Макалов Шамсуддин - 75 шо

PDFПечатьE-mail

 

 

Забила


Лоьран приемни кабинетан неI йиллина, амма неIсагIел сехьа ког баккха ца хIуттуш дIахIоьттира Iаьржачу аматера хенара зуда.
– Чуйола! – элира лоьро.
Парталчу боларца чоьхьа а яьлла, модехь йолу прическа йолуш, къегина басарш хьаькхначу лоьрана хьалха дIахIоьттира иза.
– Охьахаал, больная, – кушетки тIе пIелг хьажийна, цIена карточка схьаийцира лоьро.
– ОхоI! АхI! ХIара букъ лозуш, набаран суй ца бина-кх ас сийсара, – могуш ца хиларна леткъа елира зуда.
– Фамили йийцал…
– Алиева.
– ЦIе?
– Забила.
– Муха? Как забыла? Хьайн цIе, свое имя скажи.
– Забила.
Лоьро, леррина зудчун бIаьра а хьаьжна, хаьттира:
– Ой! Совсем хьайн цIе дага ца йогIу хьуна?
– ЙогIу… Забила ма боху ас.
– Ойн! – цецъелира лор. – Забила бохург хIун ду? Меня другие больные ждут. Сан хан кIезиг ю.
– Забила ма боху ас.
«Вот бестолочь, лергана онда хир ю хьуна хIара», – зудчун лере а таьIна: – Больная, хьайн цIе юьйцур ярий ахь? – аз а айдеш, элира лоьро.
– Со къора ма яц. Забила ма боху ас.
– Телхинчу нехан больницехь Iиллиний хьо цкъа а? – шеконца хаьттира лоьро.
– Iиллина… аьлча а, цигахь цкъа хилла-кх. Со тхайн вешин зудчун девешина тIаьхьа яхана. Ирча меттиг дера ю иза-м.
– Странно, – ша-шега элира лоьро.
– ХIун боху ахь?
– Как это так? Свое имя не помнит.
– Кху букъана цхьа а молха а яздай, дIаяхийтахьа со, – дийхира лазархочо.
– А как я без имени карточку твою оформлю. Собардел кху чохь. Хьуна психиатран консультаци оьшу, – приемни чуьра араиккхира лор.
«Ванах, ма там бара кхара со Iовдал ю аьлла, машен чу а кхоьссина, БоргIане йига. Дала тIе ма да иза. Яда еза кху чуьра», – ойла хьаьвзира зудчун коьрте. Амма хIара неI елла кхиале схьакхечира кхуьнан лор, шеца цхьаьна психиатр а волуш. Иштта цунна тIаьхьа а хIоьттина чувеара медколледжера иттех студент а.
Психиатр, Дон-Кихотах тера а волуш, гIеметтахIоьттина стаг вара. Идальго аьлла цIе дIаяхана вара иза.
– Луиза Вахаевна, хIара юй хьан пациентка? – аьлла бIаьргех куьзганаш доьхкира цо.
– ХIара ю. Она очень странная, – элира лоьро, шен прическа тоеш. Шен жIов етташ, цхьацца хеттарш дина ваьлча, психиатро шен студенташна хозуьйтуш элира:
– СинIаткъаман цамгар лелийна хилла кхуьнан девашас а.
– Тхан вешин зудчун деваша вара иза…
– Какая разница. Налицо ас шуьга йийцина наследственный фактор. Ур-аттала шен цIе дага а ца йогIу. Типичный корсаковский  синдром с конфабуляцией. СинIаткъаман сиркхо ю.
– ЧIу-у-учI ю. Шу сацо суна урх карор ю шуна, – аз айдира лазархочо.
– При этом может проявляться агрессивность. Луиза Вахаевна, психоотделени направлени язъел кхунна сихха.
– А как без имени?
– Телхина ю алий, суна-м ма язъе цхьа а направлени. Маккахь мел дешначу КъорIанора юьгур яц со-м. Тхайн юьртарчу лоьрана тIеяхнехь тоьллера суна, – неIаран тIомах катуьйхира зудчо.
– Ма яхийталаш иза, – мохь белира шина а лоьре.
Пен хилла дIахIоьттира масех студент. И дерриге гуш лаьттачу санитарко, хьекъа тоьъна, хаьттира:
– Ва зуда, паспорт дуй хьоьгахь?
– Соьгахь хIунда дац паспорт? Со циганка ю-м ца моьтту хьуна?
– Со хьажийтал, я должна имя ее записать, – паспорте хьаьжира Луиза Вахаевна.
– Алиева Забила Саидовна, – дийшира цо.
– Ой! Забила ю хьан цIе? – цецъелира лор.
– Ас уьттазза-м элира хьоьга. Хьо кхето-м, яла санна, хала хилла.
Чохь мел верг гIадвахана велавелира.
– ХIинца алал, хьераваьлла мила ву вайх? – хаьттира Забилас.



Партбилет

Ханна воккха ву ала воккха а воцуш, гIеметтахIоьттина стаг вара Бакри. ДегIана а вацара иза я лекха, я лоха а. Хьаькамалла… Хьаькамалла дезаш хьаькам вара Бакри. Башха воккха хьаькам вацахь а, ша атта ца хетийта, ша ларийта хууш вара иза. Кхечу кепара аьлча вуьззина районни масштабан куьйгалхо вара. Шен кабинет а, шен машен а, шен секретарь а  йолуш.  Доцца аьлча, юккъерчу хенара, юккъерчу дегIахь, юккъерчу кепехь, юккъера хьаькам вар-кха Бакри. Цхьабакъду, «юккъера» боху дош ца догIура цуьнан, пхьидан санна, тIехевшина бIаьргаш долуш, боккхачу коьрте хьаьжча, башха чохь, хара ца лерича, хIума долуш бацахь а. Ткъа амал… Амал-м башхалла йоцуш дукхаха болчу хьаькамийн йолчух тера йогIуш яра Бакрин. Шел лахарниг, Iовдал дундал а хеташ, бахьана доцуш чехавора, ткъа лакхарчунна, голаш эгош, ша карийна кIеза хилла хьесталора, «взятка» боху хIума шен хенахь дIакхачош. Олуш ма-хиллара, мила мила ву дика хаьара Бакрина.
К1оштан гуламашкахь йоккхачу  трибуна тIера, тахана маршонан берзалой санна, къамелдарна тIера вара Бакри. Шен боккха корта лакха хьала ойий къамел дора социалистически тIелацамаш кхочушбарехь ша хьоьгу къа-бала балхош, тахана революцин лоьмаша маршонна, мехкан дуьхьа орамаш дуур ду ма баххара.
Доцца аьлча, шен заманан кIант вара Бакри. Дерригенца тоъал кхачо хилла, дика ларош, зен-зулам доцуш, дика схьавогIура иза, мелла а Iедалан мукъ шен каракхаьчна а хеташ. Амма цIеххьана, гIенахчул дагахь а доцуш, кхоьлира цунна екхна хилла стигла. Дуьне Iаржделира Бакрина. Цул сов, и лесташ санна а хийтира. Са кIажийн пхенаш чу дирзира. Дахар къахьделла, ша велла дIаваьлла велахьара шен ирс хетар долуш вара иза. ХIинца ойланашка бахана цуьнан боккха корта, хьалха санна, лакхара дозанаш билгал ца дохуш, шина белша юккъехь къайлабала гергабахнера.
Шена хилларг цхьаьнгга а ца хоуьйтуш, ур-аттала, шен доьзалх къайлакхоьхьуш, чIениг егайора цуьнан.
Эххар а гIаддайна, лечкъина вахана шайн йистерачу оти чу а воьлла, догIа санна, велха волавелира Бакри. Цу хенахь, хIара иштта боьршалла яйна Iаш, цхьанхьара кхунна хьалха кхуьнан зуда Азман схьахIоьттира.
– Ва стаг, ахь хIун леладо, хьо воьлхуш вац? – цецъелира иза.
Цу хаттаро Бакри вагийра. И вуьйхира. Араиккхина, кетIа хьада гIоьртира. Амма зудчо велхаран къурдаш деш волу иза, беран санна, куьг а лаьцна, шен метта охьахаийна, юха а хаьттира:
– Ва Дела, стаг х1ун хилла хьуна? Ма стеган г1уллакх дац ахьа лелориг. Хьан ма доьналла доьхна. ХIун хилла мукъане дийцахьа. Велла-висина стаг-м вац? ЦIе-м ца яьлла вайна?
– Цуьнга мел дерг-м хилла, – велхаран къурдаш деш, халла жоп делира Бакрис.
– ХIун хилла ткъа? Ахьа-м со кхера ма йина.
– Сох кIайдаргаш ца йохуш хьажал дехьа чохь стагга а вуйла.
– Вац. Стенах кхоьру хьо?
– Кертахь вуй хьажал. ХIинца кху пенийн ма бу б1аьргаш, лергаш а. Тоьшийла яц… КГБ… Органы… партком, райком… Архипелаг Гулаг… эзар б1аьрг…
– Ва Дела, хьуна хIун хилла?! Мила хир ву вайн кертахь, – аьлла, кетIа бIаьрг тоьхна, чуеара Азман.
– Кевнан берте елирий хьо?
– Ва, вац, ва къонах! Ватта, суьрташ хIуьтту-кх хьуна. ХIун дина ахь? Тамашийна стаг ву-кх хьо.
– Собар! – аьлла, корехьа а ваьлла, арахьаьжира Бакри. – Хье дIаэцна сан кху гIуллакхо. Парткомана, райкомана, Iедална дIахаахь, тIурнене вохуьйтур ма ву со. Суна дика девза хIара Iедал. ДIахаахь, леррина бюро, КъорIанор ю, тIаккха обкомана а хуур ду. Номенклатурни работник ма ву со.
– Ватта, иза ду хаза! ХIунда гулйо цара бюро, обком? Хьо пириступник, пирдател ву-м ца моьтту царна? ХIахI? – тIеттIа цецъюьйлура зуда.
– Хьуна ца хетахь а, царна-м хетар ву хьуна со, юха а «гIагI» аьлла велха хIоьттира Бакри.
– Ва хIун дина-те ахьа? ХIун ду хьуна хилларг? Хьо хьераваьллехь, хьераваьлла алахьа, стаг…
– Кхана партвзносаш ма яра сан дIаяла езаш. Ас муха…
– Ой! ХIун членаш юьйцу ахьа? Хьо лартIехь вуй?
– Тс-с-с! Ма е гIовгIа! – аьлла, цIеххьана даге ан иккхича санна охьатаьIна, куьйгаэшарца зуда шена тIе охьатаIийна Бакрис, аз лахдеш элира:
– Зуда, ас партбилет дайина. ХIинца кхийтин хьо? Варийлахь, зуда, цхьаьнгга а хьаха ма делахь.– Боккъала а бохий ахь?
– Дера боху.
– Бакъ, бакъ, бакъ, хила деззарг хилла, – гIадъяхана, ша мича эккхар ю ца хууш, го тийсаелира зуда.
– .Да хьакхийца… Иштта хиллица хьо! Даьдисарг-яI, ма зуда ю-кх сан!
– Хьан партбилет бахьанехь КъорIа кху цIен тIе дан йиш йоцуш Iийна со.
Ламаз-марха доцчу хьо мунепакъе а еана. ХIинца цхьа Делан къинхетам хилла йоккхае-кха.
– Тпу, наьIалт хьуна. Сох молла ва-м ца йоллу хьо. Я убежденный атеист. Шира Iадаташ вон…
– Молла-м хаац суна, шун парткоме яха-м йоллу.
– ХIунда? Ма, ма…
– Хьо исключить ала…
– Сох хиндерг? ГIам… дохко ма йолийла хьо.
– Сийна цIе ялахьара хьох. – Хьан мотт муха керча…
Цу минотана Бакрина гуш Азманан шина куьйгах ши тIам хилира.
– Ас элирий гIам, боьха гIам…
– Чао, – аьлла, тIам ластийра азмана.
– ВаллахIи гIур яц-кх, сан докъал тIех а яьлла бен-м! – Цуьнан когах катуьйхира Бакрис.
Бакри эцна Азман, айъелла, тIема елира. Шайн юьртана тIехула гуотесна хьалхий, тIаьхьий парткома чуиккхира и шиъ.
Амма эццехь шен партбилет а, шен зуда а йицъелира Бакрина, масех шо хьалха шайн веллачу парторгах Иван Ивановичах бIаьрг кхетта. Зуз хьаьдира дегIе. ГIаьттинчохь йисира бага. «ШайтIанаша талхийна-кх хьо», – цIеххьашха дагадеара цунна шен зудчо аьлларг.
– Бакри, что так удивленно смотришь на меня? – хаьттира парторго, чаьмза Бакрига хьаьжна. – ХIинца райкомо цIога таIадайта мегаш ду хьоьга, тIетуьйхира нохчийн маттахь.
И тоьира Бакрина. Юьхь тIера бос байна «Я АллахI» делира цуьнгара.
– Тут АллахI тебе не помощник. Пиши объяснительную, – човхийра цо.
– Дера не поможет, – тIетодира зудчо. –
Дин-опиум… дIовш баьхнарг ма ву хьо. Вот так! Жолам!
– Отвечать перед партией и народом придется, – тIетуьйхира Иван Ивановича.
Цо и аларца, мичара вели ца хууш гучуваьллачу, къорза барзакъ дуьйхинчу шина гвардейцо Iаржачу машена чутоьхна, вадийна, йоьдучу райкоман бюро чукхоьссира Бакри, «ассаламу Iалайкум варахь-матуллахIи» аьлла.
– Молодцы. Схьавалий. ХIара ву шуна иза вайх ша партбилет дайар лачкъийна лелаш верг, Бакрина тIе пIелг хьежош.
Хьацар туьйхира Бакрин дегIах. Ша хIума кховдоза ши бутт балар дагадеара цунна.
Зала чохь мел верг воьлуш, терса волавелира. Халчохь вара Бакри: кхерам, бала, дехар къаьстара цуьнан тIунделлачу бIаьргаш чохь. БIаьрг кхарстийра цо зала чухула. Амма шех къахеташ стагга а ца карийра, дика дош сагIа леринехь а. Мелхо а хьогIаца буьйлура.
– Чехка дехка кит, тIехула моттаргIанаш а лелош, буха дIадиллинарг яханчу замане догдахар хилла кхуьнан. Ямарт стаг. Тройке дIало, – омра дира райкоман секретаро.
– Иза-м хала доцург дара. Цкъа сан кара хIара кхочур вуй хаьара суна. Тхан осведомительша дика ца вуьйцура хIара. Крамола ю, – аьлла, тIекхеттачу КГБ-н начальнико къевлина куьйгаш а, когаш а дIабихкира Бакрин.
– Брежневн пхи седа хилла. Кханенан юьхь – Коммунизм! Я верю в партию.  Пропагандист, – бохуш, ша Iуьллучохь дIа-схьа а ветталуш мохь хьоькхура цо. Оццул партина муьтIахь хиллачу шен иштта чехка сий дайар лан ца лора цуьнга.
– В подвал его, – элира КГБ-н хьаькамо.
– Маршо  марчо! Спецназ вперед, – аьлла, юха а вадийра Бакри гвардейцаша.
ХIара хIун къам ду-те бохуш, церан къорзачу духаре, цара эвхьаза ловзочу герзе лерина хьоьжура Бакри. Подвал чохь, марш тIе масех буй а биллина, барт хатта болийра.
– Мичахь ду партбилет? Партократ!
– Дайна ма боху ас…
– Партбилет партсигар ма яц, ахьа дайа. Лараме партийн документ! Загранкехь мила ву хьан? ЦIе яккха!
– Цхьа а вац…
– Къарвала ца луург сихха къарво оха. Бурч хьакха цуьнан цIоганах. «ДIар-бIизз», – аьлла  дубинкаш етта йолийра Бакрин дегIах.
– ЭхI! Я АллахI! – мохь белира Бакрига.
– С какой разведкой связан! Кому продался? Контра! Оха дохковоккхур ву! Националист. Авторхановца связь ярий хьан? Шайх Мансур вевзий хьуна? Где вы встречались? ВДП-ехь хилла хьо? Исполком ОКЧН?
– ХIа-ан? Аша хIун дуьйцу?..
– Ца кхета я кхета ца лаьа? Театральни площадехь лаьттиний? Тхо куьйгаш кисана доьхкина Iийр ду моьтту хьуна? ЦIоькъа-лоьмо, аьлча а, исполкоман ОКЧНо шен маьхьарца гIовттинарш. Тхуна хIун ала гIерта хьо? Бурч хьакха юхаъ!
– АхI! ЭхI! Йо АллахI! АллахIу акбар, парти, АллахIу акбар, партбилет… АллахIу акбар…
– ХIай стаг ахь хIун до? Ахь ма чIогIа узарш до. Хьо могуш вуй? – бохуш шена муьшка Iуьттуш шен зуда Азман гира цунна.
– ДIадала гIам! ДIаяла гучуьра! Боьха хIума! – мохь хьаькхира самаволучо.
– Вай Дела, ахь хIун до? Ахь хIун дуьйцу…
– Со мичахь ву?
– Хьайн цIахь ву-кх
– Ткъа хьо мичахь ю?
– Со сайн цIахь ю-кх. Кхин мичахь хила езара со? ХIунда хоьтту ахь?
Шена гинарг гIан хиларх кхийтира Бакри.
– ОстопируллахI! Хьо доккха хIума. И гIан-набарш. И IалагIожа! Кхузза ХьаьжцIа вахча а, куйна тIе кхо полоска йихкича а ца дели-кх и шен давелла дисарг сан са дуучуьра, – аьлла, стоьлан гIутакх чуьра шен партбилет датIон хьалаиккхира Бакри.
Амма цу минотехь ойла керчина, соцунгIа йира цо: «Цуьнах, хьаха, дац гIуллакх хирг! Собар! Собар! Собар - кхетам! Кхана хIун хуьлу а ца хаьа?» – хIиллане пхьар-церг елаелира Бакрин.
Бакри вайна ма моьтту Iовдал вацара. Боккха корта эрна ца беллера цунна. Дахаро иза Iамийнера, лаьхьа санна, сетта.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика