БУРЧАЕВ Хьаьлим

PDFПечатьE-mail

 
 

Нунуев Сайд-Хьамзатан – 65 шо кхачарна лерина

 
Нунуев Сайд-Хьамзат кхоллараллин похIма долуш, къинхьегамна тIера яздархо а, талламхо а хилар шеко йоцуш ду.  Нунуев Сайд-Хьамзатан кхолларалла езаш, дуккха а дешархой бу цуьнан. Статистикин хаамашца и иштта ду аьлла билгалдаккха бух бац вайн, хIунда аьлча иштта белхаш цкъа хIокху сохьта нохчийн юкъараллехь беш бац я хIокхул хьалха а ца бина. Амма исбаьхьаллин дешан чам хууш, и дезаш болчаьрца хуьлучу къамелашкахь гучудолу Нунуевн похIма къобалдеш берш дуккха а хилар. Иза вайн республикехь а, цул арахьа а вевзаш ву чулацамна а, барамна а яккхий произведенеш язйина яздархо санна, царна тIехь ойъу политикин, философин, динан а тахана шайна дуккхамо а жоьпаш лоьхуш долу хаттарш, царах лаьцна шена хетарг майрра, цхьана а хIуманах ца кхоьруш дIаала а хIутту Нунуев Сайд-Хьамзат. Масех роман, иттанал сов дийцарийн, повестийн, Iилманан-талламан гуларийн автор ву иза. Цо язйина иттех пьеса, кхо бIе сов ю цуьнан публицистикин а, Iилманан-талламан а статьяш. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйо Нунуев Сайд-Хьамзата. Иза историн Iилманийн кандидат ву, карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан Университетехь студенташна хьехарехь беркате къахьоьгуш а ву. 
2007-чу шарахь Нунуевс толам баьккхира Россин президентан Грант яккхаран Ерригероссин къовсамехь. Дахаран доккха зеделларг ду Нунуевн къинхьегаман некъа тIехь тайп-тайпанчу белхашкахь а, хиламийн хьелашкахь а цо гулдина долу. Цу дерригенца цхьаьна IаIийна цо тахана ша шен произведенешкахь дуьненах, политикех, дуккха а Iилманашкахь шен долу хаарш, цу хаарша вина цуьнах нохчийн тоьллачех цхьаъ волу яздархо, Iилманча, Нохчийчоьнан бакъволу кIант а.
Нунуев Сайд-Хьамзатан, муьлхха а яздархочун санна, дIадовзийта билгалдаьккхина коьртаниг ду, ткъа цуьнан кхоллараллин коьрта Iалашо ю нохчийн халкъан генна бIешерашкара дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц хилла болу кхоллам гайтар, цуьнан синмехаллийн а орамаш таллар.
Шовзткъа шо гергга хьалха араелира Нунуевн «Маьлха тIехь хьоькхнаш» цIе йолу кегийчу дийцарийн гулар, «нохчийн Чехов» боху хьакъйолу цIе а яло йолийра хIетахь цуьнан цIарца ешархойн гуонехь. Дукха хьолахь нохчийн литературехь тидамза лаьттина могIарерчу адамийн Iер-дахарх лаьцна дийцарш ду цу гуларна юкъадаханарш. Цу гуларх лаьцна нийса аьлла вевзашволчу критика Индербаев Гиланис: билгалдаккха деза, Нунуев Сайд-Хьамзатан дукхахйолчу произведенийн цIерш кIорггечу маьIнехь билгало (символ) йолуш хилар. Иштта билгало ю цуьнан дуьххьарлерчу гуларан цIарехь а («Маьлха тIехь хьоькхнаш»); кхачамбацарш доцуш адамаш хила а ца хуьлу. Оцу цIарехь кхин а цхьа маьIна а дара. Советан юкъараллехь ма-дарра долчу дахарна даррехь критика яр доьхкура коммунистийн идеологис. Ира, Iоттаречу сатирин дийцарш арахоьцуш цензурин само Iехо езара муьлхха а цхьана кепара: вайн тахана дерг – малх санна ду, иза шеконе а дац. Амма маьлха тIехь а ма хуьлу хьоькхнаш…»
Хууш ма хиллара, шатайпа советски адам кхоллар яра цу системан коьрта Iалашо, шайн Iалашонца адамаш кхетош-кхиоран балха тIехь лаккхарчу кхиамашка а кхечира хIетахьлера Iедал. Амма дуьйцуш дерг цхьаъ а долуш, схьагуш долу бакъдерг кхин а долуш йолчу юкъаралло адамийн синошна вочу агIорхьа тIеIаткъамаш бо. ХIара дуьне кхоьлличхьана адамийн дегнаш чохь ю хьаьгIнаш, къорамалла, сутаралла, харцлер, куралла, и.дI.кх а. Iер-дахаран халонаша а, Iотбаккхамаша а самабоху адамийн дегнаш чохь вай лакхахь бийцина синхаамаш, синойн сакхташ тIехула довлу церан. Шен турпалхой беламечу хьелашкахь хIитторца, Нунуев Сайд-Хьамзата гойту тIехула хьаьжча «оьзда», «хьанала» бехаш болчу нехан дегнийн Iаьржалла, ойланийн боьхалла, церан дар-лелор ерриге юкъараллина бохаме, ямарт хилар. «Тезета бахар», «Лулахой» «Аптека чохь», «Хала лазар», иштта кхечу а дийцаршкахь автора говза пайдаэцна шен турпалхой тIех беламе хIитторан кепах (гротеск). Ишттачу дийцаршкахь Нунуев Хьамзат вайна го хIокху доккхачу дуьненахь, адамийн дахаран чолхаллехь цхьакIеззиг дерг, цхьана а маьIнехь дац аьлла хеташ дерг тидаме эца а, цуьнан мехалла гайта а говзалла йолуш хилар. КIорггера ойла йича, ешархочунна уьш шена беш хьехамаш хилар гучу а долу.
Цул тIаьхьа кхо шо даьлча ешархошна евзира Нунуевн шолгIа гулар а « Даймехкан мукъамаш». И гулар хьалхарчул а барамна йоккха а йолуш, цхьана повестах а, ткъех сов керлачу дийцарех а лаьтташ ю, царех цхьадолу дийцарш дуьххьарлерчу гуларна юкъадаханарш а ду. Кхузахь а сатирин жанрана тешаме вуьсу автор шен дуккха а дийцаршкахь.
ХIокху гуларехь йолу «Даймехкан мукъамаш» повесть лерина ю I944-чу шеран нохчийн халкъана беана бохам хIинца а, хIокхул тIаьхьа а шен чевнаш юх-юха карлайохуш, Iийжаме юьйцуш лаьттарг хилар гайтарна. Ешархочунна атта дац и повесть еша. Авторан ницкъ кхаьчна вайн халкъ махках даьккхина бохам таханлерчу денца буоза, даймахках шен лаамза ваьллачун деган Iазап-бала ма-хиллара гайта.
Доза доцуш яккхий къайленаш йохку хIора адаман син кIоргенехь  – маьIне я маьIне боцу синлехамаш, лаккхара я лахара синхаамаш, беламе я боккхачу чулацамехь дар-лелораш. Ткъа Нунуевн муьлхха а произведенин турпалхой билггал хиллачу хиламна тIера схьаэцна хиларх шеко кхоллане а ца кхоллало ешархойн. «Йишин ирс», «ЧIиран тIаьххьара де», «Лазийна шовда», иштта кхидолу а дийцарш лаккхарчу говзаллица яздина автора. 
Кхузахь дагадогIу цкъа шен цхьана интервьюхь Нунуев Сайд-Хьамзата аьлларг: «Эхь-бехк долуш вахар – и ду уггаре а коьртаниг. Сийлахьчу КъурIано дерригенал а юх-юха (иттанаш дукхазза) олуш ма ду коьртаниг, уггаре коьрта тIечIагIдар – «диканаш де!» Эхь-бехкаца вехаш, диканаш кхолла – и ду-кха Делах тешаш мел волчунна коьртаниг, хуьлда иза бусалба, кериста я делазхо а! Ткъа вайна юкъахь и муха хуьлу – «Дела, хIорш ду хьуна Хьан ламаз-доIанаш, марханаш, гIурбанаш, хьаьждар, ткъа ас нехан хьакъ дууш, адамаш лоьлхуьйтуш, сайн даржан-белхан декхарш кхочуш ца деш, къоланаш деш, шалхонаш лелош, мискачарна гIело-ницкъ беш лелочу зуламечу хIуманашна юкъа ма гIерта Хьо…»
Тахана вай луьра къийсам латтош лардан хьийзош долу нохчийн гIиллакх-оьздангалла дуккха а шераш хьалха дуьйна шайн бухера ахка долийна хиларна тIе тидам бохуьйтуш ду «ГIалара нуц», «Аптека чохь», «Лулахой».
Нунуев Сайд-Хьамзатан кхоллараллехь хьалхара гIулчаш тидамца ца йисира нохчийн исбаьхьаллин дош дезачеран, царах лаьцна дош элира критикаша Айдаев ЮшаIа, Гайтукаев Казбека, Туркаев Хьасана, цхьамогIа яздархоша, цуьнан похIма къобалдечу ешархоша а.
Амма билггал шех яздархочух санна тоьшуьйтуш йоккха гIулч яра «Гезгамаша» а, «Йилбазан оьмар» а романаш арахецарца Нунуевс яьккхинарг. Нохчийчохь бохаме хиламаш хилале хьалха язйина йолу и ши роман-дилоги язъярца яьккхинарг. Оцу муьрехь ерриге СССР-хь хIоьттина юкъараллин-политикин бохаме хьал шен тIаьхьало адамийн синошна а вочу агIорхьа тIеIаткъаме хилла дIахIоьттира.
20-чу бIешеран 70-80-гIа шерашкахь шех «юьртан проза» аьлла йолу къеггина, лаккхара исбаьхьалла йолуш, шатайпаналла йолу исбаьхьаллин произведенеш кхоьллира цхьамогIа советски яздархоша и доьзна дара юьртбахаман къинхьегам партис латталелоран политикина юкъаозорца, хIетахь коьртачех цхьаъ хилла дIахIоттийра латталелорхойн а, даьхнилелорхойн а, бошмашлелорхойн а къинхьегам керлачу, лаккхарчу тIегIане даккхаран хаттар. Ткъа яздархой пачхьалкхан идеологи халкъана юкъаяржорехь хьалхарчех цхьаъ хиларна, керла лехамаш церан исбаьхьаллин дешан гIоьнца кхочушбар дара юьхьарлаьцнарг. Оцу муьрехь язйира шайн тоьлла произведенеш А. Яшина, Ф. Абрамовс, В. Астафьевс, С. Залыгина, Е. Носовс, кхечара а. Царна тIаьхьа ца буьсура СССР-на чуйогIучу кхечу республикийн яздархой а. Яздархочун М.Г. Вагинан: «Адам – къахьега боккха лаам болуш, доза доцуш латта дезаш волчу къинхьегамхо инзаре баккхийчу кхиамашка кхочур ву», боху дешнаш, иштта кхечеран кхайкхамаш а бара оцу яздархойн къилба хилла оцу муьрехь билгалдаьккхинарг.
Оцу декъехь гIеххьа яздира нохчийн яздархоша а (Айдамиров Абузаран «Ирхеш» роман, иштта масех яздархочун барамна дукха доцу дийцарш а.) Амма Нунуевс вай лакхахь цIерш яьхначу шина романца тIедуьзира и башха лакхара доцу терахь. Юьртбахамера хьелаш, кхачамбацарш, къинхьегамхойн лехамаш, сатийсамаш дика бевзаш волчу Нунуевс оцу произведенешкахь хьалаайбира Нохчийчохь а лазаме даьлла долу лаьтта тIехь къахьегаран хаттар. Дилогин коьрта турпалхойх цхьаъ волу ИбрахIим къийсаме ваьлла колхозан латтанаш тIалам боцуш хIаллакдарца, и латтанаш куьйгаллин даржехь болчара шайна санехьа леладайтарца. Цхьана колхозан дахар гайтина ца Iаш, автора къеггина суртхIоттадо цу романийн агIонаш тIехь республикера халкъан дахаран а, политикин а дIахIоттаман, 20-чу бIешеран 80-90 шерашкахь кхолладелла лазамечу хаттаршна жоьпаш а лоьху цо. Нохчийн ешархошна керланиг дара Нунуевс шен оцу романашкахь дуьххьара хьалаойуш хилар ерриге а Нохч-ГIалгIайчоьнна халачудевлла хилла долу белхазаллин вуон тIаьхьало, цуьнца доьзна бахархойн доккхахдолу дакъа республикел арахьа Казахстане а, Россин юккъерчу мехкашка а болх бан дIаэхар, ненан маттаца, къоман интеллигенцица, нохчийн халкъан дIаяханчу историца партис дIахьош йолу политика Iораяккхаран хаттарш а. Критика Индербаев Гиланис ма-аллара: «Гезгамаша», «Йилбазан оьмар» романаш ХХ бI.80-чу шерашкара оьрсийн «юьртан» литературин могIаршкахь гайта йогIу. Амма цу декъехь оьрсийн яздархоша шайн коьрта тидам тIебохуьйтура «юхуш йолчу», «хIаллакьхуьлуш йолчу» юьртан ирачу хаттаршна. Ткъа Нунуев Сайд-Хьасана шен тидам халкъан Iер-дахаран а, политикин а ирачу хаттаршна тIеберзийра».
Нунуев Сайд-Хьамзата гуттар а лоьху шен кхоллараллехь нохчийн халкъан исторех а, динах а долчу хаттаршна жоьпаш. «Орга» журналан агIонаш тIехь I990-чу шарахь араелира цуьнан «Адамаш а, зама а» цIе йолу статья. Нохчийн халкъан дуккха а бIешераш хьалха дIадаханчу дахарх лаьцна ойланаш, лехамаш, хьалха хIуьтту хаттарш дара цо цу тIехь ешархойн кхиэле дехкинарш. Цул тIаьхьа ялх шо даьлча оцу статьян буха тIехь кхоллаелира Нунуевн «Нахаш, пайхамарш, кхоллам» цIе йолу книга (оьрсийн маттахь), I996-чу шарахь араелира и. Роман-эссе ю иза. Нохчийн ширачу исторе бIаьрг тоьхна ца Iаш, вайн заманера хиламашна историн, философин, динан хаттарш хIиттош, цу хиламийн дуьхе кхиа гIерта автор.
Цу романна ша язйинчу дешхьалхенхь критика Айдаев ЮшаIа боху: «Тахана боккхачу бала-гIайгIане воьжна, вайнах идеологин гатталле хьовзийначу Iаламат дукхачу историн, политикин, философин проблемийн дуьхе кхиа лууш волу цхьа а ешархо бендацараллехь вуьтур вац яздархочун-талламхочун похIмано. Оцу проблемийн ойла еш верг дахаран бакъдолчунна генаваьлла дилетант вац. Дукха баланаш хьегна шен халкъ а, таханлерчу политикин мекарлонаш дина хууш волчу автора хIара дуьйцу вайна синшовкъийн а, хиламийн а кIуркIамани юккъехь». И книга лерина ю нохчийн къоначу чкъурана, хIунда аьлча царна евзарг ши бIе шо хьалхара истори бен яц. Уьш Шайх-Мансур, имам Шемал, бенойн БайсагIар, обарг Зеламха а ву дукха хьолахь царна буьйцу хезнарш. Ткъа вайн халкъан истори беккъа тIемаш бар я оьрсашца маьрша дахаран шераш хилла ма ца Iа. Вайнехан орамаш ширачу цивилизацийн кIоргенера схьа ду, Росси я Европера кхийолу пачхьалкхаш юьйцу хаза а дуккха бIешераш дIадахале хьалха дуьйна. Вайн кегийрхошна шайн сийлахь орамаш, шайн дайша дуьненаюкъара цивилизаци кхиарна юкъадиллина дакъа а хаарехь аьтто хир бу вайн къоман синкхетам самабаккха боху Iалашо ю авторан кху тIехь. Россехь дIагIон болу бохаме хиламаш уьш тIекхачале дуьйна а гуш хилла авторна. Иштта цо кхузахь гойту Росси йохо, Кремль эккхийта арабевлла чоьхьара а, арахьара а мостагIий. Амма царна и кхочушдан аьтто ца хуьлуьйту нохчаша. Ткъа замано ма гайтира 2000-чу шерийн юьххьехь дуьненаюкъара терроризман бен, Росси йохо Iалашо ерш Нохчийчохь хIаллакбар. Цо гойту Нунуев Сайд-Хьамзат хиндолчуьнга геннара бIаьрг тоха а, цуьнан тIаьхьало йовза а Дала похIма делла хилар. Москвара критика Семенов Вадима дуьххьара тидам бира цуьнан интернетехь араяьллачу шен рецензи тIехь. Билгалдаккха деза, критикна шера гина авторан дог-ойла, цо дагалаьцнарг, гIеххьа само а йо цо, хьанна хаьа, Россера дерриге а халкъаш цIеххьана дерригенех кхетахь, тIаккха «иблисан гIоьнчашна» (сатанисташ) дуьхьал уьш цхьаьна гIовтта а ма тарло шайн юкъара боккха Даймохк (Росси) кIелхьараяккха Iалашонца.
Халкъан иэс лардарехь жоьпалла вайна массарна а тIехь хилар юх-юха а тIечIагIдо Нунуевс хIокху романехь. Шен орамаш дицдина, царех дIахаьдда, шен историца бала ца кхочуш долу халкъ тIейогIучу хенахь хиндерг доцуш делла дIадолуш хиларх тешна ву иза. Шен дIадахнарг иэсехь лардеш, хIинццалц схьа цигара пайдехьа долу зеделларг таханлерчу денна а, кханенна а Iалашдеш долу халкъ ницкъ болуш хир ду кхидIа а кхиа, кхечу халкъашца цхьаьна хьалхахьа дIадаха, дуьненан культура кхиарна юкъа шен дакъа дилла.
Нунуев Сайд-Хьамзатан «Бусалба Малхбален а, Кавказан а хьекъалалла», «Нахаш а, сийлахь-еза истори а», «Ислам-динан ницкъ боуьйту са», «Пайхамаран хьадисаш» (уьш оьрсийн маттахь ю) цIерш йолу произведенеш а ю вай лакхахь дийцина хаттарш кхидIа я кхиош, царна тIехь лехамаш беш. Оцу а, кхечу а книгаш тIехь автора  нахийн къоман историн хаттаршна коьрта тидам тIебохуьйту. Иштта автора шайн ондда бух болчу масалшна тIехь дIахоуьйту хIора а ешархочунна ислам кхечу цхьана а дина дуьхьал цахилар. Бакъдинан (исламан) бухе йиллина лаккхара гIиллакх-оьздангалла, машар хилар тIечIагIдо автора.
Iаламат мехала а, боккха болх а бу Нунуевс «Нуьхь-пайхамаран весет» цIе йолчу оьрсийн маттахь язйинчу книги тIехь бинарг. Дуьненан дерриге адамийн проблемаш йийцаре ярна лерина йолу и шен ешархо, муьлхха а къомах я муьлхха а динехь иза велахь а, бендацарехь ца вуьтуш ю. Замано ха хорцучу муьлххачу а муьрехь вайн республикера бахархойх хIунда Iоттало цуьнан бохамаш кхечарначул сов бохучу хаттарна жоьпаш лоьху цу тIехь Нунуевс. ХIунда хуьлу-те и иштта? Дерриге а дуьненахь коьрта долчу декъана бусалбанаш бехачу пачхьалкхашкахь хIунда хуьлу къиза тIемаш? Ларамаза нисло-те иштта я кхоллам иштта язбина-те церан? Зуламна а, ницкъбарна а дуьхьал хIун даккхалур а дара-те? Адаман иэхь-бехк бохучу кхетаман кIоргене гIерта автор. ТIаккха шен тIечIагIдарна а тIевогIу: иэхь-бехк Дала Адамца буьйцуш болу уггаре оьзда, чулацаме, нийсса дIа болу мотт бу, шеца шалхонаш а, къайлах маьIнаш а хила йиш йоцуш. Иэхь-бехк хьоьшуш, шайн лаамаш кхочушбеш лелаш долу адамаш тIехкхераме ду, цара хIуъа а дуьйцур ду. Ткъа уьш хIунда бу дерриг дуьне шайн карахь латтош, шайна луъучехь тIом, цIе, кIур гIиттош, адамийн цIий муьйлуш? Ткъа вай вовшашна къоланаш до, Iехадо, къинхьегамна догIу хьакъ дIа ца ло. Цхьаъ вийна а, шена сайоккху. Иэхь-бехк самадаккхаро бен сацор яц и харцонаш, хIокху кепара даьхна девр дац вай, боху массаьрга а Нунуевс. Оцу а, иштта кхидолчу а хаттаршна жоьпаш лехар ду «Нухь-пайхамаран весет» цIе йолчу книгин чулацамехь.
2004 шарахь зорабанера араяьлла йолу Нунуев Сайд-Хьамзатан «Са а, деши а» цIе йолу роман Л.Н. Толстойн цIарахчу Россин Пачхьалкхан премица билгалъяьккхира. Иза исбаьхьаллин-публицистически роман ю. Бакъдолчун бух тIехь, документийн тоьшаллаш а далош, автора гойту ткъолгIачу бIешеран чаккхенехь а, ХХI-чу бIешеран юьххьехь а Нохчийчохь дIабахана бохаме хиламаш. ХIокху книгин автор ша буьйцуш болчу дукхахболчу хиламийн теш а, дакъалацархо а ву. Пачхьалкхан тергонера мукъаяьккхинчу олигархийн къоланийн капитал лаккхарчу Iедалан кабинеташ чу кхачар, ткъа шайн боьхачу Iалашонашка кхачархьама Iедалан урхалчаша адамийн кхетамна тIеIаткъамаш бар, халкъашна юкъа питанаш тийсар оцу муьрехь дIа муха хьора гайтина романехь. Нохчийн халкъан доккхаха долу дакъа, дIадаханчун иэсах хаьдда, гIиллакх-оьздангаллин гурашкара даьлла, шен синмехаллийн а, синлехамийн а къилба дицдина хиндолчух кIорггера гIайгIа-бала кхачар ду «Са а, деши а» романан чулацаман кIорге диллинарг.
«Пакистанехь ислам» (оьрсийн маттахь) цIе йолу Iилманан-талламан книга араелира 20I2-чу шарахь, иза лерина ю Нохчийчохь бусалба дин дIасадаржоран историна. ХV-ХХ бIешерийн мур бу автора буьйцург. Документийн ширачу тептарийн тоьшаллаш далош, автора бовзуьйту нохчашний, гIалгIашний юкъа бусалба дин даран хала некъаш, хиламаш. Цу книгин юххедилларехь далийна ду шира хабарш, хьадисаш, эвлаяийн йозанаш, хьехамаш. Дешаран учрежденешкахь ислам-дин хьехарехь доккха гIо до хIара книга вайн республикера хьехархошний, студенташний, дешархошний.
20I2-чу шарахь зорбанера араелира Нунуевн «Собаре лаьмнаш» цIе йолу роман. ХIокху тIехь автора буьйцу 20-чу бIешарахь Нохчийчохь дIабахана ирча хиламаш, цаьрца цхьаьна шен ешархочун даг чу нохчийн къам дийна дIадаккха ницкъ хир бац хIокху дуьненахь боху тешам а боссабо цо. Лаьмнаш санна, собаре а, нуьцкъала а ца хиллехь, вайн жима къам тоххара шен доь доцуш лаьтта тIера дIадаьлла хир дара боху ойла кхуллу цо вайн дегнаш чу.
 «Заманаш вовшаххотталуччохь», «Хьерваьллачун гIенаш», «Лендоцчух лаьцна…» цIераш йолу книгаш ю Нунуевс хIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь оьрсийн маттахь арахецнарш.
Царах хьалхарчунна юкъахь ю кхоъ повесть а ткъе иттех дийцар а (уьш дукхахъерш Нохчийчохь хIинц-хIинцца дIабаханчу тIамех лаьцна произведенеш ю); малхбален легендех тардина автора ша кхоьллина дийцар-притчаш, публицистикин ткъех гергга статьяш а (цаьрца ю «Хьайбаха» цIе йолу киноповесть а); иштта Нунуевс ешархойн кхиэле йохку кху тIехь шен поэтически произведенеш а, «ТIамо кхоьллина стихаш» аьлла билгалъяьхна уьш автора. Даймахках, Iаламах, безамах лаьцна язйина ю уьш оьрсийн маттахь. Царах цхьа-шиъ нохчийн матте гочъяр а кхочушхилла хIокху статьян авторан:
 
                   ***
ТуьтамIаьжгаш хIокху цIа чохь…
Уьш-м алсам ю адамел.
ТуьтамIаьжгаш ю кху цIа чохь
Делан метта адамашна.
ТуьтамIаьжгаш… уьш – массанхьа,
Доцуш санна адамаш.
Еккъа акхарошкахь яц уьш
Экха – сийлахь адамал
                                                  
                  ***
ХьаргIанаш санна, харцъимамаш,
Йовссарийн ахча эцна схьа,
Сийлахьчу дайн лаьтта цIий Iенош,
ГIайгIа яржош бу массанхьа.
 
Бакъдинехь хиллачу халкъана
Берзан васт кхоьлли дуьненахь.
Цара хьулдин бакъдерг КъурIанан,
ГIиллакхаш Iамийн чагIалкхан.
 
Акхарой кхерста лам-аьрцанашкахь,
Го кхерч шелбелла вайн ярташ
Де-дийне деба вайн кешнашкахь
ГIазотан луьста хIолламаш
 
(гочйинарг Бурчаев Хь.)
 
ХIокху могIанашкахь а, кхечу стихашкахь вайна гуш ду церан автор шайн Даймехкан-Нохчийчоьнан тахана гуш долчух а, кхана хиндолчух а гIайгIа, лазам болуш хилар.
«Хьераваьллчун гIенаш» роман а Нунуевн уггаре баккхийчех  цхьа кхиам бу. «Адаман кхетаман а, иэхь-бехкан а ницкъаца бен дарба далур дерриге адамашна. Ткъа иэхь-бехк а, кхетам кхиъна, ирбелла ца хуьлу хIокху лаьтта тIехь харцонан гIайгIа-баланаш цкъа лайна я хIинца а ловш воцчун; церан къаьхьачу кедан буьззина чам а хиъна, амма, оьгIазло, дералла тIехула ца йолуьйтуш, дуьнен чу ша волуш Дала шена чудиллина са цIена лардинчун», – боху автора шен Хьерваьллачун барта. Шен кхоллараллин юьххьера дуьйна ша юьхьарлаьцначу некъана, Iалашонна тешаме вуьсу хIинца а Нунуев Сайд-Хьамзат – нохчийн халкъан кхолламан дIадахнарг лехар, таханлерчу заманан халачу хаттаршна жоьпаш хьайн дегнаш чу диканиг хирг хиларе тешам боссор.
«Лендоцчух лаьцна» цIе йолу книга зорбанера араяьлла масех бутт бац. ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкара дуьйна 20-гIа бIешо чекхдаллалц ша бина тидамаш, доцца аларш, некъан йозанаш, ойланаш-афоризмаш хир ю аьлла дагалаьцна дацара авторан. Тетрадашний, блокноташний тIера схьа а гулдина, хIокху гуларехь вайна довзуьйту уьш Нунуевс. Шена керлачу жанрехь вовшахтоьхна хIорш автора. Схьагарехь, уьш халкъалахь дIаса а яьржар ю, наха кар-кара оьцуш, дагахь а лаьттар ю дика, пайдехь, хьекъале хьехамаш санна. 
«Бохам – бохам бац бакъдерг ца дуьйцуьйтучу хенахь, и бохам бу бакъдерг цхьанне а ца оьшучу хенахь».
«Миска нохчо-м вузо хала а дацара. ТIеххаланиг ду-кха хьалдерг вузо».
«Дарвеллачу яздархочо бакъдолчух лаьцна дика дуьйцу».
«Нохчалла дIадолало оьздангаллина тIера. ХIунда аьлча оьздангалла – иэхь-бехкан нанас йина йиша ю».
«Мотт – халкъан са ду. Сица ненан мотт хаалуш воцург шен къомаллах вуху».
Иштта кхин а ду ахзабаре, амма лазаме а долуш:
«Ненан мотт – иза вайзаманан яьсса куралла йолчу наноша шаьш санна болчу шайн доттагIашка мобильни телефонехула буьйцуш берг бу».
ХIокху шен тIаьххьарлерчу гуларна юкъа шен тайп-тайпана кхоллаелла ойланаш а яхийтина Нунуевс. Царна тIехь цо маьIна до «Нохчалла», «БIаьрзе халкъ», «Дахар», иштта кхиболчу а кхетамийн кIоргенийн маьIна дан гIерта автор.
«Нохчалла – Дала делла, къонахаллица а, оьздангаллица тIечIагIдина иэхь-бехк ду.
Нохчалла – аьшпаш, шалхонаш, шен суьпалла нахала яккхар доцуш, Ислам-дин цIийца хилар ду…»
 «Сийлахьчу суфийн аларех тардеш» аьлла долчу декъехь Малхбалера хьекъалчийн синлехамийн кепехь ша язйина ойланаш йосту вайна автора.
Публицистикин декъехь Нунуевс, ша тIаьхьарчу хенахь язйина статьяш йовзуьйтуш, юха а вайн ойла тIеерзайо Нохчаллина, цунах «иэхь-бехкан идеологи» аларца, вайна моссалгIаза карладоккху цо Нохчаллин буха тIехь бен вайга вешан къоман юьхь а, мотт а ларлург цахилар.
КIезиг меттиг дIалоцуш яц Нунуев Сайд-Хьамзатан кхоллараллехь цуьнан драматурги а. Схьахетарехь, Хамидов Iабдуллин «Бож-Iела» комедил тIаьхьа цуьнга гIоьрттуш кхиаме хилира Нунуевн «Дела воцург накъост воцуш…» цIе йолу драма. Хьовсархой хих буьзначу бIаьргашца хьовсура сцени тIехь I944-чу шеран бохаме денош нохчийн актераша гайтаре.
«Лулахой» цIе йолчу комедин хиндолу дакъош Нунуевн кхолларалла езачарна девзаш дара хьалха дуьйна а. Цу пьесин бухе дехкина ду «Синхаам», «Аптека чохь», «Лулахой», «Хала цамгар», «Тезета бахар», кхидолу а сатирически дийцарш. И дийцарш Нунуевн дуьххьарлерчу гуларшна юкъадахна ду. ТIаьхьо «Лулахой-2» аьлла йолу комеди а язйира цо дуьххьарлера оьрсийн-нохчийн тIом чекхбаьлча. И пьеса оцу шерийн хиламаш беламечу суьрташкахь гойтуш ю. Ерриге а иттех пьеса ю Нунуевс язйина, уьш тидаме а эцна сцени тIехь гайтаре са а туьйсу вай. Бакъдерг аьлча, Сайд-Хьамзатан кхоллараллехь дуккха а ду сценаристаша а, режиссераша а тIе тидам бахийта хьакъдерш. Нохчийн генарчу исторера таханлерчу дийне кхаччалц дерш а ду. Тахана вайн юкъараллехь болчу лехамашка жоп луш, тIекхуьу чкъор гIиллакх-оьздангаллехь, даймахкана а, халкъана хьанала, тешаме кхиарехь доккха гIо а хир ду Нунуевн драматургис, иштта цуьнан ерриге а кхолларалло а.
Нохчалла – и кхетам Нунуевн ерриге кхоллараллехь коьртаниг хилла схьайогIу. Цо шен цхьана къамелехь иштта элира: «Нохчалла – иза дин ду, цIийх доьлла тIарикъат – адаман сих а, дагах а доьлла тIарикъат, хIора а адам ша-ша схьаэцча, цо ша Кхоьллинчуьнца латтош йолу гушйоцу, ма-ярра йолу зIе ю Цуьнца уггаре а исбаьхьчу маттехула латтош йолу – иэхь-бехкан, гIиллакх-оьздангаллин маттехула».
Нохчалла шеца йолчо шен сица тIеоьцур дац сийлахь АллахI резавоцург. Нагахь санна нохчалла шегахь йолчух цхьакIеззиг а ледарло, зулам я оьзда доцург далахь, беза тIулг хуьлий дазло и цуьнан синна а, дагна а, боху Нунуевс кхидIа а.
Бакъду, Нунуев Сайд-Хьамзатан лехамашна, цо майрра схьаолуш долчу шен дагахьдолчунна, цо нохчийн юкъараллина хьалха кхийдочу Iалашонашна, некъашна резабоцурш а бу, ишттаниш хир а бу кхидIа а. Амма цо шен дерриге а дахар, кхолларалла жимачу, амма доккхачу доьналлица муьлхха а халонашкахула чекхдала хьуьнар а, доьналла а долчу нохчийн халкъана дIаделла хиларх шеко-м яц цхьаннен а.
Нунуев Сайд-Хьамзатан дукха ю язйина произведенеш. ХIокху статья тIехь вай ца хьахийнарш а ю. Цуьнан кхолларалла нохчийн литературехь хьалхара могIаршка хIотто йогIу, и цунна хьакъ а ду. Айдамиров Абузара, Гадаев Мохьмад-Салахьа, Мамакаев Мохьмада, Бексултанов Мусас, кхечара а нохчийн къоман са, чоьхьара дуьне (дика а, ледара а агIонашца) схьагайтина шайн кхоллараллехь. Царах цхьаъ ву тахана Нунуев Сайд-Хьамзат цуьнан кхолларалла евзаш болчу ешархошна хьалха, дийнна нохчийн къоман хьалха а.
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика