагIо!
Барз боккхуш аьлла-м ду
И масех дош, –
Шен цIарца кхолу ша
Историн агIо
Моьттинарг-м воьжна ву,
Ворта а йош.
 
Азаллин масалшца
Гамо а лоьцуш,
ГIиттинарш, къизаллех
Шайн Дела веш,
Гина бу шайгара
Халкъо чIир оьцуш,
Дегала шаьш кхаьбна
Iалашо леш.
 
Дицделла тардалар
Къонахий хила:
«Делан юкъ бара сан
И пIенда бон!... –
Ас динарг – хилла дерг –
Дохо ву мила?!» –
Баьхначу Мусостан
Кхиэл хилла вон.
 
«Далур ду дерриг а!...» –
И дешнаш уьйуш
Дерачу цхьамзанийн
Иралли тIехь,
Адамийн собаран
Дозанех буьйлуш,
Хьийкъинчу паччахьех
Хьирчина эхь.
 
Чингис-Хан, Батый а,
Наполеон а,
Вильгельм а, Гитлер а…–
Уьш дуккха бу –
Доь дайа гIерттачохь
Массо а къоман
Къаьмнаша дайинарш
Шайн акха хIу…
 
Бакъйолу чIагIо ю –
Диканна йийриг, –
Ша вонна еш елахь,
И чIагIо яц:
Шена тIехIоьттича
Цхьаъ хоржу киртиг,
Вон парггIат тIеэцна
Аддам а Iац.
 
Мацаллин, эшамийн
Заманах даьлла,
Сан халкъо, керланиг
Болалуш мур:
«Далур ду дерриг а!» –
Дуьнене аьлла.
Даделлий? Далуш дуй?
Да а-м ду лур!
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика